Обновлено: 12.03.2023
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
Нохчийн литература
Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша . Берашна хуур ду текста юкъара цхьацца аларш талла. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жльпаш дала. Берашна хуур ду 1аламан хийцамаш бовза , 1аламан доладан лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
2. Мотт шарбар.
Лакха кхевдинарг лаха шершина,
лаха кхевдинарг лакха шершина.
-Д1адеша меллаша массара цхьана .
-Д1адеша хезаш. Дагахь 1амаде.
3. 1алашо йовзийтар.
-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Арсанукаев)
-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта? Х1оттае план.
4.Керла тема хьехар.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (1а)
-Х1ун боху ж1аьлех лаьцна? (Милла ц1ийзаш ду)
-Муха кечдина 1аьно кораш? (Башха хаза сурташ дехкина, тир йоккхуш сана)
-Шуна гиний иштта сурт?
5.Сада1аран миноташ.
Бакъи озавели — цхьаъ,
Охьатаь1и — ду и шиъ,
Хьалатаь1и — ду и кхоъ,
Д1анисвели — ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти — пхиъ,
Вовшахтуьйхи — ялх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти — ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти — барх1.
(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
-Муьлха кхиамаш бара шу урокехь билгалбаьхна?
-Х1ун кхочушди аша щаьш реза долуш?
-Х1ун диси шун ницкъ ца кхаьчна?
-Муьлха произведени йийшира аша?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун керланиг хии шуна 1аьнан 1аламах лаьцна?
9. Ц1ахь бан болх балар.
- подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- по всем предметам 1-11 классов
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
- Сейчас обучается 932 человека из 80 регионов
Курс повышения квалификации
Скоростное чтение
- Сейчас обучается 803 человека из 78 регионов
Курс профессиональной переподготовки
Русский язык и литература: теория и методика преподавания в образовательной организации
- ЗП до 91 000 руб.
- Гибкий график
- Удаленная работа
Дистанционные курсы для педагогов
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
5 602 722 материала в базе
Материал подходит для УМК
Самые массовые международные дистанционные
Школьные Инфоконкурсы 2022
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
- 02.10.2020 569
- DOCX 17 кбайт
- 28 скачиваний
- Оцените материал:
Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Автор материала
40%
- Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- Для учеников 1-11 классов
Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов
Дистанционные курсы
для педагогов
663 курса от 690 рублей
Выбрать курс со скидкой
Выдаём документы
установленного образца!
Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки
Время чтения: 11 минут
В Белгородской области отменяют занятия в школах и детсадах на границе с Украиной
Время чтения: 0 минут
Академическая стипендия для вузов в 2023 году вырастет до 1 825 рублей
Время чтения: 1 минута
Школьник из Сочи выиграл международный турнир по шахматам в Сербии
Время чтения: 1 минута
Инфоурок стал резидентом Сколково
Время чтения: 2 минуты
В приграничных пунктах Брянской области на день приостановили занятия в школах
Время чтения: 0 минут
Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса
Время чтения: 1 минута
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Урок д1аяхьар.
Мотиваци
Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?
Художник вовзийтар
Исбаьхьаллин сурт гайттар
Суьртан анализ яр
Сочиненина кечам бар
Словарни болх бар
Сочиненин план т1ех болх бар
Рефлекси
- Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.
Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.
-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?
4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?
Петр Захаров
1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.
Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.
1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.
1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.
Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.
1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.
Пейзаж- 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю. Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву.
Портрет- адаман сурт.
Портретист — адаман суртдиллархо ву.
Натюрмотр- чохь са доцучу х1уманийн сурт Зоьзан тайпанаш
Ель – база
Сосна – зез, бага.
Кедр-кедр
Пихта-пихта
— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?
Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.
— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.
Хенан х1оттам
Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?
Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.
Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?
— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.
— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?
— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.
Диттех.
Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.
-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?
Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.
— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.
— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.
Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?
-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.
Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?
Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?
Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.
Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.
Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.
-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.
Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?
-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.
1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.
Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?
— Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.
Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?
Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.
- План х1оттор:
- Исбаьхьа де.
- Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
- Бос лепа ховха ло.
- 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
- Г1оьнна дешнаш
Бамба санна ховха ло
Т1емаш даржийна кхозу генаш
Буьрса хьун
Екхна стигал.
Инзаре-хаза хьун
Дашо малх
Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.
-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?
-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.
-Царах муьлха роль хазахийти шуна?
-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?
- Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.
Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.
Урок д1аяхьар.
Урокана кечам бар.
Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?
Урокан план :
Художник вовзийтар
Исбаьхьаллин сурт гайттар
Суьртан анализ яр
Сочиненина кечам бар
Словарни болх бар
Сочиненин план т1ех болх бар
Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.
Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.
-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?
4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?
Петр Захаров
1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.
Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.
1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.
1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.
Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.
1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.
Дешнех кхетам балар.
Пейзаж- 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву.
Портрет- адаман сурт.
Портретист — адаман суртдиллархо ву.
Натюрмотр- чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш
Сосна – зез, бага.
Суьрта т1ехь болх.
— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?
Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.
— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.
Хенан х1оттам
Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?
Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.
Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?
— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.
— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?
— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.
Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.
-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?
Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.
— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.
— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.
Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?
-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.
Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?
Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?
Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.
Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.
Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.
-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.
Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?
-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.
Читайте также:
- Описание действий сочинение 7 класс презентация
- All teenagers should help with household chores сочинение
- Сочинение на тему я хотел наполеоном сделаться
- Молодец против овец а против молодца и сам овца сочинение
- Сочинение как выжить в лесу
Суна дукха езаpг-м аьхкенан суьйpе ю. Амма ченалла, гуьйpенан хатталла а гIоли ду Iа. Массо хIума а кIай. Дай догIуш ло. Мох боцуш.
Автобусаш, тpоллейбусаш йоьттина ю, неIаpш тIе а ца чIагIалуш. Халла, цхьаьннан-шиннан пальто, плащ юкъахь а юьсуш, дIакъовлало. Пpоспект юьзна тpанспоpто. Суна дуьхьал вогIучу кхаа кIантах цхьаъ, ког а шеpшина, охьакхеттаза вуьсу. Вукху шимма пхьаьpсаш кIеллаpа схьалоцу и. Цунах самукъа даьлла, сахаьдда боьлу уьш.
БIогIамаш тIехь йолчу лампанаша, светофоpаша а цхьа башха къагийна пpоспект. Беснеш цIиййина догIучу зудабеpашка а хьоьжуш вогIу со.
«Суьйpана кхечу тайпана хIунда ду-теша гIалаpчу мехкаpийн хьежаp? ТIекаpе а хуьлу уьш. Дийнахь шайга бистхила гIеpтаpш, шайн тидам бийpиш а дукхаха беpш юьpтаpа буйла хаа хиp ду цаpна. Я и кхин гена деp долуш гIуллакх доций а. Кхаpна ма-беззаpа хиp бац уьш, – ойлайо ас. – ТIаккха а массо нахана а го. Ткъа суьйpе елахь, хьо жимма а йоIана веза тамехь а велахь…» – суо Iехо волало со.
«Дашо сай» кафе тIехьа суpсатийн туька ю. Юххехь йоккха, сиpла «Унивеpсам» йичахьана нах кIеззиг хуьлу цу чохь. «Ванах, хIинца юй-те и йоI кхузахь болх беш? ХIун деш ю-те и? ГIуо со? Дика йоI ма яpа иза».
Сок мала чувиpззинчохь евзинеpа суна и. И pеза хилиpа ас диначу къамелана.
– Хьоьх бахьана а дина, ван мегар дуй со? – ас хаьттича:
– Мегаp ду, – элиpа цо.
И Iаш стенгахь ю а, дешна маца яьлла, болх беш дукха хенахь дуьйна юй, муьлха автобус тIехь и дIасалела, кхин а цунах доьзна хIумнаш хииpа суна оцу дийнахь. Дикка хан елиpа со цига юха ца воьдуш. Йиш ца хуьлуш, вицлуш, хан йоцуш, ца кхуьуш а. Ойла еккъа цунна цхьанна тIехь сецна а яцаpа…
Со дуьххьаpа гIала веанчу хенахь, кIеззиг долчух а Iехалучу заманчохь, уьш ца кхетаpа соьх, башха къаста а ца воpа кхечаpна юкъаpа.
Цхьана шаpахь лийлиpа со, уьш бовза гIеpташ. Цеpан гIиллакхаш, дог-ойла. ТIаккха кIоpггеpа со галваьллий хииpа суна, цаpах цхьаъ таpделла лелла волу. Уьш суна кIеззиг хета буьйлиpа. КIант веpг, йоI еpг а. Сайн юьpтахой, кхеpан дагахь мухха белахь а, дуккха гIоли буй хииpа, тIеюхучуьнца тIаьхьабисахь а, шайна дика йовззалц гIала, цхьаъ ду моьттуш лелахь а.
ХIинца со Iеха ца ло, дийно саppалц куьзгана хьалха хьийзачу зудабеpех, деppиг дахаp а тIеюхучунний, туьканаш чухула лелаpний дIаделла болчу. Со суо а ву хIинца цаpна веза тамехь.
Гуттаp тIех куpа йоI гича, хецаелла бекъа санна волало со, цаpна хIуьттаpенна. (Цаpна-м хIун ду, со мухха лелча а, Iовдал хетаp бен? Ишттачаpна со атта хета там бу бохучу ойлано а, гIеххьачул самукъадоккху сан.)
Юьpтаpа хила мега аьлла хетачу йоIе вистхуьлу со, кхин сайна и гуp яцахь а. ГIалано и талхоза карийча, хазахета. Самукъадаккха йоI, уpамехь вогIуш, лаьтташ а каpайо. Зудабеpаш тIаьхьахьуьйсуш дайначу мехкаpшка до ас къамел…
Цкъа-шозза цул тIаьхьа а вахаpа со оцу туькана. ТIехволучуpа. Цунна хаза а хетаpа со веъча. Цо и лечкъа а ца доpа. Айса и дIакхето езаpий а, къамел дийцинчунна тIеpа кхидIа дахьа дезий а, сих-сиха ван везарх а кхетара со. Наггахь лаа а лаьаpа. Амма иза дуккханнех а цхьаъ бен яцаpа. Iай, бIаьсте яьлчахьана бохуш Iийpа. БIаьста, гIуллакхаш кхин а алсам девлиpа.
ТIаьххьаpа цхьа-ши бутт хьалха ваханчу хенахь, и йолчу декъехь лаьтташ кIант гиpа суна. Важа, соьх бIаьpг кхетча, цIиййелла шен каpахь долчу стакана тIе йогIаелиpа.
…ХIинца юха а Iа ду.
ЙоI, дехьа йисттехь, лимонад, cигаьpкаш, мутт духкучу декъехь ю. И йолчу агIоp цхьа а вац. КIажахь, стоьлан хьалха хIоттийначу гIанта а хиъна, цхьаъ язъеш йоллу иза.
ГIопастах бай пIелг туху ас. Иза схьахьожу.
– Ма тап-аьлла Iаш ду шу?
Халла хезаш цхьаъ-м олу цо.
Халат чухула йоьхначу свитеpо, гIода юккъеpа жимма стамъелча санна, хоьтуьйту и.
0 рейтинг
Сочинение на тему 1аьнан суьйре
- сочинение
- 1аьнан
- суьйре
- 5 — 9 классы
- другие предметы
Safiyaq_zn
в разделе Другие предметы
Всего ответов: 1
0 рейтинг
Гешер7гргпого гргрропоропп
Лёлик8_zn
метки: Суьйре, 1аьнан, Чеченский, Хийистехь, Ентан, Йитар, Долуш, Цунна
Кху заманан къизачу а, халачу а хьелашкахь стогаллех, доьналлех, собарх ца духуш вайн наха деши санна лардеш схьадеъна вайн къоман хаза г1иллакхаш а, ламасташ а.
Цара боккхачу тидамца, ларамца ларйина сица, дег1аца, духарца, буьйцучу маттаца йолу вайн оьздангалла. И г1иллакхаш, оьздангалла д1а ца таса г1ерташ, къийсалуш ду вайн къам.
Х1етте а, цхьажимма цу некъа т1ера д1ашершина хетало вайна т1екхуьучу чкъоре, кегийрхошка хьаьжча.
Нохчийчуьра къона т1аьхье оьздангалла йолуш кхиор тахана ч1ог1а маь1на долуш д1ах1оьттина.
Иштта и нисдалар бахьана ду вайн кхуьуш йолу т1аьхье т1еман юкъахь кхиар а, цунна т1ехь лаьттинчу т1еман къизалло бинчу ницкъо кегийрхойн дегнашна ондда лар йитар а.
Шозлаг1а бахьана ду вайн кегийрачу нахана юкъахь даьржаш вайн къоман г1иллакх-оьздангаллица ца дог1у г1иллакха.
Кхозлаг1а бахьана ду доьзалшна а, кегийчу нахана а, берашна а телевиденехула къоман 1адаташ дохош гойтуш долу къизаллин, оьздангаллица ца дог1у суьрташ, ахчанах-бохчанах уьш бохкабала 1амор а.
Ч1ог1а тидаме даьлла норкомани яржар а, терго йоцуш бераш дисар а, кегийчу нахана юкъахь зуламаш даржор а, йо1а лаамца а доцуш уьш идор.
Доьзалехь уггаре хьалха 1амо дезарг ду, кегийрхой хазачу г1иллакхехь, кхетамехь кхиор. Вониг емалдеш, диканиг царна марздеш, баккхийнаш ларар, хьаша-да т1еэцар, къинхетаме хилар, нахана юккъехь оьзда лелар, к1ентан, йоь1ан сий лардар, иштта д1а кхидерш а.
И бахьанаш долуш халкъан кхолларалин Ц1ийно билгалдаьккхина массо а районашкахь еш мероприятеш ю кегийрхой кхетош.
Жимчохь дуьйна шен доьзал хьекъалций, оьздангаллийций, собарца, вайн дайша схьадеанчу хазачу г1иллакхашций 1амийча, мелла лаьцна а диканиг д1алоцу. Кхин а аьлла ма дай, дика а, вон а чуьра дуьйна ара долий.
Бусалба динехь доьзалхо пхийттара ваьлчул т1ахьа шен доьзал боло йиш йолуш ву. Цундела хьалха заманчохь йо1 пхийттара ялале цунна 1амош хилла зудчунна хаа дезарг: юург-мерг яр, юьттург йитта, хьаша-да т1еэца, х1усамда а, марзахой а ларар, иштта кхин д1адерш а. Йо1 еха нах баьхкича, «тхан йо1ана ца хаьа» ца ала. Иштта к1антана а 1амош хилла ша схьаялийча нехан зуда кхаба езар а, ша лелон деза г1иллакхаш а, цуьнан нахаца лелон дезарг а.
Ткъа и 15 шо кхаьччи, церан ойла кхоллало хин йисте, белхех, синкъераме, ловзарга баха. Х1инца к1езиг бу и синкъерам, белхи болу меттигаш.
5 стр., 2308 слов
На чеченском языке оьздангалла
… яздан коьчалла ю иза. Доцца вай аьлча, верта: вайн дайн безам а, нохчийн къоман хазна а ю. Оццул деза, хьоме верта несанна когашка тасар — х1усамненан нохчийн къомо сий — ларам … лай а, элий а хиллехь, нохчаша и тайпа дахар къобалдина дац. Аллах1 цхьаъ а веш, г1иллакх — оьздангалла шеца ерг — эла а, иза йоцург — лай а лоруш, б1ешерашкахь баьхна нохчий. Г1иллакх — оьздангалла шеца …
Кегийрхошна вовшийн довзар, дукха хьолахь, нах гуллучу меттехь хуьлуш хилла: хи йистехь, белхешкахь, синкъерамехь, ловзаргахь.
Дуккха нах вовшехкхетчохь, къайле хила йиш йоцу меттигаш ю уьш. Нохчийн г1иллакхо т1едуьллу к1ентан, йоь1ан юкъаметтигаш тешам болчохь хилийтар, теш воцуш цхьанакхетар — и осала лоруш а, магош а ца хилла.
Захалонан юьхь йолаяла тарлуш ду синкъерамехь а. Нохчийн синкъерам – иза кегийрхой вовшашна бовзийта вовшех тухуш меттиг хилла, дуьххьалд1а кегийрхой самукъадаккха а беш хилла.
Ткъа йо1ера маре ян дош даккхар, кара х1ума яккхар, хан йиллийтар я хийистехь, я чукхайкхинчохь хуьлу.
Ирахь1ер – к1анта ша т1ехьийза йо1 цхьанахьа цуьнан лулахой я гергара нах болчу чу а кхайкхина, цуьнца къамел дар ду. Ирахь 1ачу хенахь йо1, к1ант шаьшшиъ хила йиш яц. Йо1аца зударех цхьаъ хила еза (нус, йиша, доттаг1а, х1усамнана).
Ткъа к1антаца накъост хила а, ца хила а тарло. Хьалха вай билгала ма даккхара, цу шимма къамел дечу хенахь теш хилар – иза нохчийн оьздангаллийн бохо йиш йоцу лехам бу. Нагахь хийистехь лаьтташ и шиъ делахь, к1анта лело деза г1иллакхаш: т1ехбовлачу нахана д1а-схьа баха новкъарло ца еш, наха «ма вовшен чуьчча дахана ду и шиъ» эр доцуш, латта веза. Ша сигаьрка узуш велахь, и цаозар, ч1ог1а цавелар, шена бехке верг вог1уш, йо1е ала а аьлла, дехьо валар, юх-юха йо1 сецош хан яллалц цалаттар.
Йо1а лардан деза г1иллакхаш:
Хийистехь лаьтташ и елахь, к1анта охьадахка аллалц ведарш охьадахка бакъо яц, ша д1ах1уттучу хенахь аьрру аг1ор петоьхна латтар, вовшен юкъехь ворда дехьаяллал меттиг йитар. Ша д1айоьдучу хенахь, к1антера д1аяха мегар дуй аьлла, пурба даьккхина яха еза.
Чукхайкхинчу йоьдуш к1ант бухахь хила веза, йо1аца цхьа зуда хила еза. К1анте хьал-де хатта деза, к1анта жоп даларца йо1е хатт.
Ответ:
«1аьнан цхьа день» 1а-иза шеран уггаре хаза зама ю.Диллана ло массера самукъа хуьлий д1а х1утту:баккхийчера а,кегийчера а.Баккхийчарна жималла дага йоуьйта 1аьно. Иштта 1аьнан цхьа де дара.Диллина доккха ло дара,и ло къегош хьаьжна малх бара.Дуккха а бераш дара арахь.Берийн санна,кхин дукха дацахь,к1езиг дацар олхазарийн самукъа.Тхо ловзара,уьдара,хехкалора.Жимма дехьо-о цхьанна х1уманах самукъа ца долуш,тебна цхьана олхазарах б1аьрг кхийтар сан.И дара жима хьоза.Суна цунах ч1ог1а къа хийтира.Сайн ловза лаъаралла сов даьллера сан,цунна г1о дан лаар.Сайн ловзар д1а а тесна,аса меллаша схьа а эцна,сайн х1усаме дигира хьоза.Хи а малийна,хьалха к1а а тесна, пеша хьалха охьа хьахийра аса и.Суна ч1ог1а лиънера,массо берийн а,олхазарийн а санна,цуьна самукъа долийла.Жимма хан елира,т1аккха цхьа самукъа даьлла,д1а-са лелха дуьйладелира иза.Суна билгал делира,цунна г1оле хилла хилар.Т1аккха и хьоза схьа а эцна хьалха санна ловза вахара. Со сайн берийн тобанах д1а кхийтар,хьоза шен хьозийн тобанах д1а кхийтар. Иштта цкъа ирча а,юха хаза а деара и 1аьнан де хьозана а а,суна а.
Описание презентации по отдельным слайдам:
-
1 слайд
Тема: «1аьнан суьйре» Ш. Арсанукаев.
-
-
-
4 слайд
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
-
5 слайд
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?
Мила ву цуьна турпалхо ?
Мила ву дийцар яздинарг?
I. Ц1ера болх таллар. -
6 слайд
Лакха кхевдинарг лаха шершина,
лаха кхевдинарг лакха шершина.
-Д1адеша меллаша массара цхьана .
-Д1адеша хезаш. Дагахь 1амаде.II. Мотт шарбар.
-
7 слайд
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина?
(«1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворени)
-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Арсанукаев)
-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта? Х1оттае план.
-Вайна тахана евзар ю Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а тексташ еша. Шуна бевзар бу 1аьнан хийцамаш. Шуна хуур ду 1алам деза , довза.III. 1алашо йовзийтар.
-
-
9 слайд
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (1а)
-«Шуьйра к1айн шаршу яржийна» бохучух муха кхета шу? (Ло диллина массо метте).
-«Лаьмнаш къоьжа го» бохучух муха кхета шу?(Лаьмнийн баххьашка ло диллина, цундела къоьжа хетта уьш)
-Х1ун боху ж1аьлех лаьцна? (Милла ц1ийзаш ду)
-Муха кечдина 1аьно кораш? (Башха хаза сурташ дехкина, тир йоккхуш сана)
-Шуна гиний иштта сурт?IV. .Керла тема хьехар.
-
10 слайд
Минкаил озавели — цхьаъ,
Охьатаь1и — ду и шиъ,
Хьалатаь1и — ду и кхоъ,
Д1анисвели — ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти — пхиъ,
Вовшахтуьйхи — ялх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти — ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти — барх1.V. Сада1аран миноташ.
-
11 слайд
а) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении массара цхьана меллаша.
аь) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении массара цхьана хезаш.VI. Керла тема кхин д1а а хьехар.
-
12 слайд
-Муьлха кхиамаш бара шу урокехь билгалбаьхна?
-Х1ун кхочушди аша щаьш реза долуш?
-Х1ун диси шун ницкъ ца кхаьчна?VII. Рефлекси
-
13 слайд
-Муьлха произведени йийшира аша?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун керланиг хии шуна 1аьнан 1аламах лаьцна?VIII. Жам1 дар.
-
14 слайд
Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворени дагахь 1амо.
Дела реза хуьлда шуна!
Ц1ахь бан болх балар.