Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт – вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!
А. Султанов
ненан мотт-нохчийн мотт! х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ мотт бу. кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. ма-дарра аьлча, дийриг а мотт бу.
дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла далла. шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, , искусство. ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман мотт. буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. мотт- иза къоман са, куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
вай нохчий ду. веза-воккхачу далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна нохчийн мотт! со йинчу, х1ара дерриг а дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме? ! нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. ненан матто вай 1амадо даймохк беза. цо 1амадо вайна дуьненан а, а хазалла йовза.
дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. наггахь хеза вайна: «иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. цу докъазаллах дала лардойла вай!
сочинени ненан мотт
Ответы:
Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай! Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа: Кхераме дац суна мехаш,Къизачу зуламан ор а, – Нохчийн мотт соьца мел беха, Онда бу сан лаьттахь орам.
Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»
Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
Я.С. Чемирзаева
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох…
Билал Саидов
Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а, дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу. Дукхахьолахь и хаарш, хаарех пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь. Цу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, хьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо. Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикин Дешаран Минисерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу ишколехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а. Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханлерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а.
Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. кх. а. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш цакхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза. Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду: хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар; 1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш; ненан матте, 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар.
Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар; болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьовсар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу – хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо. Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн декхар – уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар. Цхьана низамехь теманашца нисйинчу урокаша таро ло, х1ора темина хаттар къасто, цу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшах тухуш билгалдан деза: урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш; дешархошна хаа деза, муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лакхене кхача йиш ю; керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар; йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш; 1аморехь оьшуш болу г1ирсаш; ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш. Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.
Уьш хила тарло: урок-тобанашкахь болх бар; урок-1аморан дарс; урок-кхетор; урок-гайтам; урок-проектни хьесапаш кхочушдар; урок-талламаш бар. Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиадо юкъара дешаран дараш а, хаарш а (УУД). Кху кепара болх баро г1о до хьехаран шайн зеделла ц1ераш, технологин кепаш юкъаяло: кхиош-1аморан, могашалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин, интерактивни технологеш и. кх. д1. Нохчийн меттан хьехархошна царех пайдаэца хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь а, массо хьехархо лехамехь хила веза, массо аг1ор керлачунна т1екхиа г1ерташ. 1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аш муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан автор. И тайпа болх д1абахьа мегар ду дешархой шина тобане бекъна, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо деригге а дийцар д1адоьшу. Кейс-технологин методаш дукхахьолахь хаарш сов дахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъярна т1е тидам бахийтина ю. Урокашкахь таро хуьлу, хьехархочуьна дешархойн мотт бийцаран говзалла лакхаяккха. Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, цу шина некъах пайдаэцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а – дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьна бакъдо. Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна. Х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографически, пунктуационни къамелан хаамаш караберзорна г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар. Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудолу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш. Критически ойлаяр кхиоран технологих ю синквейн. Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю. Стенна оьшу синквейн:
1. Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.
2. Боцца чулацам схьабийцарна кечво.
3. Коьртаниг каро 1амаво.
4. Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло.
5. Дукхахьолахь и кхочушхуьлу.
Кхузахь вайна го, синквейн язъешволчунна хаа деза, къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло, дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алссам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош. Коьртачарех ду, х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар. Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а. Керлачу технологишца бан безаш болу болх х1инца а кхачо йолуш бац, цунах лаьцна дуккха а дийца дезар ду, 1ама дезар ду, шена хуург къоначу хьехархочуьнга д1адала дезар ду. Ненан мотт хьоьхучу муьлххачу хьехархочун болх т1ехьажийна бу т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна.
Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьллачул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хила веза. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац, т1ахьене д1акховдо ненан мотт хир бац.
Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх, оьздангалла юха денъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна 1амош волчу массо а хьехархочунна, даггара баркалла ала лаьа. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
Источник:: журнал “Нана”
“Доьзал” дешан маь1 на дан г1 оьртича, гучудолу иза “доь” бохучу орамах хилар. “Доь шен маь1 ница “х1 у” дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1 окху тайпанчу аларшкахь: “доь доцуш вайна”, “доьза вайна”. И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1 аьхьадисина цхьа цуьрриг х1 ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (х1 у) хилар, доь долор ду.
Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1 адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1 аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1 адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1 а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу “цхьана ц1 ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.
Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.
Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух …) , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.
Доьзал – иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе.
Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:
Гость
Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай!
комментариев 1 :
омг откуда
Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.
Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.
Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
Нохчийн Республикин хьалхара Президент)
Бисмиллах1иррохьманиррохьим.
25-г1а апрель(нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де) нохчийн меттан Де ду аьлла д1акхайкхина ду вайн куьйгалхочо КАДЫРОВ Р.А. шен указаца.
Нохчийн Республикин Президентан
УКАЗ
Соьлжа-ГIала № 207
Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:
«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин за¬конна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.
«Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха.
XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.
Дала деллачу не1матех уггаре коьртаниг адамийн мотт бу. Мотт къоман са а, цуьнан деган куьзга а ду. Маттехула бен хила йиш яц халкъан дика а ,вон а, халкъан тезет а, синкъерам а ,халкъан г1иллакхаш маттехула бен лела йиш яц. Нохчийн меттан Де билгал даьккхина а ца 1аш, нохчийн зудчун –ненан Де а билгалдаьккхина вайн куьйгалхочо, кхечу дезачу денойн мог1аре а х1оттош. Шен къам , шен мотт, наной а деза лараран билгало ю иза.
Сулейманов А. яздина: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Казахстанехьчул чомехь даа, хазаниг духа ца даьхкина тхо тхешан махка, ц1а ,карахь-куьйгахь а доццушехь .Тхо ц1а оьху : Даймохкий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш ца хиларна .Къам шен амалх , г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту ч1аг1о ю мотт.» Цунах херделла адам , лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу.
17:01 Сочинени: «Беза, хаа хьайн ненан мотт» |
Беза, хаа хьайн ненан мотт Кхераме дац суна мехаш, Кхизачу зуламан ор а, — Нохчийн мотт соьца мел беха, Онда бу сан лаьттахь орам. (Ахмадов Муса) Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, 1илманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Къоман мотт – ерриге а культуран онда бух бу. Дукха дийцина вайн нохчийн яздархоша, дешан говзанчаша, нохчийн меттан хазаллех, иза оьшуш хиларех лаьцна. Шовзткъа шо хьалха а г1араваьлла вевзаш волчу поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ, хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь. «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», — бохуш, и сийсазбан ца хетта эхь…» Юха яздо цо: «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт!» И т1аьххьарлера дешнаш тхан нохчийн кабинет чуьрчу уьн т1ехула тоьхна ду. Бан а бу вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а, нуьцкъалла а, мерза а. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цундела хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан нохчийн меттан. Вайн 1илманчаша ма-аллара, вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхача хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Муьлххачу нохчочо – хьехархо, хьархо, йохкархо, дешархо, къано, кхиазхо – милла а и велахь а, шен ненан мотт хаза а, ц1ена а бийцарехь къахьега деза. Кхечу къомара цхьа а вог1ур вац хьуна хьайн мотт 1амо, и хьан хьайн г1уллакх ду. Йохьах вуьззина волчу нохчочо сий дан деза шен меттан. Ненан мотт ца хаьа алар дозалла хеташ цхьа хан хиллехь а, тахана и хаьа алар ду дозалла. Тхан школехь, оха кхойкхий, х1ора шарахь, апрель баттахь, нохчийн меттан Де лерина бог1ий хуьлу вайн махкара г1арабевлла яздархой, 1илманчаш, къаной. Иштта тхо долчохь хилла Саракаев Хьамзат, Арсанукаев Шейхи, Дудуев Муса, Вагапова Асет, Дудаева Белкъис, Абдулаев Леча, Ахмадов Муса, Айдамирова Машар, Ахматукаев Адам, Ярычев 1умар, Тимаев Ваха, Барзанкаев Аслан, Магомадов Билал, Бисиев Муса иштта д1а кхин а. Марха досту де санна, хаза хуьлу и де. Тхуна ч1ог1а хазахета и тайпана цхьаьнакхетарш, баьхкинчу хьешаша дуккха а пайдехь х1ума дуьйцу. Цул сов дешархоша тайп-тайпана нохчийн даарш дахьа, дуьйцу уьш муха кечдо. Тхан школехь кхечу къомара дешархой а бу. Молдованин волчу Шербан Мишас буьйцу нохчийн мотт. Школа чекхъяьккхина, университетехь доьшуш йолу оьрсийн йо1 Горечова Света йог1у кхуза сих-сиха. Цо школехь доьшуш дакъалоцура нохчийн маттахь байташ хаза йийцарехь, тоьлла меттигаш а йохура. Иштта Ахмадов Мусас кхайкхина тхо а хилла мосийттаза «Хаарийн б1ов» передачехь дакъалоцуш а. 1аламат дика хета тхуна цу передачехь дакъа лацар, х1унда аьлча дуккха а керла х1ума 1ема. Кечам беш вайн дахарехь ца дуьйцу дешнаш дуьйцу, масала, зезагийн, диттийн, бецийн, акхаройн, олхазарийн ц1ераш. Оьрсийн маттера гочйо истори, йоьшу исбаьхьа говзарш. Баккхийчаьрга хьалхалерчу дахарех лаьцна хоьттуш болх бо. Мотт кхиарехь а, ларбарехь а 1аламат мехала х1ума ду иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху: «Ши эзар ворх1алг1ачу шарахь сан Указца диллина ду Нохчийн меттан де. Шуна ма-хаъара, хаддаза тхан тергамехь ду къона т1аьхье кхетош-кхиор, халкъан культура 1алашъяр. Х1ора шарахь д1ахьош ю нохчийн мотт 1амор, бовзар кхин а лакхадаккхарна т1ехьовсийна конкурсаш, фестивалаш, тайп-тайпана гуламаш, цхьаьнакхетарш, кхидолу вовшахкхетарш а. Вайна т1ехь 1аламат доккха декхар ду – нохчийн мотт 1алашбар а, кхиор а. Ларбе иза, т1екхуьучу т1аьхьене лерамца д1а а ло!» Нохчийн доьзалехь, цу доьзалан кхерч латтош оьзда х1усамнана мел ю, хьо бехар бу хьуна, х1ай нохчийн мотт. |
Просмотров: 4345 | | Рейтинг: 4.4/12 |
Категории
Последние записи в блогах
Статистика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»
НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА
ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ
Сочинени
Нохчийн маттах,
нохчийн маттахь…
Язйинарг: Тунжаханова Сати
10 –чу классан дешархо
Сочинени
Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…
«Мерзачу озаца сан амал lехош,
нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу…»
Мотт- иза Даймахко адамна, цуьнан дахар долалуш, иза чекхдаллалц луш болу г1ирс бу. Мотт- иза адамна гонахара дерг, шен чоьхьара дуьне довза а ,кхечарна довзийта Дала делла ни1мат ду. Мотт- иза туьйранехь дуьйцуш долу,ерриг не1 йоьллуш долу дог1а ду.
Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?
Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.
Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.
Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.
Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.
Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.
Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.
Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.
Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац!!!» Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.
Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).
Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.
— Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.
-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.
Мотт адамийн
дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла
тамашийна г1ирс бу.
Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа
царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.
Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда
а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь,
цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо
вешан нохчийн мотт.
Мотт д1абаьлча халкъан
тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала
йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха
нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна
шен къам а, мохк а безар бац.
Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац
базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.
Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,
Боьжна бац стиглара, эцна бац
базарахь.
Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,
Кхоьллина хилла и вайн дайшна
азаллехь.
Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла
1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь
1аш
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…
Муха хир ву дуьненахь уггаре а
сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.
Мел халахеташ делахь а, ишттанаш
а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша
а, яздан а ца хаьа, бохуш.
Ткъа дуьненахь а воккхачу
оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:
«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а,
хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Ненан мотт…Доккха маь1на
лоцу оцу шина дашо шайна чу.
Вай дайшкара схьадеъна вай
хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.
Ткъа и шадерриг д1акхехьа
оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам
д1адолу.
Тахана вай ойла ца йо вай дечу
къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо
вай ваьшна уллорчунна.
Поэзехь а тидам боцуш ца
дисна и санна долу дош.
1.Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий
деъча,
Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!
Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,
Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,
Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!
2.Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,
Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!
Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,
Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,
Дуьненан хазахетар, адаман мотт!(
Яндиев Дж. «Адаман мотт»)
Вай олу Даймохк-Нана.
Нана санна, Даймохк беза
вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза
ненан матте болу безам а.
Оьрсийн яздархочо
Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина
башха дешнаш:
«…Шен махке болу бакъ безам, шен
матте бацахь, маь1на долуш бац!» Сайн сочинении ерзош суна дало
луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла
дешнаш:
«Шен
ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо
а хьошур яц!»
— Везачу Дала ницкъ,
хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан
сий-ларам ойбуш, д1адаха.
Сочинени
«Ненан мотт-сан безам»
Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза?! Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу. Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу. Вайн мотт г1иллакхе, оьзда, мерза а бу. Иза къоман са ду. Ненан мотт… Доккха маь1на д1алоцу оцу шина дашо. Вайн дайшкара дуьйна схьадаьхкина хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман. Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург мотт бу. Иза ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адан кхерам бу. Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйлу шога дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллерчунна. Даймохк-Нана, Нана санна, хьоме бу вайна вешан Даймохк, цунах хаьдча, тоха са а доцуш, сатуьйсу вай цуьнга. Иштта, шен нене, Даймахке а санна, хила беза шен матте болу безам а. Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах дешнаш: «…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Вай мотт лар ца бахь, цуьнан сий а ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Мотт д1абаьлча, халкъан тезет, дика-вон, ловзар-синкъерам д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха баьрчче баккха беза вай и. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Муха хир ву дуьненахь, уггаре сийлахь болу ненан мотт цабезарг, бийца цалуург, и къен хетарг?! Мел хала хеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаволчо дозаллица къамел до: «Суна ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа бохуш». Ткъа воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Оцу маттахь яздан а, еша а ца хаьа муха эр ду?! Вай нохчий ду, ду-нохчийн мотт вай мел буьйцу,цундела вайх х1ораннан а
сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Тахана вайн мотт 1амон а, бийца а цхьа а новкъарло яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен Буьйраца ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикин а Конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ белла. « Воккхаве со хьуна хуъчу Кхечу къаьмнийн меттанех, Хьайниг бицбеш, 1амо дезна Уьш хьуна ца моьттинехь» — яздо Сулейманов Ахьмада. Цу дешнийн маь1нах кхета хала дац. Муьлхха а мотт хаар дика ду. Цхьадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, 1амон а оьшуш бу 1арбийн мотт. Оьрсийн мотт – юьззина бакъонаш йолу Россин гражданаш хила а, лулахошца гергарло, уьйраш лело, дуьненан 1илманах кхиа а ца хиъча ца болу. Хиъча дика ду ингалсан, немцойн, французийн а меттанаш. Амма, поэтана т1аьххье ч1аг1дан дог1у, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. Сайн сочинени ерзош лаьа суна вайн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнашца: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Со йоккхае тахана, х1ара маьрша мог1анаш сайн яздан аьтто хиларна. Нохчийн къоман баьччанан, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин во1а Россин Турпалхочо Рамзан Ахматовича шен ден некъ кхиамца д1акхоьхьуш йоккхае со. Везачу Дала ницкъ, хьекъал а лойла вайна нийсачу новкъа, нохчийн меттан сий-ларам беш, д1адаха! Дала лардойла вай, ненан мотт бицбина, дакъазадовларх!
29.11.2019
«Бовза беза нохчийн мотт»
1-ра ведущий. Де дика хуьлда шун, хьоме хьехархой а, дешархой а. Тахана къаьсттина хаза де ду-кх вайна… Карина, алахь, хьуна хуур дарий и иштта х1унда хета суна?
2-г1а ведущий. Дера ду, Сулима, вешан хьомечу нохчийн маттахь , хьомсарчу нохчийн махкахь нохчийн мотт хаар къовсуш цхьаьнакхетар д1ахьур долу дела.
1-ра ведущий. Нийса боху ахь… Яханчу заманашкахь хийла «1илмана а бихкина, иллийна а бихкина 1иллина вайн мотт». Цул т1аьхьа кхин хан еана
« хьо бан-м бара, амма хьо оьшуш-м бац тхуна, хьо буй а ца хоуьйтуш 1елахь»,- бохуш, цхьана сона а табийна латтийна. Ткъа тахана, и бийца безий а, и хаа безий а вайга кхайкхош мехкан да ву вайн. « Ненан мотт- мокхазан ч1аг1о»,- аьлла цхьа мехала дешнаш а ду вайн дуьххьарлерчу Президентан Ахьмад-Хьаьжин Кадыровн. Ян а ю-кх мотт мокхазан ч1аг1о… Шен мотт боцу къам –къам лорийла дац.
Хьоме хьехархой а, дешархой а, х1ара цхьаьнакхетар д1адолале, оха шуна бовзуьйтур бу къовсаман декъашхой.
Куьйган аьтту аг1ор д1акъалоцуш бу цхьайтталг1ачу»А» классан дешархой, ткъа куьйган аьрру аг1ор- цхьайтталг1ачу «Б»классан . Шуна ма-гарра, вайн тобанаш ялх-ялх декъашхойх лаьтташ ю.
Оценить
1264
Содержимое разработки
9-10 классаш
Хьехархо: Гайрабекова Милана Хусайновна
«Бовза беза нохчийн мотт»
1-ра ведущий. Де дика хуьлда шун, хьоме хьехархой а, дешархой а. Тахана къаьсттина хаза де ду-кх вайна… Карина, алахь, хьуна хуур дарий и иштта х1унда хета суна?
2-г1а ведущий. Дера ду, Сулима, вешан хьомечу нохчийн маттахь , хьомсарчу нохчийн махкахьнохчийн мотт хаар къовсуш цхьаьнакхетар д1ахьур долу дела.
1-ра ведущий. Нийса боху ахь… Яханчу заманашкахь хийла «1илмана а бихкина, иллийна а бихкина 1иллина вайн мотт». Цул т1аьхьа кхин хан еана
« хьо бан-м бара, амма хьо оьшуш-м бац тхуна, хьо буй а ца хоуьйтуш 1елахь»,- бохуш, цхьана сона а табийна латтийна. Ткъа тахана, и бийца безий а, и хаа безий а вайга кхайкхош мехкан да ву вайн. « Ненан мотт- мокхазан ч1аг1о»,- аьлла цхьа мехала дешнаш а ду вайн дуьххьарлерчу Президентан Ахьмад-Хьаьжин Кадыровн. Ян а ю-кх мотт мокхазан ч1аг1о… Шен мотт боцу къам –къам лорийла дац.
Хьоме хьехархой а, дешархой а, х1ара цхьаьнакхетар д1адолале, оха шуна бовзуьйтур бу къовсаман декъашхой.
Куьйган аьтту аг1ор д1акъалоцуш бу цхьайтталг1ачу»А» классан дешархой, ткъа куьйган аьрру аг1ор- цхьайтталг1ачу «Б»классан . Шуна ма-гарра, вайн тобанаш ялх-ялх декъашхойх лаьтташ ю.
2-г1а ведущий. Ткъа ас шуна бовзуьйтур бу вайн лераме жюрин декъашхой: Грозни-г1алин 7 йолчу юккъерчу школан директорВисаитов А.А., цуьнан дешаран декъехула йолу г1овс Абдулмежидова Р.А., кхетош-кхиоран декъехула йолу г1овс Махмудова Э.В. Иштта бовзуьйтур вайн тергамхой а: нохчийн меттан хьехархой :Устамилова Р.А.,Каимова Ж.С.
1-ра ведущий. Хьоме декъашхой, х1инца оха шуна йовзуьйтур ю къовсаман бакъонаш: х1ара къовсам лаьтта пхеа гуонах, аьлча а пхеа этапах. Х1ора гуо лаьтта деа- пхеа хаттарх. Х1ора хаттар д1адешначул т1аьхьа, хаттарна жоп дала кийча йолчу тобано горгали бекор бу. Х1ора нийса жоп – цхьацца балл.
2-г1а ведущий. Пхеа гуонах лаьтта т1едахкарш кхочушдина девлча, къовсам хир бу х1ора тобанан тхьамданашна юкъахь. Царна дала а кечдина ду итт-итт хаттар. Х1ора нийса жоп- цхьацца балл. Ткъа вайн самукъадаккха баьхкинчу кегийчех ала а дог1у кхузахь. 3-г1ий, 4-г1ий классашкара дешархоша юкъ-кара шуьга са а до1уьйтуш, ненан маттах лаьцна байташ а, эшарш а д1алокхур ю.
1-ра ведущий. Ткъа х1инца шина а тобанан декъашхоша шайн тобанан ц1е а, харжаран бахьана а, шайн тхьамданаш а бовзийта беза. Дош шуьга ду-кх , декъашхой…
( После)…
Ткъа х1инца….
Жюрега хьовсий самадовла ,
Вовше хьовсий къинт1ера довла!
Х1инца дикка тидам бе,
Балхе ойла ерзае!..
Хьалхара гуо вайн лаьтта нохчийн историх лаьцна…
Леррина ладог1а хаттаре.
Нохчийн зудчун Де даздар х1унда ду аьлла хета шуна сентябрь баттахь? Дийца цунах лаций.
2-г1а ведущий. Шозлаг1а хаттар иштта хир ду.
Нохчийн меттан Де даздар х1унда ду те апрель баттахь д1акхайкхийна? Дийца цунах лаций.
1-ра ведущий. Кхоалг1а хаттар иштта ду.
Сийлахь- боккха Даймехкан т1амах лаций дийца (доцца). Оцу т1амехь шайн хьуьнаршца г1арабевллачу Турпалхойн ц1ераш а яха.
2-г1а ведущий. Хьалхарчу декъан доьалг1а хаттар иштта хир ду.
Советан 1едал т1едале хиллачу паччахьан 1едалх лаций дийца. Х1ун тайпа ницкъаш беш хилла цу хенахь мискачу нахана т1ехь. Муьлха произведенеш евза шуна оцу заманах лаьцна язйина йолу.
1-ра ведущий. Ткъа х1инца , дешархой, шозлаг1а гуо лаьтта вай нохчийн халкъан барта кхоллараллех лаьцна.
Хьалхара хаттар иштта хир ду:
Нохчийн халкъан барта кхоллараллех лаций дийца. Х1ун тайпа жанраш йог1у халкъан барта кхоллараллина юкъа?
2-г1а ведущий. Нохчийн барта кхоллараллех лаьцна шозлаг1а хаттар:
Нохчийн иллеш дуьххьара д1а хьан яздина? Дийца цунах лаций.
1-ра ведущий. Кхоалг1а хаттар иштта хир ду:
3.Иллеш кхолларан 1алашо х1ун хилла? Муха д1аолуш хилла уьш.
2-г1а ведущий. Нохчийн фольклорах лаьцна гуо берзош, т1аьххьара хаттар иштта хир ду:
4.Шайна хуу 4-5 кица даладе, даста церан маь1на.
1-ра ведущий. Ткъа х1инцалера къовсадаларш хир ду вайн нохчийн литературех лаьцна.
Тобанан декъашхой, дика ладуг1уш хила, хьалхара хаттар иштта хир ду вайн:
Нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо мила лору? Дийца х1унда.
2-г1а ведущий. Рог1ерчу декъан шолг1ачу хаттаре ладог1а х1инца:
Нохчийн литературехь дуьххьара дийцар яздинчу авторан а, оцу дийцаран а ц1е яккха.
2-г1а ведущий. Нохчийн литературех лаьцна хаттарш дуккха а дала лаахь а, хено вайн гуранаш т1етт1акъовларе терра, « нохчийн литература» гуо къовлуш, т1аьххьара хаттар иштта хир ду:
Х1ун башхалла ю трилогина а, тетралогина а юкъахь? Ц1ераш яха трилогин а, тетралогин а барамехь язйинчу нохчийн произведенийн.
1-ра ведущий. Хьоме жюри, тобанан декъашхой! Боьалг1а гуо вайн лаьтта НОХЧИЙН МАТТАХ лаьцна. Х1инца вайна хаа таро хир ю, вешан декъашхойн нохчийн маттах лаьцна хаарш муха ду хьовса. Тидаме хилар доьху массаьрга а.
Хьалхара хаттар иштта хир ду:
1.Кластерш х1иттае собар, барт бохучу дешнашна.
2-г1а ведущий. Шолаг1а хаттар:
2.Шуна схьагучу х1окху дешнашна ялае антонимаш:
УЛЛОХЬ_
Г1ЕНАХ-
НАГГАХЬ-
ЛАЦА-
САХУЬЛУ-
МАЛХБАЛЕ-
КХУШАРА-
1-ра ведущий. Рог1ера хаттар иштта хир ду:
3.Цхьана дешдекъах лаьтта 5 ц1ердош даладе, легаде царех 1.
2-г1а ведущий. Къовсаман декъашхой, х1ара хаттар иштта ду вайн:
Олхазарий а , диттийн а пхиппа ц1е д1аязъе оьрсийн а, нохчийн а маттахь.
1-ра ведущий. Хьоме накъостий, х1инцалера хаттар ша-кепара ду вайн. Леррина шуна кечдина видео хаттар ду. Нийса жоп- пхеа баллана ду. Ладуг1ур ду-кх вай цуьнга.
2-г1а ведущий. Лераме жюри, тобанан декъашхой, х1инца вайна герга яхана къовсаман чаккхе. Цундела т1аьххьара къовсам хир бу шина а тобанан тхьамданашна юкъахь.
Хьалхарчу тобанан тхьамдана хаттарш дала вай схьакхойкху къовсаман тергамхоУстамилова Р.Б..
1-чу тобанан тхьамдана хаттарш:
Предложенин коьрта меженаш.
Ц1ердешан маса терахь ду?
«Еха буьйсанаш» романан автор.
Яздархойн союзан председатель мила ву вай карарчу хенахь?
Муьлхха а цхьана дийцаран ц1е яккха.
Синтаксисо х1ун 1амадо?
Нохчийчуьра уггар доккхачу хин ц1е яккха
Дукхаллин терахье даккха сий боху ц1ердош
Понедельник вайн маттахь муха олу?
Мотт боху дош доланиг дожаре даккха.
2-чу тобанан тхьамдана хаттарш:
Предложенин коьртаза меженаш.
Ц1ердешан маса дожар ду?
Хьан язйина «Жа1у» поэма?
Хьайна евзачу Нохчийчуьра театран ц1е яккха.
Муьлхха а цхьана романан ц1е яккха.
Фонетико х1ун 1амадо?
Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран ц1е яккха.
Цхьаллин терахье даккха букъаршбоху дош.
Суббота вайн маттахь муха олу?
Хьайна вевзачу иллешкарчу турпалхочун ц1е яккха.
1-ра ведущий. Ткъа шозлаг1чу тобанан тхьамдана хаттарш лур ду Жанна Султановнас.
1-ра ведущий. Лераме хьехархой, тобанан декъашхой, вайн таханлера
« Бовза беза нохчийн мотт» къовсаман жам1аш дийцийта а, дерзоран дош ала а вай доьху жюрин декъашхошка. Дош шуьга ду-кх.
Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/384630-bovza-beza-nohchijn-mott
Также вас может заинтересовать
- Сценарий внеклассного мероприятия по литературе «Сказочной тропой» (для 4, 7 кл.)
- Открытый урок по русскому языку в 7 классе
- Открытый урок татарской литературы по теме «Татарстан»
- Открытый заключительный урок по теме: «Эффективное разрешение конфликтных ситуаций»
- Формулы сокращенного умножения
«Свидетельство участника экспертной комиссии»
Оставляйте комментарии к работам коллег и получите документ
БЕСПЛАТНО!
Слайд 1Нохчийн меттан урок
9-г1а класс
«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору
нохчийн а, оьрсийн а меттанаш».
Нохчийн Республикин Конституци, 10-гIа статья.
Слайд 2Урокан ц1е: Ненан мотт – жовх1арийн кочар.
1алашо:
буьйцучу
меттан силсилан аг1онаш йийцаре яр; адаман дахарехь меттан сийлалла гайтар;
шен матте а, махке а,
халкъе а безам к1аргбар.
Слайд 3Уьн т1ехь:
Шен ненан мотт ца хууш верг нана йоцу буобер ду.
/кица /
Шен мотт бийцар сийлахь ду.
Кхечу къаьмнийн мотт хаар а сийлахь ду.
/Халкъан хьекъалера/
Слайд 4
«Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех
даьхча кхуьй а леш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Тхо-м — нохчий, г1алг1ай Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг т1едуха ца даьхкиний тхешан махка, ц1а, карахь-куьйгахь а, т1ехь а доццушехь. Тхо ц1а оьху: Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна».
/ А.Сулейманов/
Слайд 5Пенаш т1ехь:
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
Нохчийн Республикин хьалхара Президент).
« Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий цадечо
Мехкан сий дийр дац…»
/Б. Саидов /
« Кхидолчу къаьмнашна,
Шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а
Сов хьоме бу…»
/ Ш. Арсанукаев /
«…Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.»
/ М. Мамакаев /
Мукъам.: « Ненан мотт» илли.
/Дешнаш Ш. Арсанукаевн, мукъам З. Дудаевн /
Слайд 6Графопроекторца экран т1ехь схьагойту указ:
Слайд 7Нохчийн Республикан Президентан
Указ
11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207
Нохчийн мотт
1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан
законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо.
Х1ара указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.
Слайд 8 Д1адолор (урок д1ахьошволчо).
Де дика дойла шун, хьомсара дешархой!
Таханлера вайн цхьаьнакхетар лерина ду ненан маттана.
Вайн ненан мотт- иза нохчийн мотт бу.
Тайп- тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш,безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне
сатийсина цуьнца шовкъ йолчара.
Цу сатийсинчеран дегнаш хьостуш указ ду вайна х1инца схьагушдерг.
25-г1а апрель – нохчийн къоман силсилехь (исторехь) дезачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттина.
Слайд 9 Iилманчаша ч1аг1дарехь, xlopa к1иранчохь х1окху дуьненахь къоман цхьа мотт леш
бу. Беллачу маттаца леш ду дийнна къам а шен амалца, мехаллашца, Iep-дахаран башхаллашца. Мотт кхоччуш дийна лоруш бу. нагахь оцу маттахь лаххара а цхьа б1е эзар адам къамел дан хууш, и мотт буьйцуш делахь.
Муьлххачу а къоман кханалера де таханлерчу кхиазхойх а, кегийрхойх а доьзна ду. Аша буьйцучу маттах, шуна 1амочу г1иллакхех, шун оьздангаллех д1ах1уттур ду вайн халкъ. Шуьга а хьаьжна, аша лелочун мах а хадийна, эр ду къомах олуш дерг кхечу къаьмнийн векалша. Цундела вайна ч1ог1а оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехьа оцу мехалчу г1уллакхна бух кечбар.
Слайд 10 Суна хетарехь, и г1уллакх уггаре а хьалха д1адоло
деза доьзалехь дас-нанас аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу х1усамашкара д1адаккхарца, д1адаларца д1адевлла дуккха а хаза г1иллакхаш, б1еннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац и мукъам, аганан, гаьнгалин а техкарца хезаш хилла болу. Кхечарех тардала г1ертачу я цхьаннех а тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а х1ума цхьана барамехь, низамехь хилча ларло къам, цуьнан мотт, г1иллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, долуш долу хьал дог хьостуш дац, б1аьрг белош а дац.
Слайд 11Ага — къоман кхиаран, г1иллакхан бух, кхерчан ладаме цхьа дакъа ду.
Кхетош-кхиорехь хьалхара терхи я къоман школа аьлча, нийса хир ду цунах. Оцу аганахь д1аболало беран ненан матте, цул т1аьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш буьйцу мотт а. Дуьххьарлерниг, хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта цунна, иэсехь, кхетамехь д1аязло гуттаренна а. Дег1ан муьлхха а цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай и дег1. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а х1ума вай д1атасахь, халкъ а хуьлу шен цхьана декъехь, шен сица сакхте. Делахь-х1ета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхте лерина а ца 1аш, заь1ап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.
Слайд 12Везачу Дала х1ара доллу жил1алам а, адам а ша Лаьтта т1ехь
кхуллучу заманчохь,х1оранна а делла шен-шен сибат, бос,амалш,кхолламаш,иштта х1оранна а белла шен-шен мохк а, бийца шен-шен мотт а.
Шен ницкъ боллушехь – вайх кхин къам кхолла а, вайна кхин мотт бала а, Сийлахьчо вайна дина уггаре а деза совг1ат ду-кх вай нохчий кхоллар а, бийца нохчийн мотт балар а.
Хьо винчу, х1ара дерриг а Дуьне хьуна совг1атна деллачу,хьан цхьаъ бен йоцчу, кхин хила йиш йоцчу хьан НЕНАН МОТТ – х1ун
хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?
(Ш.Арсанукаевн стихотворени д1айоьшу).
Слайд 13Ненан мотт /Ш.Арсанукаев/.
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт
д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашца, бац атта кхеташ», —
Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.
Ладог1а цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1а, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш – ду ира герз.
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!
Слайд 14Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс
а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и.
Б1ешераш хийла д1аихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш,
Даима ша хилла нохчийн мотт бу…
Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, — хьо цхьалха ву!
Слайд 15
Дешархошка хеттарш (урок д1ахьошволчо):
— Х1ун оьшу адамана ирсе хила?
/оьшу Даймохк, халкъ, мотт…/.
— Х1ун аг1онаш ю буьйцучу меттан?
/Мерза, оьзда, ц1ена, деган мерз, ира герз/.
Маца хуьлу стаг цхьалха?
/хьалкъаца ца ваг1ахь…/.
Иштта д1.кх. толлу текст.
Кхин д1ахьо урок.
Слайд 16Мотт хаар, сан кхетамехь, урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца 1а. Мотт
xaap — халкъана хьалха д1ах1оьттина, сахьтехь, шина сахьтехь оцу меттан мукъамехь, оьшучохь дош далош, кица далош, дустар далош, нийса предложенеш х1иттош, аз айдеш, аз лахдеш, нохчийн меттан мукъамехь къамел дан хаар ду. Xlopa меттан а ма бу шен мукъам. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладуг1у наха. Иштта диначу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Бакъболу халкъан мотт — нохчийн мотт бу аша бийца а, 1амо а безарг школашкахь. Вайн меттан х1ора дош – х1орда бухахь хьалакхиъна жовх1ар ду. Х1ара дерриге а дуьне кхобучу, ловзочу, нана – х1ордан ницкъ а,саде1ар а шена чуозийна долу, башха жовх1ар.
(Стихотворени д1айоьшу урок д1ахьочо).
Слайд 17Адуев 1иса « Нохчийн мотт»
Хьоьца ду жовх1арш,
Меттан куц толо,
Бу хьоьца лаца мукъ,
Кховдийнарг къомо.
Велларг а тергалван,
Ду хьоьца марчо,
Муьлххачу т1ег1ан т1ехь
Хилла хьо маршо.
Нохчийн мотт! Ненан мотт!-
Лам чуьра татол.
Хьан лар ю к1орга 1ин –
Оьздангаллин г1арол.
Хьо бен бац сан аг1о –
Сан куьйга аьтто,
Дог дуззуш сан кийрахь
Нохчалла латто…
Слайд 18 Ткъа нохчалла кхио х1ун оьшу вайн къомана?
(Дешархойн жоьпаш).
Муьлххачу а къомана уггар ч1ог1а оьшуш дерг – дешар, могашалла,культура,экономика ю.Царех коьртаниг дешар ду.
Дешар — къоман хьекъалан, кхетаман, культурин, хьолан а хьоста ду.
Т1екхуьучу х1ора т1аьхьено 1илма ца 1амийча, цунна ца хаьа шен къоман д1адахнарг, дуьненах хилларг, долуш дерг, шен къоман т1ехиндерг муха кхолла деза а. Дешар ца дешча къоман 1илманчаш, белхан говзанчаш, лоьраш, хьехархой, экономисташ ца кхуьу. Лоьраш ца хилча, къоман могашалла ца ларло. 1илманчаш ца хилча къоман мотт, истори, культура ларлур а яц, культура а, экономика а кхиалур а яц. Дешар ца 1амийча, къам кхетамна б1аьрзе дуьсу.
Кхетамна т1аьхьадисинчу, дег1 могаш доцчу къоме шен Даймохк, халкъан ламасташ, мотт, оьздангалла, къоман сий ца ларло.
Слайд 19Адама мел яккхий лакхенаш, кхиамаш бахахь а цуьнан дахаре болу некъ
шен кхерчара, т1аккха школера д1аболалуш бу, шен дерриге а дахарехь пайдаоьцу цо ц1ахь дас-нанас, хьехархоша школехь 1амийнчух. Ткъа уггар ч1ог1а хаарш лакхадахарехь а, дахаран хьелаш тодарехь а аьтто бийриг мотт бу.
Дийцарехь, 6 оьмарехь вайн эра т1екхачале ширачу Грецехь вехаш хилла хьекъалча Эзоп, басняш кхоллархо. Х1етахь дуьйна грекаша а, римлянаша а шайн баснех «Эзопан баснеш» олуш хилла. Эзопан дахарх лаьцна шортта хьадисаш дисна. Царах цхьаъ дийца лаьа суна шуна.
Слайд 20Эзоп лай хилла цхьана вехачу грекан х1усамехь. Цкъа х1усамдас аьлла цуьнга:
« Вало базара а г1ой, дуьненахь уггар г1оле йолу х1ума ян».
Эзопа базара а вахана, цигара мотт беана:
« Юй лаьтта т1ехь маттал хаза а,тоьлаш а
х1ума? Матта т1ехь лаьтташ дац шадолу 1илма
а, философи а? Мотт ца хилча х1умма а дан
йиш яц: яла а, схьаэца а, эца а. Пачхьалкхан
низам, бакъо,сацамаш – и шадерг мотт
бахьанехь кхолладелла ду.
Мотт – иза вайн доллучу дахаран бух бу.
Цхьа х1ума дац маттал г1оле»
Слайд 21Т1аккха х1усамдас аьлла:
«Ткъа х1инца дуьненахь уггар вон х1ума ян».
Эзоп базара
вахана, цигара цо юха а мотт беана:
« Х1ун ю дуьненахь маттал вон?
Матто дохьу барт эг1ар, къайлаха бартбар, 1ехораш, летарш, дар-дацарш, хьаг1, т1ом.
Хила йиш юй маттал вон х1ума?»
Слайд 22«Мотт ойланан дег1 ду» — бохуш цхьа дешнаш ду-кх вайн, ткъа
и ойла нийса ян, кхеташ хила веза,
вуьшта аьлча, х1уманах кхетам хила беза.
Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто, цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а, и бу цунах хуьлуш болу пайда. Шен ненан маттахь ечу ойлано ларво стаг вочух.
Слайд 23
Хьехархо:
— Х1ун оьшу
шуна (дешархошна) таханлерчу дийнахь
шайн ненан мотт кхоччуш 1амо?
Дешархошка дуьйцуьйту…
Слайд 24 Урок д1ахьошволчун жам1:
«Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду
вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран рагI вайна тIекхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш.
Аганара гIаьттича цу кIантана бакъболчу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалладан, масал эца, цаьрга нисвалар Iамош.
Дас халонаш лан, осалниг емалдан, гIийлачун гIо лаца кечван веза шен воI. Иштта вайн нанойн масалш тIехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю».
(Кадыров Рамзан Ахматович,
Нохчийн Республикин Президент)
Слайд 25Дешархочо урок д1аяьхьначунна совг1атна йоьшу Ш. Арсанукаевн «Весет» стихотворенин кийсик.
…Хазнашлахь
хазна ю
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, д1адолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
Нохчийн мотт и – халкъан
Синхазнийн хьоста –
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт, хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха , хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Слайд 26Дала нохчийн мотт беза а, бовза а, маьрша бийца а
дахадойла шу! Иманехь, исламехь кхуьуьйла шу!
Слайд 27ДОКЛАД:
«КЪОНА Т1АЬХЬЕ СИНОЬЗДАНГАЛЛЕХЬ
КХЕТОШ – КХИОР»
ХЬЕХАРХО ЧЕМИРЗАЕВА ЯХА САЙПУДИНОВНА
Грозный – Г1ала
2010 шо