Эдилов хасмохьмад сочинение сийлаха

Обновлено: 12.03.2023

Пример готовой курсовой работы по предмету: Литература

Содержание

Къоман дахарехь мехала хазна ю исбаьхьаллин литература. БIешерашкахь адамашна юкъахь кхиъна гIиллакх-оьздангалла, беркате ламасташ, халкъан кхетам а, ойла а ю цуьнца. Iаламат мехала ду исбаьхьаллин дош массо а хенахь.Бакъйолу исбаьхьаллин произведени адаман ойлане кхаьчна ца Iаш, синхаамашна а Iаьткъаш ю. Ишттачерах ю Эдилов Хас-Мохьмадан произведенеш.

Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада элла, нохчийн дикахволчу итт поэтан цIе яккха шега аьлча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу пхеа поэтан

цIе яккха аьлча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу кхаа поэтан цIе яккха аьлча, царна юккъехь а Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, уггар дикачу нохчийн цхьана поэтан цIе яккха аьлча, Эдилов Хасмохьмадан цIе йоккхура яцара ша, кхечарна хала ца хетийтархьама. ( 1.аг 1о 287)

Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шарахь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь. Иза нохчийн литературехь билгалваьлла ву стихаш язъяран дика говзалла йолуш а, лерина болх беш а , поэт хиларна. Цуьнан стихаш рифма а, ритм а нийса лелорал совнаха, дика чулацамболуш, дагайог 1учу тайпана говза язйина ю. Цуьнан поэзехь шен къоман хьашташ дийцина ца

1 аш, Даймахкан а, дуьненан а, къинхьегамхойн хьашташ,дан дезарш дийцина. Дуккха ю поэтан и тайпа маь

1 на долуш стихотворенеш, масала: «

1. кхиерш а. Цара кхуллу поэтан х

1 инцалера сибат. (3.аг 1о 81) Эдилов Хасмохьмадана муьт1ахь лирически стихаш хилла ца Iapa.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

hello_html_61f337fb.jpg

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Урокан тайпа: тобанан.

Урокан кеп : диалоган технологи.

Урокан 1алашо: Кхетош-кхиоран маь1на Даймохк беза хилар а, дика

г1иллакхаш лардан дезаш хиларх дешархой кхетор а.

Дешархошка шайга турпалхойн дика , вон аг1онаш

Г1ирс : 1. Яздина дешнаш : Цкъа дайна сий лахарх карор дац.

2. Т1аьхьенгахь юьхь йоцуш эхье хан йоккхучул ,

эзарза г1олий ду сийлаллийца валар.

Вовшахтохаран болх-Дешаран ойла т1еерзор.

Долчу хаарийн актуализаци .

-Шуна х1ун еллера ц1ахь 1амо?

Цуьнан чулацам схьабийца хаа а. Шайна хазахета 3-4 строфа дагахь 1амо.

Чулацам буьйцуьйту 1-2 дешархочуьнга .

—Кхин а шуна шайн-шайна тобанашна белла болх бара ,цхьацца турпалхочух лаьцна кечам бар.

1амийначара юьйцу шаьш 1амийна кийсакаш.

3-4 дешархочуьнга юьйцуьйту

— Доцца хьа эр дара аша, муьлхачу хенахь , меттехь хилла иза ?

-Валарг т1ехь Эдилов Х.язьйина 70 шо хьалха.

-Х1инца хьа эр дара аша коьрта турпалхой муьлш бу поэми т1ехь?

-Коьрта турпалхой бу Ибрах1им а, Сийлаха а.

Керла коьчална т1евалор –Дешаран хьесап д1ах1оттор.

-Шайн тобанашна белла болх муха кхочуш бина хьовсур ду-кх вай.

-Х1инца Ибрах1иман васт.

-Муха хийти шуна Ибрах1иман васт?

-Ибрах1им къен-миска стаг ву,къинхьегам безаш, къахьоьгур долуш ву, ваха лууш ву.

Хьал, бахам,таро цахиларо г1уллакх д1адахийтац цуьнан.

hello_html_662c95e7.jpg

Поэма йолаелчахьана чекхъяллалц, цунна т1евог1уш , я и волчуьра д1авоьдуш ца го вайна цхьа а стаг. Стаг,божа,къонах аьлла кхаа декъе бекъалуш бу божарий

СТАГ-юьртана кхаьчна, цунна т1е бог1у нах, и волчуьра д1а а оьху.

КЪОНАХ-махкана кхаьчна ,цунна т1е а буьссу говрашкахь нах. Ткъа Ибрах1им ц1енна а ца кхаьчна , шен чоь ца ларло цунна.

Стеган а, къонахчу стеган а къамел дац цо Сийлахе

деш дерг. Цо боху Сийлахе хьо нахана ца гайта лекха

керт ян воллу со, ло дешча г1у йоккхур ю ша, бохуш

— Тоьур ду , Нийса боху ,ян ца йо цо цуьнах шена

Шен чоь ца ларло Ибрах1име .

— Стенна т1ехь г1алат ваьлла иза шен дахарехь?

— Иза г1алатвалар х1ун ду аьлчахь, ша бина берам мерза

хуьлура ,ша кхиийна синтар хьоме хуьлура ,ша лехна

бахам мехала хетта , т1аккха цунах стаг воккхавоь.

Ц1ахь саца йиш йолуш вац Ибрах1им ,шен дахарх , яхарх

йоккхаеш Сийлаха яц . Сийлахех шена накъост ца ярна,

шена улле ца яккхарна , т1аьххьара и ялорна. Мил-мила

ялочул йоцуш висар г1оле ю. Кхоьхьуш долу совг1аташ

д1аоьцур дацара ша адам хиллехь нанас. Нана ша

адамалла долуш хиллехьара , шайн г1ийла ,миска Ч1ола

та1ийна шен доьзал шегахьара боккхур бацара , цо и йо1

кхобур яра. Зулам дожарна бехке Ибрах1им ву, виъ

стаг воь цо, И керт, ков д1аеллехь кхобур яра цуьнан йо1.

Сийлаха йитина зуда ю . Ша йитана зуда бахьана долуш

виъ стаг воь цо ,иза шена луъучу мааре яха йиш

Бер д1адуьгуьйтуш 1едал ду . Къонаха стаг масла1ате

хуьлу ,масла1атана нах арабоху .

—Муха лорур вара вай иза?

Вай ма-аллара бер д1адуьгуьйтуш 1едал ду зудчуьнга ша маре яхалц .

Цо ца йитинехьра ша дара, цо иза йитина. Эдалхин вешин бераш байлахь дуьту

цо. Церан зударий жоьра буьту , шен йо1 яла юьту цо. Ша дукха хаза дуьйцуш

хьистина зудчун дахар дохадо цо . Доцца аьлча , нохчийн г1иллакх,оьздангалла,

дан дезарг, дита дезарг хууш вац Ибрах1им .Цо нах байарх .нислур долуш х1ума

дац.Зулам ду цо кхуллуш.цо иза цу т1е йига сихъеш ю.

hello_html_61f337fb.jpg

Книги т1ехь болх бар:

-Поэми т1ехь муха гучудолу вайна Сийлахин, Ибрах1иман васташ?

Гайтал вайна и васташ гучудохуш йолу меттигаш.

Аг1о: 229; 230; 231.

-Авторо турпалхойн васташ гучудахарехь 1аламо пайдаоьцуш йолу меттигаш билгалъяхал.

Аг1о: 231; 232;233.

— Даладел кицанаш зудаберийн кегирхойн оьздангаллех лаьцна.

Ша вала х1отталц болх беш ву Ибрах1им. Сийлаха деш,дуьтуш доцуш ,йолаелла лелаш ю и ду цуьнан г1алат.Шена ца оьшу бахам бохуш лелла йолу Сийлаха бахамо 1ехайо. К1орггера ойла йича и Эдалха цунна т1ехьийзаш хилла я ца хилла ца хаьа вайна . Цо та1ийна б1аьрг дуьххьара буй-те аьлла хетало.

-Нахалахь лела хууш вуй Ибрах1им? Г1иллакх дуй цуьнгахь?

— СИЙЛАХА бохучу дашах муха кхета шу ?

Нохчийн яздархочо Х.Эдиловс СИЙ-ЛАХА бохуш яздина. И дош шина орамах лаьтта .Оцу дашо гойту ,шена ма-хаззара д1аяздо ша бохург. Вайна Сийлаха ца гойту доккхачу ловзаргахь , г1абали йоьхна ,дато доьхка дихкина , шифонан т1ам хьийзош хелхаюьйлуш , я синькъерамехь ца гайтина ,я балхахь къахьоьгуш арент1ехь ца гайтина, х1айт аьлла говза каде куьйгаш долуш ,кузаш деш , я истангаш деш ца гайтина . Цхьана меттехь яхь ца гайтина , шена везаш волчу к1анте ша йига ахь бохур дац йо1а , шена т1ехьийзаш волу к1ант витина , кхечуьнга нуьцкъала маре яхийтинчу йо1а,шена хьалха т1ехьийзаш хиллачу к1анте д1ахьожуш ца хилла , шега вистхилча могуьйтур долуш ца хилла . Оцу мехкарша айдина вайн мехкан сий, уьш ца хилла дешна, институташ яьхна , амма нохчийн г1иллакх , оьздангалла дика хууш хилла царна . Шен да-нана ,йиша-ваша ,гергарнаш ца безаш цаьрца г1иллакх дохийча, шена и к1ант мел ч1ог1а везарх д1айоьдуш хилла.

Амма Сийлахас шена луш йолу бехчалгаш бахьана долуш шен сий дойу.

Шен сий дайина ца 1аш, шен йиша-вешин , ден- ненан ,халкъан сий дойу цо. Х Х1унда аьлча, нохчийн къомо дешех-детех , луш

йолчу сискалх шен сий доьхкина дац. Поэто уьш

дика бу бохуш ца яздо, иза ирча г1уллакх ду

цаьргара доьжнарг бохуш яздо. Т1аьхьенна

хаийта яздо, оцу тайпанчу х1уманех вай

лардаларе кхойкху цо.

— Хьовсал , х1инца муха гайтина вайна Сийлаха ?

Вайна Сийлаха ц1ахь йолуш хин йистехь бен ца го, я

ловзаргахь, я синкъерамехь, яц иза.

— Лехча карор дуй сий, лаха деза я лардан деза?

Мел лехарх , мел вадарх, хьадарх карош дац сий,

иза лардан деза.

— Х1инца 1ехалур ярий-те нохчийн йо1,я яцара?

Х1инца иза 1ехалур яцара ,х1унда аьлча нохчийн

йоь1арий кхеташ бу, дешна бу, оцу тайпана х1ума

шайгара долуьйтур долуш бац. Вайн ворх1а

дайшкара охьадог1у сий лардийр долуш бу.

— Х1инца алийша соьга марехь йолчу зудчо шен сий

лардеш цхьа а оьрсийн произведени ешний аш?

Оьрсий йо1а Татьяна Ларинас шена везаш волу к1ант

д1аттоту .Марехь ю иза къеначу, воккхачу стагехь ,

делахь а и вуха веъча цуьнга деха , доца сов дийца ца

х1утту иза. Хьан куралла , стогалла ша кхуза нисъелча ,д1аяьлла х1инца

дуьйна д1а шен х1усамдена тешаме хир ю ша олий д1авох1уьйту цо иза.

— Дубровский . Мария Кирилловна Троекурова. Мария Кирилловнас цкъа –шозза кехат дохьуьйту шена т1ехьийзачу к1анте , ша маре луш ю олий. И ванне а ца веъча и маре йоьду . Йо1 эцна д1абоьлхуш хуьлу замой ,шен б1о оьций дуьхьалволий совцабо цо . Говрара охьа а оьккхий, сихха йо1 йолчу не1аре воьдий и д1айоьлий куьг кховдадо цо йо1ана т1е, цо мохь хьокху , шена т1е куьг ма кхийдаде ша нехан зуда ю олий. Ц1ендас тапча туху куьйгах Дубровскина . Дубровскис юха а волий, шен охьаоьхуш долу ц1ийна т1е куьг дуьллий мохь туху б1оне , некъ маьрша бита олий.

hello_html_5f8fe848.jpg
hello_html_14b3a77a.jpg

— Х1инца шегара дош хьан эр дара аш?

Вайна поэто шена ма-хаззара. Ша ма-хиллара ,язйина . Цо язйина къинхетам боцчу хьолах нах ца битарх, церан къа царах хьарчарх, адамаш хат1е дарх. Х1инца вай хьалха ма-аллара шена везаш волу к1ант витина , ша маре д1аяхча ,цаьргахьа д1ахьожуш ца хилла, дешех –детех 1ехаелла шен сий духкур долуш ца хилла , оьздангаллех, г1иллакхех юхуш ца хилла цхьа а зуда, цхьа стаг шен дахарна юкъаг1оьртича могуьйтур долуш ца хилла, мостаг1ийн кара бахана, церан лайш хилла хан ца яккха

Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922-чу шеран 16-чу ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.
Эдилов Хасмохьмада юьхьанца цIахь дешна. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо. 1941 – 1944 шерашкахь Эдилов Хасмохьмада белхаш бина Халкъан дешаран комиссариатехь школийн инспектор волуш республикански Халкъан кхоллараллин цIийнан инструктор Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца елла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь араяьлла 1939-чу ша­рахь.

Ьвьуь

Нохчийн литературин программа хIоттийна шолгIачу тIаьхьенан Федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандартийн лехамашна тIе тевжаш.

Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча цадолу) дешаран курсан дакъа, таро ло белхан программаш хIиттош дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Программо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, хьехархойн кхоллараллин лаам ца боьхкуш, таронаш ло дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.

Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан системица йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу юкъарчу хьесапера обзораш, тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу.

Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.

Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара къиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.

Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.

Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.

Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаракультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.

Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.

– синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор;

– дукхакъаьмнийн российски культурин дуьненна юкъавахар, цуьнан бух тIехь интеграци яр цхьана дукхакъаьмнийн российски социуме;

– нохчийн литературех а, цуьнан синъоьздангаллин а, исбаьхьаллин мехаллех а, нохчийн яздархойн гIараевллачу произведенех, церан дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш карадерзор; нохчийн литературин произведенеш ша еша болу лаам кхиор, произведенийн юкъараадамаллин а, билггала-исторически чулацам билгалбоккхуш, оьшуш болу теоретико-литературни хаамаш балош, исбаьхьаллин произведенешна талламбан хаар кхиор;

– искусствон кхечу тайпанашна юккъехь литературин башхаллийн юкъара хаамаш а, произведенеш шайн исбаьхьаллица тIеэца а, исбаьхьаллин чам бовза а, оьрсийн литературин тексташца юста а, церан вастийн-эстетически системийн башхаллашца доьзна юкъара дерг а, къаьстарг а билгалдан хаар кхиор;

– Iамочу литературни произведених лаьцна шена хетарг ала, мах хадо хаар кхиор;

– Iамочу нохчийн произведенийн бух тIехь массо а тайпа къамелдаран кеп кхиор а, шаръяр а, исбаьхьаллин дашах, цо кхочушдечу исбаьхьаллин гIуллакхах кхеташ хилар, исбаьхьаллин дашца кхелина мотт шена караберзор.

Предметах лаьцна болу юкъара хаамаш

Оьшучу барамехь теоретико-литературни хаарш далар кхочушдо.

Программехь билгалдина хIара дакъош:

1. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна.

2. Халкъан барта кхолларалла.

3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

4. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

5. Кхечу къаьмнийн литература.

6. Обзорни теманаш.

7. Литературин теорех болу хаамаш.

8. Дешархошна билгалдина йозанан белхийн тайпанаш.

– шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;

– личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;

– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).

– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин — тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;

– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;

– ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;

– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь.

Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:

1) хIума довзаран декъехь :

– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;

– произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;

– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;

– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);

– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;

2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь :

–нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;

– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;

– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;

– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;

3) коммуникативни декъехь:

– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;

– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;

– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;

4) эстетически декъехь:

– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;

– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;

– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.

Юккъера юкъарадешаран школехь нохчийн литература Iамош ю 5 – 11 классашкахь. Дешаран планехь нохчийн литература хьеха билгалдина ду 476 сахьт. Царах 5 – 9 класашкахь – 340 сахьт, 10 – 11 классашкахь – 136 сахьт, хIор классехь кIирнах шишша сахьт. Инвариантни декъана билгалдинарг 5, 6, 7, 8 классашкахь 222 сахьт ду, вариативни декъана – 50 ду; 9, 10,11 классашкахь инвариантни 186 сахьт ду, вариативни 18 сахьт ду.

ПРОГРАММИН КОЬРТА ЧУЛАЦАМ

1-ра дакъа. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.

Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш. Мамакаев Мохьмадан лирикехь поэтан, поэзин тема.

Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпанан аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.

Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш.

Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна.

Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.

Поэми тIехь суртхIотторан, васт кхолларан поэтически гIирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.

Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш. Цуьнан кхоллараллин мехалла.

2-гIа дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

М. А. Сулаев . Дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.

Романехь кегийрхойн васташ.

Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.

Романан исбаьхьаллин башхаллаш.

Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.

Ахматова Раисин поэзехь нохчийн йоьIан васт.

Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.

Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.

Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш къастор.

Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш

Арсанукаев Шайхин кхолларалла.

Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.

Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш: чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.

Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.

Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.

Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.

Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.

Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.

Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.

Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме хилар; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар

Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.

Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар — цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.

Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI.

Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.

Бексултанов Мусан кхолларалла.

Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.

Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.

Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе, болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.

Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.

Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.

БойсагIар а, ТIелхаг а.

3-гIа дакъа. ХХI бIешо долалучу муьран литература.

4-гIа дакъа. Кхечу къаьмнийн литература

ГIалгIайн литературах юкъара хаамаш.

ГIалгIайн литературех хаамаш.

Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.

Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.

Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.

Казбегин турпалхой – нохчий, гуьржий – шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь, вежарий санна, бертахь хилар.

Кулиев Кайсын – балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар.

5-гIа дакъа. Обзорни теманаш

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор).

Сийлахь-Боккхачу Нохчийн литературехь Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор).

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор).

6-гIа дакъа. Литературин теори а, истори а.

Нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан хьелаш, къоман йозанан литературин хьостанаш. Нохчийн литературехь поэзин, прозин, драматургин жанраш кхоллаяларан а, кхиаран а башхаллаш. Йозанан литературин нохчийн барта кхоллараллица уьйр хилар.

Литературин тайпанаш: эпос, лирика, драма.

Литератрин жанраш. Эпически жанраш: дийцар, повесть, роман. Лирически жанраш: стихотворени. Драматургически жанраш: комеди, драма, трагеди. Лиро-эпически произведенеш: поэма, баллада, басня, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.

Исбаьхьаллин произведенин формех а, чулацамах а болу кхетам кIаргбар. Исбаьхьаллин прпоизведенин чулацам а, маьIна а. Тема, проблематика, сюжет, дIахIоттам (пролог, юьхьйолор, долор, кульминаци, къастор, тIаьхьара дош, монолог, диалог, лирически юьстахдийларш). Исбаьхьаллин произведенин васт, персонаж, турпалхо. Лирически турпалхо. Авторан васт. Авторан къамел.

Исбаьхьаллин произведени тIехь къовсам (конфликт). Драматургически къовсам.

Проза а, поэзи а. Церан башхаллаш.

Стих кхолларан кепаш. Стих кхолларан силлабо-тонически кеп. Стихан барамаш. Стихан гIулч. Хорей, ямб, дактиль, амфибрахи, анапест. Строфа, ритм, рифма.

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними.

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран башхаллаш.

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран башхаллаш.

ХIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш.

Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.

7-гIа дакъа. Литература Iамош кхочушбечу барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш.

Исбаьхьаллин произведенин чулацам тайп-тайпанчу форманашкахь схьабийцар: чулацам текстана юххера бийцар; произведенин сюжетан сиз а лардеш, коьрта хиламаш схьабийцар; шайн къеггина маьIна долу цхьа-ши эпизод йийцар; билгалволчу турпалхочух йозаелла йолу меттигаш йийцар.

Исбаьхьаллин произведенин текст маьIна деш схьайийцар.

Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.

Стихотворенеш, прозаически произведенийн дакъош дагахь дешар.

Произведени тIера исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш билгал а бохуш, эпитетийн, дустарийн, метафорийн, геперболийн олицетворенийн, иштта дIа кхиболчу а суртхIотторан гIирсийн башхаллаш къастор.

Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.

Литературно-критически белхийн тезисаш, конспекташ.

Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юккъехь хир ю литературин материала тIехь язъеш ерш а, дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна язъеш ерш а.

Литературин материал тIехь язъечу сочиненийн герггарчу хьесапехь долу тайпанаш:

– исбаьхьаллин произведенийн васташ къастош йолу сочиненеш;

– произведенийн тематика къастош йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенин идейни чулацам билгалбоккхуш йолу сочиненеш;

– обзорни теми хьокъехь йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенийн хорманех лаьцна йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин литературан произведени искусствон кхечу форманехь йолчу произведенех юстуш йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенех кхоллараллица пайдаоьцуш язъеш йолу сочиненеш.

Дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух, девзинчух лаьцна язъеш йолчу сочиненеш хила тарло шайн гIаланах, юьртах, юьртахойх лаьцна. Юкъараллин дахарх, даймахках, халкъийн доттагIаллех лаьцна сочиненеш.

Шаьш цIахь ешначу книгашна рецензеш.

Шайна гинчу кинофильмашна, спектаклашна отзываш.

Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).

Интернет ресурсашкахь йолчу материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.

Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.

Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.

Читайте также:

      

  • Вольга святославович былина краткое содержание
  •   

  • Краткое содержание тайгак басма
  •   

  • Зачем в школе душ
  •   

  • Вход весны на утреннике в детском саду
  •   

  • Долгое безумное чаепитие души краткое содержание

Урокан ц1е: 
Эдилов Хасмохьмадан  «Сийлаха» поэми т1ехь Сийлахин васт.  Урок – кхел. Мила
вара бехке?

1алашо:
поэми чулацам т1ехь болх бар. Дешархой дахарехь дика а, вон а къасто 1амор.
Шайна хетарг дийца а, т1еч1аг1дан а хаар. Къамел кхиор. Сий бохучу дешан маь1на
дар. Поэмин кхетош-кхиоран маь1на довзийтар.

Урокан кеп:
Урок – суд.

Методаш:
проблемни, талларан.

Уьн т1ехь язйина ду: — Алахь, нана, йо1ана
т1ехь

                                        
Товш цахетарг х1ун ду техь?

                                        —
Йо1ана т1ехь товш ца хета,

                                         
Цо шен сий ца лардинехь…

                                                               
Сулейманов А.

Кечаман Минот.

Де
дика хуьлда шун!

— Таханалера вайн урок суна д1айолаян лаьа
вайн юьртахочун Сулейманов А. дешнашца.  Х1ун маь1на дийр дара аша церан,
дог1уш ду аьлла хетий шуна уьш вайн темина? Х1унда?  (Дешархойн Жоьпаш).

— Кхин муьлха дешнаш дахкор дара аш 
цуьнан а, кхечу поэтийн а, яздахойн а х1окху темина догуш долу? (Дешархоша
темина дог1у дешнаш дахкадо).

Хьехархочун дош.

Поэми т1ехь болх беш, вайна бевзина цуьнан
коьрта турпалхой: Ибрах1им а, Сийлаха а , Эдалха а, Аружа а. Хаааделла  уьш муьлш
бу. Бевзина поэмин хиламаш. Ибрах1иман дахар а,  безам а, ирс а дохийнарг
юьртан совдегар Эдалха ву, цуьнца шен сий ахчанах бахамах доьхкина Сийлаха а ю.

   Х1ун бахьана ду Ибрах1иман дахар
Х1аллакьхиларан а, 5 стаг а, цул т1аьхьа Ибрах1иман жима йо1 кхалхаран а? Бехке
верг къаста ца веш д1адерза йиш юй иштта г1уллакх? Вай дукха лийхи бехке мила
ву бохуш.

Цхьаболчара Эдалхин бехк би, вукхара
Аружин, ткъа кхоалг1ачу тобано Ибрах1иман бехк бо, шен зудчунна дола ца дина
бохуш, йоьалг1ачу тобано ден – ненан бехк бо шайн йо1 ийманехь ца кхиорна,
уггар йоккха тоба ю Сийлаха бехке еш. Бехке мила ву боху хаттар ду тахана вайна
хьалха х1оьттинарг. Иза кхеле а делла, массо теш жоьпе озош бен, къасталур
долуш дац.  Цундела вай тахана  бехке верг къасто кхайкхина нийсонан кхел ю.
Дуьххьарлера дов Сийлахин бехк къастош ду. Нийсонан кхело   шен болх д1аболабо.
Бехке еш ерг ю Сийлаха.

Процессан декъашхой

Кхелахо-Алиев Рамзан

Заседатели суда- Магомадов Сулейман,
Джумаев Асламбек.

Прокурор- Тужиева Мата

Адвокат – Исаев Фаттахь

Бехке йолу Сийлаха –Шерипова Мадина

Тешаш: Аружа, Эдалха, Ибраьх1им, Ч1олла –
Межиева Асет,  Магомадов Юсуп,  Дубаев  Орца, Дубаев Дауд.

Секретарь:
Демильханов Хусейн  – Хьалаг1овтта! Кхел ю йог1уш!

  -Охьаховша мегар ду!

 Кхелахо. 
Кхело д1аболабо шен болх Сийлахин бехк бу я бац къастош йолу. Тахана  иза бехке
еш ю деши санна болу Ибрах1иман безам цо  сий дойуш хьашарна! Иза бехке  еш ю,
шен доьзал а кхерч а бехбеш, х1аллакбарна! Сийлаха бехке йо ц1ийндена тешаме
цахиларна,нохчийн къоман 1адаташ, ц1ена г1иллакхаш цалардарна! Бусалба динахь Дала
Къур1ан чохь бохург ца деш 1есаяларна! Шен а, шен доьзалан а, тайпанан  а,
юьртан а сий дайъарна! Шен цхьаъ бен воцучу доьзалхочун нана цахиларна! Сийлаха
бехке йо иза бахьана долуш 6 адам х1аллакьхиларна. Иза толлуш болу болх
д1аболийна лара мегар ду.

 Чукхайкха хьалхара теш –Ибрах1им. (
Чувог1у Ибрах1им)

Дийцал, хьо мила ву а, хьайх лаций а. (Дуьйцу
поэми чулацам т1ера ша Сийлаха ялор т1ера д1аволавелла ша х1аллакьхиллалца т1е
кхаччалца. )

Кхелахо
(хотту прокуроре а, адвокате а) Хаттарш дуй шун? (Прокуроро а, адвоката а
кечдина хаттарш хила деза хьалхарчо Сийлахин бехк к1аргбеш, шолг1ачо цунна
к1елхьара яла некъ лохуш).

-Чукхайкха Эдалхе (дуьйцу иштта, поэмин
чулацамах пайда а оьцуш, ша Сийлахе б1аьрг та1ор т1ера д1аволалой ша Ибрах1има
веллалц.).

Кхелахо
(хотту прокуроре а, адвокате а) Хаттарш дуй шун?  (Хаттарш ло).

-Чукхайкха Аружига (дуьйцу произведени
т1ера шена Эдалхас лун долчу совг1ат т1ера  д1а а йолалой, ша Сийлахин корта
хьовзорах лоций.)

Кхелахо: 
(хотту прокуроре а, адвокате а) Хаттарш дуй шун?

Чукхойкху Ч1олла. (Дуьйцу Ибрах1им шега
бала балхо варах а ша жима йолуш дуьйна нанас коча 1амийначу йо1ана дан х1ума
дац аьлла иза д1ахьажорах а лоций)

Кхелахо: 
(хотту прокуроре а, адвокате а) Хаттарш дуй шун? (Хаттарш ло)

Х1инца дош лур ду прокуроре, дийцал,
стенна бехке йо ахь Сийлаха?

Прокурор. Нийсонан 
Кхел! Доьху ас соьга дикка ладог1аре. Х1ара инзара х1ума ду х1окху поэми т1ехь
дуьйцуш дерг. Суна Нохчийчохь х1ара санна дерг хилла аьлча а инзара хета. Ас
бехке йо  Сийлаха:

Хьалхара. Дуьххьара шега Эдалхас б1аьрг
та1ийча, ша нехан ц1ар т1ехь зуда йоллушехь, цуьнга х1умма а ца олуш, ц1аярна.
Новкъахь цо ша шеца мел ч1ог1а т1ом бинехь а,цо т1аьхьо шена бинчу синхьаамо
«Со-суо  яц сайн коьрта а, сайн дег1ан а да» бохучу дешнаша вайна хоуьйту иза
дахаран новкъахь галъяла там болуш хилар.

   Шолг1а:  Аружа ша йолчу схьалеста
йолаелча, иза эккха ца еш, цуьнга ладоьг1у цо. Цунах хаа вайна Аружас дуьйцург
Сийлахина Дезарг дуй.

  Кхоалг1а: вайна кхин д1а хаало цуьнан
Ибрах1име болу безам шелбалар. Кертахь  дечу г1уллакхаца а бала боцуш, чохь
юург ца еш, даима Ибрах1имаца девне, ч1иркъе ю иза. Ша йита, д1аяхийта бохуш ду
цо цуьнга ден къамел. Шена т1ера бехк цунна т1е билла г1ерта иза, Ибрах1иман
кхин езаелла бохуш,  цуьнан дагахь а ца хилчунна и  бехке веш.

   Доьалг1а: ца сацийра Сийлаха доьзалхочо
а. Ненан дог бохург Сийлахех лаьцна дацара. Кхин ца ваьлла йитира иза
Ибрах1има, амма цхьа х1ума т1едиллира цо цунна: йоь1ан шо кхаччалца иза лелор.
Нагахь цуьнан шо кхачале иза маре йодахь, ша могуьйтур дац элира, х1унда аьлча
и хан т1екхаччалца иза цуьнан долахь ларалуш ю.

    Амма Сийлахас кхочуш ца дира шена
т1едиллинарг. Иза ялх бутт кхачаза йолу йо1 охьа а йиллина, Эдалхе маре яхара.
Х1ун дан дезара Ибрах1има,  нийсонан кхел, Сийлахас сий дайъина, стаглара
ваьлла  ваха везар иза я шена динарг д1а а декхна къонах санна  вала везара
иза? Х1ун дитинера Сийлахас цу дикачу к1антана?  Ибрах1има къонах санна валар
къастийра. Цундела вахара иза шен ков-керт тоьпах хийцина, Эдалхин керта. Цо
цигахь шена Эдалхина т1екхача дуьхьало йина волу цуьнан гергара кхо стаг
охьавиллира, цул т1аьхьа воьалг1а Эдалха вийча шен топ охьа а юьлий, аравола
иза ша цаьрга вейта. Пхоьалг1а Ибрах1им х1аллакьхуьлу. Дукха хан ялале,
Сийлахас охьатесна цуьнан жима йо1 ле. Х1инца аш алийша, Нийсонан кхел, муха
йийр яц вай и бехке? Муха эр ду вай цунах нохчийн зуда! Бусалба зуда! Нана! 
Адам!?

   Цу т1ера  ас бехке йо Сийлаха  цу поэми
т1ехь мел хилчу бохамашна.

 Ас доьху Нийсонан Кхел ас мел дийцинарг
тидаме а эций, Сийлахина елла д1аяллалц набахти чохь яккха хан тохарна!

  Сан кхин х1умма а дац ала.

Кхелахо: 
Дика ду, охьахаа!  Х1инца дош лур ду вай адвокате,  ахь х1ун эр дара Сийлахин
бехказлонна?

Адвокат.
Нийсонан кхел! Ас доьху шуьга, х1окху Сийлахин г1уллакх т1ехула кхоьссина ца
дуьтуш, доггах кхунах кхетарца таллар.  Вай бехке йи иза массо вочу х1уманна.
Ас ца боху цуьнан цхьа бехк бац! Бехке ю Сийлаха. Амма стенна бехке ю иза?
Цунна  атта дахар дезарна! Нийсонан кхел, хьанна ца деза атта дахар? Бехке ю
хьал дезарна, хаза яха лаарна!  Хьанна ца деза хьал, Нийсонан кхел? 
Хьалаг1аттийша х1окху чуьра къелла езаш волу стаг! Шен дахар оццул хийца йиш
хилча, Дала шена и бахьана х1оттийча, атта дахаран некъ лахарна бехке ю – кх
Сийлаха. Муьлхачунна луур дара вайх велла д1аваллалца къеллехь ваха цкъа а
самалха а ца долуш? Иза ду –кх Сийлахас лехнарг а.

   Т1аккха х1оху тешаш — Аружас, Эдалхас
дийцинчуьнга ладоьг1ча, юха а хаа вайна Сийлахин кхин ч1ог1а бехк боций.
Сийлаха жима ю,къона ю, Цуьнан синкхетам, дахаран ойланаш х1инца а ч1аг1ъелла
яц. Аружас а, Эдалхас а корта хьовзийра цуьнан. Уьш цуьнан дахарна юкъа ца
г1оьртинехь Сийлахий, Ибрах1иммий цхьана дехар дара. Царна и бохамаш бевр
бацара.

  Доьха ас, Нийсонан кхел, шаьш Сийлахина
кхел кхайкхош, ас дийцинарг тидаме а эций, Сийлахах къинхетам бар!

  Сан кхин ала х1ума дац.

   Кхелахо: Х1инца т1аьххьара дош
ло вай Сийлахе. Хьан бакъо ю Сийлаха, хьайн бехказлонна т1аьххьара къамел дан
йиш ю хьан.

Сийлахин къамел.

Нийсонан кхел, суна хаьа со бехке юйла а, сайх
къинхетам бан хала дуйла а.. Амма со жима а ю, сан хьекъал ца тоьъна. Аружас а,
Эдалхас а 1ехийна, корта хьовзийна, айса лелочух йохийна хилла со. Суна Дала
ишта а кхел йина: со бахьана долуш дукха нах х1аллакьхилла. Сайн доьзалхо а
х1аллакьвина ас, сайн дахар а дохийна. Со дохко ч1ог1а а яьлла айса динчунна.
Суна хаьа сайх бан къинхетам боцийла. Делахь а доьху ас, сан жималле а хьовсий,
сан хьекъал ца хилар тидаме а эций, сайх мелла а бан йиш елахь къинхетам бар.
Сан кхин ала х1умма а дац.

Кхелахо:
Сийлахин г1уллакхан ладог1ар цу т1ехь чекхдели! Кхел вовшах дагаяла дехьа чу
йоьду.

Секретарь:
Хьалаг1овтта! Кхел кхеташо ян йоьду!

Секретарь:
Хьалаг1овтта! Кхел  йог1у!

 Кхелахо:
Ладог1алаш, Сийлаха бехке ярна кхело бинчу сацаме.

  Сийлахера девллачу зуламашна кхело кхел
кхайкхайо:

Хьалхара. Дуьнен чохь мел еха Сийлахин
кхин сий  хила йиш цахилар.

 Шолг1а. Кхин шен дахарехь доьзал
кхоьллина, ирс долуш яха йиш цахилар.

Кхоалг1а. Сийлахин кхин цкъа а нана хила
бакъо цаялар.

Доьалг1а. Сийлаха шен ц1аро ма кхайкхор,
даима сий лоьхуш яхар, амма цо иза мел ч1ог1а лехахь а цунна иза каро йиш
цахилар.

Жам1дар.

-Муха хийти шуна поэма?

  -Х1ун ойла кхоьлли шун цо?

 Дахарехь шуна пайда эца х1ума дарий цу
т1ехь?

 Вайга х1ун ала г1ерта поэт, шен поэмица?

Шуна нийса хетий кхело йина Кхел?  
Х1унда?

Муьлха кицанаш дахкор дара аша вай х1инца
теллинчу темина лерина?

Муха хета шуна вай дахкийна долу дешнаш,
дог1уш дуй вайн таханлерчу урокан?

 Сулейманов Ахьмадан кхин муьлха дешнаш
дахкор дара аша?

Уггар ч1ог1а лардан дезарг –

Йоь1ан эххьий, оьздаллий,

К1анте езарг ца ларъеллехь,

Д1ахаалаш и веллий!

К1ентан Яххьий, йоь1ан Эххьий

Ма гойла д1адаьлла де!

Кхана уьш д1адовлуш делахь,

Ца вехаш, со тахна ле…

Рефлекси.

Ц1ера болх.

1.«Сий»  боху дош шайна муха кхета алий
жима сочинени язъе.

2. Гайсултанов 1умаран дахар а,
кхолларалла а. (Доклад, презентаци)

11-чу
классехь йиллина урок

  Урокан коьчал: Эдилов
Хасмохьмадан  «Сийлаха» поэми т1ехь Сийлахин васт.  Урок – кхел. Мила вара
бехке?

Кечйинарг 
Олхазар – К1отарара №2 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а
хьехархо  Магомадова Р.Х.

Пример готовой курсовой работы по предмету: Литература

Содержание

Д

1 адолор

Къоман дахарехь мехала хазна ю исбаьхьаллин литература. БIешерашкахь адамашна юкъахь кхиъна гIиллакх-оьздангалла, беркате ламасташ, халкъан кхетам а, ойла а ю цуьнца. Iаламат мехала ду исбаьхьаллин дош массо а хенахь.Бакъйолу исбаьхьаллин произведени адаман ойлане кхаьчна ца Iаш, синхаамашна а Iаьткъаш ю. Ишттачерах ю Эдилов Хас-Мохьмадан произведенеш.

Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада элла, нохчийн дикахволчу итт поэтан цIе яккха шега аьлча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу пхеа поэтан

цIе яккха аьлча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу кхаа поэтан цIе яккха аьлча, царна юккъехь а Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, уггар дикачу нохчийн цхьана поэтан цIе яккха аьлча, Эдилов Хасмохьмадан цIе йоккхура яцара ша, кхечарна хала ца хетийтархьама. ( 1.аг 1о 287)

Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шарахь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь. Иза нохчийн литературехь билгалваьлла ву стихаш язъяран дика говзалла йолуш а, лерина болх беш а , поэт хиларна. Цуьнан стихаш рифма а, ритм а нийса лелорал совнаха, дика чулацамболуш, дагайог 1учу тайпана говза язйина ю. Цуьнан поэзехь шен къоман хьашташ дийцина ца

1 аш, Даймахкан а, дуьненан а, къинхьегамхойн хьашташ,дан дезарш дийцина. Дуккха ю поэтан и тайпа маь

1 на долуш стихотворенеш, масала: «

31 окберг», «Доттаг 1, хаалахь», «Валарна кхоьруш», и. д

1. кхиерш а. Цара кхуллу поэтан х

1 инцалера сибат. (3.аг 1о 81) Эдилов Хасмохьмадана муьт1ахь лирически стихаш хилла ца Iapa.

Выдержка из текста

ЧУЛАЦАМ

l.Д

1 адолор …………………….……………………………………… 2-4

ll.Хьалхара дакъа.Эдилов Х-М «Сийлаха» поэмин чулацам……….… 5-7

lll. Коьрта дакъа. «Сийлаха» поэмехь турпалхойн васташ

2.1 Ибрах

1 иман васт………………………………………….……………7-16

2.2 Сийлахин васт…………………………..….……………………….16-26

2.3 Эдилгерин васт………………………….….……………………….26-30

2.4 Аружин васт………………………….…….…………………………30-32

lV. Дерзор………………………..……..……………………..33-37

V. Пайдаэцна литература………………………………………………38

Список использованной литературы

V.Пайдаэцна литература

1.Нохчийн яздархой: Биобиблиографин довзийтар. Кхаа томехь.

Хьалхара том / I.М. Арсанукаев. – Соьлжа-ГIала: «Арфа-Пресс»,

2012. –

31. агIо.

2.Эльдаров 1.А., Уциев А.Х. «НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА»

9-11 классийн а, хьехархойн училищан а дешархошна а, хьехархошна а лерина дешаран пособи. Соьлжа –Г

1 ала 2011 шо-252 аг 1о

3. «Нохчийн литература» 10-чу классана учебник. В.А.Дыхаев.,А.Х.Шайхиев. Грозный «Арфа-Пресс», 2009.

4.Юккъерчу школехь нохчийн литература хьехаран методика (8 –

1. классаш) .дешаран пособи. I.М. Арсанукаев.

Грозный. Нохч-ГIалгIайн книжни издательство 1987г.

5. А.М. Арсанукаев «Школехь исбаьхьаллин произведени таллар»

Грозный «Арфа-Пресс» 2008

Арсанукаев Iабдулла

Эдилов Хасмохьмадан поэзи ХХ бIешеран нохчийн литературин хазна ю. Цуьнан  кхоллараллина лерина йолчу цхьана литературни суьйренехь нохчийн гоьваьлла поэт а, критик а волчу Сулаев Мохьмада элира, нохчийн дикахволчу итт поэтан цIе яккха шега аьлча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу пхеа поэтан цIе яккхка альча, царна юккъехь Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, нохчийн дикахволчу кхаа поэтан цIе яккха аьлча царна юккъехь а Эдилов Хасмохьмадан цIе хир яра шен, уггар дикачу нохчийн цхьана поэтан цIе яккха аьлча, Эдилов Хасмохьмадан цIе йоккхура яцара ша, кхечарна хала ца хетийтархьама. 

Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шеран 16 ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.    

Эдилов Хасмохьмада юьхьанца цIахь дешна. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо. 1941 – 1944 шерашкахь  Эдилов Хасмохьмада белхаш бина Халкъан дешаран комиссариатехь школийн инспектор волуш а, республикански Халкъан кхоллараллин цIийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Дуккха а тIаьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Галгайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени.

Нохчийн халкъан барта кхолларалле чIогIа шовкъ йолуш хилла Эдилов Хасмохьмад. Цо дукха ешна къоман барта произведенеш, цаьргахула веана лорура цо ша исбаьхьаллин литературе а. Ша яздан волалуш Мамакаев Iаьрбис  чIогIа гIо дина шена олура цо. Поэзехь шен хьехархо  а  лорура цо и нохчийн гоьваьлла волу поэт Мамакаев Iаьрби.

Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца елла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь араяьлла 1939-чу ша­рахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира “Фашисташна дуьхьал стихаш” цIе йолу книга. Оцу книги тIехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов Хасмохьмадан масех стихотворени а. Уьш яра: “ТIемало –хьоьга!”, “БIаьрзе стаг”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”. Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна дуьхьал луьрчу къийсаме хIоьттинчу бIаьхочун дог-ойла, иза эшо болу цуьнан лаам а, доьналла а гайтина автора оцу стихотворенешкахь. Исбаьхьаллин басаршца кхоьллина шен мохк йист йоцуш дукха безаш, иза ларбеш инзаре майралла гойтуш волчу тIемалочун васт. Шен дахар а, са а дIадала кийча ву иза фашисташна тIехь толам  баккхарехьа къийсам латтош, Даймохк царах паргIатбаккха.

 Даймохк ларбеш волу тIемало гуманист ву, къинхетамен дог ду цуьнан, амма цуьнан «бекхаман ойланаш малхбузе керча». Шен махка Iазап дахьаш веанчу мостагIчух дера лета иза, цунна тIехь толам баккхьархьама эшахь, шен са а дIадала кийча ву. Ишттачу бIаьхочун васт хIутту. Эдилов Хасмохьмада тIеман хенахь язйинчу стихотворенешкахь. Буьрсачу тIамехь чIагIло  фашисташна дуьхьал гIаьттина ойла, алсам болу мостагI эшаваран лаам. «БIаьрзе стаг» цIе йолчу стихотворени тIехь поэта гайтина тIамехь «бомбано чов ярна» бIаьрса дайна салти. Иза шегара бала балхош вац, мелхо а шех къахетачеран дог ир-кар хIиттадо цо. «Болатал чIагIло шу фашисташ бохо!» − иштта бу салтичун даггара лаам.

«Кавказан аьрзу», «Суьрте» цIерш йолчу стихотворенешкахь Эдилов Хасмохьмада хIоттийна вайн Даймехкан сийлахьчу кIентан Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин васт. Нурадилов Ханпашас шен къона дахар дIаделла Даймохк ларбеш. Ханпашина дукха безара ша кхиийна Даймохк, цуьнга ца лалора фашистски йовссарша иза аьшнашбеш. Шен лаамехь фронте вахана волу Нурадилов чIогIа летара мостагIех, цаьрга болчу цабезамех дуьзнера цуьнан майра дог. Луьрачу тIамехь цхьа эзар гергга фашист вожийра турпалчу пулеметчика. Поэта исбаьхьаллин васт хIоттош билгалдоккху къоначу тIемалочун бIаьхаллин хьуьнарш, Даймехкан а, халкъан а дуьхьа цо шен дахар дIадалар. Нурадилов Ханпаша шен са кхоош а, Iожаллех кхоьруш а вац. Иза Даймахкана орцахваьлла, хьашт хиллачохь Iожалла тIе эца кийча ву. «Ша винчу халкъана дахар дIаделла, герзаца Iожаллин тIаме дIахIоьттира» − боху стихотворени тIехь.

Говза язйина ю «Суьрте» стихотворени. Турпалхочун хьуьнар гойтучу чулацамца йогIуш ю стихотворенин форма. Айаме ю метафораш а, стихан интонации а. Вовшашца хуьйцуш далийна риторически айдарш, риторически хаттарш, риторически тIедерзарш. Цара гIо до бIаьхочун турпалалла гойтуш долу васт кхолла:

Къуона юьхь, горга юьхь, хьан паргIат хьоьжу
Ламанан майрачун аьрзун ши бIаьрг.
«Цо вийна исс бIе ткъа фашист», – ас доьшу –
Къуонаха, стогаллех ца оьшуш хьаьрк!

Курра схьахьоьжу хьо, Кавказан аьрзу,
ТIам тохий гIаттахьа – хьайн турпал тIам!
Хьо веца, мохк ларбеш, «Максимца» хьаьрса
МостагIий цоьстуш, цIийн хIоттийнарг Iам!

………………………………………………….

Хьо вуй и нохчийн кIант – со хьайха хьоьгург,
ТIаьхьешка вийцийта даьккхинарг сий?
Турпалчу халкъашна майралла хьоьхург,
Дийнаниг, пхенашкахь ца кхехкаш цIи?!

Халкъана паргIато йоккхуш велларг даим а адамийн дегнашкахь вуьсу, цуьнан цIе цкъа а йицлуш яц. Цундела поэта Ханпаша дагалоцуш кхечахьа боху: «Декар ду халкъан аз дуьне мел деха, декар ду иллеш а, хьан хьуьнар дуьйцуш».

Эдилов Хасмохьмадан тIеман хенахьлерачу стихийн лирически турпалхочун дог-ойла къеггина гучайолу 1943 шеран сентябрь баттахь язйинчу «Сий делахь, Латта!» цIе йолчу стиховоренехь. КIорггера маьIна а, лаккхара исбаьхьалла а ю оцу стихотворенин. Стеган дахар, ирс, сий цуьнан шен Даймахкаца йолчу юкъаметтигах дозуш ду. Даймехкан латта ду стаг сийлахь веш дерг, цуьнга ирс кхочуьйтург. Иза лардар хIоранна а тIехь ду. Цуьнан дуьхьа валар а сийлахь ду:

Дахаррий, Iожаллий
Лиэтачу арахь,
Кешнаша шагйина
ТIом хилла хьаьтта.

«Гечдойла» аьн долчохь,
Турпалхойн могIарехь,–
Кху арахь каш хилар
Ирс хетта, Латта.

Эдиловн лирически турпалхочо чIагIо йо «кхехка цIий саццалц» и лардан. Нагахь мостагIчуьнца къийсамехь валар нислахь «Хинболчу сан борзах цинц тохий бIаьрга, Совцабе! Ата уьш! ХIаллакбе, Латта!» − боху цо. «Латта» боху дош шуьйрачу маьIнехь даладо поэта. Иза вина меттиг а ю, вайн дийнна боккха Даймохк а бу, адаман орамаш шеца долу, адаман ницкъ, доьналла, марзо шеца йолу массера а юкъара меттиг ю Латта. Иза лардар хIоранна а тIехь ду.

Чов йоцуш, цIий доцуш,
ТIом хила бац-кха,
Ирсан стом ларбан а
Дац цуьрриг атта.

Ас дегI ца кхоийна
Сайн дуй чекхбаккхан:
«Кхехка цIий саццалца
Хьо лардан, Латта!»

Лирически турпалхочун кхоллам Даймахках, Лаьттах дIакъасталур боцуш бу. «Турпалхойн могIарехь» шен Iожаллин сахьт тIехIоьттича а, бовхачу безамах юьззина йолчу сирлачу ойланца боху цо»: «Чурта тIе яздан хьан баркалла оьшу, ирс къуьйсуш веллачун сий делахь, Латта!»

“ТIемало – хьоьга!”, “БIаьрзе стаг”, “Кавказан аьрзу”, “Сурте”, «Сий делахь, Латта!»  стихотворенеш  Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин хьалхарчу муьрехь араевллачарах  елахь а,  исбаьхьаллица язйина говза поэтически произведенеш ю уьш. Ма дарра аьлча, тIеман хенахьлерчу нохчийн поэзехь тоьллачарах ю и стихотворенеш. Нохчийн литературе исбаьхьаллин похIма долу поэт веана хилар гойтура цара. ХIетахь дуьйна къоман литературехь  шен цIе йолуш, шен къеггина хатI долуш поэт хилла дIавахна Эдилов Хасмохьмад.  

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь цхьана муьрехь юккъерчун школехь хьехархо хилла Эдилов Хасмохьмад. Цул тIаьхьа цхьацца бахамаллин меттигашкахь  белхаш  бина цо.

1955-чу шарахь  Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийна «Къинхьегаман байракх»  цIе йолу газета. Оцу газетан редакцехь литературни белхахо хIоттийна Эдилов Хасмохьмад. Деган айамца болх бина цо газетехь.  “Къинхьегаман байракх”   тIехь кест-кестта зорбатухура нохчийн яздархойн произведенеш, керла очеркаш, дийцарш, стихотворенеш тIехь йолуш кечйора динна литературни агIонаш. Нохчийн яздархой кест-кеста гуллора газетан редакцехь, йийцаре йора керла произведенеш. Эдилов Хасмохьмадан поэтически говзалла кхиарехь мехала хан хилла иза. Поэта оцу муьрехь а язйина алссам произведенеш. Царах ю: «Даймехакан байракх», «Ненан ирс», «Билгало», «Буьйса», «Машаран урам», «Бер дийна нана», «Алжирка»,  «Дацоран байракх», «Апрелан буьйса», «Или», «Ло догIуш», «Бетпак-Дала есаллехь», «Ма кховдаде лазар». Тайп-тайпана чулацам бу оцу стихотворенийн, амма уьш массо а поэтан стихан говзалла шайца гучуйолуш ю. Масала «Или» стихотворенин строфаш:

Или кхобу шанийн бено,
ТIулгийн матто ловзадо.
Лаьмнийн бердийн апарино
Iуьйдуш санна гIовгIа йо.

Цинцаш детташ я мотт хьоькхуш,
ТIулган пенаш къегадо.
Шен гIовгIанца Iаннаш декош,
ОьгIазе кхес гIиттайо.

Цу гаттонехь арадолий,
Цо шен чабол йохайо.
Кхаьчча санна дикчу хьоле,
Кура болар доладо.

Еа гIулчах (стопах) йолчу хорейн барамехь язйина стихотворени. Ерриг стихотворенехь беа могIанах лаьтташ йолу исс строфа ю, жIарийн хьесапехь рифмовка а йолуш. Зударийн рифмаш божарийчаьрца хийцалуш ю. Цхьана а меттехь ритм, рифма, рифмовка талхийна йоцуш, юьххьера дуьйна чекхъяллалц шера ю стихотворени. Меттан исбаьхьаллин гIирсаш: эпитеташ, дустарш, метафораш шайца чолхенаш йоцуш, гIеххьачу барамехь лелийна стихотворенехь. «Или» стихотворени шен дIахIоттамца, стихан барамца, хьалхарчу кхаа строфан чулацамца М. Ю. Лермонтовн «Теркан совгIаташ» («Дары Терека») стихотвореница юххера йогIуш ю. Амма Эдилов Хасмохьмадан стихотворенин тема а, маьIна а кхин ду. Мехкан Iаламах адамо пайдаэца безаран а, пайдаоьцург хиларан а ойла ю  стихотворенехь коьртаниг.  Или хинан «хIонсан тулгIеш» Балхаш-Iам чу эрна ца оьхуьйтуш, «Гаьллаш багахь, эмалк санна, КIайн кхес егош, гIаттор ду! Дацор ду хьо  ерриг ханна – хьал совдаккха, дацор ду!». Шен заманан лехамашца доьзна ду Эдилов Хасмохьмадан стихотворенин маьIна. М.Ю. Лермонтовн «Измаил-Бей» поэма а, цуьнан стихотворенеш а нохчийн матте яьхнера Эдилов Хасмохьмада, и гочдарш нохчийн литературехь дикачарах лоруш ду. Эдилов Хасмохьмадан стихашна Лермонтовн поэзино беркате Iаткъам бина хилар къеггина гуш ду «Или» стихотворенехь. 1957 шеран май баттахь «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь зорбатоха йолийра Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера поэма «Сийлаха». Драматически чулацам болу и поэма хиллачийн буха тIехь язйина яра. Шен цIена, оьзда безам  ца ларбина йолу поэмин турпалхо Сийлаха ша дакъаза а йолу, и бахьанехь нахана даккхий зуламаш а хуьлу. Шен ойланехь,  гIуллакхашкахь,  леларехь ша шена хьалха а, нахана хьалха а стаг жоьпалли хила везаран ойла йойту автора поэма йоьшуш волчуьнга. ГIеххьа йоккха лиро-эпически поэма ю «Сийлаха». Поэмин дIахIоттамехь хьалахара дош а, итт дакъа а, дерзор а ду. Иттанах хIор дакъа шена хьалха ялийна эпиграф йолуш ду. Цхьайолу эпиграфаш халкъан иллешний, мехкарийн эшаршний тIера схьаэцна ю, вуьйш нохчийн кицанех лаьтташ ю, кхиерш яздархойн произведенеш тIера ялийна ю. Масала: «Маржа яI, зингат, хьо а гIерта-кха даха» (I. Мамакаев), «Хила я ца хила! – Иштта ду гIуллакх!» (Шекспир. «Гамлет»).   Хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэмин эпически агIо цуьнан сюжетаца ю. Ардаме сюжет ю поэмин. Шайн доладалар а, кхиар а, дерзар а долчу хиламех лаьтташ ю иза. ИбрахIим, Сийлаха, Эдалха, Аружа – оцу персонажийн леламаш бу поэмин сюжетехь. Шен безамца, шен лаамехь ИбрахIиме йоьду Сийлаха. ЦIена, хьанал ду къоначу доьзалан дахар. Амма совдегаран Эдалхин безам бахна Сийлахе. Нехан цIе тIехь йолу зуда, Аружа юкъа а лоьлуьйтуш шена тIе а ерзайой, ялайо цо. Сийлахас ца ларбина ИбрахIиме хилла шен мерза безам. Цуьнан цIийндех ИбрахIимах цуьрриг ийзалуш вац Эдалха, иза цхьалха стаг ву, шена тIаьхьа хIитта нах болуш вац, къоьлла токхуш а ву, цундела цуьнгара зуда яккха а мегар ду, боху цо шен дагахь. Амма ИбрахIим шен сий лардийра долуш ву. Эдалха а, цуьнан цIийнах кхо стаг а вуьйжира ИбрахIиман карах. ИбрахIим а кхелхира церан карах. Цу тайпана, Сийлахас шех инзаре доккха зулам далийтина.

Оцу хиламех лаьттачу сюжетаца билгалболу поэмин эпически чулацам. Къеггина шен лирически агIо а ю поэмин. Иза авторан ойланца билагалйолу. Поэмин хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэми тIехь алссам ду юьстахдийларш. Автора, сюжетана юьстах а вуьйлуш, цу тIерачу хиламех лаьцна йолу шен ойланаш, синхаамаш гучубоху. Цара поэмин чулацам кIарг а бо, текстан исбаьхьалла са а йоккху. ИбрахIиммий, Сийлахий хин йистехь мерза захалу дуьйцуш гайтинчул тIаьхьа автора сирлачу ойланца боху:

Шабарш деш догIучу
Валарган йистехь
Дуьххьарий, тIаьххьарий
Балхабац безам.
Хийла йоI, елалой,
КIаг хIуттуш юьхь тIехь,
Суьйренца цIа йоьрзу,
Хуьлий дог реза.

Ткъа кхано тIаьхьа  ИбрахIиман, Сийлахин барт ийгIина, и шиъ халонца дIасакъастар гойтучу хенахь кхечу кепара ю авторан ойла: 

Малх бу шен болар деш,
ГIушлакха баьлла,
И стенна оьшура
Дуьненна кхета?
Сирла бу, бовха бу
Цунна хьан аьлла?
Мила ву цо вохвеш?
И хьанна къеда?

Авторан ойла, синхаамаш шен турпалхойн ойланашца, церан синхаамашца цхьаьна богIуш бу. Иза ИбрахIиман, Сийлахин накъост ву. Церан хазахетарех самукъа долу цуьнан, церан халахетарш сингаттамца Iаьткъа цунна.

Иштта авторан шен турпалхошка йолу шовкъаш гучуйовлу поэми тIехь цуьнан юьстахвийларшкахь.

Поэмин драматизм цуьнан сюжетехь ю, иза Эдалхин, ИбрахIиман юккъерчу къовсамца ю. Бакъду цу шинна юкъара къовсам хилла ца Iа иза, цуьнан социальни маьIна ду. Социальни тайп-тайпанчу тобанах ву и шиъ.

Цу тайпана, лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьана ийна ю «Сийлаха» поэми тIехь.

«Сийлаха» поэма нохчийн литературехь эпически поэзин керла кхиам бара. Иштта лаккхара мах хадийна цу хенахьлерчу критико Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлерчу поэмин.

Оцу шерашкахь язйина Эдилов Хасмохьмадан шен шуьйра евзаш йолу стихотворенеш «Алжирка»,  «Дацоран байракх», « Бер дийна нана»,  «Буьйса», «Билгало», «Ненан ирс», «Даймехкан байракх», «Машаран урам» стихотворенеш. Дуьненан муьлххачу маьIIехь белахь а адамийн бала бакъволчу поэтан дагах хьакхало. Шен паргIатонехьа къийсам латтош хиллачу Iаьрбийн халкъан деган Iийжамех лаьцна ю «Бер дийна нана»,  «Алжирка»,  «Дацоран байракх» цIерш йолу стихотворенеш.

Махках даьхначу адамийн дегнашка кхочуш, Даймехкан марзо хаайолуьйтуш яра оцу хенахь поэта язйина «Даймохк кхойкху» стихотворени.

КIентий цIа берзаре
Кавказ ю хьоьжуш,
Токхе мор баржийна
Кечъелла ю.
Хьомечу лаьмнаша,
Баххьашца къоьжа,
КIенташна кечбина
Аьхна мотт бу.
И кхойкху кIенташка,
Мехкаршка кхойкху,
Кийча ю хIоранна
Барт баккха и.
И кхойкху хи мала
Теркан я ГIойсун,
Цул чоме хи хир дац
Дуьненахь кхин.
И кхойкху дайн хIаваъ
Техкачу метта,
И кхойкху дахаре,
Баьхначохь дай.
Хьацарца я цIийца
Хьандинчу лаьтта,
Зезагца дог хьаста
ГIоттучу бай.

Кхойтта шарахь адамийн кийрахь лаьттинчу сатийсамашна жоп луш яра и стихотворени, нохчийн дегнашна аьхна дара и дешнаш.

Республика юха метта а хIоттийна, нохчийн цIа берза буьйлабелча, Соьлжа-ГIалахь юха арахеца долийра  “Ленинан некъ” газета. 1957-чу шарахь оцу газетан редакце  схьавалаво Эдилов Хасмохьмад. Еххачу хенахь “Ленинан некъан” редакцехь культурин отделан куьйгалхо лаьттина иза. Цул тIаьхьа  Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон исбаьхьаллин литературин редакцехь лаккхарчу редакторан болх бина.

Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера стихотворенийн книга араяьлла 1958 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь. “Октябран серло” цIе йолу и сборник суперобложка а йолуш, хаза кечйина яра. Поэтан 45 стихотворений, шиъ поэмий яра цу тIехь зорбатоьхна. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахьлера а, цул тIаьхьа махках ваьккхинчу хенахь Казахстанехь язйина а стихотворенеш  яра сборника юкъаяхнарш. «Турпалхо», «Сийлаха» цIерш йолу поэмаш а яра. «Турпалхо» поэма теллинчара билгалдаьккхина иза «идейни чулцам кIорга хиларца, исбаьхьаллин агIонгхьара дика хиларца, говза композици йолуш хиларца къаьсташ ю» аьлла. Оьрсийн Iилманча-геолог, географ Иван Васильевич Мушкетов гайтина поэми тIехь. Иза Казахстанан мохк толлуш, иза Iилманца цIинбан Iалашо йолуш ву. Мушкетов санна болчара шайн хьаналчу къинхьегамца караерзайо хьалха эрна лаьттина гIамарийн аренаш, йохку керла заводаш, лаладо болат, кхиабо бамба. Уьш бу заманан турпалхой, цара кхуллу керланиг, хаздо дахар. Къинхьегаман турпалхочунна хастам бо поэмин говза кхоьллинчу стихашкахь. «Турпалхо» поэма Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллехь лиро-эпически жанр кхидIа а кхуьуш хиларан билгало яра.

Стихийн, поэмийн хьалхара сборник араяьллачул тIаьхьа цхьа– ши шо моссаз дели керла книгаш арайийлина поэта. Царах ю  «Лаьттан цинц», «Ненан безам», «Дуьненан юкъ», «Кханенга воьду», «ДоттагIийн дош»,  « Заманан лараш», «Баьццара алу», «Деган доккхадер», «Сан ирс», оьрсийн маттахь «Улица мира», кхийолу а поэтически книгаш. Поэзин эпически жанрехь кхиамца болх бина Эдилов Хасмохьмада. Зорбанехь арахецна цуьнан “Шиннан къайле”, “Аьчган борз”, “Турпалхо” цIерш йолу поэмийн сборникаш. Дика тIеийцира яздархочун прозехь язйина произведенеш: повесть “Кхиэл”, дийцарийн сборник  “Акхаройн лорах”.

Эдилов Хасмохьмадан кхолларалла шуьйра чулацам болуш ю. Иза нохчийн къоман дахаран дозанашкахь сецна вац. Тайп-тайпанан мехкаш, тайп-тайпанан дахаран хьелаш го вайна цуьнан произведенешкахь. Яздархочун турпалхой тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш бу: нохчий, оьрсий, казахаш, гуьржий, украинцаш, алжирхой, немцой.

Исбаьхьаллин дешан кIорггера говзалла яра Эдилов Хасмохьмадан. Къоман барта поэзина  тIе а тевжаш, шел хьалхарчу  нохчийн яздархошкара мехалниг схьа а оьцуш, шен исбаьхьаллин некъ биллина цо литературехь.  

Эдилов Хасмохьмадан стих нохчийн поэзин ламасташца йогIуш ю. Поэтически сурт кхолларан гIирсашца, маттаца, исбаьхьаллин басаршца чолхенаш яц, чуччахулу даьхна хIумнаш дац. Цуьнан произведенеш гIиллакх-оьздангаллин проблемаш ойбуш, дахаран кIорггера ойла йойтуш ю.

Доккха гIуллакх дина  Эдилов Хасмохьмада кхечу къаьмнийн литературин произведенеш нохчийн матте йохуш а. Цо гочйина луларчу къаьмнийн а, ойрсийн а поэтийн стихаш. Нохчийн матте яьккхина М. Ю. Лермонтовн «Измаил-Бей» цIе йолу поэма а, дуккха а кхийолу цуьнан стихотворенеш а.

Эдилов Хасмохьмад кхелхина 1991 шеран 11 ноябрехь Соьлжа-ГIалахь.

Эдилов Хасмохьмада шен исбаьхьчу произведенешца мехала хазна йиллина нохчийн къоман литератури юкъа. 

                                           ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                            НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Наний, йоIIийа // Ленинан некъ. 1941. 8 март.
Кавказан аьрзу // Ленинан некъ. 1943. 23 февр.
Кавказе маршалла. БIаьхочун илли // Ленинан некъ. 1944. 19 февр.
Дацоран байракх // Къинхьегаман байракх. 1956. 8 март.
Алжирка // Къинхьегаман байракх. 1956. 29 март.
Даймехакан байракх // Къинхьегаман байракх. 1956. 10 май.
Ненан ирс // Къинхтегаман байракх. 1956. 31 май.
Бетпак-Дала есаллехь // Къинхьегаман байракх. 1956. 26 июль
Буьйса // Къинхьегаман байракх. 1956. 27 сент.
Машаран урам // Къинхьегаман байракх. 1956. 7 нояб.
Бер дийна нана // Къинхьегаман байракх. 1956. 30 нояб.
Билгало // Къинхьегаман байракх. 1957. 29 март.
Сийлаха. Поэма // Къинхьегаман байракх. 1957. 24 май-12 июль.
Машаран урам // Ленинан некъ. 1957. 3 авг.
Воккхаве// Ленинан некъ. 1957. 9 окт.
Октябран серло // Къинхьегаман байракх. 1957. 7 нояб.
Калакойн Iаж // Ленинан некъ. 1957. 12 дек.
Апрелан буьйса // Ленинан некъ. 1958. 23 апр.
Нура // Ленинан некъ. 1958. 7 март.
Парти – баьчча  // Ленинан некъ. 1958. 16 март.
Зезагийн курс // Сердало. 1958. 31 июль.
Октябран серло. Стихаш. Грозный, 1958.
Шайхалла // Ленинан некъ. 1959. 1 янв.
УьтталгIа планета // Ленинан некъ. 1959. 7 янв.
Коьрта лор // Ленинан некъ. 1959. 11 февр.
Лаьттан цинц // Ленинан некъ. 1959. 10 май.
Ненан ирс // Ленинан некъ. 1959. 21 май.
Къона  колхоз // Ленинан некъ. 1959. 14 июнь.
Безамца совгIат // Ленинан некъ. 1959. 26 июля, № 88.
Хаза духар // Ленинан некъ. 1959. 16 авг.
Кхиэл. Повесть // Ленинан некъ. 1959. 28 авг. 14  окт. 13 нояб. 20 дек.
Даймехкан сийлалла // Ленинан некъ. 1959. 7 нояб.
Соьга боху // ДоттагIалла. 1959. № 2. С. 86.
Заманан лор // Ленинан некъ. 1960. 29 янв.
ДIаделла ков // Ленинан некъ. 1960. 27 март.
Шуьйрачу новкъахь // Ленинан некъ. 1960. 3 апр.
Къанделла талл. – Сутарчун гIан // Ленинан некъ. 1960. 11 сент.
Къинхьегаман билгало. Очерк // Ленинан некъ. 1960. 30 сент.
Дояркига // Сердало. 1960. 10 ноябрь.
Красивое одеяние // Сердало. 1960. 24 нояб.
Памятник хIотточохь // Орга. 1960. № 3. С. 25-26.
Шо догIу // Ленинан некъ. 1960. № 2. С. 83-85.
ДIадоладо… // Ленинан некъ. 1961. 1 янв.
«ШайтIанан» мохь // Ленинан некъ. 1961. 19 март.
Маякийн йохьалла // Ленинан некъ. 1961. 4 июнь.
Кхиэл. Повесть. Грозный, 1961.
Машарн гIароллехь // Ленинан некъ. 1961. 8 окт.
Памятник хIотточохь // Ленинан некъ. 1962. 22 апр.
Лакха йиш // Ленинан некъ. 1962. 21 май.
Ненан ирс // Ленинан некъ. 1962. 1 июнь.
Кхиэл. Повесть.  Грозный,1961.
Къонделла аьзнаш. – Хулхулау. – Жима чIерийлецархо // Орга. 1962. № 1. А. 52-53.
Жимачу адаман боккха ницкъ. Очерк // Ленинан некъ. 1962. 21 окт.
Пхьаьрса тIехь муо // Ленинан некъ. 1962. 11 нояб.
Балкхаройн йоI // Ленинан некъ. 1962. 9 дек.
Лаьттан  цинц. Стихаш, поэмаш.  Грозный, 1962.
ДоттагIийн дош. Сборник. Грозный, 1962.
Винчу юьртахь . – Йиш. – Корехь серло. – Валарна кхоьруш // Ленинан некъ. 1963. 15 март.
Май кхойкху // Ленинан некъ. 1963. 1 май.
ХIун дан деза? «Шинна къайле поэмин дакъа. // Ленинан некъ. 1963. 30 авг.
Гагрехь суьйре // Ленинан некъ. 1963. 29 сент.
Аьчган борз. Отрывок из сказки // Ленинан некъ. 1963. 18 дек.
Смоленск // Ленинан некъ. 1963. 27 дек.
Шиннан  къайле. Поэма. Грозный,1963.
Акхаройн  лорах. Дийцарш.  Грозный, 1965.
Ненан  безам. Стихаш.  Грозный, 1966.
Дуьненан  юкъ Стихаш, поэма.. Грозный, 1967.
Кханенга  воьду. Стихаш, поэма. Грозный, 1967
Заманан лараш. Хаьржинарш. Грозный, 1972.
Баьццара алу. Стихаш. Грозный, 1976.
Деган доккхадер. Стихаш, поэма. Грозный, 1979.
Турпалхо. Поэмаш. Грозный, 1981.
Сан ирс. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1982.
Сий делахь, латта! – Со сиха ву. − Валарна кхоьруш. − Дог. − Даймохк кхойкху.
− Суна деза.
Стихаш // Нохчийн поэзи. Соьлжа-гIала. 2011. А. 72-81.
Кавказан аьрзу // Даймохк. 2014. 22 февр.

                                         
                                               ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

«Алжирка», «У твоего дома». Пер. Марк Шехтер // Грозненский рабочий. 1957. 25 июнь.
Моему другу. Пер. Н. Душкин // Советский Казахстан. 1957. Кн. 5. С. 67.
Поэт в небесах. Пер. Ю. Верольский // Грозненский рабочий. 1958. 17 май.
Стальной заяц. – Друзья. Рассказы // Дружба. 1958. № 1. С. 42-47.
Поэт в небесах. Пер. Ю. Верольский // Дружба. 1959. № 1. С. 75.
Снег идет. Пер. А. Големба // Грозненский рабочий. 1959. 5 июль.
Улица мира. Пер. А. Големба // Грозненский рабочий. 1959. 30 авг.
Я гордился бы… Пер. А. Казаков // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 241
Перед портретом. Пер. П. Железнов// Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С.  241
Татьяна из Одессы. Пер.А. Казаков // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 242
Река Или. Пер. М.Шехтер // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 243
Снег идет. Пер. А. Големба // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 244
Богатырь. Пер.А. Големба // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959.
Улица мира. Пер. А. Големба // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 247
Владимиру Маяковскому. Пер. А. Големба // Поэзия Чечено-Ингушетии. М.,1959. С. 248
С ребенком мертвым на руках. Пер. М. Шехтер //Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 250
Счастье матери. Пер. А. Големба // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 251
Мой любимый. Пер. М. Шехтер // Поэзия Чечено-Ингушетии. М.,1959. С. 252
«Я стою под твоим окном…» Пер. С. Олендер // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 252
Нура. Пер. А Големба // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 253
Улица мира. (Стихи). Пер. с чеч. Грозный, 1961.
Песня. Пер. Ю. Верольский // Грозненский рабочий. 1963. 3 февр.
Приговор. Повесть. М., 1967.

                                         КХЕЧУ  МЕТТАНАШКАХЬ

Спасибо, партия! Пер. на кабард. Н. Шогенцуков // Ошхамахо. 1962. № 1. С. 63.
Улица мира. Пер. на осет. Х. Плиев // Мах дуг. 1962. № 3. С. 110.

                                    СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ

                                     НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Поэзин  техникан  хьокъехь // Къинхьегаман байракх. 1957. 4 янв.
Стихаш  язъечарна  гIоьнна // Ленинан некъ. 1957. 27 окт.
Поэзин хьокъехь дешнаш // Ленин некъ. 1961. 1 дек.
Яздархочун ирс // Ленинан некъ. 1964. 15 нояб.

www.ChechnyaTODAY.com

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

План урока по чеченской литературе в 10 А классе

Поэма «Сийлаха»

Сийлаха а, Ибрах1им а.

Астамирова А. А.

Урокан ц1е: Поэма «Сийлаха». Ибрах1им а, Сийлаха а.

Урокан 1алашо:

  1. Поэми т1ехь дуьйцург кхеле диллар.

  2. Дешархоша шайна хетарг алар, нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ довзар.

  3. Синквейнах кхетам балар.

Урокан д1аяхьар

  1. Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.

  1. Марщалла хаттар.

  2. Урокана оьшу гйирс кечбар.

    «Хьоме к1орни дог1ий хьаьжна,

    Сан б1аьргийн нур кхулуш лаьтта»

    /Мехкарийн йиш/

  3. Ойла т1еерзор.

  1. Актуализаци.

  • Эдилов Х-М. биографи йийцаре яр.

  • Хаттаршна жоьпаш далар:

  • Маца, мичахь вина Эдилов Хасмохьмад? (1922-чу шарахь, Валаргт1ехь).

  • Яздан маца волавелла Эдилов Хасмохьмад? (1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волуш).

  • Ц1ерш яха поэтан стихотворенин («Алжирка», «Даймохк кхойкху», «Машаран урам», «Буьйса», «Ненан ирс», и. д1. кх.).

  • Маца, мичахь д1акхелхина Эдилов Хасмохьмад? (1991-чу шеран 11-чу ноябрехь Соьлжа-Г1алахь).

  1. Керланиг довзийтар.

  1. Хьехархочун дош:

1957 шеран май баттахь «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь зорбатоха йолийра Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера поэма «Сийлаха». Драматически чулацам болу и поэма хиллачийн буха тIехь язйина яра. Шен цIена, оьзда безам  ца ларбина йолу поэмин турпалхо Сийлаха ша дакъаза а йолу, и бахьанехь нахана даккхий зуламаш а хуьлу. Шен ойланехь,  гIуллакхашкахь,  леларехь ша шена хьалха а, нахана хьалха а стаг жоьпалли хила везаран ойла йойту автора поэма йоьшуш волчуьнга. ГIеххьа йоккха лиро-эпически поэма ю «Сийлаха». Поэмин дIахIоттамехь хьалахара дош а, итт дакъа а, дерзор а ду. Иттанах хIор дакъа шена хьалха ялийна эпиграф йолуш ду. Цхьайолу эпиграфаш халкъан иллешний, мехкарийн эшаршний тIера схьаэцна ю, вуьйш нохчийн кицанех лаьтташ ю, кхиерш яздархойн произведенеш тIера ялийна ю. Масала: «Маржа яI, зингат, хьо а гIерта-кха даха» (I. Мамакаев), «Хила я ца хила! – Иштта ду гIуллакх!» (Шекспир. «Гамлет»).   Хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэмин эпически агIо цуьнан сюжетаца ю. Ардаме сюжет ю поэмин. Шайн доладалар а, кхиар а, дерзар а долчу хиламех лаьтташ ю иза. ИбрахIим, Сийлаха, Эдалха, Аружа – оцу персонажийн лехамаш бу поэмин сюжетехь. Шен безамца, шен лаамехь ИбрахIиме йоьду Сийлаха. ЦIена, хьанал ду къоначу доьзалан дахар. Амма совдегаран Эдалхин безам бахна Сийлахе. Нехан цIе тIехь йолу зуда, Аружа юкъа а лоьлуьйтуш шена тIе а ерзайой, ялайо цо. Сийлахас ца ларбина ИбрахIиме хилла шен мерза безам. Цуьнан цIийндех ИбрахIимах цуьрриг ийзалуш вац Эдалха, иза цхьалха стаг ву, шена тIаьхьа хIитта нах болуш вац, къоьлла токхуш а ву, цундела цуьнгара зуда яккха а мегар ду, боху цо шен дагахь. Амма ИбрахIим шен сий лардийра долуш ву. Эдалха а, цуьнан цIийнах кхо стаг а вуьйжира ИбрахIиман карах. ИбрахIим а кхелхира церан карах. Цу тайпана, Сийлахас шех инзаре доккха зулам далийтина.

О цу хиламех лаьттачу сюжетаца билгалболу поэмин эпически чулацам. Къеггина шен лирически агIо а ю поэмин. Иза авторан ойланца билагалйолу. Поэмин хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэми тIехь алссам ду юьстахдийларш. Автора, сюжетана юьстах а вуьйлуш, цу тIерачу хиламех лаьцна йолу шен ойланаш, синхаамаш гучубоху. Цара поэмин чулацам кIарг а бо, текстан исбаьхьалла са а йоккху. ИбрахIиммий, Сийлахий хин йистехь мерза захалу дуьйцуш гайтинчул тIаьхьа автора сирлачу ойланца боху:

Шабарш деш догIучу
Валарган йистехь
Дуьххьарий, тIаьххьарий
Балхабац безам.
Хийла йоI, елалой,
КIаг хIуттуш юьхь тIехь,
Суьйренца цIа йоьрзу,
Хуьлий дог реза.

Т къа кхано тIаьхьа ИбрахIиман, Сийлахин барт ийгIина, и шиъ халонца дIасакъастар гойтучу хенахь кхечу кепара ю авторан ойла: 

Малх бу шен болар деш,
ГIушлакха баьлла,
И стенна оьшура
Дуьненна кхета?
Сирла бу, бовха бу
Цунна хьан аьлла?
Мила ву цо вохвеш?
И хьанна къеда?

Авторан ойла, синхаамаш шен турпалхойн ойланашца, церан синхаамашца цхьаьна богIуш бу. Иза ИбрахIиман, Сийлахин накъост ву. Церан хазахетарех самукъа долу цуьнан, церан халахетарш сингаттамца Iаьткъа цунна.

Поэмин драматизм цуьнан сюжетехь ю, иза Эдалхин, ИбрахIиман юккъерчу къовсамца ю. Бакъду цу шинна юкъара къовсам хилла ца Iа иза, цуьнан социальни маьIна ду. Социальни тайп-тайпанчу тобанах ву и шиъ.

Цу тайпана, лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьана ийна ю «Сийлаха» поэми тIехь.

«Сийлаха» поэма нохчийн литературехь эпически поэзин керла кхиам бара.

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешархошка доьшуьйту поэмин дакъа.

  • Ешнарг йийцаре йо.

  • Поэмин чулцамца дог1у суьрташ дохку. (уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а болх бо.

  1. Дешнаш т1ехь болх.

  • Бохаман ачо – бохаман некъ

  • Аьрша – метр

  • Урд – кха

  1. Рефлекси.

  • Ибрах1им, Сийлаха дешнашна синквейн х1оттае.

  1. Ибрах1им.

  2. Къона, тешаме.

  3. Къахьоьгу, сатуьйсу, воккхаве.

  4. Ибрах1им къинхьегаман стаг ву.

  5. Къонах.

  1. Сийлаха.

  2. Оьзда, каде.

  3. Сакъерало, йоккхае, веза.

  4. Сийлаха Ибрах1им везаш ю.

  5. Йо1.

  1. Урокан жам1 дар:

  1. Ц1ахь:

  1. Поэма еша, чулацам схьабийца.

  2. Поэмица доху суьрташ дахка.

  • Главная
  • Разное
  • Образование
  • Спорт
  • Естествознание
  • Природоведение
  • Религиоведение
  • Французский язык
  • Черчение
  • Английский язык
  • Астрономия
  • Алгебра
  • Биология
  • География
  • Геометрия
  • Детские презентации
  • Информатика
  • История
  • Литература
  • Математика
  • Музыка
  • МХК
  • Немецкий язык
  • ОБЖ
  • Обществознание
  • Окружающий мир
  • Педагогика
  • Русский язык
  • Технология
  • Физика
  • Философия
  • Химия
  • Шаблоны, фоны, картинки для презентаций
  • Экология
  • Экономика

Презентация, доклад на тему Урок презентация Сийлаха (чеченский язык)

Содержание

  • 1.

    Урок презентация Сийлаха (чеченский язык)

  • 2.

    2. Х1ун дагахь г1оьртина Васса Казахстанехьа? Новкъахь цо лайна халонаш йийца.

  • 3.

    3. Новкъахь цо лайна халонаш йийца?

  • 4.

    4. Хьан бира Вассех уггар хьалха къинхетам Бейли-Кулехь?

  • 5.

    5. Хьанна т1ехьажийра миска зуда?

  • 6.

    6. Йо1ана, шен майра хиллачу Акаевна гучуяла, ша йовзийта х1унда ца х1уттура Васса?

  • 7.

    7. Стен яьккхира иза сел дакъаза?

  • 8.

    8. Мила гаре сатуьйсура Вассас?

  • 9.

    1. Ямарта даго зулам ду кховдош. (Халкъан кица) 2. Хьоме нуьцкъала хилалур вац.

  • 10.

    Эдилов Хасмохьмад Эдилович. (1922-1991г.)

  • 11.

    Поэма «Сийлаха»

  • 12.

    Слайд 12

  • 13.

    Слайд 13

  • 14.

    Слайд 14

  • 15.

    Слайд 15

  • 16.

    Слайд 16

  • 17.

    Хала дешнаш Эппаз-20 копеек Сирделла гиччош

  • 18.

    1. Аружа дог-ц1ена стаг цахилар стенах го?

  • 19.

    2. Сийлахин дакъазаялар муха хуьлу?

  • 20.

    3.Ибрах1иман дахар-кхерч бохарна бехке мила ву?

  • 21.

    4. Ибрах1иман васт

  • 22.

    5. Сийлахин васт

  • 23.

    6.Коьрта турпалхой муьлш бу поэми т1ехь?

  • 24.

    7.Стенна т1ехь г1алат ваьлла Ибрах1им шен дахарехь?

  • 25.

    8.Мича т1ехь г1алат яьлла Сийлаха?

  • 26.

    9.Дуьххьара поэма д1айолалуш муха сурт диллина вайна поэта Сийлахин?

  • 27.

    10. Ткъа х1инца муха го и вайна?

  • 28.

    11.Хьа эр дара аша муьлхачу хенахь, меттехь хилла иза?

  • 29.

    Ц1ахь бен болх. «Сийлаха» чулацам.

  • 30.

    Кицанаш: 1. Баханчу безамна хазалла эшац 2.

2. Х1ун дагахь г1оьртина Васса Казахстанехьа? Новкъахь цо лайна халонаш йийца.

Слайд 1
1. Муха схьабоьллу романан чулацам х1ор

коьртана тиллинчу ц1аро?

1. Муха схьабоьллу      романан чулацам х1ор коьртана тиллинчу ц1аро?


Слайд 22. Х1ун дагахь г1оьртина Васса Казахстанехьа? Новкъахь цо лайна халонаш йийца.

2. Х1ун дагахь г1оьртина Васса Казахстанехьа? Новкъахь цо лайна халонаш йийца.


Слайд 33. Новкъахь цо лайна халонаш йийца?

3. Новкъахь цо лайна халонаш йийца?


Слайд 44. Хьан бира Вассех уггар хьалха къинхетам Бейли-Кулехь?

4. Хьан бира Вассех уггар хьалха къинхетам Бейли-Кулехь?


Слайд 55. Хьанна т1ехьажийра миска зуда?

5. Хьанна т1ехьажийра миска зуда?


Слайд 6
6. Йо1ана, шен майра хиллачу Акаевна гучуяла, ша йовзийта х1унда ца

х1уттура Васса?

6. Йо1ана, шен майра хиллачу Акаевна гучуяла, ша йовзийта х1унда ца х1уттура Васса?


Слайд 7
7. Стен яьккхира иза сел дакъаза?

7. Стен яьккхира иза сел дакъаза?


Слайд 88. Мила гаре сатуьйсура Вассас?

8. Мила гаре сатуьйсура Вассас?


Слайд 91. Ямарта даго зулам ду кховдош.
(Халкъан кица)
2. Хьоме нуьцкъала хилалур вац.

1. Ямарта даго зулам ду кховдош. (Халкъан кица) 2. Хьоме нуьцкъала хилалур вац.


Слайд 10
Эдилов Хасмохьмад Эдилович.

(1922-1991г.)

Эдилов Хасмохьмад Эдилович.    (1922-1991г.)


Слайд 17Хала дешнаш
Эппаз-20 копеек
Сирделла гиччош – седые волосы
т1орказ – сундук
Х1аваъ —

воздух

Хала дешнаш Эппаз-20 копеек  Сирделла гиччош – седые волосы т1орказ – сундук Х1аваъ - воздух


Слайд 181. Аружа дог-ц1ена стаг цахилар стенах го?

1. Аружа дог-ц1ена стаг цахилар стенах го?


Слайд 192. Сийлахин дакъазаялар муха хуьлу?

2. Сийлахин дакъазаялар муха хуьлу?


Слайд 203.Ибрах1иман дахар-кхерч бохарна бехке мила ву?

3.Ибрах1иман дахар-кхерч бохарна бехке мила ву?


Слайд 236.Коьрта турпалхой муьлш бу поэми т1ехь?

6.Коьрта турпалхой муьлш бу поэми т1ехь?


Слайд 247.Стенна т1ехь г1алат ваьлла Ибрах1им шен дахарехь?

7.Стенна т1ехь г1алат ваьлла Ибрах1им шен дахарехь?


Слайд 258.Мича т1ехь г1алат яьлла Сийлаха?

8.Мича т1ехь г1алат яьлла Сийлаха?


Слайд 269.Дуьххьара поэма д1айолалуш муха сурт диллина вайна поэта Сийлахин?

9.Дуьххьара поэма д1айолалуш муха сурт диллина вайна поэта Сийлахин?


Слайд 2710. Ткъа х1инца муха го и вайна?

10. Ткъа х1инца муха го и вайна?


Слайд 2811.Хьа эр дара аша муьлхачу хенахь, меттехь хилла иза?

11.Хьа эр дара аша муьлхачу хенахь, меттехь хилла иза?


Слайд 29Ц1ахь бен болх.
«Сийлаха» чулацам.

Ц1ахь бен болх. «Сийлаха» чулацам.


Слайд 30Кицанаш:
1. Баханчу безамна хазалла эшац
2. Ямарта даго зулам ду кховдош
3. Герзан

чов йирзина, меттан чов ца йирзина
4. Хьоме нуьцкъала хилалур вац
5. Яа дог хилча, чано шен к1орни ченала хьакхийна
6. Хила я ца хила! – Иштта ду г1уллакх!

Кицанаш: 1. Баханчу безамна хазалла эшац 2. Ямарта даго зулам ду кховдош 3. Герзан чов йирзина, меттан


МБОУ «СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА №54»

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Урокан тайпа: тобанан.

Урокан кеп : диалоган технологи.

Урокан 1алашо: Кхетош-кхиоран маь1на Даймохк беза хилар а, дика

г1иллакхаш лардан дезаш хиларх дешархой кхетор а.

Дешархошка шайга турпалхойн дика , вон аг1онаш

билгалъяхийтар.

Г1ирс : 1. Яздина дешнаш : Цкъа дайна сий лахарх карор дац.

2. Т1аьхьенгахь юьхь йоцуш эхье хан йоккхучул ,

эзарза г1олий ду сийлаллийца валар.

Ш. Руставели.

Дурс д1аяхьар:

  1. Вовшахтохаран болх-Дешаран ойла т1еерзор.

  2. Долчу хаарийн актуализаци .

-Шуна х1ун еллера ц1ахь 1амо?

-Тхуна ц1ахь 1амо еллера Эдилов Х. язйина поэма « Сийлаха».

Цуьнан чулацам схьабийца хаа а. Шайна хазахета 3-4 строфа дагахь
1амо.

  1. Чулацам буьйцуьйту 1-2 дешархочуьнга .

—Кхин а шуна шайн-шайна тобанашна белла болх бара ,цхьацца
турпалхочух лаьцна кечам бар.

1амийначара юьйцу шаьш 1амийна кийсакаш.

3-4 дешархочуьнга юьйцуьйту

— Доцца хьа эр дара аша, муьлхачу хенахь , меттехь хилла иза ?

-Валарг т1ехь Эдилов Х.язьйина 70 шо хьалха.

-Х1инца хьа эр дара аша коьрта турпалхой муьлш бу поэми т1ехь?

-Коьрта турпалхой бу Ибрах1им а, Сийлаха а.

  1. Керла коьчална т1евалор -Дешаран хьесап д1ах1оттор.

-Шайн тобанашна белла болх муха кхочуш бина хьовсур ду-кх вай.

-Х1инца Ибрах1иман васт.

-Муха хийти шуна Ибрах1иман васт?

-Ибрах1им къен-миска стаг ву,къинхьегам безаш, къахьоьгур долуш
ву, ваха лууш ву.

Хьал, бахам,таро цахиларо г1уллакх д1адахийтац цуьнан.

.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

Поэма йолаелчахьана чекхъяллалц, цунна т1евог1уш , я и волчуьра
д1авоьдуш ца го вайна цхьа а стаг. Стаг,божа,къонах аьлла кхаа
декъе бекъалуш бу божарий

СТАГ-юьртана кхаьчна, цунна т1е бог1у нах, и волчуьра д1а а
оьху.

КЪОНАХ-махкана кхаьчна ,цунна т1е а буьссу говрашкахь нах. Ткъа
Ибрах1им ц1енна а ца кхаьчна , шен чоь ца ларло цунна.

Стеган а, къонахчу стеган а къамел дац цо Сийлахе

деш дерг. Цо боху Сийлахе хьо нахана ца гайта лекха

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.керт ян воллу со, ло дешча г1у
йоккхур ю ша, бохуш

дуьйцу.

— Тоьур ду , Нийса боху ,ян ца йо цо цуьнах шена

накъост.

Шен чоь ца ларло Ибрах1име .

— Стенна т1ехь г1алат ваьлла иза шен дахарехь?

— Иза г1алатвалар х1ун ду аьлчахь, ша бина берам мерза

хуьлура ,ша кхиийна синтар хьоме хуьлура ,ша лехна

бахам мехала хетта , т1аккха цунах стаг воккхавоь.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.Ц1ахь саца йиш йолуш вац
Ибрах1им ,шен дахарх , яхарх

йоккхаеш Сийлаха яц . Сийлахех шена накъост ца ярна,

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

шена улле ца яккхарна , т1аьххьара и ялорна. Мил-мила

ялочул йоцуш висар г1оле ю. Кхоьхьуш долу совг1аташ

д1аоьцур дацара ша адам хиллехь нанас. Нана ша

адамалла долуш хиллехьара , шайн г1ийла ,миска Ч1ола

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.та1ийна шен доьзал шегахьара
боккхур бацара , цо и йо1

кхобур яра. Зулам дожарна бехке Ибрах1им ву, виъ

стаг воь цо, И керт, ков д1аеллехь кхобур яра цуьнан йо1.

Сийлаха йитина зуда ю . Ша йитана зуда бахьана долуш

виъ стаг воь цо ,иза шена луъучу мааре яха йиш

йолуш йоллушехь.

Бер д1адуьгуьйтуш 1едал ду . Къонаха стаг масла1ате

хуьлу ,масла1атана нах арабоху .

—Муха лорур вара вай иза?

Вай ма-аллара бер д1адуьгуьйтуш 1едал ду зудчуьнга ша маре яхалц
.

Цо ца йитинехьра ша дара, цо иза йитина. Эдалхин вешин бераш
байлахь дуьту

цо. Церан зударий жоьра буьту , шен йо1 яла юьту цо. Ша дукха
хаза дуьйцуш

хьистина зудчун дахар дохадо цо . Доцца аьлча , нохчийн
г1иллакх,оьздангалла,

дан дезарг, дита дезарг хууш вац Ибрах1им .Цо нах байарх .нислур
долуш х1ума

дац.Зулам ду цо кхуллуш.цо иза цу т1е йига сихъеш ю.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

  1. Книги т1ехь болх бар:

-Поэми т1ехь муха гучудолу вайна Сийлахин, Ибрах1иман васташ?

Гайтал вайна и васташ гучудохуш йолу меттигаш.

Аг1о: 229; 230; 231.

-Авторо турпалхойн васташ гучудахарехь 1аламо пайдаоьцуш йолу
меттигаш билгалъяхал.

Аг1о: 231; 232;233.

— Даладел кицанаш зудаберийн кегирхойн оьздангаллех лаьцна.

— Полководец Чингисханан дешнаш ду: — Нагахь санна зуда
галъяьллехь, ледаръяллехь къонахчун, стеган буйнахь яц иза .Шена
т1аьхьа шен ц1ийнан нана йигалуш волчу къонахчунна итт салтичунна
т1ехь куьгалла далур ду, итт салтийчунна т1ехь куьйгалла далахь ,
б1е салтийчунна т1ехь куьйгалла далур ду», аьлла. Оцу дешнаша
билгалдоккху Ибрах1имна Сийлахина т1ехь куьгалла цададалар.

Ша вала х1отталц болх беш ву Ибрах1им. Сийлаха деш,дуьтуш доцуш
,йолаелла лелаш ю и ду цуьнан г1алат.Шена ца оьшу бахам бохуш лелла
йолу Сийлаха бахамо 1ехайо. К1орггера ойла йича и Эдалха цунна
т1ехьийзаш хилла я ца хилла ца хаьа вайна . Цо та1ийна б1аьрг
дуьххьара буй-те аьлла хетало.

-Нахалахь лела хууш вуй Ибрах1им? Г1иллакх дуй цуьнгахь?

-Ибрах1им шен стундай, стуннаний долчу воьду. Ваха ца везара
цига , шен накъост я кхин воккха стаг вахийта везара цо цига .Цо ша
боху «хьоьца долу эхь-бехк Дала лоьрийла» Ч1олина ша кхетаме хиларе
терра хаьа цуьнца къамел дан. Ч1олас боху шен хеннахь ца бира ша
серах х1оз , х1инца хьокханах иза балур бац, ша бохург деш доьзал
бац, боху цо ( аг1о 57 йоьшу).

— СИЙЛАХА бохучу дашах муха кхета шу ?

Нохчийн яздархочо Х.Эдиловс СИЙ-ЛАХА бохуш яздина. И дош шина
орамах лаьтта .Оцу дашо гойту ,шена ма-хаззара д1аяздо ша бохург.
Вайна Сийлаха ца гойту доккхачу ловзаргахь , г1абали йоьхна ,дато
доьхка дихкина , шифонан т1ам хьийзош хелхаюьйлуш , я синькъерамехь
ца гайтина ,я балхахь къахьоьгуш арент1ехь ца гайтина, х1айт аьлла
говза каде куьйгаш долуш ,кузаш деш , я истангаш деш ца гайтина .
Цхьана меттехь яхь ца гайтина , шена везаш волчу к1анте ша йига ахь
бохур дац йо1а , шена т1ехьийзаш волу к1ант витина , кхечуьнга
нуьцкъала маре яхийтинчу йо1а,шена хьалха т1ехьийзаш хиллачу к1анте
д1ахьожуш ца хилла , шега вистхилча могуьйтур долуш ца хилла . Оцу
мехкарша айдина вайн мехкан сий, уьш ца хилла дешна, институташ
яьхна , амма нохчийн г1иллакх , оьздангалла дика хууш хилла царна .
Шен да-нана ,йиша-ваша ,гергарнаш ца безаш цаьрца г1иллакх дохийча,
шена и к1ант мел ч1ог1а везарх д1айоьдуш хилла.

Амма Сийлахас шена луш йолу бехчалгаш бахьана долуш шен сий
дойу.

Шен сий дайина ца 1аш, шен йиша-вешин , ден- Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а. ненан
,халкъан сий дойу цо. Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а. Х Х1унда аьлча, нохчийн къомо
дешех-детех , луш

йолчу сискалх шен сий доьхкина дац. Поэто уьш

дика бу бохуш ца яздо, иза ирча г1уллакх ду

цаьргара доьжнарг бохуш яздо. Т1аьхьенна

хаийта яздо, оцу тайпанчу х1уманех вай

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.лардаларе кхойкху цо.

— Хьовсал , х1инца муха гайтина вайна Сийлаха ?

Вайна Сийлаха ц1ахь йолуш хин йистехь бен ца го, я

ловзаргахь, я синкъерамехь, яц иза.

— Лехча карор дуй сий, лаха деза я лардан деза?

Мел лехарх , мел вадарх, хьадарх карош дац сий,

иза лардан деза.

— Х1инца 1ехалур ярий-те нохчийн йо1,я яцара?

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.Х1инца иза 1ехалур яцара
,х1унда аьлча нохчийн

йоь1арий кхеташ бу, дешна бу, оцу тайпана х1ума

шайгара долуьйтур долуш бац. Вайн ворх1а

дайшкара охьадог1у сий лардийр долуш бу.

— Х1инца алийша соьга марехь йолчу зудчо шен сий

лардеш цхьа а оьрсийн произведени ешний аш?

— Ешна « Евгений Онегин» ц1е йолу роман.

Оьрсий йо1а Татьяна Ларинас шена везаш волу к1ант

д1аттоту .Марехь ю иза къеначу, воккхачу стагехь ,

делахь а и вуха веъча цуьнга деха , доца сов дийца ца

х1утту иза. Хьан куралла , стогалла ша кхуза нисъелча ,д1аяьлла
х1инца

дуьйна д1а шен х1усамдена тешаме хир ю ша олий д1авох1уьйту цо
иза.

— Дубровский . Мария Кирилловна Троекурова. Мария Кирилловнас
цкъа -шозза кехат дохьуьйту шена т1ехьийзачу к1анте , ша маре луш ю
олий. И ванне а ца веъча и маре йоьду . Йо1 эцна д1абоьлхуш хуьлу
замой ,шен б1о оьций дуьхьалволий совцабо цо . Говрара охьа а
оьккхий, сихха йо1 йолчу не1аре воьдий и д1айоьлий куьг кховдадо цо
йо1ана т1е, цо мохь хьокху , шена т1е куьг ма кхийдаде ша нехан
зуда ю олий. Ц1ендас тапча туху куьйгах Дубровскина . Дубровскис
юха а волий, шен охьаоьхуш долу ц1ийна т1е куьг дуьллий мохь туху
б1оне , некъ маьрша бита олий.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

  1. Юьхьанцара т1еч1аг1дар.

— Х1инца шегара дош хьан эр дара аш?

Вайна поэто шена ма-хаззара. Ша ма-хиллара ,язйина . Цо язйина
къинхетам боцчу хьолах нах ца битарх, церан къа царах хьарчарх,
адамаш хат1е дарх. Х1инца вай хьалха ма-аллара шена везаш волу
к1ант витина , ша маре д1аяхча ,цаьргахьа д1ахьожуш ца хилла, дешех
-детех 1ехаелла шен сий духкур долуш ца хилла , оьздангаллех,
г1иллакхех юхуш ца хилла цхьа а зуда, цхьа стаг шен дахарна
юкъаг1оьртича могуьйтур долуш ца хилла, мостаг1ийн кара бахана,
церан лайш хилла хан ца яккха

мокхазан бердах чулелхаш хилла , Эдалха сана ямартлонца т1е куьг

кховдийна стаг дукха хьолахь вуьйш хилла.

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.Цундела хаа деза вайна шайгара
масал эца йиш йолуш

турпалхой уьш ца хилар. Вайна хьалха шекончохь

моттаделлера Сийлаха шен безамна т1аьхьа г1ерташ

ю, амма къона ойланаша ха херцарехь вайна гучудолу

шеко йоцуш шен дош лардан ницкъ боций , шен къоначу,

мерзачу безаман а, кхерчан сий дан ницкъ болуш йоций.

Сийлахин дагчу гулло ямарт, зуламе ойланаш, амма уьш

иэшо цуьнан ницкъ бац .

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.

— Хьалха заманчохь хиллий-те нохчийн мехкарий Сийлаха

санна 1ехалур болуш, шайна лург схьаоьцур йолуш, сискал

юьхьигах яьхь юхкур йолуш?

Дера ца хилла , х1инцца вай дийцина цунах лаьцна , вуьшта

сунна баккхийчара дуьйцуш хезна , цаьрга ладег1на, шена

веза везаш маре яхар-м дита-хь, шена т1ехьийзаш волу

к1ант витина , кхечанхьа нуьцкъаха маре яхийтина йо1,

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.шена хьалха т1ехьийзаш хиллачу
к1анте д1ахьожуш ца

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.хилла.Нохчийн г1иллакх,
оьздангалла дика хууш хилла

царна. Сийлаха санна лучу х1уманех 1ехалуш ца хилла

нохчийн йо1. Оцу мехкарша даьккхина нохчийн хакъан сий

лакха .

— Авторан Сийлахица йолу юкъаметтиг муха хета шуна?

Автора Сийлаха бехказа ца йоккху и Сийлахин бехк хилар,

шен дахаран 1алашо цуьнан цахилар ч1аг1деш гойту

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.авторо. Шен дош 1алашдан ницкъ
бац цуьнгахь,

лаам ницкъ бу моьтту вайна ,амма авторо и а ницкъ

цахилар ч1аг1до ,шен мерзачу безаман а, кхерчан а сий

ца до цо.

7.Рефлекси :

— Х1ун болх бира вай урокехь?

Хаза хитирий шуна вайн урок?

— Х1ун 1алашонаш х1иттийнера вай кху урокана?

-Кхочушйирий вай уьш?

— Коьрта х1ун дара шуна?

-Керла х1уммаъ хиирий шуна?

-Хаза х1ун хийтира шуна?

-Уггар ч1ог1а шуна хала хетта меттиг муьлха ю?

-Ша бинчу балхана реза мила ву?

-Мила вац реза?

-Х1унда?

-Х1ун ала мегар ду тахана шен балхана реза воцчуьнга?

8.Ц1ахь:

1-чу тобанна: Эдалхех лаьцна.

2-чу тобанна : Аружех лаьцна.

3-чу тобанна : Ибрах1имех, Сийлахех

Шаьш хадийначу механ «Сийлаха» бохучу поэмех

Урокан тема: Ибрах1им а,Сийлаха а.жимо рецензи язъе.

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Эгэр мин тылсымчы булсам сочинение
  • Эгоист тургенев сочинение
  • Эгоизм это простыми словами сочинение
  • Эгоизм это определение для сочинения
  • Эгоизм что это сочинение