Ответ:
Нохчийн литература 11 класс.
Урокан ц1е: Айдамиров Абузаран кхолларалла.
«Еха буьйсанаш»- роман исторически бух т1ехь
язйина хилар т1еч1аг1дар.
Уьн т1ехь: Лаьар – кха сай оьмар жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,махкана ваца.
Цаьршиннан ирс кхуллуш догах къахьега
Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна д1алойла.
1алашо: Шен къома истори йиццаяр.
Хьехархочун дош:
I. Х1окху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхьана маттаца, дуьнене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой,оцу къоман дика – вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь – бехкан доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг – къонах хуьлу.
Массо а къаьмнийн бу яздархой – хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта. Цара шаьш бинчу кхолларалин балхаца, къахьегарца,хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а, ишттачарех вара Нохчийн халкъан яздархо Абузар Айдамиров.
Ц1еяьккхина поэт прозаик, публицист дика вевзаш ву вайн махкахь. Нохчийн къома деза а, сийлахь а декхар шен белшаш т1е а эцна, ша валлалц схьавеънарг ву Абузар Айдамиров.
Нохчийн литературехь исторически романан бухбиллархо лорура. Вайн къомо шен маршонехьа латтийначу къийсаман темина язъйина цо. « Маршонан ц1арах»,
« Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Еха буьсанаш».
Ответ:
Нохчийн литература 11 класс.
Урокан ц1е: Айдамиров Абузаран кхолларалла.
«Еха буьйсанаш»- роман исторически бух т1ехь
язйина хилар т1еч1аг1дар.
Уьн т1ехь: Лаьар – кха сай оьмар жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,махкана ваца.
Цаьршиннан ирс кхуллуш догах къахьега
Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна д1алойла.
1алашо: Шен къома истори йиццаяр.
Хьехархочун дош:
I. Х1окху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхьана маттаца, дуьнене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой,оцу къоман дика – вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь – бехкан доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг – къонах хуьлу.
Массо а къаьмнийн бу яздархой – хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта. Цара шаьш бинчу кхолларалин балхаца, къахьегарца,хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а, ишттачарех вара Нохчийн халкъан яздархо Абузар Айдамиров.
Ц1еяьккхина поэт прозаик, публицист дика вевзаш ву вайн махкахь. Нохчийн къома деза а, сийлахь а декхар шен белшаш т1е а эцна, ша валлалц схьавеънарг ву Абузар Айдамиров.
Нохчийн литературехь исторически романан бухбиллархо лорура. Вайн къомо шен маршонехьа латтийначу къийсаман темина язъйина цо. « Маршонан ц1арах»,
« Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Еха буьсанаш».
Обновлено: 09.03.2023
Иштта лаккхара мах хадабо нохчийн къоман культурехь Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а.
Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 1929 шеран 29 октябрехь Ножи-Юьртан районерчу Мескетахь ахархочун Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терхьа 1933 шо билгалдаьккхина, иза сибрехьахь долуш спецкомендатурехь дIаяздина нийса доцу терхьа хилла). Нохчийн ширчу юьртахь, исбаьхьчу Iаламехь дIадахна яздархочун бералла. Деша а, яздан а школе вахале Iемина цунна, шел баккхийчу вежарша а, йишас а йоза-дешар Iамош. Цундела хьалхарчу классехь деша волавелча, дукха хан ялале, дика хууш ву аьлла, шолгIачу классе ваьккхина. Иштта кхоалгIачу классера а, иза чекх а яккхале, йоьалгIачу классе ваьккхина. Цу тайпана дика доьшуш ворхIшеран школа шайн юьртахь чекхъяьккхина хинволчу яздархочо.
Шен деца дукха хан ца яьккхина Абузара, хIетахьлерчу Iедало доьналла долу нах лоций, чу бохкара. Iабдул-Хьаькам а лаьцна, сибрех вахийтина. Лаьцначохь бархI шо а даьккхина Iабдул-Хьаькам цIавеанчу кхоалгIчу дийнахь кхелхина Абузаран нана Яхарг. Цу тайпана, да-нана цхьаьна а долуш, царах марзо эцар ца хилла жимачу Абузара.
Хийрачу махкахь, халчу хьелашкахь жимчохь дуьйна къахьегна Айдамиров Абузара. Тайп-тайпанчу нахана юккъе нислуш, хало а, атто а ловш, дахар, къинхьегам, къинхьегаман адамаш довза таро хилла цуьнан. Шеко яц яздархо кхиарехь, адамашца, дахарца йолу цуьнан шовкъаш кхоллаяларехь и дерриге шен маьIна долуш хиларан.
ПаргIато а яьлла нохчийн къам даймахка цIадоьрзачу хенахь, 1957 шарахь, шен юьрта Меската цIа а веана, ворхIшеран школе историн, нохчийн меттан, литературин хьехархочун балха вахна Айдамиров Абузар. Соьлжа-ГIалахь 1958 шарахь хьехархойн кхаа беттан курсаш чекхъяьхна. Оцу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете заочно деша а вахна, историн хьехархочун корматалла караерзош, институт чекхъяьккхина 1963 шарахь.
Школехь болхбар Айдамиров Абузара хаддаза дIахьора исбаьхьаллин литературехь къахьегарца цхьаьна. Шен яздаран корматалла лакхаяккхархьама Москвахь Горькийн цIарахчу литературни институтехь шина шеран литературин лаккхарчу курсашкахь дешна цо.
Лаьар-кха caйн оьмар
Жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,
Махкана ваца…
И дешнаш къоначу яздархочун ша-шега болу кхайкхам а хилла ца дисира, Айдамиров Абузаран дерриг дахар хилира халкъан, мехкан хьашташка дIахьажийна.
Айдамиров Абузар поэзехь дукха ца сецаш прозе ваьлла. Амма яздархочу цхьайолу прозаически произведенеш шайн орамаш цуьнан стихотворенешкахь долуш ю. Буьртигах зIийдиг хоьций кхуьу ялта санна, оцу стихотворенешкахь йолчу теманех, идейх кхоллаелла хетало яздархочун цхьайолу повесташ, дийцарш, статьяш.
КхидIа шен статья тIехь критико билгалъяьхнера романан ледара хеташ йолу меттигаш: романан цхьадолчу кортошкахь еккъа цIена цхьа информаци хилар; дукхаха йолу меттигашкахь, хиллачух доцца дуьйцуш хиларна, публицистико исбаьхьаллина новкъарло еш хилар; цхьацца долчу вастийн амалшна чолхалла ца тоар; инарлийн, штабийн белхахойн вовшашца кехаташца хиллачу зIена тIера масалш оьшучул совнаха хетар; оьрсийн меттан терминаш, дешнаш тIех дукха хилар, иштта дIа кхидерг а.
Юьхьанца боккха кхиам хиллачу романан тIаьхье Iаламат чолхе а, хала а хилира.
Советан Iедал доха герга а дахна, коммунистически идеологин чIагIо малъелча бен зорбанехь ара ца йовлийтира нохчийн истори ма-ярра гойтуш йолу Айдамров Абузаран исбаьхьаллин произведенеш.
Айдамиров Абузаран произведенеш ян а ю къаьсттина тIекхуьучу тIаьхьенна пайдехьа, къоман исторехь хилла дIадаханчу а, хиндолчу а кIорггера ойлайойтуш. Адамийн хьекъална, кхетамна схьаэца шортта хIума ду царна тIехь.
Айдамиров Абузаран башха кхолларалла нохчийн исбаьхьаллин литературин хазна хилла ца Iаш, адаман кхетам кхиорехь мехала ю.
Айдамиров Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь Хьалха-Мартан гIалин больницехь Iуьйранна 6 сахьт даьлча.
Нохчийн халкъан лерам бу сийлахьчу яздархочуьнга. Айдамиров Абузаран цIарах ю Нохчийн Республикин коьрта библиотека, Соьлжа-ГIалин коьртачу урамех цхьаъ яздархочун цIарах бу, школа ю. Иза винчу, даим ваьхначу юьртахь Мескетахь схьайиллина яздархочун музей. Айдамиров Абузаран дахарх, кхолларллех лаьцна конференцеш, горга стоьлаш дIахьо республикехь. Цуьнан кхолларалла, исторически романаш республикин школашкахь а, вузашкахь а Iамош ю.
Это первая часть трилогии о Кавказской войне. Книга десять лет пролежал в столе писателя из-за того, что он отказался сделать небольшие изменения в соответствии с указанием чиновников обкома КПСС. Но все равно роман увидел свет, он вышел в 1972 году и долгое время был под негласным запретом.
Данный материал опубликован на сайте BezFormata 11 января 2019 года,
ниже указана дата, когда материал был опубликован на сайте первоисточника!
В прокуратуре республики изучено уголовное дело, находящееся в производстве следователя СУ СК РФ по ЧР, возбужденное по ч. 2 ст.
Прокуратура
В Уголовном кодексе Российской Федерации и Уголовно-процессуальном кодексе Российской Федерации предусмотрено новое основание освобождения от уголовной ответственности — прекращение уголовного дела с назначением судебног
Прокуратура
Председатель Общественной палаты Чеченской Республики Исмаил Денильханов поддержал решение Президента России Владимира Путина об объявлении специальной военной операции в Донбассе.
ИА Грозный-информ
Любая точка нестабильности и хаоса априори обладает силой аккумуляции вокруг себя некоего интернационала проходимцев, авантюристов, радикалов и просто тех, кого принято называть отморозками.
ИА Чеченинфо
В соответствии с приказом Минздрава России от 7 февраля 2022 года № 60н с 21 февраля 2022 года у граждан, не достигших 18 лет,
Гудермесский район
21 февраля в Национальной библиотеке им. А.А. Айдамирова в отделе медицинской литературы,
Национальная Библиотека ЧР
Цхьа-ши шо хьовзале Кунта-Хьаьжин мурдийх цхьа барт болуш йоккха динан тоба кхоллаелира. Амма Кунта-Хьажин бартахойн хьежарш а дацара цхьанна догIуш. Масала, устаза холбатан гIийла дахар дIакхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, гIоьнчашний эшшане а ца оьшура гIийла, къен дахар. Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна тIаьхьабисина вирдан вежарий, Далла азаллехь йаздинчунна, кхолламана къера хиле совца бохучу хьехамашца боьй дIабоккхура маршонехь къийсаман кхетам.
Нохчийн литературин программа хIоттийна шолгIачу тIаьхьенан Федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандартийн лехамашна тIе тевжаш.
Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча цадолу) дешаран курсан дакъа, таро ло белхан программаш хIиттош дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Программо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, хьехархойн кхоллараллин лаам ца боьхкуш, таронаш ло дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.
Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан системица йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу юкъарчу хьесапера обзораш, тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу.
Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.
Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара къиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.
Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.
Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.
Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаракультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.
Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.
– синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор;
– дукхакъаьмнийн российски культурин дуьненна юкъавахар, цуьнан бух тIехь интеграци яр цхьана дукхакъаьмнийн российски социуме;
– нохчийн литературех а, цуьнан синъоьздангаллин а, исбаьхьаллин мехаллех а, нохчийн яздархойн гIараевллачу произведенех, церан дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш карадерзор; нохчийн литературин произведенеш ша еша болу лаам кхиор, произведенийн юкъараадамаллин а, билггала-исторически чулацам билгалбоккхуш, оьшуш болу теоретико-литературни хаамаш балош, исбаьхьаллин произведенешна талламбан хаар кхиор;
– искусствон кхечу тайпанашна юккъехь литературин башхаллийн юкъара хаамаш а, произведенеш шайн исбаьхьаллица тIеэца а, исбаьхьаллин чам бовза а, оьрсийн литературин тексташца юста а, церан вастийн-эстетически системийн башхаллашца доьзна юкъара дерг а, къаьстарг а билгалдан хаар кхиор;
– Iамочу литературни произведених лаьцна шена хетарг ала, мах хадо хаар кхиор;
– Iамочу нохчийн произведенийн бух тIехь массо а тайпа къамелдаран кеп кхиор а, шаръяр а, исбаьхьаллин дашах, цо кхочушдечу исбаьхьаллин гIуллакхах кхеташ хилар, исбаьхьаллин дашца кхелина мотт шена караберзор.
Предметах лаьцна болу юкъара хаамаш
Оьшучу барамехь теоретико-литературни хаарш далар кхочушдо.
Программехь билгалдина хIара дакъош:
1. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна.
2. Халкъан барта кхолларалла.
3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.
4. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.
5. Кхечу къаьмнийн литература.
6. Обзорни теманаш.
7. Литературин теорех болу хаамаш.
8. Дешархошна билгалдина йозанан белхийн тайпанаш.
– шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;
– личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;
– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).
– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин — тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;
– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;
– ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;
– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь.
Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:
1) хIума довзаран декъехь :
– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;
– произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;
– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;
– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);
– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;
2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь :
–нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;
– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;
– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;
– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;
3) коммуникативни декъехь:
– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;
– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;
– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;
4) эстетически декъехь:
– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;
– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;
– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.
Юккъера юкъарадешаран школехь нохчийн литература Iамош ю 5 – 11 классашкахь. Дешаран планехь нохчийн литература хьеха билгалдина ду 476 сахьт. Царах 5 – 9 класашкахь – 340 сахьт, 10 – 11 классашкахь – 136 сахьт, хIор классехь кIирнах шишша сахьт. Инвариантни декъана билгалдинарг 5, 6, 7, 8 классашкахь 222 сахьт ду, вариативни декъана – 50 ду; 9, 10,11 классашкахь инвариантни 186 сахьт ду, вариативни 18 сахьт ду.
ПРОГРАММИН КОЬРТА ЧУЛАЦАМ
1-ра дакъа. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.
Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.
Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш. Мамакаев Мохьмадан лирикехь поэтан, поэзин тема.
Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.
Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.
Поэтан лирикехь безаман тема.
Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпанан аьхналла.
Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.
Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.
Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш.
Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна.
Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.
Поэми тIехь суртхIотторан, васт кхолларан поэтически гIирсаш.
Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.
Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.
Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.
Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш. Цуьнан кхоллараллин мехалла.
2-гIа дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.
М. А. Сулаев . Дахар а, кхолларалла а.
Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.
Романехь кегийрхойн васташ.
Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.
Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.
Романан исбаьхьаллин башхаллаш.
Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.
Ахматова Раисин поэзехь нохчийн йоьIан васт.
Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.
Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.
Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш къастор.
Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш
Арсанукаев Шайхин кхолларалла.
Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.
Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш: чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.
Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.
Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.
Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.
Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.
Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.
Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.
Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.
Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме хилар; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар
Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.
Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар — цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.
Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI.
Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.
Бексултанов Мусан кхолларалла.
Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.
Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.
Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.
Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе, болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.
Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.
Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.
БойсагIар а, ТIелхаг а.
3-гIа дакъа. ХХI бIешо долалучу муьран литература.
4-гIа дакъа. Кхечу къаьмнийн литература
ГIалгIайн литературах юкъара хаамаш.
ГIалгIайн литературех хаамаш.
Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.
Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.
Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.
Казбегин турпалхой – нохчий, гуьржий – шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь, вежарий санна, бертахь хилар.
Кулиев Кайсын – балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар.
5-гIа дакъа. Обзорни теманаш
Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор).
Сийлахь-Боккхачу Нохчийн литературехь Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор).
Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор).
6-гIа дакъа. Литературин теори а, истори а.
Нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан хьелаш, къоман йозанан литературин хьостанаш. Нохчийн литературехь поэзин, прозин, драматургин жанраш кхоллаяларан а, кхиаран а башхаллаш. Йозанан литературин нохчийн барта кхоллараллица уьйр хилар.
Литературин тайпанаш: эпос, лирика, драма.
Литератрин жанраш. Эпически жанраш: дийцар, повесть, роман. Лирически жанраш: стихотворени. Драматургически жанраш: комеди, драма, трагеди. Лиро-эпически произведенеш: поэма, баллада, басня, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.
Исбаьхьаллин произведенин формех а, чулацамах а болу кхетам кIаргбар. Исбаьхьаллин прпоизведенин чулацам а, маьIна а. Тема, проблематика, сюжет, дIахIоттам (пролог, юьхьйолор, долор, кульминаци, къастор, тIаьхьара дош, монолог, диалог, лирически юьстахдийларш). Исбаьхьаллин произведенин васт, персонаж, турпалхо. Лирически турпалхо. Авторан васт. Авторан къамел.
Исбаьхьаллин произведени тIехь къовсам (конфликт). Драматургически къовсам.
Проза а, поэзи а. Церан башхаллаш.
Стих кхолларан кепаш. Стих кхолларан силлабо-тонически кеп. Стихан барамаш. Стихан гIулч. Хорей, ямб, дактиль, амфибрахи, анапест. Строфа, ритм, рифма.
Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними.
Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран башхаллаш.
Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран башхаллаш.
ХIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш.
Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.
7-гIа дакъа. Литература Iамош кхочушбечу барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш.
Исбаьхьаллин произведенин чулацам тайп-тайпанчу форманашкахь схьабийцар: чулацам текстана юххера бийцар; произведенин сюжетан сиз а лардеш, коьрта хиламаш схьабийцар; шайн къеггина маьIна долу цхьа-ши эпизод йийцар; билгалволчу турпалхочух йозаелла йолу меттигаш йийцар.
Исбаьхьаллин произведенин текст маьIна деш схьайийцар.
Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.
Стихотворенеш, прозаически произведенийн дакъош дагахь дешар.
Произведени тIера исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш билгал а бохуш, эпитетийн, дустарийн, метафорийн, геперболийн олицетворенийн, иштта дIа кхиболчу а суртхIотторан гIирсийн башхаллаш къастор.
Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.
Литературно-критически белхийн тезисаш, конспекташ.
Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юккъехь хир ю литературин материала тIехь язъеш ерш а, дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна язъеш ерш а.
Литературин материал тIехь язъечу сочиненийн герггарчу хьесапехь долу тайпанаш:
– исбаьхьаллин произведенийн васташ къастош йолу сочиненеш;
– произведенийн тематика къастош йолу сочиненеш;
– исбаьхьаллин произведенин идейни чулацам билгалбоккхуш йолу сочиненеш;
– обзорни теми хьокъехь йолу сочиненеш;
– исбаьхьаллин произведенийн хорманех лаьцна йолу сочиненеш;
– исбаьхьаллин литературан произведени искусствон кхечу форманехь йолчу произведенех юстуш йолу сочиненеш;
– исбаьхьаллин произведенех кхоллараллица пайдаоьцуш язъеш йолу сочиненеш.
Дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух, девзинчух лаьцна язъеш йолчу сочиненеш хила тарло шайн гIаланах, юьртах, юьртахойх лаьцна. Юкъараллин дахарх, даймахках, халкъийн доттагIаллех лаьцна сочиненеш.
Шаьш цIахь ешначу книгашна рецензеш.
Шайна гинчу кинофильмашна, спектаклашна отзываш.
Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).
Интернет ресурсашкахь йолчу материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.
Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.
Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.
Читайте также:
- Убийство за чашкой кофе краткое содержание
- Хармс случаи краткое содержание
- Путь на небо краткое содержание
- Блистающие облака паустовский краткое содержание
- Обрывная аппликация новость доу
Урокан ц1е: Айдамиров Абузаран кхолларалла. « Еха буьйсанаш»- исторически роман .
1алашо: Яздархочун дахар а, кхолларалла а йовзар; «Еха буьйсанаш» роман язъяран историх дийцар ;берийн шайн къоман литературе безам кхоллар.
Урокан некъ:
1.Урокана кечам бар.
2.Хьехархочун дош:
Х1окху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхьана маттаца, дуьнене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой,оцу къоман дика – вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь – бехкан доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг – къонах хуьлу.
Массо а къаьмнийн бу яздархой – хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта. Цара шаьш бинчу кхолларалин балхаца, къахьегарца,хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а, ишттачарех вара Нохчийн халкъан яздархо Абузар Айдамиров.
Ц1еяьккхина поэт прозаик, публицист дика вевзаш ву вайн махкахь. Нохчийн къома деза а, сийлахь а декхар шен белшаш т1е а эцна, ша валлалц схьавеънарг ву Абузар Айдамиров.
Нохчийн литературехь исторически романан бухбиллархо лорура. Вайн къомо шен маршонехьа латтийначу къийсаман темина язъйина цо. « Маршонан ц1арах»,
« Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Еха буьсанаш».
А. Айдамиров вина 1933 шарахь 29-чу октябрехь Ножин юьртан к1оштехь Мескетахь, цуьнан бералла д1адахана и винчу юьртахь. Юьхьанцара школа чекхъяьккхира Абузара ша винчу юьртахь, ткъа юккъера школа Киргизехь.
Абузаран да , 1абдул-Хьаьким, лаккхара бусалба динан 1илма 1амийна вацара, амма баккхий чу 1еламнахаца хад- даза латтийна уьй -раш, к1орггера хаарш долуш вара.
1абдул-Хьаьким барх1 шо набахтехь а даьккхина, лаьцначуьра ц1а вирзира.
1941 шарахь февралехь ц1а веара Абузаран да. Цул т1аьхьа, дукха ца ехира цуьнан нана.Шен деца а,ненаца а ду кха хан ца яьккхира цо. Айдамирова Мух1ажар д1аели-ра 1941 шарахь март баттахь. Абузаран х1етахь итт шо бен дацара.
Абузаран йо1,Айдамирова Машар,вайн махкахь евзаш яздархо ю.Цо боху, «А.Айдимировн дахар а,кхолларалла а» ц1е йолчу шен книги т1ехь: « Цуьнан дагалецамашца, архивни материалашца ч1аг1деш, ас довзуьйту ешархошна г1араваьллачу яздархочун дахар а, кхолларалла а»..
2013 шо, Кадыров Рамзанан омраца, Абузар Айдамировн лерина дара. Школашкахь йиллина урокаш, сахьташ лерина хилла цунна. Абузар Айдамировн ц1е тиллина урамашна, школашна, Нохчийчохь йолчу Къоман библиотекина. Яздархоша зорбанехь араяха кечйинаера А.Айдамировн хаьржина гуламаш.
Даймехкан тематика ю Айдамиров А. кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцуш.
«Вина мохк» стихотворенехь исбаьхьчу дашца кхоьллина цо хьомечу Даймехкан васт, цуьнга ша генарчу махкахь сатийсар, нанна шен бер санна , еза А.Айдамировна ша вина, кхиъна юрт, беза шен юрт санна , берриге а Нана – мохк!
Шеран массо а зама хаза ю. А.Айдамировн «Гуьйре» ц1е йолчу стихотворенехь къеггинчу басаршца, исбаьхьаллин дашца диллина автора гуьйренан 1аламан сурт.
Иза вайн махкахь а ,дозанал арахьа а дика вевзаш ву.
1961-рчу шарахь дуьххьарлера книга «Ненан дог» (повесть) араяьлла.
1962 –чу шарахь «Винчу лаьмнашкахь» стихийн гулар, 1963 –чу шарахь «Лаьмнашкахь серло» дийцарийн гулар,
1968-чу шарахь «Маршонан ц1арах» роман.
1972-чу шарахь «Еха буьйсанаш» роман.
Цуьнан кхоллараллин тоьлашха йолу произведени «Еха буьйсанаш» ц1е йолу исторически роман ю, цу т1ехь авторо гойтуш дерг 19 – чу б1ешерийн чаккхенехь вайн халкъана т1е-х1оьттина хилла хьал ду ..
А.Айдамировс чулацаме дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна:
Хьешашка-оьзда,
Доттаг1чуьнга-мерза,
Мостаг1чуьнга — буьрса,
Захалонна — хаза,
Масла1атана — к1еда,
Берашка — эсала.
Ненан маттана лерина язйина цхьамог1а произведенеш ю вайн къоман поэтийн. А.Айдамировн ю нохчийн маттана лерина «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени , ткъа х1окху дешнаша хоуьйту вайна мел хаза, сийлахь бу вайн мотт, шен матте болчу безамца , ларамца А.Айдамировс гойту нохчийн меттан исбаьхьалла, сийлалла.
Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт.
Шен произведенешкахь Абузар Айдамировс гойтура шен къоман истори,1ер-дахар,
сатийсамаш, дуьйцура г1иллакх – оьздангаллех лаьцна.
«Еха буьйсанаш» трилогин книга йийцареяр.
Урокан жам1 :
1.Хьенах лаьцна дийци вай тахна?
2.Муьлха романаш язйина цо?
3.Муьлха тематика ю цуьнан кхоллараллехь коьртаниг?
Ц1ахь: Яздархочун биографи,роман еша, чулацам схьбийца
Еха буьйсанаш
Год публикации | 1990 |
---|---|
Категория | Проза и поэзия |
Язык | Чеченский (ce) |
Описание
Цхьа-ши шо хьовзале Кунта-Хьаьжин мурдийх цхьа барт болуш йоккха динан тоба кхоллаелира. Амма Кунта-Хьажин бартахойн хьежарш а дацара цхьанна догIуш. Масала, устаза холбатан гIийла дахар дIакхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, гIоьнчашний эшшане а ца оьшура гIийла, къен дахар. Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна тIаьхьабисина вирдан вежарий, Далла азаллехь йаздинчунна, кхолламана къера хиле совца бохучу хьехамашца боьй дIабоккхура маршонехь къийсаман кхетам.
Абузар Айдамиран. Йеха буьйсанаш.