Нохчийн мотт 9 класс 13.02.21ш
Урокан ц1е :Хамидов Хьамидан 1абдул Хьамид.1920-1969
1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къоман драматурги а, театр а кхиорехь долу маь1на.
Урокан г1ирс:
Тетрадаш
Кехаташ
Урокан некъ :
1.Де дика дар .
2.Белхан кеп х1оттор .
3.Карладаккхар.
4.Хьехархочун дош.
5.Керла коьчал йовзийтар.
6.Урокан жам1.
7.Хьехаме дош.
8.Урокан мах хадор.
9.Ц1ера болх балар.
1.Карладаккхар.
Хьалхарчу урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, схьадуьйцуьту.
2.Хьехархочун дош.
Дешархой ,тахана вай шуьца « Лийрбоцурш» драми т1ехь Нурадилов Ханпашин вастах лаьцна дуьйцур ду.
3.Керла коьчал йовзийтар.
Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла а, дерриге дахар а къоман театраца, искусствоца, литературица дозаделла хилла.Къаьсттинчу мехаллин бу театрехь цо бина болх. Театрехь гIуллакх деш кхиъна цуьнан драматургически говзалла, кхоллараллин похIма. Шен дерриге хьуьнарш къоман театрана, искусствона дIаделла цо.
Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь
Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу дийцаршка. Жимчохь евзина цунна къоман барта роизведенеш, уьш дагахь латтош а, шен нийсархошна юьйцуш а хилла Iабдул-Хьамида.
Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу педагогически училище деша вахана иза. Кхузахь доьшуш волуш, кхидIа а чIагIделла Iабдул-Хьамидан халкъан исбаьхьаллин даше марзо хилар. ХIетахь педучилищехь доьшуш хиллачу Эдилов Хасмохьмада яздо: «Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера а, хIетта юкъадуьйлуш долу а халкъан дийцарш, кицанаш, забарш. Студентийн дехаршца цо уъш кест-кеста дуьйцура общежитин кертахь мукъачу денойн суьйренашкахь тхо гуллуш хиллачу майданахь. Цу дийцаршна юккъехь цо ша кхуллуш дерш а хуьлура, амма цо ца олура цу хенахь, уьш ша кхоьллина ду». Схьахетарехь, оцу хенахь дуьйна волавелла Хамидов
Iабдул-Хьамид исбаьхьаллин дешан говзалла караерзо.
1938 шарахь Московски театральни искусствон институтехь схьайиллина Нохч-ГIалгIайн студи, цига деша вахана Хамидов Iабдул-Хьамид. Кхузахь цо актеран говзалла Iаморца цхьаьна дIадолийна раматургехь болх бар а. ХIетахь Хамидов Iабдул-Хьамида нохчийн матте яьхна классически драматургин произведенеш, 1939 шарахь гочйина цо Ж. Мольеран «Мещанин дворянствехь» («Мещанин во дворянстве»), А. Толстойн «Боданан Iедал» («Власть тьмы»), 1940 шарахь нохчийн матте яьккхина У. Шекспиран “Отелло”, кхиерш а. Дуьненан литературин а хазна йолчу оцу произведенеш тIехь болх бар Iаламат мехала хилла Хамидов Iабдул-Хьамидана шен драматургически кхолларалла кхиарехь.
Институт чекхъяьккхина валале, йоьалгIачу курсера къоман
театрехь болх бан цIа валийна Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха а
тIаьхьа чекхъяьккхина цо Ленинградски театральни институтан актерийн факультет.
«Лийрбоцурш» драми чулацам
Фашистски Германис ямартлонца тIом болийча, дерриге а халкъ Даймохк Iалашбан мостагIчунна дуьхьалдалар гайтина пьеси тIехь. ТIеман арахь бIаьхоша а, тылехь хьаналчу къинхьегамца дерриге адамо а мостагIчунна тIехь толам баккхарехьа латтийна
турпала къийсам бу пьесин чулацамехь. Гитлеровски фашистех вайн Даймохк Iалашбан гIевттинчу бIаьхойн къонахалла, майралла, шаьш кхиийна Даймохк барам боцуш царна дукхабезаш хилар гайтина авторо. Турпалаллин драма дIайолало дагах кхетачу авторан деш-
нашца: «Хьоме доттагIий, зама дIаоьху, оьхур а ю. Амма адамийн дегнаш чуьра цкъа а дIаяьлла яц я ер а яц Даймехкан тIеман буьрсачу деношкахь, вайн халкъан сий, ирс лоьхуш, шайн синош дIаделлачийн сийлахь цIераш. Оцу сийлахьчу цIерашна юкъахь ю Нурадилов Ханпашин а, цуьнан накъостийн а цIераш. Бала къона бара Нурадилов а, цуьнан накъостий а. Амма къонахийн дахар шерашца дагардеш хила ца деза, цара шайн халкъана динчу
гIуллакхашца дагардеш хила деза. БIе шарахь ваьхнарг а ца ваьхна дукха, и шен халкъана
гIуллакх деш ца ваьхнехь, ткъа шарахь ваьхнарг а ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ваьхнехь. Суна лаьа, доттагIий, цкъа а лийрбоцчу башхачу турпалхойх
дерг шуна дийца. ЛадогIалаш сан дийцаре!». Иза пьесин пролог ю. Цу тIехь а билгалйолу авторан Iалашо а, пьесин тема а. Шен барамехь гIеххьа йоккха ю пьеса. Прологах, ворхI
суьртах долчу кхаа декъах, эпилогах лаьтташ ю иза. Пьеси тIехь 29 персонаж ю: ЦIечу Эскаран эпсарш, салтий, дошлойн эскадронан тIемалой, немцойн эпсарш, салтий, гестаповцаш, эвлара зударий, кхиболу наххий. Пьесин хиламаш тайп-тайпанчу меттигашкахь кхочушхуьлу: нохчийн юьртахь, Украинехь, Сталинградски фронтехь, немцойн блиндажехь.
Пьесин сюжет, цу тIера хиламаш кхиар иштта ду: Хьалхара сурт – нохчийн юрт, машаре дахар, Нурадилов Ханпаша эскаре ваха новкъа ваьлла, тIом болабалаза бу. ШолгIий, кхоалгIий суьрташ – тIом боьдуш бу, Украинерчу Захаровка эвлана гена йоцчу хьуьнан йийстехь мостагIчунна
тIамца дуьхьал лаьтташ бу Нурадилов Ханпаша а, цуьнан накъостий-тIемалой а. Дика кечам а бина, мостагIчунна рогIера тIелатар кхиамца чекхдоккху цара. Дуккха а фашисташ хIаллакбина, ворхI йийсаре валийна. Нурадилов Ханпаша пулеметни расчетан командир хIоттаво.
ДоьалгIа сурт – Каметин хIусам. Зударий бу тIемалошна яхьийта бедарш а, яа хIума а кхоьхьуш . Тешнабехкаца чу а вогIий, Исраьил нуьцкъаха Камета шена йига гIурту. Каметас, шалгу топ схьа а оьций, дуьхьало йо. И шиъ вовшийн карах ле. ПхоьалгIа сурт – Сталинградски фронт, Серафимович-гIалина юххехь. 1942 шеран август бутт. Нурадилов Ханпашас хIинцале ялх бIе ах бIе фашист хIалаквина, пхиъ пулеметни точка йохийна, шийтта мостагI лаьцна каравалийна. Лакхарчу сержантан дарже а ваьккхина, пулеметнин шина взводан командир хIоттийна иза.
Нурадиловн бIаьхоша шайна тIедехкина тIеман декхарш кхиамца кхочушдо. Шайн магIаршкахь зенаш хиллехь а, мостагIчун луьра атака юхатоьхна цара. ЙолхалгIа сурт – немцойн блиндаж. Минанаш тIе а нисвелла, чевнаш а хилла, гIелвеллачул тIаьхьа шаьш каравалийна Баркинхоев, Федоров леван гIерташ бу гестаповцаш. Амма
мостагIчунна оьшуш долу цхьа дош ца долу цу шингара. Федоровна тоьпаш туху, Баркинхоев кIелхьарвоккху тIекхиинчу Ханпашассий, Бульбассий. ВорхIалгIа сурт – Сталинградски фронт. Йогучу гIалин цIераш. Цхьана борза тIехь долчу ор чохь оборона лаьцна севцца
бу Нурадилов, Баркинхоев, Бульбий. Пулемет дIа а хIоттош, тIамна кечам бо цара. Цхьа гIап бен пулеметан патармаш дац, цхьаъ бен граната а яц. ХIорш лоьхуш болу немцой тIекхочуш лаьтта. Фашистийн арданг йоккха ю, хIорш кхоъ бен вац. Iаламат халчу тIамехь 202 алссам мостагIий хIалакбеш, турпалаллица Iожалла тIеоьцу кхааммо а.
Пьеса дIайолалуш ма-хиллара, иза чекхйолуш, эпилогехь а ондда дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн дахар! Хьоме накъостий, вайн ирс, паргIато Iалашъеш, шайн синош дIаделлачу сийлахьчу советски салтийн сий деш, хьалагIовтта! Диц ма де, тахана а дуьнен чохь маьI-маьIIехь тIамо ягош гIаланаш, ярташ хилар, дойуш зударий, бераш хилар.
ТIеман цIе яйна яц. Шайн кхане йоцурш, шайн тахане яхъян гIерташ, герзе кхийда. Сема хила, доттагIий, латта хIинца а халкъан мостагIех цIандаза ду! Сема хила!»
Даймохк Iалашбеш, халкъан паргIато ларъеш, турпалалла гайтина бIаьхоша. Цара, майраллех, доьналлех ца бухуш, Даймехкан мостагIашна дуьхьалбевлла, халкъан сий лардеш, дIаделла
шайн синош. Уьш эша ца белла луьрчу мостагIашка, фашисташна тIехь толам боккхуш, турпалаллица эгна сийлахь тIемалой. Дерриге халкъ ду мостагIчуьнца болчу къийсамехь турпалалла гайтина. Иза къеггина билгалдолу пьеси тIехь. Цундела аьлла авторо шен пьесех турпалаллин драма. Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен чулацамехь адамийн майралла, доьналла гойтуш йолчу драматургически произведених олу турпалаллин драма.
Даймехкан тIамехь адамийн патриотизм, майралла, доьналла гайтина йолу турпалаллин драма ю «Лийрбоцурш».
4.1амийнарг т1еч1аг1дар.
-Шаьш кечйина докладаш йоьшуьйту.
—Хьехархочо т1еч1аг1до.
5. Жам1 дар
- Хамидов Iабдул-Хьамидах лаьцна муха яздо цуьнца доьшуш
я иза вевзаш хиллачу яздархоша?
2. Дийца Хамидов Iабдул-Хьамидан дешарх а, иза яздан волаваларх а лаций.
3. Муха хилла Хамидов Iабдул-Хьамидан дахаран а, кхоллараллин а некъ?
- Муха бу пьесин дIахIоттам?
5. Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла
муха билгалйолу пьеси тIехь?
6. Тайп-тайпанчу къаьмнех болчу бIаьхошна юкъара
доттагIалла а, уьш къинхетаме хилар а муха гайтина драматурго?
7. Дийца, пьеси тIехь Нурадилов Ханпашин васт кхолларан
башхаллех.
8. Пьесин прологан, эпилоган хIун маьIна хета хьуна?
9. Пьесин цIе «Лийрбоцурш» хIунда ю аьлла, хета хьуна?
6.Хьехаме дош.
— дена – нанна муьт1ахь хилар ч1ог1а деза дийцина Делан Эллчано (Д.С.М.Х.Ц.)
Дала царна т1ера а ,муьт1ахь хилчарах дойла шу!
7.Урокан мах хадор.
8.Ц1ера болх балар.
Аг1о ________ еша. Чулацам схьабийца
Проверен:зам по УВР___________З.М.Бимурзаева.
Арсанукаев Iабдулла
Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу дийцаршка. Жимчохь евзина цунна къоман барта произведенеш, уьш дагахь латтош а хилла.
Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу педагогически училище деша вахна иза. Кхузахь доьшуш волуш, кхидIа а чIагIделла Iабдул-Хьамидан халкъан исбаьхьаллин даше марзо хилар. ХIетахь педучилищехь доьшуш хиллачу Эдилов Хасмохьмада яздо: «Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера а, хIетта юкъадуьйлуш долу а халкъан дийцарш, кицанаш, забарш. Студентийн дехаршца цо уъш кест-кеста дуьйцура общежитин кертахь мукъачу денойн суьйренашкахь тхо гуллуш хиллачу майданахь. Цу дийцаршна юккъехь цо ша кхуллуш дерш а хуьлура, амма цо ца олура цу хенахь, уьш ша кхоьллина ду». Схьахетарехь, оцу хенахь дуьйна волавелла Хамидов Iабдул-Хьамид исбаьхьаллин дешан говзалла караерзо.
1938 шарахь Московски театральни искусствон институтехь схьайиллина Нохч-ГIалгIайн студи, цига деша вахана Хамидов Iабдул-Хьамид. Кхузахь цо актеран говзалла Iаморца цхьаьна дIадолийна драматургехь болх бар а. ХIетахь Хамидов Iабдул-Хьамида нохчийн матте яьхна классически драматургин произведенеш, 1939 шарахь гочйина цо Ж. Мольеран «Мещанин дворянствехь» («Мещанин во дворянстве»), А. Толстойн «Боданан Iедал» («Власть тьмы»), 1940 шарахь нохчийн матте яьккхина У. Шекспиран “Отелло”, кхиерш а. Дуьненан литературин а хазна йолчу оцу произведенеш тIехь болх бар Iаламат мехала хилла Хамидов Iабдул-Хьамидана шен драматургически кхолларалла кхиарехь.
Институт чекхъяьккхина валале, йоьалгIачу курсера къоман театрехь болх бан цIа валийна Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха а тIаьхьа чекхъяьккхина цо Ленинградски театральни институтан актерийн факультет.
Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла а, дерриг дахар а къоман театраца, искусствоца, литературица дозаделла хилла. Къаьсттинчу мехаллин бу театрехь цо бина болх. Театрехь гIуллакх деш кхиъна цуьнан драматургически говзалла, кхоллараллин похIма. Шен дерриге хьуьнарш къоман театрана, искусствона дIаделла цо.
Нохч-гIалгIайн драматически театрехь юьхьанца актер хилла Хамидов Iабдул-Хьамид. Оцу хенахь иттех шо бен дацара къоман театр кхоллаелла, амма шен исбаьхьаллин говзаллица сиха кхуьуш йолчу театрехь дуккха а бара актерийн корматалла йолу къона артисташ. Царна юккъехь бIаьрла вара Хамидов Iабдул-Хьамид. Дукха хан ялале театран директор хIоттийра иза.
ТIеман хан яра, 1943 шо дара доьдуш, театран коллектив кест-кеста йоьдура бIаьхошна хьалха спектаклаш хIитто. Театран репертуарехь алссам яра тIеман тематика йолу, адамийн патриотизм, тIемалойн майралла, доьналла гойту спектаклаш, сценкаш. БIаьхоша реза хуьлий, самукъа долуш тIеоьцуш хилла Нохч-ГIалгIайн драматически театран актераша говза хIиттийна спектаклаш.
Хамидов Iабдул-Хьамида театральни балхаца цхьаьна кхочушдора исбаьхьаллин литературехь болх бар а. 1943 шарахь иза язъян волавелира халкъан иллин чулацаман бух тIехь йолу «Совдаттий, Дауддий» драма. Амма и кхоччуш чекхъяккхар дикка тIаьхьа бен ца нисделла цуьнан. Драматурган дуьххьарлера йоккха произведени яра иза, цу тIехь нохчийн къоман хьалхалера дахар, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ гойтуш дара. Пьеса дуьххьара зорбатоьхна 1956 шарахь Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх” газетан агIонаш тIехь. 1958 шарахь Соьлжа-ГIалахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос а арахийцира «Совдат, Дауд» пьеса. Цул дуккха а тIаьхьа Нурадилов Ханпашин цIарахчу драматически театро хIоттийна «Совдаттий, Дауддий” драми тIехь спектакль. Къоман театран репертуарехь ехха лаьттина и спектакль.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1956 шерашкахь, Джамбулехь а, Фрунзехь а тайп-тайпанчу культурин учрежденешкахь белхаш бина Хамидов Iабдул-Хьамида. Киргизски республикански Халкъан кхоллараллин ЦIийнан директор вохуьйту иза 1945 шарахь, цул тIаьхьа Киргизски ССР-н культурин министесрствон театрийн отделан куьйгалхо а хIоттаво. Оцу хенахь Киргизин периодически зорбанехь кест-кеста арайийлина цуьнан театроведчески статьяш а, рецензеш а. Царах яра дуьненаюкъарчу классикех лаьцна статьяш: Ф.Шиллеран «Ямартло а, безам а» («Коварство и любовь»), У. Шекспиран «Ромео а, Джульетта а», А. Островскийн «Бехк боцу бехкенаш» («Без вины виноватые»), М. Горькийн «Васса Железнова», кхиерш а.
ТIеман хенахь Хамидов Iабдул-Хьамида бинчу белхан Iедало лаккхара мах хадийна: «За доблестный труд в дни Отечественной войны 194I-1945 гг.» медаль елла цунна.
1955-1956 шерашкахь Хамидов Iабдул-Хьамид Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу “Къинхьегаман байракх» газетан редакцехь цхьана муьрехь литературни белхахо, тIаккха культурин отделан заведующи лаьттина, Казахски ССР-н яздархойн Союзан литературни консультантан болх а бина. Казахски пачхьалкхан радиохь нохчийн маттахь йолу передачаш кечъеш а, дIахьош а хилла Хамидов Iабдул-Хьамид.
Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхаран а ансамбль вовшахтоьхна, цуьнан куьйгалхо а лаьттина иза. Алма-Атара и ансамбль а ялош 1957 шарахь даймахка цIа а веана. Цуьнан куьйгаллица Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхаран а ансамбль ерриге Советски пачхьалкхехь а тоьллачу ансамблех хилла дIахIоьттинера.
Нохч-гIалгIайн къоман искусство кхиорехь бакхий кхиамаш хиларна Хамидов Iабдул-Хьамидана 1959 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан арстистан цIе тиллина.
Муьлххачу балхахь хилча а, шена тIедехкина декхарш леррина кхочушдина Хамидов Iабдул-Хьамида, цундела жоьпаллин балха хIоттош хилла иза. 1959-1961 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель хаьржина иза. Цул тIаьхьа Ленинградски театральни институтан нохчийн отделенехь шина шарахь хьехархочун болх бина. Ленинградера цIа веанчул тIаьхьа 1962 шарахь Хамидов Iабдул-Хьамид юха а Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран директор хIоттаво. Театр а, театральни искусство а кIорггера евзаш волчу Хамидов Iабдул-Хьамида дика дIахIоттабо театран болх, иза куьйгаллехь волуш баккхий кхиамаш боху къоман театран труппо. Театран куьйгаллехь ялх шарахь болх бинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн областнойн партийнин комитете балха дIавуьгу Хамидов Iабдул-Хьамид. Культурин секторан заведующи а, агитацин, пропагандин отделан куьйгалхочун заместитель а хIоттаво иза. Оцу хенахь лакхара а, жоьпаллин а дарж дара иза, хьан-хьаннах а тешош а дацара. Хамидов Iабдул-Хьамид дика ларавора балхаца, амма дукха хенахь бан доьгIна ца хиллера цунна и болх.
Яздархочо Дадашев Iабдуллас шен дагалецамашкахь яздо: «Халкъана боккха эшам беш хийла къонаха дIавоьду дуьнен чуьра. Дагахь лаьттинарг дерриг дан ца кхиира нохчийн халкъана везаш, лоруш волу драматург, поэт, яздархо Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха а дара динарг, амма дан Iалашо йолуш даг чохь латтийнарг кхин а дукха дара. Язъян йолийнчу произведенийн могIа чекхбалаза а болуш, кехата тIе охьабиллинчохь къолам а буьсуш, сихха гIуллакх хилла, юьрта ваха араваларх, юха ца вирзира Iабдул-Хьамид. Новкъахь машенна авари хила кхалхар нисделира цуьнан. Амма иза вицвелла вац. Цуьнан дийцарш, пьесаш ехаш ю, дехаш ду цуьнан гIуллакхаш, цIе а».
Хамидов Iабдул-Хьамид 1969 шарахь автомобильни катастрофехь кхелхина.
Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла коьрта долчунна драматургически произведенех лаьтташ ю, амма мехала сатирически дийцарш а ду цуьнан, мелла а поэтически произведенеш а ю. Шуьйра евзаш яра цуьнан стихаш тIехь яьхна «Нохчийн вальс», «Забаре байташ», кхийолу эшарш а.
1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахецна яздархочун «Абубешар» цIе йолу дийцарийн а, кегийчу пьесийн а сборник. Оцу сборник тIехь зорбатоьхна яздархочун сатирически дийцарш: «Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмасолтас яьккхина са», «ДIа – коч, схьа − коч», цхьана декъах лаьтташ йолу сатирически пьесаш: «Абубешар», «Мохсолтин доьхна де». И прозаически а, драматургически а произведенеш цхьаьнатухуш дерг дара царна тIехь яздархочо адамийн амалшкахь нислуш йолу ледарлонаш беламе йохуш гайтар.
Къаьсттина шуьйра девзаш а, нахана дезаделла а дара «Абубешар», «ДIа — коч, схьа — коч», «Дурдий, Даргий”, «ГIирмасолтас яьккхина са», «Хингал» цIераш йолу дийцарш. Уьш дерриге а сатирически, забаре дийцарш ду.
«ДIа – коч, схьа – коч» цIе йолу дийцар яздархочун дикаха йолчу произведенешна юкъадогIу. Говза яздина, исбаьхьалла шеца йолуш ду иза. Дийцаран турпалхо Хелисат шен гергара нах болчу хьошалгIа яхча, церан лулахочо Забус, чу а кхайкхина, кхунна совгIат деш, кучана кIади делла хилла. ХIинца Забу Хелисат йолчу еана цо «ша тIе муха оьцу хьожур ша аьлла».
Забу ХелисатагIаьрга иза ган сагатделла а, я и шен гергара лоруш а, я цуьнца гIуллакх долуш ца еана, леррина цо ша тIе муха оьцу хьажа, иза зен еана ю, мацах цкъа ша цунна хьошалла дина дела. Забуна дагахь дац Хелисат шен берашца муха йоллуш ю хьажар, я хьалха ша цунна хьошалла а дина тесна долу гергарло чIагIдар. Оьздачу ойланца ца еана иза Хелисат йолчу. Ткъа оцо хоуьйту, мацах ша Хелисатана совгIат деш а, Забус иза даггара дина цахилар, нахана гергахь дика хила, ша йоцург ю моттийта гIерташ иза хилар. Автора и санна долчу хIуманашна дуьхьал хьажийна шен дийцар, адамийн амалшкахь нислуш долчу оцу сакхташца къийсам латтабо цо.
Дийцар тIерачу персонажийн шегара мах ца хадийна автора, амма царах лаьцна шена хеташ дерг исбаьхьаллин сурт хIотторца къеггина гучудаьккхина. Забу ХелисатагIаьргахь а Iийна, цо совгIатана коч а елла, новкъа а яьккхина дIайоьдуш яра. «Кхан доххал гена ялале, газет а даьстина, шена еллачу кIадене хьаьжира Забу. Дукха цунна реза цахиларна, цуьнан лахара балда, деман гала санна, хьаьвзина дIахIоьттира, ши цкъоцкъам айаделира, ши бIаьрг, гонаш оза а бина, эрчабелира, ирахъхьаьдда цуьнан хьаж, пондар санна, хебаршка а дахана дIахIоьттира». Кхузахь шера го вайна яздархо оцу шен персонажо лелочунна реза цахилар.
Говза хIиттийна ю дийцар тIера диалогаш. ХIора персонажан мотт шен къастамаш, шен башхаллаш йолуш бу. Масала, Хелисатан лулахочо Жарадата иштта дуьйцу: «Биронкъин да вижинчу кошор, со цхьанхьа яхча, сайна кучана кIади елча, гIайгIа ма хуьлу суна, юхаялар муха нислур ду-техьа бохуш, сагатдеш. Кортин Жабраила дешначу къорIанор, олучух ларлуш хьеша-дена шуьйттазза кучана кIади ма елла аса, цхьайттазза суна схьа ма елла. Елла юьсийла сан, цу сайна схьаделлачу кIадинах аса сайна цхьа коч тегнехь, я доьхкина, я хийцина юха дIаделла-кх. Мурца-Iелас дешначу къорIанор, дац уьш совгIаташ даларш, дош доцурш ду-кх».
Авторан ойла билгалйоккхуш ду дийцаран персонажан къамела юкъара хIара дешнаш: «Стеган вахарехь цхьа дезде деана — зуда ялийна меттиг хилча, кIант я йоI дешна даьлча, я хаза шен гIуллакх дан гIерташ воллу да-нана доцу жимха хьаста, цунна я уьш санна долу кхидолу гIуллакхаш бахьана долуш, шен дан тарлуччул совгIат дар хаза ду. Амма, схьаелла дела дIаяла еза бохуш и кучамаш дIай-схьай хуьйцуш лелош дерш ца оьшуш ду. Уьш дита деза вай».
Хамидовс къоман дахарехь долу оьзда гIиллакхаш, дика гIуллакхаш чIагIдо, ткъа моттаргIанаш лелор, наха а до иштта, бохуш, цаоьшург лело гIертар, дагахь цхьаъ долуш, тIехула кхин лело гIертаран хIумнаш беламе а дохуш, царна дуьхьал къийсам латтабо.
«Абубешар» цIе йолчу дийцар тIера коьрта персонаж Абубешар, балха ца воьдуш, деш-дуьтуш доцуш, ша кхаьч-кхаьчначохь даккхий хабарш дуьйцуш, дерриг цIийнан дукъ шен зудчунна тIе а диллина лелаш ву. Нахана а, шена а пайдехьа воцуш ша лелаш воллушехь, зуда шен куьйгакIела латтийчхьана, ша дика къонах хета Абубешарна. Нахана юккъехь даккхий хабарш дийцаррий, зудчуьнца къийсаррий бен, кхин гуьнахь а дац цуьнан. ЦIентIехь ша зудчунна гIо дича, шена тIе доккха эхь догIу моьтту цунна. Абубешаран лулахочо гIараваьлла дика тракторист волчу Мохьмада боху цуьнга: «И хьуна эхь ду моьттурш-м эхье хьаха дацара, Абубешар, эхь хьаха ду шен Даймахкана ямарт хилча, къола дича, деш а, дуьтуш а доцуш йорт етташ лелча, харц дерш дийцича, маларш мийлича, пачхьалкхан болх ца бича, шена вон а, ледара а гучунна и шена ца гуш санна тIехваьлча, воккханиг, да-нана, зуда ца лерича, цомгашчунна гIо ца дича, берашка ца дешийтича… – уьш а, и санна мел дерш а ду-кх эхь».
Абубешарна дезаш къамел дац иза. Цунна «дукха реза цахиларна, оьгIазвахана Iарж а велла лаьтташ волу Абубешар, нитт Iоттабелча санна, балдаш меттах а хьадина керта вахара». Амма тIаьхьо кхийтира Абубешар, кхийтира, ша хьийзош йолу Баянт дIа а яхана, ша цхьаъ висча.
«ГIирмасолтас яьккхина са» дийцар тIехь, нах Iеха а беш, махлелош волу ГIирмасолта гайтина.
Даймехкан тIом болчу хенахь Брест-гIап ларъеш да а вийна, байлахь йисина йолу шен кIентан йоI Лайла а кхобуш, гIийла Iаш яра йоккха стаг Маликат. ЙоIана ден цIарах догIучу пенсех жим-жимма охьадуьллуш ахча а IаIийна, цунна совгIатана хIумнаш эца яхана йолу Маликат чIогIа чIагIдеш харц дуйнаш бууш ле а йина, дукха безчу мехах цунна куз а, шал а доьхкира ГIирмасолтас. Иштта харц-бакъ а ца лоьруш, нах Iеха а беш, шена са йоккхуш ву иза. Шен хIума мехал еза йохка гIерташ, Делан цIарах къера дуйнаш буу ГIирмасолтас. Иза Делах а ца кхоьру, нахах эхь а ца хета цунна. Милицех-м кхоьру ГIирмасолта. ТIаьххьар а нах Iехорца са йоккхуш хиллачу ГIирмасолтина, лаьцна чу а воьллина, кхиэл кхайкхийна.
«Дурдий, Даргий» дийцар тIера Дурда маларо галваьккхина лелаш ву. Маларна тIаьхьаваларо дикачу балхах а вохийна, доьзалехь башха барт а бац. Цуьнан садаIар а, сакъерар а маларца бен дац. ЦIахь а, арахь а хаддаза малар ду цуьнан дагахь. Шена а, доьзална а пайдехьа вац Дурда, маларо дерриг а дIадаьккхина цуьнан.
Дахарехь галваьлларг бакъенга верзаран некъ гойту яздархочо шен дукхаха долчу дийцаршкахь. Иштта ду «Дурдий, Даргий» дийцар тIехь а. Дурда, балха а хIоьттина, нийсачу новкъа а ваьлла дIагIуриг хиларх тешам буьту авторо, шен дийцар дерзош.
Говза яздина ду Хамидов Iабдул-Хьамидан дийцарш. Исбаьхьаллин васт кхоллар, меттан башхаллаш, Iаламан сурт хIоттор яздархочо шена хьалха хIоттийнчу коьрта Iалашонца догIуш ду. Яздархочун дийцарш тIера хIора персонажан мотт шен башхаллаш йолуш бу. Церан маттехула а хIоттадо авторо шен персонажийн хIора а ша-тайпана долу васташ. Персонажийн чухуле, церан дагахь дерг, ойланийн кIоргенехь дерг билгалдаккха гIерта автор.
Шайн къеггина маьIна а долуш, аьхна Iаламан суьрташ хуьлу Хамидов Iабдул-Хьамидан произведенешкахь. «Абубешар» цIе йолу дийцар Iаламан суьртаца дIадоладо автора: «Iуьйре шийло яра. Генах хаьдда гIа наггахь дитта кIел охьадужуш хаалора. Дуьнен чохь йорт йиттина кIадъелча санна, мархаш ламанца набарна тевжинера. Стигалан гар, хи ца кхоош, йилча санна, цIена а, сийна а дара. Со лаьттачу хи йистерчу чхара тIера дIахьаьжча, аьрру агIор бIаьрго схьа ма лоццу йолчу арахь, дикачу дайша лерина куьг тоьхна, ялташ чу а дерзийна, ерзина яьхна аренаш яра гуш. Цхьацца меттехь етт а, эса а, уьстагIий а, цхьа наггахь ежаш говр а гора».
Оцу хазчу Iаламца догIуш дац Абубешаран ков-кертахь гуш долу сурт: «Кхузара дIахьаьжча, гуш колхозан эвлан йисттехь долу Абубешаран тиша цIенош дара. Уьш къаьсттина тиша а, ледара а хоьтуьйтура царна гуобаьккхина гуш долчу колхозникийн дикачу цIеноша. Абубешаран цIенойн тхов ах эрз буьллуш, важа ах гIодамаш дохкуш бина бара. Цуьнан цIенош юххехула тIех вер-верриг велакъежара, Абубешаран стохка дуьйна а доьхна, раз а даьлла лаьттачу кевнах бIаьрг кхетча».
Iаламан исбаьхьа сурт а хIоттийна, тIаккха гайтина автора тишъелла, тIекхетта йоллуш, тоярхьама куьг тухуш а йоцуш, нах бела а боьлуш лаьтташ йолу Абубешаран цIенойн къепал. И ши сурт вовшех дустуш санна гайтаро алсам доккхуш хета шолгIачу суьртан ирча гар. Абубешар ледара къонах хилар кхин цкъа а гучудоккхуш ду цуьнан цIенойн декъаза сурт.
Адамийн ледарлонаш а гойтуш, дахарехь новкъарло еш долу хIуманаш гучу а дохуш, царна дуьхьал къийсам латторан ойла кхиайо автора шен дийцаршкахь.
Хамидов Iабдул-Хьамидан драматургически произведенешна юкъа йогIу «Лийрбоцурш», «Бож-Iела», «Совдаттий, Дауддий», «Ламанан йоI», «ТIам сийна кхокха», «Мохсолтийн доьхна де» цIерш йолу пьесаш. Нохчийн драматургехь, театрехь шайн билггалйолу меттиг дIалаьцна произведенеш ю уьш.
«ТIам сийна кхокха» пьеса берашна лерина ю. Кхаа декъах, ворхI суьртах лаьтташ а йолуш, гIеххьа йоккха драматически произведени ю иза. Туьйра-пьеса аьлла, билгалъяьккхина автора цуьнан жанр. Нохчийн барта кхоллараллин сюжетех пайда оьцуш, барта произведенийн персонажаш юкъаялош, язйина пьеса. Халкъан барта дийцаршкахь, туьйранашкахь санна, Iаьржа-Хожа а, Жоьра-баба а ду пьеси тIехь, тIам сийна кхокха а бу. Кед-кедал бIаьргаш болуш, маьрс-маьрсал цергаш йолуш волчу инзаре воккхачу Iаьржа-Хожас нахана даккхий зенаш до, кест-кеста юьрта а вогIуш бежнаш дIакхуьйлу, нах а дIабуьгу. Юьртахь тоьлла болу кIентий Лечий, Лоьмий воьду Iаьржа-Хожех лата. Майра кIентий бу уьш. Юьртахь вац цу шиммочул нийса пха тухуш иччархо, юьртахь вац цу шинначул дика эраш долуш таллархо. Шен ши кIант Iаьржа-Хожех лата новкъа воккхуш, нанас Бикатус олу цу шинга, шух дог-м лозу сан, «делахь а хIара санна де эшначу хенахь лата вина ас шуьшиъ. Хожех кхералой юха ма верзалаш, сан ши кIант, ас бехк боккхур бу шуьшиннех». Нохчийн иллеш тIерачу нанойх тера ю Бикату, церан ойла ю цуьнан кийрахь ерг а.
Майра летара Лечий, Лоьмий инзаре ницкъ болчу Iаьржа-Хожех. «Стигалхула лела олхазар мас таса ца даьхьачу, лаьттахула лела акхарой берг тоха ца яьхьачу кху сан махка тIе вала шуьшиъ муха ваьхьна?», – бохуш, буьрса леташ ву Iаьржа-Хожа а. «Ца богIу ницкъ беш миска нах хьийзош, аттах хоттавелларг шен аттах воккхуш, етт боцуш виснарг шен сих воккхуш, бехк боцу гIийла нах къиза хьийзош ву хьо, сийдоцу Хожа», – олий, дарлой, тарраш детташ, кхин а чIогIа лета Iаьржа-Хожех ши ваша. Амма ямартчу Хожас, тешнабехк а бой, кIоргачу гIуна чу вожаво Лечий, Лоьмий.
Масех шо даьллачул тIаьхьа хиира Куьйрина шен вежаршна хилларг. Лечий, Лоьмий санна, майра, къонахалла йолуш хьалакхиънера Куьйра. Ненера пурба а даьккхина, шен ши ваша кIелхьарваккха воьду иза. ЧIогIа вовшахлета Iаьржа-Хожий, Куьйрий. Шен кIант Iаьржа-Хожа эшо воьлча, цунна гIо дан йогIу Жоьра-баба, стигал къекъош, стелахаьштиг детташ, мох болуьйтуш. ШайтIанаш а шайна гIоьне кхойкху цу шимма. Амма Куьйрина гIо дан а богIу мацах тIам лазийна гIелбелла хилла болу, кхуо дарба лелийна то а бина, дIахецна хилла тIам сийна кхокха. Оцу тIам сийначу кхокханан гIоьнца Iаьржа-Хожа эша а вина, Лечий, Лоьмий, Куьрийн безам болу хаза йоI Маьлха-Аьзний, кхиболу юьртахой паргIат а баьхна, цIехьа бирзира уьш. Адамаш Iаьржа-Хожийн балех девлира.
Пьесин коьрта маьIна иза чекхйолуш далийнчу дешнашкахь ду: «Халкъана гIуллакх дар уггар а деза ду. Сий хуьлда даима халкъан ирс лоьхучун».
Ша язйинчу хенахь боккха кхиам хилла «ТIам сийна кхокха» пьесин, 1959 шарахь драматургически произведенешкахула республикехь дIаяьхьначу конкурсехь лаккхара мах а хадийна, преми еллера цунна.
“Ламанан йоI” кхаа декъах лаьтташ драма ю. Къоман театро 1960 шарахь хIоттийна Хамидов Iабдул-Хьамида А. Алексеев соавтор а волуш язйина граждански тIеман хенахьлера гIуллакхаш гойтуш йолу “Ламанан йоI” пьеса. «Кху тIехь дуьйцуш долу гIуллакхаш хилла зама – 1918 шо, сентябрь бутт» аьлла, билгалдина автора. Пьесин коьрта турпалхочун Маремин вастехула Соьлжа-ГIалахь бIе дийнахь лаьттинчу тIемашкахь турпалаллица йоьжначу нохчийн йоьIан Арсанова ПетIаматан хьуьнаречу дахаран цхьа мур гайтина пьеси тIехь. Нохчийн литературин классик волчу Арсанов СаьIид-Бейн йиша яра тIамехь лор-йиша хилла дIакъалаьцна йолу Арсанова ПетIамат. ТIеман халчу хьелашкахь доьналла, хьуьнар, адамалла гайтарна, истори юкъаяхана ПетIамат.
Хамидов Iабдул-Хьамидан пьесин турпалхо лор-йиша хилла ца Iаш, божаршка нийсса юй-техьа аьлла, тIемало а ю. ЙоьIан эхь-бехк а, тIемалочун майралла а ю цуьнца. ТIеман халчу хьелашкахь шен оьздангаллех ца йоьхна драмин турпалхо. Нохчийн йоьIан сий а, шен цIе а ларъеш чекхъяьлла иза.
Тайп-тайпана мах хадабора «Ламанан йоI» драмин иза язйинчу хенахь, амма Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь оцу пьеси тIехь хIоттийна спектакль еххачу хенахь лаьттира.
Хамидов Iабдул-Хьамидан дукхаха йолчу пьесийн чулацамехь дерг кхин хIумма а тIе а ца тухуш, ма-дарра дахарера схьаэцча санна хеталуш ду.
«Мохсолтин доьхна де» цIе йолу пьеса а ишттачарах ю. Цхьана декъах лаьтташ ю и жима сатирически произведени. Пьеси тIехь коьртаниг сатирически басаршца кхоьллина ХIуьлкаев Мохсолтин васт ду. Керла хIоттийна райпон председатель Мохсолта юьхьанца куьйгалхо хила хьакъ волуш хетало. Шайн гIуллакх дахьаш цунна тIебаьхкина нах Мохсолтина мелла а реза боцуш бистхилча, цуьнан секретарь йолчу Хьавраа боху: «Соьца-м вац и вон. Хьаькамашца а чIогIа хаза гIиллакх лело хууш ву. Кхуза и балха ваийтинчу вайн райисполкоман председателан заместитель волчу Дагаевс «чIогIа гIиллакх долуш а, болх бевзаш а стаг ву и» олу хезна суна». Амма тIаьхьа, аьлча а, сихха билгалдолу Мохсолтас «хаза гIиллакх» хьаькмашца бен лелош цахилар. Берийн яслин заведующи Саибат йогIу Мохсолтина тIе яслина оьшуш йолу шифер язъяйта. Юьхьанца, иза райисполкомехь балхахь ю моттаделла, цуьнца чIогIа кIеда-мерза, гIиллакхе хуьлу Мохсолта, оцу сохьта цунна цхьа бIе шифер а язйо. Ткъа Саибата, ша-м яц райисполкомехь балхахь, ша яслин заведующи ю аьлча, цунна шифер язйина кехат схьадоккху Мохсолтас, Iаламат кIоршаме къамел до, кабинет чуьра араяккха дагахь а ву. Цул тIаьхьа Саибатан цIийнда райисполкоман председатель хилар шена хиъча, оцу минотехь хийцало Мохсолта, дукха чогIа гIиллакх дуссу цуьнга. Мохсолтин гIиллакх догIуш а, доьдуш а ду. Шена пайдехьа хир ву аьлла, хетачу стагаца Iаламат гIиллакхе волу Мохсолта, кхечаьрца чIогIа кIоршаме хуьлу.
Ша куьйгалла дечу меттехь болх дIабодахьара, дика хилахьара аьлла, саготта а вац Мохсолта. Кхуо тIе куьг а яздина, шен хеннахь кехаташ дIа цадаларна, схьаэца дезаш долу товар довш ду аьлла, шега хаам бича, «и-м дахь а кхин яздойтур дара», – боху Мохсолтас. Ша бахьана долуш районна доккха зе хиларх шек ца волу иза. Iаламат ледара куьйгалхо ву Мохсолта. Иза дика куьйгалхо хуьлийла а дацара. Дешна а вац, я мегарг болх бина а вац, шена харц кехаташ а нисдина, цаьрца балха хIоьттина ву. ХIинца ша хьаькам вахча, хIумма а товелла а вац, товала гIерташ а вац я товала хуур долуш а вац. Хьарамлонца нисдинчу хIуманах беркат ца хуьлу. Куьйгалхочун Мохсолтин болх а беркате ца хилира нахана а я цунна шена а.
Шен доьзалца а ца хилла Мохсолта хьанал.
Стагана ша дина дика а, ша дина вон а дуьхьалдолу. Диканиг диканца дуьхьалдолу, вониг вонца дуьхьалдолу. Мохсолтас дина дика, схьахетарехь, дан а дац, ткъа ша дина вонаш цхьана дийнахь дуьхьалдевлира цунна. Оцу дийнах Мохсолтин доьхна де хилира.
Хамидов Iабдул-Хьамида шен пьеси тIехь Iора а дохуш, шайна дуьхьал къийсам латтош долу хIуманаш вайн дахарехь хIинца а долуш ду. Уьш гучудахарехь, адамийн ойла царна дуьхьалъяккхарехь мехала ю «Мохсолтин доьхна де» цIе йолу пьеса.
Хамидов Iабдул-Хьамидан драматургически говзалла къеггина билгалйолу забаре, беламе чулацам болчу произведенешкахь. Царна юккъехь шен исбаьхьаллица къаьсташ ю «Бож-Iела» цIе йолу комеди.
«Бож-Iела» комеди Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллехь хилла ца Iаш, ерриге нохчийн драматургехь а мехала произведени ю. Iаламат боккха кхиам хилира комедин. Ира сюжет, цIена, исбаьхьа мотт, шен чулацамехь дерг дахарца догIуш нисдар, васташ ша-тайпанчу комедийни кепехь кхоьллина хилар дара оцу пьесина кхиам беънарг.
Авторан дуккха а зеделларг дара забаре, сатирически произведенеш язъярехь. «Бож-Iела» комеди тIехь къастийна йолу проблемаш драматурго шен хьалхалерчу кегийчу произведенеш тIехь а хIиттийнера. «Абубешар», «ГIирмасолтас яьккхина са» дийцаршкахь а, «Абубешар» дийцаран чулацам тIехь язйинчу изза цIе йолчу жимчу пьеси тIехь а авторо беламе йохуш гайтинера адамийн амалшца йолу ледарлонаш, дахарехь нислуш долу сакхте гIуллакхаш. Изза проблема шуйра а, кхидIа кIаргъеш а къастийна «Бож-Iела» комеди тIехь а. Комедин чулацам чолхе бац, цу тIера хиламаш шайх атта кхетар волуш бу, персонажийн къамелаш къеггина маьIна а долуш, исбаьхьчу маттаца ду.
Драматургически произведенин коьрта башхалла ю цуьнан сюжетан бухахь къовсам хилар. Вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьттачу ницкъашна юкъара къовсам бу драмехь сюжет кхуллуш берг. Бож-Iелиний, цунна гонахара цхьаболчу наханий юкъарчу къовсамах лаьтташ ю «Бож-Iела» комедин сюжет. Цул совнаха, Бож-Iела ша-шеца а ву къийсамехь, шен амалера цхьадолу хIуманаш дуьтуш, царах паргIатволуш ву иза.
Коьрта турпалхочун Бож-Iелин кхечу персонажашца йолчу юкъаметтигашка хьаьжжина масех сюжетан зIе билгалйолу комедехь: Бож-Iелий – Сутарбий, Бож-Iелий – Зулай, Бож-Iелий – Маймий, Бож-Iелий – Абубешар. Оцарах хIоранца а Бож-Iелин йогIучу уьйрашца гучуйовлу цуьнан амалш, къоман гIиллакх-оьздангаллех лаьцна болу кхетам, адамашка а, дахаре а цуьнан йолу шовкъаш а, хьежамаш а.
Комеди тIехь алссам гайтина ю Бож-Iелин, Сутарбин юкъаметтигаш. Шайн дуьненан лехамашца вовшашна нийсса дуьхь-дуьхьал ву и шиъ. Сутарби шен сутаралло ваьккхина лелош ву. Муьлххачу хIуманна тIехь а шена са яккхар, пайда бар дагахь ду Сутарбина, хьарам иза хиларх шек а ца волуш. Туьканахь волуш цо дина къоланаш бахьанехь бархI шо хан а тоьхна, чувоьллина хилла Сутарби. Царах пхи шо чохь даьккхинчул тIаьхьа «болх дика барна хьалххе цIа ваийти ша» боху цо. Амма хIетте а кхетам чу ца веана, юха а йохк-эцар тIехь хьалхалерра хьарамлонаш лелош ву.
Бож-Iела чIогIа реза вац Сутарбис лелочунна. «Милк санна, ворта а йолуш, верстина ваттIа воллуш ву хьо. И хIуманаш а дитий, цхьанхьа, хьайга балун боллучу балха гIо», – боху цо Сутарбига. Бож-Iела хьарамлонца гулдина хьал дезаш вац. Сутарбис шега йохка-эцаран декъа вола, тIаккха ахча хир ду хьуна аьлча, сацам боллуш жоп ло цо: «Деллахьа, Сутарби, со-м хьанала къоьлла тоьлуш хеташ ма ву, хьарамчу хьолал».
Сутарбис, шен долахь мелла а хIума йолуш ю аьлла, зуда шена хьахийча, Бож-Iелас боху: «ХIума йолуш ю аьлла, зуда ялор, маре вахар хеташ ву со».
Цу тайпана, Бож-Iелин Сутарбица йолчу юкъаметтигашкахь билгалдолу иза хьарам хIума лелор доцуш, хьаналчу къинхьегамца ваха лууш хилар. Бож-Iела цхьадолчу ширчу хIуманашна тIегIерташ велахь а, шен ойланца цIена ву, шен амалшкахь къонахаллин билгалонаш хаалуш а ву. Таро йолу зуда а ялийна, цуьнан хьола тIехь ваха хуур волуш вац иза я осалаваьлла дуьненан хIума лоьхур долуш а вац.
Бож-Iела дуьхьал ву Маймин бозбуанчаллашна а, Абубешара дечу десачу къамелашна а, цуьнан декъазчу кураллина а. Абубешар, Маймий, Сутарбий дахарна тIаьхьабисина нах бу, шайн амалшца сакхташ долуш а бу. Бож-Iела цара шайн тобанах ларахь а, царах дикка къаьсташ ву. Амма царах дикачу агIор къаьсташ велахь а, алссам ледарлонаш ю Бож-Iелица а. Ша-шех дозалла деш, шех тоам бина стаг ву иза. «Дукин ирзехь саьрмико цIога тоьхна бIаьрг баьккхинчу БугIин Лом-Iелин кIант Бож-Iела ву ша», – олу цо дозаллица. Шегахь къонахалла а хета цунна, къоман гIиллакхашца вехаш а лору цо ша. Амма Бож-Iелина шех хеташ дерггий, цо лелош дершший цхьаьна ца догIу. Уьш цхьаьна цадаро беламе а воккху иза.
Мала а мелла, некъана генна йистехь лаьттачу зIенан бIогIамна тIетоьхна машен а йохийна, ша балхара дIаваккхийтина Бож-Iелас. ХIинца хIургон тIе балха гIо аьлча, ца воьду. Шен сий лахлуш хета цунна хIургон лело вахча. Маларх ветталуш, деш хIума а доцуш, цкъа цхьана колхозе воьдуш, тIаккха вукху совхозе воьдуш, машен тIе балха ваха меттиг лоьхуш ву ша бохуш, лелаш ву Бож-Iела. ХIусамнанас Зулайс боху цуьнга: «Ма ца оьшурш леладо ахь! Уьш а дитий, хьайга гIо боххучу балха гIохьа. Ахь болх дика бахь, юха а машен тIе воккхур ву хьо». Амма Бож-Iела ца веша хIургонахь болх бан: «Пхеа шарахь трактор а лелийна, итт шарахь шофер а лелла, хIинца хIургон тIе вахар, говрара вир тIе хаар санна хIума ду. Нах стигал оьхуш лаьтташ, со хIургон тIе ваха веза-кх», – олий хададо цо.
Зулай колхозехь тоьлла хьелийозархо ю. Шен дика хьелий кхечуьнга дIа а делла, цуьнгара машанна ледара долу, гIийла бежнаш шега схьаэцна цо. Бож-Iела реза вац шега ца хоттуш Зулайс иза дарна: «Ас хьоьга нахана гIуллакх ма де ца боху. Соьга хатта а ца хоттуш, ахь уьш дIа хIунда делира боху?». Зулай цхьадолчу кхечу хIуманаш тIехь а яц Бож-Iелин лааме башха ладугIуш. Масала, цIийндас шена чIогIа дихкиннашехь, «клубе а яхана, цкъа хелха сатта-м йоллу» ша олий, гIабали оьций, клубе йоьду иза. Зулай керлачу заманан керла стаг ю. Бож-Iела нохчийн гIиллакхашна, Iадаташна тIегIерташ ву. И ду Бож-Iелин, Зулайн къийсамна бухахь дерг.
Хамидов Iабдул-Хьамидан «Бож-Iела» комеди дIадаханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь язйина ю. Оцу заманан лехамаш, цу хенахьлера идеологи ю пьесин чулацамехь ерг, цуьнца доьзна ду пьесин маьIна а. Бож-Iела тIаьххьаре а тIевирзира Зулайс а, цуьнан магIарехь болчара а бохучунна. Иштта ю Бож-Iелин тIаьххьара монолог: «… айса лелораш нийса хиларх со шекволлушехь, дахар керла хилча, гIиллакхаш керла хила дезий а ца хууш, сонта мел дерш лелий ас. Цундела, шуна ма-гарра, балхах а, зудчух а, нахах а вели со, цу тIе сонта ву аьлла, цIе а яха сан. Массо хIуманал а хала ша-шен вовза хилла. Ша-шен вевзича атта хилла шен вон долчух а, дика долчух а кхета. Хьалххехь кхеттехь дика дара дан. Делахь а, оьрсашний дайна, цкъа а ца кхеташ хуьлучул, тIаьхьа кхетта а кхетча тоьлу». Оцу дешнашкахь билгалдолу пьесин коьрта маьIна а.
«Бож-Iела» комедин мотт нохчийн халкъан меттан исбаьхьаллица кхелина бу, дукхаха йолу репликаш ирачу аларех лаьтташ ю. Персонажаш, къамелаш деха а ца деш, сцени тIехь вовшашца сих-сиха хийцало. Уьш дикачу драматургически произведенийн билгалонаш ю.
Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь хIоттийра «Бож-Iела» комеди. Театран директор волчу Хамидов Iабдул-Хьамида пьеса язъешшехь коьрта ролаш билггалболчу актерашна леринера, муьлха актер муьлхачу персонажан роль ловзош хир ву билгал а дина, церан корматалла тидаме а оьцуш, кхоьллинера коьртачу персонажийн васташ. ГIарабевлла болу халкъан артисташ бара комедин коьрта ролашкахь: Давлетмирзаев Iабдул-МутIелип (Бож-Iела), Дениев Iаьльви (Сутарби), Исаева Асет (Майма). Лаккхарчу исбаьхьаллица язйинчу пьеси тIехь лаккхара корматалла йолчу актераша инзаре дика спектакль хIоттийра. Цхьана а кхийолчу пьесин ца хиллачу тайпана боккха кхиам хилира комедин. Оьрсийн литературин классикан Н. В. Гоголан шуьйра евзаш йолчу «Ревизор» комедица юстура иза хIетахьлерчу зорбанехь.
Комедин коьрта персонажаш Бож-Iела, Сутарби, Майма харцахьарчу амалшца йоллушехь, шайн исбаьхьчу маттаца, хазачу забаршца, шаьш цхьа ша-тайпа беламе хиларца нахана езаелира. Къоман барта произведенийн персонажийн цIерш санна, нахана юкъа яьржира церан цIераш, гуттаренна а халкъа юкъахь йиса а йисина. Пьеси тIера дукхаха долу ира аларш кицанашка а дирзина, нохчийн матте даьхкина. Масала: «Девнах шура ца йогIу», «Ахьар дезачо хьера ваха мало ян мегар дац», «Юучу хIуманийн паччахь жижиг-гала ду», «Дика нах-м шорта хьаха бара, комаьрша нах кIезиг бу-кх», «Метиг санна, дукха хьайгахьа ву хьо». «Ша шакарца тамаш балла доккха хIума ду и».
1967 шарахь дIаяьхьначу драматически произведенийн Ерригсоюзан конкурсехь кхоалгIачу даржан диплом делира “Бож-Iела” пьесина. Оцу пьеси тIехь спектаклаш хIиттийна Къилбаседа Кавказерчу республикийн ерриге а бохург санна драматически театраша. Нохчийн драматически театран сцени тIехь ша язйичхьана дуьйна таханаллац боккхачу кхиамца хаддаза хIиттош ю и комеди.
Цу тайпана, Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллехь дукхаха ерш забаре, сатирически произведенеш ю, масала, «Абубешар», «ДIа – коч, схьа – коч», «Дурдий, Даргий”, «ГIирмасолтас яьккхина са», «Хингал» цIерш йолу дийцарш, «Бож-Iела», «Мохсолтийн доьхна де» цIерш йолу пьесаш. Цаьрца цхьаьна яздархочун кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш ю драматургин кхечу форманашкахь язйина произведенеш а. Царах ю вай лакхахь хьахийна драмаш «Ламанан йоI», «Совдаттий, Дауддий», берашна лерина туьйра-пьеса «ТIам сийна кхокха», турпалаллин драма «Лийрбоцурш». Уьш мехала драматургически произведенеш ю.
Царна юккъехь къаьсттина билгалъяккха еза «Лийрбоцурш» цIе йолу драма. Нохчийн къоман сийлахьчу кIантах Советски Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех а, цуьнан накъостех-тIемалойх а лаьцна ю и пьеса. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь цхьа эзар гергга мостагI хIаллаквинчу пулеметчикан Нурадилов Ханпашин цIе гIараяьлла евзина ерриге пачхьалкхехь. Цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш кхечарна масалла хилла лаьттина. Луьрчу тIамехь халкъан маршо ларъеш, шен къона дахар дIаделлачу Нурадилов Ханпашин цIе гуттаренна а йисна Даймехкан исторехь, къоман иэсехь. Хамидов Iабдул-Хьамида ша пьеса язъян волавалале, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хенахьлерчу документашна тIехь еххачу хенахь болх а бина, дуккха а материл гулйина хилла Нурадилов Ханпашин бIаьхаллин хьуьнарх лаьцна. Оцу исторически бакъдолчийн буха тIехь язйина драматурго шен «Лийрбоцурш» турпалаллин драма.
Фашистски Германис ямартлонца тIом болийча, дерриге а халкъ Даймохк Iалашбан мостагIчунна дуьхьалдалар гайтина пьеси тIехь. ТIеман арахь бIаьхоша а, тылехь хьаналчу къинхьегамца дерриге адамо а мостагIчунна тIехь толам баккхарехьа латтийна турпала къийсам бу пьесин чулацамехь. Гитлеровски фашистех вайн Даймохк Iалашбан гIевттинчу бIаьхойн къонахалла, майралла, шаьш кхиийна даймохк барам боцуш царна дукхабезаш хилар гайтина авторо.
Турпалаллин драма дIайолало дагах кхетачу авторан дешнашца: «Хьоме доттагIий, зама дIаоьху, оьхур а ю. Амма адамийн дегнаш чуьра цкъа а дIаяьлла яц я ер а яц Даймехкан тIеман буьрсачу деношкахь, вайн халкъан сий, ирс лоьхуш, шайн синош дIаделлачийн сийлахь цIерш. Оцу сийлахьчу цIершна юкъахь ю Нурадилов Ханпашин а, цуьнан накъостийн а цIерш. Бала къона бара Нурадилов а, цуьнан накъостий а. Амма къонахийн дахар шерашца дагардеш хила ца деза, цара шайн халкъана динчу гIуллакхашца дагардеш хила деза.
БIе шарахь ваьхнарг а ца ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ца ваьхнехь, ткъа шарахь ваьхнарг а ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ваьхнехь.
Суна лаьа, доттагIий, цкъа а лийрбоцчу башхачу турпалхойх дерг шуна дийца. ЛадогIалаш сан дийцаре!».
Иза пьесин пролог ю. Цу тIехь билгалйолу авторан Iалашо а, пьесин тема а.
Шен барамехь гIеххьа йоккха ю пьеса. Прологах, ворхI суьртах долчу кхаа декъах, эпилогах лаьтташ ю иза. Пьеси тIехь 29 персонаж ю: ЦIечу Эскаран эпсарш, салтий, дошлойн эскадронан тIемалой, немцойн эпсарш, салтий, гестаповцаш, эвлара зударий, кхиболу наххий. Пьесин хиламаш тайп-тайпанчу меттигашкахь кхочушхуьлу: нохчийн юьртахь, Украинехь, Сталинградски фронтехь, немцойн блиндажехь.
Пьесин сюжет, цу тIера хиламаш кхиар иштта ду:
Хьалхара сурт – нохчийн юрт, машаре дахар, Нурадилов Ханпаша эскаре ваха новкъа ваьлла, тIом болабалаза бу.
ШолгIий, кхоалгIий суьрташ – тIом боьдуш бу, Украинерчу Захаровка эвлана гена йоцчу хьуьнан йийстехь мостагIчунна тIамца дуьхьал лаьтташ бу Нурадилов Ханпаша а, цуьнан накъостий-тIемалой а. Дика кечам а бина, мостагIчунна рогIера тIелатар кхиамца чекхдоккху цара. Дуккха а фашисташ хIаллакбина, ворхI йийсаре валийна. Нурадилов Ханпаша пулеметни расчетан командир хIоттаво.
ДоьалгIа сурт – Каметин хIусам. Зударий бу тIемалошна яхьийта бедарш а, яа хIума а кхоьхьуш . Тешнабехкаца чу а вогIий, Исраьил нуьцкъаха Камета шена йига гIурту. Каметас, шалгу топ схьа а оьций, дуьхьало йо. И шиъ вовшийн карах ле.
ПхоьалгIа сурт – Сталинградски фронт, Серафимович-гIалина юххехь. 1942 шеран август бутт. Нурадилов Ханпашас хIинцале ялх бIе ах бIе фашист хIаллаквина, пхиъ пулеметни точка йохийна, шийтта мостагI лаьцна каравалийна. Лакхарчу сержантан дарже а ваьккхина, пулеметнин шина взводан командир хIоттийна иза. Нурадиловн бIаьхоша шайна тIедехкина тIеман декхарш кхиамца кхочушдо. Шайн магIаршкахь зенаш хиллехь а, мостагIчун луьра атака юхатоьхна цара.
ЙолхалгIа сурт – немцойн блиндаж. Минанаш тIе а нисвелла, чевнаш а хилла, гIелвеллачул тIаьхьа шаьш каравалийна Баркинхоев, Федоров леван гIерташ бу гестаповцаш. Амма мостагIчунна оьшуш долу цхьа дош ца долу цу шингара. Федоровна тоьпаш туху, Баркинхоев кIелхьарвоккху тIекхиинчу Ханпашассий, Бульбассий.
ВорхIалгIа сурт – Сталинградски фронт. Йогучу гIалин цIерш. Цхьана борза тIехь долчу ор чохь оборона лаьцна севцца бу Нурадилов, Баркинхоев, Бульбий. Пулемет дIа а хIоттош, тIамна кечам бо цара. Цхьа гIап бен пулеметан патармаш дац, цхьаъ бен граната а яц. ХIорш лоьхуш болу немцой тIекхочуш лаьтта. Фашистийн арданг йоккха ю, хIорш кхоъ бен вац. Iаламат халчу тIамехь алссам мостагIий хIалакбеш, турпалаллица Iожалла тIеоьцу кхааммо а.
Пьеса дIайолалуш ма-хиллара, иза чекхйолуш, эпилогехь а ондда дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн дахар! Хьоме накъостий, вайн ирс, паргIато Iалашъеш, шайн синош дIаделлачу сийлахьчу советски салтийн сий деш, хьалагIовтта! Диц ма де, тахана а дуьнен чохь маьI-маьIIехь тIамо ягош гIаланаш, ярташ хилар, дойуш зударий, бераш хилар.
ТIеман цIе яйна яц. Шайн кхане йоцурш, шайн тахане яхъян гIерташ, герзе кхийда. Сема хила, доттагIий, латта хIинца а халкъан мостагIех цIандаза ду! Сема хила!».
Даймохк Iалашбеш, халкъан паргIато ларъеш, турпалалла гайтина бIаьхоша. Цара, майраллех, доьналлех ца бухуш, даймехкан мостагIашна дуьхьалбевлла, халкъан сий лардеш, дIаделла шайн синош. Уьш эша ца белла луьрчу мостагIашка, фашисташна тIехь толам боккхуш, турпалаллица эгна сийлахь тIемалой. Дерриге халкъ ду мостагIчуьнца болчу къийсамехь турпалалла гайтина. Иза къеггина билгалдолу пьеси тIехь. Цундела аьлла авторо шен пьесех турпалаллин драма. Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен чулацамехь адамийн майралла, доьналла гойтуш йолчу драматургически произведених олу турпалаллин драма.
Даймехкан тIамехь адамийн патриотизм, майралла, доьналла гайтина йолу турпалаллин драма ю «Лийрбоцурш».
Пьесин хьалхара дакъа дIадолало Ханпашин, Мутин диалогаца. Эскаре ваха новкъа ваьлла Ханпаший, фински тIамехь чов а йина, цIа вогIуш волу цуьнан ваша Мутий дуьхь-дуьхьал кхета. Мутина, цкъа делахь, хазахета шен ваша воккха а хилла, эскаре воьдуш, шолгIа делахь, цуьнан шел жимчу веше йолу къинхетаме ойла а хаало кхузахь. Ханпашига боху цо: «Ден, ненан марзо ахь ца эцна дела, со вара хьуна, жимма айса терго-хIума а еш, хьо деша вохуьйтур бохуш». Амма, шен ваша эскаре ваха лууш, доьналла долуш, къонахалла йолуш хиларх воккхаве Мути. Ханпашина хьехар до цо: «Эскар къонахийн меттиг ю. Салтий вовшийн гIо деш а, терго еш а хила беза. Яхь йоцчу кIантах дан хIума дац. Яхь хила еза. Молханан хьожа йогIуш зама ю хIара, Ханпаша. ТIом эккхаран сахьт дац. Iедална а, нахана а гергахь хьайн дика цIе йоккху агIо лаха». Иштта хьехар дина, эскаре хьажаво Мутис шен ваша. Шен коьртара куй Ханпашина а туьллий, цуьнан куй шена туьллу Мутис: «Саьмгалан хьожа а йогIуш бу хьуна и куй, гIоза а, декъала а лелабойла ахь и!» – олий. Ханпашас а боху: «И сан куй а бу хьуна, Мутий, мехкадаьттанан хьожа а йогIуш, ахь и а лелабойла гIоза а, декъала а!»
КIорггера маьIна ду оцу суьртан. Даймохк Iалашбаран, къинхьегамца цуьнан хьал дебора ламасташ хедаш дац, уьш, баккхийчаьргара кегийчаьрга а кхочуш, дехаш ду, даима даха дезаш а ду. Адамийн дахаран коьрта гIиллакх ду и.
Ерриге пьесах чекхдолуш ду Нохчийчоьнан оьздачу кIентан, майрачу бIаьхочун Нурадилов Ханпашин турпала васт. Пьеси тIехь драматурго исбаьхьаллица гайтина шен турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш, цуьнан шен накъосташца йолу юкъаметтигаш, Каметига болчу цIенчу безаман ойланаш.
Лаккхарчу айамца кхоьллина авторо Нурадилов Ханпашин накъостийн-бIаьхойн Соловьевн, Баркинхоевн, Бульбин, Федоровн, Гнездиковн, Асановн васташ а. Вайн махка Iазап дахьаш веанчу мостагIчунна тIехь толам баккхархьама, шайн синош дIадала а кийча бу уьш. МостагI мел ницкъ болуш велахь а, цунна тIехь толам боккхург хиларх даггара тешна бу пьесин турпалхой. Вовшашна чу садиллина,, цхьа барт болуш, доьналла, майралла йолуш гайтина тIемалой. МостагIчух озавалар, кхеравалар хIун ду ца хаьа царна. Царах хIоранна а шен-шен амал билгалйолу пьеси тIехь.
Драматурго мух-мухха а ца гайтина мостагIий а, уьш ондда ницкъ болуш, тIелата а хууш, шайгахь майралла а йолуш бу, амма церан къизалла гучуяьккхина.
Къеггина гучудолу пьеси тIехь тIамо деш долу зенаш, адамашка деана вон, церан гIайгIанаш-баланаш. Юьртахь биснарш беккъа зударий бу. ТIамехь цхьаннан цIийнда вийна, вукхуьнан – кIант, кхечуьнан ваша вийна. ХIетте а церан дегнаш чIагI ца делла, къинхетам бу цаьргахь, комаьрша бу уьш. Нохчийн зударий Бикату, Бесират, Аза, Ану, Хьава, Зина, кхиберш а тIаме баханчу божарийн меттана белхашкахь бу. Азас боху, тIом балале, шиммо, кхааммо деш хилларг хIинца цхьаммо а деш, далург а, цадалург дан гIерташ дохку адамаш. Анус тIетуху: «Ахьа-м баккхийнаш буьйцу. Массо а бер а-м ду, таса а делла, шайн хирг дан гIерташ доллуш». Фронте тIемалошна яхьийта хIуманаш яхьаш баьхкина уьш Бикату хIусаме. ЦIенчу даггара, шайгара мелла а хилла а тIемалошна гIо хилахьара аьлла, хеташ, йохьуьйту цара шайн йолу-йоцург. Драматурго говза кхоьллинчу диалогашкахь билгалдаьккхина, деанчу воно шайн къинхетамен ойланех уьш бохийна цахилар.
Пьесин башхаллех ду хIор персонажан амалехь долу коьртаниг къаьсташ билгалдалар.
Иза кхочушдина говза хIиттийнчу персонажийн йоццачу репликашкахь а, кIеззиг йолчу авторан ремаркашкахь а. Шайн къамелаш дах а ца дойтуш, персонажаш сих-сиха хийцайолуьйту драматурго. ХIораннийн къамел чулацаме, шен маьIна долуш хуьлуьйту. Оцу хьелаша дог доуьйту пьеса еша а, сцени тIехь хIотточу хенахь цуьнга хьажа а, таро хуьлуьйту авторан ойланах кхиа а.
Буьрсачу тIамехь цхьа эзар гергга фашист хIаллаквина турпалчу пулеметчика Нурадилов Ханпашас. ТIеман даккхий хьуьнарш гайтина цуьнан накъосташа. Даймахкана дIаделла цара шайн къона дахар. МостагIчунна тIехь толам боккхуш, тIеман арахь турпалаллица эгна уьш. Даймохк Iалашбеш, халкъана паргIато йоккхуш велларг адамийн дегнашкахь гуттаренна а вуьсу, тIекхуьучарна масал хуьлий лаьтта цуьнан цIе. Цундела аьлла автора шен турпалхойх «Лийрбоцурш», адамашна уьш бицлург цахилар чIагIдеш.
Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла, цуьнан драматургически произведенеш, сатирически дийцарш, цо театрехь дина гIуллакх Iаламат мехала ду къоман литература, театр, культура кхиарехь.
Цуьнан пьесаш тIехь хIиттийна спектаклаш хIинца а йоккха меттиг дIалоцуш ю нохчийн къоман театран репертуарехь.
ПРОИЗВЕДЕНЕШ
НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Абубешара лаьттах тоьхна куй. Дийцар // Къинхьегаман байракх. 1955. 8 сент.
Ирсе мохк. Стихи // Къинхьегаман байракх. 1955. 7 нояб.
Совдаттий, Дауддий // Къинхьегаман байракх. 1955. 8, 15 дек.
Совдаттий, Дауддий. Пьесин дакъа // Къинхьегаман байракх. 1956. 12-19 янв., 23 февр., 15 март, 20 апр.
Нохчийн вальс. Стихаш // Къинхьегаман байракх. 1956. 23 авг.
Забаре байташ // Къинхегаман байракх. 1956. 14 дек.
Забаре байташ // Ленинан некъ. 1957. 30 авг.
Дурдий, Даргий. Дийцар // Ленинан некъ. 1957. 12 сент.
ГIирмсолтас яьккхина са. Дийцар // Ленинан некъ. 1957. 2, 4 окт.
Совдаттий. Дауддий. Пьеса. Грозный, 1958.
Абубешар. Дийцарш. Грозный, 1958.
Хьоме Москва. Стихи // Сердало. 1960. 14 июль.
Байташ // Сердало. 1960. 11 авг.
Партина – хастам! // Грозный. 1960. С. 7.
Къинхьегам. Стихаш // Сердало. 1963. 13 янв.
В родных местах. Стихаш // Сердало. 1963. 24 февр.
ЖаIуьнан илли // Ленинан некъ. 1963. 31 март.
Экзамен. Дийцар // Ленинан некъ. 1963. 22 сент.
Бож—Iела. Пьеса. Грозный, 1967.
Дийцарш, пьесаш. Грозный, 1970.
Лийрбоцурш. Дийцарш, пьесаш. Грозный, 1980.
Абубешар. Стихаш, дийцарш, пьесаш. Грозный,1991.
Бож-Iела. Комеди // Орга. 1996. № 3, 4.
Бож-Iела. Пьеса // Кн. тIехь: Нохчийн драматурги. Соьлжа-гIала. 2011. А. 27-104.
Зезаг. − Партизанан илли. − Теркан йистехь. − Хьоме Лайлаъ. Стихаш // Кн. тIехь: Нохчийн поэзи. Соьлжа-гIала. 2011. А. 58-62.
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Дядя Вася // Алма-Ата. «Казахгослитиздат. 1957. С. 22.
Абубешир и Баянт. Рассказ. Пер. А. Казаков // Грозненский рабочий. 1958. 19 янв.
www.ChechnyaTODAY.com
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Дийцарш, пьесаш = Избранное
Автор:
Хамидов Абдул-Хамид Абдул-Хамидович
Перевод заглавия:
Избранное
Описание:
Хамидов А. -Х. А.-Х. Дийцарш, пьесаш / I. Хамидов; [хIоттийнарг Х. В. Туркаев]. — Грозный : Нохч-ГIалгIайн кн. изд-во, 1970. — 278,[2] с. ; 17 см
Примечания:
Содерж.: Экзамен хаттар ; Абубешар ; Дургий, Даргий ; ГIирмасолтас яьхкина са ; ДIа коч, схьа коч : дийцарш ; Совдаттий, Дауддий ; ТIам сийна кхокха ; Бож-Iела : пьесаш
Дата создания:
2021-06-16 15:37:47
Пожалуйста, помогите актуализировать информацию
Загрузить фотографию актуальной обложки книги
Дополнить или обновить информацию о книге
Купить
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Недоступно
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
-
Посмотреть
Реферат по теме Дийцарш, пьесаш = Избранное
Помогите сайту стать лучше, ответьте на несколько вопросов про книгу:
Дийцарш, пьесаш = Избранное
Содержание
- Объявление о покупке
- Книги этих же авторов
- Наличие в библиотеках
- Рецензии и отзывы
- Похожие книги
- Наличие в магазинах
- Информация от пользователей
- Книга находится в категориях
Реставрация Дийцарш, пьесаш = Избранное
Мойка листов, чистка, отбеливание, устранение заломов, восстановление разрывов, следов от влаги,
травление насекомых, реставрация обложки и корешка, устранение укусов от собак и восстановление
заломов на картоне, восстановление после падений, восстановление тиснения и рисунков,
художественная покраска всех элементов обложки от мастеров Ленинской библиотеки.
Мелкий ремонт (удаление пятен, плесени) или реставрацию обложки, уголков, корешка, листов, переплета книги
Показать контакты
Объявление о покупке (разыскивается книга)
Подпишитесь на новые объявления
Наличие в библиотеках
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Пн: 10:00-18:00
Вт: 10:00-18:00
Ср: 10:00-18:00
Чт: 10:00-18:00
Пт: 10:00-18:00
Вс: 10:00-18:00
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Дніпропетровська обласна бібліотека для молоді ім. М. Свєтлова
Днепропетровская область, Днепр, Центральный район
Староказацкая, 60
Расположение на карте
санитарный день: первый пн месяца
Пн: 09:00-18:00
Вт: 09:00-18:00
Ср: 09:00-18:00
Чт: 09:00-18:00
Сб: 10:00-18:00
Вс: 10:00-18:00
obm.ucoz.ua
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Дніпровська центральна міська бібліотека
Днепропетровская область, Днепр, Амур-Нижнеднепровский район
Петрозаводская, 369
Расположение на карте
санитарный день: последняя пт месяца
Вт: 10:00-18:00
Ср: 10:00-18:00
Чт: 10:00-18:00
Пт: 10:00-18:00
Сб: 10:00-18:00
library.dp.ua
Инстаграм:
https://instagram.com/library_dp
Facebook:
https://facebook.com/library.dp.ua
Youtube:
https://youtube.com/channel/UCDPLThpYiRMRaNI0O7n_PRw
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Централизованная библиотечная система
Алматы, Алматы, Турксибский район
Льва Толстого, 36
Расположение на карте
санитарный день: последний чт месяца
Пн: 09:00-18:00
Вт: 09:00-18:00
Ср: 09:00-18:00
Чт: 09:00-18:00
Пт: 09:00-18:00
Сб: 09:00-18:00
www.libraryalmaty.kz
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Российская государственная библиотека
Москва, Москва, Арбат район
Воздвиженка, 3/5 ст4
Расположение на карте
санитарный день: последний пн месяца
Пн: 09:00-20:00
Вт: 09:00-20:00
Ср: 09:00-20:00
Чт: 09:00-20:00
Пт: 09:00-20:00
Сб: 09:00-20:00
www.rsl.ru
Вконтакте:
https://vk.com/leninka_ru
Инстаграм:
https://instagram.com/leninka_official
Твиттер:
https://twitter.com/@leninka_ru
Youtube:
https://youtube.com/user/RussianStateLibrary
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Детская библиотека им. В.В. Чаплиной
Чувашская Республика, Чебоксары городской округ, Чебоксары, Московский район, Северо-Западный
Университетская, 2
Расположение на карте
Пн: 09:00-18:00
Вт: 09:00-18:00
Ср: 09:00-18:00
Чт: 09:00-18:00
Пт: 09:00-18:00
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Библиотека им. Я.М. Свердлова
Красноярский край, Красноярск городской округ, Красноярск, Кировский район, Водников
Алёши Тимошенкова, 191
Расположение на карте
санитарный день: последний день месяца
Пн: 10:00-19:00
Вт: 10:00-19:00
Ср: 10:00-19:00
Чт: 10:00-19:00
Пт: 10:00-19:00
Вс: 10:00-18:00
Вконтакте:
https://vk.com/id253288540
Facebook:
https://facebook.com/profile.php?id=100013684422611
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Центральная библиотека №9, Пушкинский район
Санкт-Петербург, Санкт-Петербург, Пушкинский район, МО «п. Шушары»
Валдайская, 9
Расположение на карте
Пн: 12:00-19:00
Вт: 12:00-19:00
Ср: 12:00-19:00
Чт: 12:00-19:00
Пт: 12:00-19:00
Сб: 11:00-17:00
www.cbspushkin.spb.ru
Вконтакте:
https://vk.com/club86723086
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Библиотека, д.Березники
Республика Марий Эл, Волжский район, д. Березники
Лесная, 2
Расположение на карте
Пн: 11:00-14:00 14:30-16:00
Вт: 11:00-14:00 14:30-16:00
Ср: 11:00-14:00 14:30-16:00
Чт: 11:00-14:00 14:30-16:00
Пт: 11:00-14:00 14:30-16:00
Вс: 11:00-14:00 14:30-16:00
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Ровесник, библиотека
Республика Хакасия, Абакан городской округ, Абакан
Ленина проспект, 102
Расположение на карте
санитарный день: последняя ср месяца
Пн: 10:00-19:00
Вт: 10:00-19:00
Ср: 10:00-19:00
Чт: 10:00-19:00
Пт: 10:00-19:00
Сб: 10:00-17:00
Наличие в библиотеках
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Пн: 10:00-18:00
Вт: 10:00-18:00
Ср: 10:00-18:00
Чт: 10:00-18:00
Пт: 10:00-18:00
Вс: 10:00-18:00
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Дніпропетровська обласна бібліотека для молоді ім. М. Свєтлова
Днепропетровская область, Днепр, Центральный район
Староказацкая, 60
Расположение на карте
санитарный день: первый пн месяца
Пн: 09:00-18:00
Вт: 09:00-18:00
Ср: 09:00-18:00
Чт: 09:00-18:00
Сб: 10:00-18:00
Вс: 10:00-18:00
obm.ucoz.ua
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Дніпровська центральна міська бібліотека
Днепропетровская область, Днепр, Амур-Нижнеднепровский район
Петрозаводская, 369
Расположение на карте
санитарный день: последняя пт месяца
Вт: 10:00-18:00
Ср: 10:00-18:00
Чт: 10:00-18:00
Пт: 10:00-18:00
Сб: 10:00-18:00
library.dp.ua
Инстаграм:
https://instagram.com/library_dp
Facebook:
https://facebook.com/library.dp.ua
Youtube:
https://youtube.com/channel/UCDPLThpYiRMRaNI0O7n_PRw
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Централизованная библиотечная система
Алматы, Алматы, Турксибский район
Льва Толстого, 36
Расположение на карте
санитарный день: последний чт месяца
Пн: 09:00-18:00
Вт: 09:00-18:00
Ср: 09:00-18:00
Чт: 09:00-18:00
Пт: 09:00-18:00
Сб: 09:00-18:00
www.libraryalmaty.kz
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Российская государственная библиотека
Москва, Москва, Арбат район
Воздвиженка, 3/5 ст4
Расположение на карте
санитарный день: последний пн месяца
Пн: 09:00-20:00
Вт: 09:00-20:00
Ср: 09:00-20:00
Чт: 09:00-20:00
Пт: 09:00-20:00
Сб: 09:00-20:00
www.rsl.ru
Вконтакте:
https://vk.com/leninka_ru
Инстаграм:
https://instagram.com/leninka_official
Твиттер:
https://twitter.com/@leninka_ru
Youtube:
https://youtube.com/user/RussianStateLibrary
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Детская библиотека им. В.В. Чаплиной
Чувашская Республика, Чебоксары городской округ, Чебоксары, Московский район, Северо-Западный
Университетская, 2
Расположение на карте
Пн: 09:00-18:00
Вт: 09:00-18:00
Ср: 09:00-18:00
Чт: 09:00-18:00
Пт: 09:00-18:00
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Библиотека им. Я.М. Свердлова
Красноярский край, Красноярск городской округ, Красноярск, Кировский район, Водников
Алёши Тимошенкова, 191
Расположение на карте
санитарный день: последний день месяца
Пн: 10:00-19:00
Вт: 10:00-19:00
Ср: 10:00-19:00
Чт: 10:00-19:00
Пт: 10:00-19:00
Вс: 10:00-18:00
Вконтакте:
https://vk.com/id253288540
Facebook:
https://facebook.com/profile.php?id=100013684422611
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Центральная библиотека №9, Пушкинский район
Санкт-Петербург, Санкт-Петербург, Пушкинский район, МО «п. Шушары»
Валдайская, 9
Расположение на карте
Пн: 12:00-19:00
Вт: 12:00-19:00
Ср: 12:00-19:00
Чт: 12:00-19:00
Пт: 12:00-19:00
Сб: 11:00-17:00
www.cbspushkin.spb.ru
Вконтакте:
https://vk.com/club86723086
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Библиотека, д.Березники
Республика Марий Эл, Волжский район, д. Березники
Лесная, 2
Расположение на карте
Пн: 11:00-14:00 14:30-16:00
Вт: 11:00-14:00 14:30-16:00
Ср: 11:00-14:00 14:30-16:00
Чт: 11:00-14:00 14:30-16:00
Пт: 11:00-14:00 14:30-16:00
Вс: 11:00-14:00 14:30-16:00
Название и адрес
Режим работы
Контактная информация
Телефон
Ровесник, библиотека
Республика Хакасия, Абакан городской округ, Абакан
Ленина проспект, 102
Расположение на карте
санитарный день: последняя ср месяца
Пн: 10:00-19:00
Вт: 10:00-19:00
Ср: 10:00-19:00
Чт: 10:00-19:00
Пт: 10:00-19:00
Сб: 10:00-17:00
Информация от пользователей
Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь.
Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу педагогически училище деша вахна иза. Цигахь дешар чекхдаьккхинчул тIаьхьа, 1938 шарахь Московски театральни искусствон институтехь схьайиллинчу Нохч-ГIалгIайн студи деша вахна Хамидов Iабдул-Хьамид. Кхузахь цо актеран говзалла кара а ерзийна, драматургехь болх бан а волавелла иза. Амма институт чекхъяьккхина валале, йоьалгIачу курсера, къоман театрехь болх бан цIа валийна Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха а тIаьхьа чекхъяьккхина цо Ленинградски театральни институтан актерийн факультет.
Нохч-гIалгIайн драматически театрехь юьхьанца актер хилла Хамидов Iабдул-Хьамид. Оцу хенахь иттех шо бен дацара къоман театр кхоллаелла, амма шен исбаьхьаллин говзаллица сиха кхуьуш йолчу театрехь дуккха а бара актерийн корматалла йолу къона артисташ. Царна юккъехь бIаьрла вара Хамидов Iабдул-Хьамид. Дукха хан ялале театран директор хIоттийра иза.
ТIеман хан яра, 1943 шо дара доьдуш, театран коллектив кест-кеста йоьдура бIаьхошна хьалха спектаклаш хIитто. Театран репертуарехь алссам яра тIеман тематика йолу, адамийн патриотизм, тIемалойн майралла, доьналла гойту спектаклаш, сценкаш. БIаьхоша реза хуьлий, самукъа долуш тIеоьцуш хилла Нохч-ГIалгIайн драматически театран актераша говза хIиттийна спектаклаш. Оцу муьрехь 300 гергга концерт елла театро, цаьрга 140 эзар стаг а хьаьжна, аьлла билгалдаьккхина ду вайнехан театран историх йолчу литературехь1.
Хамидов Iабдул-Хьамида театральни балхаца цхьаьна кхочушдора исбаьхьаллин литературехь болх бар а. Амма юкъахдисира дерриге а.1944 шеран февраль баттахь боккха бохам беара Нохчийчу. Нохчийн къам, цхьадолу кхин къаьмнаш а санна, дерриге лаххьина сибрех дахийтира.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944–1956 шерашкахь, Джамбулехь а, Фрунзехь а тайп-тайпанчу культуран учрежденешкахь белхаш бина Хамидов Iабдул-Хьамида. Киргизски республикански Халкъан кхоллараллин ЦIийнан директор вохуьйту иза 1945 шарахь, цул тIаьхьа Киргизски ССР-н культурин министерствон театрийн отделан куьйгалхо а хIоттаво. Оцу хенахь Киргизин периодически зорбанехь кест-кеста арайийлина цуьнан театроведчески статьяш а, рецензеш а. Царах яра дуьненаюкъарчу классикех лаьцна статьяш: Ф.Шиллеран «Ямартло а, безам а» («Коварство и любовь»), В. Шекспиран «Ромео а, Джульетта а», А. Островскийн «Бехк боцу бехкенаш» («Без вины виноватые»), А. Горькийн «Васса Железнова», кхиерш а.
ТIеман хенахь Хамидов Iабдул-Хьамида бинчу белхан Iедало лаккхара мах хадийна. «За доблестный труд в дни Отечественной войны 1941–
1945 гг.», медаль елла цунна.
1955–1956 шерашкахь Хамидов Iабдул-Хьамид Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу “Къинхьегаман байракх» газетан редакцехь цхьана муьрехь литературни белхахо, тIаккха культура отделан заведующий лаьттина, Казахски ССР-н яздархойн Союзан литературни консультантан болх а бина. Казахски пачхьалкхан радиохь нохчийн маттахь йолу передачаш кечъеш а, дIахьош а хилла Хамидов Iабдул-Хьамид.
Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхаран а ансамбль вовшахтоьхна, цуьнан куьйгалхо а лаьттина Хамидов Iабдул-Хьамид. Алма-Атара и ансамбль а ялош, 1957 шарахь Даймахка цIа веана иза. Хамидов Iабдул-Хьамидан куьйгаллица Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхаран а ансамбль ерриге Советски пачхьалкхехь а тоьллачу ансамблех хилла дIахIоьттинера.
Нохчийн, гIалгIайн къаьмнийн искусство кхиорехь баккхий кхиамаш хиларна Хамидов Iабдул-Хьамидана 1959 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан арстистан цIе тиллина.
Муьлххачу балхахь хилча а, шена тIедехкина декхарш леррина кхочушдина Хамидов Iабдул-Хьамида, цундела жоьпаллин белхаш тешийна цунах. 1959–1961 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн союзан правленин председатель хаьржина иза. Цул тIаьхьа Ленинградски театральни институтан нохчийн отделенехь шина шарахь хьехархочун болх бина цо. Ленинградера цIа веанчул тIаьхьа, 1962 шарахь Хамидов Iабдул-Хьамид юха а Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран директор хIоттаво. Театр а, театральни искусство а кIорггера евзаш волчу Хамидов Iабдул-Хьамида дика дIахIоттабо театран болх, иза куьйгаллехь волуш бакхий кхиамаш боху къоман театран труппо. Театран куьйгаллехь ялх шарахь болх бинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн областнойн партийнин комитете балха дIавуьгу Хамидов Iабдул-Хьамид. Культурин секторан заведующий а, агитацин, пропагандин отделан куьйгалхочун заместитель а хIоттаво иза. Оцу хенахь лакхара а, жоьпаллин а дарж дара иза, хьан-хьаннах а тешош а дацара. Хамидов Iабдул-Хьамид дика ларавора балхаца, амма дукха хенахь бан доьгIна ца хиллера цунна и болх, 1969 шарахь автомобильни катастрофехь кхелхина яздархо.
Нурадилов Ханпашин цIарахчу нохчийн драматически театран сцени тIехь дIадаханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь дуьйна схьа тахналлац хаддаза боккхачу кхиамца хIиттош ю драматурган произведенеш тIехь спектаклаш. Нахана езаш а, нах хьовсуш а ю уьш. Иштта езаш тIеэцна цуьнан дукхахйолу забаре произведенеш а. Царах ду 8 классехь Iамош долу яздархочун забаре дийцар «ДIа – коч, схьа – коч».
«ДIа – коч, схьа – коч» цIе йолу дийцар яздархочун дикаха долчу забаре дийцаршна юкъадогIуш ду. Говза яздина, йоккха исбаьхьалла шеца йолуш ду иза. Лаккхара мах хадийна оцу дийцаран вайн литературоведенехь: «Дегазалонашна дуьхьал, лело гIиллакхаш дог цIена леладарехьа яздина ду исбаьхьа дийцар — «ДIа – коч, схьа – коч». «Мотт цIенна исбаьхьа бийцарца, хIотто васт говза хIотторца, кIоргга беламе хиларца массарел тоьлуш хета и дийцар»2, — иштта лору и произведени нохчийн литературин историн очеркаш тIехь.
«ДIа – коч, схьа – коч» дийцар зорбанера дуьххьара арадаьлла 1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос зорбатоьхначу «Абубешар» цIе йолчу дийцарийн а, кегийчу пьесийн а сборника тIехь. Оцу дийцарал совнаха цу сборника тIехь зорбатоьхна дара яздархочун сатирически дийцарш: «Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмасолтас яьккхина са», цхьана декъах лаьтташ йолу сатирически ши пьеса: «Абубешар», «Мохсолтин доьхна де». И произведенеш теллинчу Сулаев Мохьмада яздо: «Шеко йоцуш, А.Хамидовн йозанан мотт кIорггера говза буьйцуш, халкъан дешнаш дукха далош, вайн халкъан маттаца и лерича а, сов нийса мотт хета тхуна. Цуьнан дийцарийн а, пьесийн а сюжетан болар, сингаттаме доцуш, нисса шен коьрта зил тIехь дIахьош хуьлу; чулацаман композици (дIахIоттаран кеп) лелориг къастош, кхетош ю»3.
Оцу произведенешкахь «ма-ярра гучуелира Iабдул-Хьамидан юморан а, сатирин а башхаллаш: шен турпалхойн кIорггера васташ кхоллар, хIоранна а шен-шен амал, юьхь-сибат, меттан ша-тайпалла йолуш»4 хилар.
Царна тIехь автора Iорабоху шайн амалшца тайп-тайпана айпаш долу нах: юкъараллин балхах а къехкаш, харцонаш лелош нийса боцчу новкъа бовла гIерташ берш; тIех дозаллаш деш шаьш кхечарал лакхара хеташ, хьаькамалла дезаш берш; малар садаларо, атта дахар дезаро хьаналчу балхана хийра баьхнарш; болх ледара беш, халкъан бахам кхиахьара аьлла дог ца лозуш берш.
Хамидовн сатирически произведенеш адамийн ледарлонаш, цхьаболчара лелош долу зуламе хIуманаш вайн дахарехь кхидIа ца хилийтаре хьажийна ю. Цара вочуьнца къийсам латтабо, диканиг чIагIдо, адамийн амалшкара ледарлонаш дIаяха гIо до.
Яздархочун забаре произведенийн мотт хьал долуш бу, цуьнца исбаьхьалла а ю, иралла а ю, говза мотт бу иза. Нохчийн халкъан маттах, эца а хууш, буьззина пайдаэцна яздархочо. Цуьнан произведенешкара дуккха а дерг кицанашка дирзина. Масала, хIинца вай къастош долчу дийцар цIе а («ДIа – коч, схьа – коч») халкъан кицане йирзина. Хамидов Iабдул-Хьамидан дукхаха йолчу произведенийн персонажийн цIерш а юкъарчу маьIне а хилла нахана юкъа яьржина: «… ирсе кхоллам хилла Абубешаран, ГIирмсолтин, Мохсолтин, Бож-Iелин, Сутарбин, Маймин. Халкъалахь юкъара (нарицательни) цIерш хилла царах. «Абубешар» олу ша-шех тоам бина, нахана хьалха кураллаш лелош, амма шен сакхташ ца гучу стагах. Эхь дайна, харц-бакъ ца хоржуш, соьман са лоьхург «ГIирмасолта» ву. «МохсолтагIар» тахана а вайн Iедалан даржашкахь болу, халкъаца бала боцу Iедалан куьйгалхойх цхьаберш бу, «Майма» харц лоьралла лелочу цIе-синоним хилла еха. Ткъа «Сутарби» (дукхахдолчу агIор халкъана дукхавезаш волчу актера Дениев Iалвис и роль ловзош гинчаьргара) са а, бIаьрг а меца, сутара, къорам стагаца вусту».5
И дерриге а яздархочун кхолларалла халкъо езаш тIеэцаран билгало ю.
«ДIа – коч, схьа – коч» дийцар дешархошца 8-чу классехь Iаморна программо 2 сахьт делла. Хьалхарчу урокехь дерриг дийцар классехь деша а дешна, цуьнан текст тIехь болх бийр бу. ШолгIачу урокехь дийцаран чулацам а, исбаьхьаллин башхаллаш а къастор кхидIа а кIаргдийр ду.
Литературин программаша иштта билгалдаьхна «ДIа – коч, схьа – коч» дийцар Iаморан хьелаш: «Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Дийцар тIехь дайн оьзда, хаза гIиллакх талхош берш Iорабахар. Дахарехь цхьа дика хIума нисделча луш долу совгIат са яккхарехьа дерзийна лелош болчийн яздархочо говза а, беламе а сурт хIоттор.
Персонажийн беламе амалш а, васташ а гайтарехь диалоган маьIна. Дийцаран дIахIоттам а, цунна иштта цIе тилларан маьIна а.
Беламе долчух (юморх) кхетам балар»6.
«ДIа – коч, схьа – коч» Iаморан хь а л х а р а у р о к дIайолайо Хамидов Iабдул-Хьамидан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш баларца. Хьехархочо доцца дуьйцур ду яздархочун дахарх лаьцна, цIераш йохур ю авторан кхидолчу забаре дийцарийн а, пьесийн а, церан чулацамах, маьIнех мелла а кхетам лур бу. Кхузахь хьехархочо (шена оьшшучу барамехь) пайда оьцур бу лакхахь ялийнчу материалах.
Цул тIаьхьа «ДIа – коч, схьа – коч» дийцар дешархошна хьалха ша доьшур ду я иза дика доьшур долуш хьалххе кечвина дешархо велахь, цуьнга доьшуьйтур ду.
Дийцар деша дуьйлалуш классана хьалха хIоттор ду иштта хаттар:
Дийцаре ладугIуш леррина тидамбе, хIун Iалашо йолуш еара Забу ХелисатагIаьрга?
Юьхьанца хетало и хаттар оьшурий техьа, олий, хIунда аьлча цунна дийцар тIехь жоп долу дела:
«ГIойтIа бевза-безарш болчу еана Забу, Хелисата ша тIе муха оьцу хьожур ю ша, аьлла еанера», — боху дийцархочо.
Амма оцу хаттарх дозаделла ду дийцаран коьрта маьIна. Забу ХелисатагIаьрга иза ган сагатделла а, я и шен гергара лоруш а, я цуьнца гIуллакх долуш а еана яц, леррина цо ша тIе муха оьцу хьажа, иза зен еана ю, мацах цкъа ша цунна хьошалла дина дела. Забуна дагахь дац Хелисат шен берашца муха йоллуш ю хьажар я хьалха ша цунна хьошалла а дина тесна долу гергарло чIагIдар, оьздачу ойланца ца еана иза Хелисат йолчу. Ткъа оцо хоуьйту, мацах ша Хелисатана совгIат деш а, Забус иза даггара дина цахилар, нахана гергахь дика хила, ша йоцург ю моттийта гIерташ иза хилар. Автора и санна долчу хIуманашна дуьхьал хьажийна шен дийцар, адамийн амалшкахь нислуш долчу оцу сакхташца къийсам латтабо цо.
Дешархошка дIакхачо дезаш дерг дийцаран и маьIна ду, цундела оцу гIуллакхаш тIехь ойлаяйта еза цаьрга.
Дийцаран текст ешначул тIаьхьа, хьехархочо жоп долуьйтур ду дешархошка царна хьалха хIоттийнчу хаттарна: ХIун Iалашо йолуш еара Забу ХелисатагIаьрга? Гуттар а бохург санна дешархоша дийцаран текст тIехь ма-дарра жоп ло оцу хаттарна, амма кIорггера ойла а йина, цуьнан маьIнех ца кхуьу уьш хьехархочо гIо ца дича.
Дикачу ойланца еаний Забу Хелисат йолчу?
ЮьхьаIаьржа ца хIотта гIерташ хIун лелийра Хелисата Забу шайга еача?
Стенах воьлу яздархо, стенна дуьхьал ву иза?
Иштта хаттарш а хIиттош, дешархойн жоьпаш тIе а дузуш, кIарг а деш дIахьур ду хьехархочо ш о л гI а ч у у р о к е хь а дийцаран чулацам къастор, цуьнан коьртачу маьIнех дешархой кхетор.
Дийцар тIехь болх беш, дешархой тидам тIебохуьйтур бу яздархочо персонажийн амалш цара буьйцучу маттаца а билгалъяьхна хиларна. Иза къеггина билгалдолу дийцар тIерачу диалогашкахь. Масала, Хелисатан лулахочун Жарадатан амалех дуккха а дерг хIокху цуьнан къамелехь гучудолу:
«ИбрахIим-Хьаьжин чохь Iуьллучу къорIанора тегазчу кIадинах кийсик ма яц сан, вайн тIедаьндолчу Iаьржачу лаьттора, Iаьржа-горга шай соьгахь ца дуьтуш, тхан декъа тIехь йолу нахарташ а гулйина, «Москвич» эца гIала вахана ма ву тхан чуьрниг. Хьо соьга дуй тоьлуьйтуш а ца йоллу, вай гIон долчу эхартора, сайн таро хилча, хьо гIуллакх ца деш а йохуьйтур ма яцара ас», — иштта боху Жарадата шега дехарца еанчу Хелисате.
Дийцар тIерачу персонажийн шегара мах ца хадабо автора, амма царех лаьцна шена хеташ дерг меттан исбаьхьаллин гIирсашца къеггина гучудаьккхина цо. Забу ХелисатагIаьргахь а Iийна, цо совгIатана коч а елла, новкъа а яьккхина дIайоьдуш яра:
«Кхана доххал гена ялале, газет а даьстина, шена еллачу кIадене хьаьжира Забу. Дукха цунна реза цахиларна, цуьнан лахара балда, деман гала санна, хьаьвзина дIахIоьттира, ши цкъоцкъам айаделира».
Кхузахь далийначу цуьнан балда, «деман гала санна, хьаьвзина дIахIоьттира» бохучу дустаро шера гойту яздархо оцу шен персонажана реза воцуш хилар.
Авторан ойла билгалйоккхуш ду дийцар тIера Курбикин лулахочо Забуга ден къамел: «Забу, массарел а дика и дIа коч, схьа коч, боху хIума вай ваьшна юкъара дIадаьккхича хир дара. И совгIат дар дац. Цкъа-делахь, ваьшна и коч юхалур ю аьлла хетачунна бен вай и луш а яц. Цул совнаха, ваьш и елларг кех яьлла а ялале «оха кучана кIади а елла яхийти иза», бохуш дозаллин къамелаш деш, ваьш елла коч массарна а хаийта гIерташ лела вай. Иза а оьзда хIума дац. Ваьшна схьа коч елча, «аса дIа диканиг еллера, суна вониг елла», бохуш тIекхаьч-кхаьчначохь и дуьйцуш а лела вай. Нагахь санна, цхьа хIума ца нисделла, дIа кIади еллачо схьа кIади ца луш меттиг нислахь, цунах дийнна эладита до вай. Ма аьлла дIадан нислуш дац и совгIат. И шен цанисделларг и нисдан гIерташ холчахIуттий бIаьрза хьаьвза.
Уьш совгIаташ дарш а я гергалонаш чIагIдарш а дац. Мелхо а вовшашна цатамаш барш а ду, вовшашна ца оьшу сингаттамаш бахарш а ду.
Стеган вахарехь цхьа дезде деана — зуда ялийна меттиг хилча, кIант я йоI дешна даьлча, я хаза шен гIуллакх дан гIерташ воллу да-нана доцу жимха хьаста, цунна, я уьш санна долу кхидолу гIуллакхаш бахьана долуш, шен дан тарлуччул совгIат дар хаза ду. Амма, схьаелла дела дIаяла еза бохуш и кучамаш дIай-схьай хуьйцуш лелош дерш ца оьшуш ду. Уьш дита деза вай».
Оцу къамелехь гучудолу дийцаран коьрта маьIна а.
Хамидов Iабдул-Хьамида къоман дахарехь долу оьзда гIиллакхаш, цIена гIуллакхаш чIагIдо, ткъа моттаргIанаш лелор, наха а до иштта, бохуш, ца оьшург лело гIертар, дагахь цхьаъ долуш, тIехула кхин лелоран гIуллакхаш беламе а дохуш, царна дуьхьал къийсам латтабо.
«ДIа – коч, схьа – коч» цIе йолу дийцар, Хамидов Iабдул-Хьамидан дукхахйолу произведенеш а санна, забаре, беламе ду. Забаре произведенешкахь яздархоша адамийн амалшца долу айпениг беламе даьккхина гайтарца, цунна дуьхьал къийсам латтабо. Сатирически произведенешкахь санна, Iаьржачу басаршца аьшнаш а вина, лах ца во кхузахь яздархочо шен турпалхо. Цуьнца долу кхачамбацарш исбаьхьаллин кепехь забаре дерзадой, беламе дохий гIо до турпалхочунна царах мукъа вала, шен амалера уьш дIадаха. Оцу произведенешкахь сюжет хIоттор а, мотт а, берриге исбаьхьаллин гIирсаш а забарениг, беламениг кхолларе хьажийна бу. Иза къеггина гуш ду «ДIа – коч, схьа – коч» дийцар тIехь а.
Забаре произведенийн оцу башхаллех кхетор бу дешархой, беламе долчух кхетам лур бу царна.
ЦIахь дешархоша «ДIа – коч, схьа – коч» дийцар юха а доьшур ду, хьехархочо шайна хьалха хIиттийнчу хаттаршна дуьззина жоьпаш а луш, дийцар къасто кечам бийр бу.
Родился в 1920 году в селении Старые Атаги Урус-Мартановского района Чечено-Ингушской АССР в семье крестьянина.
А. Хамидов является одним из тех немногих представителей драматургов, чье творчество способствовало становлению национального театра.
Окончив школу, А. Хамидов в 1938 году поступил в Московский театральный институт. Однако с четвертого курса был отозван в город Грозный для театральной работы. Доучиваться пришлось значительно позже.
В период войны А. Хамидов — актер и директор Чечено-Ингушского государственного драматического театра.
Писать начал еще в годы учебы в институте. Перевел на чеченский язык ряд пьес русских и зарубежных классиков, в частности «Отелло» Шекспира (1940), «Мещанин во дворянстве» Мольера (1939), «Власть тьмы» А. Толстого (1939) и др.
Его творческие и организаторские способности раскрываются в военное время. В 1943 году он пишет пьесу «Совдат и Дауд», в которой воссоздается дореволюционная жизнь чеченского народа, его обычаи и нравы. Театр, которым руководил А. Хамидов, часто выезжал в армейские части и выступал со спектаклями, ведущая тематика которых была военной.
В 1944 году А. Хамидов работал заведующим клубом свеклосовхоза и художественным руководителем Дворца культуры сахарного комбината Джамбульской области, а в 1945 году становится директором республиканского Дома народного творчества Киргизской ССР, затем начальником отдела театров министерства культуры республики.
В 40 и 50-х годах в периодической печати Киргизии регулярно печатаются его театроведческие статьи.
Работа А. Хамидова в искусстве была высоко оценена правительством. В 1946 году он награжден медалью «За доблестный труд в дни Великой Отечественной войны 1941-1945 гг.»
В 1948-1950 годах А. Хамидов заведовал концертно-оперативным отделом Киргизской государственной филармонии, а с 1950 по 1955 год работал старшим методистом Дома народного творчества республики.
С 1955 года А. Хамидов — литературный работник, а затем заведующий отделом культуры газеты «Знамя труда». Позже он работал литературным консультантом Союза писателей Казахской ССР.
В 1957 году в Грозном он создает Чечено-Ингушский государственный ансамбль песни и танца. В 1959- 1961 годах — председатель правления Союза писателен ЧИАССР. В 1961-1962 годах — преподаватель на национальном отделении при Ленинградском театральном институте. В эти годы он экстерном окончил актерский факультет этого же института.
С 1962 по 1968 год А. Хамидов — директор Чечено-Ингушского драмтеатра. Сейчас заместитель заведующего отделом агитации и пропаганды и зав. сектором культуры Чечено-Ингушского обкома КПСС.
Его призвание драматурга, театрального рецензента и писателя интенсивно развивается с 1943 года. Но особенно плодотворным для него явилось последнее десятилетие. За это время он написал много рассказов и пьесы «Абубешар», «Безумный день Махсолты». Они с успехом шли на сцене театра.
Драматические, комедийные и сатирические по своему содержанию пьесы А. Хамидова отображают внутренние процессы, происходящие в жизни родного народа.
Сатирическое направление характерно и для прозаических произведений писателя.
Его рассказы и пьесы написаны на тему воспитания нового человека, но художественной интерпретации этой темы писатель достигает своеобразным средством — высмеиванием уродливых сторон жизни.
Широк идейно-тематический диапазон творчества А. Хамидова. Он хорошо знает жизнь людей, и это позволяет ему создать в пьесах полнокровные образы современников, воссоздать историко-революционное прошлое народа. Так была написана (в соавторстве с А. А. Алексеевым) пьеса «Девушка с гор» (1960). В ней показываются события периода гражданской войны в Чечено-Ингушетии, рисуется образ чеченки Петимат Арсановой — санитарки, погибшей, защищая революцию, в стодневных боях в городе Грозном.
Через несколько лет А. Хамидов написал следующую пьесу — комедию «Падение Бож-Али». Драматург талантливо воплотил в конфликте, легшем в основу комедии, важные социальные сдвиги, происходящие сегодня в жизни чеченского народа. Это ломка характеров и старых представлений, мучительное становление нового мировоззрения у людей, высвобождающихся из-под давления старых нравственных норм. Если Бож-Али в общем-то неплохой парень и воплощает в себе некоторые типические черты своих сверстников, начинающих жить по правилам новой морали, то в его «очищении» ему мешает определенный круг людей, живущих по законам родовых обычаев. Драматург показал крушение ложных представлений Бож-Али о понятии «настоящий мужчина».
При создании образов пьесы драматург опирался не только на свой творческий опыт, но и на лучшие достижения сатирического жанра нашей литературы. В характере Бож-Али много черт, присущих характеру Абубешира — литературного героя А. Хамидова, ставшего нарицательным типом. И все-таки Бож-Али в своих морально-нравственных побуждениях значительно лучше его. Драматург показал движение человеческой души, его путь к духовной свободе. Он проявил себя хорошим знатоком жизни народа, его быта, обычаев, нравов.
Язык пьесы красочный и сочный, он своими корнями уходит в гущу народа.
На Всесоюзном конкурсе новых драматических произведений, посвященных 50-летию Великого Октября, спектакль «Падение Бож-Али» был награжден дипломом III степени и денежной премией.
Долголетняя работа по розыску документальных сведений о жизни и геройской смерти славного сына чеченского народа Героя Советского Союза Ханпаши Нурадилова позволила драматургу написать новое произведение — пьесу «Бессмертные». В ней воссоздается героический облик и красота душевного мира, патриотизм советских воинов, спасших человечество от фашизма.
Пьеса имеет большое воспитательное значение для нашей молодежи. На республиканском конкурсе художественных произведений, посвященных 50-летию Великого Октября, пьеса отмечена второй премией и дипломам I степени Министерства культуры РСФСР.
А. Хамидов — автор и первой детской пьесы «Сизокрылый голубь». В народе хорошо знают его лирические песни и стихи.
А. Хамидов много сделал для роста и развития художественной самодеятельности республики. Его перу принадлежит ряд методических работ, написанных в помощь художественной самодеятельности.
За большие заслуги в деле развития искусства ЧИАССР ему в 1959 году было присвоено почетное звание народного артиста ЧИАССР.
Сейчас драматург работает над новыми пьесами.
Член КПСС с 1960 года.
Член ССП с 1943 года.
Произведения А.-Х. Хамидова
на чеченском языке
Совдаттий, Дауддий. Пьеса. Грозный, Нохч-ГIалгIайн книжни изд-во, 1958.
Абубешар. Дийцарш. Грозный, Нохч-ГIалгIайн книжни изд-во, 1958.
Бож-Iела. Пьеса. Грозный, Нохч-ГIалгIайн книжни изд-во, 1967.
Литература о творчестве А.-Х. X. Хамидова
на чеченском языке
Сулаев М. Абубешар. «ДоттагIалла», 1959, № 2.
Шаипов И. Драматург, артист. «Ленинан некъ», 1959, 14 июнь.
Чентиева М. Нохчийн литературан 40 шарахь хилла некъ. «Орга», 1960, № 2.
Музаев Н. Нохчийн керла исбаьхьаллин проза. «Орга», 1963, № 3.
Базоркин И. Халкъан комеди. «Сердало», 1965, 22 май.
Мациев А., Эльмурзаев С. Бож-Iела. «Ленинан некъ», 1965, 5 май.
Эдилов X. Дахар сцени тIехь. «Ленинан некъ», 1965, 13 июнь.
на русском языке
Лубин Е. Исцеление Бож-Али. — «Грозненский рабочий», 1965, 10 августа.
Эсембаев М. Народная комедия. — «Грозненский рабочий», 1965, 14 октября.
Кривицкий К. Падение Бож-Али. — «Театр», 1965, № 1.
Вольфсон А. Спектакли, актеры, таланты. — «Литературная Россия», 1966, 10 июня.
Полтавцев Вл. Плоды вчерашней завязи. — «Советская Россия», 1966, 11 июня.
Гапаев А. Путешествие Бож-Али. — «Грозненский рабочий», 1967, 26 марта.
Гуриева А. Улыбки, цветы, объятия. — «Грозненский рабочий», 1967, 18 апреля.
Плиева Жанна. Самобытно о правде дня. — «Социалистическая Осетия», 1967, 24 апреля.
Юровский Г. День творения. — «Театральная жизнь», 1967, № 22.
Абадиев Б. Бессмертные. — «Грозненский, рабочий», 1968, 18 ноября.
Из книги А. У. Мальсагова и Х. В. Туркаева «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969 г.
Видео:
Абдул Хамид — Хамидов
Драматург Абдул-Хамид Хамидов — один из самых ярких талантов в чеченской литературе. Он прожил недолгую жизнь, но успел сделать очень многое. Прежде всего нельзя не отметить многообразия его творчества. Это пьесы сатирические, лирические, исторические. Кроме того, известно, что только подлинно талантливые произведения становятся частью повседневной культуры народа. Именно так случилось с творчеством Хамидова. Его сатирическая пьеса «Бож-Али» была поставлена почти всеми драматическими театрами республик Северного Кавказа. А на родине автора эта пьеса не только постоянно ( вот уже более трех десятков лет!) идет на сцене Чеченского драматического театра, ее герои – любимцы народа, их словечки и шутки стали поговорками и присловьями в каждодневной жизни.
Хамидов родился в 1920 году в селении Старые Атаги. Высшее образование получал в Московском театральном институте. Еще будучи студентом, Хамидов перевел на чеченский язык ряд пьес русских и зарубежных классиков, в том числе “Отелло” Шекспира, “Мещанин во дворянстве” Мольера, “Власть тьмы” А. Толстого.
В годы Великой Отечественной войны Чеченский драматический театр, которым руководил Хамидов, регулярно выезжал на фронт в армейские части со спектаклями. Работу Хамидова в театре высоко оценило правительство СССР. Он был награжден медалью “За доблестный труд в дни Великой Отечественной войны 1941-1945 гг.”.
В 50-60-е годы Хамидов немало сделал как организатор культурной жизни в Чечне. Он создает Чечено-Ингушский государственный ансамбль песни и танца, возглавляет Союз писателей ЧИАССР, Чечено-Ингушский драматический театр.
Кроме пьесы “Бож-Али” в наследии драматурга Хамидова еще ряд сатирических пьес, а также лирические пьесы о молодежи — “Девушки с гор”, “Совдат и Дауд”. В результате научно-исследовательской работы над документами, связанными с боевыми подвигами земляков на фронтах Великой Отечественной войны, Хамидов написал пьесу “Бессмертные”.
В 1959 году Абдул-Хамиду Хамидову было присвоено почетное звание народного артиста ЧИАССР. Это была поистине заслуженная награда. Народ одарил его еще большим — он был и остается любимым писателем уже нескольких поколений чеченцев.
Нохчийн литература 11 класс
Тема: Арсанукаев Шайхин кхоллараллех лаьцна сочинени
язъяйтар.
1алашо: 1)Арсанукаев Шайхин кхоллараллин мах хадо
1амор.
2)Шаьш ешначу а, 1амийначу а поэтически произведенийн анализ
еш, шайн
ойланаш йозанца гайта 1амор.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Сочиненина кечам бар:
1) Арсанукаев Шайхин произведенеш карлаяхар.
2) Поэтан коьртачу теманашна т1е тидам бахийтар.
3) «Ненан мотт» стихотворенин анализ яр.
4) «Нийсонна гимн» стихотворенин анализ яр.
5) «Нагахь хьан г1о оьшуш…» стихотворенин анализ яр.
3.Сочиненина теманаш билгалъяхар:
1)Арсанукаев Шайхин 1аламан лирика.
2) Нохчийн поэзехь «Ненан мотт» стихотворенин маь1на а,
цуьнан мехалла
а.
3)Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь Даймехкан а, къинхетаман а
тема.
4.Сочиненина хила тарлуш йолу план х1оттор:
1.Арсанукаев Шайхин кхоллараллин некъ.
2. Арсанукаевн кхоллараллехь Даймехкан, къинхетаман тема.
3.Суна хазахеттачу произведенин анализ.
4.Произведенин маь1на а, мехалла а.
5. Дешархошка сочиненеш д1аязъяйтар.
6. Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх: 1амийнарг карладаккха.
Тест
1.Муьлхачу жанрехь болх бо Арсанукаев Шайхис?
А)прозехь б)поэзехь в)драматургехь г)хореографехь
2.Муьлхачу шарахь араяьлла Шайхин дуьххьарлера стихотворени?
А)1955 б)1957 в)1959 г)1961
3.Арсанукаев Шайхис ца язйина стихотворени билгалъяккха:
А) «Ненан мотт» б) «Дахаран генаш»
В) «Лаьа суна» г) «Мохкбегор»
4.Муьлхачу стихотворенина юкъара ду х1ара дешнаш: «Х1ун хаьа —
кхана и дагара далахь».
А) «Нагахь хьан г1о оьшуш» б) «Гиний шуна?»
В) «Дог1а» г) «Нийсонна гимн»
5.Чекхдаха «Нийсонна гимн» стихотворенин мог1анаш:
«Адамаллин хьекъалан дозалла — Нийсо!…»
6.Сочинени-миниатюра язъе Арсанукаев Шайхин цхьана стихотворенех
лаьцна (дешархоша шаьш къастайо стих-ни).
Нохчийн литература 11 класс.
Тема: Окуев Шимин кхолларалла.
1алашо: 1)Окуев Шимин кхоллараллин некъ
бовзийтар;
2)Окуевн произведенешкахь забаре дерг, дахаран к1оргенех
лаьцна а
дуьйцург довзийтар.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар:
1)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Муьлхачу яздархойн произведенеш йийцаре йина вай хьалхарчу
эхашарахь?
— Билгалъяккха шайна хазахеттарг.
— Х1ун бахьана ду шуна и хазахетаран?
— Школьни программина юкъахь воцуш цхьа а поэт а, яздархо а
вевзий шуна?
— Муьлхачу авторан произведенеш еша луур дара шуна?
2)Х1ара мог1анаш муьлхачу произведенина юкъара ду?
1.«Эх1, маржа-я1, Латта,
Х1ун хили техьа?
Со орцах вер ву-кх,
Хьо Дега ма дехьа…» (Ш.Арсанукаев «Мохкбегор»)
2. «Делахь а иза дика ца кхетарг дешар оьшуш хиларх божаршна
санна, зудаберашна а.» (М.Сулаев «Лаьмнаша ца дицдо»).
3. «Тоьпан дашший, говза дошший
Дайша нийса лерина.
Шаьлтане цахададелларг,
Дайша дашца дерина.» (А.Сулейманов «Ламанан хьостанаш».)
4.«Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и» (Ш.Арсанукаев «Ненан мотт»).
5.«Туркойн 1едалан омрица эзар стаг волуш Диарбекирерчу
нохчех дошлойн б1о вовшахтуьйхира.» (А.Айдамиров «Еха
буьйсанаш».
3.Керла тема йовзийтар:
1) Хьехархочун дош: Окуев Шимин кхоллараллин некъ бовзийтар.
2)Хаттаршна жоьпащ далийтар:
— Муьлхачу шарахь, муьлхачу меттехь вина Окуев Шима?
— Муьлхачу жанрашкахь болх бина цо?
— Х1ун теманаш билгаляха мегар дара цуьнан кхоллараллин?
— Х1ун ц1е яра Окуевн дуьххьарлерачу романан?
— Цуьнан трилогин х1н ц1ераш яра?
3) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман йовзийтар.
4) Романан дакъош дешар, словарни болх д1а а хьош.
4. Т1еч1аг1дар.
5.Урокан жам1 дар.
6.Ц1ахь бан болх: яздархочун кхоллараллин некъах лаьцна
1амо.
Нохчийн литература 11 класс.
Тема: «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» романан дакъош доьшуш,
текст т1ехь болх
бар.
1алашо: 1)Окуев Шимин кхоллараллех болу хаамаш
к1аргбар;
2) Ц1е яьккхинчу романан чулацам бовзуьйтуш, яздархочун
хат1
довзийтар, ешначун анализ яйтар.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.1амийнарг карладаккхар:
1)Окуев Шимин кхоллараллех лаьцна дешархошка дийцийтар.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Муьлхачу жанрашкахь болх бина Окуев Шимас?
— Ц1ераш яха шайна евзачу произведенийн.
— Х1ун забаре дийцарш ду Шимас гулдина д1аяздинарш?
-Х1ун 1алашо йолуш гулдина хилла уьш?
— Трилоги бохучу дешан х1ун маь1на ду?
3. Х1ара турпалхой муьлхачу произведенешна юкъара бу?
1) Селита, Увайс.
2) Аьрзу, Маккхал.
3) Бено, Таня.
4) Сийлаха, Ибрах1им.
5)Толстой, Услар.
4.Керла тема йовзийтар:
1) Хьехархочо терминийн маь1на довзийтар, уьш д1аяздайтар:
Сюжет — исбаьхьаллин произведенин чулацам бовзуьйтуш
йолу коьрта форма.
Кульминаци — произведенехь дахаран бакъдолчуьнца
конфликт къастор.
Завязка — турпалхойн хинйолу юкъаметтиг йолалун
хан.
Дерзор — произведенехь х1оттийна йолу дахаран конфликт
чекхйолуш хилла жам1.
2) Словарни болх д1а а хьош, романан дакъош дешар.
3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Хьенан доьзал бу романан турпалхой?
— Мелимата муха латтабо доьзална юкъахь барт?
— Несарша лерам муха бо марненан?
— Х1ун конфликт ю автаро романехь гойтург?
— Хьоладайшна дуьхьало ца йинехь д1адерза тарлорий латта къовсуш
даьлла дов?
5.Т1еч1аг1дар.
—Ц1ераш яха Мелиматан к1ентийн.
— Х1ун г1иллакхаш ду доьзалехь?
— Ткъолг1а б1ешо долалучу хенахь х1ун хьал х1оьттина г1ийлачу
нахехь?
6.Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх: романан чулацам хаа, турпалхойн васташ
х1итто.
Нохчийн литература 11 класс.
Тема: Романан турпалхой 1аба, 1умар, Мелимат,
1абдулла, Николай. Церан
г1иллакх-амалш гайтаран башхаллаш.
1алашо: 1)Романан турпалхойн амалш йовзуьйтуш, церан
васташ х1итто
1амор;
2)Шаьш ешначун анализ ян 1амор.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Хьалха урокехь 1амийнарг карладаккхар:
1) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» рманан чулацам схьабийцийтар.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Х1ун ала мегар ду Мелиматан доьзалх лаьцна?
— Муха хета шуна Мелиматан к1енташа 1едалан нахана еш йолу
дуьхьало?
— Х1ун ала мегар дара 1абин амалх лаьцна?
— Романан турпалхойн г1иллакхаш муха гайтина автора?
3)Хьалха урокехь 1амийна йолу терминаш схьайийцийтар: сюжет,
кульминации, завязка, дерзор.
3.Дуьхь-дуьхьал д1анисде дог1ург:
«Ненан мотт» Сулаев М.
«Ламанан хьостанаш» Арсанукаев Ш.
«Мохкбегор» Айдамиров А.
«Лаьмнаша ца дицдо» Сулейманов А.
«Еха буьйсанаш» Ахматова Р.
«Дагалецамийн новкъа» Арсанукаев Ш.
4.Керла тема йовзийтар.
1) «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» романан дакъош доьшуш, коьртачу
турпалхойн васташ х1иттор.
2)Коьртачу турпалхойн: 1абин, 1умаран, 1абдуллин, Николайн,
Мелиматан
г1иллакх-амалш гайтаран башхаллашна т1е тидам бохуьйтуш, цара
деш долу г1уллакхаш дийцар.
3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Хьенан дахарца дуста мегар дара 1абин дахар?
— Муха бо 1абас бекхам шен доьзална зен динчарна?
— Мелиматан хьекъалх тилар х1унда хилира техьа?
— Мелимат доьналла долуш хиларан х1ун масалш дало мегар дара?
4) 1абин, Николайн васташ х1оттор
5) Керла терминаш йовзийтар
Композицис чулоцу произведенин васташ а, уьш кхуллуш
долу исбаьхьаллин басарш а.
Эпитет — исбаьхьаллин маттахь х1уманах къаьсттина хаза
кхетам луш долу дешнаш.
5.Т1еч1аг1дар.
6.Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх: романан чулацам хаа, коьртач
утурпалхойн васташ х1итто.
Нохчийн литература 11 класс
Тема: Рашидов Шах1идан поэтически кхолларалла.
Лирически турпалхочун
ойланаш, синхаамаш. Цуьнан халкъах махках доглазар. «Баланах
дуьзна
дог», «Пондар боьлху».
1алашо: Ц1е яьккхинчу поэтан стиашязъяран хат1
довзуьйтуш, цуьнан
кхоллараллех болу хаамаш к1аргбар.
Лирчески турпалхочун амалш муха гайтина а, авторан халкъах
мел дог
лозу а гайтар, цуьнан стихаш масала а эцна.
Урок д1аяхьар.
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.1амийнарг карладаккхар.
3.Керла тема йовзийтар:
1)Поэтан биографех болу хаамаш бовзийтар (дешархоша йина
доклад).
2)Хьехархочо доклад шегара т1етухучуьнца кхочушъяр: 60-чу
шерашкахь вайн махкахь шуьйра йовза йолаелла поэтан Рашидов
Шах1идан ц1е. Иза вина 15-чу ноябрехь 1940-чу шарахь Энгель-юртахь.
Сталинан къиза политика бахьанехь, бералла генарчу Г1ирг1азойн
махкахь д1аяхна цуьнан. Нохчийн халкъ ц1а дирзинчул т1аьхьа дуьйна
вехаш а, 1аш ву иза ша винчу юьртахь. Школехь дешначул т1аьхьа
чекхъяьккхина цо Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институт. Х1етахь дуьйна
болх бина Къона т1аьхье кхетош-кхиош хьехархочун, школан директоран
даржехь.
1968-чу шарахь дуьйна цхьаъ вукхунна т1аьххье арайийла йолало
Рашидовн стихийн. Поэмийн гуларш: «Гуьйренан тхи», «Седарчийн
буьйса», «Дайн латта»,
«Дахаран аре», «Ненан б1аьрхиш», «Дикалла» и.д1.кх.а. Цуьнан
поэзин коьрта теманаш Даймохк, Нана, безам ю.
3) «Баланах дуьзна дог» стихотв-ни ешар, анализ яр:
1.Со муха хьожур ву хьоь велавелла, 2. Со муха г1оттур ву
сакъераделла,
Баланах хилча дог дуьзна? Ца соцуш боьлхуш гуш наной?
Схьагуш бу кегийраш харцонехь белла, Суьйренца ц1а веъча аренца
лелла,
Нохчийчоь тезетех юьзна. Биц ца ло тишбелла къаной.
3.Со муха вуьжур ву парг1ата ваьлла,
Г1овг1анехь дуьйлучу герзийн?
Йо1 йигна г1аьттича ненан мохь баьлла,
Ж1аьло а лехча шен к1езий.
4.Ас х1ун де? Мила ву тешна т1етовжа?
Мила ву г1о лаца вайна?
Адам а кхеташ дац, дисна дог 1овжа,
Массо ву баланаш лайна.
5Цхьаццанна бахам бен х1уммаъ ца оьшу,
Вукхунна нуьцкъала герз а.
Нохчочун сий цара когаш к1ел хьоьшу,
Ца оьшу пондаран мерз а.
4)Словарни болх д1абахьар: къаной, мерз.
4.Т1еч1аг1дар.
5.Урокан жам1 дар.
6.Ц1ахь бан болх: стих-ни дагахь 1амо, Рашидовн биографи
хаа.
Нохчийн литература.
Тема: Хамидов 1абдул-Хьамидан кхолларалла. (Хьехархочо
хаьржинчу произ-
веденина т1ехь болх бар.)
1алашо: 1)Ц1е яькххинчу яздархочун произведенех болу
хаамаш к1аргбар.
2)Цуьнан произведенин ша-тайпана хат1 билгалдаккхар.
3)Дахаран новкъахь диканиг, вониг къасто 1амор.
Г1ирс: яздархочун портрет, цуьнан произведенийн
гулам.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Карладаккхар:
1)Хамидов 1абдул-Хьамидан кхоллараллех лаьцна шайна хуург
дийцийтар дешархошка.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Х1ун ду Хамидовн произведенеш кхечу яздархойн произведенех
къастош дерг?
— Муьлха произведенеш ешна аш Хамидовн?
— Шуна хазахеттарг муьлха ю?
— Х1унда хийтира шуна и хаза?
3)Шаьш ешначу произведенийн боцца чулацам схьабийцийтар.
3.Нийсаниг къастор:
1) «Лийрбоцурш» драмин турпалхо мила ву?
а)А.Шарипов б)Х.Нурадилов в)Абубешар г)Ахьмад
2) «Бож-1ела» пьесин турпалхо мила вац?
а)Сутарби б)Недалг в)Зулай г)Хьамид
3) «Экзамен хаттар» дийцаран коьрта тема х1ун ю?
а)ненан мотт хаа безар б)Даймохк беза безар
в)г1иллакх лело хаар г)тешаме хилар
4.Керла тема йовзийтар:
1)Хьехархочун дош: Хамидовн произведенеша вайн халкъ т1ом д1а
а баьлла, кога доьдучу хенахь, вайнахана юккъехь хилла долу
цхьаццаболу кхачамбацарш д1адахаран 1алашо йолуш язйина ала мегар
долуш ю. Забаре, самукъане ю уьш дукхахъерш. Х1инца а дукха наха
хазахетарца т1елоцу 1абдул-Хьамидан произведенеш т1ехь х1иттийна
йолу спектаклаш. Царах ю «Бож-1ела» а, «Лийрбоцурш» а. Тахана вай
йийцаре йийр ю «Мохсолтин доьхна де» ц1е йолу пьеса.
2) «Мохсолтин доьхна де» пьеса ешар, словарни болх д1а а хьош,
йоьшшушехь анализ еш.
3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Тидам биний аш авторо шен турпалхочунна тиллинчу ц1еран?
— Х1унда тиллина и ц1е иштта?
— Муха кхаьчнера Мохсолта кху пьеси т1ехь юьйцучу метте?
— Х1ун бекхам хуьлу харц новкъа ваьллачунна?
5.Т1еч1аг1дар.
6.Урокан жам1 дар.
7. Ц1ахь бан болх: Хамидовн шаьш къастийна произведенеш
еша.
Нохчийн литература 11 класс
Тема: Ахмадов Мусан кхоллараллина т1ехь язъечу
сочиненина кечам бар,
язъяйтар.
1алашо: 1)Ахмадов Мусан кхоллараллех болу хаамаш
таллар.
2)Дозуш долу къамел кхиор.
3)Шаьш ешначу произведенех лаьцна кхоллаелла ойланаш
йозанехь
гайта 1амор.
Г1ирс: «Орга» альманахаш Ахмадовн произведенеш т1ехь
йолуш.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Сочиненина кечам бар:
1)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
— Муьлхачу жанрашкахь болх беш вара Ахмадов Муса?
— Ц1ераш яха шайна евзачу произведенийн.
— Муха гайтина шен произведенийн турпалхой Мусас, х1ун нах бу
уьш?
— Муьлхачу яздархоша г1о дина лору шена Мусас?
— Сатирически произведенеш муьлхарниш лара мегар яря цо
язйинчарех?
2) Сочиненина теманаш билгалъяхар:
1. Ахмадов Мусан кхоллараллин коьрта проблемаш, теманаш,
турпалхой.
2.Оьздангаллех ца бухуш, муьлххачу а халонех чекхбуьйлу
турпалхой.
3. Ахмадов Мусан сатирически произведенеш.
3) Сочиненина хила тарлун план х1оттор:
1. Ахмадовн кхоллараллех лаьцна хаамаш.
2.Шаьш билгаляьккхинчу произведенин анализ.
3.Цу произведенин турпалхойн г1иллакхаш, церан леларш.
4.Произведенин мах хадор.
3. Тетрадашна т1ехь болх байтар.
4. Сочиненеш схьалахьор.
5.Ц1ахь бан болх: Эдилов Хасмохьмадан шаьш къастийна
стихотворени я дийцар кечдар.
Нохчийн 11 класс литература 05.12.12 шо
Тема:Арсанукаев Ш. Дуьненан,1аламан,ненан меттан беркат.
«Гиний шуна?»,»Дицдина илли»,»Ненан мотт»
1алашо:1)Ц1е яьккхинчу яздархочун произведенех болу хаамаш
к1аргбар.
2)Цуьнан произведенийн шатайпана хат1 билгалдаккхар.
Урок д1аяхьар :
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Карладаккхар:
1)Арсанукаев Шайхин кхоллараллех шайна хуург дийцийтар
дешархошка.
2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:
-Х1ун ду Арсанукаевн произведенеш кхечу яздархойн произведенех
къастош дерг?
-Муьлха произведенеш ешна аш цуьнан?
-Шуна хазахеттарг муьлха ю?
_Х1унда хийтира шуна и хаза?
3.Нийсаниг къастор:
1.»Тимуран тур» поэмин турпалхо мила вац ?
а)Борзаб1аьрг б)Абубешар в)Аьрзу г) Эсира
2)»Ненан мотт» стихотворенин коьрта тема х1ун ю?
а)Даймохк безар в)г1иллакх лело хаар
б)тешаме хилар г)ненан мотт хаа безар
3.Муьлхачу жанрехь болх бина Арсанукаевс?
А)прозехь б)поэзехь в)драматургехь г)хореографехь
4.»Ненан мотт» стихотворенин анализ яр.
5.»Гиний шуна?» стихотворенин анализ яр.
6.»Дицдина илли»стихотворенин анализ яр.
7.Урокан жам1 дар:
-Стихотворенеш ешча х1ун дог-ойла кхоллало шун?
-Дуьненца а,шена гонахарчу дахарца поэтан йолу юкъаметтигаш гой
вайна цуьнан лирикехь?
8.Ц1/болх:Арсанукаев Шайхин шаьш къастийна стихотворени 1амор.
11 класс Нохчийн литература 12.12.12 шо
Тема:Арсанукаев Ш.»Кхолламан сизаш»роман.Б1аьхойн васташ.
1алашо:1)Даймехкан т1амехь б1аьхоша турпаллица Даймохк
мостаг1чух 1алашбар романехь гайтар.
2)Ешначун анализ ян 1амор.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар:
-Муьлхачу шарахь язйина «Кхолламан сизаш» ц1е йолу
произведении?(1987)
Муьлхачу жанрийн кепехь язйина цо иза?(Стихашца язйина роман.Иза
нохчийн литературехь хилла кхиам бу,х1унда аьлча цо и роман
язъяллалц нохчийн литературехь оцу кепехь роман яцара.)
-Х1ун дуьйцу «Кхолламан сизаша»,кхечу яздархоша ца аьлларг х1ун
карийра А.Шайхина?
(Нохчийн литературехь цхьанна а яздархочо кхоьллина дацара
30-г1а шераш чекхдовлуш кхиъначу нохчийн кегийчу нехан васташ.И
кегий нах шен халкъана тешаме а,хьекъале а ,сий деш шайн синош
кхоор доцуш кхиънера.Царех бу романан коьрта турпалхой Ризван
а,Зарган а .
-Х1ун коьрта теманаш ю романан?(Сийлахь-боккхачу Даймехкан
т1еман а ,доттаг1аллин а,безаман а.Ризван бакъволу нохчийн оьзда
жима стаг ву,цуьнан ц1ийца ду доттаг1аллин хама бан хаар.Иза
школехь доьшуш волчу хенаххь тасаделира цуьнан Эльдарца
доттаг1алла.Къаьсттина к1орггера чулацам болуш а ,шуьйра а диллина
Арсанукаев Шайхис Ризванан а,цуьнан оьрсийн шина доттаг1чун
васташ.Уьш ,т1ом болабелча,д1аязбелира ополченин декъашхой хила.Уьш
майра лета мостаг1чух.Цхьана т1амехь воь цу шиннан доттаг1
Виктор.Цуьнан ч1ир оьцуш,дарвелла лета ши доттаг1.
3.Романан дакъош доьшуш,коьртачу турпалхойн васташ хиттор:
4.Урокан жам1 дар:
-Фашистки Германица хиллачу т1амах лаьцнадуьйцуш,Арсанукаевс йо
к1орггера философех йолу ойланаш:хьан,х1унда,х1ун бахьана долуш
буьйлало т1емаш,х1ун лоьху т1ом бечу наха,х1унда х1аллакбо цара
вовшийн,хьалха цкъа а гина а боццушехь?
5. Ц1/болх: романан чулацам хаа,коьртачу турпалхойн васташ
х1итто.