Урокан ц1е:
Изложенина «Хьаша ларар» кечам бар.
Урокан тайпа:
Дозуш долу къамел кхиор.
Х1оттош долчу
хьесап (гайтамаш) 1алашонаш.
Кхеторан:адаман куц-кеп,бедар,цуьнан лелар гойтуш йолу
дийцаран текстийн юьззина изложенеш язъян 1амор;
Кхиоран::хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.предложенеш
грамматический нийса язъян 1амор.Текст шайн дешнашца схьайийца 1амор.Берийн
ойла дешарна т1еерзор.
Кхетош-кхиоран:шен мате болу бакъ безам кхиор.
Урок
д1аяхьар
Маршала
хаттар.белхан меттигаш кийча хилар таллар.
«Хьаша ларар»
Вайнехан 1адатехь
хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду.
Нохчийн кицанаша а
хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан
х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а
тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза
бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1
велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна,
новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана.
Хьалха заманахь
хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо
дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а
ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме
елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла.
Хьешана тешнабехк
бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш,
т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар
эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн
г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь
доза а хилла.
(М. Ахмадов
«Гулдина йозанаш-5»)
Хьесап:
1. Вайнехан
1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх.
2. Хьалха
заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш.
3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
Хьаша вар, иза тIеэцар нохчаша массо а хенахь а деза лерина ду. Иза Дала валаво олуш ду. Цхьана хьалха заманчохь-м веънарг, иза ша, я Цо хьажийна цхьа дика стаг лоруш хилла. Масала, дагалаца Къозанахь хилларг. Гуш ду иза, нахехь дерг талла, уьш муха бехаш бу хьажа муьлххачу а сурт-сибатца вуссуш хилар. Цигахула гучудолу кхин цхьа хIума а: велавелла-векхавелла тIеэцар а, шен долчух дакъа дина, паргIат ваккхар а адаман декхар хилар. Духарца беркъа ву аьлла, цхьамма а тхов буха а ца вуьтуш, Къоьзана олучу юьртах чекх а ваьлла, юьртана йистерчу къен Iаш йолчу жерочун кетIа хIоьттина и Дала дика дина воккха стаг. Шен доьзална а дан хIума доцуш Iачу цо, шен еккъа цхьаъ бен йоцу котам а йийна, и хьалха а йиллина, хьошалла шена дина аьлла, и доьзал хIаллакьхинболчуьра кIелхьара баьккхина хьешо.
Цхьана хенахь-м, аьтто болчо, цIенойн цхьаьна тхевна кIелахь а доцуш чу-ара вала цуьнан аьтто хилийта, хьешана шена олий цIа дугIуш хилла. Оти олуш хилла цунах цу чохь текх-цаца ца лелоре терра.
Буьйса юккъе яххалц чиркх дIабайа йиш а ца хилла нохчочун, хьанна хаьа, дай меттах ца хьебер ша аьлла, вогIуш волу хьаша юха волий а. Хьешанна тIе цхьа а декхаран дукъ дожа а ца дужу моттар а дац вайна тахана моьттуш делахь а бакъ. Нагахь цхьа деза, доккха наша дохьуш веъна вацахь, буьйса юккъе яханчул тIаьхьа хIусамден доьзал меттах хьебан йиш ца хилла цуьнан. Хьешан цIа чу а вахана, даима цу чохь латтош йолу хIума а кхаьллина, буьйсанна паргIат волуш хилла иза. ХIусамехь Iуьйранна ламазана хьалха хьалагIаьттинарг, уггаре а хьалха хьешан цIа чу хьожуш хилла. Сакъера Iалашо йолуш, хан яьллачу хенахь веъначу хьешана шена леринчу цIийнан баьрччехь кхозуш пондар-вота ца гича, хIусамна тIе цхьа вон деъна хилар хууш хилла. Цу хьолехь хьаша (ша мила хиларе хьаьжжина) юха валарх бехкен лоруш ца хилла.
Вай лакхахь вуьйцург, дуьххьара вогIуш волу хьаша ву, амма иза кху кхерчахь цкъа мукъане а рицкъанах кхеттехь, кхечу хIусаме восса йиш ца хилла цуьнан. Нагахь иза кхечухьа сацахь, хьешан хьалха хиллачу хIусаман дена иза къинтIера воккхуш газа йигийта езаш хилла. ШолгIаниг (кIорггера маьIна долуш гIуллакх ду иза а). Бакъду, юьртарчу шен хьешан декхарна кIелхьара волуьйту тIевеънарг, нагахь санна иза цу юьрта цхьа вон кост дохьуш кхаьчнехь (масала, велларг валош). Цуьнан декхар, кхаа дийнахь-буса Iийна а, тезета оьхуш долу адам лахдаллалц а цигахь дакъалоцуш саца декхарийлахь ву иза.
Хьешо, кевне кхаьчча, хIусамден цIе а йоккхий, «чохь вуй хьо?» — олий, мохь туху. Араваьллачу хIусамдас, салам-маршалла хоттий: «охьавосса, чу вола», — олий, дехар до. Шоззий а аьлча шега доьхург цо кхочуш ца дича хIусамдас: «Хьо-м хьайн рицкъана тIевеънера, хала дера дара, иза а эцна, хьоьга дIакхачо гIерташ, сан хьо леха дезнехь; охьа восса, хьайн рицкъанах ца кхеташ дIаваха пурба дац хьуна». Цул тIаьхьа и хьаша чу ца вагIахь, дIасакъаста йиш ю цаьршиннан. Хьаша-м хьовха, гергара, эвхьаза вара бохуш, ша вуй ца хоуьйтуш чу гIертар, оьзда доцчех лерана ду нохчашлахь: ша а, хIусамда а юьхьIаьржа ца хIоттон леладо иза.
ХIусамдас хьаша хьалха волуьйту чоьхьа. Оьрсаша санна «позвольте, не позволить» бохуш, неI сагIехь поппар ца хьоьшу цу шимма. Чу богIурш пхеаннал сов белахь, чохь кегийрахой а бацахь, хIусамда ша хьалха волу чоьхьа: когара мача, тIера барзакъ дIаоьцуш гIодан. Хьеший чоьхьа бевлла дIанисбелла бевлча, нагахь доьзал цIахь болуш хьал нисделлехь, шена тIаьхьа уьш а болуш, хIусамнана маршалла хатта чуйогIу. Иза араяьллачул тIаьхьа, чохь кхиъна яьлла йоI елахь, юьхь-куьг дилийта тас-гIуммагI оьций чу йогIу иза гата, саба карахь долуш, цунна уллехь бер а хуьлу (шаьш-шаьш чу оьхуш хьешийн са ца дуу цара).
Рицкъанах тоам хиллачул тIаьхьа, хIусамда тохало церан самукъадаьндерг кхочушдан, нагахь санна кегийра нах нислахь, лулара-кулара мехкарий кхойкхий. Малар-даарца церан самукъадолуш белахь, иза до; дешна нах нисбелча, церан къамел догIун долу юьртара Iелимнах кхойкху. Де-буьйса даьллачул тIаьхьа хьешаша шаьш арадаьккхина гIуллакх хьахийча, иза кхочушдан араволу хIусамда.
(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com
Просмотров
21 667
Бусалба динехь хьаша-да ларар
04.02.2022 10:08
Нохчийн къоман кхин ца хиллал исбаьхьа, хаза гIиллакхаш ду. Уьш дерриге а бусалбанийн динца догIуш а ду. Даима а хьаша веза лоруш а, леррина тIеоьцуш а, цуьнан гIуллакхе хьожуш а гIиллакх хилла нохчийн.
Фото с сайта: daymohk-gazet.ru
Хьаша доккха беркат лоруш, цу мехалчу гIуллакхан леррина терго йеш ду вайн сийлахь Ислам-дин, хIунда аьлча, цо гергарлонаш кхуллу, вовшашца барт, уьйр, марзо чIагIйо. Далла гергахь йоккха йал, мел хуьлуш, дика Iамал йу иза.
Шен дерриге а дахар бусалба нахана масал долчу вайн везачу Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чIогIа лардеш хилла хьаша тIеэцаран хаза гIиллакх. Цундела, дуьнен чохь массарна а хууш ду, бусалба наха хьаша-да лоруш а, цуьнан сий деш а хилар, хIунда аьлча, Ислам-динехь Iаламат деза лоруш ду шена тIевоьссинчу хьешаца кIеда-мерза, гIиллакхе хилар.
Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешаш волчо шен хьаша лорийла. АллахIах а, къематдийнах а тешаш волчо шен гергарчу нахаца гергарло (ца хадош) леладойла. АллахIах а, къематдинах а тешаш волчо диканиг олийла йа (шена диканиг ца хаахь йа и ала ца лаахь) вист ца хьулуш Iойла» (Бухари, Муслим).
Тахана, мел ца лууш делахь, вайн йукъараллехь дуккха а нах нисло тIевогIу хьаша ца везаш. Стаг тIецавар дика ца лору бусалба дино. И санна долу хIуманаш Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ца магийна.
Дала, вайга кхочушде аьлла, тIедиллина муьлхха а хIума бусалба нахана пайда, беркат долуш ду. Цундела Ислам-динехь къеггина билгалдаьккхина хьаша тIелоцуш волчо а, хьошалгIа ваханчо а лардан деза гIиллакхаш.
Царах цхьадерш хьахош хилча, билгалдаккха лаьа уггаре а хьалха бусалба стеган хьаша тIеэцар даггара, Делан дуьхьа хила дезаш хилар. Иза дуьненахь а, эхартахь а йал йолуш карор ду цунна. Хьаша велавелла, векхавелла, маршалла хоттуш тIелацар – иза цуьнан ларам баран коьрта дакъа ду. Цул тIаьхьа, и чу а вигна, баьрчче, дикачу метте охьахаош, паргIатвоккхур ву цо, хIунда аьлча, гена некъ беш, гIелвелла хила тарло иза.
Цундела, хьаша вазвеш, хIусамехь уггаре а тоьлла, хаза меттиг цунна дIайалар суннат ду, иштта, цо гойту бухахь волчу хIусамден гIиллакх-оьздангалла а, цуьнан комаьршалла а.
Чувеана хьаша, эхь хеташ, ийзалуш хила а тарло, цундела хьаша тIелоцуш волчо а хьахо деза цуьнан хьашто хила тарлуш долу хIума.
Цул сов, хьешана кхача хьалха билларехь сихо йар а деза ду. Хьаша шуьнехь ийза цавалийтархьама, цуьнца охьахиъна, и хьалагIатталц, кхачанах кхетар деза ду хIусамдена. Баьхкина хьеший буьзна хилар шайна билгалдаллалц стоьла тIерачу кхачанах цхьа а хIума дIайаккха а мегар дац. Цо хьешанна дага хIума даийта тарло — цундела иза гIиллакхе ца лору.
Цу кеппара, хьешана оьшуш йолу терго кхачам боллуш йан йезаш ву хIусамда. Коьртаниг хьешанна хало цайар, иза паргIатвитар ду.
Делахь а, кхин цхьа коьрта, лазаме хIума хьахо лаьа. Хазачу гIиллакхца, шен дерг ца кхоош, хьаша-да тIелацар деза хилар вай билгалдаьккхира. Амма, хьаша вогIу бохуш, шайн таронал тIех сов хIуманаш лело а, шайна ца оьшу ницкъаш бар а ца магадо. Цундела дашон йукъ ларйеш чекхдовла деза. Ткъа хьошалгIа вогIучунна гIиллакхех ду ша хьошалгIа вале, шен таро йелахь, хьалххе хаам бар. ЦIеххьана веача, шена там боцучу гIуллакхна тIенисвала а тарло и. Иштта тIехь ду ша керта валале ков тохар, хIусамдегара, «чу ван мегар дуй?», – аьлла, бакъо йоьхуш.
Ша чу вахача, хIусамдас аьлларг кхочушдан деза хьешо. Масала, цо шега цига вале охьахаа алахь, цо боххучу охьахаар гIиллакхе ду, хIунда аьлча, цу хIусамдена шен цIа чохь долу хьал дика девза.
Ша чуваьлча, нагахь, бухахь кхин хьеший белахь, шина стагана йуккъе охьахаар гIиллакхе дац. Цу кеппара, и шиъ цуо шайн къамелах вохош, дIасавоккхуш санна нисло.
Ша, хьошалгIахь кхачанах кхеташ а волуш, хIусамдена реза вуй хаийтар а, цуо ша дика тIелацарна цунна баркалла алар а оьздангаллах ду.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен цхьа асхьаб волчу хIусамехь шаьш хьошалгIахь долуш, кхачанах кхетта девлча, шеца болчу асхьабашка цунна диканаг ала аьлла. Йуха асхьабаша хаьттина, «муха ала деза шаьш и, хIай Делан Элча?», — аьлла.
ТӀаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) доIа де цунна аьлла.
Хьешана гIиллакхе дац хIусамда сов хIуманаш тIедохкуш хьийзор а, цунна ша кIордавайтар а. Иштта дика ца лору хьошалгIахь тIех дукха Iар, нагахь хьошалла дан таро йолуш и вацахь муххале а.
Дала Шен сийлахьчу Къуръана чохь («Аль-Ахзаб» сурат чуьра 53-чу (?) аятехь) аьлла: «… Шаьш кхачанах кхетта девлча дIасадоха…» аьлла.
Барамал сов долу цхьа а хIума ца магадо Ислам-дино. Нагахь Дала шуна хьаша ваийтинехь, цо шун хIусаме беркат даийтина. Цундела, хьеший безаш а, доггаха а тIеэца беза бусалба наха. Шайн хIусамехь тоьлла долчуьнца цунна хьошалла дан а деза.
Тахана цхьаболчу ийман гIийла долчу нахана моттарх а, хьешаша йа къен а дийр дац, йа цаьргара бепиган йуьхк а йоккхур йац. Хьеший богIучу кертахь даима а беркат лаьттар ду, цул сов, хьешо динчу доIина жоп ло олу Iеламнаха. Цундела вай цаьрга деха дезарг вайн диканца доIа дар ду.
Дала Шен дуьхьа долу цIена гергарлонаш тосучарах а, уьш лардечарах а дойла вай! Дала, дуьненахь санна, вовшийн тIедаха йиш йолуш, йалсаманехь а цхьаьнатухийла вай!
МАДАЕВ Анзор
Источник: газета «Даймохк»
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Грозный-информ» обязательна.
ГIиллакх
Урокан 1алашо:
Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.
Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.
Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.
Урокан г1ирс:
1.Закриева Пет1аматан байташ, афоризмаш т1ехь йолу сборник (гулам);
2. Журнал «Орга», «Вайнах»;
3.«Даймохк» ц1е йолу газета т1ера г1иллакхах лаьцна статья.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо:
Хууш ма-хиллара, адам Дала х1окху лаьтта, шен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина.
Нохчийн г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.
Г1иллакх-иза адамашавовшашца
Лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман, чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду.
Оьздангалла дуьхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю.
« Г1иллакх ялсаманерасхьадеъна», ялсаманедухадерза
дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»
Г1иллакх — динан ах ду.
(Г1иллакх довзийтарх а цатоьа,
нагахь и лелош ца хилча)
Г1иллакх бохучудашошеначулоцудешнашдаладе…
(адамалла,къинхетам,комаьршалла,майралла,къонахалла,доттаг1алла,хьаша т1еэцар,яхь,декхар,эхь-бехк,доьзал а,бераш а кхетош-кхиор,нийсо,собар)
Т1аккха г1иллакхехь лаьцна ша кечйина доклад д1айоьшур ю вайн Бидаева Хьавас:
Стеган оьздангаллацоша-шецалелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза угар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шеен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латторду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шеен духар, сурт -сибат муха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалха болу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар.
Стага угар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла — ах дин ду», — аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латта во, цуьнан дог-ойла ц1ан йо, иза къинойх лар во. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.
Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цучохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».
Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.
Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).
Духар угар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хила шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хила цо (оьрсийн г1иллакх).
«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», — олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хила боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь — и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар – иза шеен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.
Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта баттайиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.
Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на ишттаду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.
«Ах стаг бедаро во», — бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Иза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».
Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй — вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан – болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй — аьхка мангал хьокхуш я кхин тайпа болх беш.
Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо — царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.
Боьршачу нехан духаран коьрта билгало — иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.
Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккхушена — шенмогашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стагвацшабохургдуиза.
ХЬЕХАРХО:
Дела реза хуьлдахьуна, Хьава!Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнаноьздангаллингайтамбу духар.
Цуьнцадоьзнацхьамасалдалорвай.
ХалкъаняздархочоАйдамировАбузарадуьйцура, цкъагIалаваханчуьра,
гучувалашааьлла, МамакаевМохьмадволчуваханерашабохуш.
Шецаисс-иттшокхаьчнашенйоI а яра. НеIеллавеънаМохьмад, аьхка
xIycaмexьтIexйовхайолу дела, шенааттачудухарехь вара.
АммаоцуйоIахбIаьргкхетча, шацуннацагойтуш, кхинмогаш-паргIат
хаттардоцуш, дехьачу а вахна, шендухархийцинерацо;
шабоккъал а чIогIацхьанабоккхачугуламевоьдушсанна, кечвелла
схьавеънера. ЦецваьллачушегаМамакаевМохьмада эли, бохураАбузара,
мел жима елахь а, йоIбехкема ю, гIиллакх хила мадезацуьнцааьлла.
Иштташакечйина доклад д1айоьшур ю Мутиева Мархас:
Хуушма-хиллара, адамДала х1окху лаьтта, шеен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна бела кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а бела вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу.
Массарел хьалха билгалдаккха деза г1иллакх, оьздангалла бохучу шина дешан маь1на. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Дална ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шена дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Стаг мел говза велахь а, мел дика велахь а,цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлхачу а кхечу стагана т1ехь долу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.
Масала, нохчийн дахарера д1адаьлла, ала мегар ду, боьршачу стага коьртахь х1ума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа жима стаг коьртахь х1ума йоцуш, эвла юккъе стена дуьйцу, шен к1ет1а а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и г1иллакх цкъа а хила а ца хилча санна д1адаьлла. Бакъду, коьртахь х1ума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий х1инца а.
Муьлххачу стеган г1иллакхашка хьаьжжина мах хадабо. И тидам беш, вай тидаме ца оьцу цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагадо цхьана осалчу х1умано. Бакъду, г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехьлелор г1еллуш ду де дийне мел дели, царахцхьадершд1адовлуш а ду.
Хьехархо:
Дела реза хуьлдахьуна,Марха!Г1иллакхо лайхэла вина, г1иллакх ца хилароэлах лай вина аьллавайдайша…
Ахь хьайна т1аьхьалонна ахча ларде, халкъана т1аьхьалонна дайн г1иллакх ларде.Иштта, и гlиллакхдуьйцуш, вайнкъоманиэсехьдисинацхьадийцарду.
ГоврахьвогlучуИсмайлин Дудина шенберацадуьхьалйогlуцхьа жима зуда,
и берохьа а диллина, букъ а берзийна, дlахIоьттина. Говраравоьссина Дуда,
оцуберaнатle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна,
цуннаюххе cовг1атнa шенворхIаззайолутапчаохьа а йиллина,
«Дала беркатедоьзалховойлакхунах, Даладукхавахавойлахlapa», — аьлла,
дlавахна.
Tlaккxa и гlиллакххIоттийнастаг мила ву а хиъна, оцужимчу к1ентан дас
Исмайлин Дудина cовг1атнa дин бигийтина.
Г1иллакхах лаьцна байт (Мунашева М..)
Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,
Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон
Я ша д1а, шецасха мел гайтарх, хьанна
Мичахь и, я маца карийна к1уон?
Олуш ду: «Г1иллакхца аттадуваха,
Цунах д1атиллачун мах бац ши шай»,
Халонехьшаьшхиларх, ваймассоваха,
Г1иллакхах цабухушбеллавайн дай.
Шаделахь, ду г1иллакх, йистйоцушшорта,
Доцчунна «вуон», «к1езиг» — къастамца тов.
Осалву д1аалий, харцийтаворда –
Г1иллакх цадевзачо, муьлххаэхь лов.
Цуьнца бен хьанлерам, пусарцахилча,
«Вуон» дашцахуьттуш и, муха дайдер,
Сиймадацбехлушша, я ц1анлуш, дилча…
Г1иллакхах а ма де вай, х1ай нах, буобер!
Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,
Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон.
Я ша д1а, шецасхьа мел гайтарх, хьанна
Мичахь и я маца карийна к1уон?
Классный час:
Г1иллакх дезаш волчунна
и генахьдац.
8 «а»классан куьгалхо:Джамалдинова Л.Х.
Х1инца шун г1иллакхех долу хаарштоллурвай.
Хаттарш.
Х1ун олу?
Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )
К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла! Т1аьхье беркате йойла!
Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )
Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат мА эша дойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)
Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хила зен.)
а)Адамийн дика амалшмуьлхарниш ю.
Лерам, собар, комаьршалла, майралла, къинхетам, эхь-бехк, тешам, дошлардар)яхьйолушхилар.
Адамийн вон амалш муьлхарниш ю? Хан 1мин.
Тешнабехк, ямартло, харцлер, мотт тохар, къола дар, писалла, хабар дукха дийцар, шена т1ехь доцург дийцар, сихалла, къизалла, мало яр, куралла.
1. Г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кицанаш далор. Хан 1мин.
а) Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча-яа.
аь) Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо.
б) Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.
в) Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.
г) Стеган мах ша хадийнарг бу.
г1) Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву.
д) Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.
Х1етал-металш.
1. Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?
Дикалла.
2. Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?
Амал.
3. Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?
Йовхо.
4. Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг х1ун ю?
Марзо.
5. Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?
Адамалла.
6. Кицанахь сарралц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю?
Хазалла.
7. Адаман г1иллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?
Комаьршалла.
8. Цхьана а садолчу а, садоцчу а х1уманца адамна Дала лело бакъо цаелларг х1ун ю?
Ачо(хьаг1, гамо).
9. Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду?
Хьекъал.
10.Шинна а тобанна: 1ар-вахар мичахь тоьлу хуур ду шуна,аша д1алечкъина дош схьалехча.
Схьалахахь д1алечкъина дош.
Даймахкахь.
-Х1инца вай къовсадалар кхин д1а хьур ду.
Аса х1ора тобанна хаттарш лур ду, аша жоьпаш дала деза.
Хаттар:Чу-араволуш хьалхе хьаьнга яла еза?
Жоп: Чу-араволушхьалхевоккхачуьнга а,заь1апчуьнга а д1аяла еза.
Хаттар: Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург буха а ца юьтуш яа еза,я мела а буха йита еза?
Жоп: Жимма буха йита еза.ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.
-Суна ч1ог1а дика хета шуна иштта дика хууш. Дала и хаарш берашна хьеха кхин а к1орггера хаа пурба лойла вайна.
БЕРАШ –урддуаьхна, х1у таса сихло.
Д1адехь вай дика х1у – хьекъар ду ялта.
Амма вай д1атасахь г1овтур ю яраш,
Цхьанна а ца оьшу ба1 хьекъа тарло.
Ткъа д1адийнарг т1едалаза дуьсур дац.
Хьаша вар а, т1еэцар а массо хенахь деза г1уллакх лерина вайнаха. Хьешана не1 къовлар, цуьнан
хьашташка ца хьажар доккха эхь лоруш хилла. Хьаша-да т1еэцарна доьзна нохчийн цхьадолу г1иллакхаш билгалдохур вай.
1. Вевзаш вара, вацара ца бохуш, хене ца хьожуш, т1еоьцуш ду хьаша.
«Вевзаш вацарх, ломахь наха даима оьцу Хьаша т1е» (А.Сулейманов).
Кхин ца масал а далор вай:
-«Ассаламу 1алайкум! Хьаша т1еоьций аша? — Ва 1алайкум вассалам! Йокъанах дог1анна санна, т1ера ду-кха тхо хьешана, — жоп делира лекхачу дег1ахь волчу стага:
— Тхо ч1ирхой ду. Сан ц1е Хасболат ю. Ткъа х1ара сан к1ант ву, Шахьби. Буьйса яккха меттиг езара тхуна.- Марша вог1ийла хьо! Чоьхьавала. Хьайн ц1а веана хьо»;
Хьаша-да воьссинехькерта..Дин парг1атбаьккхича хьешан,
Шен к1анте аьллера дас:
— Г1иллакхах ца духуш вешан
Чекхдовлар дехар до ас.Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.Цкъа жимчохь хезнера суна,
К1иллошна ца лепа малх.
Стаг хилар коьрта ду хьуна,
Стаг воцчохь совцуш бац нах.Т1еоьцуш генара хьаша
Вай лардахь, хир ду вайн сий.
Доккха шун хоттор ду бешахь,
Шортта ду сискал-туьхий.Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнцадуиссимий-беркат,
Цхьамарзохиларал сов…
***
«Цу кхерчачу ц1арочул а
хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
ду вайнехан оьзда дош !»
Нохчийнзабарш
1. ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьастагшенстунцахойболчуваханахилла. Ламаз хан т1е макхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цухенахь ц1енкъа юккъетекх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а бешстуннанахилла.
— Оллох1у акбар, — аьлла, охьатаь1аш воллунуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сиххахьала а г1аьттина, шендукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцоэлирабохустуннене:
— Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах цахилла.
2. АМАЛ
Йоккхачу Атаг1ара пондарлокхучу Г1ачас ткъецхьаъ зуда ялийнахилла. Т1аьххьара шаткъе цхьаллаг1а зуда ялийчацоаьллашензудчуьнга:
— Со зуда атта д1айог1ийтуш вухьуна, ас аьлларгделахь. Вайгахьешийбаьхкича, со хьайгахьаьжча, царнаюург яла езийлахаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчоаьлла:
— Ас корта ластийча, ас лурйоцийлахаалахь.
3. ИРС Я1 ХЬАН!
Шайнйишаловзаргахьхелхаюьйлушбехк а лаьцна, юьстахваьллалаьтташхиллацуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачукъонахчоаьлла:
— Иза-м д1аяла а цакхета. Евзийшуна и? — аьлла.
-Ирс я1 хьан, — аьллавежарехцхьамма, — и йовза-х цаевзийхьуна.
4. ДОГЦ1ЕНАЛЛА
Цхьастагхиллабазарахьеттбохкавахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттинакхуьнга.
-XIapaетт дег1ана ма жима бухьан?
— Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьунаxlapa жима.
— Ой, шура мел локхо, шина-кхаа литре йолий?
— Йолу, ахьагурралцоьзча-м.
— Ткъа базара х1унда балийнаахьаxlapa?
— Вуо болу дела балийна-кх, — аьлла, жопделлаеттболчо.
5. ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьананесошенмарвешина «Къонах» аьлла ц1е тиллинахилла. Маццацкъатуьканаяханчохь, шенмарвешах тар а велла, цхьанастагана т1аьхьа хьаьддайоьдушхилла и зуда:
-Ва, Къонах, — бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, изакхинстагхилархкхетча:
— Вай дела, хьо-м къонахмавац, — аьлла.
Вукхохаьттина, вуоха а воьхна:
— Со къонахвоцийлахьуна муха хии?
Зудчожопделла:
— Юьхьдуьхьалхьаьжча, хиира-кх, — аьлла.
6. ДАКЪАЗАЛЛА
Майрахилласай-бодийкъасталебалхавахавезаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхинацо.
— Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. — аьлла.
Шеннабархацаялалучузудчо, axl-yxl а дина:
— Эццахьайнаергкхалла а кхаллий, д1аг1охьа, — аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шенаяайовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахьаьлла, шенаергкхалла а кхаьллина, шенбалха д1авадана xlapa.
Сарахьмац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуобалхавоьдушяьржжийначохьлаьтташ пхьег1аш а, кхуоохьайиллиначохьлаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохьлаьтташяйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас шашега: «Нана яла хьодуьненан», — аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха «г1ам-г1им» дина, и тосаделлачузудчокхуьнгасхьамохьбаийтинадехьачохьйижинайолчу:
-Хьо х1ун дешвуцучохь, шабар-шибардеш, х1инца а ваханавалазавухьо? — аьлла.
7. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М…
Юьртахь жима стагкхелхинатезетхилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачухенахь, цуюьртарацхьастагваханахиллакхелхинчужимачу стеган нахе кадамбан. Царехуггаревоккхахвергкхайкхина ара а ваьккхина, цуьнгакадамбинахиллацо:
-Мукъавоцушвиснера со шунагучу ваза. Вайнницкъкхаьчнехьарашуна и бохамхуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шунвешин к1ант кхелхина, — аьлла.
Xlapaкадамбинаваьлча, кхелхинчужимчу стеган девашасаьллера:
-Вай, и кхинхьан дай-вашийвийна-м цалелара и кхелхича, хьуна хала цахета…
8. МОЛЛИН CATИЙСАМ
Моллахилласуьлхьанашхьийзош, багахь «лаилах1-иллалах1» бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гинакхунна. Цулт1аьхьа:
-Девисахьан, дависахьан, — бохуш, ша х1ун леладо а цахууш, суьлхьанашхьийзонволавеллаиза.
9. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ «ШАЙХ»
Шайхвушабохушлелашхиллацхьастаг.
-Делахькханахиндергдийцал, — аьлла, дехардинацуьнгацхьамма.
— Лама дуьйцурдуша. — аьлла, «шайх» вушабохучо.
10. ХАН ЙОЦУШ БЕАНА МАРХИН БУТТ
Мархинбаттахьмарханашкхобушабохуш, лелашхиллацхьастаг. Шензудчуннахьалхамоттарг1анаш а лелош, къайлахцигаьркаузушхиллацо, шайн к1ет1арчу г1одмийн такхорах а вулий.
Цхьанадийнахьшайнтакхорах к1ур оьхушгиназудчунна. Ц1е яьлламоьттуш, хьаьдда т1еяханчу кхуннашенмайрагина, такхорах а воьлла, к1ур беш. Йоьхначузудчоаьлла:
-Вай, елла яла со!
Т1аккха майрачоаьлла:
— Ма яла хьо-м елла, хан йоцуш т1ебеана xlapaмархинбутт бала-кхабелла.
11. МАРХИН БУТТ
Цхьа ши стагхиллацхьаццахабаршдуьйцушлаьтташ. Цхьаммааьлла:
— Борз санна т1ебог1уш мархибутт а бувайна…
Вукхоаьлла:
— Баг1ахь, дера бувайохьа а таь1на, т1ехбалийтур.
12. ВОН ЗАБАР
Цхьастагвеллааьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
-XIapaахьтховсаларванвеза, таханалатта т1ехьакха цамагадинавайна.
1усман резахилла
Каш лардеш 1усман 1аш буьйсаюкъал т1ехъяьлла 1усман кхеродагахькошахьвергметтаххьеволавелла.
— Хьодакъаделахь, дакъасанна 1илла, дацахь аса дийрдухьох, — аьлла 1усмана.
1амийнарг т1еч1аг1дар:
Стеган оьздамассо а х1ума хиладеза-ойла а,
духар а, г1иллакхаш а.
Жам1 дар:
— Дийцакхуурокехьвайнакерла х1ун хиъна?
— Дийцашайнахазахеташ долу г1иллакхаш.
Ц1ахь банболх:
— дагахь 1амо байташ (г1иллакхех лаьцна),
— «Г1иллакх» ц1е йолустихотворенидагахь 1амо.
Шайнкхерч муха хила луур дара шуна?Гайта у т1ехь…
Дерзор:
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла,вастдалошаьлча,цхьалекха б1ов ю. Вайнкъоман х1ора а чкъуроцхьаццакхеригбуьллушйоьттина,лакхаяьккхина. Цундела х1ора нохчочундекхарду и б1ов 1алашъяр.иза кхин а лакхаяккхарехьдакъалацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохоряц,нагахьвайх х1орамма а иза 1алашъяхь.шен леларца,вистхиларца.дечу г1уллакхца. Изалаьттарю,нохчийнкъам мел деха.»
НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХАШ
Нохчийн
г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а
иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю,
нохчийн къам мел деха.
ШУН
Тахана вайна юккъехь долчу к1ез-мезигчу х1уманах цхьа доккха бахьана а дой, шайлахь дийца а доладой, вовшашна кхиссарш-1иттарш ян зударий буьйлабелча, «ва нах, ма доккха х1ума деана-кх кхарна юккъе», олий вуьсу.
Д1ат1аьхьакхиъча, механ тай диллал а бахьана ца хуьлу девнан.
Амма г1уллакх цхьана кепе дерзийча, вовшашна шаьш ечу восах уьш кхеташ хилча, яппарш ян царна бахьана дуьсур дацара аьлла хета. Цкъа-делахь, чу вог1-вог1ург шуьне вог1у моьтту царна. Иза иштта дац. Нах шуьне кхойкку цхьа ондда бахьана даьлча: дуккха а шерашкахь ц1ера ваьлла лелла, я набахтехь хан яьккхина стаг ц1авеъча, кхин оцу кепара дерг нисделча.
Вуьшта чувеанчу стагана хьалха пхьорх1оттадо. Иза хууш хилча х1усамнаношна а, туьха-сискалх кхеташ волчунна а хуур ду, ша муха хила вог1у.
Вайна, къаьсттина зударшна, дицделла дог1у хьеший чу ма-кхеччинехь, салам-маршалла а хаьттина, юьхь-куьг дилинчул т1аьхьа: « Цкъачунна са теде, яах1ума х1инцца йина йолуьйтур ю», аьлла, царна хьалха хий, туьхий, шозза-кхузза кхаллал «сискаллий» йилла езаш хилар. Чу кхаьчначара некъахь мел хан текхна, уьш кхачанах кхетаза мел хан яьлла ма ца хаьа. Йижарий! Дала кхоллина цхьа а тайпана эхь т1едог1у долчех дац шуна иза, вайн наноша лелийна и г1иллакх.
Олуш ду вайн «мацвеллачо – мазца юу», иза эрна аьлла дац. Мацвеллачун собар мел деха ду хьажа а ца г1ерташ, йолуш ерг хьалха йилла. Таханлерчу дийнахь шун х1оттон, иза кечдан масийтта кеп хаа езаш хьал нисделла вайна: 1аьрбийн, шведийн, японийн, нохчийн. Дуьйцург кхачанах лаьцна дац, шун д1адахьаран кеп ю. Вай т1елаьцна яьллачех лара мегар ду аьлла хетта суна, оьрсашкахула вайна юккъехь яьржина йолу Европан къаьмнийн кеп: урс – хьалхарчу бошхепана аьтту аг1ор диллар, аьрру аг1ор – 1айг, м1ара биллар.
— Чу нах бог1ур бу аьлла, шайга доьзалан дас хьалхе хаам ца бинера, юьхь1аьржа х1иттийна цо шаьш, — бохуш, безабеш дукхе-дукха х1усамнаной гина вайна. Нохчийн вадца (основа) шуна т1ехь дерг – чувог1ург доггаха т1елацар а, йолуш йолчух тоам а бина, ерг хьалха йиллар ду-кха. Важадерг ц1ийндена т1е ма дужу. Вайн дайшкара схьадог1учо шуна т1едожийна дукъ – елаелла-екхаелла, чувеанчунна юха а ван дог дог1ур долчу кепара лелар ду. «Гайт1ингаран» г1уллакх хьалха а даьккхина лелаш верг, чу ца лестор бен молха дац. Шена хьалхара «хьаьвда» лах ма-деллинехь, хондаргаш шаьш совцу. Нохчашна хьалха заманахь урс-м1ара х1ун ю хууш ца хилла бохурш эрначу хабарех ду. И дерриге а каг ца до ткъа, йо1ах муха ц1ийна-нана хир ю хаархьама, цо текх ц1ена лелоре а, к1ентан цесте (орсаша подкинжальный ножик олу цунах, г1алг1аша–мукх) хьожуш хиларо. Куьйгашца х1ума яа вай Шемалан халачу заманахь бен дуьйладелла дац.
Иза бакъдеш ду вайна юккьера цхьацца долу кхин х1уманаш а. Масала, цастар доккхуш юу х1ума т1омехьара йолош ю, хорбаз хуьлда иза я паста. Наьрс, сийна хох, саьрамсекх шегахьа з1ийдиг йолуш берзийна бацара аьлла, шаьш царах ца кхеташ, шун т1ера хьалаг1евттина нах суна х1инца бевзаш бу. Бепиг (булка) охьадилларан а ю шен цхьа нисйина кеп. Дилла дезачу кепара дерзийна дацахь, ша мел меца хиларх схьаоьцур дац оьздачу стага. Цастаран букъ болу аг1о стагана т1е а ерзайой, дуьллу бепиг охьа. Хьахийначара а, хьахоза дисанчара а гойту шуьне хаар а, цигахь лела ма-везза лелар а, доккха маь1на долуш хилла хилар.
Урс, 1айг, м1ара лаца деза бохучунна гонах хезаш дукха къамелаш ду. «Нагахь уллехь волчунна цунах новкъарло ца хилахь, хьайна аьтто болчу кепара лаца», — ала дог1у.
К1езиг лелаш дац чай доттарца доьзна хабарш а. Иза вайна юккъедаьлла дукха хан яцахь а, цуьнца доьзна а цхьацца некъаш х1иттина. Масала, бошхепана чохь т1уналла йолуш чай далар, х1усамненан оьзда цахилар лору, кхетамна гомха хилар а го. Духе кхиа воьлча, стака схьаоьцуш, цу т1ера т1адамаш оьгу. Шуьнехь нисвеллачун оьздангалла лахара хилар гойту, шена хьалха йиллинарг куьйра йолуш санна, стакан чу 1айг хьийзо волаваларо.
Шунна гонах д1анисдалар кхочушдан хала г1уллакх хуьлий д1ах1утту вайлахь. Хьалха вай бийцинчу, лара безаш болчу наха, вовшашца ца туьгуш, цхьа сахьт хан йойу. Цул ошуш дерг – г1иллакх леладо шаьш бохуш, шайна хьалха кхача биллича, охьахевшинчара вовшашна хьалхара бошхепаш д1асатеттар ду. Гонаха хьийзачеран х1оранна а т1екхача аьтто боцуш меттиг нисъелча, лахара дуьйна вовшийн кар-кара луш, стоьлан баьрчехьа д1акхачадо бошхепаш. Кхача хьалхий-т1аьхьий охьабилларан раг1 иштта хила йог1у: 1)тхьамда, 2) тхьамдина аьтту аг1ор хиъна волчунна, 3) т1аккха аьрру аг1ор 1ачунна, и д1. кх. а, цхьанаэшшара дехьа – сехьа кховдош, духе кхаччалц. Кхача — деза х1ума ду, иза д1асатеттар мегачарех ца лерина. Иза Ахьмадна я Мохьмадна буьллуш бац – иза меттиге х1оттош бу. Ткъа цига милла а нисвала тарло. Ишттачу метте кхаьчча, вай хьалалелхий, шен-шен меттиг т1евеанчунна д1аяла г1урту массо а. Г1араваьлла Турпал-1ела велахь а, бухарнаш кхузза кхачанах кхета кхиънехь, т1евеънарг, парг1ат йолчу меттиге охьа а хиъна, кхачанах кхета везаш ву.
Тахана шуьне нисвеллачунна 1аламат хала ду, кху чохь «хьаша мила ву, юьртахо мила ву, хийраниг, хийра воцург» къасто. Х1унда аьлча, тхьамдина уллера меттиг еза хеташ, хи т1е г1оьртина хьагделла бежнаш санна, цига г1ерташ берш дукха хуьлу. Иштта кеп ца х1оттийта, шуьна гонах нах охьаховшаран кеп йовза еза. Цунах къамел кхин цкъа а карла ца даьккхича дер дац: тхьамдина аьтту аг1ор хийр-хийраниг хьалха а хаош, д1анисбо хьеший. Т1аккха чоьхьаваьллачунна, хеттарш дан ца оьшуш, б1аьрг ма-туьххи, хуур ду ша хьалха-т1аьхьа хьанга х1ун ала деза, дан деза. Муьлххачу а кепан хьалхара 1алашо и ма ю. Х1усамда, нагахь охьалахлахь а, не1саг1ехь д1атарло.
Нагахь санна шуьна гонаха х1усамден ненахой, дехой цхьаьна нисбеллехь, хьалхарниш аьтту аг1ор ховшош ду, аьрру аг1о тайпана болчарна йог1уш ю. Ненаваша, деваша ву тхьамдина аьтту, аьрру аг1онаш йоькъург. Цигара д1а гергарло лахдаларе хьаьжжина, гергарло гена мел ду – меттиг баьрчехьа хуьлу (нийсса б1останехьа нисло — тезетахь, цунах – шен меттехь).
Юург-мерг хьалха йиллар а, д1аэцар а ду шен кеп йолуш. Оьшна (стоьлана) гонаха хьовза кегийрхошна аьтто болуш хьал нисделча, юург аьтту аг1орхула бен охьайилла йиш яц, ясъелла пхьег1а аьрру аг1орхула д1аоцу.
Шунна гонах гулбеллчарна т1ехь цхьа а декхар дац аьлла хеташ берш бац к1езиг. Яар, малар, шайна дага, бага а деънарг лелор доцург, важадерг дерриге а х1усамна кочахь ду моьтту царна. Шуне веанчо лелон дезарш, цунна хаа дезарш дукхе-дукха ду. Уьш шадерш а вай дийцина девр дац. Амма коьртачарах дерш хьахор ду. Уьш ду: шена улле нисвелачунна цхьана а кепара новкъарло ца яр; х1усаман дайшна а, чохь гулбеллачарна а товр доцург шех ца далийтар; чухула д1аса б1аргаш ца къерзор; б1аьрг т1ех1оьт-х1оьттинчу х1уманна т1екхача г1ерташ, шунна т1ехула т1аьрзенаш д1аса ца хьийзор; дуьйцург-олург хезачуьра а ваьлла, нойна чуиккхина херси санна, юучунна, голаш хьала бина, чу ца валар; цхьанна, т1аккха вукхунна лере оьхуш, шабарш ца дар; ша бохучунна, дуьйцучунна массеран а тидам т1ебахийта г1ерташ мохь ца беттар.
Сутарчу стагана (зудчунна), аьр вай, бепиган цастар а, шена хьалхарниг лулахочунчул мелла а эшна хеташ, схьадог1уш ду дуьне доладелчахьана а.
Оьзда стаг шуьнехь гуш хуьлу. Дагалаца Паскевичан шуьнехь Таймин Бийболатах А.С. Пушкина бина тидам. Оьзда стаг цхьанна а х1уманна т1ехь нахал къаста г1ерташ ца хуьлу, юучунна-молучунна чу ца волу, хабарна т1ехь а. «Цо яа юий-те?» — боху ойла кхоллайолуьйту цо шех.
Веза лоруш волчу хьешана уьстаг1 а боьй, корта, накха, аьтту пханар, (уьстаг1 дума болуш хиллехь) дума а , цунна хьалха буьллуш хилла. Хьешана хьалха юьллуш хилларг х1ун ю-м массарна а бохург санна, хууш дара. Амма уьш шена хаьлха дехкича, царех дезар муха дан деза хууш стаг к1езиг нисло. Коьртан аьтту аг1ор б1арг болччуьра, мочхалх йоккхий цетуху, аьтту б1аьрг-лерган юьхьигах а, меттан буьхьигах а х1ума йоккху. Нагахь санна цу юьртахь лоруш велахь, « кху юьртахь махкана везаш-вевзаш стаг а волуш, кху пхьорах веттаваллал веза ца хетта суна суо», — олий, шена хьалха диллина пхьор цига д1адахьар х1усаман дайшна т1едилла магош ду хьешана. Нагахь санна хьашас пханар даа дола а дина, охьадиллинехь – х1усамдена хаам бу иза хьаша д1авоьдучу хенахь цунна новкъа даккха д1адилла дезар. Вай-м хьовха, кавказхойн а вуо лоруш ду, коьртаца мочхал далар. Аьрру пханар а дац шуьнчу дуьллучех.
Хьаша вар а, т1еэцар а массо хенахь деза г1уллакх лерина вайнаха. Хьешана не1 къовлар, цуьнан хьашташка ца хьажар доккха эхь лоруш хилла. Хьаша-да т1еэцарна доьзна нохчийн цхьадолу г1иллакхаш билгалдохур вай.
1. Вевзаш вара, вацара ца бохуш, хене ца хьожуш, т1еоьцуш ду хьаша.
«Вевзаш вацарх, ломахь наха даима оьцу Хьаша т1е» (А.Сулейманов).
Кхин ца масал а далор вай:
-«Ассаламу 1алайкум! Хьаша т1еоьций аша? — Ва 1алайкум вассалам! Йокъанах дог1анна санна, т1ера ду-кха тхо хьешана, — жоп делира лекхачу дег1ахь волчу стага:
— Тхо ч1ирхой ду. Сан ц1е Хасболат ю. Ткъа х1ара сан к1ант ву, Шахьби. Буьйса яккха меттиг езара тхуна.- Марша вог1ийла хьо! Чоьхьавала. Хьайн ц1а веана хьо»;
2. Хьалха заманахь, чуван-аравала аьтто боллучу олий, юьстах доккхий, дуг1уш хилла хьешан ц1а. Иштта, вог1у-воьдучунна олий, юург а, мотт-г1айба а латтош хилла. «Масане шен доьзалх хербина кхача х1оттош, цунна баржоза мотт буьллуш, х1усамнанас хьаша-да верзийна» (М.Мусаев);
3. Т1евосса х1усам хоьржуш а, хуьйцуш а дац. Буьйса юкъал т1ехьяьллачул т1аьхьа кхаьчна хьаша, ша т1евоьссинчохь саца декхарийлахь хилла;
4. Хьаша х1усамдена а, юьртана а бехке ву. Массо а кепара цунна цатам хинболчух ларво иза. Нохчийн г1иллакхехь цо жоп ло хьешан коьртах. «Шен кертахь стаг ца воьйту нохчочо, эхь ларало иза» (М.Мусаев). «Хьешан бохам — юьртан эхь»;
5. Дерриге дитна а, хьешан г1уллакхе хьажа веза. «Дан амал долчу х1уманна бехказло йина бита тарлуш дац хьешан лаам, сакъера веанехь, самукъадаккха деза, лурвоьлла веанехь, ларван веза. Цо арабаьккхинчу некъан г1уллакх кхочуш ца хилча, ц1ийнан ц1е южу» ( Д. Кагерманов). «Сан дика д1аэцар я цаэцар – иза хьан хьайн г1уллакх ду. Ткъа керта а веана къамел дечу стаге ладог1ар — вайн а ворх1е а дайшкара дуьйна схьайог1уш къоман оьздангалла ю» (Н.Музаев);
6. Хьешана юург яларан а бу шен бехкамаш. «Бен-берса кхача схьабаларе а ца хьоьжуш, чу ма-кхеччи хьешана «туьхий-сискаллий» (вуьшта аьлча, кийча ерриг) хьалха х1отто еза» (С-М Хасиев). Генарчу, хийрачу хьешана шен таро елахь уьстаг1 буьйш ду. «Уьстаг1 а бийна шун х1оттийча, кортий, накхий хьешана (я хьешех воккхачунна) хьалха дуьллу. Цо шун доладо уьрсаца бета юьххьера, я лерга юххера мерцхалг доккхий». (Х.А Берсанов). Юучух кхетталц, хьешо беанчу некъах хеттарш ца до. «Кавказан ламанхошна юккъехь б1е шерашкахь схьадог1у г1иллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хеттарш ца деш 1ара х1усамда» (А.Айдамиров). Хьешана кхача не1аре кхаччалц зударша бохьу, ткъа хьалха – кегийрхоша буьллу;
7. «Х1усамдас не1арх чоьхьа хьалха хьаша волуьйту. Арабовлуш, х1усаман да хьалха араволу. Т1евеънарг ларварца доьзна ду и г1уллакх. Хьаша хийра мел хили а, цунна т1аьхьа валар гено т1аьхьаоьхуш хуьлу. Амма чуьра араваьлларг юьртара стаг хилча а, иза кхузза юхахьажжалц чу ца воьдуш, соцунг1а хуьлу х1усаман да» ( С-М Хасиев). « 1уьйранна шен къона хьеший новкъабаха юьртах валлалц веара Мажа» (У.Гайсултанов);
8. Веанчу хьешана, генара-гергара хиларе хьаьжжина, совг1ат дан тарло.
Дешначу стагана деза совг1ат ду Къор1ан. Совг1атана ло дин, герз, сурт, книжка, коч. Билгалдаккха деза совг1ат дар т1ехь цахилар.
Хаьша веза ву, цуьнан лерам бан хаа деза, ткъа хьешанна шен меттиг ларъян хаа деза. Цунна цхьа-ши масал далор вай. «Шемал, хьо имам а, шайх а ву, — элира цо кура. – Ткьа со оьзда нохчо ву. Шайн цигахь суьлийн г1иллакхаш лелор ахь… Амма сан х1усамехь нохчийн г1иллакхийн сий дан дезар ду хьан. Нагахь и тайпа эвхьаза дош суна шолг1а хеза-кх… Хьо милла велахь а, могуьйтур дац ас… (А.Айдамиров). «Шахьбина шогачу дешнаша догдат1ийначу М1аьчиган и човхо ойла хиллера… . Амма ша цуьнан х1усамехь х1инцца цуьнан шуьна т1ера г1аьттина хилар дагадеана, сацавелира» (А.Айдамиров).
Хьаша-да т1еэцарх къамел дуьззина хир дац, масех кица ца далийча:
-«Хьаша-да ца леринарг хьошалг1ахь а ца лерина»;
-«Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча дика кхаба, оьздачунна ерг елча а кхачам хир бу»;
— «Хьашана шега д1акховдийна меттиг ларъян хаа деза»;
— «Хьаша веанчохь дукха ца 1а, амма цунна дуккха а го»;
— « Хьашана халахетар дечо шашена юьхь т1е туйнаш детта»;
— « Ц1ахь хьайна луъург яа, хьошалг1ахь — хьайна елларг»;
— « Хьаша ца вог1учу керта ирс дог1ур дац»;
— « Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу»…
Хьаша, Бож-1елиний дайна « г1ийла х1ума ю», боккхачу бохамо, некъахьовзамо, цхьа орца эшаро валаво стаг евзаш йоцчу х1усаме. Цундела дицдан ца деза, Сулейманов Ахмадан дешнашца аьлча:
«Цу кхерчачу ц1арочул а
хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
ду вайнехан оьзда дош !»
Нохчийн кицанаша хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар:
Хьаша-да т1еэцаран г1иллакх дохор Дала, цхьа бекхам ца беш, дуьтуш дац. Иштта, ширчу дийцаро а ч1аг1до.
Къоьзан-1ам болчохь цхьана хенахь юрт хилла боху. Цига, лелаш, цхьа миска стаг кхаьчна. Буьйса а йолла, нехан наь1аршка х1итта воьлла иза: «Х1ей, хьаша оьций аша?» — бохуш. Амма иза цхьаммо а чу ца витина, эвла йистехь шен берашца йисина 1аш йолчу цхьана зудчо бен. И доьзал боцург, массо а х1аллак а хуьлуш, хи т1е а даьлла, 1ам х1оьттина цигахь. Иштта кхоллабелла боху Къоьзанан-1ам. Цундела, мел хан йоцчу хенахь хьешо не1 тоьхнехь а, поэта Хасбулатов Ямлихана ма-аллара:
Ассалам 1алайкум,
Схьавола, хьаша,
Боккха некъ бай х1ара-м,
Хьо лела маьрша!
Вайн кет1а беза мохь
Билла ахь, хьаша…
Ассалам 1алайкум,
Бакъ некъан хьаша,
Хьо ваза хьевелча,
Деса ду-кх дахар
КУЬГ КХОВДОР — ЛАЦАР
Куьг кховдор-лацар а ду х1ора къоман шен-шен кепара. 1илманехь билгалдаьлла ду кхечу билгалонашца цхьаьна, масала: духарца, кхачанах кхетаран кепашца, г1ишлош йог1аран-х1итторан хьелашца иштта д1. кх., дег1ан чарх дукха я кезиг экаме ларарца а къаьмнаш вовшех къаьсташ я цхьаьнадог1уш хилар. Вайн къоман кхетамехь лелачу дег1ан чорхан экамаллин барам буста воьлча, вайца цхьа а къам дог1уш ду аьлла ца хета. Иза дуккха а х1уманаш т1ехь билгалдолу.
Вай долчу веъна кхечу къомах волу хьаша: « Ванах, къамел мел ч1ог1а (мохь бетташ) до-кх аш », — олий цецволуш меттигаш к1езиг ца нисло. Цуьнан бахьна, хабаре ваьллачу шина юккъехь хила йог1уш йолчу меттигах доьзна ду. Къамел деш лаьтташ волчу шина юккъехь 40-50см. хуьлуш ю (комфортное расстояние) олу цунах 1илманехь; 1амеркахойн (США) и юкъаметтиг 1метр кхоччуш хуьлуш ю. Хьо цаьрца къамел тасаделла валлахь, хьо т1ехилахь иза вуха вер ву, нагахь хьо юха валахь, иэа хьуна т1е хир ву. И меттиг вайна юкъахь цхьа лезанан г1уркх (5,3 м) ларалуш хилла хьалха. Цундела, «ты меня уважаешь?» — бохучохь билгалйоккхуш йолу юкъаметтиг вайн вадца йог1учарех яц. Цхьадолчу къаьмнийн 1едал ду, и ун вайн цхьаболчу накъостех а хьакхаделла, къамеле ваьлла ши стаг хилча, ша аьлла дош т1еч1аг1деш ладоьг1уш волчунна муьшкаш еш. Иза вайн ду ала, хала х1ума ду. 1аьнарх 1аь хьерчаш, хабаре валарх а, вовшех хьакхаваларх ларлуш а лелийна вайн дайша къамелдаран кеп.
Ши стаг новкъахь дуьхь-дуьхьал нисвелча, дала дог1учо, 6 г1улч юкъахь йиссинчу хенахь салам луш ду. Нагахь санна куьг луш-лоцуш хьал х1оьттинехь, 4 г1улч юкъахь йисссинчу хенахь, вукхо, салам д1аоьцуш, куьг кховдош ду. Куьг пхьаьрсан голехь саттийна доцуш, юкъах дихкинчу доьхкарна лакхахь лоцуш ду.
Пхьоьг1анехь, х1усамехь я кхечахьа гулбеллачу нахана т1евог1учо ло салам. Салам схьа а эцна: « Марша вог1ийла хьо!» — олуш, бухарчара куьг д1а а кховдош, т1евог1ург т1еоьцу. Д1авоьдуш волчо: «Марша 1ойла шу, я 1одика йойла шун» — олий, бухахь буьсучаьрга хьалха кховдадо куьг.
Геннара куьг кховдийна т1ег1ертар, я мерах мара кхеттачу хенахь куьг кховдор нийсачех лоруш дац. Бакъду, хьаькамо шел даржана лахарчуьнга я даржехь ван а воцчуьнга геннара куьг кховдорах бехке лоруш ца хилла вайн. Мелхо а стаг къонах хиларан билгало хилла, ша даржехь хьала мел вели, мискачу нахе ларам цуьнгахь сов балар.
Го бина лаьтташ болчу нахана т1екхаьчначохь, я чохь болчарна т1ех1оьттича, бухарнаш пхеа стагал сов белахь, воккха вуй, хьаькам вуй бохург доцуш, аьрру аг1ора аьтту аг1ор куьг лоцуш, чекхвала веза.
Куьг далар-лацар йоккха т1аьхье а, маь1на а долуш х1ума ду нохчашлахь, доккхачу декхарийла а ву и делларг а, лаьцнарг а. Куьг вахийтаран маь1нин а, цуьнан чулацаман а (иза кхоччуш теллина доцучарех цхьаъ ду) ойла ян ваьлча (адаман чарх экаме ларарца дуста а дуьстича), цхьана хенахь нохчашна юкъахь куьг далар-лацар лелаш ца хилла аьлла хетало.
Цу юкъа бог1учара шайна хьалха лаьцна 1алашо нохчийн къоман вадца, хьежамашца, кхетамашца ч1ог1а цхьаьна дог1уш гергара а ду.
САЛАМ — МАРШАЛЛА ХАТТАР
Х1ора къоман маршалла хаттаран кепаца гучудолу цуьнан дахарехь коьрта меттиг муьлхачу мехалло д1алоцу, къомо хьалха х1ун тотту.
Вайна ма-хаъара, оьрсаша «Здравствуй» олуш – могашалла ю хьалха тоттург. Иштта китайцаша: — «Ел ли ты?»; парцоша — « Будь весел!»; зулусо « Я тебя вижу»; 1аьрбийн «Салам 1алейкум» — « Мир тебе»; «1алейкум салам» — «И тебе мир» бохург ду. «Салам»
бохург нохчашна шен ма-дарра маь1ница т1еэцна. Шеко яц, иза нохчийн
маттахь «маршалла» бохург хилар. Салам-маршалла аьлла и ши дош цхьаьна
тесна хиларо а гойту иза иштта хилар. Сих-сиха олуш хезачех ду:
«Могаш-маьрша» бохург. Хетарехь, бусалба дин т1еэцале и кеп шуьйрра
яьржина леллачух тера ду вайна юкъахь.
Салам далар-эцар бусалба динца вайна юкъахь даьржинехь а, иза юкъахь леларан кеп, некъаш
1аьрбийн, нохчийн а тайп-тайпана ду. Царна юкъахь салам масийттазза луш
а, дала дог1уш а ду: дас – к1анте, к1ант – нене, нанас – йо1е, йо1а –
дега, вукхара вовшашка, иштта д1. кх. а.
Нохчашна юкъахь салам далар — эцар шен маь1на, шен х1отто бух а, лаца т1ам а болуш х1ума ду. Салам «къонахчун дош» бохучу даржехь лелийначех а, леллачех а ду. Нохчашлахь салам луш ца хилла т1ом-ч1ир юкъаян йиш йоцчохь. Ткъа «т1о-ч1ир» бохург къонахчо лелош ца хилла цхьана а зудчуьнца; юкъ ехказа волчу кхиазхочуьнца; юкъ ястина волчу къанвеллачу стагца; шеен ц1ийнах волчу гергарчуьнца, ненахошца, захалашца (юкъахь кхуьуш доьзалш белахь). Цьарга салам ца далар – уьш ца ларар дац, цаьрца болу ларам, уьйр- безам ша тайпанчу т1ег1ан т1ехь лелаш хилар ду.
Нохчийн г1иллакхашца, салам кховдош хилла г1еметта х1оьттинчу къонахчо къонахе. Цундела саламан дозаллина, г1арт олий, дег1 нисдеш, хьалаг1отту вайн къонах. Оцу тайпана салам т1еэцаран «кеп» кхечу бусалбана къамнашна юккъехь лелаш дац.
Нохчаша салам мич-мичахь а, хьаьнг-хьаьнга а луш дац! Бусалба воцчуьнга вай салам цадалар, хетарехь, важа бусалба цахиларца доьзна дац. Цуьнан бахьана, саламан дозаллин маь1на хууш вуй те важа. Масала, вайн баккхийчарна Юккъерчу Азехь гина х1ума ду, казахийн, г1ирг1азойн салам далар т1ехь хьалхаваьлларг тоьлла лоруш хилар.
Цуьнга хьажна доцуш, нохчашлахь салам даларан шен х1оьттина яьлла кеп ю: жима-воккха бохург доцуш, салам даларан хьалхе — т1евеъначуьнгаххьий, т1ехволучуьнгаххьий ю. Хьалхе т1ейожайо говрахь, ворданахь, машенахь болчарна; лакхара (гу т1ера, лам т1ера) охьавог1учунна, т1ехь барзакъ бен-берса долчунна; карахь (марахь,гихь) мохь боцуш — парг1ат вог1учунна.
Малхбузехьарий, къилбаседехьарий вог1учо; дешна волчуьнга — дешна воцчо, (1илма долчуьнга – доцчо) хьалха луш ду вайн салам. Лакхахь далийначу хьалха салам даларан масалийн маь1наш вовшашна герга хетахь а, ша-шен башхаллаш йолуш ду. Ломара охьавог1учо, говрахь (машенахь) волчо, куьг (дег1) парг1ат долчо салам хьалха даларан маь1на — ловш йолу хало, дег1ан чорхана хилла ницкъ тидаме лацар ду. Ала дог1у кхин цкъа а, вай билгалъяьхна нохчашна юкъахь салам даларан-эцаран кепаш, стеган сий-пусар, ларам бар – даржаца, гулдинчу дуьненан риц1къаца, и д1, кхин долчьунца доьзна доцуш, оьздачу дозаллийн даржехь айина лело хакъ долчарех цхьаъ ду. Оцу г1иллакхийн маь1на суна ца хетта вайн дайшкара вайга кхаьчна йолу и амал, и г1иллакх вочарех а, емалъян оьшучарех а.
Йишин к1анта – ненахошка, невцо — стунцхошка салам далар нийса лоруш ца хилла. Осалчарех хеташ хилла кхиазхоша баккхийчаьрга салам далар а.
Стаг хилла кхиъна лору доза имам Шемала 15 шаре охьадалийна хилла. Шейх Мансур волчу хенахь и киртиг 24 шо т1екхочуш бен ца хилла. Халкъалахь дийцарехь, цхьана хенахь 33 шо кхаьчча дуьйна д1а юстуш а хилла боху иза.
Тахана х1оьттинчу хьелашка диллича, ишкол чекхйоккхучу хенаца — 18 шарца къастор дара ас и. Зударшка, юкъ яьстинчаьрга (шаьлта — доьхка охьадиллинарш, пхьа-ч1ирна юкъа ца бог1урш, дуйна т1е ца те1ораш, 67 шо когашна к1елхьарчийнарш, кара 1аса лаьцнарш бу хьехориш) салам луш ца хилла. Де-буьйса, 1уьйре-суьйре декъалъярца йолу кеп лелош хилла цаьрца а, цара вовшашна юкъахь а (зударий бу буьйцурш).
Билгалдан деза, т1евог1учо, т1ехволучо салам-маршалла ца хаттарх бехказа волуьйтуш хилла вайн г1иллакхо, нагахь санна бухарниш кхуьнан (кхеран) тидам ца беш (хьала ца г1овттуш, я кхечу кепара ларам тидам ца беш) меттиг хилахь.
Хьалха-т1аьхьа салам-маршалла хаттаран шен билгалчу хот1е йирзина кеп ю кегийчу наханий, мехкаршний юкъахь лелаш. Йо1е маршалла хьалха хоттуш ду. Кхузахь билгалдаккха дог1уш цхьа х1ума-м ду: йо1а маршалла хьалха хаттар — иза ша жимчу стагана реза хиларан гайтам бу; синкъерамехь т1аккха хецна къамел дан йиш хилар, цуьнан дош йо1а юхатухург ца хилар.
Къахьоьгуш (болх беш) воллучуьнга салам-маршалла хьалха д1акховдош г1иллакхехь лерина ду вайн: «Хьекъийла», «дебийла», « т1аьхье беркате хуьлийла», и д1. кх. а, бечу балхе хьажжина т1е а тухуш. Маршалла хьалха доккху дика я вон т1едеанчуьнга а.
Вайн г1иллакхашца ца дог1учех ду синкъерамехь, ловзаргахь, мичхьа а нах гулбеллчохь (хуьлда иза гулам, я конференци) къамел дерзаре а ца хьожуш, уьш юкъах бохуш, т1евар а, салам далар а. Къамел деш верг, хелхаволуш верг, эшаре ладуг1уш берш севцначул т1аьхьа дала дог1уш ду салам, къаьсттина къамел деш верг юкъах ваьккхина, юкъаг1ертар ларт1ехь дац.
Х1окху балха т1ехь цуьнан уггаре коьртаниг, маь1не дерг билгалдаккха деза. Цунах цхьадолу жам1аш деш, ала дог1у, нохчийн г1иллакхехь салам луш ца хилла:
1. Ламаз т1ехь волчуьнга (иза Далла дуьхьал х1оьттина ларало дела);
2. Къор1ан доьшуш волчуьнга (Делаца къамеле ваьлла ларалушволу дела);
3. Мола кхойкхуш волчуьнга (иза Далла дуьхьал х1отта кечлуш лору дела);
4. Кхачанах кхеташ волчуьнга (иза Делан рицкъанах кхеташ волу дела);
5. Шен ц1ийнан (гергарчу) нахе 7 дегара валлалц дов а, ч1ир а лелон йиш йоцчаьрга);
6. Ненахошка (тукхамхошка) -8 дега кхаччалц берш (ма-дарра аьлча наной бара багар бан безарш-м) – бехке ларарна;
7. Невцо — стунцахошка;
8. Зударшка, кхиазхошка, юкъяьстина болчу баккхийчаьрга;
9. Маьждигехь (иза Делан ц1а хиларна. Цу чу воьдучо дуьненан г1уллакхаш, х1умнаш – хьаг1-бода, вон ойланаш, арахь йита еза дела);
10. Ламаз оьцуш волчуьнга;
11. Верзина волчьунга.
Салам дала ца дог1учохь, масала, юучух кхеташ волчуьнга: « Г1оза яийла, я барт цхьаъ бойла» — ала тарло. Иштта меттигаш (ситуацеш), дукха нисло 1ер-дахарехь. «Хьекъийла, дебийла, г1оза дагориг хуьлда, г1оза даориг хуьлда» — х1оьттинчу хьоле хьаьжжина олуш ду вайн.
ЗУДА ЯЛОР, ЕРЗОР
Хууш ма-хиллара, шаьшшиннан дахаран некъаш цхьаьнатоха сацам хиллачу йоь1ан а, к1ентан а «къайленаш» нахала ца йовлуш ца юсу. Г1иллакх шинна а аг1оно лелорца бен гучудала а, лела а йиш йоцуш х1ума ду иза. Керла кхоллалуш болу доьзал, г1иллакх а санна, ши аг1о, «ши там» ца хилча кхоллабала йиш йоцчех бу. Нах болчу наха иштта шайна т1едеана захало т1е ца оьцуш меттиг суна ца хааелла. Нах болчу нахаца нисделча, цу т1ехь г1уллакх хаза, оьзда д1адоьрзу.
Нах боцчу нахаца нисделларг зударийн карадоьдий, нах кхардал х1ума хуьлий марсадолу, гергарлонна юккъе мекха юлу. Г1иллакхаш х1ун ю шайна ца хуучу наха, нахалахь шайн сий хьаладолу моьттуш, базбала а г1оьртий, безаман уьйра т1ехь х1отталуш болу керла доьзал боха а бой, гойту шаьш нах цахилар.
Цкъа хьалха йоь1ан дагара а хаа, йо1 еха воьдург, оьздангаллех къаьстина, я оцу дашо чулоцург ша дуьненчу волуш дуьйна а шен сих хьакхадалаза хила веза. Ишттаниг бен цига г1ур а вац. Массара а дагахь латто дезара « Букъ бойна а, б1аьрг баьлла а вацахь, нахана шех бала а ца беш, к1анта ша лаха еза шен х1усамнана».
— Шеца нус я кхин волуш, тоьхначу хенахь, ша йиллинчу метте йог1у йо1. Циггахь шен накъосташца уьш бог1у ларбеш хуьлу к1ант а. Уьш ларбеш лаьттачарех гергарчо, я доттаг1чо, несана кара х1ума а «совг1ат» кховдадой, «бисмилла» даккхарца цуьнан куьг лоцу. Т1аккха: «Тахана дуьненахь а, кхана къематан дийнахь а, когашна к1елхьара латта, вайга хьоьжуш долу стиглара седарчий, х1ара вайна гонах лаьттарш теш лоцуш, тховса дуьйна сан йиша а, тхан нус а ю хьо», олий, ялош еанчуьнгара иза схьаоьцу ( йо1аца йолчо д1ахоьцу цуьнан аьрру куьг).
Нус йоссайо ненаваша волчохь, я и яло ваханчохь йо1ах дуьххьара куьг кхетта доттаг1 1ачу х1усаме. Дуьнен чохь уьш мел дуккха бахарх, царна юккъера уьйр-безам лахбала йиш йоцуш гергара нах хуьлу царех. Уьйр ца хеда йоссийначу х1усамца а.
Вай хьалха ма-аллара, к1ентан да-нана, шайн хинболчу захалшка, шолг1ачу 1уьйранна, шун йо1 ша реза а йолуш, хьенехан к1анте еъна, цигахь йоссийна ю, олий, несан верасаш болчу нах хьовсабо. Цигахь, я т1аьхьо леррина бахкийтинчу наха къастадо там-мехаца дерг. Оьзда ларалуш ду, нагахь т1ебаьхкинчара х1ара-важа аьлла къамел долийча, бухарчара «Вайна юкъахь гергарло тасаделла. Д1а коч, схьа коч бохурш юха а теттина, тхоьгара эшнарг шайн аг1орхьара аш дуьжуьйтуш, шуьгара эшнарг оха шуьгара ца лоьхуш, цкъачунна керла доьзал д1анисбийр бу вай», — аьлча.
Г1иллакхца — г1уллакхца дерг дахаран дохаллехь гайта киртигаш х1уьттур ю шуна т1е. Т1аккха шун мах наха шаьш хадор бу. Ткъа оьзда боцчу наха и г1уллакх зударийн кара ло. Вуьш-м «х1арий, важий ца хилча йиш яц» олий, список х1оттайой, иза лула-кулахь гойтуш, шайн йоь1ан шаьш хадийначу мехах дозалла деш буьйлало. Иштта сурт гича, моьттур ду цара духкург шинара ду. Адаман мах дуьненан дохнаца хадалуш бац. Кхуьу йолу т1аьхье хьесапе эцча-м, мах уьссаза лакхара ма-бай.
Захало мухха нислуш хилча а, юкъадог1уш а, ца къастийча ца долуш а цхьа юкъара х1ума ду… Вайна юкъахь там, мах, урдо, олий, декъалуш ду шина аг1оно вовшашца лело дог1ург. Вайн зуда стеган ц1арт1е ца йолу мах баллалц. Ма-дарра дерг дийцича, йоь1ан а, к1ентан а шина а аг1онан коьрта 1алашо ю керла кхоллалуш болчу доьзална г1ортор хиларехь а, накъосталла дарехь а. Оьздачу наха тахана а «там» бохучу кхетамца лелош дерг, цхьана бежнан мах бу. Ялийначу жимчу зудчун дола доккхуш долчу дохнах олу урдо. Зудчун бехк а боцуш йитахь, я йисахь а аьлла, цунна хене яла т1аьхьалонна схьакъастош ю и бежана. Ткъа оцу уьстаг1-бежанна экхано х1ума дина, я цамгаро дожийна, х1ара йисахь а олий, латта билгалдоккхуш хилла.
Кхин цхьа х1ума а ду кхузахь хьахо дезаш — зуда ялийначохь герз кхоссарх дерг. Дайша иза иштта осалчу даьккхина лелийна дацахь а, ваьш эвхьазадевлла вай цуьнца. Бакъдерг ала деза: иза эвхьаза тахана а, селхана а даьлла дац. Шемал караваханчул т1аьхьа, т1ом, латар долчу хенахь шайгахь герз гарна кхоьруш а лелла, паччахьан 1едал т1едеъча нахана шайгахь герз дуй хиъча, шайн цхьа х1ума хьаладолу моьттуш, цхьа жуккарийн тоба кхиъна. Тахана дукхах болчарна иза вайн оьздачу дайн 1едал хилла а моьтту!
Боккъал дерг аьлча, доссийначуьра нускал арадаьккхина аьлла хаам беш, топ-тапча яссош хилла – замой новкъабевлла хиларан билгало хилла иза.
Шолг1а герз — кирхьа кхача дезачу д1акхаьчна хилар нускална хоуьйтуш дассош хилла.
Кхозлаг1а герз кхоссаран маь1на-м тахана наггахь волчу воккхачунна бен а ца хаьа — г1опехь дуьхаьл яьллачу марнанас несца кхерчана дола дар къуйсуш даьккхина дов, и шиъ берта а яхана, нус кевнна чоьхьа яьллий юьртана а хоуьйтуш кхуссуш хилла.
Патармин мах – адаман дахар лоруш волчу нохчийчо, вала а волуш, баттара шаьлта йоккхуш ца хиллийла а, цхьа 1алашо, цхьа маь1на доцуш герз ца дассийнийла а хаа-м дезара « белшашна т1ехь шелохойн г1абакхан буьртиг боцчунна».
Замой некъ лацар ца хьахийча нийса хир дац. Тахана хаа деза иза мичахь лоцу. Цу т1ехь вовшашна халахетарш дар, цатемаш бар хуьлу. Нус араяьккхинчул т1аьхьа некъ лаца йиш ю зударийн а, берийн а г1опехь. Цул т1аьхьа некъ лаца йиш яц цхьанна а, некъ лаьцначо (воккха, я жима хуьлда иза) ша вовзуьйту охьахиъна хуьлу верасех воккхах верг. (йоь1ан верасех хилар, и х1унда дина бахьана а дуьйцу) — нуц вог1учу хенахь ша ц1ахь хирг цахилар. Ша ду замой новкъахь севцча,- хелхаран бал боккхуш, садо1уш, — т1екхаьчначу некъахочуьнца дерг. Цо пондар-эшар лекхна, я кхин цхьа самукъадолу х1ума дахь, цунна совг1ат дог1у.
Кхин цхьаъ ду т1аьххьарчу кепехь гучудаьлла: замошна хьалха воккхачу стага 1аса йиллар а, йоккхачу стага йовлакх тасар а. Иза совг1атана деш дац, я совг1ате сатуьйсуш а дац. Цуьнан маь1на кхин ду: шен къинхьегамах, хьацарх ваха г1ора доцуш, г1о дан, г1о лаца т1аьхье йоцуш висинчу стага, зудчо керла кхоллалуш болчу доьзале ша т1елаца бохург ду. Иза т1елоцуш а хилла, валлалц дел-ненал хьомсара хеташ лелош а, велча д1аверзош а хилла. Т1ехваьлла д1аваха йиш йоцург а, ца дича ца дериг а хилла иза.
НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ — «ТЕЗЕТ»
Ислам динехь мел долчу къамнийн тезет цхьана кепехь д1ахьош а, лело дезара аьлла хетало, амма дахаро гайтарехь, иза иштта дац. Масала, вайн луларчу г1умкийн, кхидолу къаьмнаш ца хьехийча а, генара т1евеънарг цец а воккхуш, тезетана т1евог1ург (вуьйцург боьрша стаг ву), иза вайна мел тамашийна хетахь а, белхаран кепарца т1еван везаш ву.
Нохчийн тезетан шен кеп а, куц а ду. Кхузахь гуллуш болу нах шина декъе бекъало: кхелхинчун верасаш, тезетан дайшца бала бекъа, вон т1ех1оьттинчарна г1ортор хила баьхкина болу юьртара, гонахара нах. Т1ебаьхкинчарех уггаре а воккхачунна я 1елам-стагана аьрру аг1ор Цунна т1ера д1а охьахевшина хуьлу верасех баккхийнаш, кегийнаш ирахь лаьтта. Тезетан сурт х1отто г1оьртича, «П» элпах тера хуьлу цуьнан, «П»-н аьтту «белшана» т1екхаччалц т1ебаьхкина нах бу. Цу т1ера верасийн мог1а болало. Цундела тезета вог1ург т1ебаьхкинчарех а, верасех а баккхийчарна т1екхача 5-6 г1улч йиссалц, аьтту аг1о лоцуш, т1евоьду тезетана. До1а дина ваьлча, д1анисло т1ебаьхкинчарна юккъехь.
До1анна кхузза куьйгаш лаццалц тезетахь саца веза. Цул т1аьхьа тезетана дайша шена пурба делча, верасийн мог1анца, х1оранга шег-шега вистхуьлуш, кадам беш, араволу. Тидам бича, гучудер ду, юккъехула д1а ца г1ерташ, аьтту белш хьалха а йоккхуш, гуо боккхуш, иза араволуш хилар. Т1евар, сацар, д1авахар ду шен-шен хила йог1учу кепаца нисдина. Нах сиха болчу хенахь тезета х1уттуш ца хилла вайн. Малхбуза ламаз динчул т1аьхьа а тезета воьдуш ца хилла. (Шемалан заманахь вен кхиэл йина стаг цул т1аьхьа вуьйш а ца хилла). Тезетана т1е йог1ург йоккха тоба елахь, дагардан ринже лаьллина жа санна, т1ег1ертар а ца лерина хаза. Вайн дай 1едалшца, велларг кешнашка хьош берш, я тезета бог1урш мог1ане ялх-ялх х1уттуш хилла. Вовшех ца уьйш тоба цхьаьна арайолуш елахь, х1инцца баьхкинчара шайн кеп йоха ца еш,арабовлу. Кхин нах цаьрца арабовла дагахь хилча, царах ца хьерчаш, жима соцунг1а а хуьлий, царна т1аьхьах1уьтту. Вайн дайшкара схьаеъна, тезетан кепо гойту – муха, мичхьа т1евахна саца веза, хьаьнга вистхила дог1у, араволуш муха вала веза… нагахь санна, тезетан кеп йоьхна-яьржина яцахь, т1евоьдучунна ша лелон дезарг а хаахь.
ЭЗАР ДОТТАГ1 ВЕРГ ВАЬЛЛА,
ЭЗАР СТУ-ЕТТ БЕРГ ВАЙНА
Вайнехан стеган дахарехь доккхачу маь1не ду доттаг1алла. Деца, ненаца-м х1унда дуьйцура, шен йиша-вешица а эвхьаза хуьлуш дац вайн. Цундела ч1ога оьшу хьайх кхеташ, тешаме доттаг1 хилар. Бевзарш накъостий дукха хиларх, уллера доттаг1ий дукха ца хуьлу.
Ц1еххьанчу бохамо базбина корта т1етовжо юххехь дика накъост, доттаг1 оьшу. Хьаьнг — хьаьнга дийцина, нахала даккха йиш йоцуш х1ума а ма хуьлу. Иштта йолу хьайн деган къайле йийцина дог даста тешаме доттаг1 оьшу. Хьайн дика, хазахетар декъа а оьшу доттаг1. Лаа олуш ма дац: «Доттаг1алло воккхавер шозза совдоккху, сингаттам шозза эшабо». Кхузахь дагайог1у А. Сулейманов доттаг1аллех байташ:
Сан дахаран стигла кхолош,
Кхана х1оттахь йочана,
Хаьйн г1уллакхаш юкъахдитий,
Суна орцах кхачалахь
Букар бердах ирхо йоккхуш,
Хьо к1елвисахь, х1оьттина
Т1етовжа сан белш ю хьуна,
Хьан вешина меттана.
Доттаг1аллехь уггаре а коьртаниг тешам бу. « Г1алат гечде, ямартло ма гечъе. Хьуо даима тешаме а хила доттаг1чунна. Накъост кхерамехь а витий, к1елхьара а ма валалахь цкъа а, дийна воллушехь вела ву хьо хьайн сица», — яздо М. Сулаевс. Башха кицанаш кхоьллина халкъо доттаг1аллех:
« Доттаг1 шираниг тоьлу, бедар — керланиг»;
« Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал»;
« Сакхт доцуш доттаг1 лехнарг и воцуш вуьсур ву»;
« Доттаг1чунна цу а хьовла хетта»;
« Доттаг1 д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву»;
« Зийна воцу доттаг1 — кагдаза б1ар»;
Доттаг1алло къаьмнаш ца къестадо. Нохчийн к1ентийн кхечу къаьмнийн к1енташца хиллачу тешамечу доттаг1аллех лаьцна дукха халкъан иллеш ду. Масла, Г1ебартойн Курсолтица доттаг1алла леладо нохчийн к1анта, Эвтархойн Ахьмад резахуьлу г1алаг1азкхийчуьнца гергарло лело:
«Даггара тешаме доттаг1ий хила вайша?
— Майралла ва гайта меттигаш нислур ю.
— Собаре хилахьа, Эвтархойн Ахьмад,
— олуш, лен ва ваьлча и г1алаг1азкхи.
Ша реза ма хили Эвтархойн Ахьмад».
Бакъболу доттаг1ий (шира дийцар).
Дехаш хилла наний, к1анттий. И к1ант т1ехь луралла долуш хилла. Цхьана буьйсанна, лечкъина шен нана муха ю хьажа веанчу кхунна хабар деана; сихонца ц1ера вала, хьуна ч1ир екха бог1уш нах бу аьлла. Сихонца д1аваха дагахь х1ара воллуш, кхин хабар кхаьчна: хьан езаш йолу йо1 кхечанхьа д1алуш ю, д1айига вола боху аьлла. Деллахь, х1инца ша х1ун дийр дара-техьа, аьлла х1ар воллуш, кхуьнга кхечо, — тховса хьан ца тору доттаг1ий бу бог1уш, шаьш т1еэца аьлла,- хабар схьатоьхна.
Х1ара иштта шадерг цхьаьний т1е г1оьртина, воьхна 1аш волуш, нанна тосабелла кхунан сингаттам. Цунах ца лачкъийна к1анта х1умма а, — Деллахь, нана, иштта хабар хезна суна, ас х1ун де аьлла? – хаьттина.
Нанас аьлла:
— Ч1ир екха бог1учу наха, Дела 1ожалла хилла яьллехь, шайн ч1ир оьцур ю хьуна. Хьан езаш йолу йо1 хьо шена везахь, соцур ю хьуна. Доттаг1ий т1еэца ахь, уьш карор бу хьуна. Резахилла к1ант, дотттаг1ий т1еэцна цо. Х1орш сакъоьруш 1аш болуш, к1ант сингаттаме хилар тоса а делла, хаьттина цара: «Шаьш дахкар ца тов те хьуна, я кхин сингаттам бу-техьа хьан дагчохь?» — аьлла. К1анта дийцина т1аккха. Шен нана муха 1аш ю хьажа веанера ша, хабар деара суна сихонца ц1ера вала аьлла, д1аваха кечлуш ша воллуш, кхин хабар деара шена, еза йо1 д1алуш ю, д1айига вола аьлла. Т1аккха х1ун дер ца хууш ша воллуш, кхечо шун кост схьатуьйхира сох. Цуьнан ойла еш 1ара ша аьлла, дийцина к1анта.
-Шайна моттара, хьан дагахь берг кхин сингаттам бу. Хьо вен вог1уш хилла хьан мостаг1 вийна, хьуна езаш йолу йо1 дехьа кертахь йоссийна, хьо волчу даьхкина к1ентий ду-кха тхо. Тхо муха к1ентий хета хьуна? — аьлла.
Т1аккха кхетта к1ант ша динарг нийса хиларх. Нанас аьлларг дича, ша юьхьк1айча х1уттург хиларх а кхетта иза. Сулейманов Ахьмадан байташ ялайо оха:
Доттаг1аллаш ма хедаде,
Уьшша-м вайна оьшуш дай.
Шад ца хуьлуш, хотталац-кха
Хадахь, доттаг1аллин тай.
Тешаме доттаг1а ч1аг1онан б1ов ю баьхна вайнаха. Цунах лаьцна ду халкъан дийцар а. Ша леш шен цхьаъ бен воцчу к1анте весет до дас, х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1алахь, олий. Иза кхелхинчул т1аьхьа ойлане хуьлу к1ант, шен ден весетан маь1нех ца кхеташ. Оцу к1ентан х1усамнанас кхетийна иза: х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1а бохург, хьоьга цхьацца доттаг1а лаца бохург ма ду аьлла.
ЧУЛАЦАМ
Шун …………………………………2
Хъаша вар, иза т1еэцар ………………11
Куьг кховдар – лацар .………………..18
Салам – Маршалла хаттар ……………22
Зуда ялор, ерзор..……………………30
Нохчи г1иллакх – «тезет».……………37
Эзар доттаг1 верг ваьлла, ……………….
эзар сту – етт берг вайна…………………40
Кечйинарш:
Гулйинарг – Даудова Р.
Редактор – Демильханова Б.,
Компьютер т1ехь зорбатохнарг – Алероева З.
Соьлжа – г1ала
2010 шо.
Источник: http://chechfolk.ru/article/nohchiin_g1illakhash_11567.html
Гостеприимство
Краткое описание: «Чеченец отдаст жизнь за гостя» – вспоминает один из гостей, посетивший чеченцев. Чеченцы убеждены, что гость и гостеприимство-это «Беркат», то есть, благополучие от Всевышнего Аллаха. Святая обязанность хозяина, принявшего гостя – защита жизни, чести, имущества последнего, даже с риском для собственной жизни. Важной частью гостеприимства у чеченцев, как и у других народов, является хлеб-соль («сискал» – чурек из кукурузной муки или «ч1епалгаш» – тонкие лепёшки из пшеничной муки с творогом, обмазанные топленым маслом, подаются вместе с маслом в пиалах). После того, как как гость принят в доме и вкусил пищу он становится «хьаша» и он вступает в отношения «хьашал» с хозяином дома и со всеми его родственниками. Это накладывает определённые обязанности, как на гостя, так и на хозяина и всех его домочадцев. Они считаются породнёнными, и в дальнейшем совершенно исключаются все виды связей кроме родственных. У чеченцев гостеприимство сложилось в традиционный кодекс ответственного поведения хозяина дома («цIин да») и гостя («хьаша»). Отступление от этой нормы считалось некрасивым, недостойным поведением. Долг хозяина дома обеспечить своего хьаша (гостя) всем необходимым, оказать ему всяческое уважение и почет. Вероятно, поэтому с усмешкой замечено: “хозяин дома – баран, гость – волк”. Но неверно было бы думать, что гость имеет только одни права, но не имеет обязанностей. Если хозяин имеет свои обязанности в сложном этикете – «хьашал», то и гость имеет свои. Например, хозяин дома в ущерб своему хозяйству собирается зарезать барана или истратить большую сумму денег, то долг гостя вмешаться и не допустить таких трат, которые приносят хозяину урон. В таких случаях гость настаивает на том, чтобы хозяин ограничился более скромным угощением. Гость, пользующийся всеми своими правами, но не выполняющий своих обязанностей, в народе считается «сий дайна стаг» (человек, потерявший честь) и всячески осуждается.
Отсюда пословицы: “Дом, куда не приходит гость, считается могилой”, “В дом, куда не приходит гость, не приходит и изобилие” и ряд других пословиц и поговорок, большинство которых в пользу гостя.
Расширенное описание: Прием гостя на Кавказе – вообще явление очень важное и очень ответственное, а у чеченского народа, чеченцев, имеет особое значение и занимает в жизни любого чеченца особое место. Гостеприимству отведена особая роль в системе общения. Дом, куда не вхож гость у односельчан, не пользовался и не пользуется уважением, ни почитанием. Отсюда и пословица «Хьаша-Да вог1уш воцу х1усам – х1усам яц!» (Дом куда не вхож гость – не дом).
В каждом доме всегда должна быть комната, предназначенная для гостя, (гостей). Всегда чеченец строясь, строил и строит дом с учётом отдельной комнаты во дворе для гостей или гостевой комнаты, в основном доме. Называется это строение «Дуьхьал оти» – (Комната напротив). Чеченцы старались держать запас продуктов питания, на случай прихода гостя или гостей. Хозяин был готов поделиться последним, ради проявления своего уважения к гостю. Обычно, примерно в центре села традиционно собирались сельчане («пхьоьг1а») для обсуждения новостей и общих проблем. Путник, нуждающийся в ночлеге, подходил к ним и спрашивал у них, кто бы смог его принять в гости на некоторое время. В результате чего гостю советовали, у кого ему остановится, кто сможет его достойно принять и решить его вопросы. Обычно один из присутствовавших сопровождал гостя до дома хозяина, знакомил гостя и хозяина или забирал гостя к себе домой, чтобы решать его проблемы.
Когда сопровождающий приводил гостя к хозяину, т.е. к «х1усам-да», (отцу семейства), то он, в свою очередь гостеприимно радушно встретив, приглашает гостя или гостей с сопровождающим в дом. Сопровождающий обычно прощается и уходит. В большинстве случаев гость сам может постучаться в незнакомую дверь, и его обязательно примут, соблюдая все каноны чеченского гостеприимства. При этом важно отметить, что в традиционном чеченском социуме возвышается социальный статус хозяина, принимающего гостя.
Бывает и так, что гости заранее знают к кому идут в гости. Когда гостя заводят в дом и обустраивают, к ним заходит хозяйка дома вместе с остальными членами семьи, чтобы выразить своё уважение к нему. Потом в комнату с гостем заходит подрастающая дочь хозяина с «г1уммаг1» (кумган с водой) и её брат с полотенцем и мылом.
Хозяин и домочадцы старались удовлетворить пожелания гостя, что требовало и от него ответной сдержанности. Гостю подавалась самая лучшая еда. Пока её готовили, его угощали тем, что есть на скорую руку из продуктовых запасов. Одновременно для гостя резали барана (быка или теленка, если гостей много), а женщины готовили национальные блюда «Жижиг-галнаш» или «Когаш кортий» т. е. отварное мясо или отварная баранья голова с галушками из кукурузной или из пшеничной муки с чесночным соусом. Когда гость накормлен, его укладывают спать в гостевой комнате. Но это не значит, что гость должен сразу идти спать, всё зависит от времени суток и от желания гостя. покой.
Знающие обычаи Кавказа гости и хозяин дома знали, что гостя нельзя тревожить по пустякам и что гость не должен нарушать покой хозяев после полуночи. Все вопросы, которые могут возникнуть среди ночи должны решится до этого времени суток. Гостевой дом, гостевая комната обычно обставлена всем необходимым. Присутствие музыкальных инструментов «Кехат-пондур», «Дечиг-пондур», «Iад-хьоькху пондар», «Вота» (национальная гармонь, струнный национальный инструмент, прототип скрипки, прототип русской балалайки, доуль, соответственно) по возможности хотя бы одного из этих музыкальных инструментов желательно, на тот случай, если гость играет на каком – либо из этих инструментов и захочет разнообразить свой досуг.
Если же в семье какое-либо трагическое событие, касающееся непосредственно этой семьи, то музыкальные инструменты в комнате стояли на полу в углу, а не висели на стене, не находились на столе. По этому признаку гость понимал, что игра на музыкальных инструментах, тем более песнопение, в этой семье на данном этапе времени нежелательна.
После того как гость накормлен, напоен, хозяин должен позаботиться о его досуге об его интересах, чтобы пригласить в дом тех, с кем гостю интересно и кто разделит с ним свой досуг. В течение трёх суток хозяин не спрашивал гостя, кто он, какими судьбами оказался в этих краях, о его делах, проблемах. После этого времени хозяин , не нарушая традиций, имел право задавать вопросы и получить на них ответы. Отметим, что по истечению трех суток гость терял статус гостя и переходил в статус члена семьи хозяина с новыми правами и обязанностями, вытекающими из его нового статуса – члена семьи. Это происходило при условии, что гость оставался в доме хозяина более трех суток.
Если даже гость является кровником, убившим человека по неосторожности, или умышленно и за ним по пятам следуют кровники намеренные совершить кровную месть, хозяин не давал в обиду гостя, а наоборот защищал, вплоть до принятия боя с кровниками, с риском для жизни. В истории чеченцев, немало тому примеров. Так, узам «Об основании Чечни» наиболее ярко повествует о чеченском гостеприимстве:
…Зеркалом отражённая, Красками разукрашенная, ждёт дорогих гостей самая лучшая комната. Пока гость дорогой не придёт, стол накрытым держали древние наши отцы. Славных пращуров наших, былых добрых молодцев помянем, друзья, пока топчем родимую чёрную землю! Посматривая на дорогу, ведущую ко двору, любимых желанных гостей с нетерпением ожидали древние наши отцы.Славных пращуров наших, былых наших молодцев помянем, друзья, пока светит золотое солнце над нами! Если же гость не явился трапезу с домашними разделить, голодными спать ложились, забыв про сладость застолья.Даже хозяйские кони, которые ночью неслись, не чуя коней гостей, испытывали тоску: овса в мешках не жевали и от обиды ржали. Даже собаки, не слыша в комнате голоса гостей, во двор, выбегали в плошках еду не трогали: настолько они любили гостей, посещавших дом. Славных пращуров наших, былых добрых молодцев помянем, друзья, пока топчем родимую чёрную землю! Голодные чеченские сироты, худые и ослабевшие, богатых князей плакать от жалости заставляли. Видом своих лохмотьев, когда то бывших одеждой, они порой у богатых скупую слезу выжимали….. Взрастивших нас и любивших, славных пращуров наших, былых добрых молодцев помянем, друзья, пока топчем родимую чёрную землю! Если почётного гостя кто – то в доме обидит, даже родного брата хозяин убьёт в отместку: настолько гостей почитали старые наши отцы! Славных пращуров наших, былых добрых молодцев помянем, друзья, пока светит золотое солнце над нами!
Другой реальный исторический пример. Во второй половине XIX века (примерно 1879-81г.г) после пленения имама Шамиля, в старинном селении Беной Ножай-Юртовского района в бытовой ссоре непреднамеренно был убит старший из четырёх братьев Эдалха, из тейпа зандахо. Хаджимурад, по вине, которого наступила смерть старшего из братьев, вынужден был бежать из дома и вести скрытный образ жизни. Он был преследуем кровниками и не имел возможность объясниться с ними. По чеченским обычаям виновник происшествия (независимо от степени его вины) со смертным исходом, должен был немедленно уйти с места происшествия. Он должен был, покинуть родной очаг пока не совершат обряд прощения «маслаат». Хаджимурад знал трёх братьев как достойных и уважаемых людей во всей округе, точно знал, что они не простят ему смерть своего брата и могут настигнуть его в любое время и совершить кровную месть. Долго он скитался по горам, по сёлам скрываясь от преследователей, но братья его настигали, и каким-то чудом, ему удавалось уйти. Так, во избежание встречи с преследователями он оказался в Грузии, но и там его братья нашли, он получил весть что вот -вот они его настигнут. Как-то ночью, долго размышляя о своей участи, о своих скитаниях Хаджимурад сказал себе: «Я здесь в Грузии на чужбине, достойные братья меня настигнут, совершат кровную месть, и чужие люди похоронят меня на чужой земле, разве этого я искал в жизни, разве такая участь предначертано мне Всевышним? Нет, братья всё равно меня найдут, где бы я ни был, и уж если мне суждено умереть от их рук, так уж лучше на своей земле, на своей родине, чем буду похоронен на чужбине. Кому я здесь нужен, кто будет навещать мою могилу здесь?». И он подался опять в Чечню, проделав нелёгкий путь длиною в несколько суток пешком. В сумерках остановившись у селения Беной, он осторожно постучался в один из домов и обратился к хозяину, открывшему ему калитку: «Ассаламу-Алейкум! Добрый человек, как видите по моему внешнему виду я не свободный человек, я не причиню вам зла, поверьте, я в пути уже несколько дней, и изрядно проголодался, не буду скрывать, меня преследуют кровники, не могли бы вы вынести мне, небольшой кусок чурека и воды, я не нарушу ваш покой». На что хозяин ответил: «Прежде всего ты мой гость, ты постучался в мой дом, не думаю, что ты это сделал чтобы оскорбить меня мой дом , мой род, проявив неуважение ко мне и к моему дому. Сначала зайди в дом, а там и о твоих проблемах поговорим. Они зашли в дом, и пока гость рассказывал хозяину о том, за что его преследуют кровники, о том что он непреднамеренно убил того человека, о достоинствах своих преследователей, хозяйка дома приготовила ужин (национальное блюдо «Ч1епалгаш») и подала на стол. Тем временем, братья, преследовавшие его, тоже оказались в этом селе. Старший из братьев Бетар-Хаджи обратился к своим братьям: «Здесь живёт мой преданный верный друг детства, Махало. Мы друзья по клятве, я не могу не проведать его, путь наш был не лёгким, мы устали, да и лошади тоже, вы идите домой, и отведите моего коня в конюшню, я не задержусь, и домой пройдусь пешком».
Едва хозяин и гость сели за ужин, в дверь постучали и крикнули; « Эй хозяин! Махало! ты дома?» Оба удивились, кто же мог их навестить в столь поздний час, хозяин пошёл навстречу новому гостю открыть ворота, а Исмаил прошёл в соседнюю комнату, что б его не заметили чужие люди. Встретившись у ворот, два друга очень обрадовались друг другу, разговорились и с этим хорошим настроением прошли в дом. Новый гость, т.е Бетар-Хаджи увидев накрытый на двоих стол, немного опешил и спросил у друга: « У тебя гости, я некстати?» В этот момент из соседней комнаты вышел Хаджимурад, старший из братьев Бетар-Хаджи схватился за оружие, но между ними встал его верный друг детства и спросил: « Ради Аллаха объясните мне, что происходит?» И тогда беглый, Хаджимурад обратился к Бетар-Хаджи: «Аллах тому свидетель, Бетар-Хаджи, я не хотел смерти вашего брата, это случилось нечаянно по воле Аллаха, примите мои искренние соболезнования, может я и не в праве к вам так обращаться. Много времени я скрывался от вас, где я только не был. В последнее время я скрывался от Вас в Грузии. Вы и там меня нашли, я знаю, вы достойные, смелые, уважаемые в наших краях люди, и совершите кровную месть, где бы я ни скрывался. Я подумал, если они меня нашли и здесь в Грузии, то найдут где угодно, где бы я ни был. Подобает ли мне быть похороненным на чужбине, кому я здесь нужен, где я буду похоронен? Уж если так суждено принять смерть из их рук по воле Аллаха, так пусть это случиться на Родине, а не на чужбине, и пусть похоронят меня рядом со своими. Я не в силах больше по горам таскать этот тяжёлую ношу кровника. Я так же не хочу принести вред этому гостеприимному дому и вашей дружбе, сейчас я выйду и пойду в сторону окраины села, а Вы со своими братьями догоните меня и совершите кровную месть, как полагается, по воле Всевышнего Аллаха». Только он захотел выйти, к нему обратился старший из братьев Бетар-Хаджи: «Хаджимурад! Прежде всего, ты гость моего самого верного дорогого друга по клятве. Ты прав, смерть Эдалха, старшего брата огромная потеря для нас, и наша бедная мать не выдержав этого, скоропостижно умерла, и нам пришлось из-за тебя организовывать и провести двойные похороны, мы не намерены прощать тебя, мы так же неоднократно имели возможность совершить кровную месть, но по сей день не сделали этого. В первый раз, когда заболела твоя мать так же не выдержавшая то, что ты в бегах за смерть нашего брата. Мы знали, что ты рано или поздно придёшь навестить её, мы ждали тебя, но убить тебя пришедшего навестить свою больную мать, рука не поднялась, зная, что твоя мать тоже как и наша, не выдержит твою смерть. Мы сказали себе: «Аллах милостив, ещё не раз подвернётся случай, и мы отомстим за брата». Потом твоя мать через некоторое время умерла, тебя не было на похоронах, мы знали, что ты придёшь навестить её могилу, так как не имел возможности быть на похоронах. Мы устроили засаду на кладбище, уверенные, что ты придёшь. Ты пришёл, ночью, но прежде чем подойти к могиле своей родной матери, ты подошел к могиле нашего брата Эдалха убитого тобой же. Прочёл над его могилой у надгробного камня священное писание Доа, прося Всевышнего Аллаха о прощении ему всех грехов, если таковые есть, и только потом ты подошёл к могиле своей матери. У нас и там рука на тебя не поднялась, за твоё уважительное отношение к нашему брату, кем бы мы были после этого? Потом до нас дошёл слух, что ты в Грузии, и мы почти настигли тебя там, но ты подался опять в Чечню, и вот я встречаюсь с тобой в третий раз, у своего лучшего друга, ты его гость, а гость для нас, для чеченцев превыше всего. Неужели ты думаешь, мы нарушим наши адаты гостеприимства, убив гостя, в доме друга своего? Всевышний Аллах в третий раз всё делает так, чтобы я не брал этот грех на душу, значит так суждено. Сейчас ты выйдешь из этого дома и пойдёшь не в сторону окраины села, а к своим людям. Мы не станем тебя догонять. С этой минуты я прощаю, мы прощаем тебя, со своими братьями я сам объяснюсь. Ты свободный человек, на тебе нет кровной мести. А завтра, как и положено ты придёшь со своими людьми, к моим людям, так как и подобает для совершения всенародного обряда прощения кровника согласно нашим адатам. Живи с миром Нохчо».
Таких примеров почитания гостя немало в жизни чеченцев. Если же гость, задерживался более суток, то на второй вечер, предварительно днём оповестив соседей, знакомых и родственников, хозяин вечером устраивал в честь гостя «Синкъерам» (Праздник души). Там собирались сверстники гостя, молодёжь, которая в свою очередь лишний раз имела возможность поговорить, объяснится с избранницами, поделиться планами и показать своё мастерство в танце. На таких праздниках души, парни и девушки и знакомились, встречались, в последующем сватались, выходили замуж, женились. Было много других досуговых мероприятий: «Праздник души», национальное гулянье «Ловзар», коллективная взаимопомощь «Белхи» и встреч у родника и др.
Также, в зависимости от интересов или профессиональной принадлежности гостя, для его приятного времяпровождения и решения других его проблем, вопросов, хозяин приглашал и единомышленников коллег гостя, с кем гостю приятнее общаться, делиться и соответственно решать все вопросы, заставившие его покинуть свой родной очаг и оказаться в этих краях. Все вопросы оптимально решались. Важным аспектом уважения к гостю является и отношение к его одежде, обуви. К утру, одежда всегда должна была быть выстиранная, высушенная, выглаженная, а обувь, помытая, высушенная, независимо от времени года и погодных условий. Обувь утром должна стоять у двери, повёрнутая носками внутрь комнаты. Если обувь повёрнута носками к выходу, означало что этого гостя, в этом доме больше не ждут, что было непозволительно и являлось большой редкостью. Хочется подчеркнуть что гость, уходя, надевает обувь, повернув носками к выходу, тем самым выражая своё уважение к этому дому. Принимая гостя (гостей) столь трепетно, с таким уважением, на таком высоком уровне, хозяин не преследует цель похвастаться своим состоянием достатком, перед сельчанами. Прежде всего, это признак самостоятельности, свободы, независимости от обстоятельств, от родителей, самоутверждение полноценного самостоятельного хозяина перед обществом, но не бахвальство и не демонстрация своего достатка. Другими словами, если отделившиеся от, отчего дома сын в состоянии принимать гостей, соблюдая все каноны гостеприимства, это всенародное признание данной семьи, хозяина как полноценных, состоявшихся членов общества. Перед тем как проводить гостя его обязательно накормят, соберут в дорогу еду и проводят до околицы населённого пункта. В современных условиях до поезда до вокзала или аэропорта. Соответственно все его вопросы к этому времени будут решены, и крепкая дружба их продолжается на годы, поколениями.
Место бытования: Россия, Чеченская республика, регионы России и других государств мира, где проживают чеченцы.
Информаторы: Хасиев Сайд-Магомед, историк, этнограф доктор исторических наук. Книга «Чеченский этикет». Г. Грозный.
Мунаев Исмаил Булачевич кондидат филологических наук, заведующий сектором фольклора и литературы Института гуманитарных исследований Академии Наук ЧР.
Алхазов Абдулгапур Цабаевич автор рассказа про кровников и гостеприимство, 1947 г.р. проживающий в с. Беной-Ведено по ул.Югозападная д.15, Ножай-Юртовского района.
Ахмадов Муса Магомедович: поэт, прозаик, этнограф.
Жители села Гехи-чу, Урус-Мартановского муниципального района: Гаев Саламат Джанар Алиевич, Батукаева Зулай Абухажаевна, Исмаилов Хамзат Хамидович, Байдуева Марьям Батукаевна Газулуев Юнус Якубович.
Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.
1алашо: Дешархойн хаарш таллар, къамел кхиор. Предложенеш нийса х1итто 1амор. Дешархошна «1а» ц1е йолу сурт довзийтар. Суьрте хьожуш сочинени язъян 1амор.1аламе безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
- Урокана кечам бар.
Мотиваци
Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?
Тахана вай Шишкина диллина «1а» ц1е йолчу суьрте а хьовсуш сочинени язйийр ю. Х1инца ас шуна йовзуьйтур ю урокан план .
- Урокан план :
Художник вовзийтар
Исбаьхьаллин сурт гайттар
Суьртан анализ яр
Сочиненина кечам бар
Словарни болх бар
Сочиненин план т1ех болх бар
Рефлекси
- Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.
Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.
-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?
4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?
Петр Захаров
1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.
Шена доладинчу казакан фамили а, ден ц1е а елира цунна. Т1аьхьо шен фамили т1ехьа «Чеченец» аьлла дош туьйхира цо. Шен суьрташна бухахь куьг яздора цо «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий.
Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.
1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.
1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.
Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.
1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.
- Дешнех кхетам балар.
Пейзаж— 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист— 1аламан суртдиллархо ву.
Портрет— адаман сурт.
Портретист — адаман суртдиллархо ву.
Натюрмотр— чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш
Ель – база
Сосна – зез, бага.
Кедр-кедр
Пихта-пихта
- Суьрта т1ехь болх.
— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?
Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.
— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.
Хенан х1оттам
Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?
Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.
Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?
— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.
— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?
— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.
Диттех.
Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.
-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?
Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.
— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.
— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.
Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?
-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.
Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?
Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?
Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.
Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.
Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.
-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.
Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?
-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.
1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.
Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?
— Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.
Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?
Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.
- План х1оттор:
- Исбаьхьа де.
- Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
- Бос лепа ховха ло.
- 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
- Г1оьнна дешнаш
Бамба санна ховха ло
Т1емаш даржийна кхозу генаш
Буьрса хьун
Екхна стигал.
Инзаре-хаза хьун
Дашо малх
- Жам1 дар.
Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.
-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?
-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.
-Царах муьлха роль хазахийти шуна?
-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?
- Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.