Кхойтта шаре бахбелла некъ аружа сочинение

1уьйранна, 23-чу февралан 1944-чу шарахь пхийттара мел ваьлла боьрша стаг ,цомгуш а ,къена а ,к1елвисина воцург ишколашка а, маьждигашка а д1акхайкхина.Оцу дийнахь Ц1ечу Эскаран деза де дара ,цхьана а стагана дагахь дацара и де иштта инзаре хир ду аьлла . Россин паччахь-Сталина къасттийна дара и де,цу дийнахь йолаелира операци «Чечевица». Немцойн оккупанташна г1о деш,Даймахкана муьт1ахь бац аьлла баьххьана даьккхина, дерриге а нохчийн къам махках даккха долийна.Оцу шини-кхаа  дийнахь б1е эзар цхьа а бехк боцу адам х1аллакдина. Х1усамашкара нах арабаха болийна, кечам бан  пхиъ- итт минот хан бен ца луш, къена, цомгуш верг, вада г1ертинарг вуьйш. Некъана кара х1ума  эцча,машенашна  т1е  нах дуккха ца тарлора ,цундела кхуьйсущ юхакхуьйсура, нахера схьа а йохуш: галеш, юрг1анаш, г1айбанаш.  Цу ирчачу деношкахь адамаш гул а дина, бежнаш лелош вагонаш чу а бухкуш, виъ б1е эзар стаг  Казахстане, Киргизе д1абигна. Ткъа некъ инзаре беха а, хала а хила, эзарнаш х1аллакхила шело,мацалла, цамгарш ца лайна. Кхин нах д1абига вагонаш ца карийча, герз детташ, багош, кортош дохуш бабина. К1елдисина ялта дагийна, цунна мета д1овш детташ яах1ума охьакхийсина, обаргашка, Сталинан эскарна дуьхьало йина кхечу  махка д1адаха ца тигна адаме  и д1аьвш даийта.                                                                                                                                                 Инзаре  дуккха  адам х1аллакдина цу деношкахь. Галанчожски районехь Хьайбаха  юьртахь  нах  д1абига вагонаш ца хилча, говраш лелош хила божли чу а боьхкина, ворх1 б1е эзар стаг вагийна, полковник Гвишианис приказ а делла. Нах  д1абигначул т1аьхьа ч1ог1а ирча сурт дара х1оьттинарг, дайина адамаш массанхьа а дара: г1алахь, ярташкахь, чохь, уьйт1ахь, некъаш т1ехь.  Уьш д1абуьгу вагонаш юьзна яра. Божарий а, зударий а, кегий бераш а тетта чубоьхкинера. Ткъа дийнахь д1абигара  уьш Сибре. Хьож,мацалла ,делхарш, узарш, берийн маьхьарш- х1инца цхьаммо тергалдеш дацара. Некъ т1ехь дела адамийн дакъош лестош аракхуьйсура, вагонаш цхьа а минотан т1аьхьйиса йиш йолуш яцара.                                                                                                                                                     Нах  х1аллакбина ца 1аш , вайн истори, вай къам мичара ду ца хаийта дуккха исторически документаш,книгаш, архиваш Соьлжа- г1алахь гул а йина ягийна. Дуккха а памятникаш, чурташ, б1аьвнаш, хиллий техьа аьлча санна,йохийна Сталинан эскаро.                                                                                                                          Цу шийлачу махкахь мацалла ,чуваха меттиг боцуш, шело ца лайна дуккха а нах кхелхина.                                                                                                                                      Кхойтта шо хан яьккхина Сибрехь. Ц1а доьрзур ду я дац цхьаьна хууш дацара. Россин паччахь Хрушев  х1оттинчул т1аьхьа, реза боцуш дуккха а политикаш боллушехь, приказ а делла нохчийн къам ц1а дерзийтина.                 Дуккхачу шерашкахь сатийсина де т1екхаьчча аьлча, наха тешаш бацара, церан даг чохь дерг, церан ойланаш, церан сатийсамаш,шадерг а Даймахкаца доьзна дара. Амма ц1акхаьчча церан халонаш чекх ца евлира, бухахь дисана х1ума дацара, церан юхах1отто дийзира шайн керташ, ц1енош, шайн дахар. Ткъа и дерриге а х1умма  дацара, цара 23-чу февралахь лайн халоне хьаьжча.                                                                                                                  Нохчийн поэто Бисултанов Аптис нохчийн къам махках даккхарх лаьцна даздина ч1ог1а хаза мог1анаш ду,ткъ уьш дало лаьа сунна :

Т1апа куйнаш дайри шуна ,                                                                                                                                                 Гуо беш салти байри шуна ,                                                                                                Эхартахь бен хир дац баьхна,                                                                                            Къемата – де дайрий  шуна?                                                                                             Доруш, тоьгуш марчо доцуш  ,                                                                                                                                             Доккхуш, доькъуш саг1а доцуш,                                                                                                                                                                              охкуш, кечдеш латта доцуш,                                                                                                            Синош догуш дайрий шуна?                                                                                                                          Къа лерина маршо езарг,                                                                                                                                Пхьа лерина Дела везарг,                                                                                                                                                            Шира  Нашха, нохчийн безам,                                                                                          Ц1ергехь ягош яйрий шуна?

Оцу кхойтта шарахь цара лайна хало вайна цкъа а магойла!                                                                                                                                        Цу шерашкахь кхелхинчарна  Далла гечдойла!

Сайтан аг1онаш (Страницы сайта)

Керла суьрташ (последние фотографии)

Сайтан хан (Сайт существует)

Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)

Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Тхан яздархой (наши авторы) »
» Иса Балаев


Вайн къам махках даккхар

Тхьан дас-нанас дуьйцуш хезна суна. Цунна, шен дас-нанас а, бакхийчара а дуьцуш хезна, нохчий а, г1алг1ай а махках бахарах дуьйцуш.
Иза хилла эзар исс б1е шозткъе доьалг1ачу шарахь, февраль беттан ткъе кхоолг1ачу шийлачу 1уьйранна.

Боьдуш Германа-т1ом а болуш, дуккхох болу божарий т1амехь дакъа лоцуш бар, советан 1эдалан мохк ларбеш, шайн синош д1адала кийча а болуш… Ц1ахь биснарш – баккхий нах, зударий, бераш дара.
Оцу буса, сахиллаца юьртара ж1алеш сингаттаме уг1уш дара, амма, и стенна ду наханна дагахь а дацар… 1уьйранна сатоссучу хена, юьртара урамаш дуьзира совет 1едалан салташа, герзехь боьттина а болуш. Хуьлуш долчух духа ца кхуьуш, бахьан х1у ду ца хууш, вижинарг меттара г1аттавеш, керахь-марахь доцуш, ша мехкан мостаг1ий санна, жима а, воккха а, х1усамехь а ваьккхина, Атаг1а эвла йистехь д1агулвир. Цигахь, йаккхийн машенашна т1е а баьхна, Соьлж-Г1ала д1абигира, цигара – ц1ерпошта вагонашна т1е а баьхна, пана махка д1абигира. Стенга буьгу хууш дацара.
Вагонашна чохь шийла яр. Охьа хаа а, д1авижа а меттиг яцара. Дечиг аннехь, товар д1аскхеха йина вагонаш яр уьш. Кхузара д1адоьлхучу хена, адамаш дуккха долуш, ч1ог1а дуькъа дар цу вагонашчохь, цхьа а парг1ато йоцуш, х1отта меттиг боцуш…
Некъ бахбелир. Шийлонах, мацаллех, цамгарехь некъаца дуккха а нах белир. Белларш вогончуьра арабахийта, ц1ерпошт саца йора, эрна арахь. Сихонца охьа лаьлхий, велларг лаьтта охьа вуьллий, ло т1е хьокхий, къайла ваккха кхуьуш, ца кхуьш…, ц1ерпошт д1айолайале, хьалвала везаш вар. Хьалвала ца кхиинчунна т1е герз тухий эрна арахь вуьтур боху.
Цхьана ненан марахь жима бера дара, шелделла, дагаро хьизош дар и.
— Нана, и х1у г1овг1а ю, сан коьртчу йаьтталуш йерг? Ма нокъа ю суна и…
— Ц1ерпоштан ч1ургаш ю уьш. Х1ицца д1акхочур ду вай, д1акъовла ши б1аьг, д1авиж…
Беро ненан керахь ши б1аьрг д1акъоьвлир…, кхин схьа ца билир…
Цхьана баттахь герга, ц1ерпошт д1акхечир Казахстане. Некъаца дуккха беллера. Д1акхочучу хена, сов т1аьхьа юьззина хила йолу вагонаш, чохь парг1ат йоьвлер…
Тхан денда (Балаев Леча) диъ шо долуш, жима хилла цу хена. Цхьана баракашчу д1атарбина хилла х1орш. Ч1ог1а шийла яра царна чохь…
Т1етаса цхьаъ бен юрг1а дацар. И юрг1а кхаа беранна т1е а тосий, дай, наний дехьа-сехьа хууий, т1е наб туьссуш, са хилунга довлура.
Оцу халонах белларш белла, биснарш бисна, хала а, атта а кхойтта шо делира цу Казахийн махкахь…
Даймахкара хи мелчи дарб дера дар шена, олуш хилла цомгаш волчо. Вайн даймахкара лаьмнашна а, шовднашна а, хишна а, дитташна а, т1улгашна а, бецашна а — моссо х1уманна сагатдина, хеназа къанбелла, тишбеллера баккхийнаш. Цара и дайнмохк дуккха бийцарна, цигахь дуьненчу доьвла берашна а марзбеллера и даймохк…
Делан къинхетам хьалха а баьлла, и кхойтта шо даьллачи, ц1абаьхкира вайниш… Ц1ахь царна карийра, шайн х1усамашкахь 1аш кхоьчу къомах болу нах, х1умма а и ц1енош схьадала рези а боцуш… Мах луш, цаьргара шайн ц1енош схьаийца дийра вайчеран. Йуха а керла дахар долон дийзира церан.

Балаев 1ийсан йо1 Марьям, 7 класс.
Йоккха Атаг1а, 2019

  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • 5

Къастар: Иса Балаев | Д1аяздина: isamuslim (25.02.2019)

Хьоьвсина 3991-за

| Тидам бар: 5.0/1



Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.

[

Регистрация

|

Вход

]

Антибаннер

Услуги

Купля — продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 

Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06

Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)

И хаттар х1инца а жоп доцуш дисна…  Ца кхеташ, муьлхачу бехкенна та1зар лайна ца кхеташ, казахийн лаьттах бахара эзарнаш нохчий. «Х1унда доху тхо махках? Х1ун даьлла тхоьгара?»,  бохуш болийна некъ кхойтта шаренга белира. Цхьана дийнахь яккхий машенаш т1е боьттина, цецдаьлла  даьхни т1аьххьара х1оъ бела,  1еха дуьтуш, са дууш 1оьху цицгаш, лета ж1аьлеш, г1ийла таьхьа хьоьжу х1усмаш, ларъян дитина, берд текхна орам хаьдда хино дадийна къона попан дитт сана, дорцана дуьхьал дигира нохчийн къам. Хила йиш цоцу амалш юкъахь яржийна, царах некъан накъостий бина, аре сана шуьйра вагон т1арал гатйина, къилбседехьа йирзира ц1ерпошташ, т1аккха х1ордана гола тоьхна — малхбузехьа. Узарех илли деш т1аьхьара олура аьчкан некъа т1ехь еттало аьчкан чкъургаш, къиза мукъам айабора пена херонехь шок еттачу мохо. «Дависа хьан, маржа дуьне, ма доккха хили хьо, шен яхьал доккха х1ума дац моьттина жимчу къоманна! – готтачу корах лайарене хьоьжура къена наной. —  Хьайх хьарчинчу не1алтах парг1ат ма долийла хьо, х1ай имансиз Йилбаз, сан къомера доьналла хьошур дацахь!» – ният доьхкура нохчийн къаноша.

Харцоно1аьвдина  деган пха иккхина, т1ом боцуш г1азотехь эгара дешех кхелина оьздангаллех дуьзна дегнаш, кхелхинарг ло юккъе д1ата1ош а, б1аьрнег1арш т1екъевлича а ца довр церан б1аьргийн лепар, ца къарлора уьш, къарбалийта ц1и хийца дезара, хье метана дилха даьтта дотта дезара, кхин аг1о яцара. Йилбазан хьадалчаш шайн хьекъал а, корматалла а мел тоьу харцонаш лелийра некъа йохалла. Дера ж1аьлеш санна, улло яьккхинера цара мацалла а, гатто а, шело а, ж1аьлийн мотт а.

Дог1маш эгара, могшалла г1еллора, амма эзар шерашкахь дахчийна сий, мокхаз т1улгал а ч1ог1а яхь гора ца х1отталора. Мог1не дара Иблис, дарделлера, ша а кхерадала тарлуш, къизалла гайтира цуо, амма Далла т1е болх биллина, Цуо динчунна реза болу нохчий иманах ца буьйхира.

Ерзинчу аренашкахь, шийлачу тоьлашка кхийсина, юха а шен болх д1ахьора Йилбазо. Цамгарш, меца берзлой санна, гонах хьийзара, шелоне кховдина аг1онах ка тоха кийча йолуш.

13 шо даккха дийзира дай баьхначу лаьттах хаьдда. Чубузу малх Нохчийчоьне хьоьжийла хаара, х1ора дийнахь цуьнца маршалла дохьуьйтура, кестта цадоьрзург хиларх дагчохь шеко а ца кхобура.

Амма Дала Иблисна а ца елла шена ма хетта маршо, цуо лелочу харцона а шен хан ю, харцо даима а ца лаьтта. «Сталин боху боьха х1ума елла!»,  олуш, шабарца вовше кхаьнаш дохура, мацах цкъа «Сталинна хиънехь, иштта хир дацара» баьхначу нохчаша. Амма Сталинна ца хууш, пачхьалкхехь доккха са даккха ваьхьаш стаг воцийла билгалдаьллера.

Мохо шок етта шийлачу махкахь,  ша-шех ка етташ г1ийла тийжа Йилбаз дитна, самаьрша нохчий ц1а бирзира. Еса яцара х1усмаш, шайн йолуш санна чохь бехаш кхечу къома нах бара, мах луш дай бахам юха схьаэца а дийзира. Делахь а х1умма а ца хетара иза – коьртаниг шен лаьтта т1ехь хилар дара, ткъа дуьнена даьхни цу хенахь дош хеташ а бацара нохчи. Доьналла, яхь, г1иллакх  яра церан байракх!

Атабин 1ийса

www.ChechnyaTODAY.com

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

Г1иллакх-оьздангаллин хаттар дийцаре дар.

Нохчийн халкъ махкахдаьккхинчу хенахь иза х1аллакьхуьлучура к1елхьарадаьккхинарг г1иллакх-оьздангалла лору. Вайн махкахь 1994-1996, 1999-2001-чуй шерашкахь хиллачу т1емаша г1иллакхах херделла нохчийн къам, цунна гергадалоран метта, кхин а алсам хердира цунах. Шуна муха хета, х1ун бахьана ду цуьнан?


  1. Рефлекси.

  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

«Кхойтта шаре бахбелла некъ» проектана материал кечъяр.

65-г1а урок. «Кхойтта шаре бахбелла некъ» темина проект

1алашо: билгалйинчу темина хаамаш гулбан, уьш цхьана кепа тоха, юха уьш бовзийта хаа 1амор.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, дешархойн хаамаш, жам1 дар.

Урок д1аяхьар


  1. Хьехархочун дош.

Тахана вай халкъ махкахдаккхарх лаьцна дуьйцур ду. Вайн халкъан дахарехь масийттазза нисделла и х1ума. Амма вай дуьйцур ду 1944-чу шарахь махкахбаьхначу нахах, церан т1аьхьенех. Нохчий махкахбахаран бахьана, уьш ц1ерабохуш хилларг, новкъахь а, юха д1акхаьчча а цара лайна баланаш, халонаш — и дерриг вайна девзар ду тахана. И хаамаш вайна кечбина дешархоша.


  1. Дешархоша бовзуьйту шаьш кечбина хаамаш.

(Оцу хиламан дакъалацархой кхайкха мегар ду. Церан дагалецамаш мехала хир бу дешархошна; суьргийн, книгийн выставка ян а мегар ду.)


  1. Хьехархочо жам1 до дешархоша дийцинчун, цара бинчу бел хан.

  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

Амаев Ваха-Хьаьжин биографи ешар.

66-г1а урок. Амаев Ваха-Хьаьжа. «Генарчу денойн туьйра»

1алашо: яздархочух лаьцна боцца хаамаш балар; дийцарехь х1оттийна проблема маь1не а, мехала а хилар гайтар; дахаран чолхе г1уллакхаш талла 1амор.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, къастош ешар; дешнаш т1ехь болх бар; комментари; дийцарх лаьцна къамел дар; практически болх.

Поделитесь с Вашими друзьями:

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм!

Урокан ц1е: « Аружа»- исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма. Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

1алашо: Лирически турпалхочух долу хаарш к1аргдар: поэми т1ехь лирически турпалхочух халкъах, махках йолу ойланаш йовзар: къаьмнашна юкъарчу бартан беркат довзийтар, дебор.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан 1алашо йовзийтар.

2.Ц1ера болх

-Поэмина ц1е Аружа х1унда тиллинера?

-Вайн кхетамехь Аружа ц1е муха йисинера? («Сийлаха» поэми т1ехь?)

-Муьлхачу произведенешца доьзна дара и?

-Аружа…Аружаг1ар б1аьрг сирла бацахь.

-И мог1анаш дог1ий х1окху поэми т1ерачу Аружина?

3.Массо а х1ума цкъа цхьамма некъ бало, баста, доло дезаш нисло.

Дуьххьара нохчийн литературехь махках дахаран тема юкъаялийнарг мила висира?

Жоп: Сулаев Мохьмад «Товсолта ломара д1авоьду», 1966ш.роман «Лаьмнаша ца дицдо» 1990ш.

«Аружа» поэма кхечу махках дахарх лаьцна хиллачу произведенех къасташ дерг х1ун дара? Х1ун башхалла ю оцу поэмин? (169 стр.)

  1. Керла тема йовзийтар.

Х1инца вай тобанашкахь болх барца лехамашкахь карийнарг толлуш, поэмица юзуш болх д1ахьур бу.

«ИЭС»

Тхан тобан ц1е «Иэс» тиллина оха дахарехь хилларг вайн иэсехь дуьсуш хиларна, массо а х1ума иэсо цхьана кепе далорна «Дахаран некъашна» серло лург иэс хиларна.

«Иэс» тобана т1едиллар дара вайн темица дог1у хаарш гулдар, х1ун ду шуна карийнарг.

Поэма исторически х1унда лору (эшар, доклад, сибарех дахарх лаьцна)

Лирически турпалхо хьанах олу. 121стр. «Орга 2006(4)»

Дахаран некъаш»

«Иэс» самадоккхург, ойлане доккхург дахаран некъаш ду, цара дашца а доцуш зерашкахула д1ахьуш ду «Дахаран некъаш».

— Шуна зеделларг х1ун дара? Произведении т1ехь масалш далор (Аружин майра т1ам т1е вахийтина хилар).

— Вайн исбаьхь. литературехь цара (иэс тобано) дийцинарг т1еч1аг1деш масалш далор дарий аш?

Жоп: Нохчаша кхидолчу къаьмнаша санна лаьцна дакъа гайтина вайна хьалха 1амийначу произведенехь а:

Масала: «Товсолта ломара

д1авоьду» романехь («Лаьмнаша ца дицдо») гайтина Эскинойн бахархоша лаьцна дакъа, цара т1емалошна т1еюха йовха бедарш йохьуьйтура танк эца ахча гулдира, цара шайн уггаре тоьлла к1ентий Даймехкан декхаран д1абелира.

1алавди Шайхиевн «Лазаман лорах» поэми т1ехь гайтина Даймахках валаран къаьхьо а, халкъан г1айг1а- бала а.

Керла тема.

  1. Тахана урокехь вай листа езар ю «Аружа» поэми т1ехь лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

  1. Мила ву лирически турпалхо?

(Жоп) Поэми т1ехь лирически турпалхо халкъах, махках йолу ойланаш толлуш болх д1аболор бу вай (йоьшуьйту 441 аг1о).

  1. Х1ун гайтаделла цунна?

Жоп: Халкъера сингаттам, бала.

Хьехархо: Шайгахь йолчу г1айг1а- балина мацалла, шелонна, цамгарш- т1е цаьргахь кхин цхьа йоккха г1айг1а ю-кх: Х1ун г1айг1а ю и? Даймохк, а мичахь бу?

«Шен юьртахь г1илачийн терго наха

Ткъа х1ара хийра мохк 1а шийла мохк.

  1. – Халкъана хоьттина хаттар. Бехкениг мила ву? Цунах йоьвза лирически турпалхочун ойланаш схьакарае .

  2. Жоп: 443-444

Мила ву бехкениг? Хьаьнца ч1ир лаца?

Сталин ву я Бери? Хьенан бу бехк?

Ший а ву цхьатерра, шинне ду вацар,

Шиннан а дайна сий, дац церан эхь

К1еззиг бен хан ца луш вагонаш юьзна,

Боьхачел бехдина дерите къам,

Даймахках бехира, баланах буьзна,

Вайнах а, маршонан т1ам.

-Байлахь бисинчу Даймахкан сурт муьлхачу дешнашца схьагайтина ? Жоп. 444-445 аг1о

Ярташ а йисира, ж1аьлеш ауг1уш,

Хьайбанийн маьхьарша 1адийра мохк.

Дайн кешнаш дисира чарташ а духуш,

Массеран б1аьргаш чу дижира дохк,

Генарчу Г1ум-Азе вагонаш текхаш ,

Маса бер, зуда, стаг каш доцуш вай?

« Кхоьллинчу Дала тхан оьцийла бекхам !»

Хийламо сардамца дош эли шайн.

Кхераме мостаг1чул балане лаьцна

Арене б1аьрг тоха, пурба ца луш.

Парг1ато лехначийн лаамаш хьаьшна.

Дог1ура дерриге, хиндерг ца гуш.

Сецначохь деттара маьхьарий ара:

«Мичхьара далош ду, адамаш, шу?»

«Г1ойт1ера!» «Гихтара!» «Бердак1елхьара!»

«Тхо а ду Шуьйтара!«Соьлжера ду!»

«Гора-я1, сан Даймохк, биси хьо баьсса!

Кхин тхуна хьо юха гур а буй те?

Цкъа а къурд бер буй те Органах,Яьссех?

Я иштта 1аржделл хир ду те де?

Байлахь бисинчу Даймехкан сурт кхин муьлхачу произведенехь дагадог1у шуна

Жоп: 1алвади Шайхиевн: « Лазаман лорах»/ 396.

Ц1еххьана стигла а т1еелхош,

Ерриг а Нохчийчоь елхош,

Дилхира илли, ца лайра,

Къух даьлла, чарташ а бухдаьхна,

1овжам беш дагна, тийначу кешнийн къа цо.

Ткъа чарташ, д1о г1алин некъашкахь

Г1алахойн когийн ч1аг1онаш хилла,

Шийлачу маьхьарца ц1ийзара,

Дайн коьрте д1ах1итта йоьхуш бакъо.

Доьлхура илии, доьлхура илли,

Ерриг а Нохчийчоь елхош.

— Оцу халчу муьрехь халкъ муха гайтина?

Жоп: Иза 1азапехь, балехь, г1елонехь ду, делахь къинхетам дегнашкахь бисина хилар хаало ша холчохь йолчу Аружал цхьа дисина буобер т1елаьцча. Аружин х1усам- дегара кехат даран кхаъ хиларо, дикане сатасаран з1идиг тосуш санна хетало. /447-448.

Ц1еххьана кхаъ беа малхбузехьара,

Дара т1ехь яздина: «Буьрса бу т1ом.

Х1ун хилла? Хийла шоь кехат ас язди,

Ткъа дог1уш дацара цхьанххьара жоп.

Селхана эли соь эпсаро къайлах:

«Нохч-г1алг1ай бехкина арабаьхна

Берриге д1абигна генна малхбале

Иза хьоь ала а бакъо яц сан».

Шийлачу хаамо ша билли кийра,

Сацам-тем байна сан, кийрахь ю бог.

Сатуьйсу т1екхаччалц дисаре дийна,

Аружа, ледар ма хилалахь хьо

Дозане кхаьчна тхо, толам бу герга,

Дег1аца чевнаш ю, буьрса бо т1ом.

Амма 1ийжа сан, хезчхьана лерга

Вайн махкахь шу дахар, баланехь го.

Со санна эзарнаш Нохч-Г1алг1айн к1ентий

Леташ бу, леш а бу, ларбеш шайн мохк.

Орденаш ,медаллаш некха т1ехь лепа,

Кхералуш, цхьа юха ца ваьлла тхох.

Вайн лулахь ехачу гергарчо кеха

Даийти билгалдеш шу кхаьчна юрт»,-

Иштта д1а кхин дара яздина деха,

Дара чудиллина салтичун сурт.

-Кешнех лаьцна х1ун мог1анаш ду поэми т1ехь: 448.

Д1о лекхчу гу т1ехь ду цхьа башха кешнаш.

Вайчарел генара къаьсташ ду уьш.

Чарташ дац х1иттийна, йоза дац деша, Велларг гац, вай санна, барам тйехь хьуш.

6. Цо х1ун гойту?

Дег1ехь ницкъ цахилар, чарташ цадог1ар.

— Шен доьзална нопха лаха араяьллачу Аружех х1ун хилира?

Жоп :(барта жоп)

-Каминданта динчу къамело х1ун гойтуш дара?

Жоп. 450-451 аг1о.

— Аружа лаьцна д1айигча, цуьнан доьзална орцахваьлларг мила вара?

Жоп: Алымкхан

— Шаидин кхин муьлха произведени дагайоуьту вайна оцу г1иллакхо?

Жоп: «Дика а шен ду, вон а ду шена».

(Легенда)

-Аружас буоберан хьаьстина дог. Аружин бераш т1ехь да- нана доцуш дисича Дала диканца доькху. Цуьнан берийн 1уьналла дан къинхетаме дог долу Алымхкханан орцах яларца доькху Дала.

Дика а шен ду, вон ду шена.

7.– Т1аьххьара мог1анашкахь лирически турпалхочун ойланаш муха ю?

Жоп: 445-457.

И къовсам къаьмнашна юкъахь хетта шуна я ца хета. Х1ун къовсавм бу аьлла хетта шуна?

Жоп: Къинхетам тоьлла аьлла хета.

-Таханалерчу дахарехь и къовсам д1абаьллий? Х1ун масалш далур дара шуна ?

Жоп: Рамзанас буоберийн доладар, з1аьапхойн тергам бар.

Урокан жам1дар.

— Х1ун хии вайна урокехь?

— Ш.Рашидовн « Аружа» — исторически хиллачийн бух т1ехь язйина поэма хилар.

8.- Аружа муха юьцу поэми т1ехь?

Алымкхан мила яра цу поэми т1ехь?

Ц1ахь бо болх.

Рашидов Шаидан «Аружа» поэма еша, чулацам схьабийца.

Рог1алла

Урокан чулацам

Сахьт Хан Хьесапца Билггал ИКТ ресурсаш 7а 7б 7в 1-ра четверть – 18 сахьт

Халкъан барта поэзи

1 Халкъан барта поэзи. 1 02.09 govzalla.com 2 «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин илли». Вежарийн доьналла. 1 03.09 nsportall.ru 3 Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин иллех лаьцна. 1 09.09 znanio.ru 4 «Ваша воцчу Сайлахин илли». Сайлахин ойланаш. 1 10.09 Infourok.ru 5 «Ваша воцчу Сайлахин илли». Йоь1ан майралла. 1 16.09 govzalla.com 6 Ваша воцчу Сайлахин иллех лаьцна. 1 17.09 govzalla.com 7 «Дадин-Юрт яккхаран илли». Иллин турпалхой. 1 23.09 nsportall.ru 8 Дадин-Юрт яккхаран иллех лаьцна. 1 24.09 znanio.ru 9 Классал арахьара дешар. «Девлатгирин-Эвла йоккхуш даьккхина илли». 1 30.09 Infourok.ru 10 «Нохчийн шира илли». Тутмакхан сингаттаме аз. 1 01.10 govzalla.com 11 Нохчийн ширачу иллех лаьцна. 1 07.10 nsportall.ru 12 «Сай» халкъан илли. Сен васт. 1 08.10 znanio.ru 13 «Сай» ц1е йолчу халкъан иллех лаьцна. 1 14.10 Infourok.ru 14 Лирикех а, поэтически къамелах а, стих кхолларх а лаьцна кхетам балар. 1 15.10 govzalla.com 15 Халкъан барта поэзи карлаяккхар. 1 21.10 nsportall.ru 16 «Халкъан барта поэзи» темина талламан болх

(тест №1).

1 22.10 17

18

Классал арахьара дешар. «Исмайлин Дудин илли». 28.10

29.10

Infourok.ru 2-гӀа четверть – 14 сахьт Исбаьхьаллин литература 1 Мамакаев М.А. дахар, кхолларалла. «Даймехкан косташ» стихотворени. 1 11.11 govzalla.com 2 «Даймехкан косташ» стихотворенех лаьцна. 1 12.11 nsportall.ru 3 Гадаев М-С.Г. дахар, кхолларалла. «Ирча суьрташ» дийцаран турпалхой. 1 18.11 znanio.ru 4 Гадаев М-С.Г. «Ирча суьрташ» дийцар. Воккхачу стеган къамел. 1 19.11 Infourok.ru 5 Саидов Б.С. «Вина юрт» стихотворени. 1 25.11 govzalla.com 6 Саидов Б.С. «Деган аз» стихотворени. 1 26.11 nsportall.ru 7 Классал арахьара дешар. Саидов Б.С. «Меттиган сурт» стихотворени. 1 02.12 znanio.ru 8 «Даймехкан 1алам» сочинени язъян кечам бар. 1 03.12 9 «Даймехкан 1алам» сочинени язъяр. 1 09.12 10 Курумова С.М. «Дохк» (повеста т1ера кийсак). 1 10.12 nsportall.ru 11 Мамакаев 1.Ш. дахар, кхолларалла. «Берзан бекхам» стихотворени. Ненан безам. 1 16.12 znanio.ru 12 Мамакаев 1.Ш. «Берзан бекхам» стихотворенин исбаьхьаллин башхалла. 1 17.12 Infourok.ru 13 Очерках кхетам балар. Ошаев Х.Д. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очерк. Абухьаьжин хьуьнарш. 1 23.12 govzalla.com 14 Очеркан турпалхо Идрисов Абухьаьжа 1 24.12 nsportall.ru 3-гӀа четверть – 21 сахьт 1 Сулейманов А.С. дахар, кхолларалла. «Шуьнехь дош» стихотворени.

Дийцарх а, повестах а лаьцна.

1 13.01 govzalla.com 2 Гайсултанов 1.Э. дахар, кхолларалла. «Болат-г1ала йожар» повестан турпалхой. 1 14.01 nsportall.ru 3 Гайсултанов 1.Э. «Болат-г1ала йожар» повесть. Йийсарш. 1 20.01 znanio.ru 4 «Болат-г1ала йожар» повестан хьокъехь. 1 21.01 Infourok.ru 5 Гацаев С.А. «Дарц» стихотворени. 1 27.01 govzalla.com 6 Эпически а, лирически а долчух лаьцна. 1 28.01 govzalla.com 7 Классал арахьара дешар. Гацаев С.А. «Аренаш, т1еэца х1инца» стихотворени. 1 03.02 nsportall.ru 8 Яшуркаев С.С. «Напсат» дийцар. Напсатан хелхар. 1 04.02 znanio.ru 9 Яшуркаев С.С. «Напсат» дийцар. Напсатан кешнаш. 1 10.02 Infourok.ru 10 Литературин произведенехь портрет. 1 11.02 govzalla.com 11 Бисултанов А.Д. «Хьайбахахь язйина байташ» стихотворени. 1 17.02 govzalla.com 12 «Хьайбахахь язйина байташ» произведенех лаьцна. 1 18.02 nsportall.ru 13 «Кхойтта шаре бахбелла некъ» сочинени язъян кечам бар. 1 24.02 14 «Кхойтта шаре бахбелла некъ» сочинени язъяр. 1 25.02 15 Айдамиров А.А. дахар, кхолларалла. «Мух1ажарш» – «Еха буьйсанаш» романан дакъа. М1аьчиган дог-ойла. 1 03.03 govzalla.com 16 Айдамиров А.А. «Мух1ажарш». Доттаг1алла. 1 04.03 govzalla.com 17 Литературин турпалхочух а, символах а лаьцна. 1 10.03 nsportall.ru 18 Арсанукаев Ш. А. дахар, кхолларалла. «Ийманах дузийта дегнаш» стихотворени. До1а. Къемат-буьйса. 1 11.03 znanio.ru 19 Арсанукаев Ш.А. «Ийманах дузийта дегнаш» стихотворени. Т1ом. Нохчийчоь. 1 17.03 Infourok.ru 20 Кибиев М.М. «Дош» стихотворени. 1 18.03 govzalla.com 21 Кибиев М.М. «Зов» басня. 1 22.03 govzalla.com 4-гӀа четверть – 16 сахьт 1 Окуев Ш.Х. «Мацалла» – «Т1аьххьара верас» романан дакъа. Харштосу де. 1 31.03 govzalla.com 2 Окуев Ш.Х. «Мацалла». Мацалло арабаьхнарш. 1 01.04 nsportall.ru 3 Окуев Ш.Х. «Мацалла». Къаьмнашна юкъара доттаг1алла. 1 07.04 znanio.ru 4 Кусаев 1.Д. «Амалехь диканиг…» стихотворени. 1 08.04 Infourok.ru 5 Рашидов Ш.Р. дахар, кхолларалла. «Ден весет» поэма. К1анте дина весет. 1 14.04 govzalla.com 6 Рашидов Ш.Р. «Ден весет» поэма. Вайнехан синмехаллаш. 1 15.04 govzalla.com 7 Дикаев М.Д. «Нохчо ву со» стихотворени. 1 21.04 nsportall.ru 8 Классал арахьара дешар. Дикаев М.Д. «Стеган ц1е» стихотворени. 1 22.04 znanio.ru 9 Шайхиев 1.Х. дахар, кхолларалла. «Ч1аг1о» поэма. Коьрта турпалхой. 1 28.04 Infourok.ru 10 Шайхиев 1.Х. «Ч1аг1о» поэма. Ден совг1ат. 1 29.04 govzalla.com 11 Амаев В.-Х.Х. «Генарчу денойн туьйра» дийцар. Вайн къоман ламаст. 1 05.04 govzalla.com 12 «Генарчу денойн туьйра» дийцаран исбаьхьаллин башхалла. 1 06.04 govzalla.com 13 Дешаран шарахь Ӏамийнарг карладаккхар. 1 12.04 nsportall.ru 14 «Исбаьхьаллин литература» темина талламан болх (тест №2). 1 13.04 15 Дешархоша хаьржина произведени йийцаре яр. 1 19.04 Infourok.ru 16 Жам1даран урок. 1 20.04 govzalla.com

Обновлено: 10.03.2023

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош . повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг . кхайкхайо адамашна кхиэл: ТаIзар сан Ду царна нийса: Уггар а лекха берд, КIорга . заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта .

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

ворх1 ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог цхьатерра хьоьсту:

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

ворх1 ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Нохчийн г1иллакх а, оьздангалла а.

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу оьзда стаг. Оьздангалла и адмийн . йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла .

Башхалла а, адмалла а шайца йолуш г1иллакхаш ду нохчийн къоман.Уьш дерригге а цхьаьна тоьхча — Iадат — олу цуьнах. 1адат — нохчийн къоман дахаран низам ду. Г1иллакхах д1акъасто йиш яц оьздангалла. Г1иллакх а, оьздангалла а цхьаьна хьерчаш ду. Нохчийн г1иллакх — оьздангалла лелоро а, ларъяро а — кегийрхойн дегнашкахь кхиайо НОХЧАЛЛА. НОХЧАЛЛА бохучу дешан чулацам бовзуьйтуш — дуккха а тептарш яздан дезар ду. Доцца вай аьлча, Аллах1 резавеш ду НОХЧАЛЛА бохучу дашо чулоцург.

  • Бусалба дин т1еэцча, Аллах1 резавоцу г1иллакхаш нохчаша д1атесна. Нохчийн г1иллакхаш а, оьздангаллаш а Аллах1а билгалдинчу суннаташна там беш хиларх теша вай. Яханчу заманахь кхечу къаьмнийн лай а, элий а хиллехь, нохчаша и тайпа дахар

къобалдина дац. Аллах1 цхьаъ а веш, г1иллакх — оьздангалла шеца ерг — эла а, иза йоцург — лай а лоруш, б1ешерашкахь баьхна нохчий. Г1иллакх — оьздангалла шеца хиларо хьайбанах къастадо адам, иза доцург ж1аьлех тарло — алара, вайн къонахий хиллачу дайша.

Ненахошца, стунцхошца лераме а, г1иллакхе а велахь, рог1ехь шена т1едоьжна г1уллакх кхочуш а дахь — и тайпа стаг тоуьйтуш хилла вайн дикачу дайша.

Оьшуш а, пайде а долу х1ума: лелош а, лардеш а, ц1индеш а ца хилча — тиш а ло, адамо диц а до.

Вайн дайша, наноша, вежарша, йижарша нохчийн 1адатера г1иллакхаш лелор а, лардар а муха хилла довзуьйтуш, лахахь — ши — кхо масалла даладар бакъхьа хета:

1 .Зуда ялийча, иза дуьххьара х1усамна чуйоккхуш: нускална моз кхаллош а, кара жима к1ант — бер луш а, цуьнан когашка куз я верта тосуш а — г1иллакх ду нохчийн. Нускална моз кхаллоран а, цуьнан кара жима к1ант- бер даларан а маь1на довза хала ду аьлла ца хета.

К1орге йолуш маь1на а, инзаре боккха чулацам а болуш ду, нускална, керлачу х1усамнанна — когашка верта тасар. Цу нохчийн г1иллакхан дозалла а, маь1на а ма дарра довзийта, вай иза йозане дуьллуш къахьегча — дуккха а тептарш яздан коьчалла ю иза.

Доцца вай аьлча, верта: вайн дайн безам а, нохчийн къоман хазна а ю. Оццул деза, хьоме верта несанна когашка тасар — х1усамненан нохчийн къомо сий — ларам беш хилар ду.

Шена хьалха тесна верта когашца ца хьошуш, иза лаьттара схьа а эцна, дегош, тамехь д1анисдар, нускало: х1усаман а, доьзалан а, мехкан а сий лардан — ша юкъ йихкина хилар гайтар ду.

Иштта деза, доккха маь1на а, чулацам а болуш ду — нускалан когашка верта я куз тасар.

2 .Юьртахь, доккхачу тезетахь дара иза. Сан дейтта шо хир дара цу хенахь. Тезета веара юьртара воцу цхьа жима стаг. Юьртара баккхийнаш бара коьртехь хевшина 1аш. Царна юккъехь хиъна 1аш вара сан да а. И жима стаг тезета т1евогуш, цо салам а далале, хиъна1ачура г1аьттира сан да. Кхиболу баккхийнаш хевшина 1ара. До1а а дина, кхелхинчун верасашка кадам бина ваьлча: тхан дас хьал-де а хеттира цу жимачу стаге, билгалйинчу метте охьа а хаийра иза. Цул т1аьхьий а бен, охьа ца хиира сан да. Геххьа хан яьлча, тезетан дас и жима стаг — хьаша д1авохуьйтуш, цунна т1аьхьа а велира сан да — цуьнга вист а хуьлуш. Нохчийн г1иллакхехь, жиманиг т1евеъча — воккханиг г1оттуш меттиг байна вацара со.

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

И сурт дайначу сан дагчохь цакхетам кхоллабелира. Х1унда г1аьттира — те сан да цу жимачу стаганна хьаьла? — боху хаттар дара хьалха х1уьттуш. Цуьнан бахьана довза лаар дара дагехь сецна. Цу тезетара ц1а вахча, ас дега хаьттира цуьнах дерг.

  • Майртупара ма вара и тезета веана жима стаг. И т1евеъча, сан хьаьлаг1аттар: ненан сий дар а, цуьнан лерам бар а дара. Сан нана Майртуапара ма хилла — олуш, со кхетош, б1аьргех девла хиш а хаалуш, сихха жоп делира сан дас.

Сан нана а яра Майртупара. Дас цу тезетахь далийначу г1иллакхо, цу масалло, кхетийра со: ненахойн бан безачу лерамах а, цаьрца лелодезачу г1иллакхах а.

Лаа дац: — Ненавешин букъ т1ехьа вижчий а бен, парг1ат наб ца кхетта луралла шена т1ехь долчу к1антана — олуш, нохчийн кица. Ненахошца лелодезаш дуккха а ду г1иллакхаш.Уьш лелор — ненан лерам бар а, сий дар а ду.

3. Х1усаме хьаьший баьхкича, шена сил дукхаеза, хьоме нана цамгарца юй а ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна — царна хьошалла деш хилла нохчийн к1ант, Болат. Хьешашна хьошалла деш, меттиг а боккхий, хьалха чохь, цамгарца меттахь 1уьллу шен нана ган воьдуш хилла иза — цуьнгара хьал довза.

  • Нана, ахь: — Хьаша ларалахь — бохуш, со кхийна хиларна, баьхкинчу хьаьшашна хьо цамгарца юй ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна, царна хьошалла деш ву-кх со — элира боху к1анта, дуьххьара ша нанна т1ех1оьттича.
  • Со х1инца г1олехь ю хьуна. Хьаьший ледар ма биталахь — элира боху нанас к1анте, шегара хала хьал а ца довзуьйтуш.

Кхо де — буьйса даьлча, хьаьший д1абаха тохабелира. Юьртахбовллалц, т1аьхьаволуш, хьаьший д1а а хьовсийна, юхавирзина, шен х1усаме кхаьчча — нана кхелхина карийра Болатна.

Сихонца шен нана д1аерзо кечамаш бан вуьйлира и нохчийн к1ант. Кхечу юьртахь 1ашволчу шен ненавеше хаийта хьадалча а вахийтира Болатас. Дикачу говрахь маса воьду и хьадалча, Болатан х1усамера шайн говрашкахь ц1абоьлхучу хьаьшашна т1екхиира. Салам — маршалла вовшашка хеттина даьлча, хьадалчо довзийтира: Болатан нана кхелхина хилар а, ша хьошдолу г1уллакх а.

  • Иза — м бакъ дацара. Дукха хан яц, ахь вуьйцу Болатера х1усамехь хьошалг1ахь а 1ийна, тхо вовшех къаьстина — элира, цу хьешех цхьамма.
  • Иза бакъ хилар шеко яц. Ша сиха ву — олуш, говр а човхош, и хьадалча д1авахара.

Хьешех, воккхачо: — Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай… — олуш, юхабирзира боху уьш. Бог1учу хьаьшашна, шайна хьошалла динчу Болатеран кертахь — х1оьттина т1езет дайра. Шайн гергарчу стеган, Болатан, нана д1айоллалц, цу тезетахь а 1ийна — ц1ехьа бахара боху и хьеший. Оцу нохчийн г1иллакхо гойту, мел боккха лерам бо нохчаша хьешан — иза муьлххачу къомах велахь а.

Лакхахь, доцца олуш, 1адато нохчийн къоман дахарехь д1алоцу меттиг а йовзуьйтуш, цу 1адатан цхьадолу г1иллакхаш билгалдехи вай, къонахий хиллачу дайша, наноша, йижарша, вежарша уьш лелор а, лардар а муха хилла хоуьйтуш.

Тахана нохчийн къомехь долу чолхе хьал тидаме а оьцуш: — 1адатера г1иллакхаш нохчаша лелор а, лардар а муьлхачу т1ег1анахь а, барамехь а ду? — олуш, хаттар

х1оттийча. Цу хаттарна бакъонца долу жоп лохуш вай къахьегча, гучудолу, нохчаша цхьадолу 1адатера г1иллакхаш д1атосуш хилар. Халахетар а, чамбар а хуьлу, нохчийн г1иллакх — оьздангаллийца (1адатца) ца дог1у х1уманаш нохчашна юккъехь оьгуш хааделча.

Напишите дегайовхо. зарание ❤️

Воккхачун лерам бар г1елделла. Божаршна а, зударшна а юккъехь эвхьазлонаш алсамъевлла. Хаамийн г1ирсашкахь нохчий хаало вовшашна луьйш а, меттаза дерш дуьйцуш а, лелош а. Кхечарна хьалха дас-нанас бер караэцар а, иза хьастар а, керла зуда ялийна жима стаг дена, кхиболчу баккхийчарна гучувийлар а, жиманиг воккхачунна хьалха хиъна 1ар а, кхидерш а лелош — нохчийн 1адатера г1иллакхаш лар ца до цхьаболчу кекгийрхоша. Вайн къонахий хиллачу дайша стеган а, зудчун а мах хадош: Аллх1аца йолу юкъаметтиг ларъяр а, г1иллакх — оьздангалла хилар а коьрте оьцуш хиллехь, х1инца нохчаша, дукхахьолахь — сом хиларца хадабо адаман мах.

  • Муьлххачу а адамна, корта охьа а ца та1ош, б1аьргашна чу хьажа йиш хилар — и бу коьртачех къонахчун бахам — алара вайн дикачу дайша, кегийрхошна хьехам беш. Вайна гуш ду тахана нохчашна юккъехь оьгу дастаме х1уманаш.

Диканиг вочух къасто коьрте хьекъал а доссале, ненан шура балдашна т1ехь якъа а ялаза, кегийрхой бу яккхий мажош а йитина лелаш. Нохчийн г1иллакхехь (1адатехь) маж йитар, стага: Далла а, нахана а хьалха — шена т1е инзаре доккха жоьпалла т1елацар ду. Цундела Нохчочо, Дела резавоцурш ца дан ч1аг1о а, нигат а дой бен — атта ютуш ца хилла маж. Ледарлонаш шегара юьлуьйтучу стага маж йитича: — Маж-м газанан а хуьлу — олу нохчаша.

Далла гергахь къилахь доцу, вайн дайша лелийна а, лардина а 1адатаре г1иллакхаш, пусар дар а доцуш, нохчийн кегирхоша д1атийсар, вайга хаьттича — къоманна боккха эшам бу. И г1иллакхаш ца лардар — нохчийн къоман орам бакъабар а, ч1аг1ам г1елбар а ду.

Къоман г1иллакх — оьздангалла (1адат) лелор а, лардар а нохчашна юккъехь тахана г1ийла хиларан бахьанаш дукха ду. И бахьанаш билгалдахар кхечарна а дитина, ала лаьа, мел яккхий халонаш шайна т1ех1иттарх: дин а, мотт а, нохчийн г1иллакх — оьздангалла а (1адат) — вайн къонахий хиллачу дайша, наноша, вежарша, йижарша лардина хилар. Деши санна ц1ена, адамалла шайца йолу нохчийн г1иллакхаш, оьздангаллаш вай ца лелош а, лар ца еш а, д1атасахь, доцца вай аьлча — яйна т1аьхье хир ю вайх.

Алаг1ертарг дерзош, вежаршка, йижаршка кхойкху: Делан дош а, нохчийн мотт а, г1иллакх — оьздангалла а т1аьхьенна йовзуьйтуш — къахьегаре а, само яре а.

Къанойн Кхеташонан тхьамда — Хучин Ахьмад.

Примеры похожих учебных работ

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу .

Йо1ан эхь к1ентан яэь ма эшайойла

Шозлаг1а бахьана ду вайн кегийрачу нахана юкъахь даьржаш вайн къоман г1иллакх-оьздангаллица ца дог1у г1иллакха. Кхозлаг1а бахьана ду доьзалшна а, кегийчу нахана а, берашна а телевиденехула къоман 1адаташ дохош гойтуш долу къизаллин, оьздангаллица ца .

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

Напишите дегайовхо. зарание ❤️

Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке).

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьр дацара иза эца. Стигланийн векал хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нахчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

НОХЧИЙН КЪОМАН ПАЧХЬАЛКХАЛЛА ЮХАМЕТТХ1ОТТАРАН ДЕННА ЛЕРИНА

КЛАССАЛ АРАХЬАРА

хьехархо:Абубакарова Х.С.

1алашо: Шенкъомандахар, цуьнанисторихбакъдерг
къоначучкъуранадовзийтардекхардубаккхийчеран.

Къона т1аьхье ШайнДаймохкбезаша,

исторехьхиллачуннийса мах хадошкхиор:

Селханейиццаяр, кханенанойлаяр, таханенанпусардар, шеенхалкъансиноьздангалла, шеен Даймохке болу безамгайтар.

Цу 1алашона дан леринарг:

1.Литературно-музыкальни композици кечъяр.

3. Кхайкхина цу дийнахлаьцна дийца томехь нах.

Мероприяти д1аяхьар

Г1ийла бека ладуг1учу эшаран мукъам.

Хьехархочун дош:

Цхьана генарчу хенахь, дуьйцу ширачу дийцаро, адамаша цхьастагвахийтинахиллабах,бакъдерглаха. Дукханекъбина цо, б1еннаш некъаштиллина, дукхамачашйохийна ,бакъдергцхьанхьацахилла. Цкъа цхьана лекхачу ломахь хьехгина цунна. Чухьаьжча, дукхаирча, дас тамац хьаъ хилла цу бодашкахь хиъна 1аш.

-Хьо мила ву?-хаьттинахьехачуьрасхьа.

-Со адамду,собакъдерглахаваийтина.Хьо мила ву?

-Оццулирча аса муха гойтурдухьо?

Ирчадувайбакъдерг,вайна а карийна и ишттакъизаа,ирчаа,делахь а вайнду-кхаиза. Вайн и лачкъойишяц, яцунахлачкъайишяц. Вайнцхьадакъадуиза,вешандахарехь и вайца д1акхехьа,вайн берашкавайнама-карадарра д1адала.Диц ца дан!

Г1ийла бека мукъам.

Дистхилийша, т1улгаш ,Дистхилиша,

Шуьга кхойкхуш, шуьга хоьттуш Вайсо-м.

Яьсси сецна хилар сунна дийца,

Даймохк боьхуш, Даймохк Бисча байлахь-

Иза-м цуьнан б1аьрхи дара лекъна.

Х1оккхул 1азап-мисканашна деънарг,

Х1ун бахьана, х1ун къадара, дийца.

Шул а ч1ог1а дегнаш долчу наха,

Тоьпан ира цхьамза меркъел хьийзош,

Зударий, бераш,къаной махкахбахар

Дийца соьга, т1улгаш,дистхилийша.

1-ра д1ахьошдерг:

Хин тулг1енаш сана,д1аоьху шераш,замано ерзайо муьлха а чов,амма мо буьссу,д1атийна лазар хьаьха,цо дог т1ехь даимна а мобуьту.

2-г1а д1ахьошверг:

Дохор-оцу дешан ирча маь1на хуур дац и шена т1ехь цалайначунна, буьззина харц бехкийн, питанийн, х1аллакдарна къахьон кад ца меллачунна.

Гергарчех, юххерчех, безачех къастар, ц1енчу т1амехь эгнабоцуш,мацалло, шелоно, лазарша байар-шадерг лайра нохчийн холкъо. Цу халачу шерашкахь, орамашца бухдаьккхина ца девзачу лаьтта т1е кхоьссина дитт санна, халачу хьелашкахь нохчийн халкъо гайтира шеен дахаран ницкъ, шен ораман доьналла.

Къаьсттана хала хуьлу баккхийчара шайн дагалецамаш буьйцуш, бохбина эчиган цхьамза чекхбохуш сана дагах, х1унда аьлча вай лайна вайн лазам бу иза

1-ра д1ахьошверг:

Дено-денолеш д1абовлуш бу вайна юкъара 1944-чу шарахь махках баьхна нохчий. Йоьрзуш яц къоман дег1ана а, сина а къиза йина чевнаш. Вайна юкъахь бехаш буДаймахкана генахь,хийрачу махкахь дуьнен чу бевлларш. Уьша, къоман эс а дийна мел ду, дицлур дац 1аьржачу февралан денош.

2-г1а д1ахьошверг: Х1инца вай дошлур ду хьешашна, цара дуьйцур ду шайн дагалецамах.(Вистхилалуургвистхуьла.)

Д1аолу дешархоша шаьш хаьржинаилли.

1-ра д1ахьошверг:

Тахана,оццул дукха шераш д1адевлча,дерриг берийн,къанойн,зударийн узарш вай цхьана тоьхча,къарлур дара дерриг дуьне.

Цхьана гулдан йиш хилча дерриг церан б1аьрхиш,къаьхьачу тулг1енаша дохор дара х1ара дуьне.

Х1инца вай таро хир ю дешархоша вай къам махках даккхаран хьокъехь кечдиначу суьрте хьовса.

2-г1а д1ахьошверг:

Кхойтта шаре бахбелира Даймахках къастаран некъ, амма халкъо лардира къоман г1ад,цхьа де ца даьккхира жимачо,воккхачо дай баьхна латта дицдина, дайн кешнаш дицдина.

Хьалахьаьжча ,сийна стигал,

Доьрзур дуй-те тхо тхайн махка?

Цкъа Теркан къурд бинехьара,

Цкъа лаьмнех б1аьрг тоьхнехьара,

Т1еоьцар яра Делан 1ожал,

Дог къинт1ера далахьара.

Наной ,бераш вовшахдохуш,

Аьчкан некъашца декъий дуьтуш,

Сибреха керчира ц1ерпоштан чкъургаш,

Халкъан даг т1ехь чевнаш юьтуш.

1-ра д1ахьошверг:

Кхечира халкъо сатийсина кхаъ. 1957-чу шарахь ц1а дирзира халкъ.

Делахьа,оцу халонехь а вайн халкъо ларбира ша д1абаьхьна угар беза мохь:г1иллакх,оьздангалла,яхь,вовшашна орцахдовлар,г1о дар,вовшашца йолу марзо-дайх йисна хазна.

Вай лардира вайн г1ад,лайначу халонаша,т1ех1иттинчу вонаша къизалле ца дерзийра вайн дегнаш.

Вай хастам боь дашочу маьлхан,сийначу стигалан,бай т1ерачу зезаган.

Вайна хьомеду угар деза иллеш-олхазарийн декар,берийн шабарш.

2-г1а д1ахьошверг:

Краткое описание документа:

  • подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
  • по всем предметам 1-11 классов

Курс повышения квалификации

Дистанционное обучение как современный формат преподавания

Курс профессиональной переподготовки

Педагогика дополнительного образования детей и взрослых

  • Сейчас обучается 2324 человека из 83 регионов

Курс повышения квалификации

Педагог дополнительного образования: современные подходы к профессиональной деятельности

  • ЗП до 91 000 руб.
  • Гибкий график
  • Удаленная работа

Дистанционные курсы для педагогов

Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 605 364 материала в базе

Материал подходит для УМК

Самые массовые международные дистанционные

Школьные Инфоконкурсы 2022

DELETED

Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета.
Показать полностью. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

Читайте также:

      

  • Сочинение по обществознанию 6 класс темы
  •   

  • Сочинение на корейском любимый фильм
  •   

  • Сочинение на тему я гражданин своей республики
  •   

  • Какие тайны хранит вода сочинение
  •   

  • Сочинение на тему школьная олимпиада

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Кфу экономический факультет экзамены
  • Кфу экзамен по физиологии
  • Кфу экзамен по специальности аспирантура
  • Кфу экзамен по истории
  • Кфу экзамен по английскому