Къонахалла сочинение 5 класс

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке)

«Къонахийн белшашна тIехь лаьтташ ду дуьне», — эрна аьллачех дац. Амма къонахалла бохучуьнан маьIна дан хууш стаг кIезиг волу. Цундела хьан-хьанна а туьллу вай и еза цIе, дIакховдадо и массарел а деза-доккха а, сийлахь а долу и дарж. Масала, сих-сиха хезачех ду: «Джуги Висарган Юсап ма къонах а вар-кха». Дуьхе кхиа воьлча: «Дуьненна а бале яьлла, эхарт хир доцу цхьа боьху Дажал яра -кх» — ала дог1уш хилар гучудолу. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьагI, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала шена гIортораш йина дуьнентIе бохуш бу уьш.

Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан гIоьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо». Адамера долушдолу массо а дика-вон дIаяздеш хIораннан белшашна тIехь Тарам, Хьарам Iаш хиларх лаьцна лакхахь хьахийра вай. Ша шайтIане Iеха ца войтуш, цкъа гIалат долуьйтуш, тIаккха цунна гечдар доьхуш лелачарах воцу дела олу цунах къонах. Иза Дала схьаоьхьна болчу некъана тIера юьстах ца лелхаш, цу тIера ца вала гIертарг ву, цуьнан дерриге а дахар цу тIе хьажийна а хуьлу. Къомана а, нахана а, махкана а гIуллакх дар шен сина, шен дегIан чархана марздинарг ву иза. Б1аьрг а, гай а цкъа а ца юзачарах юйла хиъна цунна. Цаьрга сина гIодаюккъе нуьйр а тиллийтина, уьш коьшкала ца ховшийна ца лела иза. Цунна дика хаьа Дела кхиэлана сиха воцийла. Шен гIалат нахала ца долуш дисча, Дела а шега Iехавелла моьттачарах воц къонаха. Цу тайпанчу стеган; дагтIера Дела а, иман а матта буьххье доьрзу, кхахьпалла сих йулу; сутаралло къасталун боцчига кхачаво. Царех бу (Iедалан мукъ кара кхаьчнарш-м буьйцур бацара вай) халахеташ делахь а, хьахийначарах тарбала гIерташ, оцу тобанна тIаьхьа хIиттина болу цхьамогIа хьехархой, лоьраш, суьдхой, прокуратурин белхалой, «асфальтах» пхьор деш долу варраш, милцой, сом делча кешнашка жIаьла дIадоллийта кийча болу Iелимнах. К1ай къиг санна царех къаьсташ хуьлу: шенчара а, нехачара а и лортIехь вац, шен хIуманна дола далуш вац», — бохуш, цIенчу некъара галваккха а гIерташ, хьийза а во иза. Кхонаха зене-зуламечу гIуллакхах, нехан хьокъах-м, хьовха, кIоршамечу дошах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лекха дарж дагадеъна а дац дуьненна.

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьр дацара иза эца. Стигланийн векал хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нахчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

Делан дикалла, Цуьнан вайх болу къинхетам дукха боккха хиларан гайтам бац, ткъа, абадехь синош кхуллучу хенахь, божа хила яздинчу «къонах хир ма ву шех», — аьлла нигат а дина, оцу новкъа хIоьттинчу стеган гIолаца Сийлахь-Веза волчо, шена тIелаьцна хилар. Вай лехнарг Цо вайна луш хилар Цо вайх бина боккха къинхетам бу. НАХЧО а, КЪОНАХ а хилчхьана Цо вайга, Зулкъарнис санна, дуьне куьйга кIела дерзаде, я лаьмнаш лестош, хьуьнарш гайта ца боху. Амма, боху – хьайн хин йолу кхане йохкий Иблисан дуьненахь гIортор хилий дIа ма хIотта.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Просмотров
20 709

Ответ:

Исторические предания, нартский эпос, фольклорные предания свидетельствуют о существовании у нахов различных воинских союзов.

В позднем средневековье одним из наиболее влиятельных воинских объединений является орден «Къонахий», который играет важную роль в политической жизни страны нахов. Къонахий – в переводе с чеченского «сыновья народа», главной целью жизни считали защиту интересов Отечества, своего народа.

Чеченский кодекс чести «Къонахалла» сложился задолго до принятия чеченцами ислама, по всей видимости, еще в аланскую эпоху. На его характер оказали заметное влияние драматические события времен нашествия на Кавказ монголов и Тимура, когда война стала для нахов-аланов обычным состоянием. О древности его говорят многочисленные параллели позднейшего культа «къонаха — достойного человека, народного героя» с древнейшими слоями нартского эпоса.

В окончательном виде кодекс «къонахалла» сформировался в позднем средневековье, в период войны крестьянских общин с феодалами, в эпоху расцвета тейповой демократии, когда высшей ценностью общества была объявлена свобода, в том числе, свобода личности.

В позднейшее время духовный аспект этого кодекса испытал сильнейшее влияние ислама в его суфийском варианте, согласно которому главным смыслом человеческого существования является путь духовного совершенствования. Но при всем этом, в отличие от суфиев, къонахи не отказывались от земных радостей и активного участия в социально-политической жизни общества.

Кодекс «Къонахалла», по преданию, был записан в различных вариантах в религиозно-этических трактатах XVII — XVIII веков. До нашего времени он дошел в виде отрывков в различных хрониках, преданиях и сказаниях об исторических героях.

Публикуемый ниже текст кодекса чести «Къонахалла» записан на основе этих источников, а также материалов, собранных мной в течение многих лет.

Объяснение:

Светило науки — 52 ответа — 0 раз оказано помощи

Ответ:

Исторические предания, нартский эпос, фольклорные предания свидетельствуют о существовании у нахов различных воинских союзов.

В позднем средневековье одним из наиболее влиятельных воинских объединений является орден «Къонахий», который играет важную роль в политической жизни страны нахов. Къонахий – в переводе с чеченского «сыновья народа», главной целью жизни считали защиту интересов Отечества, своего народа.

Чеченский кодекс чести «Къонахалла» сложился задолго до принятия чеченцами ислама, по всей видимости, еще в аланскую эпоху. На его характер оказали заметное влияние драматические события времен нашествия на Кавказ монголов и Тимура, когда война стала для нахов-аланов обычным состоянием. О древности его говорят многочисленные параллели позднейшего культа «къонаха — достойного человека, народного героя» с древнейшими слоями нартского эпоса.

В окончательном виде кодекс «къонахалла» сформировался в позднем средневековье, в период войны крестьянских общин с феодалами, в эпоху расцвета тейповой демократии, когда высшей ценностью общества была объявлена свобода, в том числе, свобода личности.

В позднейшее время духовный аспект этого кодекса испытал сильнейшее влияние ислама в его суфийском варианте, согласно которому главным смыслом человеческого существования является путь духовного совершенствования. Но при всем этом, в отличие от суфиев, къонахи не отказывались от земных радостей и активного участия в социально-политической жизни общества.

Кодекс «Къонахалла», по преданию, был записан в различных вариантах в религиозно-этических трактатах XVII — XVIII веков. До нашего времени он дошел в виде отрывков в различных хрониках, преданиях и сказаниях об исторических героях.

Публикуемый ниже текст кодекса чести «Къонахалла» записан на основе этих источников, а также материалов, собранных мной в течение многих лет.

Объяснение:

1.      Дружба
для къонаха священна. Ради дружбы къонах готов на любые жертвы.
Настоящего друга он любит как брата, уважает как отца и почитает как
дорогого гостя. Защищая своего друга, къонах не щадит своей жизни. Он в
равной степени познается и в дружбе, и во вражде. Доттагалла
къонахчунна деза а, сийлахь а ду. Доттаг1алла ч1аг1дархьама, къонахчо
шена мел доккха а зен хуьлуйтург ду. Тешаме, бакъ волу доттаг1
къонахчунна шен ваша санна веза, шен да санна и лору, хьешан санна
цуьнан сий до. Къонах доттаг1чуна тешаме а, цунна г1о деш а хила веза.
Къонахчо шен доттаг1 зенах-зуламах ларвархьама шен СА а, я дег1 а кхоор
дац.
2.      Великодушие
– это мера отношения къонаха к врагу. На войне къонах должен соблюдать
меру дозволенного по отношению к врагу, не давать воли чувству гнева и
озлобления. Къонахчо мостаг1чунна а харцо йийр
яц, тешнабехк а бийр бац. Т1амехь къонахчо лардан деза мостаг1чуьннца
ницкъан барамал т1ех дерг. Шен оьздангаллица, дераллица къизалла яр
къонахчун амалца дог1уш дац.
3.      Къонах
не должен применять оружие против безоружного врага. Тяжело раненному
врагу он обязан оказать посильную помощь так же, как сделал бы это для
любого человека. Къонахчун герз тоха бакъо яц
карахь герз доцчу мостаг1чунна. Яккхий чевнаш хиллачу мостаг1чунна г1о
декхарийлахь ву къонах, муьлххачу а стагана санна. 4.      Къонах
проявляет по отношению к побежденному врагу благородство и милосердие
Он предпочитает вражду с благородным врагом дружбе с ненадежным другом,
так поступали наши предки. Шен эшначу
мостаг1чуьннца къинхетаме а, г1иллакхе а хила веза къонах. Тешам боцчу
доттаг1чуьнца гергарло лелочул, тешам болчу нахаца мостаг1алла тасадалар
г1олехь лерина вайн дайша.
5.      Къонах
повозможности избегает поединка с более слабым противником, так как
любой исход такого боя не прибавит ему славы, но может уронить его имя.
Если же поединок неизбежен, то он должен дать противнику возможность
выбрать оружие, и быть снисходительным к нему. Къонах
шел г1аддайначунна лата дуьхьал х1оттарх ларвала веза. Х1унда аьлча,
иза цо эшийча, цунна т1ехь цо толам баьккхийча, къонахчун сий лакхадер
дац, мелхо а толам эхье боьрзур бу. Нагахь санна дуьхь-дуьхьал х1оьттина
латар т1едожахь, къонахчо шен дуьхьал х1оьттинчуьнга герз шегга
харжийта деза.
6.      Къонах
не должен уклоняться от боя с сильным противником. Но он всегда
предпочитает мир войне, если такое возможно без ущерба интересам народа,
его чести и личному достоинству. Шех лата
дьхьал х1оьттинарг, шегахьчул т1ех ницкъ болуш велахь, юхавала мегард
дац къонахчунна. Къонахчо т1амал машар г1олехь лерина, нагахь санна шен
къомана, халкъана эшам болуш, къоман сий дойуш и машар бацахь.

 Нохчийн  мотт «Urok95ru»  (Хасарова Хава Шахруддиновна).

Урокан цIе: АхмадовгIеран Ахьмадан  Iумар .  Дийцар , суртхIоттор, ойлайар.

Де дика хуьлда  шун!

в кадре:

— Таханлера  вайн  урок  лерина  йу нохчийн  йуздархочунна   Ахмадов Iумарна.

— Ахмадов Iумар вина I927-чу шарахь Хьалха-МартантIехь ахархочун доьзалехь.

  — Деша  вахара  Хьалха –МартантIерчу  йуккъерчу ишколе. Амма бераллин , кхиазхойн  мур хийрачу ГIум –Азин махкахь чекхбаккха бийзира  цуьнан, нохчийн халкъ махкахдаккхар бахьана долуш. Ишколехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литература дукхайезаш, ишколин  программица  Iамо йеза киншкаш йешна ца Iаш, кхийерш йоьшура цо.

Слайд:

— Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа дешна  Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь. Белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: ишколехь, телевиденехь, радиокомитетехь, «Ленинан некъ» газетехь.

-Ахмадов Iумар йаздан волавелла 60-чу шерашкахь. I962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн  книжни издательствехь арайелира цуьнан «Даггара доттагIий» цIе йолу книга. ХIетахь дуьйна  цхьаъ вукхунна тIаьххье арайуьйлу цуьнан: «Къонахалла», «Тайна Малика», «Забаре дийцарш» цIе йолу гуларш.

в кадре: — Йаздархочунна дика девза берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш. Йаздархочун дахаре болу безам къеггина гучуболу цуьнан произведенешкахь. Цара тоьшалла до иза даим  лехаман новкъахь хиларан.

«Къонахалла» дийцар суртхIотторан кепехь йаздина ду.

слайд:

-Дийцаран коьрта турпалхой  бу Аьстамар а, цуьнан кIант Тимар а.

-Аьстамар колхозан фермехь балхахь ву . Сих-сиха  шен да волчу ферме воьдуш  самукъадолура Тимаран.

-Тимар, дешна ваьлча  мила хир ву хьох?-  дас шега хаьттича , цхьана хIуманан ойла ца йеш .

— Суна-м ца хаьа, дада ,- аьлла, жоп делира кIанта.

-Нахана гIуллакх дан йиш  а йолуш , хьан дешар хилахь, гIуллакх ду иза, ца хилахь, эзар шарахь дешахь а пайда бац, — элира дас.

-Шайн йуьртара цхьа кIант масална  а валийра, ворхI шарахь дешна, цIа веача налогана деллачу квитанци тIехь дерг хIун ду аьлла , шега хаьттича, ца хиънера цунна.

— Цунах тера хила мегар дац, — элира дас.

в кадре:

КIанта шайн хьехархочо  шайга  аьлларг дийцича, хазахийтира дена.

-Кхана де хаза хилахь, талла гIур ву вайшиъ, — элира  дас. Оцу дешнаша дог ловзадаьккхира Тимаран. Цунна лаьара, шен дена хьалха борз йа экха ден.

-Наб ца кхеташ, топ кара а эцна, дукха Iийра Тимар. Шайн ферме борз  а йеана, ша топ тоьхна,  дена хьалха майралла гайта лаьара кхунна. Корах ара бIаьрг тоьхча , буьйса чIогIа Iаьржа йара.Тимарна наб кхийтира. Цул тIаьхьа цIаьххьана самавелира хIара, уьйтIахь хиъна Iара да.

слайд:

— Дада, борз йац и угIург? — аз дайдина элира кIанта.

— Йу дера, вела а къежна, жоп делира дас.

— И йе хIунда ца йоь? -хаттар дира кхо.

— Дукха генахь йу иза.

— Хьо ваьхьар варий и йен? — элира дас. Дена лаьара, шен кIентан мел майралла йу хьажа, и хьуьна йуккъе а вахийтина, цунна тIаьхьа ваха.

в кадре:

-КIанта ша ваьхьар ву  аьлла,  дегара  топ  схьа  а эцна, хьуьна йуккъе  вахара. Амма дукха хан  йалале  ор чу  а воьжна, кхеравелла висира кIант. Цу чуьра хьалаваьлча а, вегош вара иза.

-Хьо кхеравелларг борз йацара, Эльмурдан жIаьла дара, — аьлла, тIаьхьа веанчу   дас човхийра  Тимар.

 Слайд

Цул тIаьхьа дуккха хан йелира , шегара цхьа хьуьнар  даьлла, шен дас хасто лаьара кIантана. Амма иза нисделира, да  ГIала а вахана , ден меттана фермехь вара Тимар. Буьйсанна да тIаьхьавеача, цIа ван гIоьртира кIант.

-Арахь Iаьржа йу, ваьхьар вуй те  со, хьуо цIа вахийта ?

— ХIумма а дац, дада, со ца кхоьру хьуна, — элира Тимара.

-Буьйса дукха Iаьржа йу, догIа дан мега вайна, буьйса йоккхуш саца хьо.

Дега кIадвелла хир ву хьо, жимма садаIа хьайна аьлла, ха дан вахара кIант.

Цхьа ши сахьт даьлча, Аьстамара  дIавижа чувахийтира кIант.

в кадре:

-ЦIаьххьана арахь даьллачу герзо самаваьккхира Тимар. Араваьллачу кхуьнан бIаьрг кхета воьжна Iуьллучу дех. Дас узарш дора. ТIехьаьдира кIант.

-Дада, хьуна хIун дина? Аьстамар мелачу цIийх вуьзна Iуьллура.

Слайд

-Же кIант, къуйша вайн бежнаш дигна , суна топ а тоьхна. Говра а хаий, йуьрта  орца даккха гIо, — элира когах чов йиа Iуьллучу Аьстамара.  Лаха Iин чу бисси уьш, ваьхьар вуй хьо?

Тимаран дегIах цIе кхерстира, цо иза аьлча. Йуьхьанца цуьнан воьхна хилар а дIаделира.

в кадре:

— Ша йуьрта дIакхачале  къуй  гена бевр бу, царна кIело йан йеза  ша  аьлла, некъ хадош  говр дIаэккхийтира Тимара. КIоргга лахахула дIабаха безара къуйн.

— Ши йетт хьалха а баьккхина, богIура зуламхой. КIанта топ  йалийтира. Цхьаъ ког а шершина  охьавуьйжира, ши йетт охьанехьа бедира.ШолгIа патарма балийтира  кIанта. КIант волчу агIор а герз туьйхира   къуйша. Царна кIант ца гора.

-Къоладан баьхкинчарна хиира шайн некъ маьрша боций. Йуха гIойла дацара церан, цигахь кхара лазийна хехо вара. Тимара йуха а герз туьйхира  уьш болчу агIор. Цхьаъ лазийна охьавуьйжира, важа шена тIаьхьа мохь бетташехь, накъост  а витина , хьуьна йуккъе а вахана къайлавелира.

-Лаха чохь герзаш девлча, шен лазийна гIогI дIа а дихкина, лаха охьанехьа вогIучу Аьстамарна кIант дуьхьал кхийтира. Тимара  хилларг ма-дарра дIадийцира.

Слайд

Фермехь герзаш  дуьйлуш  а хезна, йуьртара нах орцах кхечира. Герз кхетта зуламхо а, цуьнан накъост а схьалаьцна. Царна суд йира.  Цигара цIа веача Аьстамара шен кIанте элира: «Беа когачу экханах кхеравеллехь а, шина кога тIехь йолчу  шина барзах ца кхеравели хьо, Тимар. Къонах иштта хила веза.»

в кадре:

-Iамийнарг тIечIагIдеш хIокху хаттаршна жоьпаш кечде.

 Слайд

I. Муьлш бу дийцаран коьрта турпалхой, муьлхачу хенахь дIабоьлху цу тIера хиламаш?

2. ХIун элира Аьстамара шен кIанте дешарх лаьцна?

3. ХIун ойланаш йора Тимара фермехь шен деца ша волчу хенахь?

4.Шен кIант майра вуйла хьажа хIун дира Аьстамара?

5.Ферме къуй баьхкича, Тимара  муха гайтира  ша?

6.Суьдера цIа веача, хIун элира Аьстамара шен кIанте?

Слайд  (Нийса иштта хила тарло)

  1.  Дийцаран коьрта турпалхой  бу Аьстамар а, цуьнан кIант Тимар а. Иза  тIом балале хьалхарчу шерашкахь хилла  хиламаш бу.
  2. Нахана гIуллакхдан йиш  а йолуш, хьан дешар хилахь, гIуллакх ду иза, ца хилахь, эзар шарахь дешахь а пайда бац, элира Аьстамара.
  3. Шегара цхьа хьуьнар  даьлла, шен дас ша хасто лаьара кIантана.
  4. Кера топ а йелла, хьуьна йуккъе  вахийтира  Аьстамара шен кIант, цунна цIаьххьана дагадеанера шен кIант майра вуйла хьажа.
  5. Къуйх кхеравелла бIо ца къажош, царна дуьхьалвелира Тимар. Цо уьш совца а бира.
  6.  «Беа когачу экханах кхеравеллехь а, шина кога тIехь йолчу  шина  барзах ца кхеравели хьо, Тимар. Къонаха иштта хила веза.»

4.Дешнаш тIехь болх :

слайд:

уьйтIе-двор

хехо- сторож

къуй- воры

чов-рана

цIаьххьана — неожиданно

в кадре:

 Кхоллараллин таронаш йаккхий йолуш вара Ахмадов Iумар. Цуьнан  дийцарийн турпалхой  догцIена, майра, тешаме,  хиндолчун ойла йеш, хьанал къахьега лууш долу бераш ду.  Цо тоьшалла до  иза даима  а лехаман новкъа вогIуш хиларан.

— Хьоме  бераш, тахана  вайна девзи  Ахмадов Iумаран    дахар , кхолларалла  а.  Дийцаре   ди   цуьнан   «Къонахалла » цIе  йолу  дийцар.

-Девзи  турпалхойн     гIиллакхаш  а , амалш а.

 -Дахарехь  хаза  гIиллакхаш   карладохуш , ирсе  хуьлийла  вайн   кхане!  

 -Iодика йойла  шун, марша  Iойла!

2-гIа  дакъа.

       Хаарш -зер

  (нийсаниг харжа)

I.     Ахмадов Iумаран дуьххьарлера книга “Даггара доттагIий ”  муьлхачу  шарахь араяьлла?

а)  I963                  в) I962

б) I96I                 г) I964.

2. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь,  I944-I957-чуй шерашкахь, мичахь дешна цо ?

а)     Фрунзехь пачхьалкхан университетехь            

б)  Алма-Атахь     пачхьалкхан университетехь

в)  Йуьтрабахаман техникумехь

г)   Политехникумехь

 3. Ахмадов Iумаран произведенийн цIераш билгалйаха произведенийн, сборникийн цIераш  билгалйаха.

а) » Еха буьйсанаш», «Ненан дог», » Ирхеш»,   «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц».

б) «Чайра»,  «Иччархо Абухьаьжа Идрисов», «Алун  шераш», «Асланбек Шарипов», «Веччалг», «Заманан некъаш».

в)  «Даггара доттагIий»,  «Забаре дийцарш»,  «Тайна Малика», «Къонахалла » .

г) «Болат-гIала йожар», «Кавказан лаьмнашкахь»,  «Сема лергаш», «Къийсаман новкъахь», «Керлачу дахаре»,   » Тешаме доттагI».

k1onah

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке)

«Къонахийн белшашна тIехь лаьтташ ду дуьне», — эрна аьллачех дац. Амма къонахалла бохучуьнан маьIна дан хууш стаг кIезиг волу. Цундела хьан-хьанна а туьллу вай и еза цIе, дIакховдадо и массарел а деза-доккха а, сийлахь а долу и дарж. Масала, сих-сиха хезачех ду: «Хьенех ма къонах а вар-кха». Дуьхе кхиа воьлча: «Дуьненна а бале яьлла, эхарт хир доцу цхьа боьху Дажал яра -кх» — ала дог1уш хилар гучудолу. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьагI, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала шайна дика дина, дуьненна гIортораш йина юкъа бохуш бу уьш.


Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан гIоьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо». Адамера долушдолу массо а дика-вон дIаяздеш хIораннан белшашна тIехь Тарам, Хьарам Iаш хиларх лаьцна лакхахь хьахийра вай. Ша шайтIане Iеха ца войтуш, цкъа гIалат долуьйтуш, тIаккха цунна гечдар доьхуш лелачарах воцу дела олу цунах къонах. Иза Дала схьаоьхьна болчу некъана тIера юьстах ца лелхаш, цу тIера ца вала гIертарг ву, цуьнан дерриге а дахар цу тIе хьажийна а хуьлу. Къомана а, нахана а, махкана а гIуллакх дар шен сина, шен дегIан чархана марздинарг ву иза. Б1аьрг а, гай а цкъа а ца юзачарах юйла хиъна цунна. Цаьрга сина гIодаюккъе нуьйр а тиллийтина, уьш коьшкала ховшийна ца лела иза. Цунна дика хаьа Дела кхиэлана сиха воцийла. Шен гIалат нахала ца долуш дисча, Дела а шега Iехавелла моьттачарах вац къонаха.

Къонаха воцчу стеган; дагтIера Дела а, иман а матта буьххье доьрзу, кхахьпалла сих йулу; сутаралло хьарам хьанал къасталун доцчига кхачаво. Царех бу (Iедалан мукъ кара кхаьчнарш-м буьйцур бацара вай) халахеташ делахь а, хьахийначарах тарбала гIерташ, оцу тобанна тIаьхьа хIиттина болу цхьамогIа хьехархой, лоьраш, суьдхой, прокуратурин белхалой, «асфальтах» пхьор деш долу варраш, милцой, сом делча кешнашка жIаьла дIадоллийта кийча болу Iелимнах. К1ай къиг санна царех къаьсташ хуьлу: шенчара а, нехачара а и лортIехь вац, шен хIуманна дола далуш вац», — бохуш, цIенчу некъара галваккха а гIерташ, хьийза а во иза. Кхонаха зене-зуламечу гIуллакхах, нехан хьокъах-м, хьовха, кIоршамечу дошах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лекха дарж хир а дац дуьненахь.

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьар дацара иза эца. Делаца шен ойла хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нохчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

Делан дикалла, Цуьнан вайх болу къинхетам дукха боккха хиларан гайтам бац, ткъа, абадехь синош кхуллучу хенахь, божа хила яздинчу «къонах хир ма ву шех», — аьлла нигат а дина, оцу новкъа хIоьттинчу стеган гIолаца Сийлахь-Веза волчо, шена тIелаьцна хилар? Вай лехнарг Цо вайна луш хилар Цо вайх бина боккха къинхетам бу. НАХЧО а, КЪОНАХ а хилчхьана Цо вайга, Зулкъарнис санна, дуьне куьйга кIел дерзаде, я лаьмнаш лестош, хьуьнарш гайта ца боху. Амма, боху – хьайн хин йолу кхане йохкий, Иблисанна дуьненахь гIортор хилий дIа ма хIотта.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Просмотров
23 448

Возможно вам будет интересно



  • 07.08.2020 08:41

  • Категория: Нохчийн Мотт
  • Просмотров: 2075

Шен дешан да хилар – къонахчун амал

Къонахчун амалехь ца хилча ца долуш хIума ду – шен дош лардар. Дешан да хилар бохург дош шалха цадалар, иза кхочушдар бохург ду. Цкъа делла дош юхаэца йиш яц къонахчун, хIунда аьлча, дош ца лардинчу стеган къонахалла шеконе йолу тIаккха, цунах болу тешам жимло, цуьнга болу ларам а байло. Цундела ду къонахчунна ша делла дош лардар сел сийлахь а, деза а. Мел хала шена делахь а, дош кхочуш ца дича ца волу бакъволу къонах.
Халонаш тIехIиттича, шен даша тIера стаг волуш велахь, иза къонах вац. Ишттачу стагаца юкъаметтиг хила нахана луур дац..
Тахана къаьсттина дукха нисло стага шен дош дохош, цу тIера юхаволуш меттиг. Хала хеташ делахь а, вайн заманахь хуьлуш хIуманаш ду уьш. Масала, дика лелаш воцчу жимачу стага дош ло шен гергарчарна, ша кхин айпе хIуманаш лелор дац олий. Амма иблисан хазачу зурманах Iеха а лой, юха а вочу новкъа тIе волу иза. Ткъа цу некъан чаккхе дика ца хуьлу – цо галваьлларг жоьжахатин цIерга кхачаво. Иштта тIаьхьало хуьлу делла дош лар ца дича.
Дош даларан а ду шен некъаш. Хьайга далур доцу гIуллакх, дийр ду аьлла, тIелацар сонта хIума ду. Ницкъ цакхочург дийр ду алар стеган хьекъал цакхачар я иза шех тIех сов бIобулуш хилар ду, шен бакъдолу хьал а ца хууш. Сихвелла делла дош а, сихаллехь дина гIуллакх а тIаьхьало йолуш ца хуьлу. Ишттачу хIумано стаг юьхьIаьржачу хIоттаво. Цуьнгара яьлла цхьайолу ледарло велла дIаваллалц, эхьан томмагIа хуьлий, тIехь юьсу, нагахь дош дохийна я дечу хIуманан ойла ца еш цо иза ялийтинехь. Муьлхха а ледарло ларамза, хьан синкхетам ца кхочуш яла а тарло. И санна долчунна-м, хьан бехк боций хиъча, уллерачара гечдо. Ишттаниг хьахош а, дуьйцуш а ца хуьлу – берриге а и ледарло сиха йицъялийта гIерташ хуьлу. Оцу хIуманна тIехь а гучудолу нохчийн оьзда гIиллакх – стеган бехк бацахь, цунна гечдар а, цунна тамехь доцу хIума хьеха ца дар а.
Вайн дайша чIогIа лардина халкъан гIиллакхаш, шайн схьадовлар а, лелор а оьздачу буха тIехь хилла долу. Дош далар а, иза лардар а ма ду нохчийн гIиллакхашна юккъехь коьртачех цхьаъ. Цу гIиллакхо хадош ма бу къонахчун мах. Хало а Iаьвшина, шен дош лардинарг гуттар а хилла сийлахь халкъалахь.
Вайна юкъахь олуш ду, гIиллакх, оьздангалла, яхь, дешан да хилар ворххIе а дегара схьадогIуш ду. Иштта дан а ду иза. Дера, шайн оьзда, яхь йолуш дай хиллачара церан цIе йожор ма яц, нагахь шаьш жимма а церан сий а деш, уьш лара а лоруш, царах дозалла а деш Iаш белахь. Вайн дайша шайн хаза, оьзда, гIиллакхехь леларца дахарехь дIадаха некъ битина вайна. Вайн декхар хIун ду? Церан сий лардар, церан цIе ца йожор, церан иэсана хьакъ хилар. Мел хала хIума дац вайгара оьшуш дерг: оьзда лелар, гIиллакхах ца вохар, хьо хьанах схьаваьлла, мила ву хаар, ледарло яларх ларвалар.
Нахана юкъахь дош дIа а лелаш, ларам а болуш деда я да шен доьзалехь волчу жимачу стагана мел атта ду дахарехь. Цаьргара масал схьаэцчахьана ма ваьлла иза. Цуьнан дай наха лоруш хилча, хIара ша а лорур ву цара, дайн сий а ца дойуш, церан цIе а ларъеш, схьавогIуш велахь. Кхуьнан дашах а тешар бу, хIунда аьлча, хIара оьздачу нахах схьаваьлла ву, шайн дош дош долчу къонахех. Дайша некъ битина кхунна, иза дIакхехьа стаг хIара хилчхьана. ТIекхуьучу тIаьхьенаша къаьсттина тидаме эца дезаш хIума ду иза: дайн сий лардар, церан сийлахь цIе ца йожор. Иштта цу тIехь лаьтташ ма ю вайн нохчийн вад, цунах хуьлуш ма бу нохчалла боху кхетам а.
Вай ца гIерта вешан къам массарал а тоьлуш ду ала. Дала адамаш цхьабосса кхоьллина, беснашца бен башхо йоцуш.
Цхьа къам вукхул тоьлуш ду алар нийса хир дац. Делахь а, меттанашца, Iер-дахарца, дахаран хьелашца, ламасташца, исторехь нисбеллачу хиламашца вай вовшех къаьсташ ду. Амма адамашна юккъехь лелаш долу, Дала делла гIиллакхаш массо а къаьмнийн цхьаьнадогIуш ду: вовшийн дезар, ларар, къинхетам хилар, гIо-накъосталла дан
кийча хилар.
Вайн къомана юкъахь гуттар а лелла долу ламасташ, гIиллакхаш лардар вайн коьрта декхар ду, хIунда аьлча, царна тIехь лаьттина ду вайн халкъан дахар..

АРСАНУКАЕВ Муса

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Къараманлар ич ольмейлер сочинение
  • Къамботрэ лацэрэ я зэхущытык1эр сочинение
  • Кчр результаты егэ
  • Кчгу расписание экзаменов
  • Кху вступительные экзамены