Нена мотт сочинение

Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1 ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.

Дуьненах дехачу х1 ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1 ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1 уманах лаьцна х1 умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт — иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1 уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: » Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.

Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1 иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1 ара дерриг а Дуьне вайна совг1 атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1 ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Нохчийн мотт — вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1 амадо Даймохк беза. Цо 1 амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.

Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1 аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1 аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1 унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1 оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1 амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1 ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», — олуш. Ма — дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1 адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай!

Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а, —

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам.

Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза?! Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу. Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу. Вайн мотт г1иллакхе, оьзда, мерза а бу. Иза къоман са ду. Ненан мотт… Доккха маь1на д1алоцу оцу шина дашо. Вайн дайшкара дуьйна схьадаьхкина хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман. Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург мотт бу. Иза ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адан кхерам бу. Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйлу шога дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллерчунна. Даймохк-Нана, Нана санна, хьоме бу вайна вешан Даймохк, цунах хаьдча, тоха са а доцуш, сатуьйсу вай цуьнга. Иштта, шен нене, Даймахке а санна, хила беза шен матте болу безам а. Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах дешнаш: «…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Вай мотт лар ца бахь, цуьнан сий а ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Мотт д1абаьлча, халкъан тезет, дика-вон, ловзар-синкъерам д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха баьрчче баккха беза вай и. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Муха хир ву дуьненахь, уггаре сийлахь болу ненан мотт цабезарг, бийца цалуург, и къен хетарг?! Мел хала хеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаволчо дозаллица къамел до: «Суна ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа бохуш». Ткъа воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Оцу маттахь яздан а, еша а ца хаьа муха эр ду?! Вай нохчий ду, ду-нохчийн мотт вай мел буьйцу,цундела вайх х1ораннан а
сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Тахана вайн мотт 1амон а, бийца а цхьа а новкъарло яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен Буьйраца ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикин а Конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ белла. « Воккхаве со хьуна хуъчу Кхечу къаьмнийн меттанех, Хьайниг бицбеш, 1амо дезна Уьш хьуна ца моьттинехь» — яздо Сулейманов Ахьмада. Цу дешнийн маь1нах кхета хала дац. Муьлхха а мотт хаар дика ду. Цхьадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, 1амон а оьшуш бу 1арбийн мотт. Оьрсийн мотт – юьззина бакъонаш йолу Россин гражданаш хила а, лулахошца гергарло, уьйраш лело, дуьненан 1илманах кхиа а ца хиъча ца болу. Хиъча дика ду ингалсан, немцойн, французийн а меттанаш. Амма, поэтана т1аьххье ч1аг1дан дог1у, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. Сайн сочинени ерзош лаьа суна вайн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнашца: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Со йоккхае тахана, х1ара маьрша мог1анаш сайн яздан аьтто хиларна. Нохчийн къоман баьччанан, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин во1а Россин Турпалхочо Рамзан Ахматовича шен ден некъ кхиамца д1акхоьхьуш йоккхае со. Везачу Дала ницкъ, хьекъал а лойла вайна нийсачу новкъа, нохчийн меттан сий-ларам беш, д1адаха! Дала лардойла вай, ненан мотт бицбина, дакъазадовларх!



  • 14.12.2017 09:29

  • Категория: Нохчийн Мотт
  • Просмотров: 13907

Ненан мотт – вайн дозалла

Бекалахь, ненан мотт, тахна дуьнене, машаре кхойкхуш…
А. Айдамиров
Мотт – иза адамаша вовшашца къамел даран коьчал ю. Буьйцу мотт ца хилча хала хир дара вайна луучух кхиниг кхето, уьйраш тийса, гергарлонаш чІагІдан. ХІора къоман а шен-шен мотт бу. Вайниг – нохчийн мотт бу.
БІешерийн кІоргера вайн дайша кхиош, хазбеш схьабеъна иза хІинца хІаллакьхиларан кхераман дозане кхаьчна. КІеззиг хеза нохчийн мотт буьйцуш дешаран кхерчашкахь а, новкъа вогІу-воьдуш а.
Халахеташ ду цунах массеран а дог цалазар, хІорамма а веза хьаша вина шен баьрччехь иза цакхабар.
Ненан матте безам жимчохь дуьйна кхолла беза. Бабин туьйранашца, Дадин къонахаллин иллешца билла беза цуьнан бух. Ишколехь деша дуьйладелча ненан матте безам литературехула боло беза. Халкъан барта кхоллараллех пайда а оьцуш дІаяхьа еза литературин урокаш а.
Матте безам хьовха, амалан бух ботта а мегар долуш йоккха хазна ю вайн халкъан барта кхолларалла. Туьйранаша дикаллина Іамаво, иллеша – яхь йолуш, делла дош лардеш, вовшийн лераме хила Іамаво, ткъа кицанашкахь долу хьекъал вайн къомана бІеннаш шерашкахь зеделларг ду. ХІуманна тидаме хила Іамаво хІетал-металша а. Вайн орамаш мичара схьа ду а, дайн гІиллакхийн бухбоцу хазна а йовзуьйту вайна барта кхолларалло. Цуьнга терра боккха тІеІаткъам бо литературо а. Цундела грамматикан урокашца йоьзна литературин урокаш а, классал арахьара ешар а, классан куьйгалхочуьнца дІахьо хьехарсахьт а ненан маттахь хилча кхачам болуш хуьлу меттан говзалла лакхаяккхар.
Зенехь хир дацара хІора четвертехь литературин урокана лерина цхьаъ урок-къовсадалар дІаяьхьча. Цул сов, «Къона литераторш» я «Меттан Іилманчаш» цІерш йолуш кружокаш а пайдехь хир яра.
Буьйцу мотт ларбелча бен кхачаме ца хуьлу грамматика а, оцунна лерина цІахь бан темица лерина болх белла ца Іаш, хІора кхозлагІчу урокехь жима сочинени язъан тІедиллар дича а пайдехь хуьлу. Цо шиъ дика агІо йохьу шеца: дешархочун мотт шарбалар а, цуьнан амал йовзар а. Ткъех дешархочунна йоза-дешар хьеха хІоьттича хІоранна а тІе тидам бахийтар ледара хуьлу, амалан башхаллаш талла муххале а. Ткъа, хууш ма-хиллара, кехат тІе яздинчо таро ло стеган чухулара хатІ довза. Шена хьалха волчу дешархочун ойланаш а, сатийсамаш а бевзаш хилча хьехархочунна атта хуьлу ша хьоьхург дешархочо кхачам болуш тІеоьцур долчу кепехь дІакховдо а, ша хьоьхучу Іилмане дешархочун безам бахийта а.
Дешархошна юкъахь редколлеги вовшах а тоьхна, баттахь цкъа я шозза арадолуш классан газет а диллича, классан гайтаман паспорт а ненан маттахь хилча, урокаш йоцчу хенахь ловзарш а, дагадарш а ненан маттахь дІадаьхьча дешархойн ойла мелла а тІегІур ю ненан маттана.
Кхетош-кхиорна юкъа дай-наной озархьама хІора четверть чекхйолуш хуьлуш йолу дай-наной собрани дешаран жамІаш диначул тІаьхьа мелла а самукъне хилийта а, шайн бераша лелочунна уьш юкъаозон а лерина къовсадалар хІоттийча, муьлхха тема схьа а лаьцна, масала: «Школехь Іамийнарг карладаккхар», «Уггаре а дика шира дешнаш хуург», «Хьанна хаьа нохчийн мотт» и. кх. дІ.
Оцу кепара цхьаьнакхетарш а, ловзарш а дІадахьа таро хилча дешархой цхьана тІедилларе санна а ца хьоьжуш, езаш-лоруш йолчу уроке санна догІур дара нохчийн меттан а, литературин а урокашка.
Хьехархочун а, дешархочун а юкъаметтиг ларамца нисъелча атта хуьлу белхан жамІ дан а, говзалла айъан а.

ПЕТИРОВА Пет1амат

МУНИЦИПАЛЬНОЕ  БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ  УЧРЕЖДЕНИЕ

«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»

НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА

ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ

https://avatars.mds.yandex.net/get-zen_doc/1888829/pub_5cc78562c3a10000b59aad6f_5cc785d1a8ac8300b3491be0/scale_1200

Сочинени

Нохчийн маттах,

нохчийн маттахь…

Язйинарг: Тунжаханова Сати

10 –чу классан дешархо

Сочинени

Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…

                                          «Мерзачу озаца сан амал lехош,

  нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу…»

Мотт- иза Даймахко адамна, цуьнан дахар долалуш, иза чекхдаллалц луш болу г1ирс бу. Мотт- иза адамна гонахара дерг, шен чоьхьара дуьне довза а ,кхечарна довзийта Дала делла ни1мат ду. Мотт- иза туьйранехь дуьйцуш долу,ерриг не1 йоьллуш долу дог1а ду.

Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?

 Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.

Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.

Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.

 Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.

Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.

 Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.

Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.

Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун  Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац!!!» Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.

Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).

Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.

 — Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.

-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.

C:UsersAdminDesktophello_html_m2ff01c2e.jpg

Сийлахь сан ненан мотт, хьо-м суна аганахь дуьйна сан мерзачу нанас зевнечу аганан иллица  Даймахкахула кхарставеш бовзийтина бай.Со-м сан нанас ненан маттаца хьистина, вайн г1иллакхан аг1онаш ненан маттахь йовзийтина яй. 
Доттаг1чуьнца доттаг1алла ас сайн ненан маттаца тесна дай,сирлачу шовдан коьртехь  езаре дагара дуьйцуш, безам сайн ненан маттахь цуьнан дагчу д1акховдийна бай,дов даьллачу хенахь хьо дастаме буьйцуш я кхечуьнга буьйцуьйтуш,  хьоьца  бегаш  цхьаьнгге ас  байтина баций.Ишколехь хьо безаш харжар, т1екхуьучу т1аьхьенна хьо хьехар сан дагчохь,сан ц1ийца хьох ийна хилар дай .Со-м 1алур вац генна д1авахана, хьо кхечу меттанех хийцина  я боьхкина.1уьйрре хьалаг1оттий, сайн х1усамехь хьо буьйций,юха балха т1ехь буьйций, сарахь ц1а веача набаран тар тассалц хьо буьйцуш наб кхетий,г1ан-набарха буьйцуш, хьоьца Даймехкан аренашкахула кхерсташ лелий,юха 1уьйранна самаволий, ненан маттахь нене 1уьйре дика ярца, юха  а д1аволало-кх со хьо бийца.
Вайн ненан мотт хазачу, ширчу меттанех цхъаъ бу. Вайна хаало и эзар шерашкахь дуьйна т1улгаш ,б1аьвнаш т1ехь хиллачу  йозанан билгалонашца, халкъан барта кхоллараллица. Ткъа х1унда ца буьйцу хьо? Со-м цецволу!  Массийта эзар шерашкахь ларбеш, хазбеш вайн дайша, наноша схьабалийна хилча, ткъа вайн декхар ма ду и бийца, 1алашбан! Хьо муха 1ало-те, со-м ца 1ало, хьо бицбина, юххехь хьо бийца цхьаъ ца хилча, аса-м хьо къоламца тептаре берзабо. Ткъа цу къоламо,тептаро ма мерза, ма ц1ена гойту вайшинна юкъахь болу безам, дог-ойла.Иштта кхойкху тилавелла, хераваьлларг ненан маттах  схьакхета ша декхарийлахь хилар. Цунах къаьстина, хьан бахамаш совбаьлла, дешийлахь хьо 1енарх, хьан сий хир доций.Со-м вац хьоьха кхаьрдаш я хьуна т1аьхьаша луьйш, со-м кхойкху хьоьга хьайн хьоме ненан мотт бийцийта. Ас-м боху хьоьга, хила ненан меттан во1,г1оьнча. Шинна юкъахь  дов даьлла и шиъ чуччахьаьдча, цу шинна юкъахь машар бийриг бу-кх вайн ненан мотт. Синкъерамехь йо1е безам бахна, и къовсаме баьлча, цу йо1ан дог-ойла шена т1еерзош исбаьхьа дешнаш цу йо1е кховдориг бу-кх вайн ненан мотт. Дайн г1иллакхех хаьдда, цунна гена ваьлларг, хьайн  къинхетаме дашца юха верзориг хьо бу-кх, сан хьоме ненан мотт!
Даймехкан 1аламан хазалла гойтург хьо бу-кх, сан ненан мотт! Нанна, доьзална юкъахь марзо латториг хьо бу-кха, х1ай сан ненан мотт! Бабас шен туьйранашкахь ма хаза,эсала буьйцу хьо, кийрара дог стиглара  1аьршашка доккхуш ,сийначу бай т1ехь бай-й хьоькхучу мохо бес-бесарчу зезагийн техкар дуьйцуш болу, сан хьоме ненан мотт!   Хьо-м сан дахаран г1ирс бу, до1у са, буу кхача бу,дог ду, цундела теша со т1аьхьарчу т1аьхьено хьо бицбийриг цахиларх, кхин хазлуш бацалахь хьо лепарг хилар! Сайн къамел дерзош дало лаьа  х1ара дешнаш:

Денна хьо хьехо
К1ордор дац, ненан мотт!
Хьох лаьцна мел яздо,
Дог ловзадуьйлу сан.
Хьо тесна ца бита
Дош ло ас ,ненан мотт!
Сан йоккха ч1аг1о хьо,  
Сан хьоме Нохчийн мотт!!!                                     

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Немыслимый застроенный задание 12 егэ
  • Немыслимый застроенный егэ ответы
  • Немыкина почепаева егэ английский язык сборник тестов ответы скачать бесплатно
  • Немыкина почепаева егэ английский язык сборник тестов аудио
  • Немыкина почепаева егэ английский язык егэ устная часть