Сан дахарера цхьа де сочинение на чеченском

Ответ:

«1аьнан цхьа день» 1а-иза шеран уггаре хаза зама ю.Диллана ло массера самукъа хуьлий д1а х1утту:баккхийчера а,кегийчера а.Баккхийчарна жималла дага йоуьйта 1аьно. Иштта 1аьнан цхьа де дара.Диллина доккха ло дара,и ло къегош хьаьжна малх бара.Дуккха а бераш дара арахь.Берийн санна,кхин дукха дацахь,к1езиг дацар олхазарийн самукъа.Тхо ловзара,уьдара,хехкалора.Жимма дехьо-о цхьанна х1уманах самукъа ца долуш,тебна цхьана олхазарах б1аьрг кхийтар сан.И дара жима хьоза.Суна цунах ч1ог1а къа хийтира.Сайн ловза лаъаралла сов даьллера сан,цунна г1о дан лаар.Сайн ловзар д1а а тесна,аса меллаша схьа а эцна,сайн х1усаме дигира хьоза.Хи а малийна,хьалха к1а а тесна, пеша хьалха охьа хьахийра аса и.Суна ч1ог1а лиънера,массо берийн а,олхазарийн а санна,цуьна самукъа долийла.Жимма хан елира,т1аккха цхьа самукъа даьлла,д1а-са лелха дуьйладелира иза.Суна билгал делира,цунна г1оле хилла хилар.Т1аккха и хьоза схьа а эцна хьалха санна ловза вахара. Со сайн берийн тобанах д1а кхийтар,хьоза шен хьозийн тобанах д1а кхийтар. Иштта цкъа ирча а,юха хаза а деара и 1аьнан де хьозана а а,суна а.

Аватар

Литература, опубликовано 2018-08-22 18:01:39 by Гость

Дицлур доцу де сочинени

Аватар

Ответ оставил Гость

Иза 1аьнан мур бара. Ткъе йолхалг1ачу январехь тхан ишколехь д1абехьира къовсам. Оха цхьа дийцар дийца дезаш дара. Суна ч1ог1а толам баккха лаьара. Аса цхьа хаза дийцар кечдинера, иза цхьана к1антах лаьцна дара, цуьнан ц1е » Т1ом » яра. Суна сан дас а, нанас а г1о дира кечам бан. Амма аса толам ца баьккхира. Суна ч1ог1а халахийтира, со йоьлхуш яра.
 Суна цкъа дицлур дац и де. Амма юха а хьожур ю со толам баккха!
извини за ошибки если там есть

Вопрос

Не нашли ответа?

Если вы не нашли ответа на свой вопрос, или сомневаетесь в его правильности, то можете воспользоваться формой ниже и уточнить решение. Или воспользуйтесь формой поиска и найдите похожие ответы по предмету Литература.

      
Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор
доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м  суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина.  Лекха
лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн  исбаьхьалла – и суьрташ
сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу
сан.

      
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара
хьоьстуш хир йоций хаьа суна  Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.

      Аьхка
 цига даха аьтто хилира тхан, сайн  нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига
кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара
со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн
б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа
туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн
ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи,
бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И
дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара.  Лаьара массо меттиге б1аьрг
тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е
хьалавелира со.

-Эх1
, хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду
кхузара х1аваъ.

 «Э-е-ее-е-й!»-
аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша
д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг
чуьра есалла.                                                                            Сан
1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш  йозанашца къарздинера, т1ехь
цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара  цунах,  ша кхузахь хилла аьлла билгало
йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я
мохе, я т1еман ирчалле гор ца  х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех
дуьззина,  шен дахарехь дуккха ирча  киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш
дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо,
берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а,
б1арзделла деса кораш а.

Гонахарчу
басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш
дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна.  Дукха генахь йоцуш
лаьтташ яра базанийн жима хьун.  Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу
заманчохь:

— Адам!
Ларлуш охьавосса, — аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита 
х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу
меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.

    
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш,
ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду — зезагца,б1аьвнаца,
эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду — вай ду 
сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда.                                                 
 Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а.                                                                                                    Некъ
дика хуьлийла вай.

Сочинени

«Сан  хьоме Даймохк»

Язйина Грозни-г1аларчу МБОУ «СОШ №
47»

                                                             
9 «В» классан дешархочо Каимов Адама

Обновлено: 11.03.2023

Абдурзаков Ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн маттахь дуккха а бу пайдаэца йиш йолуш суртх1отторан г1ирсаш.Оцу г1ирсашца муьлхха а ойла йийца йиш йолуш, хазна ю вайн мотт.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай Гайсултанов 1.тексте.

Вайна ма-гарра Ахмадов Мусас шен текстаца тоьшалла до нохчийн мотт хаьлдолуш а, хаза а хиларан.

Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.

Сан кхетамехь къинхетаме стаг иза , ас лакхахь ма-аллара кхечуьнга деанчу вуонна юьстах а ца лаьтташ, цуьнан дог оьцуш, дашца а, г1уллакхца накъосталла деш верг ву.

По чеченскому языку ненан мотт кратко

. стагана а Іемаш болу нохчийн мотт, нанас дена вина волчу нохчий стагана, нохчий берана Іемар бац бохург и бакъдац. Вайн къоман кхетам тІаьхьабисина хиларе терра, Москварчу Іедална гергахь . бу царна юкъахь. Оцу цІера бевллачаьрга санна ду поэтан хІара дешнаш: Ненан мотт язло сан цІийца, Ненан мотт бека сан сица, Сан бакъо ю иза бийца, Сан бакъо .

Масала Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.

Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.

Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.

Примеры похожих учебных работ

На ингушском языке са наьна мотт

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

. декъе декъа мегар ду:адмашца оьзда хиларкхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилардала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хиларша кхоьллинчу Делица оьзда хиларша шен дег1аца оьзда хилар.Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу .

. на нашей многострадальной земле послужил прочной основой для дальнейшего процветания нашей республики. Свое сочинение хочу закончить такими словами : Е муг1араш аз хетаду сай хьамсара . г1оздувлаш да!, Дала даькъала болба са мехка Бахаш бола Г1алг1ай .

На чеченском языке оьздангалла

. говр а човхош, и хьадалча д1авахара. Хьешех, воккхачо: — Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай… . стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш. Г1иллакхе а, товш а ду, заманан . нохчийн ворх1 г1иллакх ворх1 ломал сийлахь: Ларар шен да-нана, дар .

Сан даймохк на чеченском языке

. а! Амма: Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке Бергоева Айзан Абдилвахитовна Сан Даймохк! Сан ирс а, . Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь . дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха .

Со 1уйран хьалхе халаг1аьттича, аса дитташна т1е б1аьрг тоьхха, царна т1аьхь жим — жимма г1аш долуш ду.

Цхьажимма ла а дог1ча ч1егардиги аз хеза.

Дукхох долу стом — дитташна т1ехь заза дели, жимма хан яьлча царах мерза стоьмаш хира ду.

Геннара малх хьаго, хинца цо йовхо лура ю.

1ахкенан денош, суна уггаге хазахеташ денош ду.

Сочинения про баку по русскому языку?

Сочинения про баку по русскому языку.

Нам в школе по русскому языку задали взять интервью?

Нам в школе по русскому языку задали взять интервью.

Мы решили взять у Ивана Евгеньевича.

Ему 37 лет и он был на Чеченской войне.

Какие ему можно задать вопросы чтоб было интересно?

Хотя бы 10 — 15 вопросов).

Сочинение по русскому языку ( нужно восхвалять русский язык, и название сочинения)?

Сочинение по русскому языку ( нужно восхвалять русский язык, и название сочинения).

Мне нужно сочинение по чеченскому языку про весну плиз срочно?

Мне нужно сочинение по чеченскому языку про весну плиз срочно.

Сочинение о русском языке?

Сочинение о русском языке.

СОЧИНЕНИЕ ПО РУССКОМУ ЯЗЫКУ?

СОЧИНЕНИЕ ПО РУССКОМУ ЯЗЫКУ.

Сочинение?

Сочинение по картинкам.

Английский язык — язык дружбы?

Английский язык — язык дружбы.

Напишите небольшое сочинение.

Сочинение на чеченском «шира 1адаташ»?

Сочинение на чеченском «шира 1адаташ».

Изложения по чеченской литературе по теме портал ча?

Изложения по чеченской литературе по теме портал ча.

Вопрос Сочинение на чеченском языке гуьйренан де?, расположенный на этой странице сайта, относится к категории Русский язык и соответствует программе для 5 — 9 классов. Если ответ не удовлетворяет в полной мере, найдите с помощью автоматического поиска похожие вопросы, из этой же категории, или сформулируйте вопрос по-своему. Для этого ключевые фразы введите в строку поиска, нажав на кнопку, расположенную вверху страницы. Воспользуйтесь также подсказками посетителей, оставившими комментарии под вопросом.

Перед — служебная часть речи предлог что — может быть вопросительным местоимением(что ты делаешь? ), относительным местоимением (думал, что сделать), иподчинительнымсоюзом в сложноподчиненном предложени (считай, что дело в шляпе). А также может быт..

Перед является предлогом.

Корни с чередованием И — Е В корнях бер — бир, блест — блист, дер — дир, жег — жиг, мер — мир, пер — пир, стел — стил, тер — тир, чет — чит пишется И, если за корнем следует суффикс А (иск. : сочетать, сочетание), если нету, то пишем Е Например : за..

1 — 4 2 — 1 3 — 3 4 — 3 5 — 4 6 — 2 7 — 1 8 — 4 9 — 1 10 — 3.

1)1 2)1 3)2 4)3 5)4 6)2 7)1 8)2 9)1 10)3.

Жара заставиланас войти в рощу. Я бросился под высокий куст орешника, лёг на спину. Вот клён раскинул свои лёгкие ветки. Тихо шелестят в вышине листья. Я любуюсь их мирной игрой . Приятнолежать на спине в лесу.

Отяжелённой листвой, суффикс — ённ, а он бывает только у причастий, значит это слово ПРИЧАСТИЕ.

Предлогами являются за, через, перед, остальное : ты, вас — местоимения. Сок — существительное.

Предлогами являются : за, через, перед.

Запятая после «сад» и перед «и никуда». Грам. Основа » Мы вышли, пошли».

© 2000-2022. При полном или частичном использовании материалов ссылка обязательна. 16+
Сайт защищён технологией reCAPTCHA, к которой применяются Политика конфиденциальности и Условия использования от Google.

Ак

Мах хадоран г1ирсийн ФОНД

Карладаккхар

1. Гуьйренан юьхь

Хаза лаьттина и йовха аьхке чекхйолуш яра. Аьхке чекхъяларх-м 1алам а, адам а, массо а садолу х1ума а саготта дацара. Т1екхочуш берг токхе мур бара – гуьйре! Уггар хьалха гуьйре т1екхочийла, цунна кечам бан безийла хаийтира мангалхоша.

Аьхкенан юккъерчу а, т1аьххьарчу а деношкахь, 1уьйранна сай-бодий къаьстачу хенахь, мерзачу набарх а ваьлла, ахь ладоьг1ча, хезаш хуьлура шатайпа тата. Иза нуьйжанна т1ехь ж1аьвнаца мангалхоша тусуш долчу мангалийн татанаш дара. 1уьйранна баца т1ера тхи дожале д1ах1уьттий мангалхой де дохдалале мангал хьокхий а бовлий, де дохделча, кхорийн 1индаг1ехь садо1уш хуьлура. Цул дика садо1ийла хир яц.

Суьйренгахьа лестина де шелделча, цара д1адолор ду шайн ирачу мангалшца кесарш охьадахка. Дикка бода боллалц мангал а хьаькхна, уьш ц1ехьа боьрзур бу, кхана юха а х1окху метте бухабахка.

Аьхка Органо ша схьадог1у чоь кест-кеста хуьйцу, ткъа гуьйренгахьа лестича, гуттаренна цхьана меттехула охьадог1у юха аьхке т1екхаччалц.

Билггал гуьйре т1екхочуш хилар гойтуш аьхкенан т1аьххьарчу деношкахь стиглара схьа хаам бира. Уьш г1арг1улеш яра шайн некъан узам а беш, низам ца дохош, кхо са болчу мог1анца жут нисйина, къилбехьа довхачу мехкашка 1а даккха йоьлхуш.

1одика еш санна, юьрта т1ехула ши-кхо го баьккхина, гlapг1улеш къайлаевлира. Шеко яцара, уьш шайн маьхьаршца б1аьста юхайог1ург хиларх. (188 дош)

Лексикологи

Ворх1 к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а – пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг а йоккхур йолуш, ч1арх-аьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший.

Цкъа воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега:

– И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада?

Ден хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера.

Салтийн тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх.

Ворх1 к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш…

Кхо к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу Хьарг1а.

– Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш.

– Бакъахьа хир ду, – к1ентийн б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – Парг1ат хила.

Нана йолчу боьлху к1ентий.

– Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш.

– Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала,– меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – Д1адуьло, парг1атдовла.

Воккхах волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий.

– Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина.

– Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус.

– Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас.

– Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн г1уллакхе… (343 дош)

1. Ден дозалла.. 2. Ден хьехамаш.

3. К1енташа ден хьехар лардар. 4. Аружин доьналла.

5. Дена дуьхьал х1оттар. 6. Доьзалехь йолу юкъаметтиг.

Лексикологи

Фонетикан хаамаш

Талламан диктант

Тхешан куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю.

Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.

Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала

г1ертара. Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара.

Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа?

Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1а. (180 дош)

– Немцойн маттахь яздина, – элира Султана, – немцойн меттан хьехархочуьнга кхайкха г1ой со?

Ненананас ца оьшу боххушехь ариккхира.

Уми ца кхетара. Цунна цкъа а дага да деанера к1антана шен ненан мотт бицлур бу бохург.

Вочу ойланаша некхе лазар туьйхира кьеначу Умина. Г1ийла делха доладелира дог.

Чуволлушехь кехат схьаийцира хьехархочо.

«Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми, – гочдан вуьйлира хьехархо. – Муха 1аш ю хьо? Дагавог1ий хьуна со? Ас яздо хьоьга xlapa мог1анаш, г1ийла велха а воьлхуш. Хьуна ма мотталахь, шелехь, г1елехь массарна а вицвелла, хийрачу нехан не1аршка х1уьттуш, со лелаш ву. Х1ан-х1а. Сан ц1а а, доьзал а, машен а ю. Сингаттамо та1ийнчу дагна еззарг эца йиш ю сан. Амма бац сан Даймохк, мел дукха ахча даларх, и эца таро а яц.

Со хедира цунах фронте д1а ма-вахханехь: шовзткъе кхоалг1ачу шеран декабрь баттахь со йийсаре вигира мостаг1аша. Т1аккха – концлагерь. Французашца цу чуьра ведда, къилбен Франце вахара со. Зуда ялийра. Ткъа цул т1аьхьа ц1а ван дага ца деара.

Сан къизачу кхолламо со ца кхачош х1ун меттиг йисира: ах дуьне теллира ас, айса лоьху синтем ца карош.

Масийтта шо хьалха эвлах елира адамийн тоба. Царна деза дара шаьш д1авуллург дийна ву, вац цахаар. Уми дуьхьал яра, цо дехарш дора моллига. Амма г1иллакхо лоьхура дийна верг а д1аволлар, нагахь цо Даймохк д1атеснехь, нагахь иза т1епаза вайнехь.

Иштта д1авоьллира к1ант.

Умина хетара шен к1анте болу безам лахьте берзийча санна. Амма и тешара, цо сатуьйсура, туьйранахь санна, цхьа тамашена х1ума хиларе.

Ткъа х1инца xlapa кехат.

Х1аъ, х1инца ц1еххьана кхийтира Уми шегара даьллачу гlaлатах: ц1а воьрзур вац цуьнан к1ант цкъа а, вистхир вац цуьнга шен дайн маттахь, велла цуьнан к1ант, велла тоххурехь.

Оцу ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира. Б1аьрхиша цуьнан садукъдора. Дерриг дуьне б1аьрхиш хилла даьржинера.

Ткъа и дахаре юхаерзийра геннара, стиглан бухара, схьахезачу маьхьарша. Иза хьалахьаьжира, дехха мог1анаш дина цхьа 1аьржа т1адамаш дара цигахь гуш. Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш. Иза дара дуьненахь а уггаре г1ийла илли – Даймахках къаьсташ г1араг1улийн илли. (483 дош)

1. К1ант epa кехат. 2. Хьехархочуьнга кхайкха вахар.

3. Кехатан 1ийжаме м o г la н a ш. 4. Ненан ойланна к1аргъялар.

5. Умийн г1ийла къурдаш. 6. Г1арг1улийн илли.

Шеран талламан диктант

Б1аьстенан 1уьйре. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх. Цуьнан з1аьнарш хьуьнан диттийн баххьашкахула кхерстира. Коьллашна а, бацана а т1едиллинчу тхин т1адамаш лепара бес-бесарчу басаршца. Ехачу буса тийнна дижина 1иллича санна, набарх долуш лаьттара 1алам. Б1аьстенан маьлхана доьлура 1алам: хьун, акхарой, сагалматаш. Хьаннийн татолийн бердашца девллачу таьллаша уггар хьалха хаийтира б1аьсте йолуш юйла. Цуьнан дуткъачу нийсачу гаьннаш т1ехь гуш заза дара. Толлан заза, дешица кхелича санна, можа-ц1ен бос болуш хуьлу.

Оцу хазачу зазанна т1ехь шайн болх д1аболийра накхармозаша.

Халкъо дукха хьалха дуьйна пайдаоьцуш билгалъяьккхина дечиг ю талл. Хин хьерашна т1едог1учу татолийн бердаш т1ехь кхуьу таьллаш. Царна оьшуш дац хьена латта. Дагарца хадийна баьккхина сара а, хьокха а д1абоьг1ча денлой, сихха доккха дитт хуьлий д1ах1утту, шен даккхийчу к1оргачу орамашца бердан йистош ч1аг1ъеш.

Таьллийн генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш.

Б1аьсте! Ирзуш, тог1еш, некъан йистош, бошмаш, баьццара къорза куз тесча санна зезагаша хазйой хуьлу. Оцу баьццарчу дуьненахь инзаре дукха зезагаш ду шайн беснаш тайп-тайпана долуш. (154 дош)

Нохчийн литература

Мах хадоран г1ирсийн ФОНД

Тхан берзина когаш шелбала буьйлира, ч1ог1а хьоькхуш болу мох тхуна т1ерачу т1елхигех чекхбуьйлура. Т1аккха сан ши йиша хьалхачул а ч1ог1а елха йолаелира.

Тхо хевшина 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.

Хаза мехкарий бара уьш, т1еюьйхина башха куьцехь йина йовха бедарш а, коьрта техкина куц долу шляпаш а йолуш, т1ехула доьхкарш дихкина книгаш а карахъ. Ч1ог1а самукъадаьлла, вовшашка хабарш а дуьйцуш, схьадог1уш долу и зудабераш, ц1еххьана тхох б1аьрг а кхетта, девдда тхуна т1едаьхкира. Чехка хетта долийра.

– Шу х1унда доьлху?

– Дехаш-1аш мичхьа ду шу?

– Шун мама стенга яхана?

Воьхначу ас хала а, атта а царна дийцира, тхан мама нахана йолах бедарш йитта яхана ю аьлла.

– Шун ц1енош мичхьа ду?

Со д1асахьаьжира – тхан ц1енош гуш дацара.

– Цхьаъ яла еза кхарна, – элира зудаберех цхьамма. – Оля, хьоьгахь юй х1умма а?

Цхьана йо1а, шен кисна а кхевдина, схьаяьккхина ши кампет д1акховдийра Фатиме. Амма Фатимас д1а ца ийцира уьш.

– Х1ан ахь д1аэца, – йо1а кампеташ сан буйна йоьхкира. Кампеташ схьа а эцна, шина йишина д1аелира ас.

– Хьовсийша, уьш-м шелонна сенбелла! – элира Оля ц1е йолчу йо1а.

– Муха ца шелло хьуна – цхьалхха кучамашца, коьртахь х1ума а йоцуш, т1ехь пальтош а йоцуш.

Ой-й! – элира вукху йо1а. – Иштта муха мегар ду! Со цуьнга хьаьжира. Йо1а доккха садаьккхира. Т1аккха важа зудабераш а дуьйладелира даккхий синош даха, тхох шайн дог лозучха. Т1аккха, кхин бист а ца хуьлуш, вовшашка хьаьвсира. Схьахетарехь, тхох самукъа ца долура церан.

– Д1аг1о вай, – элира цхьамма вукху зудаберашка.

Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. Ц1еххьана сан б1аьрг кхийтира, бульваран дехьа йистера тхо долчу аг1орхьа схьаедда йог1учу, беркъа духар дуьйхина йолчу, шина зудчух:

– Сан бераш, сан бераш! – мохь беттара цу шиннах цхьамма. – Кхуза муха кхаьчна шу?

– Ма-ма! – мохь белира сан, цуьнан озах сайн нана йовза а евзина. Со г1анта т1ера охьашершина валале, тхан мамас 1ай ша кара а эцна, цунна т1е шен корталин т1ам тесира, Мамица яра цуьнан гергарло тасаделла йолу цхьа оьрсийн зуда. Иза а яра мехах нехан бедарш юьттуш а, ч1ог1а къен йоллуш а. Дукха оза, юьхь хебаршка а яхана яра иза. Амма ч1ог1а дог дика, къйнхетаме стаг яра. Цо Фатима караийцира, ткъа со, шело а, оцу дийнахь айса лайна бала а бицбелла, самукъадаьлла, сайн нанна улло а х1оьттина, д1авахара. (363 дош)

1. Тхан берзина когаш шелбала буьйлира. 2. Тхо хевшнна 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.

3. Чехка хетта долийра. 4. Кампеташ схьа а эдна, шина йишина д1аелира ас.

5. Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. 6. Балхара ц1а йог1у нана гучуялар.

7. Оццу минотехь ч1ог1а ирс долуш дара тхо массо а.

Арсанов С-Бей кхолларалла

Сих-сиха метта-мотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа 1ен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц, адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догц1ена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, 1едало хьаьстича я кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарах лечкъа дезара. Даима д1а сема, 1ожаллин дуьхьал х1отта кийча. Делахь а, дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. XIopa юьртахь а, г1алахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.

Цхьа доккха г1уллакх хилла, тахана Ведана герга веъна иза. Лаьмнашна юккъехь 1уьллучу х1окху жимачу к1отара. Готта цхьа некъ бу кхуза т1ебог1уш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа a г lop атталла г1аш кхуза вог1ийла а дац. К1отарна т1е а кхозаделла, нийсса ирахьлаьтташ мокхазан бердаш ду. Х1усамден ши к1ант ву и некъ сема ларбеш. Х1етте а, Зеламхин цхьа лерг ара ладоьг1на ду…

Товханахь йоккха летта ц1е йогу. Ц1арах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика яло. Делкъан ламаз а дина, чучча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас т1едиллина вирд доккхуш, хиъна 1а иза. Ша Далла 1амал еш, ерриг ойла Далла т1еерзайо цо. Амма х1инца, иза мел д1акъехко г1ертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха до1а а дина, суьлхьанаш маьнги т1е охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.

Зеламхаг1еран доьзал машаре бехара. Б1е цхьаъ шо хан йолу деда Б1аьхо а, да Гушмузукъ а, цуьнан виъ к1ант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бисолта а. Бисолтан итт шо бен дац. Зеламхаг1еран нана елча ялийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даима цамгарш лехьош, хьег1аш, эг1аза, 1аламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда ялоза вара. Деваша Хьамза а, цуьнан ши к1ант а вара. И шиъ шичой бу, аьлла, дага а ца дог1ура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.

Зеламха обарг волучу хенахь, цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. Гушмузукъан а, Хьамзин а доьзалша бежнаш, уъстаг1ий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош т1ехь хьаьжк1аш, кхоьаш, г1абакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна т1ера даьлла ялта 1аьнах бовла а ца тоьара царна. Дохнан дохкуна духкуш, ялта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. Х1окхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, юккъерчу т1ег1анахь бехара. (380 дош)

1. Зеламхас метта-мотт хуьйцура. 2. Адамаш тайп-тайпана ду.

3. Зеламха Ведана к1отара веъна. 4 Иза дика 1алашво х1усамдайша.

5. Зеламхаг1еран доьзал. 6. Обарган ойланаш.

7. Доьзало хьанал къахьоьгу.

Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллех лаьцна

Чурт санна лаьттинарг

Поэт, суртдиллархо, яздархо – церан кхолламан оьмар еха ю. Церан кхоллараллин мехалле хьаьжжина, масийтта б1ешерашка яхло иза. Заманаш, б1ешераш хийцадаларх, кхолларалла яха юьсу, адамийн синкхетамна т1е1аткъам а беш.

Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта тема Даймахкаца йоьзна ю. Дуьнен чохь йоккхучу ханна марзо эца ша ца ларийна болу Даймохк кхуллу Гадаевс шен поэзехь. Поэтан кхоллам язбелла хилла махках хаьдда ваха, гуттар Даймахке сатуьйсуш хила – уггар боккха лазам – ша дан леринарг кхочушхиланза дуьсуш.

Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилла ца 1а иза – шозза махках ваккхар нисделла цуьнан, дуьххьара шен халкъаца, юха халкъах, гергарчарах къаьстина. Кхоллараллин стагана миччахь карабо шен синна Даймохк – хийрачу махкахь а, набахтехь а, шен дагалецамех а кхуллу цо шена иза.

Даймахках къастар, махках валар – иза географица доьзна дац, я меттиг хийцарца. Даймохк адамца шеца бу, цуьнан ц1ийца, орамашца, цуьнан г1иллакха, ойланашца, 1ер-вахарца.

Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта 1аткъам бу Даймахках къастар.

Дуьнен чу муьлхха стаг шен дахаран бакъо йолуш вог1у: цхьана х1уманан да хилла (шен доьзалан, шен ц1ийнан, шен мехкан). Шен дахарехь да хилла вахар дезна волчу Гадаев Мохьмад-Селахьна уггар хала адаман сий лахдар хилла. Шен къоман да х1оьттичий бен ца кхуьу оцу къоман культура – да воцчохь, даймохк хуьлуш а бац, хьайн махкахь хьо велахь а.

Поэт шен синк1оргалле мел кхевди а, цунна шен дешархочунна т1ебоьдуш болу некъ карабо, цуьнан ойла йийсаре а еш. Оцу стихотворенехь автора айеш йолу тема – Даймахке сатийсар, Даймахках болу лазамаш, цунах болу дагалецамаш тахханалц вайн къоман дог 1овжош ю.

Къонахчун Даймахкал деза дуьнен чохь х1умма а дац, къонах ша – Даймохк бу, мехкан да. Цуьнан г1иллакхаш, мотт, 1адаташ, 1ер-дахаран сурт-сибат, амал – иза дерриг цхьаьна – Даймохк. (383 дош)

1. Поэтан кхоллараллехь коьрта тема . 2. Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилар .

3. Шен дахарехь да хилла вахар дезнарг . 4. Гадаев Мохьмад — Салихьан кхоллараллин символ .

5. Чурт – иза теш ду хиллачун . 6. Поэтан кхоллам шен къоман кхолламах боьзна хилар .

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урок д1аяхьар.

Мотиваци

Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?

Художник вовзийтар

Исбаьхьаллин сурт гайттар

Суьртан анализ яр

Сочиненина кечам бар

Словарни болх бар

Сочиненин план т1ех болх бар

Рефлекси

  1. Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.

Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.

-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?

4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?

Петр Захаров

1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.

Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.

1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.

1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.

Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.

1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.

Пейзаж- 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю. Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву.

Портрет- адаман сурт.

Портретист — адаман суртдиллархо ву.

Натюрмотр- чохь са доцучу х1уманийн сурт Зоьзан тайпанаш

Ель – база

Сосна – зез, бага.

Кедр-кедр

Пихта-пихта

— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?

Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.

— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.

Хенан х1оттам

Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?

Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.

Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?

— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.

— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?

— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.

Диттех.

Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.

-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?

Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.

— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.

— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.

Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?

-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.

Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?

Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?

Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.

Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.

Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.

-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.

Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?

-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.

1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.

Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?

— Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.

Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?

Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.

  1. План х1оттор:
  1. Исбаьхьа де.
  2. Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
  3. Бос лепа ховха ло.
  4. 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
  1. Г1оьнна дешнаш

Бамба санна ховха ло

Т1емаш даржийна кхозу генаш

Буьрса хьун

Екхна стигал.

Инзаре-хаза хьун

Дашо малх

Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.

-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?

-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.

-Царах муьлха роль хазахийти шуна?

-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?

  1. Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.

Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.

Урок д1аяхьар.

Урокана кечам бар.

Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?

Урокан план :

Художник вовзийтар

Исбаьхьаллин сурт гайттар

Суьртан анализ яр

Сочиненина кечам бар

Словарни болх бар

Сочиненин план т1ех болх бар

Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.

Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.

-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?

4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?

Петр Захаров

1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.

Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.

1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.

1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.

Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.

1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.

Дешнех кхетам балар.

Пейзаж- 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист- 1аламан суртдиллархо ву.

Портрет- адаман сурт.

Портретист — адаман суртдиллархо ву.

Натюрмотр- чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш

Сосна – зез, бага.

Суьрта т1ехь болх.

— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?

Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.

— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.

Хенан х1оттам

Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?

Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.

Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?

— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.

— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?

— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.

Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.

-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?

Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.

— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.

— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.

Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?

-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.

Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?

Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?

Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.

Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.

Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.

-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.

Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?

-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.

Читайте также:

      

  • Зачем нужна орфография сочинение
  •   

  • Верю ли я в гадание сочинение
  •   

  • Сочинение на тему совесть пример из жизни
  •   

  • Церковь в овере сочинение
  •   

  • Отдых молодежи в россии и великобритании сочинение

Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча. Мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.Нана-хьо дика ю,дог-йовхо хьоьца юХалонна к1елхьара бералла ахь доккху,Хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярахНана,Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш,цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:- Сийлахь Нана! Хастам хьуна!Берийн доьха яьхна хьо!Генах хиларх, тхаьш мацделча,Хьан комаьрша куьйгаш го.Нана, хьан юьхь т1ера хершнаш-Уьш хьан берийн некъаш ду.Хьан камаьршой,къинхетаммий,Хан мел ели, хьекъаш ду.Ялсамане, цхьанхьа елахь,

метки: Доьзал, Чеченский, Марзон, Хиларх, Ненехь, Цуьнан, Маьлхан, Ларбеш

Сочинени: «Сан хьоме нана!

«

Хьоьца бен дагана ца хедаш йовха яц

Хьомечу Даймахках- нана-мохк алар а,-

Ду хьуна хьан безам бух боцуш хиларна

/Мамакаев М./

Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»

Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча. Мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

1 стр., 478 слов

Сочинение ешначех суна угар дукха еза книга

… ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу … Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь: — Адам! Ларлуш охьавосса, — аьлла хезира суна сайн ненан … цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, …

Нана-хьо дика ю,дог-йовхо хьоьца ю

Халонна к1елхьара бералла ахь доккху,

Хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярах

Нана,

Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш,цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:

— Сийлахь Нана! Хастам хьуна!

Берийн доьха яьхна хьо!

Генах хиларх, тхаьш мацделча,

Хьан комаьрша куьйгаш го.

Нана, хьан юьхь т1ера хершнаш-

Уьш хьан берийн некъаш ду.

Хьан камаьршой,къинхетаммий,

Хан мел ели, хьекъаш ду.

Ялсамане, цхьанхьа елахь,

Ненан когаш къелахь ю.

Нана резайинчу беран

Делахь ялсамане а ю!…

нана ю кхерч бовха латториг, доьзал эхь-ийманехь кхиориг. Нана йоцу доьзал декъаза хуьла шеен сица, беркъа хуьлу цуьнан 1ердахар, сингаттаме хуьлу цуьнан 1уьйренаш, суьренаш. Вайна дахар деллачу, ахьна мотт 1амийначу Нанна хьалха х1окху дуьненахь мел деха декхар ду вай. И декхар такха деза вай, ненан дог хьостуш,

Дела, ахь баха бехьа массо берийн наной. Ма дукха ду-кх ненах ала а, дийца а. Дийцарх кхачор а доцуш,ладег1арх к1ордор а доцуш дукха ду.

Ненах ас еш йолу ойланаш ерзайо аса х1окху байтаца:

Къинт1ера ялахьа ,нана

Хийла хьайн дог дохош лелла со хиллехь

Цкъа елалохьа хьо , нана

Даима ирс долуш дехийла вай цхьаьна!

  • Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1 ора меттиг шех лаьцна дийца к1 ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1 овг1 анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
    Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1 ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1 оман цхьа шатайпа хазалла.
    Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1 адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1 аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1 аьргашна хьалха х1 оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1 ан дара. Суна моьттура: ” Х1 инца ас б1 аьргаш схьадиллича, со сайн ц1 ахь хир ву, сайн лехамашкахь”. Гуш дерг г1 ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1 улгаш гуш, ц1 ена. И хина 1 уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1 аьрг тоха, хьайн деган к1 айле йийца гено лаьттачу б1 аьвне. Лекхачу орцана т1 е хьалавелира со.
    -Эх1, хьан аьлла х1 аваан чам бац, бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1 аваъ.
    “Э-е-ее-е-й!” – аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1 алецира со. Оцу аьхначу х1 авао лахдира сан к1 адвалар, д1 аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1 алашо – б1 ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1 ехь цхьаццаммо, аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1 е яз а йина. Б1 аьвнийн пенаш б1 ешерашкахь я мохе, я т1 еман ирчалле гор ца х1 оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1 иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1 овг1 анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1 инца деса ду пенаш а, б1 арзделла деса кораш а.
    Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1 ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1 енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1 ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
    – Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1 аваха, йита х1 ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1 ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
    Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: ” Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1 ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца, б1 аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1 аьрзе, 1 аламах хаьдда. Г1 ой вай Къоьзан-1 оме, б1 аьвнийн туьйранашка ладог1 а. Некъ дика хуьлийла вай.

  • Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.«Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:- Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

  • Дезна суна лекха лаьмнаш
    Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
    ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
    Сан Даймахкан аматаш…
    Со бер долчу хенахь дуьйна, боккха лаам бара сан, цкъа вахана Даймохк бустуш, Нохчийчоьнан массо меттехула, вайн лекхачу лаьмнийн, тIехь хьаннаш кхуьучу раьгIнийн исбаьхьа, хаза меттигаш йовза а, уьш сайн бIаьргашца ган а. Цаьрга доггаха хьажа лууш, Iаламо дIавоьхура шен цIена хIаваъ мийла. ТIаьхь-тIаьхьа дог карзахдуьйлура, и сан лаам кхочушбан лууш. Хийла байташ а язйора ас, цу лаьмнех лоций, геннара схьагучу хьесапехь, ойлано хьийзош. Амма и сан деган лаам кхочуш ца хуьлуш, гIан санна сиха дIадевлира сан бераллин шераш. ГIеметта а хIоьттира со, изза ойла хийца ца луш, дахаро лаьцна, къинхьегаман хьаьттахь белхалошца йохьалле вуьйлуш, доккха зеделларг лоьхуш.
    Амма кхин а чехка уьдура денош, дагардан а ца ларош, хIора а шарахь бIаьстенаш йохкуш лаьмнашка ваха.
    Иштта и лаам кхочушбан йиш ца хуьлуш, сан 40 шо а дуьзира, цул тIаьхьа махка тIом беъна хаьрцира ас йохаллехь хала йоьттина сан сатийсаман гIала. Сан халкъах хьаьрчира къизаллин бала. Кеманаша бомбанаш чу Iенош, маьI-маьIIехь херцара цIенош. Лаьмнашкахь декара дур-р. Ткъа, лаьтто, хIоъ-молхий худуш, шена тIеоьцура лазар. Лаьмнаша, шайн дера чевнаш а лечкъош, шаьш кура латтарца, ир-кара дохура дог. Амма, сан кийрахь лозура и.
    Хьомсара сан Даймохк
    Суо ирсе хета,
    Хьо мел бу вехаш ву
    Дуьненчохь со.
    Хьуна мел кхоьссинарг
    Сан дагна кхета,
    Сан дог а лазадо
    Лазийча хьо…
    Амма, шеко йоцуш, тешара дог Даймехкан балийна мел делхахь а кийрахь. Собаро са дууш кхехкара яхь. Тешара Даймехкан хиндолчу ирсах, бIаьстенан юьххьехь цо шен заза доккхург хиларх. Чекхбелира хьалхара тIом. Сан лаам кхин а совбелира лаьмнашка ваха. Лаьара оцу лаьмнашна хилла чевнаш ган, йовза. Царна тIе къинхетаме бIаьрг а хьажош, сайн бIаьргашца ган.
    Хьалхара сан лаам кхочушхилира 1998-чу шеран 8-чу августехь дуьйна кхо-де-буьйса лаьцна.
    Тхешан жамаIатан маьждиге лелаш болчу накъостех пхийттех стаг вовшах а кхетта (со массарел воккханиг а волуш), цигахь даго дечиган бист кхаччалц юург-мерг а кечйина, масех машенахь хьаладахара тхо.
    Тхо духхьара шина регIана юккъе дулучохь, Сиржа-Эвлан йистехь, обарг Зеламхана, шен говраца цхьаьна йоьгIна йолчу памятникана уллехь суьрташ дахийтира оха. Цул тIаьхьа Хорачу кхаьчча Зеламха ваьхначу метте а, ломахь и дIатарвелла Iийначу, хара йолчу лома а хьаьвсира тхо. Тхоьца видео-камера а, сурт доккхург а, турмал а яра.Цигара Къоьзана Iома тIе хьаладахара тхо. Суо Дала дуьнен тIе ваьккхичхьана сайна ур-аттала гIенах дуьхьал а ца тесна йолу хазалла гира суна цигахь. Дуьненан ялсамани хийтира суна цигара Iаламан сурт. Ма-дарра цуьнан сурт хIотто говзалла а ца карайо суна. Делахь а, тхайн хилларг-лелларг хьахо хьожур ву со.
    Хьалха, “Турбаза” хиллачу меттехь волейбольни майданахь четар а тоьхна дIанисделира тхо. Дуьххьара тхайн лулахой муьлш бу хьаьвсира тхо. Уьш бара тхо санна садаIа баьхкина, цхьана агIор Куршлойн-Эвлара а, вукху агIор Йоккхачу АтагIара а кегийрхой. Цу уллохь хIун юрт ю-те аьлла машенахь дахча, гена йоццуш, Хой цIе йолуш, бIаьвнаш а йолуш, жима кIотар а яра, шена чохь бехаш кIеззиг бахархой а болуш.
    Иштта даккхийдерца дIаелира тхан дуьххьарлера буьйса а. Пхьуьйра ламазана молла а кхайкхина тхо жамаIат ламазана дIахIитта дагахь долчу хенахь, Iаламат, суна цкъа а ца хезначу хазачу мукъамехь, гондIахьарчу лаьмнаша тIаьхьара олуш санна, цхьанхьара зевне декарца, молла кхойкхуш аз тIедеара тхуна, Къоьзана Iомана дехьара схьа. ЧIогIа сакIамделира тхан цига даха. Амма, гондIара меттиг дика евзаш цахиларна, тIехIоьттинарг буьйса а хиларна, и лаам кхочушбойла ца хилира тхан.
    Хьалхара буьйса чIогIа шийла еара (я тхуна хетара а хаац дуьххьара лаьмнашкахь долу дела). ШолгIачу дийнахь уггаре а хьалха, хи чохь долчу пийсиг хьокхучу лодкаший, пидалаш хьовзочу “катоморанкиний” тIеховшалуччул тIе а хевшина, Къоьзана Iома дехьарчу бердаца садоIуш болчарна тIедахара тхо, сийсара хаза молла кхайкхинарг вовзар Iалашо йолуш. Иза хиллера Хьиди-КIотарара баьхкинчаьрца, Дела реза хуьлда цунна (цуьнан цIе йицъяларна бехке ву со).
    Шен хьеше довха куьг кховдош,
    Вайнехан гIиллакх ду тоьлла.
    Хьешаца ца хилла дов, дош,
    Лийрина бехке ву аьлла.
    Даиман беркат а хеташ,
    Сан дайша лийрина хьаша.
    Хьешана, шенна цIа кечдеш,
    Я цунна ца кхоош кхача…
    Нисса тхо ламазана тIе доьрзуш болу, къилбехьа агIор 800 метр лекха хир болу, шена тIехь хьала кхуьуш диттийн кондарш а йолуш (хьалха цу тIехь цкъа а ца хилла боху дитташ) сеналлица кхелина болу исбаьхьа хаза лам, бийца, цуьнан ма-дарра сурт хIотто басар карор а дацара. И хаза лам болу агIо хIинца а суьйлашца кхоччуш доза къастийна а яц, бохуш дуьйцура турбаза лаьттинчохь хехь волчу цхьана воккхачу стага…
    Цкъа а дицлур дац суна оха цигахь самукъадолуш даьккхина кхо де-буьйса. Ткъа жималла а, могашалла, шегахь похIма дерг-м муххале а Iалур варий Даймахках лаьцна довха дош ца олуш? Iалур вацара, хьанора! Я со а ма ца Iавелира, цунах дага ца ваьлча.
    Хьажахьа, вайдаха,
    Хаза-м бу Даймохк!
    Даим и хилла-те
    Иштта хаза?
    Дог хьостуш тIехьоькху
    Юьхьдуьхьал бай мох,
    Исбаьхьчу бошмаша
    Доккху заза.
    Буьйсанна батто шен
    Нур хьоьрсу хьуна.
    Малхо шен зIаьнаршца
    Лийчабо хьо.
    Илланчийн пондаран
    Аз ду хьо суна.
    Хьо безар марзонна
    Сакъерало.
    Хьан цIена хIо мелча,
    ДегIехь ницкъ деба.
    Шовданах къурд бича
    Хьогалла йов.
    Хьан стоьмийн хьурматех
    Синош ца Iеба.
    Хьан лаьмнийн догIа ду,
    Ламанан бIов.
    Хьовсийша, вайдаха,
    Хаза-м бу Даймохк.
    Даим а хилла бу
    Иштта хаза!
    Сил аьхна схьахьоькху
    Юьхьдуьхьал байн мох.
    Де-дийно кхин хаза
    Доккху заза.
    2-гIа дакъа
    Лечкъош йина дера чевнаш,
    Курра лаьтташ ду сан лаьмнаш
    Сил-сил хилла юьйцуш хенаш
    ГIаролехь ю царна бIаьвнаш…
    Цул тIаьхьа елира шо гергга зама.
    1999-чу шеран, аьхкенан юккъерчу баттахь, тхо юха а вовшахкхийтира лаьмнашка даха. Амма, хIинца кхечу агIор боьду некъ бара оха юьхьарлаьцнарг. Тхо, Дуби-Эвла тIехьа юьтуш, чудуьйлира Орган чIож мадду некъ беш. Кхечира Шуьйта, Итум-Кхалла, иштта Органца мел йолчу юьрта а. Дахара Нохчийн-Гуьржийн доза къаьстаче кхаччалц. Амма, садоIуш севцира дозанера масех километр лахахьа а девлла, цхьана ломах схьадуьйлучу шовдана йистехь. Толлура оха тхайна хазаделлачу лаьмнийн лакхенаш, кхача гIерташ церан баххьашка, дукха хьолахь и тхан лаам кхочуш хуьлура.
    Цхьана дийнахь, цхьа лекха лам боккхуш, бIаьвнаш йолчу тхо хьала девлча, уггаре а лекхачу цхьана ломан бохь тIе йоьгIначу нохчийн байракхна тIе кхечира тхо. Иза хиллера Иорданера вайн махка хьошалгIа веанчу цхьана нохчийчо йоьгIна. Ткъа дехьо, хьалхалерчу заманахьлера кешнаш а дара, бIаьвнаш санна тIулгех доьттина, шайна чохь, шина а агIор терхеш а йолуш. Цу терхеш тIехь баккхийчийн а, берийн а нисъеш охьаехкина деллачу адамийн чалхаш а йолуш.
    Бераллехь дуьйна хилла болу сан сатийсам кхочушхиллера. ХIинца суна сайл ирс долуш цхьа а ца хетара дуьненахь. Со сайн лаьмнех, Даймехкан лаьттах а воккхавеш, маьршша лаьттара. Хетара суо Даймехкан дега юккъехь байракх санна лаьтташ ву.
    ХIинца ву-кх со сайн Даймахкахь хецна дош ала йиш йолуш. ХIунда аьлча, суна чIогIа беза вайн Даймохк, еза цуьнан исбаьхьа аренаш, цуьнан сийна хьаннаш, цуьнан нуьцкъала лаьмнаш, цуьнан хих дуьзна татолаш.
    Цуьнан гIаланаш, ярташ, цу чохь мел деха миска адамаш. Цуьнан хIора маьIиг а, иза мел генахь елахь хьоме а гергара а ю суна.
    Вайн Даймохк – иза Вайнехан сийлахь, боккха доьзал бу, керла а, ирсе а дахар хIоттош болу.
    Эзарнаш миска адамаш леррина де-дийне мел долу, хьанал къахьоьгуш ду вайн лаьтта тIехь, и лелош, дерзош а.
    ЦIена, сирла ду вайн Даймехкан хиш – хьостанаш. Лаьтта бухахь Iаьржа деши хиларца, чIогIа хьал долуш а бу, шена тIехь дIайийнарг кхуьуш, беркате а бу. Шена чохь дуккха а эвлияаш бахкийтина, Дала дика дина мохк бу вайн Даймохк.
    Рицкъанаш мел генахь хилахь а, каш шена чохь хила хьакъ долуш бу иза. Кхузахь а кхо де-буьйса даьккхира оха. Лекхачу лаьмнийн Iалам а дара дийцина ца валлал исбаьхьа, хаза. Амма ойлано юха а хьаьвззий Къоьзана-Iам болчу вуьгура со. Дуьхьал хуьттура цигара исбаьхьа сурт. Лерехь лаьттара Хьиди-КIотарарчу жимачу стага хазачу мукъамехь ламазана кхойкху молла. Ткъа хIоккхехь, Органо чIуг етташ, чугIерташ санна, декадора шен чIогIа аз.

  • Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
    Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.
    Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.
    -Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.
    «Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.
    Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
    – Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
    Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

  • Мамакаев ?аьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Нёврехь. Мамакаев ?аьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Тоьллачех нохчийн классикан литературан векал а вара иза. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. 1930-г?а шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира. Цигахь болхбечу хенахь, драматургийн курсашка а лийлира.
    Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». 1941-чу шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла дуьххьара чувоьллира. Кхело теллинчул тIаьхьа, бехке вац аьлла арахийцира иза. Цул тIаьхьа цо болхбира Нохч-Г?алг?айн яздархойн бертан коьрта хьехамча. Цу хенахь Нохч-Г?алг?айн драман театро х?оттийра цуьнан ши пьеса: «Оьг?азло» а, «Таллар» а.
    Вайнах ц?ера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. ХIинца иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. Иза «Къинхьегаман Байракх» газетан зорбане балха дIахIоьттира.
    1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчу юхавийрзира Iаьрби. Ала догIу, кхело хьалха иза бехкевинчу бехках цу шарахь бакъвинехь а, иза реза ца хилира коммунистан партин тоьшаллан кехат юха схьа эца. Компартино шена а, шен къомана тIехь дина тIайзар гоч ца даран тоьшалла хетало иза. Цундела, цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамиров Абузаран цIахь.

  •     Даймохк
    Даймохк, хьоьга дагар дуьйцуш,
    Къайлах безам белхабо,
    Лекхчу лома буьххье вуьйлуш,
    Дог ца 1ебаш, хьоьжу со!
    Лекха лаьмнаш, шира хьаннаш,
    Органа т1ехь хьийза дохк.
    Эшарш хеза, декош 1аннаш,
    Мел ирсе бу сан Даймохк!
    К1орге 1инах со мел вуьйли,
    Т1етта ч1аг1ло эшараш.
    Кийра 1абош ас хи муьйлу,
    Мел чомехь ду шовданаш.
    К1ад ца луш ас йоху г1улчаш,
    Хьийзаш олхазарш а гуш.
    Т1ома вала, т1емаш хилча,
    Мархийн болар хаалуш.
    Яздина дац суна Дала,
    Кхерсташ лела х1аваэхь.
    Воккхаве со, гуш сайн 1алам –
    Зарзар декаш дитта т1ехь…
    Вайн Даймехкан кхане хазъеш,
    Кхуьуш бу вайн мехкарий.
    Мостаг1чух вайн Даймохк ларбеш,
    Г1аролехь бу къонахий.
    Д1адийначохь кхуьу ялташ,
    Иштта стоьмаш, хасстоьмаш.
    Д1асахьаьжча гуш ю ярташ –
    Бертахь деха адамаш.
    Сан Даймахкахь х1ора 1уьйре
    Йог1у, дохьуш шеца ирс.
    Дехар ду вай, ч1аг1ъеш уьйраш,
    1алашбеш вайн дешнийн г1ирс!
          ***
    Соьлжа-г1алахь дахар кхехка.
    Къинхетаме хьаьжна малх.
    Машенаш шайн хоьхкуш чехка,
    Карзахбевлла кегий нах.
    Корта бахон молха молу,
    Т1аьхьенна яц ойла еш…
    Машенашца «т1ома бовлу»,
    Шайн болчаьрна бала беш…
    Шу х1ун лоьхуш лела теша?
    1ожалла ю лоьхург аш?
    Нахана беш боккха иэшам,
    «Хенал хьалха» доккхуш каш…
    Я ца тоьа техьа вайна,
    Т1амо х1аллакбина нах?
    Я хууш дац техьа шуна –
    Г1ело лар а Сибрехахь???
    Сонталла а юссий даг т1е,
    Хохку… маьрша стаг а вуьйш…
    Декъазчарна 1арждо «к1айн» де,
    Нанойн белхарш дац-кха туьйш…
    Минотана сецна доцуш,
    Хаддаза «болх беш» ду шайт1а.
    Куралла цо даг т1е йоссош –
    Цуьнга аш шаьш къар ма дайта…
    Собарде цкъа. Сих ма луо шу,
    Ойлае, адамаш, х1ай!
    Деле доьхуш лардар вуочух,
    Бертахь, ирсе дахий вай!
       Т1аьххьара горгали
    Т1аьххьара горгали
    бекна вай къаьсташ,
    Эр ду ас, дог 1овжош,
    т1аьххьара дош.
    Т1аккха тхо д1аг1ур ду,
    дахаро хьоьстуш,
    Тхайн ойла стигланан паналле хьош.
    Цхьайтта шо д1адаьлча
    ишколах къаьста,
    Мел къаста ца лууш хьийзарх а вай.
    Ишколехь д1аяьлла
    тхан цхьайтта б1аьсте,
    Ишколан корера тхан чиркх д1абай.
    Дахар – и къиза ду. Хууш дац хьанна?
    Мел ч1ог1а дезарх а, дуьне ду – харц.
    Ткъа тахна тхуний бен,
    хууш дац цхьанна,
    Муха ду, ловш латта
    ойланийн дарц…
    Ойланехь кхоллало дуккха а хеттарш:
    «Муьлхачу аг1ор
    д1ахьаьвзар те некъ?!»
    Цундела дитина х1ораннан хетарш,
    Коьртаниг – халонех довлар ду чекх.
    Ойланийн дохк а ду
    кхетамах хьерчаш,
    Ц1еххьана кхийти
    цу дахкарлахь ткъес –
    Дахарехь хиллаче чкъург юхакерча,
    Меттахадохуш  иэс:
    Тхо кхийти… Кхин цкъа а
    йиш ма яц дахка,
    Дешархой хилла кху ишколе схьа.
    Тхо хьалха дитина шианнаш дахкарх,
    Г1ертар дац ц1ера дарс дийца а д1а…
    Хьехархой! Х1оразза
    шун ц1е а йоккхуш,
    Т1етта а сов юьйлу дегнашкахь ц1е.
    Цу дагалецамо дог карзахдоккху,
    Ткъа тахна биснарг бац даглецам бен.
    Аш тхуна хийлазза хьехарш ма дора,
    Лууш тхох хилийта яхьйолу нах.
    Ткъа тахна лаьтта тхо,
    кхачийна г1ора,
    Х1еттехь ца бовзарна
    цу дешнийн мах.
    Делахь а дайна дац и хьехарш доьза,
    Дуьнен чохь мел деха, тхоьца ду уьш.
    Ишколехь 1ийна вай
    хилла цхьа доьзал,
    Ирсечу б1аьргашца сатийсам гуш.
    Мел дукха дешнаш ду х1ораннах ала,
    Кху цхьайтта шарахь а
    ца хилла дерш.
    Маржа я1, йиш хилча дешица кхала,
    Хьомечу хьехархойн
    исбаьхьа ц1ерш…
    Цундела тахана тхан а ду хьехар,
    Ишколехь т1екхуьъчу
    т1аьхьенна дан:
    «Бух боцчу ловзаршка ма дайта 1еха,
    Ма яйа эрна аш бераллин хан.
    Ишколан дахарна юьстах ма латта,
    Ма хила, доттаг1ий, заманан лай.
    Ишколан доладан ца хиларх атта,
    Дош дац-кха шайн школехь
    шу бацахь дай…»
    Т1аьххьара ишколах
    къаьстачу дийнахь,
    Массеран ц1арах а ч1аг1о йо ас:
    Замано мел дахарх вовшашна гена,
    Йицйийр яц тхайн хилла
    самукъне класс…
    20.05.2015 г.
    Нохчий
    Атта дац-кха болат дахчон,
    Цул а хала – къарван Нохчо.
    1азап, бала шортта лайна,
    Халонаш а дукха яйна.
    Мел висарх а дайна г1ора,
    Х1оьттина вац цкъа а гора.
    Гора я1, самаьрша нохчий,
    Ца лехна аш ахчий-бохчий:
    Х1ора гурахь латта охуш,
    Хастамаш а Далла бохуш,
    Тоьаш баьхна, хиларх миска,
    Яа хилчахьана сискал…
    Нохчашна шаьш хетта ирсе,
    Б1аьрг тоха йиш хилча ирзе…
    1алашбойла везчу Дала,
    Нохчий, кхин ца гойтуш бала.
    Майра к1ентий, мехкарий,
    Ца дайинарш мехкан сий!
    Вайнах №7-8, 2015

  • Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Саудовская аравия готова к снижению мировых цен на нефть егэ
  • Самыми древними сочинениями дошедшими до нас являются веды с переводе с санскрита слово веды значит
  • Сау бул мэктэп сочинение
  • Самыми гуманными профессиями егэ
  • Сатурнианский экзамен что это такое