Сан г1ала сочинение

Сан
жима Даймохк – сан Соьлжа-г1ала

         Дукха ю дуьненчохь г1аланаш,
дукха ду царна  чохь дехаш адамаш а.  Массарна а  еза  ша вина меттиг, хьоме
ду  ша кхуьуш долу латта а.  Сан г1ала, сан жима Даймохк – иза Соьлжа –г1ала ю.

Суна кино чохь бен ца гина кхин г1аланаш,
кхин пачхьалкхеш а. Амма со тешна ю цхьанна а меттехь сан мохк санна хаза мохк
а , хаза  г1ала а хир  цахиларх!

       Со Соьлжа-г1али йистехь 1аш ю. Кест
–кеста  сан нанас дуьгу тхо цу г1али юккъе. Х1оразза а дуьххьара гуш санна хета
суна цуьнан зезагех 1ена бошмаш, сада1а йина паркеш, ялсаманехь санна ц1ена 
урамаш!  Ткъа стенца дуста деза «Нохчийчоьнан дог» аьлла ц1е тиллина долу,
ерриг Европехь шех тера  кхин хазаниг доцу маьждиг! Ца 1ебаш хьоьжу со деших
кхелинчу цуьнга!  Хетало, со цхьана туьйранахь бен ца хуьлучу паччахьан шахьаре
кхаьчна. Дог шелло «Грозный – сити» олучу г1аланашка хьаьжча. Суна сайн
дахарехь ца гина уьш санна лекха а, хаза а г1ишлош.  Дукха ю иштта шайна т1е
къаьсттина  тидам бохуьйту меттигаш. Йийцина вер вац сан г1алин исбаьхьалла. 
Амма  и цхьа а х1ума а хир дацара и ерриг хазалла шайн  куьйгашца кхоьллина
болу сан г1алин бахархой а, вайн къомах а, махках а дог лозуш болу вайн  къоман
дика нах а  ца хиллехьара. 

         Хаза бу вайн мохк а! Хаза ю вайн
г1ала а! Амма цу массо а х1уманел хаза а, дика а ду нохчийн къам, шайн хазачу
г1иллакхашца, оьздачу маттаца, доьналлица  вайн  Даймохк кхин а хазбеш долу!  

      Со йоккхае сайн г1алех, йоккхае сайн
къомах, дозалла до суо нохчи хиларх!  Теша, мел гина долу вуонаш дицдеш,
нохчийн къам  ирсе дехар хиларх.

    Ехийла хьо, сан  Соьлжа – г1ала, эзар
шарахь, кхин т1ом ца гуш, хьайн берийн делхар ца гуш!

Хьан хазалла санна, ирсе хуьлда хьан яхар!

Тема: «Сан г1ала» 1адиз Кусаев.

1алашо: «Сан г1ала» ц1е йолу 1.Кусаевн байт йовзийтар; нийса а , шера а, кхеташ а еша 1амор; даймехкан сийлалийн мах хадо а хуаш, иза дукха а безаш дешархой кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш:

дешархошна хаьар ду байтийн чулацаман мах хадо; хезаш еша « белхан план х1отто,ешаран 1алашонаш йовза; Берашна 1емар ду диканиг довза, вочух ларвала.Бераша ойлайир ю шайн г1алех а , махках а долу дозаллех.

Билгалбаьхна кхиамаш:

Бераша шайн белхан план х1отто хаьар ду; берашна 1емар ду шайна хетарг ала, вовшех дагабовла; берашна хаьар ду кхеташ ч1ога , хезаш еша, берашна хуур ду къастош еша, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

Аг1о 92-93 еша

2.1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени йоьшур ю вай Тахана?Х1ун болх бийр бу вай иза толлуш?

-Суна евзарю..

Суна 1емар ду..

Суна хуур ду..

-Вай тахана йоьшур ю «Сан г1ала» ц1е йолу 1адиз Кусаевн байт

3.Мотт шарбарехь болх бар.

-Д1адеша чехкаалар меллаша, т1аь-т1аьха чехкадовлуш.Д1агахь ала.

Букъ к1айн къиг, мукъ буткъа урс

4.Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо д1айоьшу «Сан г1ала» ц1е йолу 1адиз Кусаевн байт.

аь)Чулацамах лаьцн къамел дар.

-Стенах лаьцна ю байт?

-Стенца дусту яздархочо г1алийн хазалла?

-Хьа дуьллу г1алийн чу дог? Муха кхета шу цу дешнех?

-Шу хилли вайн г1али чохь?

— «Седарчийн гулламца къийсалуш кораш ду» бохучух муха кхета шу?

-Х1уда мегар ду вайн г1алех вай дозалла дан?

-Дийца шайн вайн г1алийна уггаре хазахетарг?

5.Сада1аран миноташ.

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, —

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, цасоцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

6)Керла тема кхин д1а ахьехар.

а))Бераша д1адоьшу «Сан г1ала» ц1е йолу 1адиз Кусаевн байт

—Стенах лаьцна ю стихотворени?

-Д1абеша байтан т1аьххьара барх1 мог1а.

— Дийца, царах муха кхета шу.

7.Рефлекси.

Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?

Суна евзи…

Суна 1еми..

Аса д1айиши..

8.Жам1 дар.

-Муьлха байт д1айиши вай?

-Стенах лаьцна яра иза?

-Мила ву цуьнан автор?

9.Ц1ахь бен болх .

Аг1о 93-94 дагахь 1амо.

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/485431-konspekt-uroka

МУНИЦИПАЛЬНОЕ  БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ  УЧРЕЖДЕНИЕ

«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»

НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА

ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ

https://avatars.mds.yandex.net/get-zen_doc/1888829/pub_5cc78562c3a10000b59aad6f_5cc785d1a8ac8300b3491be0/scale_1200

Сочинени

Нохчийн маттах,

нохчийн маттахь…

Язйинарг: Тунжаханова Сати

10 –чу классан дешархо

Сочинени

Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…

                                          «Мерзачу озаца сан амал lехош,

  нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу…»

Мотт- иза Даймахко адамна, цуьнан дахар долалуш, иза чекхдаллалц луш болу г1ирс бу. Мотт- иза адамна гонахара дерг, шен чоьхьара дуьне довза а ,кхечарна довзийта Дала делла ни1мат ду. Мотт- иза туьйранехь дуьйцуш долу,ерриг не1 йоьллуш долу дог1а ду.

Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?

 Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.

Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.

Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.

 Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.

Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.

 Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.

Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.

Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун  Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац!!!» Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.

Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).

Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.

 — Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.

-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.

C:UsersAdminDesktophello_html_m2ff01c2e.jpg

Ответ:

курсов

Скрыть

Международный конкурс по экологии «Экология России»

Доступно для всех учеников 1-11 классов и дошкольников

Подать заявку

Открыто внесение

ответов!

Оргвзнос всего 25 РУБ.

Г1иллакх- иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду.

Суна хетарехь г1иллакх х1ора стеган а шеен сица хила дезаш ду, шамиччахьвелахь а лардандезашду. Г1иллакх вайбусалбачу стеган коьрта дакъа ду .

Ахмадов М. шеен текстан т1ехь гайтина 17-18 предложенешка хьхьалхара шопер г1иллакх доцуш хилар. Цул т1аьхьа автора гойту вайна 42-43 предложенешкахьважа шопер г1иллакх-оьздангаллехь вуьзнахилар. Цоцхьа а сом доцуш и зуда ша д1аюьгар ю алар.

Сайн дахарехь зеделлачуьнга хьаьжна ойла йича масал дало лаьа Дадашев 1. яздинчу «Дайна бер» дийцар т1ера.Карахь бер долуш схьайог1учу жимчузудчовоккхастагдуьхьалкхетчашенкарарабернекъайистеохьадуьллу , изацузудчуьн г1иллакх ду . Х1инца а вайнаюккъехьлелашду и г1иллакхаш.

Лакхахьдийцинчун жам1 деш ала лаьа, Дала г1иллакхах ма доха дойлавай . Г1иллакх ялсманерасхьадеана а ду ,цу чу д1аг1ур долуш а ду .

Хьехарсахьтан ц1е:

Хьехарсахьтан ц1е:

Хьехарсахьтан ц1е:
Кусаев 1адиз «Сан г1ала».

Турко Закаевс йазйина байт «Сан г1ала» йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а йеша 1амор; кхетам — кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар

Турко Закаевс йазйина байт «Сан г1ала» йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а йеша 1амор; кхетам - кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Турко Закаевс йазйина байт «Сан г1ала» йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а йеша 1амор;
кхетам — кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар.

Догдаийтаран мур.

Догдаийтаран мур.

Догдаийтаран мур.
Кицанаш:
1. Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина.
2. Къинхьегам адаман шолг1а нана йу.
3. Аьхка мало йиначо 1ай хало хьоьгу.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
— Х1ун йеллера шуна ц1ахь?
(«Нефтах х1ун йоккху?» ц1е йолу дийцар)
2. Суьрташ т1ехь гойту нефтах х1ун йоккху.

Нефтах доху г1ирсаш.

Нефтах доху г1ирсаш.

Нефтах доху г1ирсаш.

Мотт шарбар. Х1окхо балийна,

Мотт шарбар. Х1окхо балийна,

Мотт шарбар.
Х1окхо балийна,
Х1окхо урс хьаькхна,
Х1окхо тилийна,
Х1окхо кхехкийна,
Х1окхо кхаьллина
Д1абахийтина.
Д1айеша меллаша, д1айеша чехка.
П1елгаш хьала а ойбуш д1айеша байт,
х1ора п1елг айбарца д1аала цхьацца мог1а.

Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?

Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?

1алашо йовзийтар.
Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?
Х1ун болх бийр бу аша цу т1ехь?
Суна йевзар йу…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Тахана вай д1айоьшур йу 1адиз Кусаевс йазйина
байт «Сан г1ала».

Кусаев 1адиз Джабраилович (1938)

Кусаев 1адиз Джабраилович (1938)

Кусаев 1адиз Джабраилович
(1938)

Керла коьчал йовзийтар. Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь

Керла коьчал йовзийтар. Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь

Керла коьчал йовзийтар.
Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь. Кхин х1умма а цо ца йазйича а, цуьнан «Сан г1ала» стихотворени тоьур йара Кусаев 1адизан ц1е нохчийн литературехь йиса. Шахбулатов Гаднана мукъам баьккхина и йиш тахана а хеза наггахь радио чохь локхуш. Амма 1970-чу шерашкахь Нохчийчоьнан гимн йу ала мегар дара цунах. Ку­саев 1адиз нохчийн литературехь, журналистикехь х1инца а кхиамца къахьоьгуш схьавог1у. Цо йазйина нохчийн, оьрсийн меттанашкахь ткъех сов поэзин, прозин, публицистикин, литературоведении книгаш. Газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, радиохь, телевиденехь арайийлина цуьнан масех б1е кегийчу жанрашкахь йолу произведенеш: очеркаш, эссеш, дийцарш, статьяш.
Кусаев 1адиз вина 1938-чу шарахь Шоьнахь. Хало 1аьвшина цо жима волуш. Махкахбаьхначу хенахь дан амал доцуш берийн ц1ийне д1авелла жима 1адиз. Киргизехь чекхъйаьккхина цо школа, Даймахка ц1авирзича Статистически техникум а. Эскарехь г1уллакх деш во­луш деша хьажийна Т1еман авиационно-технически училище. Амма жимчохь дуьйна йаздаран корматаллина т1ег1ерташ хилла 1адиз. Лаам кхочушбеш, 1963-чу шарахь чекхйаьккхина Ростовски университетан журналистикин отделени.

Керла коьчал хьехар. 1. Хьехархочо д1адоьшу байт «Сан г1ала»

Керла коьчал хьехар. 1. Хьехархочо д1адоьшу байт «Сан г1ала»

Керла коьчал хьехар.
1. Хьехархочо д1адоьшу байт «Сан г1ала».
2. Чулацамах къамел дар.
— Стенах лаьцна йу байт?
— Д1абеша байтан т1аьххьара барх1 мог1а.
Дийца, царах муха кхета хьо?
Кагделла дош нисде:
Йар, г1ишло, хо.

Сада1аран минот: 1ам чохь баьццара ши пхьид

Сада1аран минот: 1ам чохь баьццара ши пхьид

Сада1аран минот:
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш йара:
Йуьхь – куьг цара дуьлура,
Дег1ах гата хьоькхура.
Когаш бетташ, т1араш детташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Йуха хьала а нислуш,
Багахь «къакъи» дора.
Цундела йу уьш могуш
Шу а хила лууш.

Байт таллар. Хьехархочо д1агойту

Байт таллар. Хьехархочо д1агойту

Байт таллар.
Хьехархочо д1агойту Нохчийчохь йолчу хазачу г1ишлойн суьрташ.
Х1ара х1ун йу? (Маьждиг «Нохчийчоьнан дог»)
Х1ара х1ун г1ишло йу? (Г1алара лекхачарех цхьа г1ишло)
Муха хетта шуна и г1ишлош? (Хаза йу)
Шуна лаьий иштта г1ишлош Нохчийчохь дуккха хила?
Хазахетий шуна вайн г1ала?

Презентация

Презентация

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор. Кицанаш чекхдаха: Дика к1ант – лам, вон к1ант … Сихалло са даьккхина, собаро лам … Доттаг1 коьрте хьожу, мостаг1…

Нийса дуй талла.

Нийса дуй талла.

Нийса дуй талла. Кицанаш: Дика к1ант – лам, вон к1ант — г1ам. Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина. Доттаг1 коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу.

Керла тема кхин д1а а хьехар. Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара д1айоьшу байт «Сан г1ала»

Керла тема кхин д1а а хьехар. Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара д1айоьшу байт «Сан г1ала»

Керла тема кхин д1а а хьехар.
Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара д1айоьшу байт
«Сан г1ала».
2. Сурт диллар.
— Нохчийчохь тойиначу, керлачу г1ишлойх цхьанна сурт дилла.
— Х1ун хаьа шуна шаьш йиллинчу г1ишлонах?

Жам1 дар. Синквейн.

Жам1 дар. Синквейн.

Жам1 дар.Синквейн. Синквейн.Къинхьегам. Г1ала.Хьанал, пайде. Хаза, йоккха.Хуьлу, бо, оьшу. Цецвоху, хазйо, кечйо.Къинхьегам — адаман шолг1а нана. Соьлжа – Г1ала — НохчийчоьнанМогашалла. коьрта шахьар. Дозалла.

Урокан жам1 дар. 2. Рефлекси йар:

Урокан жам1 дар. 2. Рефлекси йар:

1. Урокан жам1 дар.2. Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Ц1ахь бан болх: Турко Закаевн «Со а хир ву г1ишлойархо» дийцар деша

Ц1ахь бан болх: Турко Закаевн «Со а хир ву г1ишлойархо» дийцар деша

Ц1ахь бан болх:
Турко Закаевн «Со а хир ву г1ишлойархо» дийцар деша.

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Баркалла хуьлда шуна,
сан хьоме бераш!!!

Мерза дош – Нана.

Сийлахь Нана!Хастам хьуна !

Берийн дуьхьа яьхна хьо!

Бодашкахь а серло латтош ,

Догу хьан комаьрша дог.

/Сулейманов Ахьмад С./

Адамийн дахарехь уггаре хьоме адам , иза нана ю . Ненан марзоне х1умма а кхочур дац. Ненаца хуьлу-кх хьан дерриге а хазахетарш а .халахетарш. Цуьнца доьзна ду-кх адамийн дахар. Беро шен а дуьххьара мотт 1емаш олу «нана» боху дош. Оцу ненера д1адолало адамехь долу дерриге а дика г1иллакхаш. Цу нанас жимчохь дуьйна хьехарш деш диканиг а , вониг а къасто 1амош волу-кх стаг шеен дахаран новкъа т1е. Кху дуьненчохь цхьа а безам бац ненан безаме кхочуш. Ненан багара долу угг аре а мерза ,хаза ,к1еда дош. Шен хазчу дашца муьлхха бала , г1айг1а д1аэца хаьа цунна. Нана йолчу доьду адам шена т1е цхьа сингаттам беъча. Нанас дог оьций ,дог хьостий хьан г1айг1а йицйо. Иштта хьуна дагавала ,хьекъал дала

я хьехар оьшучу меттехь цо йо хьуна парг1ато. Нанас цкъа а вониг эр дац. Жимчохь цо дина хьехарш, делла хьекъалш хьо воккха хилча царех пайда оьцуш веха стаг. Цул совнаха оцу нанас латтайо доьзалехь марзо , безам, барт.

Цо 1амадо йиша-ваша дезар, царна г1о дар. Шен доьзал мел боккха белахь а массо берана тидам беш, массеран а дог хьостуш шен безам д1алуш кхиабо уьш нанас. Шена мел хало хиларх к1адъяларх дагара ца хоуьйтуш кога х1оттабо нанас шен доьзал.Нанас х1ора шен берана дагчу дуьллу-кх адам дезар, иза ларар ,г1ийлачунна г1о дар ,нийсачу новкъа т1ехь вахар. Иштта хьарамниг , хьаналниг къастор, Дела везар, ламаз марха деш, динчохь ч1аг1вар и дерриге нанас шегара д1ало шен доьзале.

Вай Элчано (Делера салам маршала хуьлда цунна) аьлла-кх: «Уггаре а хьалха адамо дуьненчохь ларавезарг мила ву аьлла ,хаьттича , шен нана ю-кх.» Х1унда аьлча и бер кхиош ,1амош буьйсанна наб яр доцуш и техкош ерриге а хало ловш ерг нана ю. Цундела дино и еза лаьрра. Шен ненан сий дан деза,иза ларар ,цуьнан г1уллакхе хьажар вайна т1ехь ду. Оцу нанна хьалха долчу декхарх вай цкъа а девр дац.Шен СА а ,ницкъ а ца кхоош ша яллалц шен бера дуьхьа еха иза. Мел хала киртиг т1е1оттаеларх доьналлех ца юхуш , къонах сана чекхйолу нохчийн нана.

Ялсмане. цьанхьа елахь .

Ненан когаш к1елахь ю

Нана резайинчу беран ,

Делахь, ялсмане а ю !

Ненах лаьцна дуккха а дара дийца,цуьнан кхачо хир яц. Делахь, х1ара сочинении ерзош .ала лаьара суна , шайн наной ларбелаш , церан дог хьасталаш, цуьнан сий-пусар деш дахалаш.Цхьа де а цуьнан хан яхъелаш

Объяснение:

вот

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Саудовская аравия готова к снижению мировых цен на нефть егэ
  • Самыми древними сочинениями дошедшими до нас являются веды с переводе с санскрита слово веды значит
  • Сау бул мэктэп сочинение
  • Самыми гуманными профессиями егэ
  • Сатурнианский экзамен что это такое