Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.
1алашо: Дешархойн хаарш таллар, къамел кхиор. Предложенеш нийса х1итто 1амор. Дешархошна «1а» ц1е йолу сурт довзийтар. Суьрте хьожуш сочинени язъян 1амор.1аламе безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
- Урокана кечам бар.
Мотиваци
Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?
Тахана вай Шишкина диллина «1а» ц1е йолчу суьрте а хьовсуш сочинени язйийр ю. Х1инца ас шуна йовзуьйтур ю урокан план .
- Урокан план :
Художник вовзийтар
Исбаьхьаллин сурт гайттар
Суьртан анализ яр
Сочиненина кечам бар
Словарни болх бар
Сочиненин план т1ех болх бар
Рефлекси
- Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.
Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.
-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?
4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?
Петр Захаров
1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.
Шена доладинчу казакан фамили а, ден ц1е а елира цунна. Т1аьхьо шен фамили т1ехьа «Чеченец» аьлла дош туьйхира цо. Шен суьрташна бухахь куьг яздора цо «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий.
Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.
1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.
1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.
Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.
1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.
- Дешнех кхетам балар.
Пейзаж— 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист— 1аламан суртдиллархо ву.
Портрет— адаман сурт.
Портретист — адаман суртдиллархо ву.
Натюрмотр— чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш
Ель – база
Сосна – зез, бага.
Кедр-кедр
Пихта-пихта
- Суьрта т1ехь болх.
— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?
Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.
— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.
Хенан х1оттам
Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?
Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.
Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?
— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.
— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?
— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.
Диттех.
Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.
-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?
Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.
— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.
— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.
Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?
-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.
Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?
Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?
Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.
Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.
Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.
-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.
Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?
-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.
1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.
Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?
— Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.
Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?
Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.
- План х1оттор:
- Исбаьхьа де.
- Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
- Бос лепа ховха ло.
- 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
- Г1оьнна дешнаш
Бамба санна ховха ло
Т1емаш даржийна кхозу генаш
Буьрса хьун
Екхна стигал.
Инзаре-хаза хьун
Дашо малх
- Жам1 дар.
Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.
-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?
-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.
-Царах муьлха роль хазахийти шуна?
-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?
- Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.
Просмотр содержимого документа
«Суьрта т1ехь сочинени йазйан 1амор»
метки: Чеченский, Умисат, Дукха, Аьтто, Куьйга, Элира, Куьйгалхо, Ненан
Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а
Х1ора а, нохчичун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а. Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина атто лоьхуш шен дай баьхна лаьмнаш, латта, х1усам д1атесна шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.
Ишттачеран мог1арера цхьаъ ю, лаьмнашна юкъахь 1уьллучу Ч1ебарлойн районера Макажа юьртара яхархо Хасанова Умисат. Иза йина 1958 шеран 25-чу июлехь Казахстанехь Кустанай г1алахь. Цигара Даймахка ц1а йирзичахьана Макажахь ехаш ю иза.
Умисат йолчу х1усаме кхаьчча ширачу замане хьуо юха вахача санна хетало. Чохь йогуш дечиг даго пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а, лелош даьхни а ду цуьнан. Иштта ма 1ийна вайн дай, шайн куьйга хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь оьзда доьзал а кхиош г1иллакх-г1уллакх а долуш.
Умистан гергара нах, доьзалш охьанехьа бехаш бу, цара мел ч1ог1а аларх а, дехарх а, Умисат цигара схьа ца йог1у 1ан а, яха а, аьтто хир бара аьлла. Цуо забар ечух олу: «Кхузахь сан синна а, токхе ду, эрна эладита я къинош ца летош, Далла 1амал еш сайна парг1ата еха со».
2008-г1а шо т1екхаччалц йолчу ханна Умисат шен дайх дисинчу ширачу ц1а чохь ехаш яра, цуо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь Ч1ебарлойн районехь яйтинчу 28 х1усамех лаьцна.
- Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа х1усамехь бен дехаш адамаш дац, делахь а аьхка мелла а дукха нах хьала бог1у кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, марзо хеташ хан яккха а. Уьш гуттаренна а ц1а боьрзург хиларх а тешна яра иза.
Шен дахарехь уггаре а, доккха хазахетар шена хиларх а дийцира цо йоккхаерца самукъа а долуш. Дукха хан йоццуш шен х1усаме уггаре а веза, лараме хьаша вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах лаьцна дара иза. Иза шена гур ву я, шен х1усаме вог1ур ву аьлла цкъа а дага деача а, я и ирс хир ду аьлла тешна яцара ша бохура цо. Х1инца а, наггахь и г1ан дарий-те олий а хетало, олуш елаелира иза. Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахь балам болуш а яра Умисат. Шайн хиллачу къамелех а, вайн мехкан куьйгалхочун дикаллах лаьцна а дийцира цо.
Цунна шен а, миска мел волчу стеган а, вайн къоман а, мехкан лазам а, бала а хиларна Дела реза хуьлда аларца баркаллаш а бохуш.
Нохчийн зуда-м даимна а хилла сийлахь, еза, лараме, оьзда, цундела ма бу нохчийн к1ентий къонахий а. Мехкарийн сий долчу махкахь къонахий кхуьур бу» олуш дайн кица а ма ду. Вайн махкахь-м кхуьур бу яхь йолу къонахий а, сий долу мехкарий а, Делан къинхетамца Дала мукъ лахь!
2 стр., 547 слов
По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста
… цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу … волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна …
Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу ц1е ца яйта Умисат санна болу зударий, наной, йижарий кхуьийла хьан Нохчийчоь, мехкан сий айдан, кхане ирсе кхиийта вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна болу къонахий дебийла хьан, Даймохк!
Виситаева Тумани
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Чеченская Республика Сегодня» обязательна.
Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»
Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…
Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.
Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.
Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!
«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)
6 стр., 2555 слов
Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг
… олуш хилла. Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн … къастадеш, Иэхьечух нийса., Дай лара хьоьху цо,, Даймохк вайн биэза,, ГIиттадо, бакъ толош,, Харцонца къийса… Дуьххьара … доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ. Анас, воьжначу БорзабIаьрган метта дIахIотта хьакъволуш, …
«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:
Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке
Бергоева Айзан Абдилвахитовна
Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна,
Сайн дог хьох д1аэрца карийра суна!
Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! Х1ун хир ду хьол хьоме, деза!? Вайн нохчийн г1арабевллачу яздархоша, поэташа говзчу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаш ца дицдо» роман т1ехь коьртачу турпалхочо олу т1аме воьдучу шен к1анте: «К1ант! –элира Товсолтас, – вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуненчохь массо х1уманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!» » «
И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна д1адийшош. Хийла г1енах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде к1ентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре ч1ог1а сатесна хуьлура тхо.
Делан лаамца тхан дай, наний шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь т1ом болчу хенахь, кхелхина дахна Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман 1ер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо баккхийрачу вашас, йишас дуьйцура марха достучу дийнахь шаьш х1ун леладора: хьала маца г1овттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхалле эхарх лаьцна. Ц1а ян сатосий хуьлура со.
Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а «Орга»-хелхаран ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана-биолог. Оьрсийн мотт а 1амабора цара тхуна, ц1а даг1ча деша атта хилийта.
Апрель беттан 23-г1а де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна т1ехь яра нохчийн г1абали, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а.
Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна кавказера хелхарш 1амор. Тхан нанас 1амийначу тобано шозза а дакъалецира г1алахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюрихь 1ачу цхьаммо хьала а г1аьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобан куьйгалхо мила ву? Х1инца шолг1а го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айъина к1ентий, хи т1ехула йог1учу г1ург1езан боларх, ах б1аьрнег1арш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ву аьлла хета суна цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца 1а, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!»
1 стр., 478 слов
Сочинение ешначех суна угар дукха еза книга
… туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай. Сочинени «Сан хьоме Даймохк» Язйина Грозни-г1аларчу МБОУ «СОШ № 47» 9 «В» классан дешархочо … басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс … х1аваъ. «Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан …
Ша бахьана долуш школан дирекорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: куьйгалхо хьо ю ала, ас г1о дина эр ду ахь аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан, мух1ажар яра иза. Хонкара пачхьалкхан культурин министран хьалхара г1оьнча хиллера и хаттар делларг.
Цо дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас 1амочу тобано. Тайп-тайпанчу г1аланашка гастролашка эха дуьйладелира. Тхо дехачу г1алин Мэро шен куьйга грамоташ а елира, совг1аташ а дира тхуна, цхьаьний д1ах1иттина сарташ а дехира.
2014-чу шарахь ц1а дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней д1а ма г1о, ша шу реза долуш болх нисбийр бу шуна аьлла. Эххар а, 1ийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара х1ума т1е ца лоцуш, мелхо а шайн нохчийн кура амал, хаза г1иллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!»
Бегаш беш, тхан нендас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аш а Даймахках къаьстина, олий.
Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хазаду-кха ц1ахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху ц1ахь санна ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю г1аланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна:
Обновлено: 11.03.2023
Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
-Бераш вовше а хьовсий делалол.Иштта хазахетарца д1аболор вай вайн таханлера болх.
1.Ц1ера болх таллар.
-Хьа язйина и стихотворени?(М.Мамакаев)
-Муьлха шеран зама ю кху т1ехь юьйцург?
-Гуьйренан муьлха билгалонаш гайтина кху стихотворени т1ехь?
-Дахкарца бохучу дашах муха кхийтира шу?(дохк)
-Муьлхачу шеран заманахь алссам хуьлуш ю дохк?
-Адамах даьцна дуьйцуш долу мог1анех муха кхета шу?
4-5 дешархочуьнга схьаюьйцуьту.
Сада1аран минот яр.
2. 1алашо йовзийтар.
3.Кроссворд яр.
-Хина т1ай,некъана накъост(говр).
-Хьун чохь а,арахь а кетар лелориг(уьстаг1)
-Ц1инц1алго текхо минц1алг?(ТАЙ ,МАХИЙ)
-Италин коьрта шахьар (столица Рим)
-Кавказа къаьмнийн божарийн духар?(верта)
Вай мичахь деха?(Кавкахехь)
4.Хьехархочун дош(юххедиллар).
Шима вина 1937 шаран 6 ноябрехь.
Армера цӀа веанчул техь цо чекхъеккхира Лакхара партийн школехь йолу советски белхалой кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь, школашкахь, редакцишкахь.
1973 шарахь чӀогӀа цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. Таккха иза литературан балх тӀевирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц дӀакхихьира цо.
5.Керла тема хьехар.
Муьлха дош кхолладелла оханехьа (гуьйре)
Х1ун хийцамаш хуьлу 1аламехь гуьйрана?
1.Хьехархочо д1айоьшу стихотворени.
2.Дошам
Шога- нийса йоцуш, тасалуш т1ехле йолу х1ума.
6. Чулацамах кхетор.
-Стенах лаьцна ю стихотворени?
-Гурахь х1унда хийцало зезагийн бос?
Х1ун кечамаш деш бу уьш?Шай кечам бинаъ ца 1аш
кхи хьена терго йо цара? Х1унда? Акхарошан хьа бо кечам?
Сада1аран миноташ.
7.Т1еч1аг1дар.
8.Бераша д1айоьшу стихотворени.
-Муьлхачу дешнашца д1айолало стихотворени?
-Муьлха масалш ялийна автора гуьйренан сурт х1оттош?
-Бешал хьалхара биъ мог1а хьалхарчу тобано ,Муха кхета хьо цунах? Шолг1ачу? Кхоалг1ачу?
9.Тобанашкахь болх бар.
Гуьйренах лаьцна жима сочинении яъзйира ю.Гуьйрана хуьлуш болу хийцамех лаьцна.
10.Рефлеки.
Цуьнан мах хадор.
11.Жам1 дар.
-Муьлха билгалонаш евзи шуна стихотворени ешча?
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
116-г1а урок.
1алашо: суьрта т1ехь гуш долчуш, шайна зеделлачух пайда а оьцуш,хаттарийн г1оьнца дийцар х1отто 1амор, текстан бакъонаш ларъеш, и д1аяздан 1амор.
Юкъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: 1емар ду хаттарийн г1оьнца жима дийцар х1отто, текстан бакъонаш ларъеш и д1аяздан.
Метапредметни
Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха хуур ду; шайн белхан мах хадо хуур ду.
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; хуур ду 1аламах, дикачу г1уллакхах лаьцна ала дика дешнаш къасто.
Х1ума довзаран: х1ума довзар, ойлаяр алсамдер ду.
Личностни: 1алам дукха дезар, пайдениг дан лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок д1аяхьар.
I .Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.
II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
1.Ц1ера болх таллар.
Упражнени № 386, аг1о 187-188.
III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.
1. Упражнени № 384, аг1о 187.
-Д1аелла учебникан 187-г1а аг1о.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени? (Дийцар х1отто деза).
-Вай тахана жима сочинении язйийр ю суьрта т1ехь гуш долчух лаьцна.
IV . Сочинении язъян кечам бар.
1. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Шеран муьлха хан ю? (Б1аьсте).
-Муха ду де? (Де ду хаза).
-Суьрта т1ехь болчарна ц1ераш тахка.
-Хун дана дагадеара Юсупна ,Мохьмадна?? (Юсупна ,Мохьмадна синтарш дег1а дагадеара).
-Хьанна хиира иза? (Иза хиира Юсупна, Мохьмадна).
-Цаьршинна хун лиира? (Цаьршинна лира Дудина г1о дан).
-Х1ун еара Юсупа? (Юсупа бел еара).
-Х1ун дира цо? (Цо оьрнаш дехира).
-Х1ун еара Моьхьмада? (Мохьмада хитухург еара).
-Х1ун дира цо? (Цо синтарш оьрнаш чу а дохкуш, царна хи туьйхира).
-Х1унда дихкира цу шимма синтарш д1а? (Шина к1анта синтарш д1адихкира, уьш кег ца далийта).
-Мила кхечира цаьршинна т1е? (Цаьршинна т1е кхечира воккха стаг).
-Цунна муха хийтира и г1уллакх? (Цунна хазахийтира ,шина к1анта деш долу г1уллакх).
-Стенна оьшу синтарш? (Синтарш даккхий хир ду. Цара 1индаг1 латтор ду. Даккхийчу дитташа стоьмаш ло. Уьш ч1ог1а пайде бу).
-Х1аваана х1ун пайдениг до дитташ алсам хилча? (Дитташ алсам хилча , цара х1аваъ ц1ена латтадо).
-Пайде я зуламе г1уллакх ду шина к1анта динарг? (Шина к1анта динарг пайде г1уллакх ду).
-Муха хетар ву ши к1ант нахана?(Наха и ши к1ант дика ву бохуш вуьйцур ву).
2. Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.
-Муьлха текст хир ю иза? (Текст-дийцар).
-Муьлха йолор ю вай сочинени? (1аламах лаьцна дуьйцуш).
-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна?
-Муьлханиг хир ду коьрта дакъа? (Шина к1анта деш долчу дикачу г1уллакхах лаьцна. Дитташ бечу пайданах лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур ю аша цунна?
-Муха ерзор ю аша сочинени? (Шина к1анта динчух лаьцна тхайна хетарг яздийр ду).
Долор. 1. Б1аьстенан де.
Коьрта дакъа . 2. Болх кхехка.
3. Диттах болу пайда.
Дерзор. 4. Дика г1уллакх нахана диц ца ло.
-Маса дакъа хир ду вайн текстан?Муха билгалдоккху х1ора дакъа?.
V . Сада1аран миноташ.
VI . Сочинени язъяр.
(Дешархоша оцу темина шайна лаахь, шайна хетачу кепара язъян мега сочинени).
VII . Рефлекси.
(Дешархоша д1айоьшу шайн сочиненеш. Шаьш мах хадабо церан).
VIII .Урокан жам1.
-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?
IX . Ц1ахь бан болх балар.
1. Упражнени № 386, аг1о 187.
- подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- по всем предметам 1-11 классов
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
- Сейчас обучается 932 человека из 80 регионов
Курс профессиональной переподготовки
Русский язык и литература: теория и методика преподавания в образовательной организации
Курс повышения квалификации
Инструменты онлайн-обучения на примере программ Zoom, Skype, Microsoft Teams, Bandicam
- Курс добавлен 31.01.2022
- Сейчас обучается 27 человек из 18 регионов
- ЗП до 91 000 руб.
- Гибкий график
- Удаленная работа
Дистанционные курсы для педагогов
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
5 602 702 материала в базе
Материал подходит для УМК
Самые массовые международные дистанционные
Школьные Инфоконкурсы 2022
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
- 17.05.2020 2253
- DOCX 41.5 кбайт
- 90 скачиваний
- Оцените материал:
Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Автор материала
40%
- Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- Для учеников 1-11 классов
Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов
Дистанционные курсы
для педагогов
663 курса от 690 рублей
Выбрать курс со скидкой
Выдаём документы
установленного образца!
Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки
Время чтения: 11 минут
В приграничных пунктах Брянской области на день приостановили занятия в школах
Время чтения: 0 минут
Школьник из Сочи выиграл международный турнир по шахматам в Сербии
Время чтения: 1 минута
Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса
Время чтения: 1 минута
В Белгородской области отменяют занятия в школах и детсадах на границе с Украиной
Время чтения: 0 минут
Минобрнауки и Минпросвещения запустили горячие линии по оказанию психологической помощи
Время чтения: 1 минута
Инфоурок стал резидентом Сколково
Время чтения: 2 минуты
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
Урок № ____________
Хьехарсахьтан 1алашо : 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Дозуш долу къамел кхиор.Предложенеш нийса язъян хаар.
Йоза ц1ена хилар. Сацаран хьаьркаш нийса х1иттор.
3) Кхетам-кхиоран (воспит.) 1аламе болу безам ч1аг1бар. Хьехарсахьтан г1ирс: компьютер, учебник, текст.
Урок д1аяхьар.
Ι.Догдаийтаран мур (Х1етал-металш)
ΙΙ.Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
1. Муха б1аьсте т1екхечи?
2. Денош муха хуьлу, буьйсанаш муха хуьлу?
3. Олхазарш схьадахкарех лаций дийца.
4. Адамийн духарш.
6. Бошмашкахь беш болу болх.
7. Малх муха хуьлу?
8. Шеран муьлха бутт бу?
9. Б1аьстенан муьлха беттанаш ду.
Билгала йоху юкъара диканиш, ледарнаш
111.Жам1 дар .( кехаташ т1ехь болх бар, шолг1ачу урокехь
талла а теллина тетрадаш т1е д1азъяр)
-1 Суна атта хеттарг…..
-2 Суна хала хеттарг….
V.Ц1ахь бан болх
- подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- по всем предметам 1-11 классов
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
- Сейчас обучается 932 человека из 80 регионов
Курс профессиональной переподготовки
Русский язык и литература: теория и методика преподавания в образовательной организации
Курс повышения квалификации
Инструменты онлайн-обучения на примере программ Zoom, Skype, Microsoft Teams, Bandicam
- Курс добавлен 31.01.2022
- Сейчас обучается 27 человек из 18 регионов
- ЗП до 91 000 руб.
- Гибкий график
- Удаленная работа
Дистанционные курсы для педагогов
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
5 602 702 материала в базе
Материал подходит для УМК
Самые массовые международные дистанционные
Школьные Инфоконкурсы 2022
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
- 04.01.2022 103
- DOCX 14.5 кбайт
- 1 скачивание
- Оцените материал:
Настоящий материал опубликован пользователем Зайтемиров Сайдик Салахович. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Автор материала
40%
- Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- Для учеников 1-11 классов
Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов
Дистанционные курсы
для педагогов
663 курса от 690 рублей
Выбрать курс со скидкой
Выдаём документы
установленного образца!
Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки
Время чтения: 11 минут
Инфоурок стал резидентом Сколково
Время чтения: 2 минуты
Школьник из Сочи выиграл международный турнир по шахматам в Сербии
Время чтения: 1 минута
Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса
Время чтения: 1 минута
В Белгородской области отменяют занятия в школах и детсадах на границе с Украиной
Время чтения: 0 минут
Время чтения: 2 минуты
РДШ организовало сбор гуманитарной помощи для детей из ДНР
Время чтения: 1 минута
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Технологически карта
1. Класс: 5
2. Терахь: 04.02.21ш.
3. Предмет: Нохчийн мотт.
5. Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор.
6. Урокан кеп: кхолларалин болх.
7. Урокан г1ирс: ручка, тетрадь.
8. УМК : М.Р. Овхадов, Ж.М.Махмаев.
9. Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):
Предметни (Кхеторан): Дозуш долу къамел кхиор. Шена гинарг а, гуш дерг а, шен ойла а йозанца нйса д1аяздан хаар.
Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Текстаца болх бар. Нийса предложенеш х1иттор (шайн ойланца кхетамца). Предложенешна юкъахь уьйр хилийтар, цхьаьцхьаьнца а, вукхуьнца а доьзна хилар.
Личностни (Кхетош — кхиоран 1алашо): Ненан меттан, йозане берийн безам кхиор.
Хьехархочун болх
Дешархочун болх
Планехь долу хиндерг
Метапредметни
Шен, долахь долу
Берийн ойла дешарна т1еерзор
Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар.
Урокана кечам бо.
Хьехархочуьнга маршалла хаттар.
Хезчун маь1на къастор, шайн дешнашца.
(Х1орамма шен белхан кечам бар).
Познавательни: керлачун хаам бар.
(Х1ора дешархочун урокан мотиваци яр).
Хаарийн актуализаци
Йина 172- г1а шардар толлу. Дешархошка язйина предложенеш йоьшуйту.
Хаттарш луш 1амийнарг карладоккху
Шаьш ц1ахь язйина шардар т1ера предложенеш йоьшу.
Т1едиллар кхочуш дар
Познавательни: шен оьшуш йолу материал къасто хаар.
ларамца цхьа барт хилар
Хьехархочо д1айоьшу сочиненин текст
Хьехархочо д1айоьшу сочиненин текст.
Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах ма йоккхийла цхьа а нана!
Ладуг1у, цхьац долу х1ума шайн тетрадаш т1ехь д1аязйо
Нийса предложенеш х1иттор. (шайн ойланца кхетамца).
Хьехархочунга болу безам ч1аг1бар.
Хаттарш а, т1едахкарш а
Хаттарш а луш, дешархошка буьйцу сочиненин чулацам.
Цул т1аьхьа х1оттайо план.
2. Доьзалан марзо а ненехь ю.
3. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац.
Деллачу хаттаршна нийса жоп луш, план х1оттайо.Оцу план т1е а хьожуш, масех дешархочо схьаюьйцу сочиненин текст.
Т1едиллар кхочуш дар
Проблемни хаттарш х1иттадо.
шен оьшуш йолу материал къасто хаар.
ларамца цхьа барт хилар.
Дешархошка шайга болх байтар
Оцу план т1е а хьожуш, масех дешархочо схьаюьйцу сочиненин текст.
Хьехархочо шолг1а д1айоьшу текст.
Дуьххьара дешархоша язйо сочинени цхьана кехат т1ехь. Цул т1аьхьа бен ца язйо тетрадаш т1е.
Презентация на тему Презентация по чеченскому языку на тему 1а т1едеана (4 класс), предмет презентации: Детские презентации. Этот материал в формате pptx (PowerPoint) содержит 10 слайдов, для просмотра воспользуйтесь проигрывателем. Презентацию на заданную тему можно скачать внизу страницы, поделившись ссылкой в социальных сетях! Презентации взяты из открытого доступа или загружены их авторами, администрация сайта не отвечает за достоверность информации в них, все права принадлежат авторам презентаций и могут быть удалены по их требованию.
Слайды и текст этой презентации
ДЕ БЕРКАТЕ ДОГ1ИЙЛА !
1.1аьнан зама.
2.Басе т1ехь бераш.
З.Лайх йина баба.
4.Берийн самукъадалар.
1а т1едеана
Т1едеана шийла 1а. Денош дацъделла, буьйсанаш яхъелла. Арахь диллина ло ду. Стиглара охьаэга лайн чимаш. Лайно хьулдина латта, тхевнаш , дитташ. Амма бераш ца кхоьру шелонах. Арахь ловзу бераш.
Матас лайн баба йо. Самирас а, Ризванас а салаз хохку. Хьаваи Ибрашкий лыжаш хоьхкуш бу. Ибрашка салаз т1ера охьакхийтира .Бераш цунах доьлура. Амма иза оьг1аз ца вахара. Берашна 1ай ч1ог1а хазахета.
Берийн ловзарш ч1ог1а пайде ду могашаллина. Х1аваэхь левзича иммунитет ч1аг1ло, цамгарш ца лехьайо. Суна хазахета 1ай.
Читайте также:
- Отражение идей декабристов в образе чацкого сочинение
- Мини сочинение на тему загрязнение почвы
- Дымковская игрушка барыня описание сочинение
- Сочинение про авокадо игрушку
- Написать сочинение про моего друга чудака
Слайд 2ПКЭ 2017
Х1ун хаа деза экзаменах лаьцна?
Хила деза хьелаш а,
башхаллаш а.
Слайд 3Кхетамаш
ПКЭ (ОГЭ) – пачхьалкхан коьрта экзамен
АПЭ (ГВЭ) – арахецархойн пачхьалкхан
экзамен
ТЛК (КИМ) — талламан-лараран коьчал
Клишé – къамелан кеп, юкъадаьржина алар.
Слайд 4ДЕШАРХОЙ НОХЧИЙН МЕТТАН ПАЧХЬАЛКХАН КОЬРТА ЭКЗАМЕН Д1АЯХЬА КИЙЧА ХИЛАРАН Т1ЕГ1АНАН ЛЕХАМИЙН
А, ЧУЛАЦАМАН ЭЛЕМЕНТИЙН А
КОДИФИКАТОР
– 1-ра дакъа. «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзаменехь толлучу чулацаман элементийн ларам».
– 2-г1а дакъа. «Нохчийн меттан коьрта юкъардешаран программаш караерзийна дешархой кийча хиларан т1ег1анан лехамийн ларам».
Слайд 52017 ШАРАХЬ НОХЧИЙН МЕТТАН ПАЧХЬАЛКХАН КОЬРТА ЭКЗАМЕН Д1АЯХЬА ЛЕРИНА ЙОЛУ ТАЛЛАМАН-ЛАРАРАН
КОЬЧАЛИЙН СПЕЦИфИКАЦИ
ПКЭ-а леринчу ТЛК-н лехам
ТЛК-н чулацам билгалбен документаш
ТЛК-н д1ах1оттам кхолларан а, чулацам харжаран а некъаш
ТЛК-н чулацаман а, д1ах1оттаман а характеристика
ТЛК-н т1едахкарш, чулацаме, толлучу хаарийн а, бараман а г1уллакхе хьаьжжина, декъар
ТЛК-н т1едахкарш шайн чолхаллин барамашца декъар
Нохчийн меттан ПКЭ д1аяхьаран хан
Г1оьнна лерина коьчалш
Къаьстина т1едахкарш а, берриге экзаменационни болх а кхочушбаран мах хадоран къепе (система)
Экзамен д1аяхьаран хьелаш (говзанчашка лехамаш)
2018-чу шеран ТЛК-хь хиллачуьнца дуьстича, 2019-чу шеран ТЛК-хь бина хийцамаш
2019 шеран 9-чу классан дешархойн нохчийн меттан ПКЭ-н ТЛК-н вариантан жам1даран план
Слайд 6ТЛК
2 ДАКЪА
1 ДАКЪА
3 ДАКЪА
15 т1едиллар
Слайд 8Экзаменационни болх
кхочушбарна
лерина хан 235 минот ю
Экзамен лучарна бакъо ло
нийсаяздаран дошамах
пайдаэца.
Слайд 9Хаттаршна жоьпаш даларца йозанан болх д1абахьаран кеп
Слайд 10Жимачу йозанан балхана кечам бар
1. Леррина деша шайна хьалха х1иттийна
(шайн ТЛК т1ера) хаттарш.
2. Юьхьанцарчу тексте ладог1а.
3. Текстан коьрта хаамаш тидаме эца.
4. Хиламийн, ойлаяран хьалха-т1аьхьалла билгалъяккха.
5. Х1ора хаттарна жоп дала оьшу хаамаш билгалбаха.
Слайд 116. Юьхьанцарчу тексте ладог1а шозлаг1а.
7. Тидаме эцначу хаамех пайда а оьцуш,
х1ора хаттарна нийса а, дуьззина а жоп ло.
8. Д1аязбе йозанан болх.
9. Йозанан болх д1а а беший, дешнаш дагарде (уьш 30 дашал к1езиг хила ца деза). Нагахь барам к1езиг хилахь, т1едуза йиш йолу жоп къастаде.
10. Йозанан белхан чулацаме дакъа теллича, текстан (жоьпийн) грамматически, орфографически, пунктуационни, къамелан г1алаташ леррина талла.
Слайд 12 1. Деган йовхо (ТЛК №1,2,3)
«Муха стаг хила лаьа
хьуна?» – аьлла, динчу хаттарна б1еннаша божабераша дел-
ла жоп дагаоьхуьйту ас. Майра, ницкъ болуш, доьналла, хьекъал долуш. Амма цхьам-
ма а ца элира къинхетаме, дика стаг хила лаьа. Ткъа дикалла х1унда ца х1оттайо вай
майралла, доьналла бохучу кхетамца цхьана мог1аре? Дикалла ца хилча – бакъйолу
деган йовхо – адаман син хазалла хуьлийла дац. Дика синхаамаш шайн орамашца
бераллера схьабог1уш хила беза. Ткъа и хан д1аэккхахь, уьш кхин цкъа а кхиалур бац,
х1унда аьлча уьш мехала, дуьххьарлера бакъдерг довзарца цхьаьна булуш хуьлу сих.
Синхааме а, къинхетаме а хила 1амор – иза кхетош-кхиорехь уггаре халаниг ду.
Адамалла, дикалла, диканиг хила лаар кхоллало г1айг1анашкахь, сахьийзаршкахь,
хазахетаршкахь, сингаттамашкахь. Нагахь бер шен гергарчаьрца, юххерчаьрца, миска-
чаьрца, цомгашчаьрца, цхьалхачаьрца, д1атийсинчаьрца, 1ехийнчаьрца хуьлуш дерг
бен ца хеташ, дог ца лозуш кхиахь, цунах цкъа а хир дац бакъдолу адам.
Дика синхаамаш, амалан оьздангалла – иза адамаллин бух бу. Тахана, вуьшта а,
тоъал вонаш долчу дуьненахь, вовшашца а, гонахарчу жил1аламца а тарлуш, тидаме,
дика хила деза вай, диканна дуьхьа уггаре а майра, тоьлла хьуьнарш гайта деза вай.
Адамна уггаре а бог1уш болу цхьаъ бен боцу некъ – иза диканан некъаца вар ду. Адам-
на шена цхьанна а, доллучу юкъараллина а и некъ пайде а, нийса а, зийна а бу.
(196 дош)
(Сухомлинский В.А.)
Слайд 13Хаттарш:
1. Стенах йозуш ю адаман син хазалла?
2. Мичара схьабог1уш хила беза
дикачу синхаамийн орамаш?
3. Х1ун ду кхетош-кхиорехь уггаре халаниг?
4. Маца хир дац берах бакъдолу адам?
5. Муьлха бу адамна уггаре а бог1уш болу некъ?
Слайд 15
1-чу т1едилларан мах хадоран критереш
⃰ ХЖК – хаттарийн жоьпийн критереш
Слайд 16
Тидам бе:
Жима йозанан болх язбеш, дешархо декхарийлахь ву билгалдаьхначу хаттарийн рог1алла
а ца йохош, нийса, дуьззина жоьпаш дала.
Слайд 17Т1едахкарийн чулацам
2. Текстан маь1нин анализ.
3. Нохчийн меттан суртх1отторан г1ирсаш.
4. Чолхечу
дешнийн кхолладалар.
5. Дешхьалхенийн, суффиксийн г1оьнца дешнийн кхолладалар.
6. Лексика.
7. Морфологи.
8. Предложенин грамматически лард.
9. Предложенин цхьанатайпанара меженаш.
10. Т1едерзар.
11. Чолхе предложенеш.
12. Юкъадало дешнаш, айдардешнаш.
13. Предложенин коьрта меженаш.
14. Предложенин коьртаза меженаш.
2 дакъа
Слайд 18Т1едиллар
«Х1ун бахьана дара Къосума кехатан чулацам
хийцаран?» бохучу хаттарна нийса
т1еч1аг1даран
хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
1. Къосумна шерра деша ца хаьара.
2. Къосуман б1аьрса дика дацара.
3. Кехат т1ехь яздинчух Къосум ца тешара.
4. Къосум ненан дог ца дохо г1ертара.
Жоп ___________________________________
2
Слайд 19Т1едиллар кхочушдаран алгоритим
2. Текстан маь1нин анализ.
Дешархочунна, т1едиллар кхочушдеш, хаа еза х1ара
теманаш: «Текст – къамелан произведени», «Текстан
маь1нин а, композиционни а цхьаалла», «Текстан
анализ».
Т1едиллар кхочушдаран алгоритм.
1. Леррина, ойла а еш, лаххара а шозза д1аеша текст.
2. Дикка ойла е жоп дала дезачу хаттаран.
3. Къастаде, далийначу жоьпех хаттарна нийса жоп муьлханиг ду.
Слайд 20Т1едиллар кхочушдаран ойлаяран кеп
2. Т1едилларан чулацам.
Т1едилларехь ялийна предложенеш ю. Царех цхьаъ
ю «Х1ун бахьана дара Къосума кехатан
чулацам хийцаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам шеца болуш.
Иза билгалъяккха еза.
Ойлаяран кеп.
Т1едилларехь ялийна 4 предложени ю, шайна чохь тайп-тайпана хаамаш болуш.
«Къосумна шерра деша ца хаьара». Х1окху предложенин чулацамехь балийна
т1еч1аг1даран хаам нийса бац, х1унда аьлча текстан чулацамо хоуьйту Къосумна деша хууш
хилар.
«Къосуман б1аьрса дика дацара». Шолг1ачу предложенехь а ца карабо вайна хаттарна
нийса т1еч1аг1даран хаам, х1унда аьлча б1аьрса дика цахиларна, цо шен куьзганаш
схьадаийтира.
«Кехат т1ехь яздинчух Къосум ца тешара» бохучу предложенера т1еч1аг1даран хаам а
нийса бац, текстехь вайна го Къосум шена кхо маь1иг йолу кехат гушшехь, хиллачух кхетар.
«Къосум ненан дог ца дохо г1ертара». Х1окху предложенехь вайна го нийса т1еч1аг1даран
хаам. Х1унда аьлча текстера 26-чу предложенехь билгалдолу вайна ненан дог ца дохо г1ерташ,
Къосуман холчух1оттар.
Д1аяздо нийса жоп: 4.
Слайд 216. Лексика.
Дешархочунна, т1едиллар кхочушдеш, хаа деза гергара (синонимаш), дуьхь-
дуьхьал (антонимаш) маь1на
долу дешнаш дало.
Т1едиллар кхочушдаран алгоритм.
1. Предложени д1а а еший, т1едилларехь далийначу дешан лексически маь1на
къастаде.
2. Оцу дашна, т1едилларе хьаьжжина, хила тарло синонимаш я антонимаш ялае.
3. Талла шаьш ялийначу синониман я антониман кеп (т1едилларе хьаьжжина)
предложеница йог1уш хилар (дожарца, терахьца, классаца).
4. Д1аязде и дош.
6
3-чу предложенера «кхалхар» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ____________________________________________
Т1едиллар
Т1едиллар кхочушдаран алгоритим
Слайд 226. Т1едилларан чулацам.
Т1едилларехь ялийна предложени ю. Оцу предложенера «кхалхар»
бохучу дашна
синоним яло еза.
Ойлаяран кеп.
Шен д1аалар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на кхечу дешан
маь1нина герга долчу дашах синоним олу.
Д1айоьшу предложени. «К1анте хаийтина дацара да кхалхар».
Оцу предложенера кхалхар бохучу дешан маь1на валар бохучу
дешан маь1нина герга ду. Цундела кхалхар дешан синоним ю валар.
Масала, «К1анте хаийтина дацара да валар».
Х1ара предложени д1аешча, т1еч1аг1дан йиш ю ялийна синоним нийса
хилар.
Д1аяздо нийса жоп: валар.
Т1едиллар кхочушдаран ойлаяран кеп
Слайд 24Тидам бе: Бланк №1
Бланка т1ехь д1аяздеш долу жоп 17 хьаьркал
сов хила йиш яц.
Нагахь санна жоп шиннах я цул сов дешнех лаьтташ делахь, х1ора дош д1аяздо, юккъехь клетка а ца юьтуш, ц1оьмалг а, кхидолу хьаьркаш а ца х1иттош. Дош дацдина яздан мегаш дац.
Текста юкъара дош я дешнийн цхьаьнакхетар схьаяздеш, текстехь долу церан дожар а, терахь а лардан деза.
№1 йолчу жоьпийн бланка т1ехь г1алаташ девлла жоьпаш нисдан билгалъяьхна меттигаш ю.
Слайд 25
Сочинени-ойлаяр (15.1, 15.2, 15.3)
3-чу декъан т1едиллар кхочушдо 2-чу декъан т1едахкаршца болх беш ешначу текстан буха т1ехь.
3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (15.1, 15.2 я 15.3) цхьаъ хоржу, цунна кхоччуш (аргументированни) дуьззина йозанан жоп а луш.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Сочиненин лаккхара балл – 9
3 дакъа
Слайд 27Сочинени-ойлаяр
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени–ойлаяр
язъе, Толстойн Л.Н. «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь» бохучу дешнийн маь1на а достуш. Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Клишеш:
1. … Цу т1ехь авторца реза ца хила йиш яц …
2. Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, айса ешначу текстера … предложенера масал далор ду.
3. Автора шен текстан … предложенехь меттан г1ирсах … пайдаоьцу.
4. Вайн т1еч1аг1дан йиш ю …
15.1
Слайд 28 Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета
хьо х1окху предложенин маь1нах: «Стеган ц1ена а, тешаме а, къинхетаме а дог дацахь, цуьнан бахамах а, я хьолах а, я цуьнан хазаллех а дан х1ума дац».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Клишеш:
1. Суна хетарехь, автор ешархошка тидам байта г1ерта…
2. Сайн жам1аш т1еч1аг1деш, … предложенера (-шкара) масал далор ду ас.
3. … предложенино (еша) т1еч1аг1йо ойла …
4. Дерзорехь билгалдоккху …
Сочинени-ойлаяр
15.2
Слайд 29 Муха кхета хьо ДОЬНАЛЛА бохучу дешан маь1нах? Кепе
а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Доьналла бохург х1ун ду?» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Доьналлех лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, 2 масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал — т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг – хьайн дахарехь зеделлачух.
Клишеш:
Доьналла – иза …
1. Текстан автора вайн ойла т1еюьгу …
2. Балийначу кхетамах лаьцна сайна хетарг олуш, билгалдаккха лаьа…
3. Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа …
4. Ас далийначу масалша т1еч1аг1до …
Сочинени-ойлаяр
15.3
Слайд 30
Тидам бе:
Диц ма де, сочиненехь 4 абзац хила еза:
1. Дешнийн маь1на дастар. 2. Хьалхара масал. 3. Шолг1а масал.
4. Жам1 (дерзор).
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Слайд 31
15.2 — т1едилларан мах хадоран критереш
Слайд 32Баллийн лаккхара барам: 37
+++
1 дакъа
5 б.
2 дакъа
13 б.
3 дакъа
9 б.
27 б.
10
Слайд 33100 дош
2 б.
> 50
Нийсаяздаран мах хадорехь (ГК1-ГК4) тидаме эца беза жима йозанан белхан а, сочиненин а барам.
0 б.
Нагахь дешархочо кхоллараллин цхьа болх бен кхочуш ца бинехь (я жима йозанан болх, я сочинени), ГК1-ГК4 критерешца мах хадор цу белхан бараме хьаьжжина хуьлу:
1 б.
Слайд 36Экзаменационни болх кхочушбаран мах хадабо 5 баллан т1ег1анца (шкала)
«2»
«3»
«4»
«5»
0-12 б.
13 –
22 б.
32-37 б.
23-31 б.
ГК1-ГК4
4 б.
ГК1-ГК4
6 б.
-
13.02.2023 07:15
- Категория: Чеченский язык
- Просмотров: 28
ПКЭ кечам бар
Урокан цIе: ПКЭ кечам бар. Жима йозанан болх «Оьзда мотт».
Iалашонаш: нохчийн литературин мотт хаар кIаргдар; йозанца шайн ойланаш нийса а, кIорггера а гучуяха Iамор; барта къамелан корматалла лакха а йоккхуш, ойланехь дерг йозане дилла Iамор.
Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза ешначух лаьцна шайна хетарг цхьана кепе а далош, йозане дилла; хаа деза ПКЭ-н форматехь жима йозанан болх язбан.
Урокана эпиграф:
«…Мотт хууш доцчу вайн вешан
Лелачу гIиллакхах доьхна,
Лийр вар-кха къонах, ца вешаш,
Дог эккхаш, дагах катоьхна» (Кибиев Мусбек)
Урок дIаяхьар
I. Урокан кечам бар.
Хьехархо: Де дика хуьлда, бераш. Тахана вайн рогIера ПКЭ кечам баран урок ю. ХIара къамел кхиоран урок ю, хIунда аьлча экзаменан хьалхара дакъа, шуна ма-хаъара, ладоьгIначу текстан буха тIехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу.
II. Ойла тIеерзор.
Эпиграфна далийначу могIанашца, берийн ойла дешарна тIеерзайо.
— ДIадеша, таханлерачу вайн урокана далийна дешнаш. Вайн урокан эпиграфна далийна Кибиев Мусбекан дешнаш ду. Стенах лаьцна хир ю тахана вай болх бийр йолу текст?
(Дешархоша дIайоьшу эпиграф. Дуьйцу шайна хетарг. Текст маттах лаьцна хир ю.)
Урокан Iалашо а, декхарш а хIиттор.
Хьехархо: Тетрадаш тIехь дIаязъе таханлера терахь а, урокан цIе а.
Ойла йе, теме хьаьжжина, хIун декхарш хир ду вайн урокан. (Дешархоша къастадо, муьлха декхарш кхочушдан деза, урокан темах кхетархьама.)
III. Изложени язъян кечамбар.
Бераш, жима йозанан болх язбеш хIун декхарш ду дешархошна хьалха?Текстан коьрта чулацам боцца схьабийца хIун дан деза? Белхан барам мел хила беза?
Хьехархо: Жима йозанан болх юьхьанцарчу текстан коьрта чулацам боцца схьабийцаран кеп ю. Болх хила беза чулацаме а,жоьпаш шайн маьIница вовшех дозуш а. Белхан барам — 50 дош.
IV. Практически болх.
Хьехархочо дIайоьшу текст «Оьзда мотт».
Дайн орамашкара дуьйна схьадогIуш цхьа гIиллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду «Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьадаьллачу дешан лай ву хьо» боху кица. Нахалахь айхьа мел аьллачу дашах жоьпалла ву бохург ду и.
Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болчу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду.
Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна Iама веза, баккхийчаьрга ла а дугIуш, цаьргара масал а оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца Iа, иза вайх хIораннан сица, кхетамца хила догIу жовхIар ду. Цо гIо до оьзда боцчу нехан лаамна кIел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь цIена чекхвала а. (I50 дош) (Уциев А.Х.)
Хьехархо: Жима йозанан болх язбаран коьртачу некъашка хьовса.
2. Слайд «Жимачу йозанан балхана кечам бар»
1. Леррина деша шайна хьалха хIиттийна хаттарш.
2. Юьхьанцарчу тексте ладогIа.
3. Текстан коьрта хиламаш тидаме эца.
4. Хиламийн, ойлаяран хьалха-тIаьхьалла билгалгалъяккха.
5. ХIора хаттарна жоп дала оьшу хаамаш билгалбаха.
6. Юьхьанцарчу тексте ладогIа шозлагIа.
7. Тидаме эцначу хаамех пайда а оьцуш, хIора хаттарна нийса а, дуьззина а жоп ло.
8. Черновик тIехь кхочушбе йозанан болх.
9. Йозанан болх дIа а беший, дешнаш дагарде (уьш 50 дашал кIезиг хила ца деза) Нагахь барам кIезиг хилахь, тIедуза йиш йолу жоп къастаде.
10. Йозанан белхан чулацаме дакъа теллича текстан (жоьпийн) грамматически,орфографически,пунктуационни, къамелан гIалаташ леррина тала.
11. №2 йолчу бланка тIехь цIена а, къаьсташ а дIаязбе йозанан болх.
3. Шуна массарна хьалха хаттарш ду. Леррина дIадеша уьш.
Хаттарш:
1. Дайн орамашкара дуьйна схьадогIуш муха гIиллакх ду вайн?
2. Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь хIун ду?
3. Маца Iама веза стаг оьзда мотт бийца?
4. ХIун ю оьзда мотт?
5. Стенах ларвала гIо до оьздачу матто?
— ЛадоьгIначу текстан буха тIехь хаттаршна жоьпаш язде.Хаттарийн рогIалла санна ларье жоьпийн рогIалла. Предложенешна юкъахь маьIнин а, грамматически а уьйр хIоттайе.
V. Дешархоша шаьш болх бо хаттаршна жоьпаш луш.
VI. Язбинчу белхан таллам бар.
Жоьпаш:
1. Дайн орамашкара дуьйна схьадогIуш цхьа гIиллакх ду вайн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош.
2. Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр.
3. Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна Iама веза, баккхийчаьрга ла а дугIуш, цаьргара масал а оьцуш.
4. Оьзда мотт – иза вайх хIораннан сица, кхетамца хила догIу жовхIар ду.
5. Цо гIо до оьзда боцчу нехан лаамна кIел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь цIена чекхвала а.
ЖамI дар.
— Жима йозанан болх язбеш,коьрта хIун ду?
— Цуьнан барам маса дашал кIезиг хила ца беза?
— Маса жоп хила деза?
VII. Рефлекси: Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна Iеми…
Суна хии…
Со ца кхийти…
VIII. ЦIахь кхочушдан дезарг: Жима йозанан болх язбаран методически некъ дагахь Iамо.
ХIоттийнарг Абуева Товман, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо
Технологически
карта
1. Класс: 5
2. Терахь: 04.02.21ш.
3. Предмет: Нохчийн мотт.
4. Урокан ц1е:Сочинени: «Сан хьоме нана».
5.
Урокан
тайпа: Дозуш долу
къамел кхиор.
6.
Урокан кеп: кхолларалин болх.
7.
Урокан
г1ирс: ручка,
тетрадь.
8.
УМК: М.Р. Овхадов, Ж.М.Махмаев.
9. Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш)
(Урокан 1алашонаш):
Предметни
(Кхеторан):Дозуш
долу къамел кхиор. Шена гинарг а, гуш дерг а, шен ойла а йозанца нйса д1аяздан
хаар.
Метапредметни
(Кхиоран 1алашо):
Текстаца болх бар. Нийса предложенеш х1иттор (шайн ойланца кхетамца).
Предложенешна юкъахь уьйр хилийтар, цхьаьцхьаьнца а, вукхуьнца а доьзна хилар.
Личностни (Кхетош — кхиоран
1алашо):Ненан
меттан, йозане берийн безам кхиор.
№ п/п |
Урокан мур |
Хьехархочун |
Дешархочун |
Планехь |
||
Предметни |
Метапредметни |
Личностни Шен, |
||||
1 |
Берийн (мотиваци) |
Белхан меттигаш |
Урокана кечам бо. Хьехархочуьнга Хезчун маь1на |
Регулятивни: (Х1орамма шен белхан Целеполагани. Познавательни: |
Смыслообразовани (Х1ора дешархочун Самоопределени. саморегуляци |
|
2 |
Хаарийн |
Йина 172- г1а шардар толлу. Дешархошка язйина Хаттарш луш 1амийнарг карладоккху |
Шаьш ц1ахь язйина |
Т1едиллар |
Познавательни: шен Коммуникативни: ларамца цхьа барт |
Маь1на дар |
3 |
Хьехархочо |
Хьехархочо д1айоьшу Дешархоша язйо жима Адамийн дахарехь Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а |
Ладуг1у, цхьац долу |
Нийса предложенеш |
Познавательни: маь1на дан 1ема |
Хьехархочунга |
4 |
Хаттарш |
Хаттарш а луш, Цул т1аьхьа План 1. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА» 2. Доьзалан марзо а ненехь ю. 3. Сан ненан марзонах дуста х1умма а |
Деллачу хаттаршна |
Т1едиллар кхочуш |
Познавательни: Проблемни хаттарш шен оьшуш йолу Коммуникативни: ларамца цхьа барт |
Маь1на дар |
5 |
Дешархошка |
Оцу план т1е а хьожуш, Хьехархочо шолг1а Дуьххьара дешархоша |
Дуьххьара язйо цхьана |
Проблема толлу, |
Целеполагани. Проблемни хаттарш Познавательни: шен |
Смыслообразовани Самооприделени (Шен дагахь дерг |
6 |
Ц1ахь |
Сочиненин кечам бе |
Ц1ахь чекхйоккху |
Т1едиллар кхочуш |
Варианты сочинений ОГЭ чеченский язык
Абдурзаков Ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн маттахь дуккха а бу пайдаэца йиш йолуш суртх1отторан г1ирсаш.Оцу г1ирсашца муьлхха а ойла йийца йиш йолуш, хазна ю вайн мотт.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай Гайсултанов 1.тексте.
Суртх1отторан г1ирсех шуьйра пайдаэцна яздархочо. Масала 15 предложенехь «йиш йоьхна» боху фразеологизм ялайо автора. Оцу меттан г1ирсо вайна хоуьйту, Вадуд цхьана х1уманна сагатдеш хилар.
36 предложенехь ялийначу «дог-ойла юьйхира» фразеологизмаца говза гойту Гайсултановс мел халонга даьлла к1антана ша кехат аннаш юккъехула чудожадар.
Цу тайпа текстера масалшка хьаьжча, вайн т1еч1аг1дан йиш ю нохчийн мотт «башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна» хилар.
П.К. Услара шен дешнашкахь боху: «Нохчийн мотт къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». Цуьнан дешнашца реза ца хила хала ду. Муьлхха ойла, синхаам, хьайна хетарг нийса а,говза а гайта йиш ю вайн маттахь тайп-тайпанчу г1ирсех пайда а оьцуш: метафорех, эпитетех, дустарех и д1.кх. а.
Оцу г1ирсех шуьйра пайдаэцна Ахмадов Мусас шен текстехь.Масала 26 предложенехь ялийна «т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш» фразеологизм. Цуьнца автаро исбаьхьчу кепехь гойту вайна текстан турпалхо леррина шена гучу суьрте хьоьжуш хилар.
Текстан 27 предложени ешча кхин цхьа суртх1отторан г1ирс карабо вайна « кхохкийна юьхь» боху эпитет. Оцу эпитетах пайдаэцарца гойту вайна яздархочо Леча шена гучух ч1ог1а цатам хилла, реза воцуш хилар.Цул совнаха кхузахь хаало вайна иза нахах дог лозуш, къинхетаме стаг хилар.
Вайна ма-гарра Ахмадов Мусас шен текстаца тоьшалла до нохчийн мотт хаьлдолуш а, хаза а хиларан.
Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.
Масала Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.
Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.
Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.
Источник
Методические разработки уроков развития речи на чеченском языке
Выбранный для просмотра документ Сочинени аьхка бешахь.doc
Урокан ц1е: «Аьхка бешахь».
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна 1емар ду шайна суьрта т1ехь гуш долчух барта жима дийцар х1отто, и д1аяздан.
Регулятивни : берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица дийцар яздар.
Коммуникативни: берашна хуур ду шайна хетарг д1аала. Хьехархочо деллаачу хаттаршна дуьззина жоьпаш дала, уьш д1аяздан.
Познавательни: берашна 1емар ду оьшу г1ирс книги т1ехь ган, интернет чохь каро.
3. Личностни : берашна хуур ду дахарехь шайн могашаллина пайде дерг каро, цунах пайдаэца. Кегий болуш дуьйна кхуьур ду дика г1иллакх ойланца.
2. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла книгин 25 –га1 аг1о. Х1ун ю иза? (Сурт ду).
-Х1ун дийр дув ай оцу суьртаца? (Дийцар х1оттор ду).
-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?
-Бераш, вай тахана язйийр ю суьртах лаьцна сочинени : «Аьхка бешахь».
-Хьовса оцу суьрте? Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Бешахь беш болу болх).
-Х1ун эр дара аша бешахь бечу балхах лаьцна?
-Сочинени язъяр стера т1ера д1адолор ду вай? Бечу балха т1ера йолор ю я оцу бешах лаьцна эр ду вай жимма? (Бешах лаьцна эр ду).
— Дийца бешах лаьцна. Х1ун кхуьу цигахь? Уьш масса хуьлу? Чуерзо масса йоло мега?
-Шозлаг1а х1ун эр ду вай? (Бешахь бечу балхах эр ду).
-Хьаьнгахь ду ведар? Цо х1ун до?
-Х1ун яздийр ду вай коьртачу декъана т1аьхьа? (Оцу стоьмаша беш болу пайданах лаьцна).
-Стенна оьшу стоьмаш? Царех х1ун йо? Муха ду могушаллинна стоьмаш баар? Цаьрца х1ун ю? (Витаминаш).
-Х1ун яздийр ду аша доьалг1ачу декъехь? (Болх бечу берех лаьцна).
-Муха бераш ду и болх беш дерш? Х1унда ду уьш дика бераш? Аша дой иштта г1уллакхаш).
-Бераш масса дакъа нисделира вайн дийцаран? (Диъ).
-Стенах лаьцна дара хьалхара дакъа? (Бешахь долчу беркатах лаьцна. Уьртахь беш хиларх лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур яра оцу декъана? (Бешахь долу беркат).
-Стенах лаьцна дара шолг1а дакъа? (Бераша бечу балхах лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Дешархоша чуберзабо стоьмаш).
-Стенах лаьцна дара кхоалг1а дакъа? (Стоьмаша бохьучу пайданах лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Стоьмаша могашалла тойо).
-Стенах лаьцна дара доьалг1а дакъа? (Дешархойх).
-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Дешархоша г1о до баккхийчарна).
Уьн т1е д1аязйо план.
1. Бешахь долу беркат.
2. Дешархоша чуберзабо стоьмаш.
3. Стоьмаша могашалла тойо.
Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ).
-Муха яздийр ду х1ора дакъа? (Ц1ечу моганчуьра).
Сочинени язъян кечам бар
-Д1адеша планан хьалхара дакъа. Х1ун ю шу юьртахь? (Юьртахь ю йоккха стоьмийн беш).
-Муьлха стоьмаш кхуьу цигахь? (Бешахь кхуьу тайп-тайпана мтоьмаш: хьечаш, 1ежаш, кхораш, шапталш).
-Муха хила уьш кхушарахь? (Кхушарахь уьш хилира хьийкъина).
-Д1адеша шолг1а дакъа. Муьлш баьхкина стоьмийн беша? (Дешархой баьхкина стоьмийн беша).
-Цаьргахь х1ун ю? (Цаьргахь ду ламиш, ведарш, тускарш).
-Х1ун до Бакъис? (Бакъис стоьмаш схьабоху).
-Х1ун до Эсилас? (Эсилас уьш тускарш чу д1анисбо).
-Х1ун до Яхас? (Яхас к1елла 1енна стоьмаш схьагулбо).
-Х1ун до Вахас? (Вахас стоьмаш юьстахбоху).
-Муха къахьоьгу бераша? (Бераша бертахь къахьогу).
-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Оьшуш буй вайна стоьмаш? (Стоьмаш ч1ог1а оьшуш бу).
-Х1ун йо царех? (Царех йо компоташ, варетеш).
-Муха ду стоьмаш баар могашаллина? (Стоьмаш баар могашаллина ч1ог1а пайде ду)
-Х1ун ю цаьрца? (Цаьрца ду вайна дег1ана оьшуш долу витаминаш).
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?
7. Ц1ахь бан болх балар
Шардар № 43, аг1о 26.
Выбранный для просмотра документ сочинени 1а т1едеана.doc
Урокан ц1е: «1а т1едеана».
Кхочушдан лерина жам1аш:
3. Личностни : берийн алсамдер ду пайдениг дан лаар, 1аламан хийцамех дерг ган, цуьнан пайдаэца.
2. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 79-г1а аг1о. Караде шардар № 158ю
-Х1ун т1едуьллу цо вайна? (Дийцар яздан).
-Х1ун дийр ду вай тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу вай?
-Вай тахана язйийр ю сочинении : «1а т1едеана».
3. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана шийла 1а).
-Х1ун оьг1у стиглара охьа? (Стиглара охьаоьгу лайн чимаш).
-Стено хьулдина латта, ц1ийнойн тхевнаш? (Лайно хьулдина латта ц1ийнан тхевнаш).
-Х1ун хилла хишна? (Хишна шаш бина).
-Муха ду х1аваъ? (Х1аваъ шелделла).
-Муха ду дийнош, буьйсанаш? (Денош дацделла, буьйсанаш язъелла).
-Бераш кхоьрий шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах).
-Цара х1ун до? (Уьш 1арахь ловзу).
-Шуна х1ун аьлла хета: арахь ловзар пайде ду я зуламе ду? (1ай арахь ловзар ч1ог1а пайде ду. Ц1еначу х1авао могашалла тойо. Шелоне дег1 доьлча цамгарш лехьор яц. )
-Муха хетта шуна 1а? (Суна хазахета 1ай).
-Стенан тидам боа ша? (аса тидамбо охьаоьгучу лайн чимийн, хийцалучу стиглан).
План х1оттор. Х1ора декъан чулацам бовзар.
-Х1ун дара коьрта? (1аламехь 1аьно бо хийцамаш)
-Х1ун ц1е хир ю оцу декъан? (1аламан башхаллаш).
-Х1ун дара шолг1а тидам бинарг? (Берийн ловзарш).
-Х1ун элира могушаллех лаьцна? (1аьно ловзаро могашалла тойо).
-Х1ун хетта шуна 1аьнах лаьцна? Стенан тидам бо аша? (Суна хазахета 1а)
Уьн т1е план д1аязйо.
1аьнан 1аламан башхаллаш
Берийн самукъадолу 1ай.
Сочиненин х1оттам билгалбар, х1ора декъан чулацам таллар
-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ).
-Муха билгалдоккхур ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра яздийр ду).
-Х1ун яздийр ду аша 1аьнан 1аламах лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарех лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарша бечу пайданах лаьцна?
-Х1ун эр ду аша шайна хетачух?
-Х1ун дара халаниг? Х1ун дика нисдели шун?
Шардар № 157, аг1о 79.
Выбранный для просмотра документ сочинени б1аьсте.doc
Урокан ц1е: «Б1аьсте».
1алашо: суьрта т1ехь гучух, шайна зеделлачух лаьцна барта дийцар х1оттор. И дийцар 1аламан хиламехь хуьлучу хийцамийн рог1алла агойтуш д1аяздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна хуур ду гуьйренах лаьцна жима дийцар х1отто. Цуьнан чулаца ца талхош иза д1аяздан хуур ду. 1емар ду нийса предложенеш х1итто, оьшуш долу дешнаш каро.
Регулятивни : берашна хуур ду шаьш бийр болчу белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица болх бан.
Познавательни: берашна хуур ду суьрта т1ехь х1ора декъах дог1уш дерг каро. Цунна оьшу г1ирс лаха.
3. Личностни : берашна 1емар ду 1аламан тидам бан. 1аламах, Даймахках ваккхийвер долуш корматталла йолуш дешархой хир бу.
2. 1алашо йовзийтар.
«Б1аьстенан мог1анаш»байт ешар.
Самаевли хьан серлонца.
-Стенах лаьцна ю байт? (Б1аьстенах).
-Д1аелла учебникан 143-г1а аг1о. Караде шардар № 287. Х1ун боху вайга т1едилларо? (Б1аьстенах лаьцна дийцар язде боху).
-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?
-Тахана вай язйийр ю б1аьстенах лаьцна сочинени.
3. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Б1аьсте ю).
-Муха эр ду цунах лаьцна? (Т1ееана хаза б1аьсте)
-Х1ун хийцамаш хуьлу б1аьста? Муха кхета вайна х1инца малх? (Стиглахь лепа дашо малх).
-Х1ун хийцамаш бина малхо х1оттийначу йовхоно? (Малхо х1аваъ дохдина. Л оду массо меттехь дешаш. Хишна бина шаш бу бешаш).
-Кхин х1ун ю суьрта т1ехь стиглахь гуш? (Олхазарш).
-Х1ун яздийр ду вай олхазарех лаьцна? (Олхазарш ду бовхачу махкашкара ц1а уьдуш. Цара тобо шайн шира баннаш).
-Х1ун хийцамаш бу адамийн дахарехь? (Кхаш т1ехь кхехкаш бу болх.Адамаша д1адуьй ялташ: хьаьжк1аш, к1а,хохаш).
-Муха г1уллакх деш ду бераш? (Бераш а дац мокъа 1аш. Цара олхазаршна баннаш до, царна яах1ума таса меттигаш йо. Бераша баккхийчарна г1о до).
(Ц1ераш тахка берашна)
-Муха хетта шуна б1аьста? (Хаза ду б1аьста).
4. Сочинении язъян кечам бар.
-Вай къамелехь масийтта тема йолийра: б1аьсте ялар, 1аламан хийцамаш, олхазарш, сагалматаш, адамийн дахар, берийн ловзар.
-Муха йолор ю вай сочинени? (Б1аьсте яларх лаьцна яздийр ду).
-Х1ун ц1е туьллур ю аша цу декъана? (Т1ееана хаза б1аьсте).
-Шолг1а декъана х1ун ц1е туьллур ю? (1алам самадолу).
-Хьанах лаьцна хир ду цул т1аьхьа долу дакъа? (Адамийн дахарх).
-Х1ун ц1е туьллур ю цунна? (Адамаша го кхаш т1ехь).
-Хьанах лаьцна хир ду цул т1аьхьа долу дакъа? (Берийн дахарх).
-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна? (Берийн самукъадолу б1аьста).
Уьн т1е д1аязйо план.
Т1ееана хаза б1аьсте.
Адамаша го кхаш т1ехь.
Берийн самукъадолу б1аьста
-Маса дакъа хир ду сочиненин? Муха билгалдоккху х1ора дакъа?
-Д1аеша план. Х1ун яздийр ду аша б1аьсте т1еярах лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша 1алам самадаларх лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша кхаш т1ехь болчу нахах лаьцна?
-Х1ун яздир ду аша берийн дахарх лаьцна?
Г1оьнна дешнаш довзийтар.
Источник
Конспект урока на тему «Синтарш дег1ар (сочинени)»
Тема : Сочинени «Синтарш дег1ар».
1алашо: суьрта т1ехь гуш долчуш, шайна зеделлачух пайда а оьцуш,хаттарийн г1оьнца дийцар х1отто 1амор, текстан бакъонаш ларъеш, и д1аяздан 1амор.
Юкъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: 1емар ду хаттарийн г1оьнца жима дийцар х1отто, текстан бакъонаш ларъеш и д1аяздан.
Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха хуур ду; шайн белхан мах хадо хуур ду.
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; хуур ду 1аламах, дикачу г1уллакхах лаьцна ала дика дешнаш къасто.
Х1ума довзаран: х1ума довзар, ойлаяр алсамдер ду.
Личностни: 1алам дукха дезар, пайдениг дан лаам кхуьур бу дешархойн.
II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
1.Ц1ера болх таллар.
Упражнени № 386, аг1о 187-188.
III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.
1. Упражнени № 384, аг1о 187.
-Д1аелла учебникан 187-г1а аг1о.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени? (Дийцар х1отто деза).
-Вай тахана жима сочинении язйийр ю суьрта т1ехь гуш долчух лаьцна.
IV . Сочинении язъян кечам бар.
1. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Шеран муьлха хан ю? (Б1аьсте).
-Муха ду де? (Де ду хаза).
-Суьрта т1ехь болчарна ц1ераш тахка.
-Хьанна хиира иза? (Иза хиира Юсупна, Мохьмадна).
-Цаьршинна хун лиира? (Цаьршинна лира Дудина г1о дан).
-Х1ун еара Юсупа? (Юсупа бел еара).
-Х1ун дира цо? (Цо оьрнаш дехира).
-Х1ун еара Моьхьмада? (Мохьмада хитухург еара).
-Х1ун дира цо? (Цо синтарш оьрнаш чу а дохкуш, царна хи туьйхира).
-Х1унда дихкира цу шимма синтарш д1а? (Шина к1анта синтарш д1адихкира, уьш кег ца далийта).
-Мила кхечира цаьршинна т1е? (Цаьршинна т1е кхечира воккха стаг).
-Стенна оьшу синтарш? (Синтарш даккхий хир ду. Цара 1индаг1 латтор ду. Даккхийчу дитташа стоьмаш ло. Уьш ч1ог1а пайде бу).
-Пайде я зуламе г1уллакх ду шина к1анта динарг? (Шина к1анта динарг пайде г1уллакх ду).
-Муха хетар ву ши к1ант нахана?(Наха и ши к1ант дика ву бохуш вуьйцур ву).
2. Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.
-Муьлха текст хир ю иза? (Текст-дийцар).
-Муьлха йолор ю вай сочинени? (1аламах лаьцна дуьйцуш).
-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна?
-Муьлханиг хир ду коьрта дакъа? (Шина к1анта деш долчу дикачу г1уллакхах лаьцна. Дитташ бечу пайданах лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур ю аша цунна?
-Муха ерзор ю аша сочинени? (Шина к1анта динчух лаьцна тхайна хетарг яздийр ду).
Долор. 1. Б1аьстенан де.
3. Диттах болу пайда.
Дерзор. 4. Дика г1уллакх нахана диц ца ло.
-Маса дакъа хир ду вайн текстан?Муха билгалдоккху х1ора дакъа?.
V . Сада1аран миноташ.
(Дешархоша оцу темина шайна лаахь, шайна хетачу кепара язъян мега сочинени).
(Дешархоша д1айоьшу шайн сочиненеш. Шаьш мах хадабо церан).
-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?
1. Упражнени № 386, аг1о 187.
Номер материала: ДБ-1162431
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Источник
Конспект урока чеченского языка 3 класс
Нохчийн мотт 04.02.2021ш
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе безам кхоллар
-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «1а»
3. Суьртах лаьцна къамел дар.
(Хьехархочо гойту сутр «1а»)
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (1а)
-Муха эр дара 1аьнах лаьцна? (Т1едеана шийла 1а)
-Муха ду денош, буьйсанаш? ( Денош дацъелла, буьйсанаш яхъелла)
-Муха ду арахь?( Арахь диллина ло оду)
-Х1ун эга стигла охьа? (Стиглара охьаэга лайн чимаш)
-Бераш кхоьруш дуй шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах)
— Х1ун до цара?(Арахь ловзу бераш).
-Ц1ераш тахка царна.
-Х1ун до Ризвана? (Ризвана салаз хохку)
-Х1ун до Ибрашкас? (Ибрашкас лыжеш хохку)
-Х1ун до Пет1мада, Адамас?( Пет1мата, Адамас а конькеш хохку.)
-Муха хетта берашна 1ай? (Берашна 1ай ч1ог1а хазахета)
-Муха ду могашаллина берийн ловзарш? (Берийн ловзарш ч1ог1а пайде ду могашаллина)
-Х1унда? (Х1аваэхь левзича иммунитет ч1аг1ло, цамгарш ца лехьайо)
-Шуна муха хетта 1ай?
4. Сада1аран миноташ.
а)Сочиненин х1оттам таллар
-Маса декъах хир ю сочинении? (Кхаа)
-Маса декъах хир ю сочинении? Муха яздан деза х1ора дакъа?
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
(Бераша язйо сочинении)
7. Ц1ахь бан болх балар
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Источник
Сочинение по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость»
Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.
Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.
Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.
Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.
Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.
Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,
Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.
Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,
Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.
Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла
1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…
Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.
Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.
Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:
«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.
Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.
Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.
Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.
Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.
1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,
Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!
Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,
Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,
Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!
2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,
Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!
Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,
Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,
Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)
Вай олу Даймохк-Нана.
Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.
Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:
«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:
«Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц!»
— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.
Номер материала: ДБ-704124
Не нашли то что искали?
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
Источник