I-ра урок.
ДIадолор.
пв кадре: Де дика хуьлда шун.
Тахана вайн урок йу нохчийн гоьваьллачу йаздархочун Гайсултанов Iумаран дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта вай дийцаре дийр ду цуьнан «Кегий йийсарш» повестан дакъа а.
слайд: —-Iумар Гайсултанов шен исбаьхьаллин произведенеш леррина берашна, кегийрхошна йазйечу йаздархойх хьалхарниг вара. Иза вина I920-чу шарахь Шелахь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Жимачу Iумарна дуьйцуш хилла цо уьш. ХIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хетта шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара.
Йуьртара школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа, Грозненски рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар.
в кадре: I94I–I943-чуй шерашкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъа лоцу цо. Нохчийн къам махкахдаьккхинчу хенахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхйаьккхина Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историн-филологин факультет. I958-чу шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран киншкаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан белхаш дина.
слайд: I959-чу шарахь арайолу Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар”.
Цуьнан произведеш: “Кавказан лаьмнашкахь”,“Сема лергаш”, “Керлачудахаре”“Тешаме доттагI” .
Оцу произведенийн коьрта тема, берийн, кегийрхойн дахар дара, церан уьйраш, лехамаш бу авторан тидамехь.
в кадре: Масех лачдийцарш а юду Iумаран кхоллараллехь. Царах ду «Барзо амал цахуьйцу», «Кхо стуй, борззий» цIерашйолу.
Нохчийн Республикин тайнигин театрехь йеххачу хенахь кхиамца хIиттийна йаздархочун пьесаш: «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа».
слайд: I974-чу шарахь зорбане йаьлла Гайсултанов Iумаран, исторехь хиллачийн буха тIехь йазйина йолу повесть “Александр Чеченский”. Исторически тема ойъу автора шен керлачу произведенехь.
в кадре: «Кегий йийсарш» оцу повестан цхьа дакъа ду, амма иза дийцар лара мегар ду, хIунда аьлча, дийцарехьсанна повестан декъехь турпалхочун дахаран кIеззигчу хиламех лаьцна дуьйцу цо. Дакъалоцурш а дукха бац, ткъа и хиламаш йоццачу хенан гурашка берзийна бу.
Повестан декъа тIехь буьйцург шайх Мансур коьртехь волуш,
Нохчаша шайн маршонехьа Россин паччахьан эскарца дIахьош болу къийсам бу. Оьрсийн паччахьан эскаро БухIан-Йурт йохош церан каравахана жима кIант Iали.
«Кегий йийсарш» Повестан дакъа довзуьтур ду вай шуна.
слайд:
Йаздархочо шен «Кегий йийсарш» декъа тIехь цу заман дахаран къеггина долу сурт хIоттийна. Бовхачу безамца кхоьллина авторо коьртачу турпалхочун васт. И ву жимачохь нана а кхелхина, да кест-кеста бIоца тIаме а воьдий, гергара кхин цхьа а стаг воцуш, лулахочо Асмаа, йуъучуьнца-молучуьнца тергойеш волу жима Iали.
в кадре: Иштта Iалин доттагI, цул ши шо жима, Асмаан кIант Хьасин. Дийнна де шина беро хи тIехь луьйчуш йа бешахь долчу комаран дитта тIехь доккхура, дитта тIе валардихкина доллушехь. (Нанас дов дора, кIант дитта тIера охьакхетарна кхоьруш). Амма цамагош долу хIума марзлуш хуьлу.
Маьрша йацара зама. Иштта хIара шиъ комаран дитта тIехь Iаш, цIаьххьана оьрсийн бIо тIелета йуьртана.
Слайд:
..Сихйина йуьйлура тоьпаш, декара «ура», йеттара вота…
ЦIераш тийса йолийра эвларчу цIенойх маьI-маьIIехь.
в кадре: —-Повестан декъа тIехь вайна го оьрсийн цхьаболчу салташкахь къизаллийца цхьаьна къинхетам хилар а.
Слайд:
Мироныч Iали тIехь волчу дитта тIе вахара…
Липат Иванович вукху дитта тIе вахара. Хьалакхевдинчу цо Хьасин схьалецира, ларвеш охьаваьккхира. Хецна воьлхучу йуьхь тIера хиш, хьалха охьа а лахвелла, куьгхьаькхна дIадехира цо. Хьоьстуш бохура:
-Ма велха, жиманиг. ХIумма а дийрдац хьуна. Хьоьца беш баций и тIом.
в кадре: -Ши кIант жима велахь а, авторо церан амалш гойту цу шиммо дечуьнца. Оьрсийн салташна каравахале а, йийсарш хуьлуш а, хиллачул тIаьхьа а шина кIанта дийригдуьстича, вайна доьналлица, майраллица къаьста Iали. Цунна тоьшалла ду оьрсийн салтичо Мироныча цунах лаьцна олуш дерг:
Слайд:
— И Iаьржаниг чIогIа майра кIант ву. Кара цаван, дитта буьххье хьалавелира, дуткъачу гатIехь лестара. И шен жима накъост воьлхуш цахиллехьара, караван дагахь а вацара.
Дитта тIера охьавоьссича, жимачун куьг а лаьцна, ведира иза. Ткъа тIаьхьа а кхиъна аса схьалаьцча, сан пхьаьрсах цергаш йоьхкира…
в кадре —-Оьрсийн кара воьду ши кIант, амма йаздархочо коьрта тидам Iалина тIе бохуьйту. Ша жима велахь а, мостагIашна хьалха бIо ца къажош, къарвала цатуьгуш, майра хиларца билгалволу и.
Авторо иштта йаздо цунах лаьцна:
ГIопа схьавалийра Iали а, Хьасин а.
Слайд:
Оцу хенахь керта балийра кхин йийсарш. Мансуран бIоца тIом хиллачохь карабалийна бара уьш…
Берашна йуккъера схьа а оьккхуш, йийсарх хьаьрчира кIант:
— Жума! –мохь а болуш.
-Ой, -олуш, воьхна кIентан коьрта тIе могаш куьг диллира Жумас.
Цхьа салти и шиъ дIасакъасто вуьйлира. Тоьпан бух Iуьттуш, кIанте элира цо:
-Мегар дац. Йухавала!
Йуха а хьаьжна, буйнаш къевлира кIанта. БIаьргаш оьгIазе догура:
-Ма Iитта тоьпан бух, -элира цо.
в кадре —-Раевский йукъавуьйлира, хьалххе дуьйна кIанте безам бахана волу. Гергара вуй аьлла, хаттийтира цо Жумега. Жумас жоп делира:
Слайд:
-Вац. Цхьана эвлара ву. Кхуьнан да селхана тIамехь вийна. Да а, нана а доцуш бо ду хIара хIинца.
Дех лаьцна аьлларг хезначу кIентан бIаьргех охьахаьвдира мела хиш.Гуш дара и сатоха гIерташ хилар, амма цалабаллал беза бара тIебеана бала. Когаш тIе охьа а лахвелла, куьйгашца дIахьулйира кIанта йуьхь.Белшаш йегайора.
в кадре: Майралла чIогIа лоруш, ша а хIуманна бIо къажор боцуш хиларна и кIант везавеллера Раевскийна, майра тIемало хир ву цунах аьлла, сацийра. Цундела дара цо и харжар.
Иза кхетош-кхиор шена тIелоцу Раевскийс, хьаькамашка дехар а дой.
Николай Николаевич Раевский ша а исторехь йоккха лар йитина турпалхо ву.
Раевскийс туьллу цунна Александр цIе а, дуьненна а вевзаш волу полководец Александр Македонский санна, гIараваьлла тIемало и хиларе дог дохуш.
Слайд:
КIантана цIе хIун туьллур йара-те бохуш, ойла йора Раевскийс. Хийла цIераш дагайаьхкира, амма цхьа а тIе ца ийцира. КIантана кхета аттаниг, дагахь лаьттайерг лоьхура. «Iали, Iали, хIун цIе туьллур ЙАра хьуна?-бохура цо ша-шега йух-йуха. ЦIаьххьана нур даьгча санна, коьрта чу хьевзира. –Ой, аса лелориг хIун ду? ЦIе-м цуьнан шен а йолуш ма йу-Iали. И оьрсийн маттахь йаьккхичахьана, чекх ма долу дерриг а, Александр. Хаза цIе а йу. Македонскийн а ма хилла цIе Александр. ХIара а хир ву, суна хIума хаахь, гIараваьлла тIемало»…
-Александр Николаевич Чеченский ву хьо!
Иштта йеха шен цIе йаккхарх дозалла дира кIанта. Тайра цунна шена тиллина цIе.
в кадре:—- Росси дIавигначултIаьхьа, РаевскигIеран доьзалехь хьалакхиъна Iали. ТIеман гIуллакхашкахь шегара хьуьнарш, доьналла а гайтарна дуккха а совгIаташ дарца а, мидалш йаларца а билгалваьлла хилла иза, инарла-майоран дарже а кхочу и тIаьххьара.
—- Тахана вайна девзи Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Иштта вай дийцаре ди цуьнан «Кегий йийсарш» повестан дакъа а.
Кхоллараллин таронаш йаккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Цуьнан кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиарехь мехала йара.
Кху тIехь вешан урок йерзор йу.
Iодика йойла!
Марша Iойла шу!
Тест
I. Мила ву нохчийн литературехь леррина берашна йазйечу йаздархойх хьалхарниг?
I. Мамакаев I. 3. Гайсултаноа I.
2. Арсанукаев Ш. 4. Бадуев С.
2. Iумар Гайсултанов вина… .
I. I9I5 шарахь, БухIан-Йуьртахь. 3. I9I4 шарахь, МахкатIехь
2. I920 шарахь, ГIойтIахь 4. I920 шарахь, Шелахь.
3. Гайсултанов Iумаран литературе шовкъ кхоьллинарг?
I. Нана 3. Денана
2. Да 4. Деда
4. Гайсултанов Iумаран дуьххьара муьлха книга арайьлла?
I. “Сема лергаш” 3. “Къийсаманновкъахь”
2. “Болат-ГIала йожар” 4. “ТешамедоттагI
5. ХIара произведени Гайсултанов Iумарс язйина
I. «ЦIен маьхьси» 3. «Зайнди»
2. «Баппа» 4. «Александр Чеченский»
Описание презентации по отдельным слайдам:
-
1 слайд
Нохчийн литература
Prezentacii.com
5 класс -
2 слайд
Урокан ц1е:
Гайсултанов 1умар Эдилсултанович
«Кегий йийсарш»
Г1ап. -
-
-
-
6 слайд
I. Мила ву нохчийн литературехь леррина берашна йазйечу йаздархойх хьалхарниг?
I. Мамакаев I. 3. Гайсултаноа I.
2. Арсанукаев Ш. 4. Бадуев С.2. Iумар Гайсултанов вина… .
I. I9I5 шарахь, БухIан-Йуьртахь. 3. I9I4 шарахь, МахкатIехь
2. I920 шарахь, ГIойтIахь 4. I920 шарахь, Шелахь.3. Гайсултанов Iумаран литературе шовкъ кхоьллинарг?
I. Нана 3. Денана
2. Да 4. Деда
4. Гайсултанов Iумаран дуьххьара муьлха книга арайьлла?
I. “Сема лергаш” 3. “Къийсаманновкъахь”
2. “Болат-ГIала йожар” 4. “ТешамедоттагI
5. ХIара произведени Гайсултанов Iумарс язйина
I. «ЦIен маьхьси» 3. «Зайнди»
2. «Баппа» 4. «Александр Чеченский» -
7 слайд
Герггара план.
1. Маьрша йоцу зама.
2. Ши лулахо а, церан берийн дахар а.
3. Юьртана оьрсийн эскар т1елатар.
4. Оьрсийн салташа ши к1ант йийсарвар.
5. Оьрсийн эскаро эвла яккхар. -
8 слайд
Г1ап – мостаг1чунна дуьхьало яран 1алашонца йина ч1аг1о.
Талмаж — барта гочдархо.
Г1овтал — божарийн бустамаш долу т1ехулара бедар.
Рапорт — г1уллакхдаран хаам, лахарчу чинехь волчо хьаькаме бохьуьйту хаам.
Денщик — эпсаран чуьра а, кхидолу а декхарш кхочушдеш волу салти.
Окази — посылка, кехат, кхийолу х1ума д1аяхьийта баьлла аьтто. -
9 слайд
Герггара план.
1. Шина салтичун дийцар.
2. Ирча кхаъ.
3. Жумин хьехам.
4. Йийсар хилла 1ен цалаар.
5. Россе боьду некъ. -
10 слайд
Синквейн
Даймохк
Хьоме Мерза
Кхиаво 1алашво Ницкъ ло
Хьомечу Даймахко ваха ницкъ ло
Нана -
11 слайд
Тахана урокехь
Со ца кхийти…
Суна хазахийти…
Суна хии… -
12 слайд
Шаьш бинчу белхан мах хадор.
Оха тахана дика болх бира,
тхан цхьа г1алат дацара!Оха тахана болх бира, амма
кхин а дика дика балур бу
аьлла хета тхуна!4
-
13 слайд
Ц1ера болх:
166-177 аг1о хаттаршна жоьпаш.
Обновлено: 11.03.2023
Г1ирс: Яздархочун сурт.
1.Ц1ера болх таллар .
2.1алашо йовзийтар .
-Вайна вевзар ву нохчин литературан бухбиллархо.И ву вайн нохчийн г1араваьлла яздархо 1.Гайсултанов.
3.Хьехархочун дош.(юххедиллар)
4.Керла дийцар довзийтар.
Хьехархочо д1адоьшу дийцар.
Чулацамах къамел дар.
-Хьенан ц1арах яздина х1ара дийцар?
5.Сада1аран миноташ.
6.Бераша д1адоьшу дийцар.
7.Схьадица кечам бар .
-Муха д1адолало дийцар?
-К1анта сада1арх лаьцна х1ун эр дара аша?Муьлха ду коьрта маь1на лело дешнаш?(т1екхечира, йоккхура).Буха сиз хьакха.
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
Технологически карта
1. Терахь: .5 а 5 в 5 г 5 д
2. Предмет: Нохчийн литература
4. Урокан тайпа: ийна
5. Урокан кеп: Шаьш беш болу болх, фронтальни, кхоллараллин
6. Урокан г1ирс: Книга, ручка, тетрадь, кехаташ.
Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):
Предметни (Кхеторан): ешначу текстан анализ яр хаарш т1еч1аг1дар;
Метопредметни (кхиоран): Керста велахь а ,болучуьнгахь къинхетам хуьлий дешархошна хаийтар.
Личностни (кхетош-кхиоран): Масал эца 1амор, литературе безам бахийтар.
Хьехархочун болх
Дешархочун болх
Планехь долу хиндерг
Метапредметни
Шен, долахь долу
Берийн ойла дешарна т1еерзор
Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар.
Вай тахана хьанах лаьцна дуьйцар ду хаьий шуна?
Гайсултанов 1умар аьлча, уггар хьалха вайна дага дан дезаш х1ун ду? (иза берийн яздархо хилар)
Цуьнан литературе безам хьан бахийтина? (денанас Себибата)
Урокана кечам бо.
Хьехархочуьнга маршалла хаттар.
Хезчун маь1на къастор
(Х1орамма шен белхан кечам бар).
Познавательни: анализ яр, керлачун хаам бар.
(Х1ора дешархочун урокан мотиваци яр).
Ц1ахь 1амийнарг хотту.
Х1ун меттиг д1алоцу нохчийн литературехь Гайсултанов 1умара?
2. Мичахь, маца вина яздархо Гайсултанов 1умар?
3. Муьлхачу жанрашкахь язъеш хилла шен произведенеш яздархочо?
4. Стенах, хьанах лаьцна язъеш хилла цо шен произведенеш?
Доклад язде Гайсултанов 1умаран дахар а, кхолларалла а аьллера шуга.
Хаттарна т1ехь болх бар.
Т1едиллар кхочуш дар
(таллар, бинчу балхан мах хадор), шен оьшуш йолу материал къасто хаар.
Коммуникативни: Шен дагахь дерг нийса д1аала хаар
оьшуш йолу материал къасто хаар
Керла коьчал йовзийтар
Повестан декъа тIехь буьйцург шайх Мансур коьртехь волуш,
Нохчаша шайн маршонехьа Россин паччахьан эскарца дIахьош болу къийсам бу. Оьрсийн паччахьан эскаро БухIан-Йурт йохош церан каравахана жима кIант Iали.
Дешархошка хаттарш.
— Г1опе схьавалийнчу 1алих лаьцна х1ун дийцар шина салтичо?
-Талмажа шайга аьлларг муха т1еийцира йийсарша?
-1алин муха хьехара дира Жумас?
-Муха к1анта хета шуна 1али?
-Х1ун бахьана дара Раевскийна 1али везавалар?
-Х1ун ойла кхоллаелла цуьнан коьртехь 1алин хьокъехь?
Бина болх гойту.
Ешарехь, къамел дарехь дакъа лоцу.
Т1едиллар кхочуш дар.
Познавательни: шен оьшуш йолу материал къасто хаар.
ларамца цхьа барт хилар
Дешнаш т1ехь болх
Г1ап-мостаг1чунна дуьхьало яран 1алашонца йина ч1аг1о.
Талмаж-барта гочдархо
Г1овтал-божарийн бустамаш долу т1ехулара бедар.
Денщик-эпсаран чуьра а ,кхийолу х1ума д1аяхийта баьлла аьтто.
Бина болх гойту
Т1едиллар кхочуш дар.
Познавательни: шен оьшуш йолу материал къасто хаар.
ларамца цхьа барт хилар
Ц1ахь бан болх.
Ц1ахь бан болх д1аязбо.
Урокана маь1на а, жам1 а дар.
-Тахана, вай стенах лаьцна дийцира?
-Вайн 1алашо х1ун яра?
-1алашоне кхаьчна аьлла хети шуна вай?
-Керла х1ун девзира шуна?
-Ца кхеташ дисира х1умма?
Урокехь 1амийнарг билгал а доккхуш, 1амош йолу материал йийцаре ярехь дакъалаьцначу дешархошна оценкаш а йохку.
Со дика кхийтира
Со ца кхитира
Со жимма кхийтира.
Хаттаршна нийса жоп ло. Шаьш бинчу балхана мах хадор, х1оттина хиллачу 1алашонаш дешархоша муха кхочуш йина хаар.
1амийначун жам1 дан 1ема
Регулятивни (таллар а, бинчу балхан мах хадор), шен м1аьна кхоллала. Коммуникативни:
Познавательни: (анализ, жам1 дар)
Ша – шен хаарш таллар, масийта тайпана мехала хаарш к1оргло
Краткое описание документа:
Технологическая карта по чеченской литературе.Гайсултанов 1умар Эдильсултанович «Кегий йийсарш» Г1ап
- подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- по всем предметам 1-11 классов
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
Курс повышения квалификации
Скоростное чтение
Курс профессиональной переподготовки
Русский язык и литература: теория и методика преподавания в образовательной организации
- ЗП до 91 000 руб.
- Гибкий график
- Удаленная работа
Дистанционные курсы для педагогов
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
5 593 684 материала в базе
Материал подходит для УМК
Самые массовые международные дистанционные
Школьные Инфоконкурсы 2022
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
- 04.02.2021 742
- DOCX 21.5 кбайт
- 34 скачивания
- Оцените материал:
Настоящий материал опубликован пользователем Ильсаева Хава Мусаевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Автор материала
40%
- Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- Для учеников 1-11 классов
Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов
Дистанционные курсы
для педагогов
663 курса от 690 рублей
Выбрать курс со скидкой
Выдаём документы
установленного образца!
Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки
Время чтения: 11 минут
В приграничных пунктах Брянской области на день приостановили занятия в школах
Время чтения: 0 минут
Школьник из Сочи выиграл международный турнир по шахматам в Сербии
Время чтения: 1 минута
В Белгородской области отменяют занятия в школах и детсадах на границе с Украиной
Время чтения: 0 минут
Минпросвещения подключит студотряды к обновлению школьной инфраструктуры
Время чтения: 1 минута
Минпросвещения упростит процедуру подачи документов в детский сад
Время чтения: 1 минута
Курские власти перевели на дистант школьников в районах на границе с Украиной
Время чтения: 1 минута
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.
Оценить 1660 0
Нохчийн литературан йиллина урок
Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.
1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.
Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)
Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна
Кутузов:- Т1ом халкъан бу, сан хьомениг,аша дийриг дерриг нийса ду. Суна бен мА дац , цхьаннан коьртахь , кивер а йоцуш,куй хилар,кхечуьнан мундира к1ела а доцуш, кетар к1ел детталуш дог хилар а. Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ г1атто хаар.
Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.
Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.
Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.
Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?
Чеченский:- Нохчийчуьра схьавалош со жима вара. Россехь кхиъна со, сайн ненан мотт бицбелла бог1у .
Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!
Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.
Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.
Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.
Хьехархо : Нийса билгалъяьккхи ахь вайн урокан тема. Тахана вайн достур ду г1араваьллачу турпалхочун васт, Дуьйцур ду цуьнан т1еман говзаллех, т11ех1оьттинчу халонашна хьалха иза гора ца хоттарх лаьцна ., аьтто хир бу цу хенан хиламашка кхача.
Хьалхарчу урокехь повестан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Александр Чеченски къонах хилар. Цуьнца боьзна ц1еран болх бара шун. Къонахаллех лаьцна стихотворении , кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?
Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.
Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш
— Даймохк безаш воцург къонах вац
-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.
— Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана
-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.
-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.
-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.
-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац
Хьехархо: вуно хаза кицанаш далий аша. Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъанна даима мехала хетарг- къанахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамехь, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрачу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу. Х1инца вай повестан хиламах , авторах лаьцна хаарш карладаккхур ду.
-19-чу б1ешарахь Европехь цхьанакхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш. -1812 –чу шарахь хилла Даймехкан т1ом.
— х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар
*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар
*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна
*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна
(И кхочушдан 3 минот хан ю )
Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)
2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)
Хьосту, 1ехаво, чиэхаво
Дахар – сатийсаман денош
Вазво, сий айадо,лакхавоккху
Къонах- сийлахь ц1е
Хазво, толаво, эшаво
Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант
Айаво, даьржа,кхайкхаво
Сий-къонахчун аг1о ю.
Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар
*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар
*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна
*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна
И кхочушдан 3 минот хан ю
Жам1 дар 1. Х1ун дог-ойла кхоллаелла шун повесть ешча? 2. Нагахь санна вай и зама юхалиста йиш хилча, х1ун хуьйцур дара аша 1алин дахарехь? 3.Цуьнан дахар муьлхачу вастаца гойтур дара аша? . 4. Шуна лаьарий шайн иштта дахар хуьлийла?.
5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.
Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)
Вайн халкъехь олуш ду : шен бийца къонахий доцург-къам дац, шен дийца къам доцург-къонах вац. Нохчех схьаваьлла волуш, и нохчалла шен дахаран чаккхене кхачош вехначу турпалхочун- Александр Чеченскина, иштта муьлхачу заманчохь хилла болу къонахий : Зеламха, шейх Мансур, Байсангур,Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади , массане бу уьш — бевзаш, цабевзаш, даимна сий дийр ду вай царна. Оцу лакхене кхача Дала шуна кхетам,хьуьнар лойла.
Дешархоша бинчу белхан мах хадор: Аша массара дика болх бина , делахь суна лаьа аша шаьш шайн белхан мах хадор.
Рефлексия яр Муха хийти шуна вайн урок? Цхьа керла хаар кхолладеллий шу? Муьлха синхаамаш кхоллабелла шу? ( Хазахетар, , халахетар, синч1аг1о, цецвалар, бецахетар,)
Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,
Къийсамехь собаре — нохчийн и амалш, церан мостаг1аша а т1ехь,
массара а билгалйохуш ю.
Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.
Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.
1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.
2.Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьра го и жима берд олуш, ворх1- барх1 шо долуш хан ю цуьнан. Цомгаш хилла нана, меттахь дукха ца 1уьллуш, кхелхина, деца висира жима 1али. Маьрша яцара зама. Кегий къаьмнаш шайн парг1атонехьа къийсам латтош бара паччахьан эскарца. Да кест-кеста Мансуран б1оца паччахьан эскаршца лата воьдий, ша ц1ахь вуьсура 1али, луларчу зудчо тергам беш. Ц1ехьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг таллуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.
3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.
4. 1алин цкъа ца дицло воккхачу стага , Жумас, г1опехь дин хьехар: : « Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанала хилалаш, тешнабехках ларлолаш, шайх бехк боккхур болу х1ума мА делаш, чета эхь диллий мА лелелаш. Шаьш хьанах схьадевлла диц мА делаш. Къонахий болуш дика дай хила шун. Ша схьаваьлла юрт даима дагахь лаьтта цунна. Пхийтта шо кхаьчча шен юьрта кхачар нисделира цуьнан. Юрт гича дог тохаделира 1алин, девзира комарийн дитт, вевзира къанвелла Мажа. Т1аьхьо ша къанвала воьлча, мехкан безамна деанчу х1ух дийна хьуьн кхиийра цо. Мох баьлча а. дог1а деъча а Алда дагайог1ура цунна.
1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш.
2.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
3.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш, т1едахкарш.
1.Муьлха зама ю повестехь юьйцуш ерг?
2.Стенга боьлхуш хилла Нажаг1ар? Новкъахь х1ун тешнабехк бира царна талорхоша?
3. Муьлш хилла талорхой, х1ун ницкъаш беш хилла цара маьршачу нахана?
4. Мича меттехь хилла Болат-г1ала? И тайпа ц1е х1унда тиллина хилла цунна?
5. Х1ун 1алашо йолуш йийсар деш хилла маьршачу нахана талорхоша?
6. Талорхойн баьчча Барза муха стаг ву?
7. Шаьш йийсаре лоьцуш Нажаг1ара муха гайтира шаьш?
4. Т1едиллар.
Лечин а, Кхокхин а къамел д1аязде.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 52-60 еша, хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Гуьржийн махка муха кхечира Лема?
2. Лечий, гуьржи Хвичой хьан вацош хилла, реми т1е а х1оттийна?
3. Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а? Мила хилла царна г1о деш церан 1алашо кхочушъярехь?
4. Лечин сагатдийриг х1ун дара, х1ун ойланаш йора цо?
5. Т1аьххьара а х1ун дан сацийра Лечас а, Хвичос а, хьенан г1оьнца? Хвичона х1унда лиира Лечица цхьаьна вада?
4. Т1едиллар.
Юха а деша Лечина ша вина юрт а, нана а дагаярах лаьцна долу мог1анаш.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 61-76 еша, хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Куьйра Малх-Аре кхачаран бахьана дийца.
2.Х1ун сацам бира Малх-Арарчу бахархоша Куьйра шаьш долчу веанчул т1аьхьа?
3. Барзас ваийтина геланча т1е муха ийцира юьртарчу наха? Х1ун аьлла вахийтира иза цара юха Болат – г1ала д1а?
4. Х1ун кхаъ баьккхира Куьйрас Лечин нене? И кхаъ муха т1еийцира цо?
4. Т1едиллар.
Барта дийца, Лечий, цуьнан наний вовшахкхетарх лаций. Текст т1ера и мог1анаш, схьа а лахий, юха д1адеша.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 76-85 еша, хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Болат-г1алин гонахарчу бахархойн собар кхачийнарг х1ун дара? Т1аккха х1ун сацам бира цара?
2. Муха аьтто белира Чалин Болат-г1ала яккха?
3. Говзачу х1иллано х1ун кхоьллира талорхошна юккъехь?
4. Х1ун ловзар дара Болат-г1алахь? Кхокхин маьрша ялар муха хилира?
5. Дийца, муха яьккхира арара т1елеттачарий, чохь г1евттинчу йийсарший Болат-г1ала?
6. Болат-г1ала йожаран х1ун бахьана дара?
7. Муха хийти шуна х1ара повесть? Х1ун ойла кхоллаялийти х1окхо шун?
4. Урокан жам1 дар.
5. Ц1ахь: аг1о 85-90 еша, хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Малхо а, мохо а дог1маш огуш, пхерчий, х1оьънаш т1улгех леташ, мостаг1чо къиза лараш т1ехь юьтуш б1ешерашкахь г1аролехь лаьттина шира б1аьвнаш, царех поэта дозалла дар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Малхо а, мохо а дог1маш огуш, пхерчий, х1оьънаш т1улгех леташ, мостаг1чо къиза лараш т1ехь юьтуш б1ешерашкахь г1аролехь лаьттина шира б1аьвнаш, царех поэта дозалла дар. Хийла гина йолу б1аьвнаш: Чингисханан эскаран тулг1енаш, Астаг1чу Тимаран къиза б1о, б1ешерашкахь ламанхоша лехна ирсе дахар – вайн къоман историн тешаш хилла д1ах1иттар. Стихотворенин мотт, поэтан айаме дог- ойла.
3. Дешархошка хаттарш.
1.Муха хийти шуна х1ара стихотворени? Х1ун ойла кхоллаялийти цо шун?
2. Адамийн дахарехь х1ун меттиг д1алоцуш хилла оцу б1аьвнаша?
3.Вайн махкара б1аьвнаш вайн къоман историца йоьзна хилар стен гойту?
4.Поэта б1аьвнаш дийна йолуш санна гайтаран х1ун бахьана ду аьлла хета шуна?
5. Поэтана б1аьвнаш хьоме а, царах цуьнан дог лозуш а хилар стенах хаало вайна?
4. Т1едиллар.
Баккхийчу наха дуьйцуш шайна хезна б1аьвнех долу дийцар д1аязде.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 94-95 стих.дагахь 1амае, хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш.
2.Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Европехь фашизмана дуьхьал бинчу т1амехь майрачу иччархочо шегара гайтина доьналла а, къоналла а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Маца, мичахь вина очеркан турпалхо?
2. Дайн, вежарийн доьналлин г1уллакхаша х1ун 1аткъам бина жимачу Абухьаьжина?
3. Муха хилла цуьнан бераллин дахар?
4. Маца д1адуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1аьхаллин г1уллакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?
5. Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран х1ун бахьана ду?
4. Урокан жам1 дар.
1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш.
2.Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Европехь фашизмана дуьхьал бинчу т1амехь майрачу иччархочо шегара гайтина доьналла а, къоналла а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Маца д1адуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1аьхаллин г1уллакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?
2. Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран х1ун бахьана ду?
3.Муха хилира Абухьаьжех снайпер?
4. Абухьаьжа тидам болуш, х1уманна духе кхуьуш снайпер хилар стен т1ехь гучудолу?
5. Шегара х1ун тайпа хьуьнарш гайтина т1еман шерашкахь Идрисов Абухьаьжас? Пачхьалкхо х1ун совг1аташ делла цунна?
4. Т1едиллар.
Текст т1ера масалш а далош, Абухьаьжин снайперски балхах лаций дийца.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 107-113, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Классал арахьара дешар.
1алашо: Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Поэтан шен Даймахках а, ша схьаваьллачу халкъах а дозалла даран ойла а,патриотически синхаам а гойтуш стихотворенехь дека айаме аз.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1. Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар.
2.Поэтан шен Даймахках а, ша схьаваьллачу халкъах а дозалла даран ойла а,патриотически синхаам а гойтуш стихотворенехь дека айаме аз.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Стенах дозалла до стихотворенин лирически турпалхочо?
2. Поэтан Даймахке болу безам муха билгалбо стихотворенехь?
3. Мила ву лирически турпалхочо, къа ца хеташ, шех д1ахервеш верг?
4. Хьешаца а, мостаг1чуьнца а муха хила веза боху поэта?
5. Поэта герга дерг а, цо коьрта лоруш дерг а х1ун ду?
6. Къаьмнийн доттаг1аллех лаьцна муха яздо поэта?
7. Даймохк, халкъ, маршо мел герга ду поэтана?
8. Х1ун ойла кхоллало шун х1ара стихотворени ешча?
9. Шуна хетарехь, муха хила веза вуьззина к1ант, оьзда йо1? Мила лара мегар ду вуьззина нохчо?
4. Т1едиллар.
Дагахь 1амае стихотворени.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о117-118 дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Стихотворенехь Даймахках лаьцна йолу ойланаш а, лехамаш а. Дика г1иллакхаш лардар, да-нана дезар, барт хилар лахар яздархочо коьртачех ларар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
Стихотворенехь Даймахках лаьцна йолу ойланаш а, лехамаш а. Дика г1иллакхаш лардар, да-нана дезар, барт хилар лахар яздархочо коьртачех ларар. Халонаш т1екхаьчча, оьздангаллех, стогаллех ца вохар. Ненан сибат Даймахкаца нисдеш, даздар.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Х1ун г1иллакхаш ду поэта, шен дагна дезаш ду бохуш, дуьйцурш? Уьш иштта мехала х1унда лору цо?
2.Ден, ненан сий муха лара деза боху поэта?
3. Поэта ша арадаьккхина г1уллакх Даймехкан декхар х1унда лору?
4. Стенна орцах ваьлла поэт?
5. Даймехкан сий муха лору поэта?
6. Хало т1ех1оьттича, муха гайта веза ша стага?
7. Стихотворенин коьрта маь1на муха ду?
9. Даймехкан косташ кхочушдарехь х1ун дан деза вайх х1ораммо а?
4. Т1едиллар.
Дагахь 1амае стихотворени.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 121-123 дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.
1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Стихотворенехь ненан – берзан шен к1езане болу сатийсам а, безам а гайтаран башхалла. К1еза шех даккхар нана- барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар.
2.Стихотворенехь ненан – берзан шен к1езане болу сатийсам а, безам а гайтаран башхалла. К1еза шех даккхар нана- барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а. Авторан царах дог лазар.
3.Стихотворенин меттан исбаьхьалла.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Хьанна йоьлхуш, хьаьнга орца дохуш ю нана-борз?
2. Шен к1еза лачкъийначарна х1ун бекхам бан йоллуш ю нана-борз?
3. Стен т1еийзайора божлина нана-борз?
4. Ненан безам сел боккха хилар мичхьа гучудолу?
5. Шен к1еза д1адаьхьначарна х1ун бекхам бира барзо?
6. Шена орцах еана нана хааеллачу к1езано дечух лаций дийца.
7. Авторан нана-барзах а,цуьнан к1езанах а дог лозуш хилар стен хоуьйту вайна?
8. Х1ун маь1на ду х1окху стихотворенин?
9. Стихотворени ешча, х1ун ойла кхоллаелира шун?
4. Т1едиллар.
Стихотворенин чулацамца дог1у берзалойх лаьцна шайна дуьйцуш хезна дийцар д1аязде.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 126-129 цхьа кийсак дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.
Читайте также:
- Краткое содержание спрут 3
- Кружки в школе 1164
- Куприн путешественники краткое содержание
- Самые короткие юбки в школе японии
- Самая лучшая школа на свете школа 23
5 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар | Талламан диктант | «Бекъа. » Дешаран шо чекхделира. Т1екхечира аьхкенан каникулаш. Хьуьсен Идрис волчу бригаде балха вахара. Сатоссуш хьала а г1оттий, бекъа 1амо волалора иза. «Казбек, схьало ког! Казбек, гора х1отта! »-бохуш 1амайора Хьуьсена иза. Инзаре дара Хьуьсен дуьххьара цунна т1ехууш. Бекъо охьатоьхна лазорна кхоьруш, наха т1ехаа ца вуьтура иза. Амма к1ант кхоьруш вацара. Бекъан амал дика евзара цунна. Дуьрстанан гаьллаш бага а йоьхкина, бекъа керта юххе а оьзна, т1ехиира Хьуьсен. Казбек т1ехьарчу когаш т1е ира а х1уьттуш, готийсаелира. Вехха идийра цо иза, амма Хьуьсен ч1ог1а 1ара говрахь. Дика хаьара цунна говраца шен дег1 лело…. (90 дош. Х. -А. Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а. ) Грамматически т1едахкарш. 1. ) 3-чу абзацера схьаязде: 1-ра вариант-ц1ердешнаш. 2-г1а вариант- билгалдешнаш. 2. ) К1ел сиз хьаькхначу дешнийн дожарш билгалде. |
Предложенин коьрта а, коьртаза а межаш | Талламан диктант | «Зайнди» Аьхкенан юккъера бутт т1екхечира. Цу баттахь къаьсттина денош довха дог1ура. Еарин дийнахь сахуьлуш г1аьттина Бисолта мангал хьакха вахара. Цу дийнахь луларчу юьртахь базар яра. Кхо герга даьтта а эцна, Аруха цу базара яха елира. Цо ша базар яхале дуккха а г1уллакхаш дехкира Зайндина т1е…. Бода къовлалуш, еана ц1а кхечира Аруха. Цунна шайн кертахь хилла къаьхьа де гира. Д1асахьежарх, мохь тохарх, Зайнди-м ца каравора… Бисолтий, Арухий дукха хан ялале, шаьшшинна суьйренан х1ума а йиъна, охьадижира. И шиъ башха Зайнди лаха сингаттам болуш а дацара. (83 дош. Бадуев С. ) Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе. 1-ра вариант-1-ра предл. 2-г1а вариант-2-г1а предл |
Предложенин цхьанатайпанера меженаш | Сочинени | «Суна х1унда беза нохчийн мотт» |
Синтаксиспунктуаци | Талламан диктант | «1а» 1а 1аламехь уггар шийла хан ю. Муха хуур ду, 1а доьлча? Халкъо олуш ду: «Малх ц1а кхаьчча, 1а дулу». Иза нийса ду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул т1аьхьа дог1у масех де кхин хийца ца луш лаьтта. И денош д1адевлча, де дахдала долало. 1аьнан уггар шийла цхьа мур хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу 1а доьлла ткъа де д1адаьлча. Иза шовзткъа дийнахь-бусий лаьтта. Чиллахь, г1айба санна, т1е ло а диллина, массо генаш лаьтта х1уьттуш букардахна хуьлу дитташ, коьллаш. 1аьнан хьун, хьежа ца к1ордош, исбаьхьа хаза хуьлу. Х1аваъ ц1ена саде1а атта долуш. (94 дош. Хь. Хасаев. «1аьнан чиллахь. ») Грамматически т1едахкарш. 1. ) Билгалдаха деха мукъа аьзнаш. (Кеп. Шийла) 2. ) Схьаязде: 1-ра вариант-мукъаза шалха ши элп ул-уллохь лаьтташ долу дешнаш. 2-г1а вариант —шала мукъаза элпаш шайца долу дешнаш. |
Фонетика, графика, орфогра-фи |
Изложе-ни | «Майра хьаша» Г1алара хьаша веара тхо долчу. Казбек яра цуьнан ц1е. тхан хенара вара иза. Жима хиларх, хьаша-хьаша ма ву. Цундела, вайн г1иллакхо ма-хьоьхура, лорура оха иза, тхешан ма-хуьллу там бора. Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а ц1ена бедарш юхура цо. Тхоьга т1еххула хьоьжура иза, ша массарел воккха, хьекъале хетара. Хабар дийца ч1ог1а лууш вара. Шена экскурсехь гинарг, т1аккха яккхийчу г1аланашкахула лелар дуьйций, багош г1овтийначохь дуьтура цо бераш. Иштта дийцира тхо тхуна, цхьана дийнахь хьуьнхахь ша текхарг муха лецира. Х1орш, цхьа тоба бераш, лам т1е девлла хиллира. Ловзуш, х1орш д1адоьлхуш, кхарна хьалхха, шок а тоьхна, т1еболабелла цхьа къорза лаьхьа. Х1окхо х1ума а кхера ца луш, лога т1е ког а билийнаа, багара мотт ч1ешалгаца оззийна схьабаьккхина. Цо и дийцинчу шолг1ачу дийнахь эвлайистехь ловзуш дара тхо. Цхьана хенахь тхан хьешан-«Вай, мама-а! »-аьлла мохь белира. Д1аиккхира иза. Оццул майра к1ант кхейрийнарг х1ун ю техьа аьлла, цецбевлла, т1едахара тхо. 1абдулла вара цхьа юткъа-1аьржа боьхьа х1ума когашца юьйш воллуш. -Вуй, Казбек, юькъачу хьуьнхахь боккхачу текхарган багара мотт баьккхина волу хьо х1окху жимачу х1уманан х1унда кхеравелла? -бехк баьккхира оха. -Суна гинарг-м яцара жима, -бехказа вуьйлира хьаша. План 1. Г1алара хьаша. 2. Хьешан тамашийна амал. 3. Хьешо лаьхьанан мотт схьабаккхар. 4. Казбекан кхеравалар. 5. Бехказло. |
Фонетика, графика, орфогра-фи |
Сочинени | «Сан хьоме нана» |
Фразеоло-гизмаш | Изложе-ни | «Хьоза Талла вахана, беша юккъехула схьавог1уш вара со. Суна хьалха дедда доьдуш ж1аьла дара. Ц1еххьана шен болар лаг1дина, теба дуьйлира иза, шена хьалха цхьа олхазар долуш санна. Бешан йохалла д1асахьаьжча, з1акаран уллеш можа а йолуш, коьрта т1ехь месала пелагаш а долуш, жима хьоза гира суна. Бена чуьра охьадоьжнера иза (мохо ч1ог1а лестадора бешара дитташ), меттах ца хьовш хиина 1ара иза, х1етта девлла дог1у т1емаш, г1ор доцуш, даржа а дина. Сан ж1аьла жим –жимма доьдуш гергадахара цунна, ц1еххьана уллорчу дитташ т1ера цунна хьалха охьадуьйжира, некха т1ера пелагаш 1аьржа а долуш долухьоза-бага г1аттийна цергаш гуш 1ечу ж1аьлина, хьалха дусаделла буьрса хьерадаьлча санна, цкъа, шозза д1ай-схьай иккхира иза. Шен к1орнина хьалха иккхина иза к1елхьараяккхаг1ертара иза. Амма цуьнан жима дег1 кхерамах хебнера дог детталора, аз а лаг1деллера, дала дан хьийзара хьоза, шен дег1 а, са а ца кхоадора цо. Мел доккха, инзаре хета дезара цуьнна ж1аьла! Амма х1етте ашен лекхачу, кхерамехь доцчу диттан гона т1ехь ца 1ийра иза. План 1Беша юккъехула схьавог1уш. 2. Ж1аьлин теба долар |
Дешан х1оттам | Талламан диктант | «Жа дажош» Кест-кеста вовшашна уллохь нислора жа дажош волу Ибрах1иммий, бажа бажош волу Ханпаший. Ханпашина цхьац ца тайпа хьехамаш бора воккхачу стага. Цо цунна дуьйцура май раллех а, доьналлех а, стогаллех а лаьцна. Ханпашас боккхачу безамца ладуг1ура воккхачу стага дуьйцучуьнга. Дуьххьал д1а Ханпаша зерхьама, Ибрах1има элира: — Ва, Паша, нехан бежнаш дажош лелар эхь ду ца аьлла хьоьга цхьаммо а? — Эхь хьаха ду нахе сискал йоьхуш лелча, — сихха жоп делира Ханпашас. -Кхул тоьлаш болх бацара хьуна кхузахь? — Сунна нефтекачке балха ваха лаьара, амма со д1а ца оьцу, жима ву бохуш. (91 дош) Грамматически т1едиллар. 1. 2-чу предл. бе синтаксически къастам. 2. Цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха. 3. Карае чолхе предл. амма хуттургаца. Грамм. баххаш билгалбаха 4. Т1едерзар билгалдаккха. 5. Автор дешнаш билгалдаха. 6. Диалог юххе Д дилла. |
Ц1ердош (юкъара кхетам) | Изложе-ни | «Ден весет» Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас, кхайкхина и ворх1е к1ант те1 а валийна, цаьрга аьлла: -Ворх1е а, ваха а г1ой, цхьацца сара а бохьуш чувола, аса, со валале, цхьа весет дийр ду шуьга! Цхьацца сара бохьуш, чу а веана, ворх1е а дена хьалха д1ах1оьттина. Дас аьлла: «И ворх1е а сара вовшах а тохий, т1ийриг а хьарчаяй, цхьа ц1ов бе». Шайга аьлларг дина к1енташа. Дас воккхахволчу к1анте аьлла: -Схьаэцал, к1ант, уьш кагдан хьажал. Цу серах дина девзиг, гоьла т1е а те1ош, кагдан г1ертарх, ца кагделла к1анте. Цуьнга санна, вухку вежаршка а аьлла дас. Цаьрга а цхьаьнгге а ца кагделла девзиг. Т1аккха дас аьлла: — И хора сара къаста а бай, ша-ша а баккхий, хьовсал, шайга уьш кеглой. Цо ма-аллара, серий ша-ша даьхна, кегдина. Дас т1аккха шен к1енташка аьлла: -Хьовсал, сан к1ентий. И аша цхьаьна вовшахтоьхна ворх1 сара санна, шу цхьаьна, бертахь, вовшийн г1о деш хилахь, шух адам а кхаьрдар дац, амма шу вовшахдовлахь, наха шу а лорур дац. Барт цхьаъ болуш хилалалш. Барт ч1ог1а маь1на долуш х1ума ду шуна. |
Карладаккхар | Талламан диктант | «1алам» 1алам. И дош доца делахь а, шен чулацам к1оргера болуш ду. Адамийн а, дийна-тийн а, хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац. Самукъане, хаза б1аьсте чекхъелира. Т1ееара беркате, йовха аьхке. Иза адамаш-на уггар каде мур бу. Акхарой а, олхазарш а синтем боцуш лелара. Цара шайн б1аьста дуьненчу евлла к1орнеш кхиайора, 1алашйора, уьш когайохуьйтура. Малх гучуболлушехь, дохк д1адайра, баца т1ера тхин т1адамаш дакъаделира. Дерриг 1алам, малхана дела а къежаш, д1ах1оьттира. 1аламо шен къайленех пайдаоьцуьйтур бу массо а садолчу х1умане. (80дош. Хь. Хасаев. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Кху дешнашна ялае синонимаш: 1-ра вариант хаза (исбаьхьа), каде (т1ахъаьлла). 2-г1а вариант самукъане (забаре), беркате (хайр, ни1мат, токхо). 2. Морфологически таллам бе. 1-ра вариант- 1алам, б1аьсте, адам, 2-г1а вариант-дош, аьхке, малх. 3. Дешнийн х1оттам билгалбаккха. 1-ра вариант 2-г1а вариант чекхъелира, малхана дакъаделира, т1адамаш |
5-чу классехь 1амийнарг карладак-кхар | Шеран талламан диктант | «Б1аьстенан суьйре. » Хаьий хьуна, доттаг1а, нохчийн лаьмнашкахь б1аьстенан суьйре мел хаза хуьлу? Гобаьккхина, б1аьрг мел кхочу а, гуш хуьлу, говзачу куьйгаша лерина басар хьаькхча санна, лилула-сийна басеш. Царна т1ехь техкачу стеша а, коканийн коьллаша а, хьаьрса-хьечаша а хьалххехь заза доккхий, мел генара юьрта кхачайо цхьа ша-тайпа тамашийна хаза хьожа. Лаьмнашна т1ехьа бала карах ца долуш, тийсалуш, сецалуш, буха г1ертачу малхо шен дашо з1аьнарш басешца д1аяржайой, исбаьхьа суьрташ х1иттош лепо доладо басешна куз хилла 1охку и хаза зезагаш. 1аламан х1оттамах даккхийдеш, царна т1ехула дайн хьийзаш хуьлу басна тайп-тайпана долу полларчий, дахарна саьхьара долу накхаран мозий, з1уганашший. Секха-1одаца кхоьссина пха санна, мозашний, чуьркашний чухехкалуш, шок етташ, хьийзаш хуьлу т1ам 1аьржа ч1ег1ардигаш. (107 дош) |
6 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар | Талламан диктант | « Нана-Даймохк» Бийцина ца валлал, хаза, беркате мохк бу вайн. Тайп-тайпана дитташ долу хьаннаш ю, шера аренаш, лекха лаьмнаш. Чухьаьжча, юьхь-сибат а гуш, бухдуьйлу сирла шовданаш. Исбаьхьа чухчареш ю дешица, детица кхелина. Дитта т1е олхазар хуу. Цо вайга дагара дуьйцу, шен зевне аз вайн дегнех а хьерчош. Т1аккха ойла кхоллало: «Ма хаза а, ма зевне а бу-кх хьо, Нана-Даймохк, »-олий. Иштта вайн мохк хаза, токхе хиларна деха вайца и тайп-тайпана олхазарш. Бес-бесара бецаш ю, шеца олхазаршна дез-деза х1у а долуш. Стоьмаш бу: кхораш, комарш, стеш, хьармакаш (шиповник)…. Уьш олхазарийн даарш ду. Адамаша олхазарийн 1уналла дан деза. 1ай арахь яах1ума а латтош, дитташ т1е гуйш а (кормушка) ухкуш… (113дош. С. -М. Гелагаев. «Олхазарийн дуьне-сан дуьне. ») Грамматически т1едиллар. Морфологически таллам бе. 1-ра вариант. 2-г1а вариант. Аренаш, ойла, стоьмаш. Бецаш, кхор, шовданаш 3-г1а вариант. Мохк, дитташ, нана |
Билгал-дош | Сочинени | «Ларде вай 1алам? » |
Билгал-дош морфологически къастор | Талламан диктант | «Новкъахь» Б1е ткъа километр некъ хьалхалецира автобусо. Х1ара ткъе ворх1азлаг1а вог1уш вара кху новкъа. Т1аьххьарчу ворх1-барх1 шарахь-м шера асфальт биллинчу новкъа атта йоьдура автобус. Цо делкъале кхачавора Семёновке. 1одо кхоьссича санна йоьдура и, некъа йистера ялташ ягаръеш. Кхунна х1ора колл евзара кху новкъахь. Колл-м ян а яцара. Аьхкенан малхо къиза ягийна, хьакхаделча куьйга хадор долуш, нилха яьлла йоца ира буц яра. Цхьа 1индаг1 а дацара б1аьрго ма-лоццу д1а, анайистах хотталучу, шерачу, ялта эрина ч1анаяьллачу арахь. Аренна т1е йижинчу йовхонан юькъачу тоьвнан тулг1еш хедош йоьдучу автобус чу довха х1о детталора. 88 Шовзткъе пхоьалг1ачу шарахь кхо г1аш бинарг бара х1ара. Х1етахь-м х1ара берриге а г1амаран бара. Ког баьккхича, мачаш къайлайовлура а багош, чуьра когаш а багош… (112дош. Яшуркаев С. “Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх. ») Грамматически т1едахкарш. 1. Буха сиз хьакха билгалдешнашна а, терахьдешнашна а. 2. Морфологически таллам бе. 1-ра вариант. 2-г1а вариант. Ткъе ворх1 керла (ло) 3-г1а вариант. ворх1-барх1 (шо) |
Терахь-дош | Изложе-ни | «Дуьххьарлера хьехархо» Тхешан куьпарчу берашца школе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриг дуьне оцу сайн жимачу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашеначу ирсе кхачор ю. Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ц ало и де, сайн дуьххьарлерачу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна, даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз. Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала г1ертара. Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара. Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа? Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1. (160 дош) А. Айдамиров |
Терахь-дош | Талламан диктант | «Ши к1ант тилар» Деъна са хилира. Гобаьккхина хьун яра лаьтташ. Цхьана а меттехь некъан лар яцара гуш. Ши к1ант ц1ехьа верза лууш вара. Амма муьлхачу аг1ор ваха веза ца хууш, тиллера и шиъ. Мацвелла кийра 1ийжара. Делкъхан хиллера. Бажа лелла некъаш карийча жимма сапарг1ат даьллера шина к1ентан. Ламанан дежийлашкахь гуш дара жа а, бежнаш а. Дукха гена валале, бетта мохь хезира шина к1антана. Ц1ера т1аьхьа даьлла орца, сахиллалц маьхьарий, детташ, 1аннаш цоьстуш леллера. Лечий, 1алхий царна карор вара, и шиъ цхьаьна аг1ор д1аихна гена ваьлла ца хиллехь. Шаьш 1ачу к1отарара вуьрх1итта-берх1итта километр хиллал д1аихна хиллера и шиъ. (Х-А. Берсанов) Т1едиллар: 1. Терахьдешнаш билгалдаха. 2. Кхоалг1ачу предложенина синтакс. къастам бе |
Ц1ермет-дош | Сочинени | «Хьоме Даймохк» |
Ц1ермет-дош | Талламан диктант | « Олхазарийн дуьне. » Берахь дуьйна хилла со олхазарш дезаш. Х1инца воккха мел хили а, ч1аг1луш схьабог1у сан цаьрга болу безам. Царех вуно ч1ог1а самукъадолу а сан. Дала ма-кхоллара, ц1ена, исбаьхьа ду олхазарийн дуьне. И дуьне девза-черан синош даима а сирла, ц1ена хир ду, Дала азаллехь кхоьллина ма-хиллар. Сан дов хилла олхазарийн бенаш дохош болчаьрца, уьш лазош, заь1апдеш болчаьрца. Уьш адамех теша, ткъа цхьадолу адамаш къиза хуьлу цаьрца, къинхетам бохург х1ун ду а ца хууш. Делах ца кхоьру хир бу-кх уьш. Олхазарша, пайда бар бен, зен ца до. Уьш ца хилча сагалматаш дебар яра. Ораматийн дуьне г1ийла хир дара я хиллане а хир а дацара. Олхазарш вайх тешна ду, -вай царех тешна ду. Дуьненахь Дала мел кхоьллина х1ума вовшашца йоьзна ю. (116дош. С. -М. Гелагаев. «Олхазарийн дуьне-сан дуьне. ») Грамматически т1едиллар. К1ел сиз хьакха ц1ерметдешнашна. Билгалдаха церан тайпанаш |
Хандош | Изложе-ни | «Гуьйренан юьхь» Т1е к1урз биллинчу тхевнах терачу стиглара бутт, иккхинчу кехат латийна, шиша т1ехь долу чиркх, мехкдаьтта кхачийча санна, д1абайра: ткъа седарчий-м тоххарехь гучуьра д1адевллера. Буьйса т1етт1а 1аржлуш лаьттара: мохо схьалоьхку мархаш, лаьтта т1е буьззина бода х1оттош, 1аь1аш яра. Из яра нохчийн ярташкарчу ц1енош чохь, товхашна хьалха а хевшина, 1аьржа б1аьргаш долчу бараша, г1ийлачу ц1ергахь херца а хоьрцуш, хьажк1аш йотту зама. Теркаца г1ум г1аттош, хьекха болабелира цхьа ирча мох. Ткъес деттаран лепарехь гуш хуьлура лаьхьанах терачу, г1ашший, генашший д1аидочу, цу Теркан асанан масаллий, аьрхаллий, лаьтта т1ехула акхтаргашший, дог1ано етта тулг1енашший. Дохк санна юькъачуй, оцу буса инзаре акхачуй хьуьнхахь, дезачу а, дег1е зуз доуьйтучу а озанца, шен к1езех хаьдча санна, уг1уш борз а хезара лахахьуо хин йистехь. Цуьнан уг1ар, дог1анца дера хьоькхучу мохан уг1арх д1а а оьй, цхьаъ хуьлий д1адахлора цкъа, юха а къаьстара, д1аоьра т1аккха а. Оцу лерг г1елдчу, дог те1очу г1аранна юккъехула наг-наггахь, халла, къорра схьахедара. Теркал дехьарчу нохчийн юьртахь ж1аьлеш летар. Буьйса йоьхна еанера. План. «Бутт 1аржлуш лаьттара». «Иза яра гуьйре юлу зама». «Уг1уш юьртахь ж1аьлеш летара». «Нохчийн юьртахь ж1аьлеш летара». |
Хандош | Изложе-ни | «Мухтар» 1уьйранна школе воьдуш вара Мухтар. Маржанг1еран кет1а нислушшехь, берийн мохь хезира цунна. Саца а сецна, ладуьйг1ира Мухтара бакъонца тийшира иза кхераделлачу берийн аьзнаш хиларх. Кхин хьем ца беш, ведда ц1ийнан не1аре вахана, и схьаелла г1оьртира Мухтар, амма схьа ца еллаелира, чухула дог1а тоьхна хиллера цунна. Т1аккха ведда коре а вахна, корах чухьаьжира к1ант чохь буькъа к1ур, бара. Хиира Мухтарна чохь ц1е яьллий. Г1уллакх мало ян а, я т1аьхьататта йиш, йолуш дацара. «Же, Мухтар, сих 1алела! Г1о де берашна, к1елхьара даха уьш» – бохура цо ша шега. Буй тоьхна, ангали а дохийна, коран ши дакъа схьа а диллина, маьнги к1елахь мохь оьхуш 1ен йо1 араяьккхира цо. Ц1ийнан цхьана сонехь, бертал а воьжна, г1ийла узарш деш 1уьллу жима к1ант а ара ваьккхира. Юха, ведда ураме а ваьлла, шен доггаха мохь бетта велира: «Орца дала! Ц1е яьлла, ц1а догуш лаьтта», – бохуш. Цуьнан мохь хезна лулахой а, урамехь нисбелла нах а схьахьаьлхира. Цара догучуьра ц1енош а, дукхах йолу чуьра х1умнаш а к1елхьараехира. |
Карладаккхар | Талламан диктант | «Кегий йийсарш» Г1опал ара ца ваьлчхьана маьрша витинера к1ант. Уьйт1ара д1ахьаьжча гира цунна йовхонан тов хьийзочу мархана юккъехула долу лаьмнаш. Цигахь ша вина юрт хилар дагара ца долура. Г1опара вада салаьттара. Г1опана гонаха бина лекха пен бара. Хаш маь1-маь11ехь лаьттара. Делахь а дог ца дуьллура к1анта. Аьтто лехарх карош бац. Хьуна дагахь а доцуш нисло иза. Иштта цкъа аьтто белира 1алин а. Ха деш волу салти цхьа г1уллакх хилла юьстахвелира. Сиха д1асахьаьжира к1ант. Пен телхина, ког билла киртигаш йолу меттиг гира цун-на. Дукха маса цунна т1е а хьаьдда, дехьаиккхира иза. Дехьа хехь лаьттачу салтичунна гира ведда воьду к1ант. Цо орца а даьккхина, ши-кхо дошло т1аьхьахецавелира. К1ант г1опа юхавалийра. (106 дош. 1. Гайсултанов. «Кегий йийсарш») Грамматически т1едахкарш. 1. Хандешнашна буха сиз хьакха. 2. Морфологически талламаш бе. 1-ра вариант 2-г1а вариант к1ант ши-кхо (дошло) 3-г1а вариант иза 3. Хандешнаш хенашца хийца: витинера, даьккхина. |
Карладаккхар | Шеран талламан диктант | « Юьртахь суьйре» Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан к1ожехь 1уьллура Мусин-К1отар. 1аламан хазалло кхелинчу оцу жимачу юьрта юккъехула чекхдолура лекхачу лаьмнашкара охьадог1у г1овг1ане шовда. Инзаре хаза хуьлура кхузахь суьйре. Шовданаш декар, олхазарийн эшарш, дежийлашкара ц1ехьа дирзинчу уьстаг1ашний, гезаршний дуьхьал уьдучу 1ахарийн буьхьгийн 1ехар, ловзуш лелачу кегийчу берийн аьзнаш. Уьш дерриге а вовшвех оьй, синкъераме г1ар кхоллалора. Иза лаьмнаша д1аузий, стамйой, 1аннашкахула чекхйоккхура. Гонахарчу ярташкарчу кегийчу нахана а хазахетара Мусин-К1отар. Цуьнан коьртачу бахьанех цхьаъ цхьаъ дара куц а, г1иллакх а оьздангалла а цхьанадог1уш болу мехкарий кхузахь дукха хилар. ( 80дош) Т1едиллар. 1. Хьалхара кхо предложени синтаксически къстае |
7 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар | Талламан диктант | «Г1а» Г1а доьжначу варшахь г1а дожаза лаьтта нежнаш, генара хьаьжча, элан литтанех тарлора. Ялтех юьззина лаьттина аренаш яссаеллера. Йовхо ца лора х1иллане лепачу малхо. Ирча, сингаттаме дара аренашкахь. Юьртахь дацара, х1ара ду аьлла, ойла т1ейоьрзур йолуш х1ума. Хуьлуш дерг хьаьжк1аш тило цхьаццаммо белхи бар дара. 1аьнна кечлуш, д1атуьйш долчу дахарна юкъа цо дахьарг а бен-берса х1ума дацара. Керташкахь д1ах1иттийнчу г1одмийн такхораша нилха ц1енош долу к1отар юкъйора. Такхораш дина д1ах1иттийнера Элберда шен г1одмаш а. Такхорашна юккъехь а, т1ехь а, мотт хьаькхча санна, ц1ена яра. Цхьаннахьа охьайоьжна луьйдиг яцара гуш. Гуьйранна ирча хуьлу яраш. Уьш бухъяьхначуьра оьрнаш Элберда д1ашардинехь а, леррина болх бар гойтуш, билгалдуьйлура. Дечу г1уллакхна и т1ера хилар хаьара… (106дош. Х. Эдилов. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Предложенина синтаксически таллам бе, билгалдаха къамелан дакъош. 2. Хандош хенашца хийца: 1-ра вариант 2-г1а вариант билгалдуьйлура. яссаеллера. |
Хандош | Сочинени | «Йоь1ан эхь, к1ентан яхь ма эшайойла» |
Хандош | Талламан диктант | «Нана» Социйлахь х1ара бен стаг вацара. Я кхин нах хуьлу хан а яцара иза-м: буьйсанна цхьайтта даьллера. 1аьнан заманахь 1арж мА лой пхиъ даьлча. Шело юьйлура дег1ах чекх. Мох а бара юткъачу шакарца тоькан серашна т1ехула уьдуш. Наггахь некъа т1ехула дорцан к1ур а хьодура. Х1ара ша лаьттара карара бер шена т1е а къуьйлуш, кхерамца гондахьа хьоьжуш, машине сатийсина, юьрта бог1учу новкъа хьежна ши б1аьрг лаза а баьлла, когех шан т1улгаш а хилла. Ворх1, барх1, исс, итт, цхьайтталг1а сахьат ду, ткъа к1ант-м вала мега больнице кхачале. Суьйранна арара г1уллакхаш дина ша чуйирзича, 1арж а велла, бетах чопаш а йина, наггахь бен са а ца доккхуш 1уьллуш карийра кхунна иза, Ламанан юрт ю, цхьаннан а машина а яц. (115 дош) |
Причасти | Изложе-ни | «Олхазарин баркалла» Кехаташ, газеташ чутуьйсу яьшка кертах д1атоьхнера яра. Юххехула д1асалелара адамаш, машенаш. Шина дийнахь ц1ера ваьлла а лелла, ц1а веанера со. Керла газеташ схьаэца дагахь яышки чу хьаьжча, со цецвелира. Газеташца яьшки чохь дара дакъаделла гаш, чемхалгаш, месаш. Луларчу берашна г1еххьа оьг1азвахара со. Нехаш ара а кхийсина, яьшка ц1анйира ас. Цул т1аьхьа цхьа-ши де даьлча а изза хилира: яьшки чохь «нехаш» яра. Юха а луларчу берашна реза воцуш, яьшка цанъян воьлча, сан тидам хилира жимачу шина олхазаран. Уьш суна гена ца дуьйлуш, «ц1арр-ц1арр» деш хьийзара. Х1ун ду техьа х1ара аьлла, юьстах а ваьлла, сайн болх бан х1оьттира со. Ас деш долу татанаш тергал а ца деш, олхазарша а д1аболийра шайн болх: уьш рогг1ана сан яьшки чу а оьхуш, арадуъйлура. Шолачу дийнахь хьаьжча, яьшки чохь котаман месех бина горга бен бара. Цхьа к1ира даьллачу хенахь дагадеана ас яьшка схьа- йиллича, чуьра араиккхира букъ т1ера мокха, до1ахан басахь, чук1елара ц1еран-ц1ечу басахь долу хаза, жима олхазар. Иза гена ца долуш охьахиира, синтем байна дека а декаш. Олхазар реза дацара ша бенара меттахдаккхарна. Бенахь 1уьллура стигалан басахь жима диъ х1оа. Т1аккха яьшка хьостамий а тухуш д1акъевлира ас, олхазаршна чуара довла 1уьрг а дитина. Цхьана дийнахь х1усамнана хесахь асар деш йоллура. Цо д1ах1оттийначу аьстанан г1ожа т1е а хуьйшуш шайн «ц1ар-ц1ар» деш наьрсийн хуталш юккъе лелхаш, лийлира цхьа хаза олхазарш. Уьш башха къехка а ца къехкара. Цара хесара а, бешара а леца а лоьцуш, дууш х1аллакдора зуламе н1аьний а, кхийолу садолу х1уманаш а. Яьшка шайн х1усамна паргат йитарна баркалла олуш дара и кегий олхазарш. (Хь. Хасаев. 232 дош) Герггара кеп: 1. Газетийн яьшки чохь нехаш. 2. Х1усамдас олхазарш тергалдо. 3. Яьшки чохь бен. 4. Олхазарийн баркалла |
Причасти | Талламан диктан | «Г1арг1улеш» Кертахь яьлла г1овг1а ца хаалора цунна. Цуьнан ерриге а ойла стиглахула г1ийлачу узаршца къилбехьа йоьлхучу г1арг1улеша д1алаьцнера. Кхеран кертахь яьлла хаза сийна буц, цундела кест-кеста корах ара б1аьрг тоха дог дог1у. Юург-мерг эца вог1у кху туькана гонаха мел веха стаг. Керта мел вог1у стаг саг1ина х1ума ца кховдош д1а ца вохуьйтура йоккхачу стага. Буьйцу мотт ц1ена а, шера а хиларца къаьсташ вара пхьоьхане гулбеллачу нахана юккъехь к1айн маж йолу зоьртала цхьа стаг… … Кхораш чохь кочарчу т1оьрмигах ши лекъ, моший а кхозуш вог1учу Мурдална ма-ярра гора х1ара орцан когашкахь 1уьллу шайн юрт. Котаман к1орнин г1ийла «ц1ик» иккхира кхуьнан семачу лерга. Эвла йолчухьара куьйра дог1ура. Цуьнан м1араш юккъехь кхозура и т1аьхь-т1аьхьа орцадоху к1ор-ни… (112 дош. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Причастешна буха сиз хьакха. 2. Лаамечу причастешка а ерзош, схьаязъе текста юккъера лаамаза причастеш. Кеп. Яьлла г1овг1а- яьлларг, йоьлхучу г1арг1улеша- йоьлхурш. |
Деепричасти | Сочинени | «Тешам» |
Масдар | Талламан диктант |
«Ирсе б1аьрхиш. » Гонаха самадолуш дара т1ейог1учу б1аьстено дендина 1алам. Ч1енигаш а эт1ош, гучудевлла кегийра г1аш дара цхьацца долчу дитташ т1ехь гуш. Лакхахь хьоькхучу б1аьстенан мелачу механ тулг1е хьекхалора наггахь к1ентан дег1ах. Нанас дайн хьоькхучу куьйго санна, коьрта т1ехула хьакхалуш т1ехболура иза. «Мохь тоха те аса? Орца даккха те? »-дагадеара к1антана. Т1аккха а, цхьанна д1ахазахь осала хетар ву-кх со, бохург дага а деана, юха а басах хьалатасавели-ра иза. Амма куьг а, ког а д1атаса х1ума цахиларна, юха а 1инах чу шершаш воллучу кхуо катоьхна схьалецира ша х1инццалц 1ожаллин буйна ца вохуьйтуш сацийна йолу колл. Кхунна гена доццуш охьахиира цхьа хаза бос болу хьоза. Д1а а, схьа а хьаьвзина, корта аг1ор баьккхина адаме а хьаьжна, «ч1ир-ч1ир»-элира цо, цкъа-шозза, кхосса а луш. «Дависа, цхьана минотана, хьан санна, ши т1ам белира сан», -дагадеара дег1ера ницкъ кхачош воллучу к1антана…. (139 дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш. ») Грамматически т1едиллар. Буха сиз хьакха деепричастина а, масдарна а, куц-дашна а. дееприч., |
Куцдош | Изложени | «Хьаша ларар» Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду. Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1 велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна, новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана. Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла. Хьешана тешнабехк бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш, т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилла. (М. Ахмадов «Гулдина йозанаш-5») Хьесап: 1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх. 2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш. 3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла. |
Дешт1аь-хье | Изложе-ни | «Куралла» Даа х1ума доцуш кхозлагчу дийне даьлла хилла цхьогал. Т1ех мапдаларна леста а лесташ, хьуьнхула х1ара лелаш, цхьана хийисте кхаьчна. Хи мелча мукъана а мацалла цхьажимма юхайоьрзур яцара те бохург дагадеана цунна. Циггахь бацалахь 1уьллуш йоьхь карийна цхьогална. Гиначух цецдаьлла, хазахетар т1ехдаьлла, кхиссалуш, гонха ида даьлла иза. Т1аьххьара даг чу куралла иккхина, сонта къамел хазо до лийнано. «Эс, ишттахуьлу йоьхь? Йоьхь хиллехьара, кху сенчу бай т1ехь 1уьллуша хир дацара хьо» ‚ — бохуш, когаца хьалхахьа д1а а кхуьйсуш, бацалахь керчо доьлла иза. Оццу хенахь х1аваэра чухахкаеллачу суьйлийн къийго леккха х1аваэ хьаладаьккхина йоьхь. Доьхна, 1адийна дисира цхъогал. Ша лелийначу кураллина дохкодаьлла, дилхина цхьогал цхьа-ши къурд а бина, хьуьн чу дахана иза. Жимма лелча, ча а, борз а карийна кхунна шийлачу 1индаг1ехь делкъе еш доллуш. Дольхуш, хьастаделла т1едахана цхьогал. «Хьо стенна доьлху, цхьогал? »-хаьттина чано. -Йоьхь дара сан, шу санна болу доттаг1ий карийча бен дуур ма дац ас аьлла, ч1аг1о йина, сайца лелош. Амма суьйлин къийго и даьхьна дитина со, — жоп делла цхьогало. «Доттаг1ий ларам беш хилар дика ду, цхьогал. Х1инца т1ехила, х1ума яа тхоьца. Кхин цхьа доттаг1 а ву вайн ижу яхьаш схьакхача везаш»-хазийна чано. Иоллушехь, схьакхаьчна суьйлийн къиг. Доттаг1ашка йистхилале, цхьогале бехк баьккхина суьйлийн къийго: «Хьо рицкъанан пусар дан хууш дац, цхьогал. Х1ара йоьхь ахь, муш санна, Д1асакхуьйсуш гича, ийцира ас хьуна хьалхара схъа». Шен х1илла гучудаьллий хиъна, кхин ала дош а ца карийна, юха а дилхина цхьогал. Цо аьлла: «Кхул таьхьа рицкъанан сий-пусар дийр дара аса, х1инца суна гечдахьара аша. Со тешаме доттаг1 хир дара шуна. Даг чу куралла иккхинера суна. Х1инца хии суна, куралла х1ун ю… » «Дика ду, цхьогал, оха хьуна гечдо, — аьлла чано. -Бакъду, аьшпаш биттаррий, ямартлой ца еза тхуна. И тайпа х1уманаш дита дезар ду хьан тахана дуьйна» И дерриге а кхочушдан дош делла цхьогало. (1. Медигов. 232 дош) Терггара план: 1. Мацделла цхьогал. 2. Кураллин т1аьхье. 3. Хьуьнхара хьеший. 4. Цхьогал дохкодалар. 5. Чано аьлларг. |
Карладаккхар | Талламан болх | «Хьоме юрт» Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча, хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла х1окхо ламаз оьццушехь, эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена, мукъамехь декара цуьнан аз. Хьуьна йистера д1ахьаьжча, д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт. Х1окху меттехь, жа басенца дажа д1а а хоьций, охьахуура Алхаст тохара жималлехь. Аренаша юкъаерзийначу шен юьрте а хьоьжуш, хийла ойланаш йора цо. Х1етахьчул дуккха а хийцаелла юрт. Шоръелла, ков-керташ алсамдевлла. Делахь а, Алхастан юрт ю и, хьалха санна, дагна хьоме а, хьалха санна, дагна гергара а. Алхаст х1инца лаьттачуьра д1айолалуш яра буьрса хьун. Х1окху хьаннашца а дара Алхастан гергарло. Ерриге а, ала мегар долуш, жималла кхузахь пепнийн 1индаг1ашкахь а, Гуьмса ч1ожан басенашца кхуьучу кегийрачу хьаннашкахь а д1аяхнера Алхастан. XIopa т1улг, xlopa дитт гергара дара кхузахь. Д1а б1аьрг мел тоьхначохь гуш долчу суьрташа хилларш-лелларш дагатуьйсура. Хьуьна йистера д1а Гумс-хи долчу aгlop варша боьрзучу ворданан новкъа д1аволавелира Алхаст. Цунна къилбехьа б1аьлланган а, пхонан а орамаш юккъера схьадолуш шовда дара. (145 дош Юсупов «Къоман тептар») |
Карладаккхар | Шеран талламан болх | «Мохк бегийча. » …-Маржа дуьне я1! -доккха са а доккхий, кет1ахула бай-йн ког а боккхуш, волало иза. Т1аккха ц1ийна т1ехьа, беша, волу. 1ежийн, кхорийн, хьайбанийн дитташ лай к1елахь лаьтта… Стаг вехха лела бешахула волалой, х1ора диттана юххехь сеца а соьцуш, къамел а деш. Т1аккха бешара ураме волу иза. Малхбузехь лекха арц, Органа чу буссучохь, к1айчу лай т1ехь 1аьржа къеста ах хаьрцина б1ов. Б1ов т1улгех лаьтта. Кегийчу а, даккхийчу а т1улгех. Уьш, ша-ша даьхча, т1улгаш ду, цхьаьна-б1ов. Стеган сий а ду-кха б1ов. Иза а лаьтта цуьнан даккхийчу а, кегийчу а г1уллакхех. Цо денна а дечу дикачу г1уллакхаша ирх бохуьйту цуьнан бохь. Б1аьвнех терра, лекха деш хилла-кх наха куйнаш а хьалха. Ткъа б1аьвнаш-лаьмнех таръеш. (115 дош. М. Ахмадов. «Мохк бегийча. ») Грамматически т1едиллар. —Билгалдаха къамелан дакъош |
8 класс Нохчийн мотт |
||
Орфогра-фи | Таламан диктант | «Ирсе к1охцал» Цхьана хьуьнхахь ехаш-1аш яра зу. Цуьнан к1охцалех цхьаъ ирсе хилла, дикачу адамашна беркат дохьуш. Иза луларчу юьртарчу нахана хезна. Амма цхьаннеа хууш ца хилла, ирсе к1охцал муьлханиг ду. Т1аккха уггаре а сутарчу стага аьлла: «Вай и зу схьалоцур ю. Цуьнан к1охцалш дерриш а схьа а даьхна, х1оранна цхьацца д1алур ду. Иштта а хуур ду ирсениг муьлха ду». Цул т1аьхьа нах зу лаха бахна, цхьаъ воцург. «Садолу х1ума ен а йина, даьккхина ирс суна ца оьшу», — аьлла, ц1ахь 1ийна иза. Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йист хилла иза: – Хьайн догц1ена ойланаш а, хьанал дахар а девза суна. Сайн ирсе к1охцал ас хьуна д1ало. Зуламечу нахана со карор яц, — аьлла, к1охцал д1а а делла, д1аяхана зу. Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткъа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош) |
Предложе-нехь дешнийн уьйр. | Изложе-ни | «Дайн 1адат» Мацах цхьана юьртахь ловзар хилла. Луларчу ярташкара кегийрхой, баккхий нах а баьхкина, ч1ог1а тамехь д1ах1оьттинчу цу ловзаргахь, шина жимхина юкъахь хиллачу дар-дацарехь, цу шиннах цхьаъ, шаьлта а кхетта, велла. Велларг ша цхьалха вехеш-1аш волчу воккхачу стеган к1ант хилла. Т1аьхьадаьлла орца а долуш, ведда вог1у х1ара куьгбехкениг веллачу к1ентан уьйт1а нисвелла. Къоьжа маж а йолуш, хено дакъийна куьйгаш 1асанна т1е а дехкина, шена хьалха лаьттачу воккхачу стаге дехна шен къона са дадийна веанчо: – Воккха стаг, ларамза, ца хууш, сан карах стаг вели-кх оцу ловзаргахь… Хьайн таро елахь, къайлаваккхахьара ахь со, орца ду-кх суна т1екхуьуш, – аьлла. – Схьавола сан х1усаме, ас лардийр ду хьан дег1 а. са а, – аьлла, жоп делла цуьнан дехарна воккхачу стага. Йоккха г1овг1а а эккхийтина, воккхачу стеган ков-керта кхаьчна куьгбехкечунна т1аьхьадаьлла орца. – Воккха стаг, – аьлла, д1адолийна шени къамел царах цхьаммо, – дош дашера а даьлла, иза девне а дирзина, шаьлта тоьхна хьан цхьаъ бен воцу к1ант вий-кх хьенехеран ловзаргахь. Куьгбехкениг хьан керта эккхаш гира тхуна. Бехк ма биллахьара ахь, г1ар-г1овг1а яхьаш, тхо хьайн керта лелхарна. Галдевлла хилла тхо, хьан керта иза вог1ийла дац. Дала кечдойла хьан к1антана! Дала собар лойла хьа син-дег1ана! Цара деш долу къамел ша ма-дарра хезаш хилла шен са дадийна веанчунна. Гобина шена лаьтташ долчу адамашка собаре хилар а дехна, шен ц1ийнан не1арехьа вирзина, кхайкхина воккха стаг: – Хьаша, схьагучувала, хьан сина кхерам бац х1окху х1усамехь, х1окху кертахь… Корта охьа а бахийтина араваьллачу к1анте юха а вистхилла воккха стаг: – И цхьа г1ортор, и цхьа т1аьхье яра сан, со велча, сан тезет схьаэца йисина, т1аьххьара суна чуьра са д1адолуш сан б1аьрнег1арш д1акъовла виснарг и цхьаъ вара. Йохий ахь сан г1ала, д1аяьккхи ахь син г1ортор, хадий ахь сан орам… Х1инца маьрша ву хьо, цуьнан ч1ир лохуберш юха хьайна т1екхаччалц! Зиярт чуьра араволуш санна, 1аш волчу воккхачу стагана а, гулделлачу адамашна а шен букъ ца гойтуш, къайлаваьлла кхайкхаза веана хьаша. (300 дош) Д. Сумбулатов. Хьесап (план) Ловзаргахь хилла бохам. Лурвоьлларг веллачу к1ентан да волчу кхочу. Хьаша ларвар – дайн 1адат. Орца т1аьхьа кхочу. Ирча кхаъ Воккхачу стеган къонахалла. |
Предложенин коьрта меженаш | Талламан диктант | «Хи» Хи чуьра ч1ерий дохуш сакъералора Хьажмурдан. Къаьсттина ч1ог1а сакъералора цуьнан дай чу хьоьжуш. Шен воккхах волчу вашас бина жима дуо бара к1ентан хи чу буг1уш лелош. Дуьйрийн мижарг а, ягийна ма1а а, багийна хьаьжк1ан кан а, сискал а тосура Хьажмурда цу чу. Башха хи к1оргачу метте а ца буг1ура цо иза. Шалажа а дацара иштта доккха хи а. Маь1-маь11ехь дог1ура и. Лохачу бердан к1ел, хи к1оргачохь, дуо буг1уш меттиг яра Хьажмурдан. 1уьйранна а, сарахьа чу моссаза хьожу а, чабакх а, ирг1у а, ч1ерий дохура цо. Цхьана буьйсанна стигал къекъаш дог1а а деана, хиш дистира. 1уьйранна самаваьллачу Хьажмурдана хезаш яра дистинчу хино ен г1овг1а… Ши-кхо де даьллачул т1аьхьа, хи дистинчуьра чудоьжча, хьажа ваханчу Хьажмур-дана шен дуо ца карийра… (117 дош. Х-. А. Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Билгалъяха коьрта меженаш. 2. Предложенешна юккъера схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш, билгалъяха уьйраш: 1-ра вариант-1-ра пред. 2-г1а вариант-5-г1а пред |
Предложенин коьртаза меженаш | Сочинени | ОГЕ-н кепехь сочинени |
Предложе-нин коьртаза меженаш | Таламан диктант | «Ло» Ло дог1у даккхийчу чимашца, массо х1ума а хьулдеш. Малх ма-кхийтти, гуча-м дер ду дерриге а… Вон а, дика а. Жаьмбикна-м гуттар а и иштта дуьйла хаьара. Х1инца санна ца хиънехь а, геннахь, кхетаман к1оргенехь, ехара и ойла. Цо сецавора цхьадолчу некъашна т1е ца волуьйтуш. Хало-о-м дара иза, х1етте а и хало лан а лайна, т1ехъяьлча, декхна хетара денош а, буьйсанаш а… Юкъ-юккъера екхна ю стигал. Мархашна юккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш. Куй д1а а баьккхина лаьттачу цуьнан коьрта т1ехь соьцу уьш, юха деша. Цо д1атуьллу куй. Т1аккха хьаннашлахь 1уьллучу жимчу юьрте б1аьрг бетта. Д1атийна юрт. Юкъ-юккъехь бен стогарш а гац. 1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бошмаш а. Тийна ю кхуьнан х1усам а… (117 дош. М. Ахмадов. «Мохк бегийча. »/ Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе. 1-ра вариант. Мархашна юккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш. 2-г1а вариант. 1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бош-маш а. |
Цхьалхечу предложенин кепаш | Сочинени | «Нохчийн къоман зуда» |
Предложе-ница граммати-чески уьйр йоцу дешнаш | Талламан диктант | «Цхьалла. » Буьйса. 1аьржа, тийна буьйса. Цхьалла…Г1орасиз, синтем байна цхьалла. Ма цхьаьна йог1у шуьшиъ! Вовшах къаста ца луш, б1ешерийн дохалла ши йиша хилла схьайог1у. Амма яц шуьшиннан вовшашца я марзо а, я безам а. Ца ваьллачу денна д1акхоьхьу дахаран мур бу. Буьйса яьлла д1аяхча а ца юьту цхьалло… Берх1итта шо ду и шиъ х1окху ц1ийнан дукъ гихь схьадог1у. Айманис лерина луьсту шен дахаран х1ора аг1о. Ерриге а беса ю, цхьа а яц воккхаверан лар йитина. Дега1ийжамаш, хьешна сатийсамаш, дегайовхонаш. Ур-атталла, ирсан з1ийдиг тесна меттиг яц. И х1инца а инзаръюьйлу шаьшшиннан дахаран некъ, кхин ца хедаш, х1окху хене схьакхачарх… Берийн дуьхьа лаьлла садетташ. Цара ницкъ а, доьналла а делла и хан яккха. Иштта д1аихна шераш… (111дош. ) Грамматически т1едиллар. —Билгалъяхначу предложенешна синтаксически талламаш бе. |
Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш преложенеш | Изложе-ни | «Ламанан хи» Ирча хуьлу ламанан хи дистича. Охьанехьа дукха чехка дог1уш хиларна, шена дуьхьал нисъелларг охьатухий, хьоший, кагйой д1а- йоккху цо. Лекха бердаш лахара огий, чухерцадо, орамашца бух а дохуш, дитташ охьакхоьхьу. Х1аваъ дегош гонаха г1уг1 лаьтта. Хин мокха пен х1инца шерра гуш т1аьхь-т1аьхьа схьат1ешершаш, боккха хуьлуш хилла. Инзаре г1овг1а яьккхина цо. » Кхуьур вац, х1ал-лакъхили тхойшиъ», — аьлла, Лоьмина дагатоссушехь, ма-йогг1у говр хаьхкина шайна орцах вог1у бере гина цунна*. Иза тхан объездчик Са- лахь хилла. Цунна дуьхьалхьаьдда Лоьма, Хьасан а текхош. Салахьа, ша т1екхоччушехь, говр юха а хьовзош, катоьхна шена хьалха хьалаваьккхина Хьасан. Схьат1етасало т1еххьа! — мохь тоьхна цо Лоьмига. Д1алалла! — аьлла, Лоьмас, мохал маса ша д1а а эккхаш. Цкъа вухахьажа кхиъначу Салахьана гина юххе кхоччуш доллу дистина до- г1ухи. Хьалха кхийда саьрмикан моттсанна, ирча хилла хин юьхь. Лаьххьара ницкъ т1ебахийтина, кхин а чехка ведда Лоьма. Бергашца жаг1а юхабетташ йоьдучу говрана юххе а иккхина лалвелла, т1екхаьч- начу хин юьхьо к1ажийн пхенаш а дашош, боьрана сехьа иккхина Лоьма. Т1аккха, ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна иза. Хин г1овг1а х1инца лакхахьара а схьахезаш, гонахара х1аваъ дуьзна. Меллаша корта хьала а айбина, д1ахьаьжначу Лоьмина бер- риге а боьра хиэ д1алаьцна гина. Кхин зен ца хуьлуш, шаьш к1елхьа- радовлар хазахетта, Хьасане хьаьжна, велакъежира. Гайсултанов План х1оттор » Ирча хуьлу ламанан хиш». » Иза тхан хехо Салахь хилла». » Ирахь латта Мор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна». |
Ма-дарра а, лач а кьамел | Изложе-ни | «Оьзда мотт» Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш цхьа г1иллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду «Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьадаьллачу дешан лай ву хьо» боху кица. Нахалахь айхьа мел аьллачу дашах жоьпалла ву бохург ду и. Далла а, нахана гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болчу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду. Дош хила тарло г1ийлачун, мискачун, дархочун дог-ойла хьостуш к1еда, мерза, аьхна, довха а, я г1ийлачунна хьовха, поп санна волчу къонахчунна а луьра а, къиза а. Меттан хазалла а, меттан говзалла а гучуяккхар магийна ду вайнехан 1едалехь. Далла 1ибадат деш, йо1е безам балхош, адамашна юкъахь лелла дов дерзош, ч1ирхошна юкъахь масла1ат деш, да-нана хьостуш. Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна 1ама веза, баккхийчаьрга ла а дуг1уш, цьргара масал оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца 1а, иза вайх х1ораннан сица, кхетамца хила дог1у жовх1ар ду. Цо г1о до оьзда боцчу нехан лаамна к1ел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь ц1ена чекхвала а. (Уциев А. Х. ) |
Граммати-чески талларш | Талламан диктант | «Ненан дарбане куьг» Цхьана ламанан юьртахь дехаш хилла наний, к1анттий. Кху дуьненахь яккха шен оьмар чекхьяьлча, нана д1акхелхина. К1ант ша висна. Т1аккха ц1еххъана иза азвала волавелла, кертахъ дaa-мала шортта доллушехь. Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла. Ницкъ а эшна, метта охьавижина к1ант. Кхин дан амал а ца хилла, махкахь а дика вевзаш, ц1е яханчу шайхана т1ебахана цуьнан гергара нах. Шайхе д1адийцина ма — дарра. Шайхо аьлла: – Цунна токх нанас шен куъйга бина кхача а бен ца хилла. Иза толур ву, нагахь санна аша цуьнан ненан куъг кхетта кхача баабахь. Кхин дан дарба дац цунна. Кхача а кечбина, ненан коша тle бахана вуьйш. Каш а аьхкина, шаьш беанчу кхачех ненан дакъаделла куъг хьакхадалийтина цара. И кхача к1антана хьалха биллина цара. Вукхо биъна. Цхьа-ши де далале, то а велла, меттара хьалаг1аьттина к1ант. (133 дош) |
Карладаккхар | Шеран талламан диктант | «Кехат» …Маьрк1ажал т1аьхьа ц1акхечира нана. Цецъелира иза гинчух. Йиттина ирхъоьхкина берийн бедарш, чохь юучух хаза яьлла хьожа, бовхачу маьнги т1ехь ловзу ши к1ант. -Дукха яха хьо! Хьо-м х1инца аса цадийриг а деш, йоккха ма хилла. Хьан да, ц1аваг1ахь, тешар а вац, ахьа иштта г1уллакхаш до аьлча. Амма йоь1ан б1аьра хьаьжча, ненан бос хийцабелира. Йо1 т1орказ чу хьаьжний а, цо цу чуьра кехат дешний а, хиира. Кехат нанас Х1азанах лечкъоран шен бахьана дара. Нанна дика хаьара, Х1азанна шен сил а дукха да везийла. Тидаме эцнера баккхийчийн санна йолу йоь1ан амал, ойла, мотт. Цундела йо1ана, и ирча кхаъ хезча, цхьа х1ума хиларна кхоьруш ца аьллера нанас да валарх лаьцна. Хан яьлча, х1ума ширло, цул т1аьхьа сатоха хала цахир-кх аьлла, дитинера… (115 дош. С. -С. Саидов. «Мажъелла кехатан цуьрг. ») Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе: 1-ра вариант -1 предл 2-г1а вариант-7предл |
9 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар. | Талламан диктант | «Хьоме юрт» Ж. Махмаев рузманан хьесапаш аг1о77 Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча, хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла х1окхо ламаз оьццушехь, эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена, мукъамехь декара цуьнан аз. Хьуьна йистера д1ахьаьжча, д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт. Х1окху меттехь, жа басенца дажа д1а а хоьций, охьахуура Алхаст тохара жималлехь. Аренаша юкъаерзийначу шен юьрте а хьоьжуш, хийла ойланаш йора цо. Х1етахьчул дуккха а хийцаелла юрт. Шоръелла, ков-керташ алсамдевлла. Делахь а, Алхастан юрт ю и, хьалха санна, дагна хьоме а, хьалха санна, дагна гергара а. Алхаст х1инца лаьттачуьра д1айолалуш яра буьрса хьун. Х1окху хьаннашца а дара Алхастан гергарло. Ерриге а, ала мегар долуш, жималла кхузахь пепнийн 1индаг1ашкахь а, Гуьмса ч1ожан басенашца кхуьучу кегийрачу хьаннашкахь а д1аяхнера Алхастан. XIopa т1улг, xlopa дитт гергара дара кхузахь. Д1а б1аьрг мел тоьхначохь гуш долчу суьрташа хилларш-лелларш дагатуьйсура. Хьуьна йистера д1а Гумс-хи долчу aгlop варша боьрзучу ворданан новкъа д1аволавелира Алхаст. Цунна къилбехьа б1аьлланган а, пхонан а орамаш юккъера схьадолуш шовда дара. (145 дош) |
Чолхе-цхьанакхеттапредложенеш. | Изложе-ни | «Доттагий» Арахь яьллачу г1овг1анах а, тоьпан татанах а кхераделла берзан к1езий, шешан бена чохь цхьана сонах д1атебба дохкура. Царна топ тоха дегаза хеташ, вехха лаьттира Атби. Уьш кегий долу дела царах къахетара цунна. Уьш ца дойуш йита мегар доцийла а хууш, жа юккъе лилхинчу берзалоша каетташ дуьмеш даьхна уьстаг1ий шена гича, хеттарг дага а лаьцна, к1езийн з1уганна юккъе топ туьйхира Атбис. Делларг, дийна диснарг муьлха ду а хьожуш, пхий а к1еза дийра цо. Барза а далош метта веара и шиъ. Вало, Ваха, х1инца ц1а а г1ой, колхозан правленехь болчаьрга вайшиммо берзалой яйиний хаийта, шена луург хьажа вог1ур. Борз ерна уьстаг1-х1ума а ма йог1у вайшинна. Пайденна йоцчу яьллехь а, ас барзана т1ера ц1ока схъайоккхур ю, — аьлла, ша буха а сецна, Ваха ц1а хьажийра Атбис. Ткъа х1окху Барзина х1ун до вайша? — аьлла хаьттира Вахас. Шех къинхетам байта санна, г1ийла б1аьргаш керчадораж1аьло, шен ц1еяьккхича. Барза соьца ца 1ийча дер дац, чевнаш д1аерззалц, — элира Атбис. Шен т1оьрмиг а эцна, Ваха ц1ехьа волавелча, ц1ога а лестош, ц1ийзаш меттахделира Барза. Барза, хьо 1ад1ен деза кхузахь, цкъачунна, хьуо тодаллалц. Со кест-кеста вог1ур ву хьуна кхуза, — аьлла, коьрта т1е куьг а хьокхуш, Вахас ша хьаьстича, шега бохучух кхетча санна, Вахина т1аьхъа ца г1уртуш, Атбица сецира иза. Ваха ц1а вахара. Гуьйре шелъелча, жа колхозан ферме далийра Атбис. Борз ерна колхозо уьстаг1 а, ц1окарчех пачхьалкхо ахча а делира Атбина. Барза а, чевнаш д1а а йирзина, тоделла. Цхьана дийнахь кегийчу 1ахаршна х1ума ян хьуьнах вахара Атби. Иза дара 1ай. Цхьа а лар юй техьа берзан бена т1ейоьдуш аьлла, хьажа вахара иза. Амма иза, ло т1е а тесна, къайлабахнера. Т1ейог1уш цхьа а лар яцара. Берзан бен д1ашарбелла карийча, дукха хан йоццуш хилла дерг дага лоьцуш ойла еш а лаьттина. ПЛАН Берзан к1езий дайар. Ваха Атбис ц1а хьажор. К1ант ж1аьлега г1ийла хьажар. Барза тодалар. Берзан бен карор |
ОГЭ синони- маш, омонимашантони-маш | Талламан болх | «Ирсе б1аьрхиш» Х1инццалц д1адаханчу шен дахаран дерриге сурт дуьхьал х1оьттира Ахьъядан оцу миноташкахь. Х1ара ког а шершина, 1инах чувог1уш, кхуьнан кара еара цхьа жима колл. Иза карахь йолу куьг кегийра дегадора. Аьрру куьйго схьалаца бег1ийла х1ума лоьхура, амма кхо юьхьанца катоьхна т1улг, карара а баьлла, керчина 1инах чубахара. Охьакхаьчча цо даьккхина тата халла бен ца хезира Ахьъядана… Ког д1атасабала х1ума яцара… Ницкъ г1елбеллера. Дерриге а дег1ах шийла хьацар тоьхнера. Колл карахь йолу аьтту куьг кулла т1ерачу к1охцалгаша шина-кхаа меттехь хадийнера. Куьг а, пхьарс а ц1ийша дуьзнера, амма иза тергалдечохь дацара г1уллакх. К1антана вала ца лаьара, иза ца тешара шен дахаран т1аьххьара миноташ т1ех1иттина бохучух. … Ц1еххьана цхьана х1уманах кхераделла д1аиккхира хьоза. Ткъа оццу минотехь лакхара охьа, ц1ийша дуьзначу к1ентан куьйга т1ехула охьабеара беха, шуьйра, къорза бухка… (123 дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш. ») Грамматически т1едахкарш. 1. Синтаксически таллам бе: 1-ра вариант 2-г1а вариант 1-ра предложени 3-ра предложени. (Ц. П. ) 2. Синтаксически таллам бе 4-чу предложенина. (Ч-Ц. П. ) |
Чолхе-карара предло-жеш | Сочинени |
«Къинхетаме хилар» |
ОГЭ латтам (хенан, меттига, бахьанин, 1алашонан, бараман) | Талламан диктант | «Борз. » Ц1еххьана ша лелочух шекваьлла стаг санна, самаяхна ойланаш а, б1аьргаш а, саца а сецна, т1ехьа хьаьжира иза. Г1ан-набарх дуьхьал дог1уш долу сурт санна, гена а воцуш лаьтташ цхьа стаг хетавелира цунна. Баймарзас воьхна б1аьргаш д1ахьаббира, амма цу сохьтехь д1абиллира. Т1епаза вайра и стаг. Юха а шех ца тешаш леррина, охьатаь1на хьаьжира иза. Амма цхьа а вацара гуш. «Хьо кхеравелча, т1ехьа ма хьажалахь», -дагатесира Баймарзина жима волуш нанас шена дина хьехар. Г1отана уллохь болчу г1одамийн такхорах букъ тоьхна, д1ах1оьттира Баймарза … Г1ота уллохь яра х1инца. Ткъа ницкъ хилча, цу чу иккхина, уьстаг1 д1абахьа. Ма кхин х1ума ца оьшура Баймарзина. Цхьабакъду, Симбайн ж1аьлеша х1ара шайх волуьйтур ву бохург бакъ-м дацара. Сталина аьллера бохуш, ша Симбай ма ву, кхин къа ца хеташ, топ тухур волуш. Х1инца х1ун дийр ду ца хууш лаьттра Баймарза… (130 дош) |
Даран суьртан т1етуху предложенеш. | Сочинени | «Мотт- дахаран хазна» |
Даран суьртан т1етуху предложенеш. | Изложе-ни | «Ден дозалла» Ворх1 к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а – пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг а йоккхур йолуш, ч1арх-аьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший. Иштта кхиийна уьш дас. Цо х1инца а олу шен к1енташка: «Хьалха а ма хила, т1аьхьа а ма хила. Шун меттиг юккъехь ю». Цкъа воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега: – И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада? Даркеш оьг1аз ца вахара оцу хаттарна. Тера дара цо и лардинчух. «Хьалха вийла 1еминарг массо а х1уманна т1ехь а хьалхара хила лууш хуьлу, т1ехьа сеца 1еминарг массо а х1уманна т1ехь а т1аьхьара хила лууш хуьлу. Хьалха валий, т1аьхьа висий стаг гуттар а караво. Муьлххачу а г1уллакхан коьрта йозалла шена т1еоьцуш ерг юкъ ю. И онда елахь, халкъан доь довр дац», – жоп делира Даркеша. Ден хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера. Салтийн тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх. Ворх1 к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш… Кхо к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу Хьарг1а. – Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш. – Бакъахьа хир ду, – к1ентийн б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – Парг1ат хила. Нана йолчу боьлху к1ентий. – Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш. – Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала, – меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – Д1адуьло, парг1атдовла. Воккхах волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий. – Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина. – Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус. – Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас. – Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн г1уллакхе… (343 дош) (Л. Яхъяев «Гихойн Таймасха») Хьесап: 1. Ден дозалла.. 2. Ден хьехамаш. 3. К1енташа ден хьехар лардар. 4. Аружин доьналла. 5. Дена дуьхьал х1оттар. |
Хуттургаш йоцу чолхе предложенех юкъара кхетам. | Талламан болх | «Т1аьхьара гуьйре» Гуьйре д1аяла герга яханера. Мокха пардо т1едижинчу лаьмнашкара охьа шийла мох хьаькхира. Дека хезаш олхазарш а дацара, амма наггахь т1ехъэккхаш полла-м хуьлура. Г1алахь даима а хьоькхуш мох бара, яьлла чан а яра. Декаш хьозий а дара, ткъа урам некъашкахь цкъа цхьанхьа ховшуш, цигара д1ахьовдий, кхечухьа ховшуш, лелаш кхокхий а дара… Курганов дукха лерина Бенога д1ахьаьжира, жимачу стаге ша т1едиллинарг кхочушдалур дуй-техьа талла воллуш санна. Бенос цунна т1ера б1аьрг д1а ца баьккхира –сох теша мегар ду, хьуна, бохуш санна. Пакет схьа а эцна, аг1орхьа а ваьлла, Танигахьа хьаьжира иза. Цецваьлла висира иза: мел тера яра иза х1инца Ульяшевах, дикачу, хьомечу Ульяшевах… Шийла 1уьйре яра. Вокзалана гуо а баьккхина, ураме ваьлла Бено, воьхна волуш хьалхахьа д1а а хьоьжуш, цхьана а маь11ехь сецира. Шелоно лергаш дахьадора, когаш шелбора… (125 дош. С. -Б. Арсанов. «Маца девза доттаг1алла. » Грамматически т1едахкарш. 1. Синтаксически таллам бе: 1-ра вариант 2-г1а вариант 3-г1а вариант Ч-ЦП-на Ч-КП-на Х йоцчу ЧП-на. |
Литературни меттан стилаш. | Изложени | «Доттаг1 вонехь вевза. » …Новкъа д1авоьдуш, Ханпашина генара дуьйна гора некъа юккъехь д1а-схьа лелхаш долу к1анттий, йо11ий. И шиъ дара 1абдурахьманний, Маликий. -1овдал ма лела! Д1аяхийта со! Эхь ца хета хьуна соьца къийсавала! — ц1ог1а хьоькхура Маликас. -Ахь сайна дош даллалц-м йоьхуьйтур яц! Дийца, Малика, реза юй хьо ас бохучунна? –хоьттура 1абдурахьмана, пхьаьрсаш д1аса а тесна, некъа юккъе а х1оьттина… Оцу заманчохь царна т1екхечира говрахь вог1у Ханпаша. -Хьо х1унда йоьлху, Малика? -хаьттира цо, говра т1ера охьа а эккхаш. -Х1окхо д1аяха ца юьту-кх, — жоп делира Маликас -Боьршачу стагана бакъаха дац иштта осала лелча. Д1аяхийта иза шен новкъа, — элира Ханпашас 1абдурахьмане. -Иза хьан г1уллакх дац. Яхийта кхузара хьайн алаша, — т1ечевхира 1абдурахьман. -Х1ун бахара ахьа? Кхин цкъа а алал иза! -оьг1азе цунна т1еволавелира Ханпаша. -Хьуна хезнарг бахар-кх, -ч1ог1а ластийна т1ара туьйхира цо Ханпашина. -1ад1ехьа, 1абдурахьман! Со лолда хьан, ца 1ен велахь, -мохь хьоькхуш, йоьхнера Малика. —Х1унда туьйхи ахь суна, ва 1абдурахьман? Со хьоьх лата г1ерташ ма вацара. Хьайга хаза аьлча кхета мегар дац хьо? -Дера туьйхира, хьоьх х1умма а эхь ца хеташ, айса юха а тухур долу дела, — шолг1а т1ара тоха дагахь, чуг1оьртира иза. Кхин д1а са ца тохаделира Ханпаше. -Дика ду делахь. Хаза аьлча хууш вацахь, д1аэца хьайна! Шен ницкъ ма-ббу буй тоьхна, 1абдурахьман кхоьссина д1авахийтира Ханпашас. Нийсса бертал воьжна 1уьллура иза лаьттахь, бетах жимма ц1ий а оьхуш. (В. Матиев) План: 1. Ханпашас тидам бинарг. 2. 1абдурахьман шен дагахь дерг нуьцкъалла кхочуш деш хилар. 3. Ханпашина иза кхето лаар. 4. 1абдурахьманан сонталла, осалалла. 5. Ханпашин собар. 6. 1абдурахьманан цавашар, «цакхерар». 7. Нийса бекхам. 8. Хетий шуна Ханпаша оьзда а, майра а? |
Синонимика стилистикан бух | Талламан болх. | «Воккхачу стеган до1а» Цхьа-ши г1улч йоккхуш, цецволий д1асахьожуш, т1аккха а масех г1улч йоккхуш, лелара воккха стаг. Пхоьазза т1ек1елдина хиллачу ц1еношна юххе а вахана, 1асанна т1е а таь1на, сецира иза. Бомбанаша аьтта д1аяхийтинера кхузахь б1аьрга мел гуш йолу г1ишло. Т1аккха, лекха нохчийн холхозан куй д1а а баьккхина, киснара схьадаьккхина йовлакх коьртах хьаькхира цо. Арахь йовха яцара. Кхузткъе итт шо сов хан хир йолуш воккха стаг лаьттара дег1е дагар детташ… Ц1еххьана когаш чуьра са д1адаьлча санна, цхьа тамашийна охьалахвелира иза…Со сихха т1еволавелира. Со а гина, воккха стаг, шегара даьлла цхьа г1алат суна ца гайта г1ерташ санна, хьалаайавелира. Маршалла а хаьттина, дог лаза-м ца даьлла хьан, аьлла, хаьттира ас. -Х1ан-х1а!.. Лаза сан дог дисина, моьттуш а ма вац со-м! -Х1окху ц1енош чохь 1аш гергара нах бара хьан? Воккха стаг, цхьа тамашийна соьга схьа а хьаьжна, д1авирзира…Шен б1аьрхиш суна ца гайта г1ертара иза. Дуккха лаьттира тхойшиъ, вист а ца хуьлуш… -Сан к1ентан х1усамаш яра кху чохь…Х1инца к1ант а вац, цунах йисина х1усамаш а яц… Т1аккха, куй д1а а тиллина, дег1 нисдеш д1а а х1оьттина, до1а дан х1оьттира. Ас т1аьхьара «амин» а олуш, дехха дира воккхачу стага до1а. (170 дош). Хь. Тухашев Т1едилларш: 1. Хьалхара предложени юьззина синтаксически къастае. 2. Айдаран, хаттаран предложенешна буха сиз хьакха. |
Карладаккхар | Шеран талламан диктант | «Ирча буьйса» Иза дара гурахь. Базар д1аюьйхира. Шен хьешан, г1алаг1азкхичун, куьг лоцуш, 1одика а йина, итт-цхьайтта шо кхаьчна хир долуш волу шен к1ант юххе а хаийна, говра-ворданахь, ц1а ван новкъавелира Расу. Суьйре т1етаь1нера. Чубуза ц1ийбеллачу маьлхан з1енарша кхелина 1аьржачу мархийн йисташ, д1адийнчу аьчган басахь лепара. Цхьа байн хьекха болабелла мох т1аьхь-т1ьаьхьа ч1аг1луш лаьттара. Дерриг а 1алам меттахделира. Татанца лелхаш, борз санна уг1уш, шакарца ц1ийзаш, буьрса «дур» дара геннара дог1уш. Чехка йог1ура буьрса 1аьржа мархаш. Ц1еххьана, стигалара ластийна охьахаьхкича санна, оьг1азе тулг1ешца а боккхуш, дег1аца д1ахьулвира Расус шен к1ант. Нуьцкъачу дорцан ткъевнаца к1ур хьийзош, садоккхийла яйна, холчохь висира и щиъ. Некъ гуш бацара. Расу некъах тилира. Цхьа а ларб1ар йоцчу, воьду аг1у билгалйоцчу цу некъан хьесап дан ницкъ боцуш корта хьаьвзнера цуьнан. (131 дош) |
Главная
/
Другие предметы
/
Сочинение кегий йийсарш…
Другие предметы, 28.01.2021 18:28, Nodukam
Сочинение кегий йийсарш
Всего ответов: 3
Посмотреть ответы
Другие вопросы по Другим предметам
.(Решить (на движения, отношения): автобус проходит расстояние между двумя пунктами, равное 36км, за 40 мин ,а легковой автомобиль-на 40% быстрее. через сколько времени они встрет…
Другие предметы
27.02.2019 04:00
:1) период электромагнитных колебаний увеличился в два раза. собственная круговая частота 1. не изменилась 2. увеличилась в два раза 3. уменьшилась в два раза 4. увеличилась в раз…
Другие предметы
28.02.2019 11:20
Целое разделено на 100 равных частей. как называются 5,17,36,40,54,89,таких частей? запиши эти дроби, и запиши эти части также и с знака%….
Другие предметы
01.03.2019 07:00
Bk-высота треугольника abc. найдите ac, если ak=5 см, kc=11 см, угол a=120 градусов….
Другие предметы
02.03.2019 19:20
Советско-финляндская война (ноябрь 1939 — март 1940г) причины, итоги, последствия, значение по пунктам…
Другие предметы
02.03.2019 19:50
Узнай о чем jill спрашивала alice и запиши ее вопросы. jill? alice . ,yes, i do..i like to play with toys. 2)no i can*t play the guitar.3) yes ,she can. she can play the piano.4)no…
Другие предметы
02.03.2019 23:00
Знаешь правильный ответ?
Сочинение кегий йийсарш…
Вопросы по предметам
Когда и с какой целью были созданы духовно-рыцарские ордены? Какую роль они сыграли в государствах крестоносцев?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Составьте схемы Генеральных штатов и парламента. Что общего и что различного было в их устройстве и составе?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Мог ли участник битвы при Креси участвовать в битве при Азенкуре?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Подсчитайте, сколько лет существует английский парламент….
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Почему в начале XV века французские войска снова стали терпеть поражения?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Дайте определение понятия «сословная монархия»….
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Почему в Англии сословная монархия возникла раньше, чем во Франции?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Почему после Столетней войны королям обеих стран пришлось опять бороться за свою власть с непокорной знатью?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Как в битвах при Креси и Пуатье проявились преимущества и недостатки английской и французской армий?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Чем вы объясните перелом в войне, наступивший с появлением Жанны д’Арк?…
Другие предметы
17.04.2019 02:00
Случайные вопросы
Популярные вопросы
- Начертить все соединения проводников r1= 1ом r2=2о…27.02.2019 07:20
- Найти наименьшее общее кратное трёх чисел ( 18,24…28.02.2019 18:40
- Из букв в словах ( марс и уран)запишите перечислен…28.02.2019 19:10
- Решите уравнение. sin x*cos x*cos 2x*cos 8x=1/4 si…01.03.2019 02:40
- Могите решить ребус по драмма+драмма=театр чай: а…01.03.2019 08:00
- Втреугольнике авс угол в в 2 раза больше угла а и…03.03.2019 03:50
- №1укажите варианты. в котором мягкий знак не служи…04.03.2019 01:50
- Длины перпендикуляров, опущенных из точки о на гра…04.03.2019 04:30
- Ответе на вопросы do you have a garden? do yo ofte…04.03.2019 12:20
- 1)допишите уравнение, расставьте где нужно коэффиц…06.03.2019 22:30
Урокан ц1е: Мусаев М. «Ц1ен маьхьси».
1алашо: Яздархочун дахарх лаьцна боцца хаамаш бовзийтар. Туьйранан чулацам а, коьрта турпалхой а, церан амалш а йийцаре яр. Берзан а, цхьогалан а вовшашца йолу хьаг1–гамо гайтар. Берзан ямарт ойланаш мекарчу цхьогало кхочуш ца хилийтарх лаьцна дийцар. Хьекъал, ямартлонал, тешнабехкал, сонталел тола дезаш хиларан ойла ч1аг1ъяр.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх лаьцна боцца хаамаш.
2.Туьйранан чулацам а, коьрта турпалхой а, церан амалш а.
3.Берзан а, цхьогалан а вовшашца йолу хьаг1–гамо гайтар. Берзан ямарт ойланаш мекарчу цхьогало кхочуш ца хилийтарх лаьцна дийцар. Хьекъал, ямартлонал, тешнабехкал, сонталел тола дезаш хиларан ойла ч1аг1ъяр. Туьйранан халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр а, меттан говзалла а.
4. Дешархошка хаттарш.
1. Стенна т1ехула ийг1ина хилла цхьогаллий, борззий?
2.Цхьогало шена динарг муха декха г1ерташ хилла борз?
3.Х1ун 1алашо йолуш т1екхайкхина хилла лоьмо шена гонах мел долу акхарой?
4.Корта лозуш долчу лоьмана х1ун хьехар дира барзо? Х1ун дара цо дагалаьцнарг?
5. Барзо цхьогалца динчу къамелехь х1ун гучудолу вайна?
6.Корта лаза а баьлла, карзахдаьлла хьийзачу лоьмана х1ун дарба хьийхира мекарчу цхьогало?
7. «Ц1ен маьхьси» аьлла ц1е х1унда тиллина х1окху туьйранна? Х1ун маь1на ду цуьнан?
8.Цхьогална тешнабехк бан леринчу барзана хилларг муха лору аш?
5. Т1едиллар.
Шайна хазахета меттиг д1аязъе.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 79-87 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Мусаев М. «Ц1ен маьхьси». Цхьогало барзана бина бекхам
1алашо: Берзан а, цхьогалан а вовшашца йолу хьаг1–гамо гайтар. Берзан ямарт ойланаш мекарчу цхьогало кхочуш ца хилийтарх лаьцна дийцар. Хьекъал, ямартлонал, тешнабехкал, сонталел тола дезаш хиларан ойла ч1аг1ъяр.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
Берзан а, цхьогалан а вовшашца йолу хьаг1–гамо гайтар. Берзан ямарт ойланаш мекарчу цхьогало кхочуш ца хилийтарх лаьцна дийцар. Хьекъал, ямартлонал, тешнабехкал, сонталел тола дезаш хиларан ойла ч1аг1ъяр. Туьйранан халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр а, меттан говзалла а.
4. Дешархошка хаттарш.
1. Стенна т1ехула ийг1ина хилла цхьогаллий, борззий?
2.Цхьогало шена динарг муха декха г1ерташ хилла борз?
3.Х1ун 1алашо йолуш т1екхайкхина хилла лоьмо шена гонах мел долу акхарой?
4.Корта лозуш долчу лоьмана х1ун хьехар дира барзо? Х1ун дара цо дагалаьцнарг?
5. Барзо цхьогалца динчу къамелехь х1ун гучудолу вайна?
6.Корта лаза а баьлла, карзахдаьлла хьийзачу лоьмана х1ун дарба хьийхира мекарчу цхьогало?
7. «Ц1ен маьхьси» аьлла ц1е х1унда тиллина х1окху туьйранна? Х1ун маь1на ду цуьнан?
8.Цхьогална тешнабехк бан леринчу барзана хилларг муха лору аш?
5. Т1едиллар.
Шайна хазахета меттиг д1аязъе.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 79-87 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Гацаев С. «Чкъоьрдиг». К1ант кхоьру
1алашо: Яздархочух лаьцна боцца хаамаш бовзийтар. Туьйранан чулацам а, коьрта турпалхой а бовзийтар. Чкъоьрдига ша – шена т1ехь баьккхина толам гайтар. Цу шиннан къовсам гайтаран башхалла. Х1илла сонталлал а толар. Яздархочун туьйра халкъан барта кхоллараллин туьйранца цхьаьнадог1уш хилар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочух лаьцна боцца хаамаш.
2. «Чкъоьрдиг» — литературни, стихотворни кепехь яздина туьйра. Цуьнан чулацам а, коьрта турпалхой а. Чкъоьрдига ша – шена т1ехь баьккхина толам гайтар. Къиза Ешап – экха а, майра Чкъоьрдиг а. Цу шиннан къовсам гайтаран башхалла. Х1илла сонталлал а толар.
3.Яздархочун туьйра халкъан барта кхоллараллин туьйранца цхьаьнадог1уш хилар.
4.Туьйранан маь1на а, меттан исбаьхьалла а.
4. Дешархошка хаттарш.
1.Стенах лаьцна дуьйцу туьйранна т1ехь? Мила ву цуьнан коьрта турпалхо?
2.Юьхьанца муха к1ант хилла Чкъоьрдиг? Вайна девзаш долчу туьйранан муьлхачу турпалхочух тера ву и цу хенахь?
3.Маца хийцавелла Чкъоьрдиг? Мила ву и яхье ваьккхинарг?
4.Ешап долчу муха кхочу бераш?
5.Тила а делла, ша долчу кхаьчча, бераш муха т1еийцира Ешапа? Х1ун бахьана ду цуьнан?
6.Ешапца д1ахьочу къийсамехь х1ун тайпа х1илланаш леладо Чкъоьрдига? Х1унда?
7. Ешапца болчу къийсамехь Чкъоьрдиг х1илланца толар а, цо иза 1ехор а муха гайтина?
8.Шен амалшца хьанах тера хета шуна туьйранан турпалхо Чкъоьрдиг?
5. Т1едиллар.
Туьйранан шайна хазахеташ йолу кийсак дагахь 1амае.
Туьйранан чулацамах лаций суьрташ дахка.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 89-105 еша, хазахеташ йолу кийсак дагахь 1амае.
Урокан ц1е: Гацаев С. «Чкъоьрдиг». Чкъоьрдиган толамаш
1алашо: Чкъоьрдига ша – шена т1ехь баьккхина толам гайтар. Цу шиннан къовсам гайтаран башхалла. Х1илла сонталлал а толар. Яздархочун туьйра халкъан барта кхоллараллин туьйранца цхьаьнадог1уш хилар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
1. «Чкъоьрдиг» — литературни, стихотворни кепехь яздина туьйра. Цуьнан чулацам а, коьрта турпалхой а. Чкъоьрдига ша – шена т1ехь баьккхина толам гайтар. Къиза Ешап – экха а, майра Чкъоьрдиг а. Цу шиннан къовсам гайтаран башхалла. Х1илла сонталлал а толар.
2.Яздархочун туьйра халкъан барта кхоллараллин туьйранца цхьаьнадог1уш хилар.
3.Туьйранан маь1на а, меттан исбаьхьалла а.
4. Дешархошка хаттарш.
1.Стенах лаьцна дуьйцу туьйранна т1ехь? Мила ву цуьнан коьрта турпалхо?
2.Юьхьанца муха к1ант хилла Чкъоьрдиг? Вайна девзаш долчу туьйранан муьлхачу турпалхочух тера ву и цу хенахь?
3.Маца хийцавелла Чкъоьрдиг? Мила ву и яхье ваьккхинарг?
4.Ешап долчу муха кхочу бераш?
5.Тила а делла, ша долчу кхаьчча, бераш муха т1еийцира Ешапа? Х1ун бахьана ду цуьнан?
6.Ешапца д1ахьочу къийсамехь х1ун тайпа х1илланаш леладо Чкъоьрдига? Х1унда?
7. Ешапца болчу къийсамехь Чкъоьрдиг х1илланца толар а, цо иза 1ехор а муха гайтина?
8.Шен амалшца хьанах тера хета шуна туьйранан турпалхо Чкъоьрдиг?
5. Т1едиллар.
Туьйранан шайна хазахеташ йолу кийсак дагахь 1амае.
Туьйранан чулацамах лаций суьрташ дахка.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 89-105 еша, хазахеташ йолу кийсак дагахь 1амае.
Урокан ц1е: Исмаилов А. «Бирдолаг». Бух1анан дийцар. Лоьман пачхьалкх. Кура сай
1алашо: «Бирдолаг» — философски жанрехь долу туьйра довзийтар. Лоьман пачхьалкх, оцу пачхьалкхехь долу г1иллакхаш, акхарошна а, олхазаршна а, юкъахь йолу къизалла гайтар. Г1ийланиг, ка-м1ара а, ира церг а йоцург ницкъ болчо х1аллакъеш хилар, цаьргахь г1ело латтор. Лоьман олалла дожоран маь1на гайтар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочух лаьцна боцца хаамаш.
2.«Бирдолаг» — философски жанрехь долу туьйра.
3.Лоьман пачхьалкх, оцу пачхьалкхехь долу г1иллакхаш, акхарошна а, олхазаршна а, юкъахь йолу къизалла гайтар. Г1ийланиг, ка-м1ара а, ира церг а йоцург ницкъ болчо х1аллакъеш хилар, цаьргахь г1ело латтор. Туьйранахь долу дийнатийн, акхаройн васташ: акхаройн паччахь Лом, олхазарийн паччахь Аьрзу, х1иллане Цхьогал, аьрха Берзалой, ямарта Чаг1алкхаш, тешам боцу Бирдолагаш. Лоьман олалла дожоран маь1на. Барт а, цхьаалла а акхараллел, сонтачу кураллел, ницкъал тоьлуш хилар ч1аг1дар. Деган дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме, тешаме, накъосталла дан кийча хиларрий хастор, стешхалла, ямартло емалъяр. Акхаройн дахар адамийн дахарца дустар а, цуьнан к1орггера маь1на а.
4.Туьйранан х1оттам а, меттан исбаьхьаллин билгалонаш а.
4. Дешархошка хаттарш.
1.Г1айри т1ехь кхоьллина йолу Лоьман пачхьалкх муха хилла?
2.Къона сеша шайн тхьамда Кура Сай харжаран х1ун бахьана ду?
3.Лом-паччахьо шен пачхьалкхехь д1ах1оттийна къепе муха хилла? Муьлш хилла цуьнан хьадалчаш?
4.Лоьман олалла дожо дагахь х1ун сацам бира ирзу т1ехь гулъеллачу акхароша?
5.Муха го вайна Лом а, Кура Сай а? Цаьршиннан муьлха амалш билгалйовлу вайна?
6. Г1аьттинчу б1оно Лоьман олалла дожорах лаций дийца.
7.Х1ун маь1на ду х1окху туьйранан?
5. Т1едиллар.
Шайна хазахета меттиг д1аязъе.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 106-117 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Исмаилов А. «Бирдолаг». Толам
1алашо: Лоьман пачхьалкх, оцу пачхьалкхехь долу г1иллакхаш, акхарошна а, олхазаршна а, юкъахь йолу къизалла гайтар. Г1ийланиг, ка-м1ара а, ира церг а йоцург ницкъ болчо х1аллакъеш хилар, цаьргахь г1ело латтор. Лоьман олалла дожоран маь1на гайтар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
Лоьман пачхьалкх, оцу пачхьалкхехь долу г1иллакхаш, акхарошна а, олхазаршна а, юкъахь йолу къизалла гайтар. Г1ийланиг, ка-м1ара а, ира церг а йоцург ницкъ болчо х1аллакъеш хилар, цаьргахь г1ело латтор. Туьйранахь долу дийнатийн, акхаройн васташ: акхаройн паччахь Лом, олхазарийн паччахь Аьрзу, х1иллане Цхьогал, аьрха Берзалой, ямарта Чаг1алкхаш, тешам боцу Бирдолагаш. Лоьман олалла дожоран маь1на. Барт а, цхьаалла а акхараллел, сонтачу кураллел, ницкъал тоьлуш хилар ч1аг1дар. Деган дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме, тешаме, накъосталла дан кийча хиларрий хастор, стешхалла, ямартло емалъяр. Акхаройн дахар адамийн дахарца дустар а, цуьнан к1орггера маь1на а.
4. Дешархошка хаттарш.
1.Г1айри т1ехь кхоьллина йолу Лоьман пачхьалкх муха хилла?
2.Къона сеша шайн тхьамда Кура Сай харжаран х1ун бахьана ду?
3.Лом-паччахьо шен пачхьалкхехь д1ах1оттийна къепе муха хилла? Муьлш хилла цуьнан хьадалчаш?
4.Лоьман олалла дожо дагахь х1ун сацам бира ирзу т1ехь гулъеллачу акхароша?
5.Муха го вайна Лом а, Кура Сай а? Цаьршиннан муьлха амалш билгалйовлу вайна?
6. Г1аьттинчу б1оно Лоьман олалла дожорах лаций дийца.
7.Х1ун маь1на ду х1окху туьйранан?
5. Т1едиллар.
Шайна хазахета меттиг д1аязъе.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 106-117 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Бадуев С. «Зайнди». Зайндис дина ц1ийнноналла
1алашо: Яздархочун дахарх лаьцна боцца хаамаш. Дийцарехь вайнехан хьалхалера 1ер – дахар гайтар. Зайндин г1ийла, меца бералла. Арухин а, Зайндин а вовшашца йолчу юкъаметтигах лаьцна дийцар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх лаьцна боцца хаамаш.
2. Дийцарехь вайнехан хьалхалера 1ер – дахар гайтар. Зайндин г1ийла, меца бералла. Арухин а, Зайндин а вовшашца йолчу юкъаметтигах лаьцна дийцар. Арухас Зайндина еш йолу г1ело яздархочо къобалъеш цахилар. Зайндин сатийсам кхочушхилар, иза шен 1алашоне кхачар.
3. Дийцаран турпалхойн васташ. Авторан жимачу турпалхочуьнга болу безаммий, къинхетаммий.
4. Дешархошка хаттарш.
1.Мила ву х1окху дийцаран коьрта турпалхо?
2.Х1ун тайпа хийцамаш хилира цуьнан дахарехь нана кхелхинчул т1аьхьа?
3. Х1унда ца везавелира Арухина Зайнди?
4. Муха ловра Зайндис Арухас шена бен ницкъ?
5. Ша санна долчу берех Зайнди хьоьгуш хиларан бахьана дийца.Стенга сатесна хилла и?
5. Урокан жам1 дар.
6. Рефлекси
7. Ц1ахь: аг1о 121-124 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Бадуев С. «Зайнди». Дега даийтина кехат
1алашо: Арухин а, Зайндин а вовшашца йолчу юкъаметтигах лаьцна дийцар. Арухас Зайндина еш йолу г1ело яздархочо къобалъеш цахилар. Зайндин сатийсам кхочушхилар, иза шен 1алашоне кхачар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Керла коьчал йовзийтар.
Дийцарехь вайнехан хьалхалера 1ер – дахар гайтар. Зайндин г1ийла, меца бералла. Арухин а, Зайндин а вовшашца йолчу юкъаметтигах лаьцна дийцар. Арухас Зайндина еш йолу г1ело яздархочо къобалъеш цахилар. Зайндин сатийсам кхочушхилар, иза шен 1алашоне кхачар.
Дийцаран турпалхойн васташ. Авторан жимачу турпалхочуьнга болу безаммий, къинхетаммий.
Дийцаран меттан башхаллаш.
4. Дешархошка хаттарш.
1.Арухас ша базара йоьдуш х1ун г1уллакхаш де аьлла витира ц1ахь Зайнди?
2.Зайнди Михайловске деша вахар муха нисделира?
3. Зайндин доттаг1 1алболат муха к1ант хета шуна?
4.Бехк боцуш, Зайнди ша хьийзаварна Аруха дохкояларан х1ун бахьана ду?
5.Арухас а, Бисолтас а Зайнди хьийзавар юьртахоша т1е муха лецира?
6.Муха к1ант хета шуна Зайнди? Цо динарг аш къобалдой? Х1унда?
5. Т1едиллар.
Шайна хазахета меттиг д1аязъе.
6. Урокан жам1 дар.
7. Рефлекси
8. Ц1ахь: аг1о 124-134 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Бадуев С. «Зайнди» дийцаран жам1 дар.
Урокан ц1е: Бадуев С. «Зайнди»
1алашо: Арухин а, Зайндин а вовшашца йолчу юкъаметтигах лаьцна дийцар. Арухас Зайндина еш йолу г1ело яздархочо къобалъеш цахилар. Зайндин сатийсам кхочушхилар, иза шен 1алашоне кхачар. Дийцаран жам1 дар.
Урок д1аяхьар.
1. Ойла т1еерзор
2.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
3. Дешархошка хаттарш.
1.Мила ву х1окху дийцаран коьрта турпалхо?
2.Х1ун тайпа хийцамаш хилира цуьнан дахарехь нана кхелхинчул т1аьхьа?
3. Х1унда ца везавелира Арухина Зайнди?
4. Муха ловра Зайндис Арухас шена бен ницкъ?
5. Ша санна долчу берех Зайнди хьоьгуш хиларан бахьана дийца.Стенга сатесна хилла и?
6.Арухас ша базара йоьдуш х1ун г1уллакхаш де аьлла витира ц1ахь Зайнди?
7.Зайнди Михайловске деша вахар муха нисделира?
8. Зайндин доттаг1 1алболат муха к1ант хета шуна?
9.Бехк боцуш, Зайнди ша хьийзаварна Аруха дохкояларан х1ун бахьана ду?
10.Арухас а, Бисолтас а Зайнди хьийзавар юьртахоша т1е муха лецира?
11.Муха к1ант хета шуна Зайнди? Цо динарг аш къобалдой? Х1унда?
12.Х1ун маь1на ду х1окху дийцаран? Яздархо х1ун ала г1ерта шен дийцарца?
4. Т1едиллар.
«Х1унда лаьа суна Зайндих тера хила?» — бохучу хаттарна йозанца жоп ло.
5. Урокан жам1 дар.
6. Рефлекси
7. Ц1ахь: аг1о 121-134 еша, хаттаршна жоьпаш.
Похожие вопросы:
Другие предметы, 07.03.2019 08:25
Постройте координатную плоскость♡♡
Ответов: 2
Другие предметы, 07.03.2019 07:44
По какому правилу делят десятичную дробь на натуральное число?
Ответов: 3
Другие предметы, 07.03.2019 13:43
Вдетский сад 2 одинаковых бидона с молокои.после того как использовали 44 л молока,осталось 2 л .сколько литров молока было в каждом бидоне?
Ответов: 3
Другие предметы, 07.03.2019 21:27
Верно ли , что из любых десяти чисел можно выбрать два , следующим свойством: если их возвести в квадрат , то разность будет делиться на 17?
Ответов: 2
У тебя есть свой ответ?
Сочинение по чеченской литературе кегий йийсарш…
Вопросы по другим предметам:
География, 13.02.2022 21:55
Математика, 13.02.2022 21:55
История, 13.02.2022 21:55
Литература, 13.02.2022 21:55
Алгебра, 13.02.2022 21:56
Математика, 13.02.2022 21:56
Другие предметы, 13.02.2022 21:56
История, 13.02.2022 21:56
Литература, 13.02.2022 21:56
Математика, 13.02.2022 21:57
Қазақ тiлi, 13.02.2022 21:57
История, 13.02.2022 21:57
Английский язык, 13.02.2022 21:57
Информатика, 13.02.2022 21:57
Информатика, 13.02.2022 21:58
География, 13.02.2022 21:58
История, 13.02.2022 21:58