Сочинение муха хила веза бакъволу доттаг1

Муха
хила веза  доттаг1?

                              
Герга хилча, дег1 дагадеш,

                              
1овжош, гена ваьлча, дог-

                              
Иштта доцчу доттаг1аллех,

                               
Алал, доттаг1, вай х1ун до?

                                                      
А. Сулейманов

   Нохчийн
кхетамехь санна доккха  маь1на  долуш дац аьлла хета суна и дош цхьанна къоман
а. Нохчийн къомо ширчу заманахь дуьйна ч1ог1а деза  лоруш хилла  доттаг1алла .
Иза къегина гайтина нохчийн халкъан барт кхоллараллехь. Нохчийн литературехь а
и тема коьртачех хиларо гойту  тахана а мел веза  ву нохчочун доттаг1 а, цуьнца
йолу юкъаметтиг а.

  
«Ваша ваша вац и хьан доттаг1 вацахь , » — боху кицано а. Доттаг1чуьнга дуьйцу 
вайн дагахь дерг а, къайленаш а ца кхоьруш цо уьш нахала яхарна. Иза хьан а,
хьо  цуьнан  уггаре  тешаме  накъост ву .

   
Доттаг1 хила а атта дац. Даккхий декхарш  ду  доттаг1ашна т1ехь : тешаме хилар,
вовшашна оьшучохь вежарий  хилла  д1ах1иттар, нагахь  доттаг1чунна       т1е
бохам беънехь, цуьнца нийсса дакъалацар, кхерам т1ех1оьттинчохь цунна  шен  са 
д1адала а кийча хилар.

 
Иштта хила  веза  аьлла  хета  суна  доттаг1.

-г1а урок. «Мила лору аса бакъволу доттаг1» темина сочинени

Скачать 293,53 Kb.

страница 83/95
Дата 22.12.2022
Размер 293,53 Kb.
#197809
Тип Урок

Связанные:
чеч лит 7 класс

    Навигация по данной странице:

  • Хьехаран кепаш
  • Кхоллараллин болх язбар. Ц1ахь кхочушдан дезарг. Яшуркаев Султанан биографи ешар. 58-г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»
  • Урок д1аяхьар Хьехархочун дош.
  • «Напсат» дийцар къастош дешар.
  • Хаттаршца доьзна къамел дар.
  • Рефлекси. Ц1ахь кхочушдан дезарг.
  • 59-г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»
57-г1а урок. «Мила лору аса бакъволу доттаг1» темина сочинени

1алашонаш: ешначух я девзинчух лаьцна йозанан болх язбан хаар таллар; шен ойла йозане ерзо хаар, дешархойн кхоллараллин хьуьнарш кхиор.

Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, кхоллараллин болх язбар.

Урок д1аяхьар


  1. Хьехархочун дош.

Шаьш ешначу произведении буха т1ехь я дахарехь девзинчух лаьцна сочинени язъян еза аша тахана урокехь. Коьртаниг — тоьшаллаш а далош, сочинении тема схьаястар ду.


  1. Кхоллараллин болх язбар.

  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

Яшуркаев Султанан биографи ешар.

58-г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»

1алашонаш: яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар; произведении идей билгалъяккхар; дийцаран турпалхочух доглазар кхиор, адамащца къинхетаме хила 1амор.

Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари еш къастош ешар; хаттаршца доьзна къамел дар.

Урок д1аяхьар


  1. Хьехархочун дош.

Тахана урокехь вай яздархочух Яшуркаев Султанах, цуьнан «Нап­сат» дийцарх лаьцна дуьйцур ду.

Поэт, прозаик, публицист Яшуркаев Султан дика вевза вайн махкахь. Кхечу нохчийн яздархойх башха къаьсташ бац цуьнан кхоллам: бер долуш махкахваккхар, хийрачу махкахь лайна халонаш, ц1аверзар, дешар, тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бар. Веданан к1ошта чу йог1учу Хорачахь вина иза. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш. Къаьсттана дукха поэзехь къахьега волавелла иза къоначу литераторийн «Пхьармат» цхьаьнакхетараллин декъашхо ша хилча. «Седарчийн буьртигаш» цуьнан дуьххьарлера поэтически книга араяьлла 1988-чу шарахь. Цул т1аьхьа арайийлла Яшуркаевн кхин а поэмийн, дийцарийн книгаш. Ешархоша къаьсттана дика т1еэцна цуьнан «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть, ткъа иштта «Напсат» дийцар а. Яздархочун кхоллараллехь к1езиг яц халкъо ц1ера даьккхинчу хенахь лайначу баланех, халонех лаьцна произведенеш.Иза цуьнан бералла хилла, ша лайнарг дика девза цунна. Вай доьшу долу дийцар а ду мацалло, шелоно холчух1оттийнчу нохчийн халкъах, цо лайначу баланех, ц1а дерза сатесна иза хиларх а лаьцна. Напсат цхьа пекъар ю, шен дагахь Даймахка ц1аян боккха сатийсам латтош йолу. Оцу сатийсамо кхетамах йоккху иза.


  1. «Напсат» дийцар къастош дешар.

Текстана комментари.


  1. Махкахбаьхна балочу нохчех лаьцна цигахь бехачу казахашна, оьрсашна юкъахь эладитане хабарш даржийна хилла 1сдалан белхалоша, нохчий, хье т1ехь ма1аш а йолуш, адамаш дууш акха адамаш ду бохуш.

  2. Дийцар т1ехь хьахийна Дикалу, Асланбек, Г1апур — уьш Николай Гикало, Асланбек Шерипов, Г1апур Ахриев ву.

  3. 1956-чу шарахь Нохчийн республика меттах1оттийнчул т1аьхьа нохчашна шайн Даймахка ц1аберза бакъо елира. Амма уьш шайн ц1аберзор деа шера чохь кхочушдан дагахь дара Советан 1едал. Цундела, вагонаш, локомативаш тоьуш яц бохуш, цхьацца халонаш кхуллура ц1ехьа г1оьртинчу нохчашна 1едалан векалша.

  1. Хаттаршца доьзна къамел дар.

  1. — Х1ун ойланаш, синхаамаш кхоллабалийти шун Яшуркаев Султанан «Напсат» дийцаро?

  • Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?

  • Халкъо ша ц1ерадаккхар муха т1елоцу? Нохчийн литсратурин муьлхачу произведенешкахь ю нохчийн ц1ерабахарх лаьцна тема?

  • Мила ю Напсат? Муха ду цуьнан куц-кеп? Барта х1оттаде цуьнан васт.

  • Х1ун бахьана ду йоккха стаг Напсат халхайийларан?

  • Муха хилла Напсатан дахар вайн халкъ махкахдаккхале?

  • Сталинан хьадалчаша нохчех лаьцна х1ун тайпа хабарш даржийна хиллера Казахстанехь дехаш долчу адамашна юккъехь?

  • Х1ун сурт дара Кавказера бохийна балийнчу «обаргашка» хьажа арадаьллачу адамна гинарг?

  • Х1ун тайпа баланаш ловш, х1ун 1азап хьоьгуш текхира ша йоккху хан Напсата Казахстанан аренашкахь?

  • Х1ун бахьана ду Напсат адамех къехкаран? Цара муха т1елоцу цо лелош дерг?

  • Стен гойту махкахдаьккхина вайн халкъ ц1адерза лууш хилар? Даладе масалш.

  • Халкъан бохамна т1ехь а са йоккхучу нехан х1ун мах хадзбо мух1ажарша?

  • Х1ун бахьана ду шен халкъаца ц1а ян сатесна йолу йоккха стаг Напсат Казахстанехь йисаран?

  • Х1ун ала г1ерта яздархо шен дийцарца а, Напсатан вастаца а? Муха ду х1окху дийцаран коьрта маь1на?

  1. Белхан тетрадь, 3-6-г1ий т1едахкарш.

  1. Рефлекси.

  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

Текст къастош еша хаар.

1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.

Белхан тетрадь, 1,2-г1ий т1едахкарш.

59-г1а урок. Яшуркаев Султан. «Напсат»

Поделитесь с Вашими друзьями:


1.      Дружба
для къонаха священна. Ради дружбы къонах готов на любые жертвы.
Настоящего друга он любит как брата, уважает как отца и почитает как
дорогого гостя. Защищая своего друга, къонах не щадит своей жизни. Он в
равной степени познается и в дружбе, и во вражде. Доттагалла
къонахчунна деза а, сийлахь а ду. Доттаг1алла ч1аг1дархьама, къонахчо
шена мел доккха а зен хуьлуйтург ду. Тешаме, бакъ волу доттаг1
къонахчунна шен ваша санна веза, шен да санна и лору, хьешан санна
цуьнан сий до. Къонах доттаг1чуна тешаме а, цунна г1о деш а хила веза.
Къонахчо шен доттаг1 зенах-зуламах ларвархьама шен СА а, я дег1 а кхоор
дац.
2.      Великодушие
– это мера отношения къонаха к врагу. На войне къонах должен соблюдать
меру дозволенного по отношению к врагу, не давать воли чувству гнева и
озлобления. Къонахчо мостаг1чунна а харцо йийр
яц, тешнабехк а бийр бац. Т1амехь къонахчо лардан деза мостаг1чуьннца
ницкъан барамал т1ех дерг. Шен оьздангаллица, дераллица къизалла яр
къонахчун амалца дог1уш дац.
3.      Къонах
не должен применять оружие против безоружного врага. Тяжело раненному
врагу он обязан оказать посильную помощь так же, как сделал бы это для
любого человека. Къонахчун герз тоха бакъо яц
карахь герз доцчу мостаг1чунна. Яккхий чевнаш хиллачу мостаг1чунна г1о
декхарийлахь ву къонах, муьлххачу а стагана санна. 4.      Къонах
проявляет по отношению к побежденному врагу благородство и милосердие
Он предпочитает вражду с благородным врагом дружбе с ненадежным другом,
так поступали наши предки. Шен эшначу
мостаг1чуьннца къинхетаме а, г1иллакхе а хила веза къонах. Тешам боцчу
доттаг1чуьнца гергарло лелочул, тешам болчу нахаца мостаг1алла тасадалар
г1олехь лерина вайн дайша.
5.      Къонах
повозможности избегает поединка с более слабым противником, так как
любой исход такого боя не прибавит ему славы, но может уронить его имя.
Если же поединок неизбежен, то он должен дать противнику возможность
выбрать оружие, и быть снисходительным к нему. Къонах
шел г1аддайначунна лата дуьхьал х1оттарх ларвала веза. Х1унда аьлча,
иза цо эшийча, цунна т1ехь цо толам баьккхийча, къонахчун сий лакхадер
дац, мелхо а толам эхье боьрзур бу. Нагахь санна дуьхь-дуьхьал х1оьттина
латар т1едожахь, къонахчо шен дуьхьал х1оьттинчуьнга герз шегга
харжийта деза.
6.      Къонах
не должен уклоняться от боя с сильным противником. Но он всегда
предпочитает мир войне, если такое возможно без ущерба интересам народа,
его чести и личному достоинству. Шех лата
дьхьал х1оьттинарг, шегахьчул т1ех ницкъ болуш велахь, юхавала мегард
дац къонахчунна. Къонахчо т1амал машар г1олехь лерина, нагахь санна шен
къомана, халкъана эшам болуш, къоман сий дойуш и машар бацахь.

  • Комментариев (0)

Технологически карта.
1.Класс: 7 «А», «Б», «В».
2.Предмет : Нохчийн мотт.
3.Урокан ц1е: Изложени. «Доттаг1ий».
4.Урокан тайпа: Дозуш долу къамел кхиор.
5. Урокан г1ирс: Текст, ручка, тетрадь, слайдаш.
6.Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) .1алашонаш
Кхеторан: Дозуш долу къамел кхиор. Текстах а, цуьнан дакъойх а
лаьцна кхетам к1аргбар. Ц1ердашах лаьцна долу хаарш шардар.
Кхиоран: Цхьацца болчу хаамаша юккъехь уьйр ларъяр. Предложенеш
грамматически бакъонашца нийса йог1уш х1итто хаар, оьшучохь сацаран
хьаьркаш яхка хаар шордар.
Кхетош- кхиор : Дешархойн хаарш шордар, к1аргдар. Нохчийн матте
болу безам кхиор.
Урокан некъ.
1.Дешаран г1уллакхдарна ойла т1еерзор.
Де дика хуьлда шун! Таханлерачу урокехь вай изложенин кечам
бийр бу. Уггар хьалха вай дуьйцур ду доттаг1 муха
хила веза.
Схьа хетарахь шу массера а доттаг1ий бу .
Ткъа мила ву шу (хьан) доттаг1?
Муха хила веза деган доттаг1? (Дешархошка шайн ойла йостуьйту)
2.Хьехархочо йоьшу стихотворени. Мотиваци.
Слайд.
«Сан доттаг1» Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь
Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.
Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,
Шегара г1о­накъосталла хьуна оьшуш хилахь.
Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,
Тешаме ша волу сан дика доттаг1.
Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,
Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.
Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,
Бакъ­харц схьаолу, вас ца еш дагна.
Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,
Ду иза сан массо а къайленан дог1а.
Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,
Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.
Юкъ­меттиг ца юсту сан хьал­бахамца,
Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.
Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,
Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.
Оьрсийн   яздархоша язйина  цхьа  а  стихотворени  хаий  шуна?
Дружба – это тёплый ветер,
Дружба – это светлый мир,
Дружба – солнце на рассвете,
Для души весёлый пир.
Дружба – это только счастье,
Дружба – у людей одна.
С дружбой не страшны ненастья,
С дружбой – жизнь весной полна.
Друг разделит боль и радость,
Друг поддержит и спасёт.
С другом – даже злая слабость
В миг растает и уйдет.
Верь, храни, цени же дружбу,
Это высший идеал. Тебе она сослужит службу.
Ведь дружба – это ценный дар
Слайд.
3.Синквейн.
Доттаг1
Веза, тешаме, оьзда
Дукхавеза,  лору
Доттаг1  шен воцуриг  ву  г1ортор  йоцуш.
Дуьненан  бахам.
Хаарийн  актуализации  яр.  Дешархошка  стихотворенийн  маь1на  достуьйту.
4.1­2  дешархочуьнга  йоьшуьйту.
Слайд.
5.Хаттарш.
Муха  сурт дуьхьалх1утту  шуна? Муха дог­ойла  кхоллало  шун? (Х1окху  
стихотвореница  йог1уш  йолу  оьрсийн  поэтан  стихотворени хаьий  шуна ?  (дагаяийта
хьажа).
6.Хьехархочо  текстан  чулацам  бовзуьйту.
ДОТТАГ1ИЙ
Вехаш хилла цхьа ши доттаг1. Цхьаъ ч1ог1а вехаш хилла 
боху, важа къен хилла. Къен 1аш волчунна ч1ог1а езаелла 
бехаш 1аш болчу нехан йо1. Ткъа оцу к1ентан нанна а цо и бен ялон лууш ца хилла.
Вехаш 1ачу доттаг1чо ша болу шен бахам д1абелла шен 
доттаг1чунна. Ткъа цунах ч1ог1а кхаъ хилла, и йо1 ялийна, 
ваха хиъна къен 1аш хилла доттаг1.
Цхьана дийнахь газа дуккха хан яьлча, ша ца вовзийтуш, ша 
саг1а доьхург ву аьлла, кет1а веана бахам д1абелларг. Иза, 
х1ум­ма ца луш, д1авахийтина. Ч1ог1а и новкъадаьлла, 
ойлане ваьлла х1ара д1авоьдуш, цхьана базар кхаьчна. 
Кхунна т1евеана, цхьана воккхачу стага дехар дина, ша 
схьаваллалц х1ара гали лардахьара аьлла. Нагахь ша 
делкъале схьа ца ваг1ахь, хьайна дуьтур ахьа иза аьлла, 
д1авахна и воккха стаг. Ши­кхо де даьлча а, и схьа ца веача, 
чухьаьжча, кхунна гина гали дуьззина ахча.
И ахча схьа а эцна, д1аваханчу кхо керт а эцна, ша хьалха 
ма­хиллара ваха хиъна. Дикка х1ара ваха охьахиинчу хенахь 
кхуьнан кет1а еана цхьа йоккха стаг. Ша хьайна чохь 
г1уллакх дан яийтахьара аьлла цо. Шен нана хир ю хьо 
тахана дуьйна д1а аьлла к1анта. Дукха хан ялале, оцу цуьнан
нана ю бохучо йо1 хьахийна кхунна, резахилла кхо и ялийна.
Дагадеана доттаг1чунна, хьаха веза ша шен доттаг1 ву 
бохург шен ловзарга кхайкхина, бехкбаккха аьлла. Х1окхуо 
шен нана яхийтина цуьнга кхайкха.
Шен зуда ц1аялийнчохь, дика самукъадаьлла х1орш 1ача 
хенахь, къамел долийра боху к1анта:
­ Цхьа доттаг1 вара сан, хьал долчу нехан йо1 ца йоуьйту 
шега ша къен ву аьлла, цо соьга аьлча, цхьа х1ума ца кхоош, 
цунна со долара ваьлла керт­ков д1аделла аравелира со, ­ 
аьлла и воллушехь, къамел долийра боху вукхо: ша дийца 
мегар дарий цхьа х1ума? Цхьана диннахь хьо со волче кет1а 
веара, ас хьо х1умма ца луш д1а а вахийтира. Цул т1аьхьа 
базарахь цхьа воккха стаг веарий хьуна т1е, гали ахча дитина
вахарий иза д1а? Ас ваийтина сан да вара хьуна иза. Хьо ваха
охьахиъначу хенахь цхьа зуда еарий хьо волча, хьайна чохь г1уллакх дайта д1аэца аьлла? И сан нана яра хьуна, ас 
яийтина, ахь цунах хьайн нана йийр юй хууш. Оцу вайн нанас
захало хьахийна зуда ялийний ахь? И аса хьоьга яийтина 
сайн йиша ю хьуна. Сайн йишин ловзаргахь 1аш волу со муха
к1ант хета хьуна? ­ аьлла чекхдаьккхира боху цо.
Эццахь та а тайна, гергарло кхин а ч1аг1делла, ваха хиъна и 
шиъ.
Слайд.
6.Хаттарш.
1.Ши  доттаг1  муха  хилла  бахамца?
2.Ша  болу  шен  бахам  д1абелча  х1ун  дира  къен  1аш  волчо?
3.Бахам  д1абеллачунна х1ун  хала  хийтира?
4.Базарахь  х1ун  элира  саг1адоьхучуьнга?  Цунна  х1ун  елира?
5.Ахчанах  х1ун  дира  к1анта?  Муха  ваха  хиира  к1ант? (бахам  д1абелларг)
6.К1ентан  кет1а  мила  еара?   Цо х1ун дехар  дира?
7.Т1еийцарий  к1анта  йоккха  стаг?
8.Шен  ловзарга  кхайкхинчохь  х1ун  къамел  хилира  шина  доттаг1чуьн?
9.Муха  ч1аг1делира  церан  гергарло?
7.Текстан  чулацам  2­3  дешархочуьнга  схьабуьйцуьту.
8.  План х1оттайо. 1.Сан  доттаг1­ сан  сий  лардархо.
2.Бакъ  волу  доттаг1.
а) Иза мила  ву?
б)Диканехь  а, вонехь  а  соьца  ву и.
в)Шен  динарг  цкъа  а  цхьаьнга  а  ца  дуьйцург.
д)Соьгахьара  дара  аьлла  , харцдерг  ца  дуьйцу  доттаг1чо.
9.Изложени  язъян  йолайо.
10.Ц1ахь: изложенин  кхоччуш  кечам  бар.
11.Рефлекси.
Хьехархо:
1. таханлерчу  урокан  хаарех  пайда  а  оьцуш  д1аолуьйту  илли   «Сан  
доттаг1».
Слайд.
2.Кицанаш  даладойту.
ДОТТАГ1АЛЛА
1. Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь.
2. Генара доттаг1а — йоьг1на г1ала.
3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.
4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.
5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. 6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу.
7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт — керланиг тоьлу.
8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал.
9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву хьо.
10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла.

Другие вопросы по предмету : Математика

babiron

СерсеяЛаннистер

27Анютка27

NikolayNik12

полина2054

мяустик

Лейла483929488392

madinakhamrayev

igorkurkin02

YuliaVaskiv

Похожие вопросы:

Иконка предмета

Математика, 26.02.2019 15:50

.(Вгороде 4 таксомоторных парка, в которых размещаются 5600машин. строят ещё 3 таких парка. сколько машин разместится в новых парках, если во всех парках машин поровну?).

Ответов: 3

Иконка предмета

Математика, 26.02.2019 16:00

Сума двох чисел дорівнює 8539, а їх різниця 6587. знайди ці числа

Ответов: 3

Иконка предмета

Математика, 27.02.2019 13:50

Лист со сторонами 2 дециметра квадратных разрезали на 5 одинаковых прямоугольных частей чему равна одна часть.

Ответов: 4

Иконка предмета

Математика, 27.02.2019 22:50

Втрех классах 76 учеников. в первом классе учеников на 4 меньше, чем во втором. сколько учеников во втором классе, если их на 2 ученика меньше, чем в третьем классе?

Ответов: 4

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 02:30

При посеве гороха на 1 ар расходуют 2 кг семян. сколько килограммов гороха можно собрать с участка прямоугольной формы длиной 60 метров и ширина 20 метров, если урожай гороха в 16 раз больше, чем его расход при посеве?

Ответов: 4

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 03:50

.(Умальчика 40 значков на тему спорт. это седьмая часть всех его значков. сколько всего значков у мальчика.).

Ответов: 2

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 05:00

На 2 участках посадили деревья : на одном 18 одинаковых рядов , на другом 14 таких же рядов . всего посадили 1152 дерева . сколько деревьев посадили на каждом участке?

Ответов: 4

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 06:10

.(На 10 км автомашина расходует одну целую одну третию л бензина. сколько бензина автомобиль израсходует девяноста км пути?).

Ответов: 3

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 09:20

Кролики прыгали: один среди двух и три в ряд; один впереди, а два позади; один позади, а два впереди. сколько же было всех кроликов

Ответов: 2

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 11:20

Втрёх квартирах проживает 17 человек. в первой квартире проживает на 1 человека больше, чем во второй, но на 3 человека больше, чем в третьей. скодько человек проживает в каждой квартире?

Ответов: 2

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 11:30

Вкиоск несколько пачек тетрадей по 25 тетрадей в каждой пачке и еще 15 тетрадей. всего 340 тетрадей. сколько полных пачек тетрадей в киоск? нужно решить ! зараниее

Ответов: 2

Иконка предмета

Математика, 28.02.2019 13:00

.(Площадь прямоугольника равна 80дм в квадрате, а его ширина равна 5дм. на сколько надо уменьшить длину прямоугольника, чтобы его площадь уменьшилась на 35 дм в квадрате? есть ли лишнее данное в условии этой ? решить).

Ответов: 4

Вопросы по другим предметам:

Категория

Геометрия, 04.08.2019 17:10

Категория

Математика, 04.08.2019 17:10

Категория

Литература, 04.08.2019 17:10

Категория

Русский язык, 04.08.2019 17:10

Категория

Литература, 04.08.2019 17:10

Категория

Информатика, 04.08.2019 17:10

Категория

Математика, 04.08.2019 17:10

Категория

Русский язык, 04.08.2019 17:10

Категория

Математика, 04.08.2019 17:10

Категория

Математика, 04.08.2019 17:10

Like this post? Please share to your friends:
  • Сочинение моя семья в великой отечественной войны на тему моя годы
  • Сочинение муса жэлилнен боек ватан сугышы чоры ижатында туган ил хэм ирек темасы
  • Сочинение моя семья 9 класс огэ
  • Сочинение муса джалиль герой шагыйрь
  • Сочинение моя семья 5 класс по русскому языку для мальчиков