Сочинение на чеченском языке 1аламах лаьцна

      1алам лардар – вайн сийлахь
декхар.

         1алам вайн лаьттан хазна ю. Цо ло
вайна могушалла а, синкхача а, дахаран мел оьшу х1ума а. Цундела доккха маь1на
долуш  ю адаман 1аламца йолу юкъаметтиг.

         Нагахь адам 1алам дезаш, цунах
кхеташ, цуьнан мах бан хууш хилахь, цу адаман дахар а хир ду чулацам болуш а,
доккха маь1на долуш а.

         1алам дезаш волчу стага синтарш
дохор дац, дитташ охьадетташ, хьаннаш а, бошмаш а х1аллакйийр яц, олхазаршна а,
садолчу х1умнашна а ницкъ бийр бац. Царна оьшучохь г1о деш хи р ву: баннаш деш
а, 1анхенахь ялта тосуш а. Нагахь лазийна олхазар  карадахь, цунна лоьралла дар
а, къинхетам болуш хилар а т1едужу бусалбачу стагана. Масала: Хасаев Хь. яздинчу
дийцаран т1ехь, коьртачу шина турпалхочо г1о до т1ам лазийначу ч1ег1аган. Цу
суьрто вайна гойту 1алвий, Махьмий къинхетам болуш, 1алам дезаш дика ши к1ант
хилар. Вай тешадо авторо царах буьззина къонахий хирг хиларх.

         Таханлерчу дийнахь адамо 1аламна
беш берг боккха ницкъ бу. Ас ца юьйцу заводаш, фабрикаш, цара бехдеш долу
даккхий хиш, х1аваъ. Уьш бехдар бахьана долуш, адамийн а, дийнатийн а могуишаллин
хуьлуш долу зенаш.

         Х1ора адаман декхар ду ша вехаш
волу меттиг, урам ц1ена латтор, хьуьнах вахча а, кхечахь садо1а вахча а шена
т1аьхьара охьакхиссина х1уманаш ца йитар, ша болх беш волу меттиг ц1ена латтор.
Со тешна ю цу т1ера д1а а доладелла, вайн дахар дикачу аг1ор хийцалург хиларх.

Обновлено: 11.03.2023

Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1 ора меттиг шех лаьцна дийца к1 ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1 овг1 анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1 ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1 оман цхьа шатайпа хазалла.
Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1 адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1 аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1 аьргашна хьалха х1 оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1 ан дара. Суна моьттура: ” Х1 инца ас б1 аьргаш схьадиллича, со сайн ц1 ахь хир ву, сайн лехамашкахь”. Гуш дерг г1 ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1 улгаш гуш, ц1 ена. И хина 1 уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1 аьрг тоха, хьайн деган к1 айле йийца гено лаьттачу б1 аьвне. Лекхачу орцана т1 е хьалавелира со.
-Эх1, хьан аьлла х1 аваан чам бац, бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1 аваъ.
“Э-е-ее-е-й!” – аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1 алецира со. Оцу аьхначу х1 авао лахдира сан к1 адвалар, д1 аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1 алашо – б1 ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1 ехь цхьаццаммо, аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1 е яз а йина. Б1 аьвнийн пенаш б1 ешерашкахь я мохе, я т1 еман ирчалле гор ца х1 оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1 иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1 овг1 анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1 инца деса ду пенаш а, б1 арзделла деса кораш а.
Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1 ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1 енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1 ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
– Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1 аваха, йита х1 ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1 ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: ” Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1 ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца, б1 аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1 аьрзе, 1 аламах хаьдда. Г1 ой вай Къоьзан-1 оме, б1 аьвнийн туьйранашка ладог1 а. Некъ дика хуьлийла вай.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн литература

Урок д1аяхьар.

1 Маршалла хаттар.

-Бераш, шу марша дог1ийла!

-Тахана 1 ра сентябрь ду-иза вайна мА-хаара Хаарийн де ду.Муха хетта шуна таханалера де?(Берийн жоьпаш)

-Дагадаийта шаьш дуьххьара школе даьхкина де.Муьлха шо дара иза?(Берийн жоьпаш)

-Шуца мила вара цу дийнахь? (Берийн жоьпаш)

-Нийса боху.Авторо шу дукхадезарца ялийна кху книжки т1е гуттара тоьлла произведенеш.И тешна ву уьш аша дика 1амориг хиларх.

-Д1аелла книгин 3-г1а аг1о.Цу т1ехь йолчу произведенин ц1е еша.Х1ун ю Гимн? (Вайн холкъан коьрта илли ду)

-Мила ву цуьнан автор? (Кадыров Х-А)

-Гимн олуш муха ладог1а деза цуьнга? (Нийса д1а а х1оьттна ладог1а деза)

-Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза)

-Ладог1ал Нохчийн республикан Гимне.(Латайо запись)

2.Дешаран книжкин хьалхара дакъа довзийтар, цу т1ера произведенеш йовзийтар.

-Д1адеша вай 1амо долош долу дакъа. (Даймехкан косташ)

-Муьлха дийцарш ду цу декъехь 1амо билгалдаьхна?

-Муьлш бу церан авторш?

-Стенах лаьцна хир ю и ши произведении? (Даймахках лаьцна)

-Суна 1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша .

Нийса боху кху декъа т1ехь вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш.

Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

Вайна 1емар ду Даймохк бохучу доккхачу дашан чулацам бовза.

2.1алашо билгалъяккъар, белхан план х1оттор

-Д1аеша вай тахана 1амо билгалъяьккхинчу произведенин ц1е?(Даймехкан косташ)

-Муьлха ву цуьнан автор? ( А.Сулейманов)

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн тахана ?Х1ун дан ницкъ кхочур бу шун кху произведении 1аморца?

Суна 1емар ду нийса , кхеташ, шера стихотворни тексташ еша.

Сан ницкъ кхочур бу хьехархочун хаттаршна жоп дала.

-Нийса боху , вайна тахана евзвр ю А.Сулеймановс язйина байташ.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ , шера стихотворни тексташ еша , 1емар ду оьшург текстехь лаха.

3.Керла тема хьехар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо д1айоьшу байт

Деригге дуьна схьадаларх сайна

Дуьненан бахамаш кхийдабарх схьа

Хуьйцур бац сан Даймохк

Ког биллал меттиг а ду и сан ц1а.

-Стенах лаьцна ю байт? (Даймахках)

-Муха хетта авторна шеен Даймохк? (Къаста де жоп: дозалла до, беза, тамаш бо, ца беза, хаза хетта)

-Стенах хиира шуна иза? (Дуьненан бахамех хуьйцур бац боху автора шеен Даймохк)

-Шун х1ун аьлла хета: стенах олу Даймохк?

-Даймохк иза хьо чура ара ваьлча гуш долчу бецана т1ера , зезегашна т1ера , дитташна т1ера, олхазаршна т1ера , акхарошна т1ера , хьан доьзална , юьртана , махкана т1ера д1аболало.Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да-нана дина кхиъна мохк бу.

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

3.Чулацамах кхетам балар.

-Д1абеша хьалхара биъ мог1а.

-Х1ун кхайкхам бо автора вага? (Даймахкана ч1аг1о хилее х1отта боху)

-Х1ун ч1аг1о ялан ницкъ кхочур бу шун вайн Даймахкана?(Берийн жоьпаш)

-Шуна х1ун аьлла хета: аша дика дешча Даймахкана ч1аг1о хир юй?

-Кхин х1ун кхайкхам бо автора? (Вайн дахаран беш совйоккхуш цхьа-ши синтар дог1а боху)

-И кхайкхам кхочушбан ницкъ кхочур буй вайн? (Берийн жоьпаш)

-Д1абеша т1аьхьара барх1 мог1а. Стенах лаьцна дуьйцу царна т1ехь? (Ирсах, беркатах, бартах лаьцна)

-Х1ун боху царах лаьцна? (Уьш цхьана бен мегаш дац, царах цхьаъ делча кхуьа а ле)

-Шуна х1ун аьлла хетта: шун доьзалехь дуй и кхо х1ума?

-Вайн махкахь дуй и кхо х1ума?Х1унда?(Къаста де жоп : вай дика дехаш ду, нах болх беш бу, нах болх беш бац, бераш школе оьхуш ду , дац, нах маьрша баха , бахка йиш йолуш бу , , бац)

-Муьлха дакъа долийна вай тахана? (Даймехкан косташ)

-Муьлха стихотворенийийшира вай?

-Мила ва цуьнан автор? (А.Сулейманов)

-Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план.Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

6.Ц1ахь бан болх.

Читайте также:

      

  • Орган музыкальный инструмент сочинение
  •   

  • Метель глазами героев сочинение
  •   

  • Зыялы булуны ничек анлыйсыз сочинение
  •   

  • Что значит оставаться верным себе сочинение
  •   

  • Внутренний мир человека сочинение евгений онегин

Светило науки — 2 ответа — 0 раз оказано помощи

Ответ:

Вевзаш волу поэт, публицист, литературни критик, гочдархо Цуруев Мовладин Шарип вина 1963-чу шарахь Гуьмсан к1оштарчу Лаха Гезлойн-Эвлахь. Юьртарчу юкъардешаран ишколехь доьшуш а волуш дуьххьара зорбане ваьлла иза. Чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Къахьегна дешаран хьаьрмахь, «Орга» журналан, «Даймохк», «Васт» газетийн редакцешкахь, и.д1.кх. коллективашкахь а.

Тахана иза къахьоьгуш ву «Хьехархо» журналан коьртачу редакторан, республикин 1илманийн академийн «Таллам» журналан жоьпаллин секретаран а даржашкахь. Иза ву яздархойн, журналистийн а Бартийн декъашхо. Газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, коллективни гуларшна юкъахь зорбане йийлина цуьнан стихаш, поэмаш, статьяш, очеркаш.

Цуруевн дуьххьарлерчу стихийн гуларан ц1е яра «Йисалахь, Нохчийчоь». «Тешалахь, Даймохк», «Цхьа мерза-г1айг1ане мукъам» ц1ерш йолу стихийн, поэмийн гуларш араевлла поэтан кху т1аьхьарчу итт шарахь.

Поэт Цуруев 20-чу б1ешеран т1аьххьарчу 30 шарахь бевзинчу яздархошлахь шайна т1е тидам алссам боьдучарна юкъахь ву. Арсанукаев Шайхи хьахийначохь цуьнан «Ненан мотт» стихотворени санна, Цуруевн ц1е яьккхича суна уггар хьалха дагайог1у цуьнан «Нохчийн мотт» ц1е йолу байт.

Цхьана вевзаш волчу нохчийн меттан хьехархочо, «Даймохк» газетан рог1ера номер а карахь, олуш хезира суна:

«Кху т1ехь зорбатоьхна йолу Цуруевн «Нохчийн мотт» стихотворени тоьар яра, кхин кху т1ехь х1умма ца хилча а, кху газетан номеран мах лакхара хадо а, мехалла гайта…».

Ма-дарра аьлча, поэтан ницкъ кхаьчна оцу шен говзарехь (произведени) вайн маттах лаьцна шатайпа дош ала. «Базарахь эцна а боцчу», «цхьаьнггера а юхалург» ца баьккхинчу нохчийн меттан хьокъехь цо боху:

Объяснение:

СПАСИБО

2

4,0

(4 оценки)

Войди чтобы добавить комментарий

Остались вопросы?

НАЙДИ НУЖНЫЙ

    • аноним

    Ответ:

                    Река начинается с родника. Маленькие ручейки сливаются в реку. Начало реки называется истоком. То место, где реки в море, озеро или другая река называется устьем.  рада была природа

                       если это не подойдет вот                 я еще знаю мы в классе сегодня делали

                                                            Сан Даймохк.

                                 Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.

    Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.

    Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.

    -Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.

    «Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.

    Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:

    — Адам! Ларлуш охьавосса, — аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.

    Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду — зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду — вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

  • ОТВЕТЫ

      1а — 1аламат хаза хенан зама ю! Стиглар даккхий лайн чимаш охьа оьгу. Арара ц1еношна, дитташна т1е к1айн юрг1а тесча санна хета. Лаьттахь шера ша, лайн оьланаш ду. Денош дацло, шелло, шийла мох хьоькху. Малха наггахь бен гучу ца болу.

      Уггар ч1ог1а 1аьна бераш даккхийдо. Х1унда аьлча церан ч1ог1а самукъа долу: салазаш хоьхкуш, лайн мижаргех ловзуш, лайн баба еш, ша т1ехь хехкалуш, кхечу х1уманах а  ловзуш, амма мел ловзарах, уьш к1ад ца ло.

      Цул сов, 1аьнт1ехь керла шо дог1у, г1ур дада берашна совг1аташ ло. Массанхьа сирла лепаш герляндаш ду, хьала оьхкина тайп-тайпана бес-бесара хазъен х1уманаш ю.

    78

    Отв. дан
    2018-12-19 06:21:47
    Duna

    Для написания вопросов и ответов необходимо зарегистрироваться на сайте

    Другие вопросы в разделе — Другие предметы

    Бачманов

    Бачманов

    Beazelore

    Beazelore

    Cordalar

    Cordalar

    Хрисанф

    Хрисанф

    V mnoha dílech sovětské literatury 60-80-tých let se vyskytuje pojem lásky: láska mezi mužem a ženou, mateřská láska, láska k přírodě, láska ke všemu kolem … věřím, že číst tyto díla je třeba pečlivě, protože v nich jsou zveřejněny základy důležitých životních principů. Velmi důležitá je samostatná analýza hrdinů, samo vnímání člověkem té nebo oné myšlenky, kterou autor, tvůrce díla, chtěl nám dokázat. Přesně díky takovým dílům, ať už je to malá báseň nebo obrovská kniha, člověk utváří sebe jako osobnost. Díky Stol. Высоцкому, Rv Рождественскому, Tj. Yevtushenko, Ga Вознесенскому, Yu Друниной, Rv Гамзатову, Rv Казаковой, Ga Волкову, Ga Чепурову, V. Kor-кию a mnoha dalších jsme se dozvěděli o čistotě morální a duchovní, laskavost k příbuzným a přátelům, z lásky ke všemu a všem, o čistotě lidských vztahů, o svědomí a spravedlnosti …

    Ale nejdůležitější ze všech výše uvedených, dle mého názoru, v těchto dílech velkých autorů je pojem lásky. Protože, opravdu, od narození je člověk postupně začíná uvědomovat, že pojem lásky, pak v něm «probudí» je to pocit — pocit lásky k matce, pocit lásky k tomuto světu, k přírodě, pak k přátelům, známým. Jedním z nejznámějších básníků, odrážející ve svých výtvorů morální témata, je Dále S. Самойлов. Literatura Самойлова směrem k постижению psychologického a morálního stavu dnešní společnosti. V jeho dílech o válce, o historii, o mládí existují výjimky, které ukazují, раскрывающие krásy přírody, láska k přírodě. Příkladem může být báseň «Paměť» a «Celý les листвою přeplněná». V těchto básních autor chtěl ukázat nám všechny krásy, veškeré kouzlo naší přírody, on chtěl vyjádřit svými řádky všechnu lásku ke každému местечку na této obrovské Zemi.

    Va Va Voznesensky napsal pozoruhodnou báseň «Matka сиротеют … «. Tato báseň je sice malá, ale je v něm položen hluboký smysl, téma básně je mateřská láska. «Matky сиротеют», — píše Va Va Voznesensky, se ptá: kvůli tomu, co tyto matky сиротеют, proč se tak ukazuje, proč je všechno tak smutné? Spisovatel sleduje tu myšlenku, kterou člověk musí nejen pochopit, ale i uchopit. Tato myšlenka o tom, že nikdy, nikde nelze zapomenout, opustit nejdražší osobu — matku.

    Like this post? Please share to your friends:
  • Сочинение на турецком про семью
  • Сочинение на тнт
  • Сочинение на тему я хочу стать пожарным 2 класс
  • Сочинение на тему я хочу стать пожарником
  • Сочинение на тему я хочу стать педагогом