Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а
деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш
тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар
бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала
вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а
ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а,
ницкъ а лой, гІаттавора иза…
Лело, дІакхехьа еза а,
хала а цІе ю иза. Атта дац и цІе ларъян.. «Кхо хІума ду
дуьнен чохь даима а цхьаьна а хила дезаш,
вовшех даьхча кхоь а леш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Тхо-м
– нохчий, гІалгІай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг,
хазаниг тІедуха ца даьхкиний тхешан махка, цІа, карахь-куьйгахь а, тІехь
а доцуш. Тхо цІа оьху, Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен
мегаш дацарна» аьлла ,Сулейманов Ахьмада.
Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа
таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк
харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен
хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан
беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а
ца деш, дІадала деза.
Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам
доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац.
Дуккха а адамех къам ца хуьлу.
Нохчи нанас шен дуьххьара
дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант
мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь
а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», –
олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий,
левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла
нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а
хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру
агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж
тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха
ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш,
яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш
хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица
яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант
иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан!
Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!
«Даймахкана хьалха гуора
лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со
дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена
новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола
а ца дина… Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца
хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь
а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина
со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а,
гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна
иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)
«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан
мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь
мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн
маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:
«ЦІийца цхьаьний бІаьрхиш ийна,
Весет ду сан, кхана лахь:
ЦІий хуьйдинчу вайн Даймахкахь
ЦІий ма Іанадайталахь!».(Сулейманов А.)
Сан
сийлахь Даймохк! Дайша йо1-б1аьрг санна ларбина хьо.Хьо маьрша,оьзда гаре
сатуьйсуш ц1енчу нигатца яккъаш йихкина Делан дуьхьа ,эгна вай к1ентий.
Шовданаша
ц1анбина т1улгаш санна,буса къаьсттина серла богу Къилбаседа санна ,1уьйренаш
,суьйренаш мел ю эзарний шерашкахь ехийла хьо-сан Нохчийчоь!
Декъала хуьлда хьо, тхан Даймохк!
МУНИЦИПАЛЬНОЕ
БЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА № 56»г.ГРОЗНОГО
Эссе «Сан Даймохк!»
Язйинарг:
Даудова Асет Рамзановна ,
11 «Б» классан МБОУ «СОШ
№56» дешархо
Куьйгалхо: Абуева Таиса Ильмадиевна.
нохчийн
меттан а, литературин а хьехархо.
Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1 ора меттиг шех лаьцна дийца к1 ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1 овг1 анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1 ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1 оман цхьа шатайпа хазалла.
Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1 адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1 аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1 аьргашна хьалха х1 оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1 ан дара. Суна моьттура: ” Х1 инца ас б1 аьргаш схьадиллича, со сайн ц1 ахь хир ву, сайн лехамашкахь”. Гуш дерг г1 ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1 улгаш гуш, ц1 ена. И хина 1 уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1 аьрг тоха, хьайн деган к1 айле йийца гено лаьттачу б1 аьвне. Лекхачу орцана т1 е хьалавелира со.
-Эх1, хьан аьлла х1 аваан чам бац, бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1 аваъ.
“Э-е-ее-е-й!” – аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1 алецира со. Оцу аьхначу х1 авао лахдира сан к1 адвалар, д1 аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1 алашо – б1 ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1 ехь цхьаццаммо, аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1 е яз а йина. Б1 аьвнийн пенаш б1 ешерашкахь я мохе, я т1 еман ирчалле гор ца х1 оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1 иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1 овг1 анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1 инца деса ду пенаш а, б1 арзделла деса кораш а.
Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1 ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1 енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1 ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
– Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1 аваха, йита х1 ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1 ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: ” Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1 ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца, б1 аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1 аьрзе, 1 аламах хаьдда. Г1 ой вай Къоьзан-1 оме, б1 аьвнийн туьйранашка ладог1 а. Некъ дика хуьлийла вай.
Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.«Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:- Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.
Дезна суна лекха лаьмнаш
Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
Сан Даймахкан аматаш…
Со бер долчу хенахь дуьйна, боккха лаам бара сан, цкъа вахана Даймохк бустуш, Нохчийчоьнан массо меттехула, вайн лекхачу лаьмнийн, тIехь хьаннаш кхуьучу раьгIнийн исбаьхьа, хаза меттигаш йовза а, уьш сайн бIаьргашца ган а. Цаьрга доггаха хьажа лууш, Iаламо дIавоьхура шен цIена хIаваъ мийла. ТIаьхь-тIаьхьа дог карзахдуьйлура, и сан лаам кхочушбан лууш. Хийла байташ а язйора ас, цу лаьмнех лоций, геннара схьагучу хьесапехь, ойлано хьийзош. Амма и сан деган лаам кхочуш ца хуьлуш, гIан санна сиха дIадевлира сан бераллин шераш. ГIеметта а хIоьттира со, изза ойла хийца ца луш, дахаро лаьцна, къинхьегаман хьаьттахь белхалошца йохьалле вуьйлуш, доккха зеделларг лоьхуш.
Амма кхин а чехка уьдура денош, дагардан а ца ларош, хIора а шарахь бIаьстенаш йохкуш лаьмнашка ваха.
Иштта и лаам кхочушбан йиш ца хуьлуш, сан 40 шо а дуьзира, цул тIаьхьа махка тIом беъна хаьрцира ас йохаллехь хала йоьттина сан сатийсаман гIала. Сан халкъах хьаьрчира къизаллин бала. Кеманаша бомбанаш чу Iенош, маьI-маьIIехь херцара цIенош. Лаьмнашкахь декара дур-р. Ткъа, лаьтто, хIоъ-молхий худуш, шена тIеоьцура лазар. Лаьмнаша, шайн дера чевнаш а лечкъош, шаьш кура латтарца, ир-кара дохура дог. Амма, сан кийрахь лозура и.
Хьомсара сан Даймохк
Суо ирсе хета,
Хьо мел бу вехаш ву
Дуьненчохь со.
Хьуна мел кхоьссинарг
Сан дагна кхета,
Сан дог а лазадо
Лазийча хьо…
Амма, шеко йоцуш, тешара дог Даймехкан балийна мел делхахь а кийрахь. Собаро са дууш кхехкара яхь. Тешара Даймехкан хиндолчу ирсах, бIаьстенан юьххьехь цо шен заза доккхург хиларх. Чекхбелира хьалхара тIом. Сан лаам кхин а совбелира лаьмнашка ваха. Лаьара оцу лаьмнашна хилла чевнаш ган, йовза. Царна тIе къинхетаме бIаьрг а хьажош, сайн бIаьргашца ган.
Хьалхара сан лаам кхочушхилира 1998-чу шеран 8-чу августехь дуьйна кхо-де-буьйса лаьцна.
Тхешан жамаIатан маьждиге лелаш болчу накъостех пхийттех стаг вовшах а кхетта (со массарел воккханиг а волуш), цигахь даго дечиган бист кхаччалц юург-мерг а кечйина, масех машенахь хьаладахара тхо.
Тхо духхьара шина регIана юккъе дулучохь, Сиржа-Эвлан йистехь, обарг Зеламхана, шен говраца цхьаьна йоьгIна йолчу памятникана уллехь суьрташ дахийтира оха. Цул тIаьхьа Хорачу кхаьчча Зеламха ваьхначу метте а, ломахь и дIатарвелла Iийначу, хара йолчу лома а хьаьвсира тхо. Тхоьца видео-камера а, сурт доккхург а, турмал а яра.Цигара Къоьзана Iома тIе хьаладахара тхо. Суо Дала дуьнен тIе ваьккхичхьана сайна ур-аттала гIенах дуьхьал а ца тесна йолу хазалла гира суна цигахь. Дуьненан ялсамани хийтира суна цигара Iаламан сурт. Ма-дарра цуьнан сурт хIотто говзалла а ца карайо суна. Делахь а, тхайн хилларг-лелларг хьахо хьожур ву со.
Хьалха, “Турбаза” хиллачу меттехь волейбольни майданахь четар а тоьхна дIанисделира тхо. Дуьххьара тхайн лулахой муьлш бу хьаьвсира тхо. Уьш бара тхо санна садаIа баьхкина, цхьана агIор Куршлойн-Эвлара а, вукху агIор Йоккхачу АтагIара а кегийрхой. Цу уллохь хIун юрт ю-те аьлла машенахь дахча, гена йоццуш, Хой цIе йолуш, бIаьвнаш а йолуш, жима кIотар а яра, шена чохь бехаш кIеззиг бахархой а болуш.
Иштта даккхийдерца дIаелира тхан дуьххьарлера буьйса а. Пхьуьйра ламазана молла а кхайкхина тхо жамаIат ламазана дIахIитта дагахь долчу хенахь, Iаламат, суна цкъа а ца хезначу хазачу мукъамехь, гондIахьарчу лаьмнаша тIаьхьара олуш санна, цхьанхьара зевне декарца, молла кхойкхуш аз тIедеара тхуна, Къоьзана Iомана дехьара схьа. ЧIогIа сакIамделира тхан цига даха. Амма, гондIара меттиг дика евзаш цахиларна, тIехIоьттинарг буьйса а хиларна, и лаам кхочушбойла ца хилира тхан.
Хьалхара буьйса чIогIа шийла еара (я тхуна хетара а хаац дуьххьара лаьмнашкахь долу дела). ШолгIачу дийнахь уггаре а хьалха, хи чохь долчу пийсиг хьокхучу лодкаший, пидалаш хьовзочу “катоморанкиний” тIеховшалуччул тIе а хевшина, Къоьзана Iома дехьарчу бердаца садоIуш болчарна тIедахара тхо, сийсара хаза молла кхайкхинарг вовзар Iалашо йолуш. Иза хиллера Хьиди-КIотарара баьхкинчаьрца, Дела реза хуьлда цунна (цуьнан цIе йицъяларна бехке ву со).
Шен хьеше довха куьг кховдош,
Вайнехан гIиллакх ду тоьлла.
Хьешаца ца хилла дов, дош,
Лийрина бехке ву аьлла.
Даиман беркат а хеташ,
Сан дайша лийрина хьаша.
Хьешана, шенна цIа кечдеш,
Я цунна ца кхоош кхача…
Нисса тхо ламазана тIе доьрзуш болу, къилбехьа агIор 800 метр лекха хир болу, шена тIехь хьала кхуьуш диттийн кондарш а йолуш (хьалха цу тIехь цкъа а ца хилла боху дитташ) сеналлица кхелина болу исбаьхьа хаза лам, бийца, цуьнан ма-дарра сурт хIотто басар карор а дацара. И хаза лам болу агIо хIинца а суьйлашца кхоччуш доза къастийна а яц, бохуш дуьйцура турбаза лаьттинчохь хехь волчу цхьана воккхачу стага…
Цкъа а дицлур дац суна оха цигахь самукъадолуш даьккхина кхо де-буьйса. Ткъа жималла а, могашалла, шегахь похIма дерг-м муххале а Iалур варий Даймахках лаьцна довха дош ца олуш? Iалур вацара, хьанора! Я со а ма ца Iавелира, цунах дага ца ваьлча.
Хьажахьа, вайдаха,
Хаза-м бу Даймохк!
Даим и хилла-те
Иштта хаза?
Дог хьостуш тIехьоькху
Юьхьдуьхьал бай мох,
Исбаьхьчу бошмаша
Доккху заза.
Буьйсанна батто шен
Нур хьоьрсу хьуна.
Малхо шен зIаьнаршца
Лийчабо хьо.
Илланчийн пондаран
Аз ду хьо суна.
Хьо безар марзонна
Сакъерало.
Хьан цIена хIо мелча,
ДегIехь ницкъ деба.
Шовданах къурд бича
Хьогалла йов.
Хьан стоьмийн хьурматех
Синош ца Iеба.
Хьан лаьмнийн догIа ду,
Ламанан бIов.
Хьовсийша, вайдаха,
Хаза-м бу Даймохк.
Даим а хилла бу
Иштта хаза!
Сил аьхна схьахьоькху
Юьхьдуьхьал байн мох.
Де-дийно кхин хаза
Доккху заза.
2-гIа дакъа
Лечкъош йина дера чевнаш,
Курра лаьтташ ду сан лаьмнаш
Сил-сил хилла юьйцуш хенаш
ГIаролехь ю царна бIаьвнаш…
Цул тIаьхьа елира шо гергга зама.
1999-чу шеран, аьхкенан юккъерчу баттахь, тхо юха а вовшахкхийтира лаьмнашка даха. Амма, хIинца кхечу агIор боьду некъ бара оха юьхьарлаьцнарг. Тхо, Дуби-Эвла тIехьа юьтуш, чудуьйлира Орган чIож мадду некъ беш. Кхечира Шуьйта, Итум-Кхалла, иштта Органца мел йолчу юьрта а. Дахара Нохчийн-Гуьржийн доза къаьстаче кхаччалц. Амма, садоIуш севцира дозанера масех километр лахахьа а девлла, цхьана ломах схьадуьйлучу шовдана йистехь. Толлура оха тхайна хазаделлачу лаьмнийн лакхенаш, кхача гIерташ церан баххьашка, дукха хьолахь и тхан лаам кхочуш хуьлура.
Цхьана дийнахь, цхьа лекха лам боккхуш, бIаьвнаш йолчу тхо хьала девлча, уггаре а лекхачу цхьана ломан бохь тIе йоьгIначу нохчийн байракхна тIе кхечира тхо. Иза хиллера Иорданера вайн махка хьошалгIа веанчу цхьана нохчийчо йоьгIна. Ткъа дехьо, хьалхалерчу заманахьлера кешнаш а дара, бIаьвнаш санна тIулгех доьттина, шайна чохь, шина а агIор терхеш а йолуш. Цу терхеш тIехь баккхийчийн а, берийн а нисъеш охьаехкина деллачу адамийн чалхаш а йолуш.
Бераллехь дуьйна хилла болу сан сатийсам кхочушхиллера. ХIинца суна сайл ирс долуш цхьа а ца хетара дуьненахь. Со сайн лаьмнех, Даймехкан лаьттах а воккхавеш, маьршша лаьттара. Хетара суо Даймехкан дега юккъехь байракх санна лаьтташ ву.
ХIинца ву-кх со сайн Даймахкахь хецна дош ала йиш йолуш. ХIунда аьлча, суна чIогIа беза вайн Даймохк, еза цуьнан исбаьхьа аренаш, цуьнан сийна хьаннаш, цуьнан нуьцкъала лаьмнаш, цуьнан хих дуьзна татолаш.
Цуьнан гIаланаш, ярташ, цу чохь мел деха миска адамаш. Цуьнан хIора маьIиг а, иза мел генахь елахь хьоме а гергара а ю суна.
Вайн Даймохк – иза Вайнехан сийлахь, боккха доьзал бу, керла а, ирсе а дахар хIоттош болу.
Эзарнаш миска адамаш леррина де-дийне мел долу, хьанал къахьоьгуш ду вайн лаьтта тIехь, и лелош, дерзош а.
ЦIена, сирла ду вайн Даймехкан хиш – хьостанаш. Лаьтта бухахь Iаьржа деши хиларца, чIогIа хьал долуш а бу, шена тIехь дIайийнарг кхуьуш, беркате а бу. Шена чохь дуккха а эвлияаш бахкийтина, Дала дика дина мохк бу вайн Даймохк.
Рицкъанаш мел генахь хилахь а, каш шена чохь хила хьакъ долуш бу иза. Кхузахь а кхо де-буьйса даьккхира оха. Лекхачу лаьмнийн Iалам а дара дийцина ца валлал исбаьхьа, хаза. Амма ойлано юха а хьаьвззий Къоьзана-Iам болчу вуьгура со. Дуьхьал хуьттура цигара исбаьхьа сурт. Лерехь лаьттара Хьиди-КIотарарчу жимачу стага хазачу мукъамехь ламазана кхойкху молла. Ткъа хIоккхехь, Органо чIуг етташ, чугIерташ санна, декадора шен чIогIа аз.
Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.
Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир ву, сайн лехамашкахь». Гуш дерг г1ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1улгаш гуш, ц1ена. И хина 1уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1аьрг тоха, хьайн деган к1айле йийца гено лаьттачу б1аьвне. Лекхачу орцана т1е хьалавелира со.
-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.
«Э-е-ее-е-й!»- аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1алецира со. Оцу аьхначу х1авао лахдира сан к1адвалар, д1аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1алашо- б1ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1ехь цхьаццаммо , аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1е яз а йина. Б1аьвнийн пенаш б1ешерашкахь я мохе, я т1еман ирчалле гор ца х1оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1овг1анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1инца деса ду пенаш а, б1арзделла деса кораш а.
Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
– Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.
Мамакаев ?аьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Нёврехь. Мамакаев ?аьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Тоьллачех нохчийн классикан литературан векал а вара иза. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. 1930-г?а шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира. Цигахь болхбечу хенахь, драматургийн курсашка а лийлира.
Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». 1941-чу шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла дуьххьара чувоьллира. Кхело теллинчул тIаьхьа, бехке вац аьлла арахийцира иза. Цул тIаьхьа цо болхбира Нохч-Г?алг?айн яздархойн бертан коьрта хьехамча. Цу хенахь Нохч-Г?алг?айн драман театро х?оттийра цуьнан ши пьеса: «Оьг?азло» а, «Таллар» а.
Вайнах ц?ера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. ХIинца иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. Иза «Къинхьегаман Байракх» газетан зорбане балха дIахIоьттира.
1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчу юхавийрзира Iаьрби. Ала догIу, кхело хьалха иза бехкевинчу бехках цу шарахь бакъвинехь а, иза реза ца хилира коммунистан партин тоьшаллан кехат юха схьа эца. Компартино шена а, шен къомана тIехь дина тIайзар гоч ца даран тоьшалла хетало иза. Цундела, цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамиров Абузаран цIахь.
Даймохк
Даймохк, хьоьга дагар дуьйцуш,
Къайлах безам белхабо,
Лекхчу лома буьххье вуьйлуш,
Дог ца 1ебаш, хьоьжу со!
Лекха лаьмнаш, шира хьаннаш,
Органа т1ехь хьийза дохк.
Эшарш хеза, декош 1аннаш,
Мел ирсе бу сан Даймохк!
К1орге 1инах со мел вуьйли,
Т1етта ч1аг1ло эшараш.
Кийра 1абош ас хи муьйлу,
Мел чомехь ду шовданаш.
К1ад ца луш ас йоху г1улчаш,
Хьийзаш олхазарш а гуш.
Т1ома вала, т1емаш хилча,
Мархийн болар хаалуш.
Яздина дац суна Дала,
Кхерсташ лела х1аваэхь.
Воккхаве со, гуш сайн 1алам –
Зарзар декаш дитта т1ехь…
Вайн Даймехкан кхане хазъеш,
Кхуьуш бу вайн мехкарий.
Мостаг1чух вайн Даймохк ларбеш,
Г1аролехь бу къонахий.
Д1адийначохь кхуьу ялташ,
Иштта стоьмаш, хасстоьмаш.
Д1асахьаьжча гуш ю ярташ –
Бертахь деха адамаш.
Сан Даймахкахь х1ора 1уьйре
Йог1у, дохьуш шеца ирс.
Дехар ду вай, ч1аг1ъеш уьйраш,
1алашбеш вайн дешнийн г1ирс!
***
Соьлжа-г1алахь дахар кхехка.
Къинхетаме хьаьжна малх.
Машенаш шайн хоьхкуш чехка,
Карзахбевлла кегий нах.
Корта бахон молха молу,
Т1аьхьенна яц ойла еш…
Машенашца «т1ома бовлу»,
Шайн болчаьрна бала беш…
Шу х1ун лоьхуш лела теша?
1ожалла ю лоьхург аш?
Нахана беш боккха иэшам,
«Хенал хьалха» доккхуш каш…
Я ца тоьа техьа вайна,
Т1амо х1аллакбина нах?
Я хууш дац техьа шуна –
Г1ело лар а Сибрехахь???
Сонталла а юссий даг т1е,
Хохку… маьрша стаг а вуьйш…
Декъазчарна 1арждо «к1айн» де,
Нанойн белхарш дац-кха туьйш…
Минотана сецна доцуш,
Хаддаза «болх беш» ду шайт1а.
Куралла цо даг т1е йоссош –
Цуьнга аш шаьш къар ма дайта…
Собарде цкъа. Сих ма луо шу,
Ойлае, адамаш, х1ай!
Деле доьхуш лардар вуочух,
Бертахь, ирсе дахий вай!
Т1аьххьара горгали
Т1аьххьара горгали
бекна вай къаьсташ,
Эр ду ас, дог 1овжош,
т1аьххьара дош.
Т1аккха тхо д1аг1ур ду,
дахаро хьоьстуш,
Тхайн ойла стигланан паналле хьош.
Цхьайтта шо д1адаьлча
ишколах къаьста,
Мел къаста ца лууш хьийзарх а вай.
Ишколехь д1аяьлла
тхан цхьайтта б1аьсте,
Ишколан корера тхан чиркх д1абай.
Дахар – и къиза ду. Хууш дац хьанна?
Мел ч1ог1а дезарх а, дуьне ду – харц.
Ткъа тахна тхуний бен,
хууш дац цхьанна,
Муха ду, ловш латта
ойланийн дарц…
Ойланехь кхоллало дуккха а хеттарш:
«Муьлхачу аг1ор
д1ахьаьвзар те некъ?!»
Цундела дитина х1ораннан хетарш,
Коьртаниг – халонех довлар ду чекх.
Ойланийн дохк а ду
кхетамах хьерчаш,
Ц1еххьана кхийти
цу дахкарлахь ткъес –
Дахарехь хиллаче чкъург юхакерча,
Меттахадохуш иэс:
Тхо кхийти… Кхин цкъа а
йиш ма яц дахка,
Дешархой хилла кху ишколе схьа.
Тхо хьалха дитина шианнаш дахкарх,
Г1ертар дац ц1ера дарс дийца а д1а…
Хьехархой! Х1оразза
шун ц1е а йоккхуш,
Т1етта а сов юьйлу дегнашкахь ц1е.
Цу дагалецамо дог карзахдоккху,
Ткъа тахна биснарг бац даглецам бен.
Аш тхуна хийлазза хьехарш ма дора,
Лууш тхох хилийта яхьйолу нах.
Ткъа тахна лаьтта тхо,
кхачийна г1ора,
Х1еттехь ца бовзарна
цу дешнийн мах.
Делахь а дайна дац и хьехарш доьза,
Дуьнен чохь мел деха, тхоьца ду уьш.
Ишколехь 1ийна вай
хилла цхьа доьзал,
Ирсечу б1аьргашца сатийсам гуш.
Мел дукха дешнаш ду х1ораннах ала,
Кху цхьайтта шарахь а
ца хилла дерш.
Маржа я1, йиш хилча дешица кхала,
Хьомечу хьехархойн
исбаьхьа ц1ерш…
Цундела тахана тхан а ду хьехар,
Ишколехь т1екхуьъчу
т1аьхьенна дан:
«Бух боцчу ловзаршка ма дайта 1еха,
Ма яйа эрна аш бераллин хан.
Ишколан дахарна юьстах ма латта,
Ма хила, доттаг1ий, заманан лай.
Ишколан доладан ца хиларх атта,
Дош дац-кха шайн школехь
шу бацахь дай…»
Т1аьххьара ишколах
къаьстачу дийнахь,
Массеран ц1арах а ч1аг1о йо ас:
Замано мел дахарх вовшашна гена,
Йицйийр яц тхайн хилла
самукъне класс…
20.05.2015 г.
Нохчий
Атта дац-кха болат дахчон,
Цул а хала – къарван Нохчо.
1азап, бала шортта лайна,
Халонаш а дукха яйна.
Мел висарх а дайна г1ора,
Х1оьттина вац цкъа а гора.
Гора я1, самаьрша нохчий,
Ца лехна аш ахчий-бохчий:
Х1ора гурахь латта охуш,
Хастамаш а Далла бохуш,
Тоьаш баьхна, хиларх миска,
Яа хилчахьана сискал…
Нохчашна шаьш хетта ирсе,
Б1аьрг тоха йиш хилча ирзе…
1алашбойла везчу Дала,
Нохчий, кхин ца гойтуш бала.
Майра к1ентий, мехкарий,
Ца дайинарш мехкан сий!
Вайнах №7-8, 2015
метки: Чеченский, Умисат, Дукха, Аьтто, Куьйга, Элира, Куьйгалхо, Ненан
Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а
Х1ора а, нохчичун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а. Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина атто лоьхуш шен дай баьхна лаьмнаш, латта, х1усам д1атесна шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.
Ишттачеран мог1арера цхьаъ ю, лаьмнашна юкъахь 1уьллучу Ч1ебарлойн районера Макажа юьртара яхархо Хасанова Умисат. Иза йина 1958 шеран 25-чу июлехь Казахстанехь Кустанай г1алахь. Цигара Даймахка ц1а йирзичахьана Макажахь ехаш ю иза.
Умисат йолчу х1усаме кхаьчча ширачу замане хьуо юха вахача санна хетало. Чохь йогуш дечиг даго пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а, лелош даьхни а ду цуьнан. Иштта ма 1ийна вайн дай, шайн куьйга хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь оьзда доьзал а кхиош г1иллакх-г1уллакх а долуш.
Умистан гергара нах, доьзалш охьанехьа бехаш бу, цара мел ч1ог1а аларх а, дехарх а, Умисат цигара схьа ца йог1у 1ан а, яха а, аьтто хир бара аьлла. Цуо забар ечух олу: «Кхузахь сан синна а, токхе ду, эрна эладита я къинош ца летош, Далла 1амал еш сайна парг1ата еха со».
2008-г1а шо т1екхаччалц йолчу ханна Умисат шен дайх дисинчу ширачу ц1а чохь ехаш яра, цуо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь Ч1ебарлойн районехь яйтинчу 28 х1усамех лаьцна.
- Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа х1усамехь бен дехаш адамаш дац, делахь а аьхка мелла а дукха нах хьала бог1у кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, марзо хеташ хан яккха а. Уьш гуттаренна а ц1а боьрзург хиларх а тешна яра иза.
Шен дахарехь уггаре а, доккха хазахетар шена хиларх а дийцира цо йоккхаерца самукъа а долуш. Дукха хан йоццуш шен х1усаме уггаре а веза, лараме хьаша вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах лаьцна дара иза. Иза шена гур ву я, шен х1усаме вог1ур ву аьлла цкъа а дага деача а, я и ирс хир ду аьлла тешна яцара ша бохура цо. Х1инца а, наггахь и г1ан дарий-те олий а хетало, олуш елаелира иза. Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахь балам болуш а яра Умисат. Шайн хиллачу къамелех а, вайн мехкан куьйгалхочун дикаллах лаьцна а дийцира цо.
Цунна шен а, миска мел волчу стеган а, вайн къоман а, мехкан лазам а, бала а хиларна Дела реза хуьлда аларца баркаллаш а бохуш.
Нохчийн зуда-м даимна а хилла сийлахь, еза, лараме, оьзда, цундела ма бу нохчийн к1ентий къонахий а. Мехкарийн сий долчу махкахь къонахий кхуьур бу» олуш дайн кица а ма ду. Вайн махкахь-м кхуьур бу яхь йолу къонахий а, сий долу мехкарий а, Делан къинхетамца Дала мукъ лахь!
2 стр., 547 слов
По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста
… цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу … волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна …
Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу ц1е ца яйта Умисат санна болу зударий, наной, йижарий кхуьийла хьан Нохчийчоь, мехкан сий айдан, кхане ирсе кхиийта вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна болу къонахий дебийла хьан, Даймохк!
Виситаева Тумани
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Чеченская Республика Сегодня» обязательна.
Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»
Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…
Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.
Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.
Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!
«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)
6 стр., 2555 слов
Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг
… олуш хилла. Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн дIадаханчух … а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта хилла нохчийн а. Цундела, лаа дац, ирча кхаъ … Сийлахьниг къастадеш, Иэхьечух нийса., Дай лара хьоьху цо,, Даймохк вайн биэза,, ГIиттадо, бакъ толош,, Харцонца къийса… Дуьххьара …
«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:
Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке
Бергоева Айзан Абдилвахитовна
Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна,
Сайн дог хьох д1аэрца карийра суна!
Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! Х1ун хир ду хьол хьоме, деза!? Вайн нохчийн г1арабевллачу яздархоша, поэташа говзчу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаш ца дицдо» роман т1ехь коьртачу турпалхочо олу т1аме воьдучу шен к1анте: «К1ант! –элира Товсолтас, – вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуненчохь массо х1уманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!» » «
И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна д1адийшош. Хийла г1енах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде к1ентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре ч1ог1а сатесна хуьлура тхо.
Делан лаамца тхан дай, наний шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь т1ом болчу хенахь, кхелхина дахна Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман 1ер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо баккхийрачу вашас, йишас дуьйцура марха достучу дийнахь шаьш х1ун леладора: хьала маца г1овттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхалле эхарх лаьцна. Ц1а ян сатосий хуьлура со.
Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а «Орга»-хелхаран ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана-биолог. Оьрсийн мотт а 1амабора цара тхуна, ц1а даг1ча деша атта хилийта.
Апрель беттан 23-г1а де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна т1ехь яра нохчийн г1абали, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а.
Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна кавказера хелхарш 1амор. Тхан нанас 1амийначу тобано шозза а дакъалецира г1алахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюрихь 1ачу цхьаммо хьала а г1аьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобан куьйгалхо мила ву? Х1инца шолг1а го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айъина к1ентий, хи т1ехула йог1учу г1ург1езан боларх, ах б1аьрнег1арш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ву аьлла хета суна цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца 1а, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!»
1 стр., 478 слов
Сочинение ешначех суна угар дукха еза книга
… б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай. Сочинени «Сан хьоме Даймохк» Язйина Грозни-г1аларчу МБОУ «СОШ № 47» 9 «В» классан … басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс … хиллера. Б1аьргашна хьалха х1оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1ан дара. Суна моьттура: « Х1инца ас б1аьргаш схьадиллича, со сайн ц1ахь хир …
Ша бахьана долуш школан дирекорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: куьйгалхо хьо ю ала, ас г1о дина эр ду ахь аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан, мух1ажар яра иза. Хонкара пачхьалкхан культурин министран хьалхара г1оьнча хиллера и хаттар делларг.
Цо дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас 1амочу тобано. Тайп-тайпанчу г1аланашка гастролашка эха дуьйладелира. Тхо дехачу г1алин Мэро шен куьйга грамоташ а елира, совг1аташ а дира тхуна, цхьаьний д1ах1иттина сарташ а дехира.
2014-чу шарахь ц1а дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней д1а ма г1о, ша шу реза долуш болх нисбийр бу шуна аьлла. Эххар а, 1ийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара х1ума т1е ца лоцуш, мелхо а шайн нохчийн кура амал, хаза г1иллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!»
Бегаш беш, тхан нендас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аш а Даймахках къаьстина, олий.
Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хазаду-кха ц1ахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху ц1ахь санна ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю г1аланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна:
Успанова Айша 10 класс Нохчийн меттан хьехархо Бергоева Айзан Абдилвахитовна Даймахках лаьцна Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна, Сайн дог хьох д1аэрца карийра суна! (Сулаев М.) Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! Х1ун хир ду хьол хьоме, деза!? Вайн нохчийн г1арабевллачу яздархоша, поэташа говзчу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаш ца дицдо» роман т1ехь коьртачу турпалхочо олу т1аме воьдучу шен к1анте: «К1ант! –элира Товсолтас, – вай юха гой а ца хаьа Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь д1ахоуьйту хьоьга. Адамана дуненчохь массо х1уманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!»«« И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна д1адийшош. Хийла г1енах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде к1ентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре ч1ог1а сатесна хуьлура тхо.
Делан лаамца тхан дай, наний шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь т1ом болчу хенахь, кхелхина дахна Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман 1ер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо баккхийрачу вашас, йишас дуьйцура марха достучу дийнахь шаьш х1ун леладора: хьала маца г1овттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхалле эхарх лаьцна. Ц1а ян сатосий хуьлура со. Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а «Орга»-хелхаран ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана-биолог. Оьрсийн мотт а 1амабора цара тхуна, ц1а даг1ча деша атта хилийта. Апрель беттан 23-г1а де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна т1ехь яра нохчийн г1абали, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а. Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна кавказера хелхарш 1амор. Тхан нанас 1амийначу тобано шозза а дакъалецира г1алахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюрихь 1ачу цхьаммо хьала а г1аьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобан куьйгалхо мила ву? Х1инца шолг1а го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айъина к1ентий, хи т1ехула йог1учу г1ург1езан боларх, ах б1аьрнег1арш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ву аьлла хета суна цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца 1а, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!» Ша бахьана долуш школан дирекорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: куьйгалхо хьо ю ала, ас г1о дина эр ду ахь аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан, мух1ажар яра иза. Хонкара пачхьалкхан культурин министран хьалхара г1оьнча хиллера и хаттар делларг. Цо дикачу метте балха х1оттийра тхан нана. Т1аьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас 1амочу тобано. Тайп-тайпанчу г1аланашка гастролашка эха дуьйладелира. Тхо дехачу г1алин Мэро шен куьйга грамоташ а елира, совг1аташ а дира тхуна, цхьаьний д1ах1иттина сарташ а дехира.
2014-чу шарахь ц1а дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней д1а ма г1о, ша шу реза долуш болх нисбийр бу шуна аьлла. Эххар а, 1ийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара х1ума т1е ца лоцуш, мелхо а шайн нохчийн кура амал, хаза г1иллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!» Бегаш беш, тхан нендас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аш а Даймахках къаьстина, олий. Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хазаду-кха ц1ахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху ц1ахь санна ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю г1аланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна: Беза хьо, Нана-мохк Дай баьхна латта. Хьоьца ду сан ирс а, Ас мел йо ойла… Хьан дуьхьа къахьега, 1ожал т1еэца Ца луун долу к1ант Дена ма войла! |
Просмотров: 21733 | | Рейтинг: 4.3/9 |
Всего комментариев: 2 | |
Порядок вывода комментариев: |
|
Категории
Последние записи в блогах
Статистика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Обновлено: 11.03.2023
Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1 ора меттиг шех лаьцна дийца к1 ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1 овг1 анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.
Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1 ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1 оман цхьа шатайпа хазалла.
Аьхка цига даха аьтто хилира тхан, сайн нийсархоша дийцарехь лаьара суна цига кхача. Кхераме белахь, некъ бах ца белира суна. Цхьа 1 адийна стаг санна вара со, оцу меттиган исбаьхьалло цецваьккхина. Телевизор чохь гаррий, хьайн б1 аьргийн нуьрца гаррий цхьаъ ца хиллера. Б1 аьргашна хьалха х1 оьттина сурт цхьа туьйра, цхьа г1 ан дара. Суна моьттура: ” Х1 инца ас б1 аьргаш схьадиллича, со сайн ц1 ахь хир ву, сайн лехамашкахь”. Гуш дерг г1 ан дацара. Сийно-баьццара хи, бухара т1 улгаш гуш, ц1 ена. И хина 1 уналла деш санна, цунна го бина аьрцнаш. И дерриг сурт цхьа даг чу ца тарлуш хазахетар дара. Лаьара массо меттиге б1 аьрг тоха, хьайн деган к1 айле йийца гено лаьттачу б1 аьвне. Лекхачу орцана т1 е хьалавелира со.
-Эх1, хьан аьлла х1 аваан чам бац, бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1 аваъ.
“Э-е-ее-е-й!” – аьлла мохь тоха лууш, цхьа тамашийначу, цкъа суна ца девзачу синхаамаша д1 алецира со. Оцу аьхначу х1 авао лахдира сан к1 адвалар, д1 аяьккхира сан даг чуьра есалла. Сан 1 алашо – б1 ов ах хаьрцина лаьтташ яра, цуьнан пенаш йозанашца къарздинера, т1 ехь цхьаццаммо, аса сонта стаг эр дара цунах, ша кхузахь хилла аьлла билгало йитина ваханчух, шен фамили, ц1 е яз а йина. Б1 аьвнийн пенаш б1 ешерашкахь я мохе, я т1 еман ирчалле гор ца х1 оттаделлера. Цхьа воккха стаг санна, доьналлех дуьззина, шен дахарехь дуккха ирча киртигаш 1 иттаелла. Ма дуккха къамелаш дийр дара ца соьга, мохийн шабарца, хинан г1 овг1 анца. Хаза хенаш юьйцур яра цо, берийн деларх а, маьршачу заманца юьйцина, ткъа х1 инца деса ду пенаш а, б1 арзделла деса кораш а.
Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1 ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1 енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1 ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:
– Адам! Ларлуш охьавосса, – аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1 аваха, йита х1 ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1 ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.
Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: ” Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1 ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду – зезагца, б1 аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду – вай ду сиха, б1 аьрзе, 1 аламах хаьдда. Г1 ой вай Къоьзан-1 оме, б1 аьвнийн туьйранашка ладог1 а. Некъ дика хуьлийла вай.
Нохчийн литература
Урок д1аяхьар.
1 Маршалла хаттар.
-Бераш, шу марша дог1ийла!
-Тахана 1 ра сентябрь ду-иза вайна мА-хаара Хаарийн де ду.Муха хетта шуна таханалера де?(Берийн жоьпаш)
-Дагадаийта шаьш дуьххьара школе даьхкина де.Муьлха шо дара иза?(Берийн жоьпаш)
-Шуца мила вара цу дийнахь? (Берийн жоьпаш)
-Нийса боху.Авторо шу дукхадезарца ялийна кху книжки т1е гуттара тоьлла произведенеш.И тешна ву уьш аша дика 1амориг хиларх.
-Д1аелла книгин 3-г1а аг1о.Цу т1ехь йолчу произведенин ц1е еша.Х1ун ю Гимн? (Вайн холкъан коьрта илли ду)
-Мила ву цуьнан автор? (Кадыров Х-А)
-Гимн олуш муха ладог1а деза цуьнга? (Нийса д1а а х1оьттна ладог1а деза)
-Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза)
-Ладог1ал Нохчийн республикан Гимне.(Латайо запись)
2.Дешаран книжкин хьалхара дакъа довзийтар, цу т1ера произведенеш йовзийтар.
-Д1адеша вай 1амо долош долу дакъа. (Даймехкан косташ)
-Муьлха дийцарш ду цу декъехь 1амо билгалдаьхна?
-Муьлш бу церан авторш?
-Стенах лаьцна хир ю и ши произведении? (Даймахках лаьцна)
-Суна 1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша .
Нийса боху кху декъа т1ехь вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш.
Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.
Вайна 1емар ду Даймохк бохучу доккхачу дашан чулацам бовза.
2.1алашо билгалъяккъар, белхан план х1оттор
-Д1аеша вай тахана 1амо билгалъяьккхинчу произведенин ц1е?(Даймехкан косташ)
-Муьлха ву цуьнан автор? ( А.Сулейманов)
-Х1ун кхиамаш хир бу вайн тахана ?Х1ун дан ницкъ кхочур бу шун кху произведении 1аморца?
Суна 1емар ду нийса , кхеташ, шера стихотворни тексташ еша.
Сан ницкъ кхочур бу хьехархочун хаттаршна жоп дала.
-Нийса боху , вайна тахана евзвр ю А.Сулеймановс язйина байташ.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ , шера стихотворни тексташ еша , 1емар ду оьшург текстехь лаха.
3.Керла тема хьехар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Хьехархочо д1айоьшу байт
Деригге дуьна схьадаларх сайна
Дуьненан бахамаш кхийдабарх схьа
Хуьйцур бац сан Даймохк
Ког биллал меттиг а ду и сан ц1а.
-Стенах лаьцна ю байт? (Даймахках)
-Муха хетта авторна шеен Даймохк? (Къаста де жоп: дозалла до, беза, тамаш бо, ца беза, хаза хетта)
-Стенах хиира шуна иза? (Дуьненан бахамех хуьйцур бац боху автора шеен Даймохк)
-Шун х1ун аьлла хета: стенах олу Даймохк?
-Даймохк иза хьо чура ара ваьлча гуш долчу бецана т1ера , зезегашна т1ера , дитташна т1ера, олхазаршна т1ера , акхарошна т1ера , хьан доьзална , юьртана , махкана т1ера д1аболало.Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да-нана дина кхиъна мохк бу.
Сада1аран миноташ.
Дехкий девдда даьхкира
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
Маса сахьт даьлла хьаьвсира
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
Пису дог1у довдалаш
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
Сихха гена довлалаш
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
3.Чулацамах кхетам балар.
-Д1абеша хьалхара биъ мог1а.
-Х1ун кхайкхам бо автора вага? (Даймахкана ч1аг1о хилее х1отта боху)
-Х1ун ч1аг1о ялан ницкъ кхочур бу шун вайн Даймахкана?(Берийн жоьпаш)
-Шуна х1ун аьлла хета: аша дика дешча Даймахкана ч1аг1о хир юй?
-Кхин х1ун кхайкхам бо автора? (Вайн дахаран беш совйоккхуш цхьа-ши синтар дог1а боху)
-И кхайкхам кхочушбан ницкъ кхочур буй вайн? (Берийн жоьпаш)
-Д1абеша т1аьхьара барх1 мог1а. Стенах лаьцна дуьйцу царна т1ехь? (Ирсах, беркатах, бартах лаьцна)
-Х1ун боху царах лаьцна? (Уьш цхьана бен мегаш дац, царах цхьаъ делча кхуьа а ле)
-Шуна х1ун аьлла хетта: шун доьзалехь дуй и кхо х1ума?
-Вайн махкахь дуй и кхо х1ума?Х1унда?(Къаста де жоп : вай дика дехаш ду, нах болх беш бу, нах болх беш бац, бераш школе оьхуш ду , дац, нах маьрша баха , бахка йиш йолуш бу , , бац)
-Муьлха дакъа долийна вай тахана? (Даймехкан косташ)
-Муьлха стихотворенийийшира вай?
-Мила ва цуьнан автор? (А.Сулейманов)
-Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план.Х1ун дан ницкъ кхечи шун?
6.Ц1ахь бан болх.
Читайте также:
- Орган музыкальный инструмент сочинение
- Метель глазами героев сочинение
- Зыялы булуны ничек анлыйсыз сочинение
- Что значит оставаться верным себе сочинение
- Внутренний мир человека сочинение евгений онегин
МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»
НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА
ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ
Сочинени
Нохчийн маттах,
нохчийн маттахь…
Язйинарг: Тунжаханова Сати
10 –чу классан дешархо
Сочинени
Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…
«Мерзачу озаца сан амал lехош,
нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу…»
Мотт- иза Даймахко адамна, цуьнан дахар долалуш, иза чекхдаллалц луш болу г1ирс бу. Мотт- иза адамна гонахара дерг, шен чоьхьара дуьне довза а ,кхечарна довзийта Дала делла ни1мат ду. Мотт- иза туьйранехь дуьйцуш долу,ерриг не1 йоьллуш долу дог1а ду.
Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?
Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.
Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.
Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.
Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.
Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.
Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.
Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.
Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац!!!» Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.
Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).
Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.
— Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.
-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.
Х1ора а, нохчичун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а. Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина атто лоьхуш шен дай баьхна лаьмнаш, латта, х1усам д1атесна шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.
Ишттачеран мог1арера цхьаъ ю, лаьмнашна юкъахь 1уьллучу Ч1ебарлойн районера Макажа юьртара яхархо Хасанова Умисат. Иза йина 1958 шеран 25-чу июлехь Казахстанехь Кустанай г1алахь. Цигара Даймахка ц1а йирзичахьана Макажахь ехаш ю иза.
Умисат йолчу х1усаме кхаьчча ширачу замане хьуо юха вахача санна хетало. Чохь йогуш дечиг даго пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а, лелош даьхни а ду цуьнан. Иштта ма 1ийна вайн дай, шайн куьйга хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь оьзда доьзал а кхиош г1иллакх-г1уллакх а долуш.
Умистан гергара нах, доьзалш охьанехьа бехаш бу, цара мел ч1ог1а аларх а, дехарх а, Умисат цигара схьа ца йог1у 1ан а, яха а, аьтто хир бара аьлла. Цуо забар ечух олу: «Кхузахь сан синна а, токхе ду, эрна эладита я къинош ца летош, Далла 1амал еш сайна парг1ата еха со».
2008-г1а шо т1екхаччалц йолчу ханна Умисат шен дайх дисинчу ширачу ц1а чохь ехаш яра, цуо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь Ч1ебарлойн районехь яйтинчу 28 х1усамех лаьцна.
— Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа х1усамехь бен дехаш адамаш дац, делахь а аьхка мелла а дукха нах хьала бог1у кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, марзо хеташ хан яккха а. Уьш гуттаренна а ц1а боьрзург хиларх а тешна яра иза.
Шен дахарехь уггаре а, доккха хазахетар шена хиларх а дийцира цо йоккхаерца самукъа а долуш. Дукха хан йоццуш шен х1усаме уггаре а веза, лараме хьаша вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах лаьцна дара иза. Иза шена гур ву я, шен х1усаме вог1ур ву аьлла цкъа а дага деача а, я и ирс хир ду аьлла тешна яцара ша бохура цо. Х1инца а, наггахь и г1ан дарий-те олий а хетало, олуш елаелира иза. Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахь балам болуш а яра Умисат. Шайн хиллачу къамелех а, вайн мехкан куьйгалхочун дикаллах лаьцна а дийцира цо.
Цунна шен а, миска мел волчу стеган а, вайн къоман а, мехкан лазам а, бала а хиларна Дела реза хуьлда аларца баркаллаш а бохуш.
Нохчийн зуда-м даимна а хилла сийлахь, еза, лараме, оьзда, цундела ма бу нохчийн к1ентий къонахий а. Мехкарийн сий долчу махкахь къонахий кхуьур бу» олуш дайн кица а ма ду. Вайн махкахь-м кхуьур бу яхь йолу къонахий а, сий долу мехкарий а, Делан къинхетамца Дала мукъ лахь!
Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу ц1е ца яйта Умисат санна болу зударий, наной, йижарий кхуьийла хьан Нохчийчоь, мехкан сий айдан, кхане ирсе кхиийта вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна болу къонахий дебийла хьан, Даймохк!
Виситаева Тумани
www.ChechnyaTODAY.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Чеченская Республика Сегодня» обязательна.
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна