Сочинение нохчийн 1адаташ

«Доьзал» дешан маь1на дан г1оьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь шен маь1ница «х1у» дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1окху тайпанчу аларшкахь: «доь доцуш вайна», «доьза вайна». И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1аьхьадисина цхьа цуьрриг х1ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал — и доь (х1у) хилар, доь долор ду.

Доьзал — иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1а. Доьзал — иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу «цхьана ц1ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.

Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1ера да, я нана д1аяьлла; я ший а д1адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1ийца гергарло хилла ца 1аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.

Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1ех1уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух…), цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1езиг х1ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.

Доьзал — иза шина аг1ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1ума а дац к1езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1уллакхе.

Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тиллар т1едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1ехь винчу к1антана ц1ераш къестош ден доттаг1ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:

                                                          ГIиллакх

Урокан 1алашо:

Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча,   цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.

Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш   уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.

Урокан г1ирс:

1.Закриева Пет1аматан байташ, афоризмаш т1ехь йолу сборник (гулам);

2. Журнал «Орга», «Вайнах»;

3.«Даймохк» ц1е йолу газета т1ера г1иллакхах лаьцна статья.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо:

Хууш ма-хиллара, адам Дала  х1окху лаьтта, шен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина. 

Нохчийн г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Г1иллакх-иза адамашавовшашца

Лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман, чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду.

Оьздангалла дуьхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю.

« Г1иллакх ялсаманерасхьадеъна», ялсаманедухадерза

дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»

Г1иллакх — динан ах ду.

(Г1иллакх довзийтарх а цатоьа,

нагахь и лелош ца хилча)

Г1иллакх бохучудашошеначулоцудешнашдаладе…

(адамалла,къинхетам,комаьршалла,майралла,къонахалла,доттаг1алла,хьаша т1еэцар,яхь,декхар,эхь-бехк,доьзал а,бераш а кхетош-кхиор,нийсо,собар)

Т1аккха г1иллакхехь лаьцна ша кечйина доклад д1айоьшур ю вайн Бидаева Хьавас:

Стеган оьздангаллацоша-шецалелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза угар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шеен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латторду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шеен духар, сурт -сибат муха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалха болу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар.

Стага угар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла — ах дин ду», — аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латта во, цуьнан дог-ойла ц1ан йо, иза къинойх лар во. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.

Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цучохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».

Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).

Духар угар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хила шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хила цо (оьрсийн г1иллакх).

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», — олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хила боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь — и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар – иза шеен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта баттайиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на ишттаду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.

«Ах стаг бедаро во», — бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Иза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй — вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан – болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй — аьхка мангал хьокхуш я кхин тайпа болх беш.

Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо — царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.

Боьршачу нехан духаран коьрта билгало — иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.

Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккхушена — шенмогашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стагвацшабохургдуиза.

ХЬЕХАРХО:

Дела реза хуьлдахьуна, Хьава!Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнаноьздангаллингайтамбу духар.

Цуьнцадоьзнацхьамасалдалорвай. 
ХалкъаняздархочоАйдамировАбузарадуьйцура, цкъагIалаваханчуьра,

гучувалашааьлла, МамакаевМохьмадволчуваханерашабохуш. 
Шецаисс-иттшокхаьчнашенйоI а яра. НеIеллавеънаМохьмад, аьхка

xIycaмexьтIexйовхайолу дела, шенааттачудухарехь вара. 
АммаоцуйоIахбIаьргкхетча, шацуннацагойтуш, кхинмогаш-паргIат

хаттардоцуш, дехьачу а вахна, шендухархийцинерацо; 
шабоккъал а чIогIацхьанабоккхачугуламевоьдушсанна, кечвелла

схьавеънера. ЦецваьллачушегаМамакаевМохьмада эли, бохураАбузара, 
мел жима елахь а, йоIбехкема ю, гIиллакх хила мадезацуьнцааьлла. 

Иштташакечйина доклад д1айоьшур ю Мутиева Мархас:

Хуушма-хиллара, адамДала х1окху лаьтта, шеен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна бела кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а бела вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу.

Массарел хьалха билгалдаккха деза г1иллакх, оьздангалла бохучу шина дешан маь1на. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Дална ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шена дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Стаг мел говза велахь а, мел дика велахь а,цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлхачу а кхечу стагана т1ехь долу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.
Масала, нохчийн дахарера д1адаьлла, ала мегар ду, боьршачу стага коьртахь х1ума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа жима стаг коьртахь х1ума йоцуш, эвла юккъе стена дуьйцу, шен к1ет1а а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и г1иллакх цкъа а хила а ца хилча санна д1адаьлла. Бакъду, коьртахь х1ума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий х1инца а. 
Муьлххачу стеган г1иллакхашка хьаьжжина мах хадабо. И тидам беш, вай тидаме ца оьцу цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагадо цхьана осалчу х1умано. Бакъду, г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехьлелор г1еллуш ду де дийне мел дели, царахцхьадершд1адовлуш а ду.

Хьехархо:

Дела реза хуьлдахьуна,Марха!Г1иллакхо лайхэла вина, г1иллакх ца хилароэлах лай вина аьллавайдайша…

Ахь хьайна т1аьхьалонна ахча ларде, халкъана т1аьхьалонна дайн г1иллакх ларде.Иштта, и гlиллакхдуьйцуш, вайнкъоманиэсехьдисинацхьадийцарду.

ГоврахьвогlучуИсмайлин Дудина шенберацадуьхьалйогlуцхьа жима зуда, 
и берохьа а диллина, букъ а берзийна, дlахIоьттина. Говраравоьссина Дуда,

оцуберaнатle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна, 
цуннаюххе cовг1атнa шенворхIаззайолутапчаохьа а йиллина,

«Дала беркатедоьзалховойлакхунах, Даладукхавахавойлахlapa», — аьлла,

дlавахна. 
Tlaккxa и гlиллакххIоттийнастаг мила ву а хиъна, оцужимчу к1ентан дас

Исмайлин Дудина cовг1атнa дин бигийтина. 

Г1иллакхах лаьцна байт (Мунашева М..)

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон

Я ша д1а, шецасха мел гайтарх, хьанна

Мичахь и, я маца карийна к1уон?

Олуш ду: «Г1иллакхца аттадуваха,

Цунах д1атиллачун мах бац ши шай»,

Халонехьшаьшхиларх, ваймассоваха,

Г1иллакхах цабухушбеллавайн дай.

Шаделахь, ду г1иллакх, йистйоцушшорта,

Доцчунна «вуон», «к1езиг» — къастамца тов.

Осалву д1аалий, харцийтаворда –

Г1иллакх цадевзачо, муьлххаэхь лов.

Цуьнца бен хьанлерам, пусарцахилча,

«Вуон» дашцахуьттуш и, муха дайдер,

Сиймадацбехлушша, я ц1анлуш, дилча…

Г1иллакхах а ма де вай, х1ай нах, буобер!

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон.

Я ша д1а, шецасхьа мел гайтарх, хьанна

Мичахь и я маца карийна к1уон?

Классный час:

Г1иллакх дезаш волчунна

и генахьдац.

gl4

                               8 «а»классан  куьгалхо:Джамалдинова Л.Х.

Х1инца шун г1иллакхех долу хаарштоллурвай.

Хаттарш.

Х1ун олу?

 Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )

К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла! Т1аьхье беркате йойла!

Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )

Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат мА эша дойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)

Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хила зен.)

а)Адамийн дика амалшмуьлхарниш ю.

Лерам, собар, комаьршалла, майралла, къинхетам, эхь-бехк, тешам, дошлардар)яхьйолушхилар.

Адамийн вон амалш муьлхарниш ю?  Хан 1мин.

Тешнабехк, ямартло, харцлер, мотт тохар, къола дар, писалла, хабар дукха дийцар, шена т1ехь доцург дийцар, сихалла, къизалла, мало яр, куралла.

1.  Г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кицанаш далор. Хан 1мин.

а) Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча-яа.

аь) Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо.

б) Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.

в) Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.

г) Стеган мах ша хадийнарг бу.

г1) Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву.

д) Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.

 Х1етал-металш.

1.  Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?

Дикалла.

2.  Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?

Амал.

3.  Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?

Йовхо.

4.  Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг  х1ун ю?

                                                                               Марзо.

5.  Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?

                                                                       Адамалла.

6.  Кицанахь сарралц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю?

                                                                Хазалла.                                                                                                                                                                                                        

7.  Адаман г1иллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?

Комаьршалла.

8.  Цхьана а садолчу а, садоцчу а х1уманца  адамна Дала лело бакъо цаелларг х1ун ю?

Ачо(хьаг1, гамо).

9.  Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду?                                     

  Хьекъал.

10.Шинна а тобанна: 1ар-вахар мичахь тоьлу хуур ду шуна,аша д1алечкъина дош схьалехча.

Схьалахахь д1алечкъина дош.

Даймахкахь.

-Х1инца вай къовсадалар кхин д1а хьур ду.

Аса х1ора тобанна хаттарш лур ду, аша  жоьпаш  дала деза.

Хаттар:Чу-араволуш хьалхе хьаьнга яла еза? 

Жоп:    Чу-араволушхьалхевоккхачуьнга а,заь1апчуьнга а д1аяла еза.

Хаттар:    Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург  буха а ца юьтуш яа еза,я мела а буха йита еза?

Жоп:   Жимма буха йита еза.ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.

-Суна ч1ог1а  дика хета шуна иштта дика хууш. Дала и хаарш  берашна  хьеха кхин а к1орггера  хаа  пурба лойла вайна.

БЕРАШ –урддуаьхна, х1у таса сихло.

           Д1адехь вай дика х1у – хьекъар ду ялта.

           Амма вай д1атасахь г1овтур ю яраш,

           Цхьанна а ца оьшу ба1 хьекъа тарло.

           Ткъа д1адийнарг  т1едалаза дуьсур дац.

Хьаша  вар  а,  т1еэцар  а массо  хенахь  деза  г1уллакх  лерина  вайнаха. Хьешана  не1  къовлар,  цуьнан  

хьашташка  ца  хьажар доккха  эхь  лоруш хилла.   Хьаша-да    т1еэцарна  доьзна  нохчийн  цхьадолу  г1иллакхаш билгалдохур  вай.

1. Вевзаш  вара,  вацара  ца  бохуш, хене  ца  хьожуш,  т1еоьцуш  ду  хьаша.

«Вевзаш  вацарх,  ломахь  наха  даима  оьцу  Хьаша  т1е» (А.Сулейманов).

Кхин  ца  масал  а  далор  вай:

-«Ассаламу 1алайкум!  Хьаша  т1еоьций  аша?  —  Ва  1алайкум вассалам! Йокъанах  дог1анна  санна,  т1ера  ду-кха  тхо  хьешана, — жоп  делира лекхачу  дег1ахь  волчу  стага:

— Тхо  ч1ирхой ду.  Сан  ц1е  Хасболат  ю. Ткъа  х1ара  сан  к1ант  ву, Шахьби. Буьйса  яккха  меттиг  езара  тхуна.- Марша  вог1ийла  хьо! Чоьхьавала.  Хьайн   ц1а  веана  хьо»;

Хьаша-да воьссинехькерта..Дин парг1атбаьккхича хьешан,
Шен к1анте аьллера дас:
— Г1иллакхах ца духуш вешан
Чекхдовлар дехар до ас.Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.Цкъа жимчохь хезнера суна,
К1иллошна ца лепа малх.
Стаг хилар коьрта ду хьуна,
Стаг воцчохь совцуш бац нах.Т1еоьцуш генара хьаша
Вай лардахь, хир ду вайн сий.
Доккха шун хоттор ду бешахь,
Шортта ду сискал-туьхий.Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнцадуиссимий-беркат,
Цхьамарзохиларал сов…

***

  «Цу  кхерчачу  ц1арочул  а

    хьаша  вохвеш, йовхо  луш,

    Ю вайнехан  комаьршалла,

    ду  вайнехан  оьзда  дош !»

Нохчийнзабарш

1. ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьастагшенстунцахойболчуваханахилла. Ламаз хан т1е макхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цухенахь ц1енкъа юккъетекх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а бешстуннанахилла.
— Оллох1у акбар, — аьлла, охьатаь1аш воллунуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сиххахьала а г1аьттина, шендукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцоэлирабохустуннене:
— Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах цахилла.

2. АМАЛ
Йоккхачу Атаг1ара пондарлокхучу Г1ачас ткъецхьаъ зуда ялийнахилла. Т1аьххьара шаткъе цхьаллаг1а зуда ялийчацоаьллашензудчуьнга:
— Со зуда атта д1айог1ийтуш вухьуна, ас аьлларгделахь. Вайгахьешийбаьхкича, со хьайгахьаьжча, царнаюург яла езийлахаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчоаьлла:
— Ас корта ластийча, ас лурйоцийлахаалахь.

3. ИРС Я1 ХЬАН!
Шайнйишаловзаргахьхелхаюьйлушбехк а лаьцна, юьстахваьллалаьтташхиллацуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачукъонахчоаьлла:
— Иза-м д1аяла а цакхета. Евзийшуна и? — аьлла.
-Ирс я1 хьан, — аьллавежарехцхьамма, — и йовза-х цаевзийхьуна.

4. ДОГЦ1ЕНАЛЛА
Цхьастагхиллабазарахьеттбохкавахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттинакхуьнга.
-XIapaетт дег1ана ма жима бухьан?
— Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьунаxlapa жима.
— Ой, шура мел локхо, шина-кхаа литре йолий?
— Йолу, ахьагурралцоьзча-м.
— Ткъа базара х1унда балийнаахьаxlapa?
— Вуо болу дела балийна-кх, — аьлла, жопделлаеттболчо.

5. ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьананесошенмарвешина «Къонах» аьлла ц1е тиллинахилла. Маццацкъатуьканаяханчохь, шенмарвешах тар а велла, цхьанастагана т1аьхьа хьаьддайоьдушхилла и зуда:
-Ва, Къонах, — бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, изакхинстагхилархкхетча:
— Вай дела, хьо-м къонахмавац, — аьлла.
Вукхохаьттина, вуоха а воьхна:
— Со къонахвоцийлахьуна муха хии?
Зудчожопделла:
— Юьхьдуьхьалхьаьжча, хиира-кх, — аьлла.

6. ДАКЪАЗАЛЛА
Майрахилласай-бодийкъасталебалхавахавезаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхинацо.
— Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. — аьлла.
Шеннабархацаялалучузудчо, axl-yxl а дина:
— Эццахьайнаергкхалла а кхаллий, д1аг1охьа, — аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шенаяайовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахьаьлла, шенаергкхалла а кхаьллина, шенбалха д1авадана xlapa.
Сарахьмац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуобалхавоьдушяьржжийначохьлаьтташ пхьег1аш а, кхуоохьайиллиначохьлаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохьлаьтташяйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас шашега: «Нана яла хьодуьненан», — аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха «г1ам-г1им» дина, и тосаделлачузудчокхуьнгасхьамохьбаийтинадехьачохьйижинайолчу:
-Хьо х1ун дешвуцучохь, шабар-шибардеш, х1инца а ваханавалазавухьо? — аьлла.

7. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М…
Юьртахь жима стагкхелхинатезетхилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачухенахь, цуюьртарацхьастагваханахиллакхелхинчужимачу стеган нахе кадамбан. Царехуггаревоккхахвергкхайкхина ара а ваьккхина, цуьнгакадамбинахиллацо:
-Мукъавоцушвиснера со шунагучу ваза. Вайнницкъкхаьчнехьарашуна и бохамхуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шунвешин к1ант кхелхина, — аьлла.
Xlapaкадамбинаваьлча, кхелхинчужимчу стеган девашасаьллера:
-Вай, и кхинхьан дай-вашийвийна-м цалелара и кхелхича, хьуна хала цахета…

8. МОЛЛИН CATИЙСАМ
Моллахилласуьлхьанашхьийзош, багахь «лаилах1-иллалах1» бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гинакхунна. Цулт1аьхьа:
-Девисахьан, дависахьан, — бохуш, ша х1ун леладо а цахууш, суьлхьанашхьийзонволавеллаиза.

9. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ «ШАЙХ»
Шайхвушабохушлелашхиллацхьастаг.
-Делахькханахиндергдийцал, — аьлла, дехардинацуьнгацхьамма.
— Лама дуьйцурдуша. — аьлла, «шайх» вушабохучо.

10. ХАН ЙОЦУШ БЕАНА МАРХИН БУТТ
Мархинбаттахьмарханашкхобушабохуш, лелашхиллацхьастаг. Шензудчуннахьалхамоттарг1анаш а лелош, къайлахцигаьркаузушхиллацо, шайн к1ет1арчу г1одмийн такхорах а вулий.
Цхьанадийнахьшайнтакхорах к1ур оьхушгиназудчунна. Ц1е яьлламоьттуш, хьаьдда т1еяханчу кхуннашенмайрагина, такхорах а воьлла, к1ур беш. Йоьхначузудчоаьлла:
-Вай, елла яла со!
Т1аккха майрачоаьлла:
— Ма яла хьо-м елла, хан йоцуш т1ебеана xlapaмархинбутт бала-кхабелла.

11. МАРХИН БУТТ
Цхьа ши стагхиллацхьаццахабаршдуьйцушлаьтташ. Цхьаммааьлла:
— Борз санна т1ебог1уш мархибутт а бувайна…
Вукхоаьлла:
— Баг1ахь, дера бувайохьа а таь1на, т1ехбалийтур.

12. ВОН ЗАБАР
Цхьастагвеллааьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
-XIapaахьтховсаларванвеза, таханалатта т1ехьакха цамагадинавайна.
1усман резахилла
Каш лардеш 1усман 1аш буьйсаюкъал т1ехъяьлла 1усман кхеродагахькошахьвергметтаххьеволавелла.
— Хьодакъаделахь, дакъасанна 1илла, дацахь аса дийрдухьох, — аьлла 1усмана.

1амийнарг   т1еч1аг1дар:

Стеган оьздамассо а х1ума хиладеза-ойла а,

духар а, г1иллакхаш а.

Жам1 дар:

— Дийцакхуурокехьвайнакерла х1ун хиъна?

— Дийцашайнахазахеташ долу г1иллакхаш.

Ц1ахь банболх:

— дагахь 1амо байташ (г1иллакхех лаьцна),

— «Г1иллакх» ц1е йолустихотворенидагахь 1амо.

Шайнкхерч муха хила луур дара шуна?Гайта у т1ехь…

Дерзор:

 Нохчийн г1иллакх-оьздангалла,вастдалошаьлча,цхьалекха б1ов ю. Вайнкъоман х1ора а чкъуроцхьаццакхеригбуьллушйоьттина,лакхаяьккхина. Цундела х1ора нохчочундекхарду и б1ов 1алашъяр.иза кхин а лакхаяккхарехьдакъалацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохоряц,нагахьвайх х1орамма а иза 1алашъяхь.шен леларца,вистхиларца.дечу г1уллакхца. Изалаьттарю,нохчийнкъам мел деха.»  

  • Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт – вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.
    Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.
    Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.
    Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.
    Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!
    А. Султанов

  • ненан мотт-нохчийн мотт! х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ мотт бу. кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. ма-дарра аьлча, дийриг а мотт бу.
    дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла далла. шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, , искусство. ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман мотт. буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. мотт- иза къоман са, куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.
    вай нохчий ду. веза-воккхачу далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна нохчийн мотт! со йинчу, х1ара дерриг а дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме? ! нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. ненан матто вай 1амадо даймохк беза. цо 1амадо вайна дуьненан а, а хазалла йовза.
    дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. наггахь хеза вайна: «иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. ма – дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. цу докъазаллах дала лардойла вай!

  • сочинени ненан мотт

    Ответы:

    Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг  шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах  Дала лардойла вай!     Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:   Кхераме дац суна мехаш,Къизачу зуламан ор а, –             Нохчийн мотт соьца мел беха,      Онда бу сан лаьттахь орам.

  • Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»
    Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
    Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!

  • ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
    Я.С. Чемирзаева
    Хьайн ненан мотт хаахь,
    Ас дозалла до хьох…
    Билал Саидов
    Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а, дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду ненан маттах ала. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу. Дукхахьолахь и хаарш, хаарех пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь. Цу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, хьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо. Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикин Дешаран Минисерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу ишколехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а. Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханлерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а.
    Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. кх. а. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш цакхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза. Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду: хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар; 1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш; ненан матте, 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар.
    Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар; болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьовсар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу – хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо. Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн декхар – уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар. Цхьана низамехь теманашца нисйинчу урокаша таро ло, х1ора темина хаттар къасто, цу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшах тухуш билгалдан деза: урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш; дешархошна хаа деза, муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лакхене кхача йиш ю; керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар; йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш; 1аморехь оьшуш болу г1ирсаш; ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш. Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.
    Уьш хила тарло: урок-тобанашкахь болх бар; урок-1аморан дарс; урок-кхетор; урок-гайтам; урок-проектни хьесапаш кхочушдар; урок-талламаш бар. Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиадо юкъара дешаран дараш а, хаарш а (УУД). Кху кепара болх баро г1о до хьехаран шайн зеделла ц1ераш, технологин кепаш юкъаяло: кхиош-1аморан, могашалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин, интерактивни технологеш и. кх. д1. Нохчийн меттан хьехархошна царех пайдаэца хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь а, массо хьехархо лехамехь хила веза, массо аг1ор керлачунна т1екхиа г1ерташ. 1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аш муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан автор. И тайпа болх д1абахьа мегар ду дешархой шина тобане бекъна, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо деригге а дийцар д1адоьшу. Кейс-технологин методаш дукхахьолахь хаарш сов дахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъярна т1е тидам бахийтина ю. Урокашкахь таро хуьлу, хьехархочуьна дешархойн мотт бийцаран говзалла лакхаяккха. Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, цу шина некъах пайдаэцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а – дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьна бакъдо. Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна. Х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографически, пунктуационни къамелан хаамаш караберзорна г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
    Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар. Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудолу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш. Критически ойлаяр кхиоран технологих ю синквейн. Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю. Стенна оьшу синквейн:
    1. Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.
    2. Боцца чулацам схьабийцарна кечво.
    3. Коьртаниг каро 1амаво.
    4. Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло.
    5. Дукхахьолахь и кхочушхуьлу.
    Кхузахь вайна го, синквейн язъешволчунна хаа деза, къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло, дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алссам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош. Коьртачарех ду, х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар. Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а. Керлачу технологишца бан безаш болу болх х1инца а кхачо йолуш бац, цунах лаьцна дуккха а дийца дезар ду, 1ама дезар ду, шена хуург къоначу хьехархочуьнга д1адала дезар ду. Ненан мотт хьоьхучу муьлххачу хьехархочун болх т1ехьажийна бу т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна.
    Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла хета суна: ненан матте дешархойн безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьллачул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хила веза. И бийца хууш а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац, т1ахьене д1акховдо ненан мотт хир бац.
    Вайн нохчийн мотт, яхь, г1иллакх, оьздангалла юха денъярехь, вайн къам ч1аг1дарехь къахьоьгуш волчу Нохчийн Республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн меттан сий-пусар деш, и мотт безаш, шен ницкъ ца кхоош иза берашна 1амош волчу массо а хьехархочунна, даггара баркалла ала лаьа. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
    Источник:: журнал “Нана”

  • “Доьзал” дешан маь1 на дан г1 оьртича, гучудолу иза “доь” бохучу орамах хилар. “Доь шен маь1 ница “х1 у” дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1 окху тайпанчу аларшкахь: “доь доцуш вайна”, “доьза вайна”. И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1 аьхьадисина цхьа цуьрриг х1 ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (х1 у) хилар, доь долор ду.
    Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1 адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1 аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1 адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1 а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу “цхьана ц1 ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.
    Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.
    Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух …) , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.
    Доьзал – иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе.
    Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:

  • Гость
    Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», – олуш. Ма – дарра аьлча, и стаг  шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах  Дала лардойла вай!
    комментариев 1 :
    омг откуда

  • Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.
    Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.
    Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

  • «Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт».
    (Кадыров Ахьмад-Хьаьжа,
    Нохчийн Республикин хьалхара Президент)
    Бисмиллах1иррохьманиррохьим.
    25-г1а апрель(нохчийн дуьххьарлера газета «Серло» арадаьлла де) нохчийн меттан Де ду аьлла д1акхайкхина ду вайн куьйгалхочо КАДЫРОВ Р.А. шен указаца.
    Нохчийн Республикин Президентан
    УКАЗ
    Соьлжа-ГIала № 207
    Нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца:
    «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин за¬конна куьг яздина апрелан 25-гIа де Нохчийн меттан Де д1акхайкхо.
    «Нохчийн меттан Де дIакхайкхоран хьокъехь» долу 2005-чу шеран 15-чу апрелехьлера № 90 йолу Нохчийн Республикин Президентан указ дIадаккха.
    XIapa указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.
    Нохчийн Республикин Президент Р.А. КАДЫРОВ.
    Дала деллачу не1матех уггаре коьртаниг адамийн мотт бу. Мотт къоман са а, цуьнан деган куьзга а ду. Маттехула бен хила йиш яц халкъан дика а ,вон а, халкъан тезет а, синкъерам а ,халкъан г1иллакхаш маттехула бен лела йиш яц. Нохчийн меттан Де билгал даьккхина а ца 1аш, нохчийн зудчун –ненан Де а билгалдаьккхина вайн куьйгалхочо, кхечу дезачу денойн мог1аре а х1оттош. Шен къам , шен мотт, наной а деза лараран билгало ю иза.
    Сулейманов А. яздина: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Казахстанехьчул чомехь даа, хазаниг духа ца даьхкина тхо тхешан махка, ц1а ,карахь-куьйгахь а доццушехь .Тхо ц1а оьху : Даймохкий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш ца хиларна .Къам шен амалх , г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту ч1аг1о ю мотт.» Цунах херделла адам , лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу.

  • Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь  коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца  лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

    Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

    Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

    Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

    Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка  хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

    «Духаре хьожжий т1елоцу хьаша, хьекъале хьожжий новкъа воккху»,  – и кица хьалкъо лаа ца кхоьллина.

     Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев  Сайд-Мохьмад.

    Ворх1 г1иллакх

    Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

    Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

    Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

    Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

    Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

    Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

    Лайн амал сих йоьлларш безна бац  Далла.

    Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

    Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

    Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

    Ворх1 вашас йишин дог  цхьатерра хьоьсту:

    Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

    Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

                                            ворх1  ломал сийлахь:

    Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

    Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

    Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

    Мадина Мусаева

    www.ChechnyaTODAY.com

    При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

                III дакъа

                                          АДАМ А, ЦУЬНАН Г1ИЛЛАКХАШ А

    Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза уггар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латтор ду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шен духар, суртсибат мухха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалхаболу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна цадар.

    Стага уггар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла — ах дин ду», — аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латтаво, цуьнан дог-ойла ц1анйо, иза къинойх ларво. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.

    Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цу чохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? — Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».

    Тахана вайна моттадала тарло ц1ена лелар Европера, кериста мехкашкара схьадеъна. Иза бакъдац. Кериста нахана саба довзар а, х1ума яале хьалха а, йиинчул т1аьхьа а куьйгаш дилар а, кест-кеста, дег1 ц1андеш, лийчар а бусалбанашкара 1емина. Иза хилла юккъерчу б1ешерашкахь, исторехь «Ж1аран т1елатарш» («Крестовые походы») аьлла буьйцу т1емаш керистанаша бусалбанашца бечу хенахь. Цул хьалха, мог1арера нах стенна буьйцу, Европерчу къаьмнийн паччахьаш а шарахь масехазза бен луьйчуш а ца хилла.

    Иштта, бусалбанашкара 1емаш юкъадеъна ду кериста къаьмнашлахь даьржина хилла г1иллакх — къонахчо зуда лерар а («рыцарийн сий-ларам»).

    Хетарехь, бусалба дин т1еэцале хьалха унахц1еналла мелла а г1ийла хиллачух тера ду нохчийн а.

    Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.

    Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).

    Духар уггар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хилла шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хилла цо (оьрсийн г1иллакх).

    «Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», — олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хилла боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь — и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар — иза шен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

    Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

    Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на иштта ду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.

    «Ах стаг бедаро во», — бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Изза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

    Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй — вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан — болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй — аьхка мангал хьокхуш я кхитайпа болх беш.

    Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо — царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.

    Боьршачу нехан духаран коьрта билгало — иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.

    Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккху шена — шен могашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стаг вац ша бохург ду иза.

    Боьршачу стеган духарна т1ебохуьйту тидам кхин боккха а ца хилла, уггаре ч1ог1а оьшу лехамаш кхочушбичхьана: духар дег1ана парг1ат, бехкечу меттигийн кхоччуш хьулам беш, г1одаюкъ, барч къевлина хилар. Боьршачу стага шен духаран мелла а к1езиг тидам беш хилар билгалдолу халкъан иллешкахь оцу хьокъехь дукха доца дуьйцуш хиларца а:

    Цу к1айчу г1овталца, 1аьржачу вертанца,

    Чо чехка чола куй б1аьштаг т1е ва тоьттуш,

    Пхьоьханахь вара тов Жоьрабабин ва Гани.

    Ткъа мехкарша мелхуо а боккха тидам т1ебохуьйтуш хилла бедарна. Иза дика го нохчийн иллеш дешча а. Царах цхьанна т1ехь дуьйцу хит1а йоьду йо1 кечъяларх:

    Туька йиллал ва дари шен дег1а дерзийна,

    Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,

    Чилхьесан бухкарца, цу ц1естан к1удалца,

    Цу х1урдан ва мохо ездари ловзадеш,

    Эсаран ва мохо кисин т1ам ловзабеш,

    Пошмакхийн ва кийрахь ва к1архаш ц1ийзабеш,

    Пошмакхийн айрашца некъан йист ва лоргуш,

    Хит1а яха елира тов ворх1 вешин ва йиша.

    Кхечу илли т1ехь иштта мог1анаш ду:

    Набарха ца йоккхуш бос хаза Таху,

    Лергех оьхкина дашо ва хьалкханаш,

    Г1одах дихкина и дашо ва доьхка,

    Хьалха доьхкина ва дато туьдаргаш —

    Уьш чехка ша яьхна вахар-кха ишхойн ва 1ела.

    Оцу йллийн шина кийсиге хьаьжча а, вайн ч1аг1дан аьтто бу: цкъа делахь, йо1стага кечлуш шена к1ади а («туька йиллал дари»), дети а («бере кечвал») кхоош цахилар; шолг1а делахь, цо г1абалица цхьаьна коьрта туьллуш доккха йовлакх а (ездарин я кисин), ткъа кога туьйдинчу пошмакхашна чухула бухуш к1архаш а хилла; кхоалг1а делахь, шен кечъяларехь йо1а пайдаоьцуш хилла дешех (хьалкханаш, дашо доьхка), ткъа иштта кучан я г1абалин туьдаргаш кечдеш, детех.

    Зударийн духар цу зудчун хене а, ц1ера яьлла я ялаза а, болх беш я дикане-вуоне йоьдуш а хиларе хьаьжжина хилла.

    Ша тайпа, денна а лелочу бедарех къаьсташ хилла йо1стага маре йоьдуш т1едуху духар.

    Духарца кхечарал соввала г1ерташ 1едал ца хилла нохчийн. Нагахь шен елахь а, шен лулахочун я накъостийн йоцу бедар т1еюхар а товш хеташ ца хилла. Амма шаьлтий-доьхкий, кхидолу герззий уггаре а тоьлларг нисдан хьожуш хилла х1ора а.

    Кегийчу наха цхьаьннан йоцу бедар вукхуьнга луш 1едал а хилла, шайх цхьаъ йо1аца ирахь1ен я хийисте х1отта воьдуш. Иштта, къечу заманахь кхолладелла ду халкъан эшара юкъара х1ара мог1анаш а:

    Цкъа хелха валлал ши этиг елара,

    Цкъа велаваллал дащо церг елара…

    Вайнехан цхьа башхалла а хилла духар лелорехь: бедарна т1ера цхьа а вета я нуьйда тасаза юьтуш ца хилла, и д1аяьстина лелар оьзда ца хилла. Бакъду х1инца цуна б1останехьа мода кхоллаелла, стаг оьзда лелаш хилча иза 1овдал хеташ я цунна цхьаъ кхолла г1ерташ. Мехкарий-м бийца а ца оьшу… олуш хаза дацахь а, шай гай гуш доцуш бедар ца хилча дош а ца хеташ, х1инца нохчийчоьхь дерг ду-кх иза, кху ц1ахь 1ачунна хууш а хира ду иза.

    Бедар т1еюьйхина араваьлча, шен леларан, ког баккхаран ойла ян езаш хилла стага. Иза цуьнан амал, дог-ойла гойтуш хилла. Товш лоруш ца хилла дукха партал, текхна я, ц1е яьллачу воьдуш санна, хьаьдда вахар. Боккхучу когаца а шен оьздангалла гайта езаш ву стаг. Лаьтта т1е буьллу ког а боккхачу ларамца билла беза, х1унда аьлча, халкъан дийцаро и дар т1едожадо вайна: «Шена т1ехула, бен а ца хеташ, кхийсалуш, когаш бетташ ма лела, сан кийра схьаван везаш ву хьо,- олу боху лаьтто. — Ас т1е1аьвдина, п1ендарш чучча дохуьйтур ду хьан». Леррина, и латта лазор долуш санна, ког боккхуш болар дара, масала, вайна вевзаш волчу поэтан, 1илманчин Сулейманов Ахьмадан.

    Кех араваьлча, дуьхьал кхеттачуьнга вистхилар т1едужу стагана. Вистхиларан корта салам ду – Ассаламу 1алайкум. Салам нохчаша массаьрга а ца ло. Салам шен хенарчу, я шел дукха баккхий я кегий боцчу нахе луш 1едал ду вайн. Ханна хьо жима велахь, ахьа хьалха д1адала дезаш ду салам. Хьо вог1уш а волуш, лаьтташ я хевшина 1аш нах (я ша цхьа стаг) хилча, салам далар хьуна т1едужу. Говрахь вог1учо г1ашлочуьнга дала деза, лакхара (ломара) охьавог1учо лахара хьалавог1учуьнга дала деза, хи дог1учу аг1ор вог1учо — цунна дуьхьал вог1учуьнга. Цуьнан маь1на шел аьтто мелла а к1езиг берг тоьллачо ларар ду, ницкъ болчо ницкъ эшнарг (жимчо воккханиг) ларар а ду.

    Салам а делла, стаг т1евеъча, дег1 нисдина хьалаг1аттар т1ехь ду хиъна 1ачунна, нагахь т1евеънарг ханна воккха велахь-м муххале а. Воккха вацахь а, хьалаг1аттар я хьалаайавалар г1иллакхехь ду. Т1аьххьарчу хенахь цхьаболчу кегийчу наха долийна дуьйцуш ду, стаг т1евеъча, хьалаг1атта ца оьшу бохуш. Иза вайн оьздангаллехь 1аламат осала х1ума ду, чекхдалийта йиш йолуш а дац. Цу хьокъехь нохчийн кица а ду: «Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала».

    Бакъду, маьждиг чохь хьалаг1итта мегар дац. Делан ц1а чохь Далла 1амалъян гулло, цундела цу чохь дуьненан г1иллакхаш, 1адаташ хьалхадаха мегар дац.

    Нохчийн 1адатехь салам ца луш бу дикка баккхий нах, зударий, пхийтта шо кхачаза бераш. Салам даларан метта маршалла хаттаран кхечу хорманех пайдаэца тарло дара. Хьайл дикка воккха волчу стеган ахь де (1уьйре, суьйре, буьйса) дика йо, «могаш-парг1ат» а хотту. Воккхачу стага «Далла везийла», я «Диканца дукха вехийла» — олий, дуьхьал жоп ло. Ткъа пхийтта шо кхачаза долу бераш шаьш дистхила деза, хьо царна дуьхьал жоп делчхьана волу.

    Стага (наха) дечу г1уллакхе хьаьжжина вистхилар а ду вайнехан г1иллакхехь. Масала, стаг муьлхха а болх беш хилча: «Болх ирс долуш хуьлда хьан!» — олу, цуьнца цхьаьна билггал цо дечуьнца доьзна вистхилар а ду вайнехан. Аьр вай, стаг мангал хьокхуш хилча: «Маьлхе хуьлда хьан!»; ялта д1адуьйш я асар деш хилча: «Хьекъийла хьан!»; дечиг доккхуш хилча: «Г1оза дагорг хуьлда хьан!»; х1ума юуш хилча: «Г1оза юийла!»; ц1ена бедар юьйхина хилча (нагахь и хьайн гергара стаг, доттаг1а я юххера вевзаш велахь): «Г1оза лелайойла!»… Маршалла хаттаран метта лела и тайпа дикалааран дешнаш а. Дикалааран сецна евлла хорманаш дукха ю.

    Зуда ялийна меттиг хилча, нохчаша олу: «Дала т1аьхье беркате йойла! Дала цхьабарт бойла!». Йо1 яханчаьрга (дукха хьолахь нене): «Дала декъал йойла! Т1аьхье беркате йойла!». К1ант вина хилча: «Дала беркате доьзалхо войла! Дала дукха вахавойла!», ткъа йо1 йича, и дешнаш аьлла ца 1аш, т1етуху: «Дала ворх1 вешин йиша йойла!».

    Нохчийн доьзалехь к1ант ву къаьсттина ч1ог1а веза хьаша. Иза ден сийлахь ц1е д1акхехьа а, доьзалан х1у, ца дойтуш, даржо а, мехкан к1ант — къонаха хилла д1ах1отта везарг а ву. Иза дац йо1 хилар вайнехан доьзалехь бохам бу бохург. Йо1е ша тайпа лерам бу. «Йо1аца беркат дог1у ц1ен т1е», — олу нохчаша.

    Кхин а дуккха а ду билггалчу хьелашкахь стага ала деза дуьххьарлера дешнаш. Уьш д1адевлча, стага маршалла хотту. Т1евеъначо салам делча, бухарчо и д1а а оьций, «марша вог1ийла!» — олу. Вукхо «Делан маршалла хуьлда шуна а!» — жоп ло. Т1аккха могашалла а, ц1ера хьал а, гергарнаш а, и. кх. д1. а хотту. Цу тайпана вовшийн хьал-де хаттарх нохчаша т1екаре олу, ткъа доггах вовшашца гергарло лелочу нехан юкъаметтигах — чукаре.

    Цхьана хенахь, бусалба динца вайна салам юкъадале, дуьххьарлерчу дешнашца хоттуш хилла маршалла. Оцо а гойту маршо вайн къомана коьрта мехалла хилар.

    Х1инца х1окху кицанан маь1на дер вай: «Хьалха хьажаза, ког а ма баккха, т1ехьа хьажаза, дош а ма ала». Ког баккхарх вай лакхахь мелла а дийцира, х1етте а жимма т1етухур вай. Х1окху кицано «хьалха хьажий бен, ког ма баккха» бохург, дуьххьалд1а долчу маь1нехь (цхьа кхерам я чуэккха ор, тасавала т1улг) хилла да 1а. Иза, ахьа г1иллакх х1отто дезаш меттиг нисъяла тарлуш ду, цундела тидаме хила бохург ду. Нагахь хьо вог1у некъ кхечуьнца ж1ара болуш белахь, саца а сецна, цу аг1ор вог1уш хьайл воккха стаг вуйла хьажа веза, велахь, некъ ца хадош, сацавала а веза иза т1ехваллалц. Иштта, шена некъ битина хьо лаьтташ, воккха стаг хьалха вистхила декхар ву, хьан г1иллакх шена гинийла хоуьйтуш: «Баркалла! Дела реза хуьлда!» я «Дала сий Дойла!» — олуш. Т1аккха жимхас цуьнан «де (буьйса, 1уьйре, суьйре) дика а до, могаш-парг1ат а, хьажа х1ума ду-дац а хотту.

    Нагахь хьо говрахь велахь а, иштта саца веза, некъ ца хадош, говрара а воьссина. Нагахь хьуна дуьхьал вог1уш воккха стаг хилча, иштта говрара а воьссина, цуьнга вист а хилла, иза аьтту аг1ор т1ехвалийта веза. Хьо г1аш хилча а изза дан деза: воккха стаг, зуда — аьтту аг1ор, ткъа жиманиг — аьрру аг1ор т1ехвалийта.

    Новкъахь воккхачуьнца воьдуш хилча, хьо цуьнан аьрру аг1ор х1отта декхар ву (воккхачунна аьтту аг1о юьту бусалба динехь а), вайнехан г1иллакхехь аьтту куьг, ког, ха, аг1о еза лору дела. Шу кхоъ хилча — воккханиг юккъехь, цул жиманиг цунна аьрру аг1ор, уггар жиманиг — аьтту аг1ор х1утту. Иштта д1анислур бу г1аш боьлху нах пхиъ я ялх хилча а. Ткъа дуккха а нах новкъа боьлхуш хилча, кегийрхойн цхьа тоба хьалха хила еза, важа тоба – т1аьхьа, юккъехь — баккхий нах.

    Нагахь стаг зудчуьнца (йоккхачу стагаца я хийрачу) вог1уш хилча, цо иза аьтту аг1ор йита еза, ша жимма хьалха а волуш; нагахь шен гергарчу зударшца (х1усамненаца, йишица, и. д1. кх. а) вог1уш велахь, уьш аьрру аг1ор а, жимма цул т1аьхьа а хилча нийса хир ду нохчийн г1иллакхехь.

    Вай кхузахь хьаха ца деш, дахарехь нислуш цхьацца хьелаш хуьлу (масала, чу-ара волуш дуьхь-дуьхьал нисвалар, наь1ара уллохь цхьаьна нисвалар, машенна чу хаар, и. д1. кх. а), амма муьлххачу а хьелашкахь воккхачунна а, зудчунна а хьалхе д1аяла еза. Цуьнан маь1на шерийн дукхалла, г1орасизалла ларар ду. Вукху аг1ор (къоналла, могашалла, хьал «лоруш») хилча, цунах оьздангалла ца хуьлу, иза ницкъах (харцонан ницкъ белахь а) озавалар, кхеравалар ду. Ткъа иза оьздангаллина нийсса б1останехьа кхетам бу — осалалла, шина а аг1онна — и тайпа «г1иллакх» лелочунна а, шеца и леладойтучунна а — цхьатерра эхье х1ума а ду.

    Х1инца хьовсур вай лакхахь далийначу кицанан шолг1ачу декъан: «…т1ехьа а хьажий бен, дош а ма ала», — маь1на даста. «Дош» нохчийн маттахь стага д1аолу аьзнаш хилла ца 1а. Цуьнца стага деш долчу «г1уллакхан» маь1на а дог1у. Нагахь стагана: «Дош дацара цо лелориг», — аьлча, кхеташ ду хадориг цуьнан къамелан мах хилла ца 1аш, цуьнан г1уллакхан мах а хилар.

    Поэта Кибиев Мусбека иштта аьлла дашах:

    Дош доцург дош дац,

    Дашал доккха х1ума дац…

    Тухий, дашо стаг во дашо,

    Тухий, иза дакъазвоккху…

    Кхечу поэта Хасбулатов Ямлихана иштта аьлла:

    …Мацца а б1аьргашна

    Ца гучу дукъ т1е

    Даг чуьра йовхо д1а

    Т1аьххьара хьош,

    Сайн некъан беза мохь

    Бихкина букъа т1е,

    Сайн метта лела ас

    Дуьтур хьо, Дош.

    Источник: http://Кавказчат. форумера

    Муха
    хила веза  доттаг1?

                                  
    Герга хилча, дег1 дагадеш,

                                  
    1овжош, гена ваьлча, дог-

                                  
    Иштта доцчу доттаг1аллех,

                                   
    Алал, доттаг1, вай х1ун до?

                                                          
    А. Сулейманов

       Нохчийн
    кхетамехь санна доккха  маь1на  долуш дац аьлла хета суна и дош цхьанна къоман
    а. Нохчийн къомо ширчу заманахь дуьйна ч1ог1а деза  лоруш хилла  доттаг1алла .
    Иза къегина гайтина нохчийн халкъан барт кхоллараллехь. Нохчийн литературехь а
    и тема коьртачех хиларо гойту  тахана а мел веза  ву нохчочун доттаг1 а, цуьнца
    йолу юкъаметтиг а.

      
    «Ваша ваша вац и хьан доттаг1 вацахь , » — боху кицано а. Доттаг1чуьнга дуьйцу 
    вайн дагахь дерг а, къайленаш а ца кхоьруш цо уьш нахала яхарна. Иза хьан а,
    хьо  цуьнан  уггаре  тешаме  накъост ву .

       
    Доттаг1 хила а атта дац. Даккхий декхарш  ду  доттаг1ашна т1ехь : тешаме хилар,
    вовшашна оьшучохь вежарий  хилла  д1ах1иттар, нагахь  доттаг1чунна       т1е
    бохам беънехь, цуьнца нийсса дакъалацар, кхерам т1ех1оьттинчохь цунна  шен  са 
    д1адала а кийча хилар.

     
    Иштта хила  веза  аьлла  хета  суна  доттаг1.

    Нохчийн мотт

    Сочинени: «1а»

    1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе безам кхоллар

    Урок д1аяхьар.

    1. Маршалла хаттар.

    2. 1алашо йовзийтар.

    -Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «1а»

    3. Суьртах лаьцна къамел дар.

    (Хьехархочо гойту сутр «1а»)

    -Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (1а)

    -Муха эр дара 1аьнах лаьцна? (Т1едеана шийла 1а)

    -Муха ду денош, буьйсанаш? ( Денош дацъелла, буьйсанаш яхъелла)

    -Муха ду арахь?( Арахь диллина л оду)

    -Х1ун эга стигла охьа? (Стиглара охьаэга лайн чимаш)

    -Стенгахь ду л о? Цо х1ун хьулйина? (Лайно хьулдина латта, тхевнаш , дитташ)

    -Бераш кхоьруш дуй шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах)

    — Х1ун до цара?(Арахь ловзу бераш).

    -Ц1ераш тахка царна. Х1ун до Аминас? (Аминас Лайн-баба йо)

    -Х1ун до Индарбис? (Индарбис конькеш хохку)

    -Х1ун доМовлида? (Мовлида салаз хохку)

    -Х1ун до Рукъета, хадижата, Линдас ? (Рукъет , хадижат, Линда лайн мижаргех ловзу)

    -Муха хетта берашна 1ай? (Берашна 1ай ч1ог1а хазахета)

    -Муха ду могашаллина берийн ловзарш? (Берийн ловзарш ч1ог1а пайде ду могашаллина)

    -Х1унда? (Х1аваэхь левзича иммунитет ч1аг1ло, цамгарш ца лехьайо)

    -Шуна муха хетта 1ай?

    а)Сочиненин х1оттам таллар

    План йовзийтар.

    1. 1аьнан 1алам.

    2. Берийн ловзарш.

    3. Церан пайда

    4. Суна хетарг

    -Маса декъах хир ю сочинении? (Кхаа)

    -Х1ун яздийр ду аша хьалхарчу декъе? (Т1екхечи шийла 1а. Стиглара охьаэга лайн чимаш. Лайнохьулдина дитташ, аренаш, тхевнаш)

    -Муха ду денош, буьйсанаш?(Денош дацделла, буьйсанаш яхъелла)

    -Берашна муха хетта 1ай? Х1ун яздийр ду аша шолг1ачу декъе? (Берашна хазахетта 1а деана. Уьш арахь ловзуш ду. 1умара салаз хохку. Мовлида конькеш хохку. Индарби, Хадижат , Рукъет лайн мижаргех ловзу)

    -Муха ду и ловзарш могашаллина? (Ц1енчу х1аваэхь ловзар могашаллина пайдехь ду. Цара иммунитет ч1аг1йо, цамгарш ца лехьайо цара)

    -Муха ерзор ю сочинении? (Суна хазахета 1ай)

    -Маса декъах хир ю сочинении? Муха яздан деза х1ора дакъа?

    4. Сада1аран миноташ.

    5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

    (Бераша язйо сочинении)

    6.Жам1 дар.

    7. Ц1ахь бан болх балар

    Бакъонаш карлаяха.

    Like this post? Please share to your friends:
  • Сочинение неверного мужа 9 букв
  • Сочинение ностальгия по родине
  • Сочинение нравственный долг это
  • Сочинение образ аксиньи в романе тихий дон
  • Сочинение небылицы 2 класс по литературе