29-г1а урок. Гайсултанов
1умар «Болат-г1ала йожар» : Лечи, Хвичо
1алашонаш: литературни турпалхочух болу
кхетам кхиор; повестехь болчу къовсаман башхаллех кхета дешархошна г1одар;
дешархошна текстаца шайнна болх бан хаар карадерзор турпалхошна характеристика
яла оьшур йолу материал исбаьхьаллин произведени т1ера билгалъяккха хаар кхиор;
литературни турпалхо боху кхетам к1аргбар; литературни турпалхочунна
характеристика яла а, кхечу турпалхочуьнца иза вуста хаа а 1амор; дозуш долу
къамел кхиор; патриотически дог-ойла а, халкъан мостаг1ашкахьа цабезам а кхиор.
Урокан тайпа: керла хаарш кхиоран а,
карадерзоран а урок.
Урок
д1аяхьар
I. Ц1ахь бина болх таллар
«Болат-г1ала – талорхойн г1ап» ц1е
йолчу темина дешархоша шаьш кечйина материал йовзуьйту.
II. Урокан 1алашо а, декхарш а
довзийтар
III. Урокан теми т1ехь болхбар
1. Повестан турпалхошна
характеристика ялар
Лечех, Хвичох лаьцна барта дийцар
(тобанашца)
|
маь1не дешнаш, цитаташ |
Шина |
|
Х1ун Муха |
Лечи |
Х1ун |
Реманна |
-Эла волчохь мича кепара гойту
шаьшшиъ шина к1анта?
—Леча кест-кеста ойланашка волий
х1унда хуьлура, х1ун ду цуьнан сагатдийриг?
-Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара
Леча а, Хвичо а. Оцу 1аморашкахь шина к1ентан муьлха амалш билгалйовлу вайна?
— Х1ун 1алашо ю шина к1ентан? Х1ун
некъ бу шина к1анта юьхьарлаьцнарг?
-Муха гайтина автора шен къоначу
турпалхошна юкъара доттаг1алла?
-Къоначу шина турпалхочун муьлха
амалш ю шуна герга?
-Юьхьарлаьцначу некъа т1ехь
ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян к1енташна г1о динарг мила ву?
-Шина к1ентан х1ун мах хадор бара
аша?
Текст т1ера масалш далош кхочушбо и
болх дешархоша.
Хьехархо. Жам1. Портрет-турпалхочунна характеристика
яларан г1ирс. Деталашца ца бовзийтина яздархочо шен турпалхой. Церан
характеристикехь коьртаниг – и ший шуьйра белшаш а йолуш, онда жима ши стаг
хилар ду. Яздархочун тидамехь дерг – церан доьналла а, майралла а, церан
хьуьнарш а ду. Портретехь цо къастийнарг церан ницкъ, хьуьнар, майралла,
т1емалойн дикаллаш ю.
2. Хьехархочун комментари
Леча а, Хвичо а даиманна а бохург
санна цхьаьна гойту повестехь. И шиъ цхьабарт болуш а, вовшашна чу садиллина а,
вовшийн ч1ог1а терго еш а ву. Цу шина к1ентан ойланаш хьанал ю,1алашонаш
беркате ю. Цушиммо юьхьаралаьцна некъ халкъ парг1ат даккхаран некъ бу. Оцу
некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян цу шинна г1о до воккхачу стага
Иагос. Воккха стаг шина к1ентан терго еш вара, цо бийцира Лечина даймахка боьду
некъ, хьехар а дина, новкъаваьккхира цо и шиъ. Лечин а, Хвичон а хьуьнарш а,
г1иллакх-оьздангалла а кхиарехь мехала бара ши к1ант эла волчохь волуш Иагос
церан бина тергам. Шаьш дагалаьцнарг хьекъалца а, кхетамца а дар бахьанехь шайн
1алашоне кхочу Леча а, цуьнан накъостий а. Нахана даккхий зенаш деш болу
Болат-г1алара талорхой боха а бой, церан г1ала йожайо Лечас а, цуьнан
накъосташа. Оцу тасадаларехь шайгара майралла а, доьналла а гойту шина к1анта.
Ялх шо хьалха шеца цхьаьна йийсаре йигна йолу Кхокха а, кхиболу йийсарш а
парг1атбоху Лечас а, цуьнца болчара а.
Халкъ даим лоллехь латто хала
хуьлу. Шена парг1ато йоккхуш, цо эшаво муьлхха а мостаг1. Халчу хенахь халкъана
хьалха бовлу дика к1ентий, цара халкъ г1аттадо мостаг1чунна дуьхьал бечу
къийсамна. Иштта къовсам халкъ толарца д1а а боьрзу. Халкъана хьалха
бевллачарах бу Леча, Куьйра, Лоьма, Чала, кхиберш а.
Гайсултанов 1умара шена хьалха
х1иттийна 1алашонаш исторически хиларал сов, эпически а ю. Хьалхалера дахар
гайтарца цхьаьна цо гойту халкъо шен парг1атонехьа, машарехьа д1ахьош болу
къийсам а, цу халкъа юкъара схьабевлла, зуламечу нахана духьал г1овттуш болу
к1ентий а.
Цхьана аг1ор маьрша нах йийсар а беш,
уьш кхечу мехкашкахь д1а а бухкуш, цунах шайн бахам а бина 1аш болу талорхой,
вукху аг1ор маьрша беха нах го вайна повестехь.
— Гайсултанов 1умара шен повестехь
дийцинарг дахарехь хилларг дуй те? Цу т1ехь буьйцу турпалхой исторически нах
буй те? Мел бакъ ву яздархо исторически хилларш довзийтарехь?)
(Ма-дарра аьлча и тайпа талораш дар
нислуш хилла ширчу заманахь, амма кхидерг яздархочо ша кхоьллина ду. Коьртаниг
– цу хенан халкъан дахар ма-дарра гайта яздархочун ницкъ кхачар ду. Иза цо
говза кхочуш а дина. Повесть йоьшучу хенахь вайна хаало цу хенан дахар, цуьнан
турпалхошца цхьаьна вай даха а деха цхьана ханна, и ешна довллалц, вайна уьш
беза а ло, царах дог а лозу вайн, эххар царах дозалла а до вай).
Д1анисде дешнаш:МАЛОЬ, АЛЧА,
АЧЛЕ,ОЧВИХ
IV. Урокан жам1аш. Рефлекси
«Чекхъяккхаза предложени» ц1е
йолу кеп
-Суна хетарехь, повестан бакъволу
турпалхо …
V . Ц1ахь кхочушдан
дезарг
1. Учебник-хрестомати т1ехь долчу
хаттаршна жоьпаш дала кечло.
2. Белхан тетрадь, 8-11 т1едахкарш.
С этим файлом связано 112 файл(ов). Среди них: 8klass.doc, План.doc, Anketa_Sferum алх 3.docx, Пресс-релиз.docx, 15 СВ — 41 Ш, 15 МОЦИ.docx, user_file_575 6bf62a1daf.doc, Аннотация.docx, ТИТУЛ РП.docx, График оценочных процедур (новы) 22-23.docx, +РП 5-9 2021-2022.docx, Математические сценки для 5.docx, Самостоятельная работа 1.docx, +КТП 9 геометрия Атанасян 2021-22 (1).docx, +КТП 6 кл. математика 2021-22.doc, +КТП 5 кл. никольский 2021-22.docx, Дневник.docx, НАГРАЖДАЕТСЯ.docx, russiansymbols 1011-dop2.pdf, Четыре желания.docx, _ положение о языке обучения.docx, Ещё земли печален вид…»,.docx, 3 тест Взаимодействие с родителями в образовательных организация, Чек-лист по проверке ЛНА ОО.docx, План – конспект урока физической культуры в 6 классе Тема урока_, Практическая работа к разделу 2.5.docx, Входное тестирование.docx, Промежуточная аттестация.1docx.docx, Практическая работа к разделу 1 (2.1).docx, отчёт по Дню солидарности.docx, Рабочая программа ID5153640 (1).pdf, Конспект урока по теме_ _Сложение и вычитание дробей с одинаковы, Инструкция сотрудника ОО для АКНДПП версии 2.1.pdf, 1. класс (1).docx, ктп русск. 11.doc, 4.Критерии оценки_критерии распределения.docx, Урок на тему_ _Цхьалхечу предложенин кепаш_ 11 класс (1).docx, фольклор.docx, algoritmy_pr ezentatsiya_1.pptx, Отчет о работе библиотеки.docx, Рабочая программа Бахина ЕС.docx, Аннотация Бахина ЕС.docx, СЦЕНАРИЙ на 1 СЕНТ 2022.docx, Литерат.docx, Вариант 1.docx, КТП ПВ 10-11 классы.docx, КТП. Язык 8 класс..docx, КТП. Литер. 8 класс.docx, 60b4b0970bd80.docx, Дизайн современного урока.docx, Анкета-заявление 2022.doc и ещё 102 файл(а).
Показать все связанные файлы
Подборка по базе: 3 урок.docx, Саба_ с_ра_тары _андай ж_йе адам а_засында _анны_ т_йы_ ж_йе бой, №58 Лит.чтения пляцковский 1 урок.docx, 43 урок.docx, Тарих_а дейінгі кезе_дегі адамны_ м_дениеті туралы жазы_ыз.docx, 2 урок.docx, 3 урок.docx, подчинительный союз урок.docx, ата салты окрыт урок.docx, 3 урок.doc
«Болат-г1ала йожар»: Леча, Хвичо
1алашонаш: литературин турпалхочух болу кхетам кхиор; повестехь болчу къовсаман башхаллех кхета дешархошна rlo дар; дешархошна текстаца шайнна болх бан хаар карадерзор; текст талла хаар кхиор.
Хьехаран кепаш: текст юхасхьайийцар; хаттаршца доьзна къамел дар; план х1оттор; юстаран таблица кечъяр, текст талларан кепаш.
Урок д1аяхьар
- Ц1ахь бина болх таллар.
«Болат-г1ала — талорхойн г1ап» темина дешархоша шаьш кечйина материал йовзуьйту.
- Повестан турпалхошна характеристика ялар.
Лечех, Хвичох лаьцна барта дийцар (тобанашца).
Хаттарш | Маь1не дешнаш, цитаташ |
Шина вастан цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а | |
Х1ун ду юкъара дерг Ленин а, Хвичон а? Муха ду церан куц- кеп? Мел хан йолуш ву? Схьавалар. Къов- самехь муха гойту цара шаьш? | Леча а, Хвичо а цхьанахенара ши к1ант; ла- манца бехачу маг1арерчу нахах схьаваьлла; шуьйра белшаш йолуш, онда жима ши стаг; билгал вара майраллица; шиммо а майралла гайтира, талорхошца д1ахьбчу къийсамехь, Болат-г1ала йоккхуш. |
Х1ун билгалдо авторо церан аматашкахь? | Ремана гонаха хьийзаш вара кхиъна вог1у жима ши стат. Цхьаннан берх1итта шо дара,
вукхуьнан вуьрх1итта. Ший а 1аьржа ц1ена бедар юьйхина, когахь буьхьигаш хьала- хьаьвзина маьхьсеш йолуш вара. Шиннан а юкъах кхелина шаьлтанаш яра. |
- Эла волчохь мича кепара гойту шаышпиъ шина к1анта?
-Леча кест-кеста ойланашка волий х1унда хуьлура, х1ун ду цуьнан
сагатдийриг?
- Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а. Оцу 1аморашкахь шина к1ентан муьлха амалш билгалйовлу вайна?
- Х1ун 1алашо ю шина к1ентан? Х1ун некъ бу шина к1анта юьхьар- лаьцнарг?
- Муха гайтина авторо шен къоначу турпалхошна юкъара дотта- г1алла?
- Къоначу шина турпалхочун муьлха амалш ю шуна герга?
- Юьхьарлаьцначу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхо- чушъян к1енташна rlo динарг мила ву?
- Шина кГентан х1ун мах хадор бара аша?
Текста т1ера масалш далош кхочушбо и болх дешархоша.
- Хьехархочун коммен гари.
Леча а, Хвичо а, даиманна а бохург санна, цхьаьна гойту повестехь. И шиъ цхьабарт болуш, вовшашна чу садиллина, вовшийн ч1ог1атерго еш а ву. Цу шина к1ентан ойланаш хьанал ю, 1алашонаш беркате ю. Цушиммо юьхьарлаьцна некъ халкъ парг1атдаккхаран некъ бу. Оцу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян цушинна rlo до воккхачу стага Иагос. Воккха стаг шина к1ентан тсрго chi вара, цо бийцира Ленина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, новкъаваьк- кхира цо и шиъ. Ленин, Хвичон хьуьнарш a, Ниллакх-оьздангалла а кхиарехь мехала бара ши к1ант эла волчохь волуш Иагос церан бина тергам. Шаьш дагалаьцнарг хьекъалца а, кхстамца а дар бахьанехь шайн 1алашоне кхочу Леча а, цуьнан накъостий а. Нахана даккхий зенаш деш болу Болат-г1алара талорхой боха а бой, церан г1ала йожайо Лечас, цуьнан накъосташа. Оцу тасадаларехь шайгара майрал- ла, доьналла гойту шина к1анта. Ялх шо хьалха шеца цхьаьна йийсаре
йигна йолу Кхокха а, кхиболу йийсарш а парг1атбоху Лечас а, цуьнца болчара а.
Халкъ даим а лоллехь латто хала хуьлу. Шена парг1ато йоккхуш, цо эшаво муьлхха а мостаг1. Халчу хенахь халкъана хьалхабовлу дика к1ентий, цара халкъ г1аттадо мостаг1чунна дуьхьал бечу къийсамна. Иштта къовсам халкъ толарца д1а а боьрзу. Халкъана хьалхабевлла- чарах бу Леча, Куьйра, Лоьма, Чала, кхиберш а.
- Урокан жамГаш. Хьехархочун дош.
Гайсултанов 1умара шена хьалхах1иттийна 1алашонаш исторически хиларал сов, эпически а ю. Хьалхалера дахар гайтарца цхьаьна цо гойту халкъан шен паргатонехьа, машарехьа беш болу къийсам а, цу халкъа юкъара схьабевлла, иза зуламечу нахана духьал г1аттош болу к1ентий а.
Цхьана arlop, маьрша нах йийсарбеш, уьш кхечу мехкашкахь д1абухкуш, цунах шайн бахам а бина 1аш болу талорхой, вукху arlop, маьрша беха нах го вайна повестехь.
Гайсултанов 1умара шен повестехь дийцинарг дахарехь хилларг дуй-те? Цу т1ехь буьйцу турпалхой исторически нах буй-те? Мел бакъву яздархо исторически хилларш довзийтарехь? Ма-дарра аьлча, и тайпа талораш дар нислуш хилла ширчу заманахь, амма кхидерг яздархочо ша кхоьллина ду. Коьртаниг цу хенан халкъан дахар ма- дарра гайта яздархочун ницкъкхачар ду. Иза цо говза кхочуш а дина. Повесть йоынучу хенахь вайна хаало цу хенан дахар, цуьнан турпал- хошца цхьаьна вай даха а деха цхьана ханна, и ешна довллалц, вайна уьш беза а ло, царах дог а лозу вайн, эххар а царах дозалла а до вай.
- Рефлекси.
- Щахь кхочушдан дезарг.
1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш дала кечам бар.
Белхан тетрадь, 8-11-Пий Иедахкарш.
30-г1а урок. Повестан исбаьхьаллин башхаллаш
1алашонаш: повестан исбаьхьаллин башхаллаш къастор; текстана анализ ян хаар шардар; патриотически дог-ойла кхиор.
Хьехаран кепаш: дакъош дешар; текст таллар.
Урок д1аяхьар
- Щахь бина болх таллар.
- Муьлха зама ю повестехь юьйцург?
- Муха кхиош хилла кхиазхой цу хенахь?
- Стенга боьлхуш йийсар бира НажаПар?
- Муьлш хилла талорхой, х1ун ницкъаш беш хилла цара маьршачу нахана?
- Мича меттехь йина хилла Болат-г1ала? И тайпа ц!е х1унда тиллина хилла цунна?
- Х1ун 1алашо йолуш йийсар деш хилла маьршачу нахана талор- хоша?
- Муха кхечира Леча гуьржийн махка?
- Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а? Мила хилла царна rlo деш церан 1алашо кхочушъярехь?
- Лечин сагатдийриг х1ун дара? Х1ун ойланаш йора цо?
- Т1аьххьара а х1ун дан сацийра Лечас, Хвичос, хьенан г!оьнца? Хвичона х1унда лиира Лечица цхьаьна вада?
- Х1ун сацам бира Малх-Арарчу бахархоша Куьйра шаып долчу веанчул т!аьхьа?
- Барзас ваийтина геланча т1е муха ийцира юьртарчу наха? Х1ун аьлла вахийтира иза цара юха Болат-г1ала д1а?
- Х1ун кхаъ баьккхира Куьйрас Лечин нене? И кхаъ муха Иеийцира
цо?
- Муха нисло Лечин шен ненаца цхьаьнакхетар?
- Х1ун дара Болат-г1алин гонахарчу бахархойн собар кхачийнарг? Т1аккха х1ун сацам бира цара?
- Муха аьтто белира Чалин, цуьнан накъостийн Болат-г1ала яккха?
- Х1ун бахьана дара Болат-г1ала йожаран?
- Повестан исбаьхьаллин башхаллаш къастор.
‘ 1. Повестехь исбаьхьаллин билгало.
Исбаьхьаллин билгало — иза пейзажан, бахаман, турпалхочун куьцан, цуьнан кьамелан, к!оргтера васт довза, идейх кхета По деш йолу деталь ю.
Д1айоьшур вай НажаИар йийсар деш йолу метгиг. Воккха ши стаг а, Леча а, цунна юххех1оьттина йоьлхуш йогГуш Кхокха а йолуш, и турпалхой д1абигар гайтинчул т!аьхьа, новкъахь зезагаш дуьсу, марПал а лой. Уьш Кхокхас охьакхийсина зезагаш ду. Зезагаш адамийн да-
харехь, 1аламехь сирланиг, хазаниг, исбаьхьаниг шайца дозаделла хуьлуш ду, цара б1аьрг белабо, самукъане во. Ткъа зулам дерриг а ди- качунна дуьхьал ду, цо диканиг, сирланиг дохадо, х1аллакдо. Кхузахь марг1алделлачу зезагаша кхин а ч1аг1до талорхоша дина зулам.
- Схьалаха повестехь турпалхойн, персонажийн амал к1орггера йовзийта rlo деш долу исбаьхьаллин билгалонийн масалш.
- Дахаран-1еран билгалонаш схьалаха. Х1ун г1уллакх кхочушдо цара повестехь?
- Повестехь пейзажо д1алоцу меттиг.
Пейзаж бохург х1ун ду дагалаций вай? Х1ун г1уллакх кхочушдо цо произведенехь?
- Стенна т1е тидам бохуьйту авторо 1аламан сурт х1оттош? (Адамийн дахарца цхьаьнадоНуш ду уьш: адамо ког ловзаза луьста хьун, б1ешерийн даккхий дитташ, новкъахь хьаяьлла буц, хьаннашкахь дебна акхарой. Цара гойту адамийн дахар маьрша цахилар, церан бахар-бах- кар к1езиг нислуш хилар, зама маьрша йоцу дела.)
НажаНар новкъа схьабоНуш лаха чохь г1овг1анца дог1у ламанан шийла хи гайтина повестехь. Иза, лаьмнаша юкъа1аьвдинчуьра а даьлла, кхечу даккхийчу хинех дакхета сихделла доьдуш ду. Повестан коьртачу идейца муха дозаделла ду, шуна хетарехь, xlapa пейзажан сурт?
- Исбаьхьаллин-суртхотторан Иирсаш.
- Повестехь йолчу тропийн масалш даладе. Къастаде, х1ун Пуллакх кхочушдо цара. (Тропаш дукхахилар билгалдоккхур вай: эпитеташ, дустарш, метафораш, олицетворенеш, гиперболаш.)
- Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцар бахьана долуш кхолладелла авторе иштта исторически бакъдолу къегина сурт? (Уггар хьалха хьалдолчу нохчийн маттах шуьйра пайдаэцар бахьана долуш.)
- 1аламан суьрташ цухенарчу дахарца дог1уш дуй, шуна хетарехь? Делахь, масалшца бакъде шайна хетарг.
- Талорхойн вастх1оттор. Повестехь дуьхь-дуьхьал xlorrop.
- Муха гайтина талорхой повестехь? (Уьш юьхьанца маьршачу нахана т1ехь олалла деш, нуьцкъала нах а, говза Немалой а санна гайтина. Болат-г1ала а маьршачу наха х!илланца йоккху.)
- Меттан муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан Нирсех пайда эцна авторо талорхойн, маьршачу нехан тасадаларехь Болат-г1ала йоккхуш? (Дустарш, инверсеш, эпитеташ.) (Шайна гечдийр доцийла хууш дера
летара талорхой. Амма царна духьалбевлларш а бацара юхабовла дагахь. Дукха сатийсинера цара xlapa де Некхачаре. Буьйлабелира уьш вовшийн ата.)
- Повестан исбаьхьаллин башхаллаш.
- Повестан сюжет муха ю? Х1ун ду цуьнан бухехь дерг?
- Повестан сюжетни д1ах1оттаман коьрта дакъош билгалдаха. (Иолор, хиламан кхиар, кульминаци, ерзор.)
- Шуна хетарехь, х1ун Пуллакх кхочушдо произведении д1ах1от- тамехь хиламаша: НажаНарах йийсарш бар; Болат-Наларчу бахархойн дахар; Леча гуьржийн махкахь; ловзар.
- Шуна хетарехь, х1ун ду Гайсултановн повесть халкъан барта кхол- лараллина гергаялориг? Шайн жоп текста т1ера масалшца т1еч1аг(де.
- Тидам бе Барзин къамелан. Говза хаьржинчу лексикин Ноьнца авторо цуьнан кГоршаме хилар, адамашка цавашарца хьежар муха гайтина тидам бе. И оьНазе, оьздавоцу стаг санна гойтий цуьнан къа- мело? Шайна хетарг т1еч1аг1де текста т1ерачу масалшца.
- Повестехь Иебазбелла бала, г1айг1а, сингаттам хаало. Мича кепара кхочушдаделла иза авторе? Схьалаха цу т1ера и тайпа масалш.
-Повестехь исторически бакъдолчуьнца доНург схьалаха. «Болат- г1ала йожар» исторически повесть хилар муха т1ечаг1до оцу масалша?
Белхан тетрадь, 12-14-г1ий т1едахкарш.
- Рефлекси.
- Ц1ахь кхочушдан дезарг.
Дешаран проект кечъяр.
Проект. Презентаци кечъе «Болат-Нала йожар» — исторически повесть».
31-г1а урок. Гайсултанов 1умар. «Болат-г1ала йожар»
Къамел кхиоран урок.
Урокан 1алашо: ц1ахь язъечу сочиненина кечам бар.
Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; плана т1ехь болх бар.
Урок д1аяхьар
- Ц1ахь бина болх таллар.
Проект кхочушъяр. Дешархоша йовзуьйту шаьш кечйина материал.
- Хьехархочун дош.
Аша ц1ахь язъян езачу сочиненина кечам бан хьовсур ду вай тахана. Литературин темина сочинени язъян атта дац. И язъярхьама, произведени дика евзаш хила еза, бовза беза цуьнан турпалхой, хаа еза церан амалш и. д. кх. а. Уггар хьалха билгалъян еза язъечу сочинении тема. Цул таьхьа план х1оттайо. План xlorrop — иза гулйина материал цхьана кепа тохаран цхьа дакъа бен дац. План xIottoui шуна хаа деза 1амийна материал цхьана ойлане ерзо, стенна т1ера д1адоло а, чекхдаккха а деза.
- Сочинении теманаш йийцаре яр, плана т1ехь болх бар.
Герггара теманаш:
«Повестехь бакъдерг, яздархочо ша кхоьллинарг»;
«Леча а, Хвичо а — повестан коьрта турпалхой»;
«Болат-г1ала йожаран бахьана»;
«Повестехь талорхой, маьрша нах»;
«Болат-г1ала йожар».
- ра мур. Тема ястар: тема хаттаран предложенига ерзор.
(Х1ун башхалла ю Ленина, Хвичона юкъахь?)
- г1а мур. Хаттарна жоп караде.
Тера дерг. Къаьстарг.
- rIa мур. Материал харжар. Xlopa пунктана билггал хилам схьалаха текстера.
- г1а мур. Сочиненина план xlorrop.
- Леча а, Хвичо а — повестан коьрта турпалхой.
- Коьрта дакъа (хьажа 2-чу муьре).
3. Жам1. Сан турпалхошка болу хьежам я «Болат-г1ала йожар» темина план xlorrop.
Иза кху кепара дТадахьа тарло:
|
Талорхой а, цара маьршачу нахана бен ницкъаш а.
Нажаг1ар йийсарбар. Талорхоша дагалаьцнарг. |
|
Нохчи Лечий, гуьржи Хвичой талорхоша вацор.
Лечина вина юьрт дагахьлаттар. Маьрша нах талорхошна Лелата кеч- балар. Талорхошна т!ехь толам баккхар. |
Юста xlapa ши план. Аьтту arlop ялийначу плано повестехь хуьлуш дерг хьалха-Наьхьа д1анисдина хилар бен ца гойту, ткъа аьрру arlop ялийначо оцу повестан идейни маьна гучудоккху. Цундела кхунах пайда эца беза сочинени язъеш.
Планан xlopa пунктана масалш лохуш болх бар.
- Щахь кхочушдан дезарг.
Сочиненина белхан материал кечъяр.
32-г1а урок. Гайсултанов 1умаран «Болат-г1ала йожар» повестан буха т1ехь сочинени язъяр
1алашонаш: шена хетарг ала а, йозанехь т1еч1аг1дан а хаар кхиор.
Хьехаран кепаш: сочинени язъяр.
Урок д1аяхьар
- Хьехархочун дош.
(Тема харжарехь, план х1отторехь, сочинени язъяран хьокъехь консультаци.)
- Сочинени язъяр, белхан материалаш, текст кхачаме ялор.
- Щахь кхочушдан дезарг.
Гайсултанов 1умаран «Алдара имам Ушурма» дакъа дешар.
ЗЗ—rIa урок. Классал арахьара дешар. Гайсултанов 1умар.
«Алдара имам Ушурма»
1алашонаш: дешархойн ешаран го шорбар; Гайсултанов 1умаран прозех болу кхетам шорбар; ша ешначу литературин произведенех лаьцна шена хетарг яздан хаар кхиор.
Хьехаран кепаш: хьехархочун дош; комментари а еш, къастош ешар; юхасхьайийцар; текстана анализ яран кепаш.
Урок д1аяхьар
- Хьехарахочун дош.
Дешархоша язйинчу сочиненех лаьцна дийцар, церан дика а, ледара а агГонаш билгал а йохуш. Тоьлла сочиненеш ешар.
Тахана вай дуьйцур ду Гайсултанов 1умаран кхин а цхьана про- изведенех лаьцна, вуынта аьлча, цуьнан цхьана декьах лаьцна. Оцу декъа т1ехь вуьйцург ву г1араваьлла шайх Мансур.
- «Алдара имам Ушурма» дакъа къастош дешар.
Тобанашка а, х1оранга шегга а болх байта хаттарш:
- Х1ун г1уллакх кхочушдан хьажийна вара Кавказе Павел Потемкин?
- Х1ун дара Кавказерчу эскаран коьрта командующи ойлане ва- хийтинарг ? Х1ун дара Екатерина паччахьан къайлахчу канцелярера даийтинчу кехат т1ехь Мансурах лаьцна?
- Шайх Мансур «акха нохчи» цахилар стенна т1ехь гучуделира?
- Мича 1алашонца б1о вовшахтухуш хилла шайх Мансура?
- Полковник Пьерин отряд хГаллакьян аьтто муха белира Мансу- ран?
- Х1ун дара, отряд х1аллакьхиларал сов, Потемкинан сагатдийриг, и кхоьрург?
- Х1унда тарвелира царна йийсарх шайх Мансур?
- Маца, муха гучуделира лаьцнарг шайх Мансур воций?
- Декъан матта т1ехь болх бар.
Схьалаха цу т1ера кхета хала долу дешнаш, схьаязде уьш.
Дийца, х1ун гучудолу вайна декъан персонажех лаьцна диалогаш- кахь. (Иийсар динчо къамел, сихвелла, хьаькаме ша и дуьйцуш хиларе терра до и. д. кх. а.)
- Юкъара маь1на даран хатттарш.
- Х1ун зама ю декъа т1ехь юьйцург?
- Х1ун бахьана ду шайх Мансура оьрсийн паччахьан эскарна духьал къийсам латторан?
- Муха политик а, Немало а ву шайх Мансур? Даладе декъа т1ера масалш.
- Рефлекси.
- Ц1ахь кхочушдан дезарг.
Айдамиров Абузаран биографи ешар, цуьнан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш кечбар.
Арсанукаев Iабдулла
Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш леррина берашна, кегийрхошна язъечу яздархойх хьалхарниг вара иза. ХХ бIешеран 50–80 шерашкахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь кест-кестта арайовлура яздархочун произведенеш.
Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана жимчу Iумарна дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара.
Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделении. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.
Гайсултанов Iумар яздан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-га шераш юккъе даханчу хенахь. Шен дуьххьрлерчу произведениийн рукописаш цо еша луш хилла лингвист, литературовед волчу Мальсагов Дошлукога. ХIетахь Киргизски университетан оьрсийн меттан кафедрин доцент хилла Мальсагов Дошлуко. Лаккхара говзалла йолу Iилманча Мальсагов Дошлуко, вай цIадирзинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан унивеситетехь профессор вара. Цо гIо дина волалуш волчу яздархочунна литературин болх караберзорехь. Гайсултанов Iумара цунна баркалла аларца хьахайора и хан.
Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар” араяьлла 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Шен цIарах книга йолу повесть а, дийцарш а ду цу тIехь зорбатоьхна. Шира хенахьлерчу нохчийн дахарера гуллакхаш ду “Болат-ГIала йожар” повестан чулацамехь. Дика тIеийцира книгашъешархоша Гайсултанов Iумаран хьалхара книга. Яздархочун кхиам лерира иза критико а.
Нохчийн халкъан барта кхоллараллин буха тIехь язйина хеталуш ю «Болат-ГIала йожар» повесть. Халкъан дукха хьалха хиллачу дахарх долчу барта дийцарех пайдаоьцуш язйина ю иза. Шен повесть тIехь автора гайтина хьалхалерчу заманахь, ширачу хенахь хилла вайнехан дахар, хIетахь адамийн хилла юкъаметтигаш, гIиллакх-амалш, церан Iер-дахарехь Iитталуш хилла гIуллакхаш. Цу тIехь билгалдолу, муха хилла хьалхалерчу заманахь маьршачу адамийн дахар, хIун халонаш лайна цара, муьлш хилла церан доттагIий а, мостагIий а. Яздархочунна оцу хенахьлерчу адамийн гIиллакх-амалш а, дахар а довзарехь гIо дина халкъан барта кхолларалла евзаш хиларо, ширачу дийцарех пайдаэцаро. Повесть йоьшуш вайна го нуьцкъалчу адамийн васташ, паргIатчу дахарехьа къийсам латточу халкъан доьналла, вайна девза тайп-тайпанчу къаьмнех болчу дикачу кIентийн вовшашца долу тешаме доттагIалла, цхьабарт болуш гIевттинчу маьршачу наха шайн мостагIий эшош хиларан хьелаш.
Яздархочо леррина гойту повестан турпалхой, церан гIиллакхаш, духар, лелар: Iаьржачу кхакханан месала куйнаш, логе кхаччалц долу ветанаш дIа а доьхкина йолу цIахь дечу кIадинах тегна гIовталш, пезагаш тIехула кога юьйхина, кIеда ча чу а диллина, наьIаран мачаш, гIовталшна тIехула дихкинчу доьхкарех кхозуш еха шаьлтанаш. Иштта духар а дуьйхина волу воккха ши стаг Нажий, Цицкий кхайкхина луларчу юьрта воьдуш ву. Шайн уггаре кегийчарах цхьацца бер Лечий, Кхокхий а ду цу шиммо шайца дуьгуш. Дуьне хаздеш, Iалам самадоккхуш йогIуш йолчу бIаьстенан дезде тIекхачарна, иза даздеш дакъалаца хьошалгIа кхайкхина воьдуш ву воккха ши стаг. Повесть тIехь къеггина гайтина оцу ширачу заманахь дезде тIедеача, я цхьа вон-дика Iоттаделча, адамаша беш хилла лерамаш.
Талорхоша, тешнабехкаца тIехьашха тIелетта, воккха ши стаг Нажий, Цицкий охьа а тоьхна, куьйгаш дихкина йийсардира. Изза дира Нажин кIантана Лечина а. «Буьрсачу лаьмнашкарчу буьрсачу Болат-ГIала дIадигира талорхоша йийсарш». ГIалин дайша-талорхоша, шайна къар ца велча, Нажий, Цицкий кIоргачу Iин чу кхоьссина, Леча Гуьржех а вигина воьхкина. Юьхьанца гуьржийн цхьана элан жа дажош хилла Леча, цул тIаьхьа реми тIе хIоттийна. Цигахь ялх шо доккхуш, ша санна болчарна юккъехь накъостий а карийна, мелла а дуьне, адам а девзаш, лата а Iемаш, анддаваьлла Леча. Леча а, цуьнан накъост гуьржи Хвичо а, даим бохург санна, цхьаьна гойту повесть тIехь. И шиъ цхьабарт болуш, вовшашна чу садиллина, вовшийн чIогIа терго еш хилар гайтина яздархочо. Цу шиннан ойланаш хьанал ю, Iалашонаш беркате ю. Оцу некъа тIехь чIагIвала, шайн Iалашонаш кхочушъян цу шинна гIо до воккхачу стага Иагос. Иаго шина кIентан терго еш хилл, цо бийцина Лечина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, вада аьтто а баьккхина, ваккха ма-веззара новкъа ваьккхира Иагос ши кIант. Лечин а, Хвичон а хьуьнарш кхиарехь, цу шиннийн гIиллакх-оьздангалла кхиарехь мехала хилла, ши кIант эла волчохь волуш, Иагос церан бина тергам.
Лечас чIагIо йинера Болат-Галарчу талорхошца тIом латто. Кхуьнан юьртахоша а сацам бинера: «дийнахь а, буса а саццаза, бохийна дIабаххалц, Болат-ГIаларчаьрца тIом латто, церан бен, лаьттина меттиг ца юьтуш, бохийна дIабаккха». Болат-ГIалара талорхой тIаьхьа-тIаьхьа нахана даккхий зенаш деш чIогIа зуламе бевллера, уьш боха а бина, церан гIала йожийча бен адамаш паргIат дехар дацара. Лечас а, цуьнан накъосташа а воккхачу стеган Чалин куьйгаллица говза а, майра а тIелатарца паргIат бехира йийсарехь латтийнарш, эшийра талорхой, йожийра церан туш хилла лаьттина Болат-ГIала.
ЦIеначу маттаца, исбаьхьаллин сурт хIоттош, язйина ю повесть. Талорхоша йийсар а дина, «хьалхаваьлла куьйгаш дихкина воккха ши стаг а, юххе хIоьттина йоьлхуш йогIуш Кхокха а йолуш», и турпалхой дIабигар гайтинчул тIаьхьа, автора боху: «Новкъахь Кхокхас даьхна зезагаш охьакхиссинчохь дисира, маргIал а делла». Зезагаш адамийн дахарехь а, Iаламехь а сирланиг, хазаниг, исбаьхьниг шайца дозаделла хуьлуш ду, цара бIаьрг белабо, самукъане во. Ткъа зулам дикачунна дуьхьал ду, цо диканиг, сирланиг дохадо, хIаллакдо. Кхузахь маргIалделла зезагаш ша-тайпа метафора ю, цо кхин а чIагIдеш санна хетало талорхоша дина долу зулам. Иштта меттигаш алссам а ю повесть тIехь.
Шайн маьIна ду повесть тIехь Iаламан суртий а. Йоккхачу исбаьхьаллица кхоьллина долу и буьрса Iаламан сурташ а хьалхалерчу хенахь хиллачу адамийн буьрсачу дахарца цхьаьнадогIуш ду.
Маьршачу халкъо Iазап ца лов, цо шена паргIато йоккху, цо эшабо муьлхха а мостагIий. Халчу хенахь халкъана хьалха бовлу дика кIентий, цара халкъ вовшахтуху паргIатонехьа болчу къийсамна, толаме кхачадо. Иштта ду «Болат-ГIала йожар» повестан коьрта маьIна.
1960 шарахь араяьлла яздархочун шолгIа книга “Кавказан лаьмнашкахь”. Дийцарш дара цу тIехь зорбатоьхна. Кхин ши шо даьлча зорбатоьхна “Сема лергаш” цIе йолу дийцарийн книга. Царна тIаьххье араевлла керла книгаш “Къийсаман новкъахь” (1963), “Керлачу дахаре”(1964), “Тешаме доттагI” (1965). Оцу произведенийн коьрта тема берийн, кегийрхойн дахар дара, церан уьйраш, лехамаш бу авторан тидамехь. Шен турпалхойн ойланаш, гIиллакхаш, гуллакхаш говза гайтина яздархочо, берийн психологица догIуш ду цо кхоьллина исбаьхьаллин васташ, сурташ. Гайсултанов Iумара и книгаш берашна, кегийрхошна лерина ю. Иза нохчийн литературехь керла дара. Яздархочо шен ерриге кхолларалла берашна лерина хилар къоман литературехь даьржина дацара, оцу гIуллакхехь Гайсултанов Iумар хьалхарниг ву.
Москвахь «Детская литература» издательствехь 1965 шарахь арахоьцу оьрсийн матте а яьккхина «Iаьрби» це йолу повесть. Украинийн маттахь а араяьлла «Iаьрби» повесть. Цул таьхьа, Соьлжа-ГIалахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь зорбатоьхна «Массарна а боьлийла малх» повесть а. Нальчикехь 1969 шарахь берийн литературин хьокъехь хиллачу совещанехь Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу шерашкахь берашна арахецначу произведенешна юкъахь тоьллачех лерина Гайсултанов Iумаран «Массарна а боьлийла малх». Молдаванийн маттахь а арахецна и повесть.
Масех басня а ю Гайсултанов Iумаран кхоллараллехь. Царах ю «Барзо амал ца хуьйцу», «Кхо стуй, борззий» цIерш йолу баснеш. Дукха хьолахь баснешкахь, уьш дIайолалуш я чекхйолуш даладой авторера дешнаш хуьлу. Оцу дешнашкахь къеггина билгалдолу баснин коьрта маьIна. Амма и коьрта маьIна шайца гучудолу авторан дешнаш доцуш а хуьлу баснеш. Ишттачарах ю «Кхо стуй, борзий» басня. Оцу тайпанчу баснин маьIна а, цо луш болу кхетам а цуьнан чулацамца билгалболу. Борз басни тIехь мекарло йолуш гайтина, цо шен ямартан Iалашо мекарлонца кхочушйо. Барт болуш цхьаьна болчу кхаа старна дуьхьал ца ялало борз, цундела барт бохийна цхьацца а дохий, хIаллакдо цо стерчий. Вовшашна юкъара барт боьхча, хIаллакхилира кхоь а сту. Юьхьанца кхаа стеран цхьабарт болчу хенахь царна цуьрриг а кхераме яцара борз. Гуттара уьш бертахь хиллехьара, вовшийн лардеш, Iалашдеш, берзан эладитане ла а ца доьгIуш леллехьара хIаллакьхир дацара. Авторан шегара жамI дар доцуш, баснин текстехь гучудолу маьIна.
Нохчийн Республикин тайнигин театрехь еххачу хенахь кхиамца х1иттийна яздархочун пьесаш «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа».
Гайсултанов Iумаран «Малика», «Мила ву хьо?» повесташ яздархочун кхоллараллехь керла агIо яра. “Малика” повестан коьрта турпалхо – нохчийн къона зуда Малика библиотекарь йолчуьра дIа а яьлла, юьртабахаме балха йоьду. Къинхьегамехь, юкъараллин дахарехь дакъалацаран Iалашо ю цуьнан. Шен нийсархошца цхьаьна юьртабахам дебош ю иза. ХIайттараллица вовшахтуху Маликас шен звенон болх, кхечаьрца йоьхье бевлича, толам боккху цуьнан звенон декъашхоша.
Малика къинхьегамехь гайтарца цхьаьна цуьнан синхаамаш, безам, ойла гайтина яздархочо. Маликин оьзда васт цуьнан хьаналчу къинхьегамехь, цуьнан адамашца йолчу дог-ойланца, цо шена хьалха хIиттош йолу Iалашонаш гайтарца, уьш кхочушъярехь цо дечу гIуллакхашца билгалдаьккхина автора.
Повестан персонажех хIора а шен сибат-аматца, кхечарах къаьсташ йолчу амалца, шен меттан башхаллашца вовшех къаьсташ ю.
Шен хенахьлерчу юьртабахаман проблематика ю яздархочо “Малика” повестехь къастийнарг.
«Мила ву хьо?» шина книгех лаьтташ йоккха повесть ю. Кегийчу нехан васташ кхоьллина яздархочо, церан дахаран Iалашонаш, лехамаш гайтина. Замано дахьаш долу керланиг, беркатениг чIагIдеш, новкъарло еш долчуьнца къийсам латтош кхуьуш бу кегийрхой.
1974 шарахь зорбанера араяьлла Гайсултанов Iумара исторехь хиллачийн буха тIехь язйина повесть “Александр Чеченский”. Исторически тема ойу автора шен керлачу произведенехь. Паччахьан Iедало колониальни Iалашонаш кхочушъеш Кавказехь тIом латтийначу хенахь а оьрсийн прогрессивни нехан нохчашца хилла беркате юкъаметтигаш гойту автора шен повестехь. А. С. Пушкина бовхачу безамца вийцинчу Николай Раевскийс тIе а лаьцна, кхиийначу нохчочун Александр Чеченскийн кхоллам гойтуш ю повесть. Нохчийчуьра тIеман алонгара дIавигина кIант Н. Раевскийн доьзалехь кхиъна. Московски университет чекх а яьккхина, лакхара образовани а, культура а йолуш волчу Александр Чеченскийс шен хенан тIеман говзалла караерзийра. Инарла-маойра чине кхечира иза. ТIамехь тIехмайралла, хьуьнарш гайтарна коьртакомандующий М. И. Кутузов а лерам болуш хилла Александр Чеченскийга. Оьрсийн поэт а, тIемало а волчу Денис Давыдовс а дуккха а диканиг яздина шеца партизански отрядехь хиллачу Александр Чеченскийх лаьцна.
Дуккха а исторически хиламаш чулоцуш ю повесть. Уьш авторна эшна шен турпалхочун дахар а, цуьнан амал кхиаран хьелаш а кIорггера довзийтархьама.
БерхIитталгIачу бIешеран шолгIа эхе юкъал тIехъяьллачу хенахь Алдара Ушурма коьртехь а волуш нохчийн а, Къилбаседа Кавказан кхидолу къаьмнаш а паччахьан эскаршна дуьхьал шайн паргIато ларъеш гIовттар гойтуш дIайолало повесть. Говзачу исбаьхьаллин кепехь гайтина произведени тIехь и исторически бакъдерш. Повестан композици чолхе а йоцуш, турпалхойн васташ дика гойтуш а, автора идея къеггина билгалйоккхуш а ю. Кавказера, Россехара я Францера хиламаш буьйцуш а бакъдолчунна тIера ца волу автор. Произведени тIехь ша гойтуш долу гIуллакхаш яздархочо кIорггера теллина хилар хаало книга йоьшуш. Халкъан патриотизм, майралла билгалйолучу сурташца, говза кхоьллинчу исбаьхьаллин васташкахь гайтина 1812–1814 шерашкахьлерчу Даймехкан тIамехь оьрсийн халкъо Наполеонан эскарш эша а дина, Даймохк паргIатбаккхар. Оцу тIамехь къаьсттина билгалдевлла долу Александ Чеченскийн бIаьхочун хьуьнарш хьакъдоллучу исбаьхьаллин басаршца гучудаьхна яздархочо. Амма цо тоам ца бина шен турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш дийцарх, цуьнан васт дуьззина кхоьллина автора. Повестехь вайна гайтина Александр Чеченскийн ойланаш, цуьнан цIена безам, йовха доттагIаллин уьйраш, даймахкана, халкъана иза хьанал хилар. Ша вина меттиг, дай баьхна мохк – Нохчийчоь дагаеъча, цуьнан дог дуткъадалар хаало вайна. И дерриге а яздархочо кхочушдина дагах хьакхалуш долчу исбаьхьаллин васташца, сурташца. Говза язйинчу произведенин билгалонаш ю уьш.
Повестан хиламаш 1816 шарца чекхбовлу, амма эпилогехь автора хаийтина шен турпалхочун кхидIа хиллачу дахарх дерг а.
Нохчийн исторически прозехь дикачарах ю “Александр Чеченский” повесть. Кхоллараллин таронаш яккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Яздархочун кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиарехь мехала яра. Цуьнан произведенеш хIинца а школашкахь, вузашкахь Iамош ю.
Гайсултанов Iумар кхелхина 1980 шеран 1-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь.
Гайсултанов Iумаран произведенеш
НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Болат-гIала йожар. Повесть, дийцарш. Грозный, 1959.
Кавказан лаьмнашкахь. Дийцарш. Грозный, 1960.
Сема лергаш. Дийцарш. грозный, 1962.
Къийсаман новкъахь. Повесть. Грозный, 1963.
Керлачу дахаре. Повесть. Грозный, 1964.
Тешаме доттагI. Дийцарш. Грозный, 1965.
Малика. Повесть. Грозный, 1966.
Массарна а боьлийла малх. Повесть. Грозный, 1967.
Болат-ГIала йожар. Повесть// Орга. «Орга» журналан библиотека. 2003. № 4 (5).
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Арби. Повесть. М., 1965.
Пусть солнце смеется всем. Повесть. Грозный, 1968.
Избранное. Александр Чеченский. Повесть. М., 2009.
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Опубликовано 12.06.2017 по предмету Литература от Гость
>> <<
Ответ оставил Гость
Сколько слов примерно нужно?
Оцени ответ
Найти другие ответы
Загрузить картинку
7 класс. лит-ра. 2 четверть.
Урокан ц1е: Гайсултанов 1. «Болат-г1ала йожар».Талорхойн йийсарш.
1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш.
2.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
3.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш, т1едахкарш.
1.Муьлха зама ю повестехь юьйцуш ерг?
2.Стенга боьлхуш хилла Нажаг1ар? Новкъахь х1ун тешнабехк бира царна талорхоша?
3. Муьлш хилла талорхой, х1ун ницкъаш беш хилла цара маьршачу нахана?
4. Мича меттехь хилла Болат-г1ала? И тайпа ц1е х1унда тиллина хилла цунна?
5. Х1ун 1алашо йолуш йийсар деш хилла маьршачу нахана талорхоша?
6. Талорхойн баьчча Барза муха стаг ву?
7. Шаьш йийсаре лоьцуш Нажаг1ара муха гайтира шаьш?
4. Т1едиллар.
Лечин а, Кхокхин а къамел д1аязде.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 52-60 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Гайсултанов 1. «Болат-г1ала йожар». Лечин сацам.
1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Гуьржийн махка муха кхечира Лема?
2. Лечий, гуьржи Хвичой хьан вацош хилла, реми т1е а х1оттийна?
3. Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара Леча а, Хвичо а? Мила хилла царна г1о деш церан 1алашо кхочушъярехь?
4. Лечин сагатдийриг х1ун дара, х1ун ойланаш йора цо?
5. Т1аьххьара а х1ун дан сацийра Лечас а, Хвичос а, хьенан г1оьнца? Хвичона х1унда лиира Лечица цхьаьна вада?
4. Т1едиллар.
Юха а деша Лечина ша вина юрт а, нана а дагаярах лаьцна долу мог1анаш.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 61-76 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Гайсултанов 1. «Болат-г1ала йожар». Нене кхаьчна кхаъ.
1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Куьйра Малх-Аре кхачаран бахьана дийца.
2.Х1ун сацам бира Малх-Арарчу бахархоша Куьйра шаьш долчу веанчул т1аьхьа?
3. Барзас ваийтина геланча т1е муха ийцира юьртарчу наха? Х1ун аьлла вахийтира иза цара юха Болат – г1ала д1а?
4. Х1ун кхаъ баьккхира Куьйрас Лечин нене? И кхаъ муха т1еийцира цо?
4. Т1едиллар.
Барта дийца, Лечий, цуьнан наний вовшахкхетарх лаций. Текст т1ера и мог1анаш, схьа а лахий, юха д1адеша.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 76-85 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Гайсултанов 1. «Болат-г1ала йожар». Болат-г1алахь ловзар.
1алашо: Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар. Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Повестехь ширачу заманахь вайнеха хиллачу дахарх лаьцна дийцар.
2.Маьршачу наха талорхошна дуьхьала латтийна къийсам. Мехкан парг1ато къуьйсучохь адамашна юккъехь барт а, доттаг1алла а хиларо кхиамашка кхачор. Повестан коьрта турпалхой а, васташ а. Цуьнан маь1на. Произведенин халкъан барта кхоллараллица йолу уьйр. Меттан башхаллаш.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Болат-г1алин гонахарчу бахархойн собар кхачийнарг х1ун дара? Т1аккха х1ун сацам бира цара?
2. Муха аьтто белира Чалин Болат-г1ала яккха?
3. Говзачу х1иллано х1ун кхоьллира талорхошна юккъехь?
4. Х1ун ловзар дара Болат-г1алахь? Кхокхин маьрша ялар муха хилира?
5. Дийца, муха яьккхира арара т1елеттачарий, чохь г1евттинчу йийсарший Болат-г1ала?
6. Болат-г1ала йожаран х1ун бахьана дара?
7. Муха хийти шуна х1ара повесть? Х1ун ойла кхоллаялийти х1окхо шун?
4. Урокан жам1 дар.
5. Ц1ахь: аг1о 85-90 еша, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Сочинени «Болат-г1ала йожар»
1алашо:
Урокан ц1е: Кусаев 1. «Б1аьвнаш».
1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Малхо а, мохо а дог1маш огуш, пхерчий, х1оьънаш т1улгех леташ, мостаг1чо къиза лараш т1ехь юьтуш б1ешерашкахь г1аролехь лаьттина шира б1аьвнаш, царех поэта дозалла дар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Малхо а, мохо а дог1маш огуш, пхерчий, х1оьънаш т1улгех леташ, мостаг1чо къиза лараш т1ехь юьтуш б1ешерашкахь г1аролехь лаьттина шира б1аьвнаш, царех поэта дозалла дар. Хийла гина йолу б1аьвнаш: Чингисханан эскаран тулг1енаш, Астаг1чу Тимаран къиза б1о, б1ешерашкахь ламанхоша лехна ирсе дахар – вайн къоман историн тешаш хилла д1ах1иттар. Стихотворенин мотт, поэтан айаме дог- ойла.
3. Дешархошка хаттарш.
1.Муха хийти шуна х1ара стихотворени? Х1ун ойла кхоллаялийти цо шун?
2. Адамийн дахарехь х1ун меттиг д1алоцуш хилла оцу б1аьвнаша?
3.Вайн махкара б1аьвнаш вайн къоман историца йоьзна хилар стен гойту?
4.Поэта б1аьвнаш дийна йолуш санна гайтаран х1ун бахьана ду аьлла хета шуна?
5. Поэтана б1аьвнаш хьоме а, царах цуьнан дог лозуш а хилар стенах хаало вайна?
4. Т1едиллар.
Баккхийчу наха дуьйцуш шайна хезна б1аьвнех долу дийцар д1аязде.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 94-95 стих.дагахь 1амае, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Ошаев Х. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»
1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш.
2.Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Европехь фашизмана дуьхьал бинчу т1амехь майрачу иччархочо шегара гайтина доьналла а, къоналла а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Маца, мичахь вина очеркан турпалхо?
2. Дайн, вежарийн доьналлин г1уллакхаша х1ун 1аткъам бина жимачу Абухьаьжина?
3. Муха хилла цуьнан бераллин дахар?
4. Маца д1адуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1аьхаллин г1уллакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?
5. Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран х1ун бахьана ду?
4. Урокан жам1 дар.
5. Ц1ахь: аг1о 98-107, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Ошаев Х. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»
1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш. Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш.
2.Очеркехь турпалхочун Идрисов Абухьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш, хьуьнарш довзийтар а. Европехь фашизмана дуьхьал бинчу т1амехь майрачу иччархочо шегара гайтина доьналла а, къоналла а. Иза яхь йолуш а, оьзда а хилар гайтар.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Маца д1адуьйладелла Идрисов Абухьаьжин б1аьхаллин г1уллакхаш? Муьлхачу меттигашкахь бина цо т1емаш?
2. Идрисов Абухьаьжа массарна а дукхавезаран х1ун бахьана ду?
3.Муха хилира Абухьаьжех снайпер?
4. Абухьаьжа тидам болуш, х1уманна духе кхуьуш снайпер хилар стен т1ехь гучудолу?
5. Шегара х1ун тайпа хьуьнарш гайтина т1еман шерашкахь Идрисов Абухьаьжас? Пачхьалкхо х1ун совг1аташ делла цунна?
4. Т1едиллар.
Текст т1ера масалш а далош, Абухьаьжин снайперски балхах лаций дийца.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 107-113, хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Классал арахьара дешар.
Урокан ц1е: Дикаев М. «Нохчо ву со».
1алашо: Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Поэтан шен Даймахках а, ша схьаваьллачу халкъах а дозалла даран ойла а,патриотически синхаам а гойтуш стихотворенехь дека айаме аз.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1. Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар.
2.Поэтан шен Даймахках а, ша схьаваьллачу халкъах а дозалла даран ойла а,патриотически синхаам а гойтуш стихотворенехь дека айаме аз.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Стенах дозалла до стихотворенин лирически турпалхочо?
2. Поэтан Даймахке болу безам муха билгалбо стихотворенехь?
3. Мила ву лирически турпалхочо, къа ца хеташ, шех д1ахервеш верг?
4. Хьешаца а, мостаг1чуьнца а муха хила веза боху поэта?
5. Поэта герга дерг а, цо коьрта лоруш дерг а х1ун ду?
6. Къаьмнийн доттаг1аллех лаьцна муха яздо поэта?
7. Даймохк, халкъ, маршо мел герга ду поэтана?
8. Х1ун ойла кхоллало шун х1ара стихотворени ешча?
9. Шуна хетарехь, муха хила веза вуьззина к1ант, оьзда йо1? Мила лара мегар ду вуьззина нохчо?
4. Т1едиллар.
Дагахь 1амае стихотворени.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о117-118 дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Мамакаев М. «Даймехкан косташ»
1алашо: Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш. Стихотворенехь Даймахках лаьцна йолу ойланаш а, лехамаш а. Дика г1иллакхаш лардар, да-нана дезар, барт хилар лахар яздархочо коьртачех ларар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
Стихотворенехь Даймахках лаьцна йолу ойланаш а, лехамаш а. Дика г1иллакхаш лардар, да-нана дезар, барт хилар лахар яздархочо коьртачех ларар. Халонаш т1екхаьчча, оьздангаллех, стогаллех ца вохар. Ненан сибат Даймахкаца нисдеш, даздар.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Х1ун г1иллакхаш ду поэта, шен дагна дезаш ду бохуш, дуьйцурш? Уьш иштта мехала х1унда лору цо?
2.Ден, ненан сий муха лара деза боху поэта?
3. Поэта ша арадаьккхина г1уллакх Даймехкан декхар х1унда лору?
4. Стенна орцах ваьлла поэт?
5. Даймехкан сий муха лору поэта?
6. Хало т1ех1оьттича, муха гайта веза ша стага?
7. Стихотворенин коьрта маь1на муха ду?
8. Шуна муха хета, «Даймехкан косташ» аьлла ц1е х1унда тиллина поэта стихотворенина?
9. Даймехкан косташ кхочушдарехь х1ун дан деза вайх х1ораммо а?
4. Т1едиллар.
Дагахь 1амае стихотворени.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 121-123 дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.
Урокан ц1е: Мамакаев 1. «Берзан бекхам»
1алашо: Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар. Стихотворенехь ненан – берзан шен к1езане болу сатийсам а, безам а гайтаран башхалла. К1еза шех даккхар нана- барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Керла коьчал йовзийтар.
1.Яздархочун дахарх, кхоллараллех лаьцна хаамаш балар.
2.Стихотворенехь ненан – берзан шен к1езане болу сатийсам а, безам а гайтаран башхалла. К1еза шех даккхар нана- барзо цалар а, адамашна цо бина бекхам а. Авторан царах дог лазар.
3.Стихотворенин меттан исбаьхьалла.
3. Дешархошка хаттарш.
1. Хьанна йоьлхуш, хьаьнга орца дохуш ю нана-борз?
2. Шен к1еза лачкъийначарна х1ун бекхам бан йоллуш ю нана-борз?
3. Стен т1еийзайора божлина нана-борз?
4. Ненан безам сел боккха хилар мичхьа гучудолу?
5. Шен к1еза д1адаьхьначарна х1ун бекхам бира барзо?
6. Шена орцах еана нана хааеллачу к1езано дечух лаций дийца.
7. Авторан нана-барзах а,цуьнан к1езанах а дог лозуш хилар стен хоуьйту вайна?
8. Х1ун маь1на ду х1окху стихотворенин?
9. Стихотворени ешча, х1ун ойла кхоллаелира шун?
4. Т1едиллар.
Стихотворенин чулацамца дог1у берзалойх лаьцна шайна дуьйцуш хезна дийцар д1аязде.
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: аг1о 126-129 цхьа кийсак дагахь 1амае , хаттаршна жоьпаш.
Цхьаммо а ешний аш»Болат г1ала йожар»????
Комментарии
aylinbilgin
Че тут написано то
3.5 года
Нравится
Ответить
royyana
Ахь ма бицар моттам бац цу т1ехьаъ?))) мне твои посты читать трудно, а тут столько страниц🤦♀
3.5 года
Нравится
Ответить
mama_mama91k
😂😂это тебе математику трудно…мне все понятно там
3.5 года
Нравится
Ответить
royyana
@shamaevami. Конечно, тебе понятно все, Преподаешь как не как😁😁
3.5 года
Нравится
Ответить
khe_di
Ца ешна((
3.5 года
Нравится
Ответить
mama_mama91k
Ешал ахь👍
3.5 года
Нравится
Ответить
khe_di
@shamaevami., обязательно
3.5 года
Нравится
Ответить
karina2307
Хьуна даг ца дохш хум дацкх😅
3.5 года
Нравится
Ответить
mama_mama91k
😂😂😂😂
3.5 года
Нравится
Ответить
shshsham
Читала когда то, но уже забыла
3.5 года
Нравится
Ответить
makka_30.12.
«Маьркьеж бодан т1ехь,к1айн хьоькх» за одну ночь йийшар ас
3.5 года
Нравится
Ответить
makka_30.12.
@shamaevami. 180 страниц яр цуь
3.5 года
Нравится
Ответить
makka_30.12.
@makka301296 ешам йийшар сарахь примерно к семи часам охь хиан 1уьйран 6 елар со дешна,хатя нам сказали читать только пять страниц
3.5 года
Нравится
Ответить
mama_mama91k
@makka301296 да,огромное произведение
3.5 года
Нравится
Ответить
makka_30.12.
Ешна
3.5 года
Нравится
Ответить
makka_30.12.
@shamaevami. И цахаъ Сун 7-8 классехь дешна моьтш ю со айс и
3.5 года
Нравится
Ответить
mama_mama91k
@makka301296 яра…т1аьххьара а цхьан дуьс и шиъ…г1ала йохинчу меттехь…суна шаерг дагахь хаа и.😂
3.5 года
Нравится
Ответить
mama_mama91k
@makka301296 7 кл
3.5 года
Нравится
Ответить