Сочинение про 23 февраля на чеченском языке

1уьйранна, 23-чу февралан 1944-чу шарахь пхийттара мел ваьлла боьрша стаг ,цомгуш а ,къена а ,к1елвисина воцург ишколашка а, маьждигашка а д1акхайкхина.Оцу дийнахь Ц1ечу Эскаран деза де дара ,цхьана а стагана дагахь дацара и де иштта инзаре хир ду аьлла . Россин паччахь-Сталина къасттийна дара и де,цу дийнахь йолаелира операци «Чечевица». Немцойн оккупанташна г1о деш,Даймахкана муьт1ахь бац аьлла баьххьана даьккхина, дерриге а нохчийн къам махках даккха долийна.Оцу шини-кхаа  дийнахь б1е эзар цхьа а бехк боцу адам х1аллакдина. Х1усамашкара нах арабаха болийна, кечам бан  пхиъ- итт минот хан бен ца луш, къена, цомгуш верг, вада г1ертинарг вуьйш. Некъана кара х1ума  эцча,машенашна  т1е  нах дуккха ца тарлора ,цундела кхуьйсущ юхакхуьйсура, нахера схьа а йохуш: галеш, юрг1анаш, г1айбанаш.  Цу ирчачу деношкахь адамаш гул а дина, бежнаш лелош вагонаш чу а бухкуш, виъ б1е эзар стаг  Казахстане, Киргизе д1абигна. Ткъа некъ инзаре беха а, хала а хила, эзарнаш х1аллакхила шело,мацалла, цамгарш ца лайна. Кхин нах д1абига вагонаш ца карийча, герз детташ, багош, кортош дохуш бабина. К1елдисина ялта дагийна, цунна мета д1овш детташ яах1ума охьакхийсина, обаргашка, Сталинан эскарна дуьхьало йина кхечу  махка д1адаха ца тигна адаме  и д1аьвш даийта.                                                                                                                                                 Инзаре  дуккха  адам х1аллакдина цу деношкахь. Галанчожски районехь Хьайбаха  юьртахь  нах  д1абига вагонаш ца хилча, говраш лелош хила божли чу а боьхкина, ворх1 б1е эзар стаг вагийна, полковник Гвишианис приказ а делла. Нах  д1абигначул т1аьхьа ч1ог1а ирча сурт дара х1оьттинарг, дайина адамаш массанхьа а дара: г1алахь, ярташкахь, чохь, уьйт1ахь, некъаш т1ехь.  Уьш д1абуьгу вагонаш юьзна яра. Божарий а, зударий а, кегий бераш а тетта чубоьхкинера. Ткъа дийнахь д1абигара  уьш Сибре. Хьож,мацалла ,делхарш, узарш, берийн маьхьарш- х1инца цхьаммо тергалдеш дацара. Некъ т1ехь дела адамийн дакъош лестош аракхуьйсура, вагонаш цхьа а минотан т1аьхьйиса йиш йолуш яцара.                                                                                                                                                     Нах  х1аллакбина ца 1аш , вайн истори, вай къам мичара ду ца хаийта дуккха исторически документаш,книгаш, архиваш Соьлжа- г1алахь гул а йина ягийна. Дуккха а памятникаш, чурташ, б1аьвнаш, хиллий техьа аьлча санна,йохийна Сталинан эскаро.                                                                                                                          Цу шийлачу махкахь мацалла ,чуваха меттиг боцуш, шело ца лайна дуккха а нах кхелхина.                                                                                                                                      Кхойтта шо хан яьккхина Сибрехь. Ц1а доьрзур ду я дац цхьаьна хууш дацара. Россин паччахь Хрушев  х1оттинчул т1аьхьа, реза боцуш дуккха а политикаш боллушехь, приказ а делла нохчийн къам ц1а дерзийтина.                 Дуккхачу шерашкахь сатийсина де т1екхаьчча аьлча, наха тешаш бацара, церан даг чохь дерг, церан ойланаш, церан сатийсамаш,шадерг а Даймахкаца доьзна дара. Амма ц1акхаьчча церан халонаш чекх ца евлира, бухахь дисана х1ума дацара, церан юхах1отто дийзира шайн керташ, ц1енош, шайн дахар. Ткъа и дерриге а х1умма  дацара, цара 23-чу февралахь лайн халоне хьаьжча.                                                                                                                  Нохчийн поэто Бисултанов Аптис нохчийн къам махках даккхарх лаьцна даздина ч1ог1а хаза мог1анаш ду,ткъ уьш дало лаьа сунна :

Т1апа куйнаш дайри шуна ,                                                                                                                                                 Гуо беш салти байри шуна ,                                                                                                Эхартахь бен хир дац баьхна,                                                                                            Къемата – де дайрий  шуна?                                                                                             Доруш, тоьгуш марчо доцуш  ,                                                                                                                                             Доккхуш, доькъуш саг1а доцуш,                                                                                                                                                                              охкуш, кечдеш латта доцуш,                                                                                                            Синош догуш дайрий шуна?                                                                                                                          Къа лерина маршо езарг,                                                                                                                                Пхьа лерина Дела везарг,                                                                                                                                                            Шира  Нашха, нохчийн безам,                                                                                          Ц1ергехь ягош яйрий шуна?

Оцу кхойтта шарахь цара лайна хало вайна цкъа а магойла!                                                                                                                                        Цу шерашкахь кхелхинчарна  Далла гечдойла!

ВЕД
1

Февраль
бетта 1944 шера 23 дийнахьа ц1е эскара ц1ай дездеча дийнахьа ,низах мехках
даьккхар Г1алг1ай къам .Цу тайпара харцо хиннаяц укх дерригача дунен истори юкъе.Советий
1аьдал отташ а из ч1оаг1деш ца1 санна лаьтта г1алг1ай къам –«къаман моастаг1ий»
хилар «мехка-дас»цкъа 1охьакхача къоаламах…

ВЕД
2

Тахан
вай дувцаргда вай Даьй  а вай т1ехьен а духьа –Бакъдар.Д1аьша яьхад «Бакъдар
доацар –дош дац ,ира доацар –герз дац.»

Сен
эш из?

Т1ехьа
т1абоаг1ачарна ха деза фуд вай къама т1аэттар.

ВЕД
1

Кхы
а дийна ба цигача хинна,баьха из деррига дагадоаг1араш .Шоашта  Далла енна 
хана баьха бакъ дунен т1а д1аболх –доаг1аргда ди из дувца –ца1 цигача  хинна
теш воацаш .

Стихаш,
исторически бакъдар дувцаш йола статьяш, романаш  ,дувцараш-цар тешалдергда цу
хана .

ВЕД
2

Котъялар
харцо ,ца1 ца къоаставеш лаьхкар г1алг1ай Сибарег1а.Кхойтта шера мехках хьегаш
,доккха 1азап  т1алаьттар вайна .Дукха адам делар ,саг ца къасташ цхьаккха
дезал хургбац цига.

24
сахьат ,17 ди,13 шу –цу х1ара таьрахаца дувза ,дувца йиш я дукха х1ама:

1)  
24
сахьата- гулбир!

2)  
17
дийнахьа – наькъа б1оахалла ахкийта байначар голаш.

3)  
13 шера
–Белхам.Бала.Тешам.

ВЕД 1

1 марта 1944 шера нарком внутренних дел СССР Лаврентий Берия
доложил Сталину об итогах выселения чеченцев и ингушей .

«Выселение  начатое 23 февраля прошло организованно и без
серьёзных случаев сопротивления  и инцидентов…»

ВЕД 2                             д1ахо …..новкъост Сталин

Х1ирий Гуржий Селий мехкара  хьакимаш шоашка доалахьа  кхаьча
г1алг1ай лаьтташ  карадерзаде болабеннаб.

ВЕД 1

31 января 1944 шера  ч1оаг1дар  Указ Постановлени Нохч-Г1алг1ай
къам  мехках даккхара. Киргизи,Казахстане,хьакхелла хиннай 429 комендатур

ВЕД 2

— Комендатуре хьалъэлла уллар инструкци мехках баьхачарна
лаьрх1а.

-Парти д1а ма эца!

-Лакхера дешара ма увттийта !

-1аьржа болх мара ма байта !

— Хакъимаш ма хилийтта !

-Общественни балхаш ма дайта!

-Тайп-тайпара говзал     нач1ал  хьокхараш хьал ма лаца!

-Цхьаккха тайпара совг1аташ грамоташ ма ле!

-Экскаре декхар кхоачаш ма дайта!

ВЕД 1

И главное –вдолбить ! Вдолбить всем это не на срок! Это
пожизненно ! Навсегда для ваших детей и всех ваших потомков.

ВЕД 2

Всему этому было противопоставлено – Обязательное выживание и
сохранение Народа!!!

Мы должны были выжить любой ценой!

Нас уничтожали ,превращали в ничто,убивали веру, веру  в
будущее, лишали будущего ,вышвыривали из жизни- против этого Обязательное
выживание.

ВЕД 1

Дерригача дунен т1а вовзаш волча ,казахий поэтас  Олжас  Сулеймановас
йоах:«Вайнахи! Братья и сёстры!

«Знаю, что память ваша кровоточит. Знаю и то, что умолчать, забыть
происшедшую трагедию нельзя, ибо это будет преступлением перед памятью,
сопоставимым с постигшим вайнахский народ несчастьем. Так пусть же прозвучит
Правда! Пусть стоны и слёзы невинно погибших, ворвавшись в ваши сердца и обретя
в душах и в сознании вашем свой отзвук ,очистят их. Очистят во имя будущего, в
котором  не должно быть, не будет повторения недавнего прошлого!…»»

ВЕД 2

Сибарег1а,цига саг къастанза,нах  ахканза цхьаккха дезал
хургбац. Миччахьа бигарах, фуннаг1а т1аоттарах , шоай мехка юхац1аихаб г1алг1ай
, дай баьха моттиг шоай боча а еза а йоландаь. Хила а веза къаман х1ара во1
иштта. Шоай мохк безар-иман хилар да!

Сайтан аг1онаш (Страницы сайта)

Керла суьрташ (последние фотографии)

Сайтан хан (Сайт существует)

Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)

Хенан х1оттам (Погода в Атагах)

Тхан яздархой (наши авторы) »
» Иса Балаев


Вайн къам махках даккхар

Тхьан дас-нанас дуьйцуш хезна суна. Цунна, шен дас-нанас а, бакхийчара а дуьцуш хезна, нохчий а, г1алг1ай а махках бахарах дуьйцуш.
Иза хилла эзар исс б1е шозткъе доьалг1ачу шарахь, февраль беттан ткъе кхоолг1ачу шийлачу 1уьйранна.

Боьдуш Германа-т1ом а болуш, дуккхох болу божарий т1амехь дакъа лоцуш бар, советан 1эдалан мохк ларбеш, шайн синош д1адала кийча а болуш… Ц1ахь биснарш – баккхий нах, зударий, бераш дара.
Оцу буса, сахиллаца юьртара ж1алеш сингаттаме уг1уш дара, амма, и стенна ду наханна дагахь а дацар… 1уьйранна сатоссучу хена, юьртара урамаш дуьзира совет 1едалан салташа, герзехь боьттина а болуш. Хуьлуш долчух духа ца кхуьуш, бахьан х1у ду ца хууш, вижинарг меттара г1аттавеш, керахь-марахь доцуш, ша мехкан мостаг1ий санна, жима а, воккха а, х1усамехь а ваьккхина, Атаг1а эвла йистехь д1агулвир. Цигахь, йаккхийн машенашна т1е а баьхна, Соьлж-Г1ала д1абигира, цигара – ц1ерпошта вагонашна т1е а баьхна, пана махка д1абигира. Стенга буьгу хууш дацара.
Вагонашна чохь шийла яр. Охьа хаа а, д1авижа а меттиг яцара. Дечиг аннехь, товар д1аскхеха йина вагонаш яр уьш. Кхузара д1адоьлхучу хена, адамаш дуккха долуш, ч1ог1а дуькъа дар цу вагонашчохь, цхьа а парг1ато йоцуш, х1отта меттиг боцуш…
Некъ бахбелир. Шийлонах, мацаллех, цамгарехь некъаца дуккха а нах белир. Белларш вогончуьра арабахийта, ц1ерпошт саца йора, эрна арахь. Сихонца охьа лаьлхий, велларг лаьтта охьа вуьллий, ло т1е хьокхий, къайла ваккха кхуьуш, ца кхуьш…, ц1ерпошт д1айолайале, хьалвала везаш вар. Хьалвала ца кхиинчунна т1е герз тухий эрна арахь вуьтур боху.
Цхьана ненан марахь жима бера дара, шелделла, дагаро хьизош дар и.
— Нана, и х1у г1овг1а ю, сан коьртчу йаьтталуш йерг? Ма нокъа ю суна и…
— Ц1ерпоштан ч1ургаш ю уьш. Х1ицца д1акхочур ду вай, д1акъовла ши б1аьг, д1авиж…
Беро ненан керахь ши б1аьрг д1акъоьвлир…, кхин схьа ца билир…
Цхьана баттахь герга, ц1ерпошт д1акхечир Казахстане. Некъаца дуккха беллера. Д1акхочучу хена, сов т1аьхьа юьззина хила йолу вагонаш, чохь парг1ат йоьвлер…
Тхан денда (Балаев Леча) диъ шо долуш, жима хилла цу хена. Цхьана баракашчу д1атарбина хилла х1орш. Ч1ог1а шийла яра царна чохь…
Т1етаса цхьаъ бен юрг1а дацар. И юрг1а кхаа беранна т1е а тосий, дай, наний дехьа-сехьа хууий, т1е наб туьссуш, са хилунга довлура.
Оцу халонах белларш белла, биснарш бисна, хала а, атта а кхойтта шо делира цу Казахийн махкахь…
Даймахкара хи мелчи дарб дера дар шена, олуш хилла цомгаш волчо. Вайн даймахкара лаьмнашна а, шовднашна а, хишна а, дитташна а, т1улгашна а, бецашна а — моссо х1уманна сагатдина, хеназа къанбелла, тишбеллера баккхийнаш. Цара и дайнмохк дуккха бийцарна, цигахь дуьненчу доьвла берашна а марзбеллера и даймохк…
Делан къинхетам хьалха а баьлла, и кхойтта шо даьллачи, ц1абаьхкира вайниш… Ц1ахь царна карийра, шайн х1усамашкахь 1аш кхоьчу къомах болу нах, х1умма а и ц1енош схьадала рези а боцуш… Мах луш, цаьргара шайн ц1енош схьаийца дийра вайчеран. Йуха а керла дахар долон дийзира церан.

Балаев 1ийсан йо1 Марьям, 7 класс.
Йоккха Атаг1а, 2019

  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • 5

Къастар: Иса Балаев | Д1аяздина: isamuslim (25.02.2019)

Хьоьвсина 3999-за

| Тидам бар: 5.0/1



Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.

[

Регистрация

|

Вход

]

Антибаннер

Услуги

Купля — продажа, дарение или наследование домовладения или земли требует, чтобы было проведено межевание земельных участков, а также для оформления в собственность земельного участка !!! 

Желающим обращаться по телефону:
8 (963) 989-06-06

Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Сочинение про 2 огня 3 класс
  • Сочинение про 1 сентября на английском
  • Сочинение почему я хочу работать в прокуратуре
  • Сочинение почему я хочу работать в полиции при поступлении на работу
  • Сочинение почему я хочу работать в органах безопасности