Ямартло сочинение на чеченском

lisenokchernoshtan

Ответ:Арсанукаев Шайхин « Тимуран тур» повестан буха т1ехь сочинени

«Тимуран тур» произведенин чулацаман бухе бехкинарш Нохчийчохь XIV бIешо чекхдолучу XV бIешо долалучу муьрехь лаьттина исторически хиламаш бу. Автора шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьнене хьежамаш».

1395 шарахь Нохчийчу кхочу Астаг1 Тимаран доккха эскар.. Цул т1аьхьа Тимар ерриге а Дег1астанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до Астаг1 Тимара Къилбседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьало йо Шина шарахь сов олалла до Астаг1 Тимара Къилбседа Кавказехь.

АстагI Тимаран васт кхуллуш, цуьнан дар-лелар а довзийта, автора дуьххьара гойту цуьнан куц-кеп:

Шуьйра белш. Лекха хьаж.

Мара бу виэда.

Юьхь – малхо, мохо а

ЦIестан бос белла.

БIаьргаш чохь-къизалла,

ХIилла а къиэда,

Маж, меккхий нилха ду,

Дерриг сирделла…

КхидIа повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь вайна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг буьзна, адаман дахар а, сатийсамаш а цхьана а хIуманан меха ца хетачу цо цхьа атта кхайкхайо адамашна кхиэл:

ТаIзар сан

Ду царна нийса:

Уггар а лекха берд,

КIорга Iин харжий,

Куьг-ког а дехкий, уьш

Бердах чукхийса –

Шен ирс дерг, тIулгаш тIе

Кхетта, ву ваьржар!..

Повестан шолгIачу декъехь бевза вайна мехкан къонахий: БорзабIаьрг, Аьрзу, Анас, илланча Айтамир. Уьш бу доьналлех а, стогаллех а буьзна, хьекъалца а, собарца а кхечарех къаьстина, халкъо къобалбина нах.

Ишттачу къонахаша хIинццалц схьа, даржа ца доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ.

Амма оцу вай дагардинчу васташна юкъахь коьртаниг хилла дIахIутту илланчин Айтамиран васт. Хууш ду, массо а заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча.

Къеначу илланчас нахе дешдолу къамел а ду кIорггера чулацам болуш. Муха лан деза ярташ, шахьарш, хьаннаш ягор, ялташ говрийн бергашца хьешар, дайн кешнаш сийсаздеш гар – иштта хаттарш хIиттадо цо халкъана хьалха.

Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу повесть, исбаьхьаллин говзар хилла ца Iаш, нохчийн историх а, юкъараллин дIахIоттамах а язйина ю

Объяснение:

Арсанукаев Шайхин « Тимуран
тур» повестан  буха т1ехь сочинени

 «Тимуран тур» произведенин чулацаман бухе бехкинарш
Нохчийчохь XIV бIешо чекхдолучу XV бIешо долалучу муьрехь лаьттина исторически
хиламаш бу.
Автора шена хьалха хIоттийна
Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла
ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а
хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла
юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн
синкхетам, амалш, дуьнене хьежамаш».

1395 шарахь Нохчийчу кхочу Астаг1
Тимаран доккха эскар.. Цул т1аьхьа Тимар ерриге а Дег1астанехула чекхволу. Шина
шарахь сов олалла до Астаг1 Тимара Къилбседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу
къаьмнаша а хаддаза дуьхьало йо
Шина шарахь сов олалла до
Астаг1 Тимара Къилбседа Кавказехь.

АстагI Тимаран васт кхуллуш, цуьнан
дар-лелар а довзийта, автора дуьххьара гойту цуьнан куц-кеп:

Шуьйра белш. Лекха хьаж.

Мара бу виэда.

Юьхь – малхо, мохо а

ЦIестан бос белла.

БIаьргаш чохь-къизалла,

ХIилла а къиэда,

Маж, меккхий нилха ду,

Дерриг сирделла…

КхидIа повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь
вайна  го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг буьзна,
адаман дахар а, сатийсамаш а цхьана а хIуманан меха ца хетачу цо цхьа атта
кхайкхайо адамашна кхиэл:

ТаIзар сан

Ду царна нийса:

Уггар а лекха берд,

КIорга Iин харжий,

Куьг-ког а дехкий, уьш

Бердах чукхийса –

Шен ирс дерг, тIулгаш тIе

Кхетта, ву ваьржар!..

Повестан шолгIачу декъехь бевза вайна
мехкан къонахий: БорзабIаьрг, Аьрзу, Анас, илланча Айтамир. Уьш бу доьналлех а,
стогаллех а буьзна, хьекъалца а, собарца а кхечарех къаьстина, халкъо
къобалбина нах.

Ишттачу къонахаша хIинццалц схьа, даржа ца
доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ.

Амма
оцу вай дагардинчу васташна юкъахь коьртаниг хилла дIахIутту илланчин Айтамиран
васт. Хууш ду, массо а заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла
илланча, дешан говзанча.

Къеначу
илланчас нахе дешдолу къамел а ду кIорггера чулацам болуш. Муха лан деза ярташ,
шахьарш, хьаннаш ягор, ялташ говрийн бергашца хьешар, дайн кешнаш сийсаздеш гар
– иштта хаттарш хIиттадо цо халкъана хьалха.

Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу
повесть, исбаьхьаллин говзар хилла ца Iаш, нохчийн историх а, юкъараллин
дIахIоттамах а язйина ю.

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке)

«Къонахийн белшашна тIехь лаьтташ ду дуьне», — эрна аьллачех дац. Амма къонахалла бохучуьнан маьIна дан хууш стаг кIезиг волу. Цундела хьан-хьанна а туьллу вай и еза цIе, дIакховдадо и массарел а деза-доккха а, сийлахь а долу и дарж. Масала, сих-сиха хезачех ду: «Джуги Висарган Юсап ма къонах а вар-кха». Дуьхе кхиа воьлча: «Дуьненна а бале яьлла, эхарт хир доцу цхьа боьху Дажал яра -кх» — ала дог1уш хилар гучудолу. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьагI, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала шена гIортораш йина дуьнентIе бохуш бу уьш.

Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан гIоьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо». Адамера долушдолу массо а дика-вон дIаяздеш хIораннан белшашна тIехь Тарам, Хьарам Iаш хиларх лаьцна лакхахь хьахийра вай. Ша шайтIане Iеха ца войтуш, цкъа гIалат долуьйтуш, тIаккха цунна гечдар доьхуш лелачарах воцу дела олу цунах къонах. Иза Дала схьаоьхьна болчу некъана тIера юьстах ца лелхаш, цу тIера ца вала гIертарг ву, цуьнан дерриге а дахар цу тIе хьажийна а хуьлу. Къомана а, нахана а, махкана а гIуллакх дар шен сина, шен дегIан чархана марздинарг ву иза. Б1аьрг а, гай а цкъа а ца юзачарах юйла хиъна цунна. Цаьрга сина гIодаюккъе нуьйр а тиллийтина, уьш коьшкала ца ховшийна ца лела иза. Цунна дика хаьа Дела кхиэлана сиха воцийла. Шен гIалат нахала ца долуш дисча, Дела а шега Iехавелла моьттачарах воц къонаха. Цу тайпанчу стеган; дагтIера Дела а, иман а матта буьххье доьрзу, кхахьпалла сих йулу; сутаралло къасталун боцчига кхачаво. Царех бу (Iедалан мукъ кара кхаьчнарш-м буьйцур бацара вай) халахеташ делахь а, хьахийначарах тарбала гIерташ, оцу тобанна тIаьхьа хIиттина болу цхьамогIа хьехархой, лоьраш, суьдхой, прокуратурин белхалой, «асфальтах» пхьор деш долу варраш, милцой, сом делча кешнашка жIаьла дIадоллийта кийча болу Iелимнах. К1ай къиг санна царех къаьсташ хуьлу: шенчара а, нехачара а и лортIехь вац, шен хIуманна дола далуш вац», — бохуш, цIенчу некъара галваккха а гIерташ, хьийза а во иза. Кхонаха зене-зуламечу гIуллакхах, нехан хьокъах-м, хьовха, кIоршамечу дошах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лекха дарж дагадеъна а дац дуьненна.

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьр дацара иза эца. Стигланийн векал хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нахчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

Делан дикалла, Цуьнан вайх болу къинхетам дукха боккха хиларан гайтам бац, ткъа, абадехь синош кхуллучу хенахь, божа хила яздинчу «къонах хир ма ву шех», — аьлла нигат а дина, оцу новкъа хIоьттинчу стеган гIолаца Сийлахь-Веза волчо, шена тIелаьцна хилар. Вай лехнарг Цо вайна луш хилар Цо вайх бина боккха къинхетам бу. НАХЧО а, КЪОНАХ а хилчхьана Цо вайга, Зулкъарнис санна, дуьне куьйга кIела дерзаде, я лаьмнаш лестош, хьуьнарш гайта ца боху. Амма, боху – хьайн хин йолу кхане йохкий Иблисан дуьненахь гIортор хилий дIа ма хIотта.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Просмотров
20 709

У вас нет времени на сочинение или вам не удаётся написать сочинение? Напишите мне в whatsapp — согласуем сроки и я вам помогу!

В статье «Как научиться правильно писать сочинения», я написала о правилах и советах написания лучших сочинений, прочитайте пожалуйста.

Собрала для вас похожие темы сочинений, посмотрите, почитайте:

  1. Сочинение на тему: За что я люблю зиму
  2. Сочинение на тему: Жизнь Дубровского
  3. Сочинение на тему: Моя родина Казахстан
  4. Сочинение на тему: Можно ли судить о человеке по его цели

Сочинение на тему: Хьарамло

Сочинение на тему: Хьарамло

Хьарамло — иза Дала ца магийначу новкъа лелар ду : харцо лелаяр, къола дар.

Сан кхетамехь — хьарамло хьо санна волчу бусулбачу стагана ахь беш болу тешнабехк бу.

Ахмадов М. текст т1ехь вайна го 4-5 предложенехь Висадин каракхаьчнарг кхуьнна доцу ахча хилар, ахча и шен дита г1ерташ хилар. Амма 8-9 предложенехь даго ца вуьту иза цу ахчанах х1умнаш эца. 14-чу предложенехь авторо билгалдаьккхина хьарам рицкъанах ларвала веза, ц1арах санна ,- аьлла .

Дахарера масал далош, ала лаьа вайн мехкан куьйгалхочо а , 1еламнаха а оццул хьехамаш барх схьацалоцу кегийчу чкъоро. Хьарам новкъа боьлху уьш , нахана Сингаттам а боккхуш.

Вай дийцинчун жам1 деш ала лаьа, Дала харцонах а , хьарамлонах а лардойла вай !

Урок-конспект по чеченской литературе Арсанукаев Ш. «Тимуран тур» 7 класс

АРСАНУКАЕВ 1абдулмуслиман Шайхи «Тимуран тур». Тимур лам чохь. Стихашкахь йолчу повестан исбаьхьаллин башхаллех лаьцна дийцар.

1алашонаш: «Тимуран тур» стихашкахь йолчу повестан чулацамах кхетор; берийн ойла а, дагалацам а кхиор; дийцаран исторически бух бовзийтар; исторически бакъдолчунна а, яздархочун исбаьхьаллин декхаршна а юккъехь йолчу башхаллех кхетам балар; дешархойн вайн исторех долу хаарш т1едузар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла ян а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: прогнозировани, хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар.

Урок д1аяхьар

  1. Урокана кечамбар.

  1. Ойла т1еерзор.

Урок д1айолайо Арсанукаев Шайхин стихашкахь язйинчу повестан ц1арна т1ера.

— Хьан эр дара аш, бераш, «Тимуран тур» аьлла х1унда ю те вай тахана 1амо леринчу произведенин ц1е? Мила ву те и Тимур? Исторически цхьа а личность евзий шуна и ц1е йолуш?

— Нохчийчоьнца х1ун уьйр хилла те цуьнан? Шуна хезний цо вайца т1ом бина бохучух х1умма а? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

— Хьан эр дара аша, стенах лаьцна хир ю аьлла хета шуна вай тахана йоьшур йолу «Тимуран тур» ц1е йолу повесть?

( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)

  1. Дешархойн хаарш жигардахар.

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

— Дахаран х1ун аг1онаш а, муха а йовзуьйту 1илмано?

— 1илмано лучу хаарех муха къаьста литературо лун хаарш?

— Литертурни произведенийн х1ун тайпа жанраш евза шуна?

— Стенах олу повесть? Х1ун тайпа повесташ 1амийна вай? Ц1ераш яха церан шайн авторшца.

— Стихашкахь повесть хила йиш юй те? Оьрсийн литературехь а цхьа а евзий шуна стихашкахь язйина повесть?

( 1-2 дешархочуьнга доцца дуьйцуьйту Арсанукаев Шайхин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна)

  1. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

  1. Хьехархочун дош.

14-чу б1ешерийн чаккхе. 1395-чу шеран б1аьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу Астаг1 Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца Астаг1 Тимара т1ом бо кхечу мехкашд1алецархочуьнца – Тохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул т1аьхьа Тимар ерриге а Дег1астанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до Астаг1 Тимара Къилбседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьало йо мехкашд1алецархочунна. Оцу къаьмнашна г1о дина уггар хьалха церан майралло, доьналло, маршоне доза доцучу безамо, шолг1а – юькъа хьаннаша а, хийла б1еннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардинчу лаьмнаша а.

Вай хьахийначу историн хиламех ю нохчийн вевзаш волчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» ц1е йолу стихашкахь повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзаш болу и хиламаш Арсанукаев Ш. исбаьхьаллин дешнашца буьйцу. Х1ара произведени ша кхуллуш, авторо шена хьалха х1оттийна 1алашо Астаг1 Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца 1а, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра х1етахьлера политика а, 1ер-дахаран а хьелаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, х1етахьлерачу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам .

2.Учебникца болх бар.

( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дакъош)

3.Хаттарш:

— Муьлхачу стихкхолларан барамехь язйина ю «Тимуран тур» поэма? (деадешдекъехь лаьтташ ю дактиль) рифмаш ж1арийн, зударийн

— Драматургин башхаллех муха пайдаоьцу поэто?

— Турпалхойн суртсибат гойтуш муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех пайдаоьцу поэто?

— Автора 1аламан исбаьхьала гойту меттигаш билгалъяха.

4. Дешнаш т1ехь болх.

Пхьаьрчий (пхьу) –боьрша ж1аьла

назбар – г1айба

зов- звон, звук

баьчча- вождь

г1арол-караул,стража

гоьмукъ- копье

чхар – боккха т1улг

йийсар- пленник

г1аг1- кольчуга

боьра-овраг, лощина

гечо- брод

саьнгар- канава; ров.

  1. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

  1. Хаттаршна жоьпаш:

–Мила вара «мотт» бахьаш веанарг?

– Х1ун 1алашо йолуш веанера иза?

– Х1ун хьехар дира цо Тимурна?

– Схьабалийна йийсарш мухачу хьолехь бара?

–Мискачу йийсарех х1ун хилира?

  1. Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 1-2 т1едахкарш.

  1. Урокан жам1дар

– Мила ву Тимур?

– Бахьана х1ун ду цуьнан Нохчийчу варан?

– Накъостий муха бу Тимуран?

– Дийца царах лаций.

  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).

VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).

1.Учебник-хрестомати т1ерачу 1- 6 хаттаршна жоьпаш кечдар.

2. Белхан тептар – 3-4 т1едахкарш.

«Тимуран тур». Айтамиран илли.

1алашонаш: Айтамар мила ву а, повестехь цо д1алоцу меттиг а йовзийтар; проблемни хьал х1отторца дешарна т1е ойла яхийтар; дешархойн ойла а, дагалацам а кхиор; Даймахке болу безам к1аргбар, шорбар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла ян а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар, историх лаьцна йолу аг1онаш таллар.

Урок д1аяхьар

  1. Урокана кечамбар.

II. Ойла т1еерзор.

«Лаьттана го лаьцна

И сийна хIорд санна,

Лаьмнашца го лаьцна

МостагIий ма лаьтта.

Дакъаза ма довла,

ХIай нохчийн ва кIентий,

Доьхначу кху дийнахь

Шу мичахь тийна-техь?

Нуьречу малхана

Го лаьцна дохк санна,

Аренаш дIалаьцна

МостагIий ма лаьтта,

Дакъаза ма довла,

ХIай нохчийн ва кIентий,

Доьхначу кху дийнахь

Шу мичахь тийна-техь?…»

Хьан эр дара аша, стенах тера хета шуна аса д1адешна мог1анаш? Маца олуш хилла иштта дешнаш?

— Хьанна хаьа шуна, т1амехь илли аларан х1ун маь1на хилла?

— Ас д1адешна мог1анаш «Тимуран тур» ц1е йолчу стихашкахь язйинчу повестан турпалхочун Айтамаран илли юкъара кийсак яра.

— Хьан эр дара аша, стенах лаьцна дийца лерина хир ю вайн таханлера урок?

( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)

  1. Дешархойн хаарш жигардахар.

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

– Маца веана Тимур Нохчийчу?

–1395-чу шарахь хьаьнца т1ом бо Тимура?

– Олалла маса шарахь до Тимура Къилбаседа Кавказехь?

– Стен г1о до оцу къаьмнашна Тимуран б1о эшо?

– Цу хенахь хиллачу хиламех муьлхачу яздархочо язйина стихашкахь йолу повесть «Тимуран тур»?

  1. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

  1. Хьехархочун дош

Вайн къоман х1ора г1иллакх а, х1ора ламаст а, 1адат а шатайпа институт ю. И чекхъяьккхичий бен, вайх кхоччуш вешан къоман векалш хир дац. Халкъан д1адахнарг хиъчий бен, т1ейог1учу ханна хьекъале т1аьхье кхуьур яц. Цундела, х1ора жайна а керланиг довза, 1ама лаам болуш листа деза вай.

Кхечу къаьмнех къам къастораш а оцу къомо шайн гуранашкахь т1елаьцна г1иллакхаш, 1адаташ ду. Тахана вайна Айтамаран вастехь керла къоман ламаст девзар ду. Боьдуш т1ом болуш, дечиг-пондарца цхьамма патриотически илли олуш хилла. Ткъа цуьнан х1ун маь1на хилла таханлерчу урокехь девзар ду шуна.

2.Учебникца болх бар.

( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дисина дакъош)

3.Хаттарш:

Дешархошца ден къамел.

– Мила ву Айтамар?

– Илли аларан х1ун бахьана ду?

– Баккхийнаш муха бу боху иллино?

– Зударийн, йижарийн, берийн хьал муха ду?

– Х1ун маь1на ду иллин?

  1. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Хаттаршна жоьпаш:

— Шайн дешнашца схьабийца Айтамаран иллин чулацам.

— Оцу илли т1ехь нохчийн къоман поэзица йолу исбаьхьаллин з1енаш карае.

— Поэмехь даладо риторикин хаттарш, схьакараде уьш. Х1ун маь1на леладо цара.

— Поэта юх-юха ялош йолу меттигаш (рефренаш) билгалъяха. Цара х1ун исбаьхьаллин маь1на леладо?

— Т1амехь илли аларан ламаст муха т1еоьцу аша? Вайн къоман муьлха амал гучуйоккху цо?

  1. Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 5-7 т1едахкарш.

( Дика хаарш долчу дешархошна дала мегар ду белхан тептар т1ера 8-г1а т1едиллар а).

  1. Урокан жам1дар

– Ала мегар дуй Айтамиран иллино нехан дог-ойла г1аттайо.?

– Х1ун бахьана дара Айтамара и илли ала?

– Муха кхойкху иза Даймохк безачаьрга?

  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).

  1. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).

1.Учебник-хрестомати т1ера «хаттарш а, т1едахкарш а» аьлча юкъара 7-14 хаттарна жоьпаш кечде.

( Г1орасиз дешархошна шайна т1едиллар делча дика хир ду).

«Тимуран тур». Борзаб1аьрг а, Эсирин хьуьнар а.

1алашонаш: повестан коьртачу турпалхойн амалш йовзийтар; исбаьхьаллин говзаран таллам (анализ) бан 1амор; проблемни хьал х1отторца дешарна т1е ойла яхийтар; дешархойн къамел кхиор; нохчийн исбаьхьаллин литературе болу безам к1аргбар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла ян а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар, тобанашца болх бар.

Урокана эпиграф: «Барт болчу цицкаша, барт боцу ж1аьлеш эшийна»

(Кица)

Г1ирс: тобанашна кечдина хаттарш т1ехь долу кехаташ, 1амат, тептарш.

Урок д1аяхьар

I. Урокана кечамбар.

  1. Ойла т1еерзор.

— Хьан эр дара аша, бераш, таханлерчу урокана «Барт болчу цицкаша, барт боцу ж1аьлеш эшийна» боху кица х1унда далийна аса эпиграфна? Муха кхета шу цуьнан маь1нех?

— Астаг1чу Тимарца хиллачу т1амехь нохчий толаран бахьана х1ун ду аьлла хета шуна?

— Т1емашкахь дакъалаьцна нохчийн къонаха-зударий бевзий шуна?

Д1адоьшу лахахь далийна мог1анаш:

Мехкан тур Эсирехь! –

Гора Эсира!..

ЙоI, шек ма яла, вай

Отур бу уьш!..

ЙоIах эхь хетта, дой

Юхадерзийра,

Сихонца мостагIех

Летачех уьйш…

— Оцу мог1анашца х1ун гучудолу вайна?

— Мила ю те Эсира?

— Хьан эр дара аша, стенах лаьцна дийца лерина хир ю вайн таханлера урок?

(Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

Хаттаршна жоьпаш:

– Маца вина Шайхи Арсанукаев?

– «Тимуран тур» ц1е йолу повесть стенах лаьцна ю? Х1ун хан ю цу т1ехь юьйцуш ерг?

– Нохчийн къам муха гайтина повестехь?

– Айтамир мила ву?

– Илли аларан х1ун бахьана ду?

– Баккхийнаш, зударий, бераш муха ду боху иллино?

– Х1ун маь1на ду иллин?

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.

1. Хьехархочун дош.

Вайх х1ора а нохчийн истори йовза лууш хила веза. Йовза еза нохчийн турпалхойн ц1ераш, церан къонахалла, турпалалла, амалш. Шен мотт а, литература а, истори а ца евзачу стеган мах кхечу къаьмнашна хьалха а дукха лахара хир бу.

Зударий а хуьлу турпалхой… шайца яхь, къонахалла, доьналла а долуш… Цуьнан масал ду Гиххойн Таймасха а, Дадин Айбика а, 1аьмаран Заза а, Жансиг а иштта д1а кхин а. Кху т1аьхьарчу т1емашкахь а зударийн къонахаллех лаьцна масалш к1езиг дац. Ма-дарра аьлча, зударийн къонахалла йовза т1ом а ца оьшу. Нохчийн оьздачу муьлххачу зудчуьнгахь а йолуш ю и амал.

Ткъа таханлерчу урокехь вайна девзар ду керла васт. Иза Эсира ю. Лаа далийна дац и автора шен говзарехь. Цунна а т1аьхьакхиа хьовсур ду вай.

«Борзаб1аьрг а, Эсирин хьуьнарш а» а аьлла ц1е а х1унда тиллина те кху урокана? И ши ц1е оьшурий те юх-юххе язъян? И дерриг хаа цкъа хьалха дисина дакъош д1адеша деза вай.

2.Учебникца болх бар.

( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дисина дакъош)

3.Хаттарш:

Дешархошца ден къамел.

– Мила ву Борзаб1аьрг?

– Муьлха коьрта амалш гучуевлира шуна цуьнгахь?

– Мила ю Эсира? Муха т1ийци аша цо динарг?

– Х1унда далийна аьлла хета шуна автора Эсирин васт?

– Х1инца ала хуур дарий шуна стен г1о дина нахана Тимуран б1о эшо?

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Кхузахь д1абахьа мегар ду тобанашца болх.

Дешархой кхаа декъе боькъий, ц1ераш тохкуьйту шайн тобанашна.

Х1ора тобанна кечдина пхиппа т1едиллар ду:

1-ра тоба:

1. Х1ун 1алашо йолуш кхаьчна Тимур а, цуьнан б1о а Нохчийн лаьмнашка?

2. Х1ун дуьхьалонаш йо Тимуран б1онна нохчаша?

3. Дошаман статья ялае Б1О бохучу дашна.

4. Къизалла бохучу дашна ялае тезис. (Стенах олу КЪИЗАЛЛА).

5. Повестехь къизалла гайтина мог1анаш схьакараде. Д1адеша уьш.

2-г1а тоба:

1. Махкана тешнабехк бан кийчча, ямарта некъ бохьуш Тимурана т1е мила вог1у?

2. Мостаг1ашна дуьхьало ян г1евттинчу нохчашна хьалхабевлларш муьлш бу?

3. Дошаман статья ялае БОЬРА бохучу дашна.

4. Ямартло бохучу дашна ялае тезис. (Стенах олу ЯМАРТЛО).

5. Дийца шайна дукхавезачу турпалхочух лаций.

3-г1а тоба:

  1. Повестан муьлхачу турпалхошкахь гучуелира шуна къонахалла?

  2. Х1ун хьуьнар гойту нохчийн йо1а Эсирас?

  3. Дошаман статья ялале ТУОГ1И бохучу дашна.

  4. Къонахалла бохучу дашна ялае тезис. (Стенах олу КЪОНАХАЛЛА).

  5. Повестан хиламийн план х1оттае.

(Тобанашкахь бинчу белхан мах дешархошка шайга хадабойту).

VI. Урокан жам1дар

– «Тимуран тур» аьлла ц1е х1унда тиллина вай йийцаре йинчу стихашкахь йолчу повестана?

– Тимур мила хилла?

– Повестехь юьйцург х1ун хан-зама ю?

–Тимуран т1емаш нийсо а, къинхетам а, адамалла а лардеш хилла ала мегар дуй?

–Х1унда мегар дац?

– Повестан коьрта маь1на муха ду?

VII. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).

VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).

1.Хасбулатов Ямлиханах лаьцна урок-конференцина кечам бар.

2. Яздархочух презентаци кечъе. (Индивид).

Обновлено: 12.03.2023

Месяца на чеченском 1. Нажи-бутт – январь 2. Мархи-бутт – февраль 3. Биэкарг-бутт – март 4. Тушоли-бутт – апрель 5. Сели-бутт – май 6. Мангал-бутт – июнь 7. Мятсел-бутт – июль 8. Эгиш-бутт – август 9. Тав-бутт – сентябрь 10. Ардар-бутт – октябрь 11. Эрх-бутт – ноябрь 12. Огой-бутт – декабрь

Заметка удалена или не является публично доступной

Ойла ехьа: вайх цхьаьннан ахча дайча, мел сингаттаме, мел гlайгlане хуьлу вай, и лоьхуш мел къахьоьгу вай и карадаллалц. Юха а хьажахьа: мел дукха суннаташ дайна-кх вайн, тесна дитина-кх вай. Ткъа царна гlайгlане хиллий вай? Царна сингаттаме хиллий вай? Вайн дахарехь и суннаташ лелор юхадерзон къахьегний вай?! Баккъал а, и бахьанехь вайн дахарехь вай бала хьоьгучух ду — вай динаран а, дирхlаман а сий-пусар сов деш хилар, уьш мехала ларар Пайхамаран (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) суннател а

✔️Сайна хазахетарг чуйилла Шайна луург схьаэца йиш ю, хьарамчу гlуллакхна ца лелийчхьана!

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

hello_html_4db1846a.jpg

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.

Шовданаша ц1анбина т1улгаш санна,буса къаьсттина серла богу Къилбаседа санна ,1уьйренаш ,суьйренаш мел ю эзарний шерашкахь ехийла хьо-сан Нохчийчоь!

Submit to our newsletter to receive exclusive stories delivered to you inbox!

Мари Умняшка

Лучший ответ:

Таня Масян

Дуккха хаза меттигаш ю вайн Нохчийчохь. И х1ора меттиг шех лаьцна дийца к1ордор доцуш ю. Бакъдерг дийцича-м суна дукхахъерш телевизор чохь бен ца гина. Лекха лаьмнаш, г1овг1анца охьаоьху чухчарийн хиш, хьаннийн исбаьхьалла – и суьрташ сайна гича, со воккхаве вайн иштта меттигаш хиларна, цига кхача боккха лаам бу сан.

Сайн дийцарехь аса юьйцур йолу исбаьхьалла Къоьзан-1ам бу. Ас дуьххьара хьоьстуш хир йоций хаьа суна Къоьзан-1оман цхьа шатайпа хазалла.

-Эх1 , хьан аьлла х1аваан чам бац,бакъ дац шуна иза, цхьа мерза, хьан накха бузош ду кхузара х1аваъ.

Гонахарчу басешкахь лепаш гора тайп-тайпанчу зезагийн кортош: можа, сийна, ц1ен басарш дара бецашна юккъехь даьржина, сирла басарш 1енийча санна. Дукха генахь йоцуш лаьтташ яра базанийн жима хьун. Ма ирс ду-кх кхузахь 1ачу нехан аьлла хеттачу заманчохь:

— Адам! Ларлуш охьавосса, — аьлла хезира суна сайн ненан аз. Ца лаьара д1аваха, йита х1ара хазна. Делахь а, нене ла ца доьг1ча цаваларна, юхнехьа некъ бира ас, оцу меттигашка вухаван дог-ойла йолуш.

Сайн дийцар чекхдаккхале ала лаьа суна: « Адамаш, дукхачу хьолахь, баккхийнаш, ирсе кхача г1ерта, генахь лоьху цара иза. Ткъа иза юххехь ду — зезагца,б1аьвнаца, эсалчу мохаца, хьан Даймахкаца. Сиха йоьду олу вай зама, ца йоьду — вай ду сиха, б1аьрзе, 1аламах хаьдда. Г1ой вай Къоьзан-1оме, б1аьвнийн туьйранашка ладог1а. Некъ дика хуьлийла вай.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн литература дешархошна ч1ог1а кхетош -кхиор хьехар 1аламат мехала ду.Х1унда аьлча ,дешархой т1аьхьа кхио хала болх бу из.

1алашо:Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех кхетам балар;

дозуш долу къамел кхиор;

яздархочун кхолларалле, Даймахке,ненан матте безам кхиор.

Т1ехьажаман г1ирсаш: яздархочун сурт;

Даймехкан 1аламан суьрташ, бераша дехкина суьрташ.

I. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

II Ц1ахь бина болх таллар.

Нажа Шерипов Элбек

-Х1ун къуьйсуш хилла пьесин турпалхой?

-Х1ун хеташ хилла х1оранна а?

-Муха къастийна воккхачу стага Нажас церан дов?

(…шу кхуьй а бакълуьйш ду…Х1оранна а ша вина а, веха а меттиг хаза а хета, дика а хета! Суна массарал а хаза меттиг Нохчийчоь ю…)

Х1ун маь1на ду х1окху дийцаран?

(Винчу махкал хаза а , хьоме а х1умма а дац)

-Шуна х1ун хаьа Айдамиров Абузарах лаьцна?

-Маца, мичахь вина иза?

-Д1а маца кхелхина иза?

Х1аъ, 2005-чу шеран май баттахь д1авахана вайна юкъара и бакъволу къонаха, поэт, яздархо, историк, публицист Айдамиров Абузар.Дала гечдойла цунна! Амма иза ваха висна хьаналчу нохчийн дегнашкахь. Цунна доза доцуш дукхабезара вайн исбаьхьа Даймохк, нохчийн къам. Иза жима волуш ваьллера винчу махках…

-Х1унда къаьстина хилла иза Даймахках?

-Маса шо хилла к1ентан цу хенахь?

-Муха дара цуьнан дахар Сибрех?

-Стенга сатуьйсура к1анта хийрачу махкахь?

-Язъян маца волавелла иза?

-Муьлха говзарш язйина цо?(Дешархоша ц1ераш йоху говзарийн)

-Х1ун гойту цо шен говзаршкахь?

(Къоман дахар: хилларш, лайнарш; нохчийн дика а, вон а амалш; Даймехкан хазалла, цуьнга болу безам.)

IV — Аш даккхий хилча йоьшур ю и говзарш, ткъа х1инца вай 1амор ю

Дешнашца болх: сийначу духарца кхелина 1алам.

-Д1аязде и дешнаш шайн луг1аташ т1е.

Хьехархочо васталлица байт д1аешар.

Дешархошка еша а йоьшуьйтуш, чулацам т1ехь болх бар:

-Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу байтехь?

-Муьлхачу дешнаша гойту поэта винчу махке сатийсина хилар?

(Карий хьо ас дагахь

-Кхузахь вайна х1ун гучудолу?

(Поэтана Даймохк бицбелла цахилар,цунна иза сих-сиха г1енах дуьхьалтийсина хилар)

-Шолг1ачу байтехь х1ун боху винчу махках лаьцна?

(Ахь со т1еийцира, нанас бер санна, хьаьстина…)

-Кхоалг1чу байтехь- ша муха хьоьжу боху винчу махке?

-Х1унда ца 1еба иза мел хьежарх?

-Йоьалг1ачу байтехь гайтинарг х1ун ду?

(Даймехкан исбаьхьа 1алам)

-Муха хета 1алам?

(Дийна долуш санна)

-Стенца ду боху лирически турпалхочо шен ирс?

-Муха бу стихотворенин мотт?

-Стенца бусту лирически турпалхочо Даймохк?

Дешархошка васталлица ешийтар.

V Пейзажах кхетам карлабаккхар:

-Ешал йоьалг1а байт. Х1ун ду кхузахь гойтург?

-Стенца гайтина сурт?

-Стенах олу пейзаж?

(Литературни говзарехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах пейзаж олу)

2 –Даймахках лаьцна кицанаш муьлхачу тобанна дукха хаьа?

Даймохк мазал мерза бу.

Нехан махкахь эла хуьлучул шен махкахь лай хилар тоьлу.

Даймохк-нана, нехан мохк-десте.

Даймохк-ялсамане, нехан мохк-жоьжаг1ате.

Мохк боцу аьрзу къийго а тергал ца йо.

Нехан махкахь вехачул шен махкахь валар тоьлу

Даймохк мостаг1чух ларбе, къайле хьесталучух ларъе.

Даймахках ваьлларг-т1емаш доцу хьоза.

-Х1етал-метал хаийла шуна:

-Нана санна, цхьаъ бен боцург?

-Гена мел вели дукхабезарг?

-И сингаттамехь хилча, вайн ч1ог1а дог 1ийжарг?

-Кицанашкахь мазал мерза лоруш берг?

-Поэташа, яздархоша исбаьхьаллин дашца хестош берг?

-Х1аваъ аьхна а, дарбане а дерг?

-Латта токхе а ,беркате а дерг?

-Шовданаш шийла а , сирла а дерг?

-Лаьмнаш лекха а , кура а дерг?

-Нехан махкахь хилча, шена ч1ог1а сагатдийриг?

-Вайна, нана санна, хьоме берг?

-Цундела вай ларбан безарг?

-Бераш, х1ун ду Даймохк безар, ларбар бохург?

-Муха кхета шу цунах?

(Мотт дика 1амор; иза хаза, оьзда бийцар; оьзда г1иллакхаш лардар лелор; 1алам лардар, дитташ, зезагаш кхиор; ц1ена лелар )

VII Урокан жам1 дар.

-Пайдениг х1ун 1емина вайна х1окху урокехь?

(Даймохк хьоме хилар, иза ларбан безар)

Дешархоша урокехь дакъалацаран мах хадор.

VIII Ц1ахь бан болх.

74, 76-78 аг1онаш. Байт дагахь 1амо.

-Элбек ву шена Даймахках лаьцна кхин цхьа илли хаьа бохуш.Ладог1а лаьий шуна?

НОХЧАЛЛА

НОХЧАЛЛА

НОХЧАЛЛА запись закреплена

Даймохк! Нохчийн х1у кхетам бу цу дашца?

Даймохк — иза цхьа лаьмнаш, хиш, аренаш хилла ца 1а. Даймохк — иза уггар а хьалха х1окху лаьттан адамаш ду, церан вовшашца йолу оьзда юкъаметтигаш, г1иллакхаш, марзонаш, баккхийчеран хьекъал, 1еламнехан беркате серло, кегийрхойн доьналла, мехкарийн оьздангалла, нахана юккъера нийсо (Муса Ахмадов) .

Нохчийн поэташа тайп-тайпачу дешнашца бийцина Даймахке болу безам.

Вайн латта…
Дайша, ц1ийца хьандина
Вайна хьанал дина,
Хьомсара х1ара латта
Вай хьоьшу атта!

Дайша ца кхоийна ц1ий,
Хилийта кху мехкан сий!
Харцоно хьовзорах готта,
Ницкъ хилла лекха б1ов йотта!

Дайша говза 1амийна вай,
Сий дан кху лаьттахь мел деха вай.
Ямартло эшийна бакъонна г1атта,
Халоно мел цестарх ца къарлуш латта!

Дезна суна лекха лаьмнаш,
Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
Сан Даймехкан аматаш.

Езна Iуьйре, нуьрах йогу,
Екхна сийна стигланаш.
Ийман, ислам, ихьсан долу,
ГIийла, миска адамаш.

Лаьа даим ирсе гойла,
Оьзда, гIилкхе нохчийн къам.
Дала цунна хьуьнар лойла,
Яккха ирхе, баккха лам.

Винчу махке йолу марзо,
Йийца, дилла меттиг яц.
Дено-дено кхуьу, хазло,
Цуьнца дуста хIумма дац.

Читайте также:

      

  • Сочинение про мухаммеда али
  •   

  • Сочинение татар халкынын куренекле шэхеслэре
  •   

  • Доброта сочинение по тексту абрамова
  •   

  • Сочинение депутатов думы сканворд
  •   

  • Сочинение на тему мой любимый герой сверстник

Сочинение тимуран тур на чеченском

  1. Супер жорик
    30 ноября, 20:53


    +13

    Тимуран тур повесть г1иллакхах, къонахаллах лаьцна ю.
    Коьрта турпалхо, Тимур шен къам ларда воьду лам т1е. Мел ч1ог1а зуламаш, халонаш хиллаьхь. Шен Даймохк лардан ду цун даг чохь. Ямарт стаг — Бахьаг цунан хьуьттаренаш лелош вара. Тимур а, цуьнан къам а гора хоттита лаьара цуна. Амма Тимуран хьекъал дара. Цо шен хьоменаш лар бо.
    Цо гойту коьрта долу х1ума. Иза нохчийн силахь къонах ву!

    • Комментировать
    • Жалоба
    • Ссылка

Найди верный ответ на вопрос ✅ «Сочинение тимуран тур на чеченском …» по предмету 📙 Литература, а если ответа нет или никто не дал верного ответа, то воспользуйся поиском и попробуй найти ответ среди похожих вопросов.

Искать другие ответы

Новые вопросы по литературе

Like this post? Please share to your friends:
  • Языковой экзамен по итальянскому языку
  • Ялтинская дача чехова стояла почти за городом сочинение егэ проблема будущего
  • Языковой экзамен по английскому в москве
  • Языковой экзамен на вид на жительство
  • Языковой экзамен для канады